Эй, любовь!

 
Х1ай, ц1еран арц,
Х1ай, йист йоцург,
Х1ай, са лоцург,
Х1ай, кхачацалург,
Х1ай, къайле,
Х1ай, безам!
Со тилвелла,
Со лахвелла,
Со 1аь1на,
Со, х1инца - велларг,
Со лецна
Х1ай, безам!

Хан кхеча хьан:
Х1ай, човхаван,
Х1ай, 1овжаван,
Х1ай, сецацалург
Хьайн ц1ерга
Хьарчаван!
Хьо шелбелла,
Хьо хербелла,
Хьо баьгна,
Со - 1ехавелларг;
Ас х1ун де
Х1ай, безам!?

Ахь човхий со,
Ахь лазий со,
Ахь 1ехий со.
Х1ай, ма кхардахь соьх.
Уьрсаца
Ма цеста…
Генахь лехна,
Йуххехь эшна,
Берте кхаьчча
Т1ам бойна висна.
Ирхе йац,
Цхьалха ву.

Когаш 1уьйра
Хьаьдда лелла,
Безам - мачаш
Метта хетарна.
К1охцалгаш…
Ц1ий 1ена.
Къиза гина
Бакъдерг хьоьца…
Буьйса а…
Сица левзи хьо
Лечкъаргах.
Са хили.

Г1ан сама дели,
Кертахь десса…
Бакъ ду – бакъ дац?
Ков ду даьстина…
Тхьусвоьлла…
Байт1ехь лар.
Малхо леци,
Мохо даьхьи,
Х1ай, хьо г1ан?
Соьца дисна и
Гергарло…
Х1ай, лазам!


Рецензии