Нахчалла
Замано болар шен сацор а дац-кха.
Нохчийчоь шен к1ентех йоккхайеш хета,
Уьйранаш х1иттал а, кхин хан а йац-кха.
Дай баьхна тхан латта, са маьрша аре...
Хийлаза ма дезна хьандан шу ц1ийца,
Маршонна айъина байракхан к1ади -
Йоманаш летайеш наной а хьийза.
Даггара эра ду ас илли тахна,
Махкана во1 хила кхаж баьлчу к1антах.
Дозалла ца лоьхуш кху лаьттахь ваьхна,
Нохчалла лиринчу къонахчун ц1арах.
Марзонаш йитина, безарш а буьсуш,
Эхарта вирзи хьо даиман ваха.
Белхарийн, тийжарийн къурдаш а муьйлуш
Везнариш бити ахь лазамца баха.
Хьо лелла некъаш ду йаьккхина ирхе,
Хьан лорах лар йохьу, къуьйсуш йац баьрче.
Дош-дашах до1а а - дирзи хьан 1аьрше.
Маржа хьо генара - гергара кхерче.
Даггара эра ду ас илли тахна,
Махкана во1 хила кхаж баьлчу к1антах.
Дозалла ца лоьхуш кху лаьттахь ваьхна,
Нохчалла лиринчу къонахчун ц1арах.
Свидетельство о публикации №224081601302