Генарчу махко кхоьллина узам
Башха дика адам, хьехархо, йаздархо волуш, кху лаьттахь ц1ена-оьзда лар йуьтуш ваьхна Яндарбиев Хьамзат (Дала декъалвойла иза).
«Ма чlогlа дика адам дара-кха хьо!»
«Дан тоьшалла ду сан а, Хьамзат Шамсадович дика стаг, говза хьехархо вара аьлла! И бахьана долуш хьоме хилира суна цо хьехна 1илма – оьрсийн мотт а, литература а. Аллах1а йалсамане лойла хьуна, тхан хьоме хьехархо!»
«Цо уггар дика лар йитина шен дуккха дешархойн дегнашкахь… Дала гечдойла цунна! Дала йалсаманин веза хьаша войла цунах!»
«Иза суна дукхавезаш хьехархо вара – хьекъале, доккха пох1ма долуш, хаза. Цуьнан дарсаш даима а, туьйра санна, хаза хуьлура! Ч1ог1а чулацаме, синк1оме, керланиг дохьуш хуьлура уьш! Иза – башха АДАМ дара, дика стаг вара!»
Иштта йаздо Хьамзатах лаьцна цуьнан йуьртахоша. Ирсе хета оцу тайпана тоьшаллаш шена хьакъдина стаг!
«Генарчу махкахь д1айахна бералла» ц1е йолчу байта т1ехь Яндарбиев Хьамзата дуьйцург шен дахар делахь а, авторо къоман даг чуьра схьаэцна, башха говза йозанца гучубаьккхина узам бу аьлла хетало иза.
Вайн йуьртарчу цхьана стага, ц1ерпоштан шалон гича Сибре дагайог1у-кх шена, элира. Хь.Яндарбиевна, «барзах мох уг1уш, буьрса дарц даьлча», дагайог1уш хилла шен «меца бералла». Вайнах махках бохучу хенахь 4 шо кхачаза хиллачу хинволчу йаздархочун, 1илманчин ирачу иэсо (кхин цкъа а йиц ца йан) схьалаьцна и къиза зама.
Дорцан бодано
Дуьне кхоладо.
Махо луо идош,
Арахь дарц долу.
Барзах мох угlуш,
Буьрса дарц даьлча,
Дага йогlу сайн
Меца бералла.
Пана lуьллучу
Гена-геналлехь,
Берахь кхиъна со
Сенчу Сибарех.
Сенчу лаьмнашна
Кхолха гуо лаьцна,
Жима юрт lуьллу
Лаьмнийн йийсарехь.
lаьржа хьун лаьтта
Кхолха гуобина,
Лоха тхан цlенош
Лайно хьулдина.
Тахана муьлхха бахьана а тоьа, «бала 1ийшинчу дагна карзахдала»: боьлху пондар хезча; йог1у ц1ерпошт гича; шира сурт йа мажделлачу кехат т1ера йозанаш-тешаш хьалхадехкича; наггахь висинчу нийсархочуьнца цхьаьнакхетча…
Цlула сара-мерз
Пондар билхича,
Карзахдолу дог
Бала lийшина.
Шелчу арахь со
Ненан докъа тlехь
Оьрсийн зудчунна
Хилла карийна.
Халкъан ирсана
Аьлла Сталина,
Берийн цlеношкахь
Боху кхиийна.
Тlех мел йолучу
Хьоьжуш зудчуьнга,
Нана яре со
Хьоьжуш lара бах.
…Хиллачух кхеттал хьекъал доцчу хенахь уггар дезачу адамах – ненах къастар, цхьа хан йаллалц – ша мел хьаьстинарг шен нана йу моьттуш лелар… Малхбузехьа бисинчу Даймахка д1ахьежар, цуьнна, «безаш битина бу бохучу», даима сагатдеш вахар…
Даймохк бу бохуш
Безаш битина,
Бузучу малхехьа
Со дlахьийжира.
Лайра харцонаш,
Хало lийшира.
Арахь буц санна,
Хьалакхиира.
Авторо орца дохуш хетало - и 1азап, харцо, хало, къизалла, мацалла, шело, чилла… йицйан йиш йацар-кха, вовшашна йуккъера марзонаш йохо-хедо йиш йацар-кха, вай Дала бегашийна кхоьллина доций хаа дезар-кха, ойлайеш хила дезар-кха вай, бохуш…
И де гина стаг
Стенах воьлу-те?
Цуьнан вела дог
Хlунда догlу-те?
lаламатех цо
Тамаш хlунда бо?
Дуьне лоьхуш и
Хlунда лела-те?
Бешахь заз даьлча,
Бlаьргаш делало.
Малхо бlаьстенан
Дегнаш lехадо.
Ген-геналлехь
Дай дlабоьхкина,
Стаг тlехlотта гу
Боцу каш дицло.
Ишта нисбелла,
Кхоллам бай хlара-м.
Деза кхоьллина,
Дуьне дай хlара-м.
Пох1мечу йаздархочо ненан мотт, литература, халкъан барта кхолларалла кхиорна йукъа шен мехала дакъа диллина, ткъа иштта вай кхайкхина – хиллачун а, таханенан а, хиндолчун а ойлайеш хиларе…
Свидетельство о публикации №224081901508