***

Муслим, Аллах1 реза хуьлда хьуна, цу Муслиман бух т1е кхиарна! Цу хаттаро коьрте х1уьттуш, дог доруш, хьийзош йара со, цу Муслиман ц1е йевзичахьана а. Бехк Муслиман а ца хилла. Цуо шен дендас а, дас а схьалецна некъ ца хийцина. Церан лорах вахана иза. Хьаъа дендерг ду иза. Т1аьхьенна хала ду шен кхоллам бовза, хьалхарачара тоьшалла дитина ца хилча.
Цуьнан денда а муьлхачу бахьнийца, муьлхачу балано цу махка вигина хуур дац вайна.
Цу заманахь лураллаш а хилла. 1едалца къийсарш а хилла. Цхьанхьа галваларах, некъ бихкинарш а хилла нохчичохь 1ен - баха бакъуо йоцуш.
Ишттачу цхьана бахьнийца вахар а, лачкъар а нисделла, шен къам а хуьйцуш, цу Муслиман денде, Мохьматан а.
Ша корматалла а, пох1ма а долуш стаг хиларе терра, мукъам йазбеш а, пондар локхуш а хилла иза. Цундела цу мехкан, г1араваьлла цу шен пох1маллийца г1араваьлла, пондарча а, мукъамча а хилла иза.
Цуьнан к1ант Мохьмад, кхиача, иза а т1аме цигера д1а вахар нисделла. Вуно майра леташ, мостаг1ашна дуьхьал т1ом бина цуо. Цу т1амехь, йоккхачу Совет пачхьалкхан, турпалхо хилла цунах. Цунна лаккхара совг1аташ а дина, турпалхо и хиларна тоьшалла деш. Цу т1амехь, мостаг1аца майра леташ нохчийн дай а, вежарий а болуш, ,,Стешха къам ду" аьлла, харцонца ц1е а тиллина, нохчийн къам махках даьккхина. И бахьна долуш, ша цу т1еман накъостех а къастийна, йоцу ц1е тиллина, махках даьккхиначу нохчийн кьомах цу муьрехь д1а ца туохийта(т1ом д1а бирзича нисдийр ду ша шен нохчийн къомах хиларах дерг) бохучу ойланца, ша нохчи хилар къайла а даьхьина, т1амехь сецца иза. Цигехь д1а кхалхар а хилла цуьнан.
Цу ден к1ант хилла Муслим Магомаев. Цуьнан шен денда а, да а буохамех к1елхьара ваьккхина, уьш шайн къомах бу аьлла т1е иэцна къам д1а тасар ца товш хетта Муслимана а. Цундела хилла Муслиман (ша нохчий хиларах а) азарбаджанийн къомах ву алар.
Дела къинт1ера волийла вайна а, царна а, массо бусулбанна а!

*****
Муслим Магомаевс ца аьлла ша нохчи вац. Цуо ,,со нохчи ву" а ца баьхна. Цу т1ехь а, вукху т1ехь а харц ца хилла иза. Цуьнан кхоллам бовза безаш а хилла, Муслиман ойланаш йовзархьама. Цуьнан некъах кхетавезаш а хилла, ,,Нохчи вац иза"аьлла д1а ца татта а. Цуьнан лазам бовзабезаш хилла, цу ц1еначу нохчийчуьнан дагах кхета а.

Нана, йо1, йиша йу со нохчийн къоман,
Даймахкахь сан дагна карайо токхе.
Шиело а, йовхо а цхьабоьсса лов - кха,
Йиш - вешин марзонал х1ун хир ду томехь?

*****
Резванова Айза

Кху шарахь хийцамаш
хилабеза, билггал,
Дуьненна барт хилла,
Д1а х1оттош низам.
Т1аьхьенна масална 
буьтуш и хилам,
Седарчаша бина
1аьршашкахь хийцам.

Могг1ара х1иттина,
Баккхий нах санна.
Нур 1иэнош до1ийца,
Диехарш деш вайга.
Лерина тидамбеш,
1аьршашка хьежча.
Г1айг1ане хетало
Сиегар а церан.

К1адделла седарчий
Лаьтта т1е хьаьжна,
Ца биеза царна а
Къийсамаш къаьмнийн.
Адамаш, дахи вай,
Дитина ца темаш?
Даржадейша лаьтта т1ехь
Машаре т1емаш!

*****
Резванова Айза

Сайн ненан марзонца...

Сайн ненан марзонца, б1аьргачухул ненан,
Хьоьжу со, ца к1ордош, макажойн цу лома.
Зовкхечу дахаран, дериг а самукъа,
Гулделла, хетало,  сайн дагна луш г1ора.

Айделла, т1ам хьийзош, са дели сан т1ома,
Макажойн лаьмнашкахь, ненахойн лар талла.
Турпала къуонахий баьхнчахь, суй банза,
Карий сайн ненан мохк, Даймехкан и хазна.

Маршалла ду хьоьга, хьомсара, Макаж мохк!
Хьан б1ойнаш кхуьийла, ца х1уттуш, къовла дохк.
Маршонца техкийла, нур лиепа Зезагаш,
Декъала хуьлийла сан Ненан Марзонаш!

Марзонца!
Сайн ненахой (Макажой) лоруш.

*****
Теша со йог1ар йу зама,
Бакъ болу турпалхой кхала.
Дегнаш чохь вай кхобу дешнаш,
Дешийчу элпашца йаздеш.
Г1азотехь кхелхина к1ентий,
Хьакъ долчу  сийлаллехь къагош.
Ин Ша Аллах1!
*****


Рецензии