Дахаран зиэраш
Жимчохь дуьйна нохчо хилла чекхвала гIиртина со советан хенахь, СССР йоьхначул тIаьхьа Нохчий-чохь хIоьттинчу шина тIеман заманахь а.Вайн къо-мах алсам долу дакъа даима миска, гIийла хилла, тароно, хьоло кураллий, «ас-со» боху деса дозаллий дагчу тасаза. Амма син маршой, гIиллакх-оьздангаллий, иэхь-ийманний коьрта бахам лоруш, шайгара доккхуьйтур доцуш хилла уьш. И миска-гIийла нах бу гуттара адамашна йукъахь нийсой, маршой хиларе сатуьйсурш. ХIунда аьлча харцонан, къизаллин лазам цара шайн «цIоканна тIехь» дукха лайна. Оцу мискачийн хIух схьаваьлла ву хIокху могIанийн автор. Цундела церан декъазчу кхолла-мех боьзна хилла гуттар сан кхоллам а. Ши шо кха-чале дара со, «халкъан мостагI» лерина, вархIедайн лаьттан йовхонах, шовданийн аьхналлех, дайн кхер-чах хадийна, Iаьнан Iуьйранна сайн мискачу халкъа-ца цхьаьна сийначу Сибарех хьажийча. Цигахь нох-чийнчул хьалха суна оьрсийн, гIиргIизойн, курдойн, немцойн йоза-дешар Iемира. Цуьнца цхьаьна церан гIиллакхаш девзира. «Спецпереселенцаш» хиллачу вайн бакъо йацара школехь вешан маттахь деша хьовха, кхечу къаьмнийн векалш болчохь нохчийн дош ала. ПхоьалгIачу классехь доьшуш волуш (Сталин веллачул тIаьхьа ду иза), СССР-н конституцих кхетам лучу урокехь хьехархочуьнга хотту ас: «Ма-рия Васильевна (Шубина йара цуь¬нан фамили), кон-ституцис СССР-хь мел долчу къаьмнашна шайн-шайн мехкашкахь пачхьалкхийн къепешкахь даха бакъо луш хилча, тхан къоман хIунда йац и бакъо?»
Хьехархочо иштта хеттарш кхин ма де элира соьга, вайн къамел цхьанна хазахь, КГБ-н векалша лур ду хьуна жоп. Цхьайттара ваьлча кхийтира со конституци тIехь мел хаза, мел йаккхий бакъонаш йазйинехь, советан Iедална лиънарг бен цхьана ада-ман, къоман кхин бакъой, маршой йоций. Кхийтира суо Iедална бежанийн, экханийн меха ца хетачу къомах хиларх а. Цундела оцу Iедалх гуттаренна тешам байра сан. Ишколехь ненан мотт Iамор ца нисделлехь а, дега вайн алфавит хьоьхуьйтуш, айса элпаш вовшахтуьйсуш, тIаьхьакхиъна нохчийн йоза-дешарна. Дезаш ладегIна Димин Iумаран пондаран мукъамашка, Цицкиев Идриса, Гелдганарчу Галаев Бутас дIаолучу къоман иллешка. Мовладашкахь хезначу назманийн байташ Iамийна, баккхийчарна тIаьхьара бохуш. Цаьрца кхъаьчна эра дара сайга вайн гIиллакхаш, оьзда Iадаташ, цаьргара девзина нохчийн сийлахь ламасташ а. Суна, сан нийсархошна мел боккха, мел беза кхаъ бара Алма-Атахь вайн маттахь газета арахеца долор. Нохчийн шайн журналлий, шайн маттахь киншкий хир йу бохург-м, мел чIогIа лиънехь а, дагахь дера дацара. Цундела сан хенарчу нахана дазделла вайн таханлерачу тIаьхьенаша вешан махкахь зорбане довлучу газетийн, журналийн, киншкийн хьовха, ненан меттан шен а сий-пусар цадар йа къоман иэс кхиарна иэшам бар. Кхета со, адмана оьшуш, пайденна ду Iарбийн, оьрсийн, ингалсан, муьлхха кхин мотт хаар. Дала вовшашца уьйраш, марзонаш, гергарлонаш долуш даха кхоьллина къаьмнаш ларар хета церан мотт, йоза-дешар Iамор. Ткъа шен мотт бицбар – дайн гIиллакхех, оьздачу гIуллакхех, нохчийн башхачу ламастех, ненан марзонех йа къоман орамех хадар ду. Кхечу кепара аьлча – къам леш хиларан билга-лонаш йу уьш. Дала оцу вонех лардойла вай, вайн тIаьхьенаш а. Оьрсийн мотт бу олу вайн мотт кIезиг буьйцучара махкахь леларг, дахарехь оьшург. Ахьа оьрсийн къоман векалшка ладоьгIча, цара ингалсан мотт хаар тоьлашха ду олу, иза дуьненан йукъара мотт лоруш. Кхин мотт хаа лууш хила тарло шаьш англичанаш а. Амма цхьа хIума ду, шен меттан, шен мехкан, ша схьаваьллачу орамийн пусар доцчо, ша мел чIогIа Iамабахь, цхьана меттан йа и мотт болчу халкъан сий дийр ду аьлла-м ца хета суна. Шен мат-тах, шен махках, дайн орамех хаьддарг цхьана кхечу къомо, шен ву аьлла, тIеэцна меттиг ца гина суна. Халкъах, махках, шен нахах, шен орамех хаьддарг цхьалха, гIийла, декъаза, вала да воцуш, осала ло-руш адам ду массо къаьмнийн. Цуьнан ойла хIунда ца йо теша вайн кегийрхоша, шаьш шайн маттана иэшам бечу хьоле кхаьчча? Кхузахь догIуш хета вевзаш волчу нохчийн поэтан Мамакаев Мохьмадан дешнаш далор:
Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур йац.
Оцу, кхечу вайн меттан, вайн мехкан сий-пусар даре кхойкхуш дуьненчу йевллачу нохчийн йаздар-хойн байтех къилба дина ваьхна со айса дуьнен чохь йоккхучу 80 шерийн хена чохь. Дозалла до царех шовзткъе диъ шо ишколехь берашна нохчийн, оьрсийн мотт, литература хьоьхуш дIайахьарх. Дуьненчохь айса йоккху хенахь сайн коьртехь кхол-лайелла, дахарехь айса сайн халкъаца, сайн махкаца лайначун, тхайна зеделлачун хьокъехь, дахаро зуьйш тIекхийдийна, адамаллехь диса халачу некъех ду-кх сан йозанаш. Аьлча а, тIехIоьттина бала, коьртера гIайгIа мел йеза хиларх, тхайн собар, тхайн деналла, тхайн гIортор хилла, Делан къинхетаме сатийсар, даима тхайна ницкъ луш йаьхна кханенах догйовхо а. Сурт хIотторан басарш, синхаамийн кIорге, поэзин лакхе йац алий, дIа ца тоттуш, цхьа кIеззиг собар тоий, ладогIа хьовсалаш сан йозанака. ХIун хаьа цаьргахь шуна шайн безамаш, шайн иэшамаш, шайн дахаран марзонаш, шайн лазамаш карабой а. ТIейеъна тахане мел кхоьлина, мел эшна, мел йеза, мел къиза хиларх, болх Делехь буй хууш, цуьнан хазчу, цуьнан сирлачу, цуьнан къинхетамечу кханенах догйовха, Нохчоллех ца воха, собарца ваьхначун байташкахь, кхин долчу йозанашкахь жимма йовхо шуна зелахь, со сайн Iалашоне кхаьчна хетар ву суна. Ца зелахь, керла адам довзаран йал лорийла Везчу Дала аша сан йоза доьшуш йайина хан.
Автор (Нохчийн йаздархойн
Бартан декъашхо)
Свидетельство о публикации №224082001619