Мохьмад-Эмис зийнарг, сагатдинарг, сатийсинарг

 «Даймохк» газет, №124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

Интервью учителя математики Регитинской средней школы Курчалоевского района Чеченской Республики (записано в 2010 году, опубликовано в республиканской газете "Даймохк" 05.11.2015, №124)

   Вевза-везачийн дог 1овжош, д1акхелхи Курчалойн к1оштахь дешаран хьаьрмахь дуккха а шерашкахь къахьегна волу Рег1ат1ера вахархо Ахъядов Мохьмад-Эми. Вайн дешархойн хаарийн, г1иллакх-оьздангаллин т1ег1а лахара хилар бахьанехь даима сагатдечарех вара иза. Коьртачу декъана Мохьмад-Эмис къахьегнера Рег1ат1ерчу юккъерчу школехь математика хьоьхуш. Цул сов, 1илманчашца, хьехархошца, яздархошца, журналисташца — историца, таханенца, хиндолчуьнца бала болчаьрца массаьрца а гергарло дезаш а, иза д1акхехьа хууш а стаг вара иза.

   Мохьмад-Эмих лаьцна дийца диканиг 1аламат дукха ду. Дика доьзал кхиийна цо. Йиша-вешина а, юьртахошна а, махкана а оьшуш стаг иза хиларх а, Мохьмад-Эми кхалхарца доьзна вайна хиллачу иэшамах лаьцна а дукха тоьшаллаш дира 2015-чу шеран октябрь беттан 16-чу дийнахь иза лахьте верзо гулбеллачара.

   Мохьмад-Эми-Хьаьжина Дала гечдойла! Ийманца долу собар лойла цуьнан йиша-вешина а, оцу халахетаран дакъа кхаьчначарна массарна а!

   Газетдешархойн тидаме юха а дахка лаьа 5 шо хьалха тхан хаттаршна М-Э. Ахъядовс делла хилла жоьпаш. Шайн мехалла (совъялар бен) эшна йоцчу цара б1аьрла схьагойту вайн махкахочо дахарехь лайнарг, зийнарг, сагатдинарг, сатийсинарг…

– Мохьмад-Эми, вайн юкъараллехь хьан къаьсттина сагатдийриг х1ун ду?

– Бисмиллах1иррохьманиррохьийм. Везачу Дала х1ара вайн къамел Шен дуьхьа дойла, Ша реза волуш иза делахь, Дала аьтто бойла вайн.

   Чолхе ду вайна гуонахара хьал. Тахана сан уггаре а дог лозуьйтург, сагатдийриг вайна юккъера дуккха диканиг, ма-дарра аьлча, нохчалла д1адолуш хилар ду.

   Мотт… Цунах лаьцна хьехархоша, публицисташа, яздархоша, 1илманчаша, мог1арерчу бахархоша дуккха а, к1орггера маь1на долуш а дуьйцу, яздо. Амма иза кхачаме ца хета суна.

   Бакъдерг дийцича, со цхьанна а бехк билла нигат долуш вац. Даима бохург санна, сан коьрте хьийзачу ойланаша хоьтту: «Вешан къоман башхалла х1ун дича ларлур яра-те вайга?»

   Йиш хилча, телевизоре хьожу со. Шайна т1е тидам боьдучех лара мегар долуш передачаш гойтуш а нисло цу чохь. Иза дика ду. Вайн берийн дешаран, уьш кхетош-кхиоран т1ег1а лакха х1ун дича дер дара-те олий, сагатдар кхин а совдолу сан.

   …Шен 21 шо кхаьчначу хенахь (1931-чу шарахь) Мамакаев Мохьмада яздина хилла х1ара мог1анаш диц ца ло суна:

Къонахчун сий, къаьхьа безам,
Хьанала сий даккха атта дац,
Хаьа суна, хало лан хала дуй,
Делахь а, стаг хила везара стаг…

   Нохчийн къам доьналла долуш хилла къам ду. Таханлерчу дийнахь вайгара и доьналла а, стогалла а г1еххьачул жимделла дог1ий-техьа, аьлла хета суна. Цхьа а харжаш ца еш, шайн чуьра дуьйна д1адоло йиш йолу дуккха а г1уллакхаш ду-кх, вай кхочуш а ца деш лаьтташ. Уггаре а коьртаниг ду – х1орамма шен доьзал кхетош-кхиор.

   Суна, масала, новкъадог1у бераша дех, несарша мардех «папа» баьхча. Шех «дада» аллал воккха а ма вац иза, олу царах цхьаболчара. Кхин-кхин а ду уьш-м дийца а, дийцина ца 1аш, хийцича а дика хир долу х1уманаш…
 
– Мохьмад-Эми, делахь айхьа дуьйцучунна кхин а масалш даладехьа…

– Дуккха а бу шаьш-шаьш хаза къамел дан г1ертарш. Уггаре а жоьпалле ерг а, самаяла езарг а вайн къоман интеллигенци ю аьлла хета суна. Шен васт (мотт, духар…) къомаца цхьаьнанисдан дезара цо. Ала дашна, Махмаев Жамалди, Берсанов Хожа-Ахьмад… Буьйцу мотт, духар, г1уллакхаш юьхьк1ам болуш хета суна церан а, уьш санначеран а.

   Цивилизацих къилба дар нийса дуй-те? Суна ч1ог1а лаьара, вайн интеллигенцис ас лакхахь аьллачунна т1е тидам бохуьйтийла. Цаьрга ладоьг1на 1аш ма ду дисина адамаш. Цхьанна а хала ма хетийла, со, ас лакхахь ма-аллара, бехкаш баха 1алашо йолуш вац.

   Хетарехь, 1963-г1а шо дара иза. Нажи-Юьртахь Культурин ц1а схьадиллинера. Дуьххьара Иорданера Нохчийчу ц1а веана вара ц1ера Джаг1ларгера волу айткхаллойн тайпанах волу 1усман. Иза тхайга веана де, тахана санна, дагадог1у суна. Суна иза дагахь х1унда лаьтта – ц1ена нохчийн мотт буьйцура цо, мел генара иза гиначунна а цхьа шатайпа нохчалла хаалора цуьнгахь (маттаца, г1иллакхашца, духарца).

   Оцу Иорданехь 50 шо доккхуш, цхьа де а, цкъа Нохчийчу б1аьрг тохаза ма лайла ша аьлла бен, даьккхина дац ша, бохура цо. Цунна т1еюьйхина хаза товш костом-хеча, пальто яра, лекха бацахь а, сирачу холхазан куй бара цуьнан коьртахь. Оцо гойтура иза баккъал а шен къоман башхалла ларъян г1ерташ хилар, нохчи хилла чекхвалар цунна деза хетар.

   Иштта хьал ду-кх, тахана вай дийцарх ца тоьа, шега далуш дерг дан хьажа веза вайх х1ора а. Гайта ма-деззара диканиг гайтича, цунна т1аьхьа х1утту  адам, къам. Ткъа хьалхе яккха езарг интеллигенци ю. Оцу интеллигенцино гайтинчунна (мода, мотт…) т1аьхьах1уьтту дукхахберш. Муха хила деза, шайна т1ера д1а цара гойтийла лаьара…
 
– Дан йиш йолу х1уманаш дукха ду, цхьадерш ахь билгал а дехи. Бахам, даьхни ца хилча а далундерш дийци ахь. Кхин х1ун т1етухур дара ахь айхьа аьллачунна?

– Халкъан историца доьзна долу дуккха а терахьаш вайн тидамза дуьсуш ду. Царах цхьаъ ду, масала, 1919-чу шеран апрелан 9-10-чуй деношкахь Цоци-Эвлахула  Деникин чекхволуш х1оьттина сурт. Оцу хьокъехь (ешначунна дагах кхетар йолуш) эпически поэмаш язйина поэташа Пашаев Нурдиссий, Хамерзаев Заурбекий. Меттигерчу кхаа ишколерчу хьехархоша а, дешархоша а тидаме эца безара 100 шо гергга хьалхалера историн и хилам. Нохчийн доьналлех, майраллех, г1иллакх-оьздангаллех дийца меттиг хир яра цунах.

   Аргунехь вехаш ву поэт Дакаев Са1идбек. Дукха буй-те, цуьнан «Геннара аьзнаш» ц1е йолу поэма ешнарш?! Башха исбаьхьаллин говзар лору ас иза, къона чкъор кхетош-кхиорехь мехала меттиг д1алаца хьакъ йолуш. Цигарчу школашкарчу дешархошна евзий-те шайн юьртахочун кхолларалла, хьошалг1а кхойкхий-те цара Са1идбек?!

   Чанчаев Шамсуддин «Сибреха некъ» ц1е йолу жайна дешча, ас, цу т1ера «Ирс» ц1е йолу дийцар а дийшира тхешан школерчу 8-10 классашкарчу дешархошна (со балхара ц1ахь сацале). Цара дукха лерина ладуьйг1ира. Дика язйинчу муьлххачу говзаре лерина ладуг1ур ма дара цара, шайна ешчахьана. Дакаевн поэмо дика 1аткъам бийр бара.

   Майртуьпахь вехачу Юсупов 1усманан «Къоман тептар» роман а ю, вайн бераш кхетош-кхиорехь аьтто бан шеца таронаш йолуш. Оцу юьртахь кхо-йиъ школа ю, амма шайна юххехь вехачу яздархочуьнца меттигерчу дешархойн, хьехархойн уьйр йолчух тера ца хета.
 
– Шайн берриге а ницкъ дешарна т1ебахийтина-те доьшучара а, хьоьхучара а?! Вайн дешаран декъехь долчух лаьцна х1ун хета хьуна?

– Хьалхарчу каналехь гойтуш йолчу «Школа» ц1е йолчу фильме хьажар хуьлу сан. Гойтуш дерш (наркомани, и.д1.кх.) вуон суьрташ ду, амма цивилизацино елла т1аьхье а, вайга самадовла бохуш, дохуш долу орца а лору ас и фильм.

   Вайн мотт, г1иллакхаш 1аммоне а 1амош доцуш, луларчу областашкарчу (Аштаркхне, Волгоград, Ростов, Краснодар, Ставрополь) школашка деша дахийтина дуккха а бераш ду вайн. Вайн ц1ахь кхачам боллуш 1амош боцу нохчийн мотт 1амор буй-те царна цигахь цхьамма а?!

   Тахана вайн дукхах долчу берийн ойла дешарна т1ейоьдуш яц, бахьана х1уъа делахь а. Леррина таллам бан безаш г1уллакх ду иза. Дика хьехархой школашкара д1абахана (алапа к1езиг хиларна я кхечу бахьанина делахь а).

   Махмаев Жамалдис дийцира, тоххара школе таллам бан вог1уш волу инспектор ма-вогг1ура уроке ладог1а охьахуура, аьлла. Оцу хьехархочо муха хьоьху хьожура (цунна берана хьеха хаьа-те я ца хаьа-те). Тахана школе вог1у талламхо, шифонера т1е, ишкапа т1е п1елг хьокхий (чан ю я яц хьожуш), журнала т1е а хьожуш, чохь берш багар а бой, «шайн болх бе» олий, д1авоьду.

   Масийттазза аьлла ас (со болх беш волуш) тхешан школин директоре: «И инспекторш бахкийтахьа школе, берашна иэшам ма бехьа. Хьажийтахьа уьш вайн балхе, суна байтахьа таллам. Соьгара берашна хуьлуш пайда бацахь, со реза ву ц1а ваха. Кхечанхьа къахьоьгур ду ас, цхьа рицкъа доцуш Дала вуьтур ма вац со…»

   Дика кхетар долуш дукха бераш ду вайн. Амма дешарх догъяьккхина бу уьш. Лакхахь ма-аллара, деша лууш бац. Хьехархочун, 1едалан, ерриге юкъараллин а бехк бу цу т1ехь. Иштта бер юьхьанцарцу классехь долуш дуьйна дас-нанас терго латтош яцахь, т1аккха а г1уллакх ца хуьлу дешарх.
 
– Цхьана школан директорца къамел хилира сан. К1оштан дешаран декъан заведующига ша д1ахаийтина, куьйгаллин дарж охьадилла дагахь ву ша аьлла, бохура цо. Бахьана кху кепара дийцира цо: кехаташ («отчеташ») 1аламат дукха д1адоьху лакхарчара; хьехархочун уроке воьдуш, цуьнца къахьега хан ца юьту…

   Цуьнца цхьаьна, тидам т1ебоьдуш ду, дукхах йолчу школийн материально-технически бух дуккха а тобелла хилар…

– Нийса боху ахь: уггаре а коьрта хила еза урок т1аьхьатеттина цуьнца доьзна доцчу г1уллакхаша. Ц1архазмана лелош х1уманаш дукха даьржина. Урокал коьрта хила хьакъ долуш х1ун ду школехь?! Ч1ог1а г1арадаьлла школехь «папканаш кечъяр» боху г1уллакх. Цхьана х1уманна пайден йоцу уьш хилчахьана, кхачаме лору. Хаттарш а хеза сих-сиха: «Папканаш кечйиний?» – олий. Уьш кечйина хилар дикачу белхахочун билгало хилла яьлла. Ахь мел дика математика, нохчийн мотт, кхидолу 1илманаш хьехахь а, папканаш яцахь: «Хьо х1умма а деш вац», – олу. Хаттар х1утту: «Хьанна еша кечъеш ю уьш?!»

   Билгалдаккха хьакъ ду, цкъа а ца хиллачу кепара ала мегар долуш, тойина школийн г1ишлош. Йоккха спортзал йина ламанца йолчу тхан юьртахь (шен ц1енкъа 300 гергга еак1ов метр йолуш). Хаза школа,  столови йина, тоьллачу г1ирсаца кхачо еш. Оцу дерригенах а эвсараллица пайдаоьцу бохург дукха генара х1ума ду. Цуьнца цхьаьна, цакхеташ х1ума а ду иза.

   Масала, хьехархочо могуьйту берана, цо тетрадь мухха лелийча а. Меггарг д1адоьду. Кхин бан болх боцург (кхечанхьа хиллалц) балха нисван меттиг хилла юьхьанцарчу школах. Хьехархочун хьакъ доккха ду. Уьш кечбаран г1уллакхан т1ег1а лахделла. 5-чу классийн дешархошна юкъахь а дукха бу, «слагаемое», «сумма» бохучу дешнийн  маь1на цадевзарш…


– Къамел дерзош х1ун эр дара ахь?

– Берийн дай-наноша уггаре а хьалха сагатдан деза х1ара г1уллакх бахьанехь. Царах доьзна ду дуккха а. Тхешан берашна хьеха а, ц1ахь бан белла белхаш кхочушбарехь царна г1о дан а ца хаьа тхуна, олу цара. Цунах г1уллакх хир дац. Шайн берашна т1ехь таллам латто хуур ду царна.

   Вайн школашкара дешар ледара хилча, бусалба дин довзарехь, берашкахь нохчийн г1иллакх-оьздангалла кхиорехь даима т1аьхьадуьсуш хир ду вай. 1аламат боккха иэшам хуьлу иза т1аккха. Дешаран, кхетош-кхиоран хьаьрмахь дан дезарш дуккха а ду…
 


Рецензии