Безответная любовь

Суьйре а т1ееа малхбуза кхачош,
Кхоларха йоьттина хьоьх йина ойла.    
Анайист ца къеги эвлайист къагош, 
Т1аьххьалца хьийжира хьан болар гойла.

Вай-м цхьана хир дарий 1ай-б1аьсте къесташ...
М1аьргонийн боларш а ер яра лайна.
Собарна букъ тоьхна йирзи хьо кхаьрдаш.
Цадоьг1на цхьан кедар ирс мала вайна.

Суна-м хьо ийшарий, дог дагах тегна,
Уьйраца марзвала, лахвала хьоьца.
Б1аьргийн вайн ирс ган а са дара хьегна,
Есаллехь х1инца и делла ша хеца.

Ойланийн тачошна даьстина з1ара,
Тешамах т1ек1ела ас г1ала йича,
Х1оттийна карий-ца ахь "б1ог1ам" гара;
Дийцинарг тишдин ахь, хьайна кхин лиъча.

Къаьсти вай гур доцуш вовшийн кхин мерза.
Муонаша-м туьгур дац хенаца дерза.
Соьца-м хьо хир ярий суьйренаш мелла,
М1аьргонаш-м хир ярий ирсана елла...


Рецензии