Главный некъ
Iуьйранна балха ваха тIаьхьавуьсуш волу гIалара вахархо Шарпуди, чай мала кхуьуш-ца кхуьуш, аратасавелира, уьйтIахь цхьаъ деш йолчу шен зудчуьнга мохь а бетташ:
– Же, же, зуда, ков схьаделлалахь чехка, ас мачаш тIейухушшехь!
– Доккха хIума ду-кх хIара! Хьалххе хьайн гIуллакх дина а, лелла а ца волуш, цIе йаьлча санна хьийза-кх хьо хIора Iуьйранна. Ков схьадиллина лаьтташ ду-кх. ДIагIой валахь! – бохуш, шеха «гIам-гIим» дора зудчо.
– IадIелахь хIинца, гIовгIа а ца йеш, – аьлла, муцIар хьалхахьа а йерзийна, рагIу кIелахь лаьттачу шен машен чухиира Шарпуди сихонца. И хьала а латийна, дика йохйаллалц а ца Iаш, йухайахийтира цо. Шайн цIийна хьалхахула дIабоьдучу силаман новкъа а ваьлла, дIаэккха дагахь вара хIара. Кхунна тIаьххье кетIа зуда а йелира.
РагIу кIелара кевнах ара а ваьлла, кхин саца ца соцуш, дIаса ца хьожуш, шен тIехьахаьхкина машен дIо новкъа схьайогIучу машен кIел кхоьссира Шарпудис. «Бор-боров», аьлла вовшах а кхетта, цхьа вуо тата а доккхуш, машенаш севцира. ДIа охьаиккхинчу Шарпудина йохийна шен машенан тIехье а, нехан машенан муцIар а гира. И хилларг гуш, лаьтташ кхуьнан зуда а йара.
– Ма чIогIа тIаьхьайаьлла хьо, йала-м! Къайлайалахь кхузара! – аьлла, тIе мохь а хьаькхна, шен зуда чуэккхийра оьгIазваханчу Шарпудис цкъа хьалха. ТIаккха йухавирзича, ша йохийначу машена тIера шопар гира кхунна хиллачуьнга хьоьжуш лаьтташ. Ханна Шарпудин нийсархо хила тарлуш вара иза. Цхьацуьрг воьхна а вацара. Цуьнан коча вахара Шарпуди:
– Хьо хIун дан гIерташ вара, ван? Ши бIаьрг бацара хьан? Мича лаллавелла воьдуш вара хьо? Стенга кхача гIерташ? Хьажахь, айхьа динарг!
– Собардехьа, накъост, ахь соьга хIун де боху, айхьа деш дерг дина а ваьлла? Со бехке волуш санна ма дуьйцу ахь, – сих а ца луш, паргIат вистхилира Шарпудис йохийнчу машена тIера шопар.
– И бохург хIун ду?! Хьо-м айхьа динчунна къера а ма вац! Ву дера-кх хьо-м бехке! Дукха дика хаа-кх хьуна и! ХIай, цIе хала кху белхан! Ахь суна баьккхина некъахьовзам! – чуьраваьлла мохь хьоькхура Шарпудис.
– Хьажахь, дукхавахарг, со сайн галавни новкъахула схьавогIуш вара-кх, ахь йахьа а йаьхьна суна кIел машен ца кхоьссинехьара. Со галавни ма ву кху новкъахь! Ахь со чекхвалийта ма везара! Кхетий хьо?!
– Схьаверзахь, хьуна айхьа хIун дуьйцу а хаий?! Хьо лартIехь а вуй?! Сан кетIа а волий ма хилахь хьо галавни! Хьайн кетIахь а, чохь а хир ву хьо галавни!
Кевна бертехь кхеран гIовгIанашка ладоьгIуш лаьтташ йолу Шарпудин зуда арайелира.
– Стаг, хьуо ца тоьлу тIом ма бехьа, – элира цо.
Ша санна шера хаара зудчунна шен цIийнда нийса воций а, цо машен лелон бакъо бутт хьалха эцна йуй а…
Свидетельство о публикации №224080601567