Поэзи
Вайн меттан Дезденна доьлхуш лаьтта Iалам,
Адамийн йуьхьдагалла ца лов ша бохуш,
Мел мехала хиларах цу дийнан ларам,–
Нохчийн мотт хуушберш, шо мел долу, оьшу.
ВорхI шарахь бакъабелла Iажаркхан* орам
Денло, бах, охьабоьжча тIуьначу лаьтта,
Дийнато кийрахь аьхьна бIастанан коржам
МаргIал хеца хIутту, бах, йоьжначу меттахь.
Нохчийн мотт Iажаркхан орам бац, вежарий,
БIаста* йац, ца къарлуш, хьалакхуьуш миччахь,
ХIай нохчий! ХIунда ду вай ойла йаьржина,
ХIунда дац вайн меттан сий айдарна холчахь?
Ма кхоаде Мотт кхио дуьненан даьхни,
Далла йен Iамал санна, и хьалхара бу,
Маттаца йу къоман, пачхьалкхан, вайн кхане,
Шен мотт ца кхио къам тахана а леш ду.
Къам лийр дац вайн адамийн хIоьттина къиэлла,
«ТIаьхьенаш-м» там бу деба
1ажаркх*– бецан тайпа, асар.
\БIаста*– орамат, ламанца кхуьу IаьIан йарийн тайпа.
Хастам бу АллахIна
*Элча (I.с.с.) винчу баттана, денна лерина.
Забурах, Товратах, Инжилах а туьлуш,
Делан Дош хийцина, адмаш Iеса девлча,
Пайхамарийн силсилна Шен мухIар тухуш,
Халкъ декъал дан Дала ваийтина Элча.
Азаллехь адмашлахь и къастийна хилла,
Тешамехь, бакъонехь, оьздаллехь нисвина,
Къуръанца дин даржор шена тIедиллина,
И Элчи мел везнарг, Дала ирсе вина.
ПхийтталгIа бIешо доьду хьан уммат дебаш,
АллахIе халкъ доьрзуш, бусалба дин стамлуш,
Малхбалера Малхбузе хьаьлхина денош,
«Ла илахI илАЛЛАХI» дуьненахь даьржаш.
Дуьненчу хьо веъна РаббиIуль-авваль бутт
Бу адамо, хьан сий деш, къастийна лоруш:
Мовладашца т1еоьций, зуькарш дан хIуьтту,
Диллина Къуръан доьшу, марханаш кхобуш.
СагIийна дегнаш досту, буобераш хьоьсту,
ЗаьIапниг, мисканиг вицвина ца вуьту,
Элчи, оха хьан гIиллакхех масалла оьцуш,
Цомгашчарна дог оьцуш, денна тIехIуьтту.
Элчанан варисаш эвлайаэх барна,
Нохчийчохь бусалба дин даржийна цара.
Маьхьшаран шапаIат, Элчане даларна,
Хастам бу-кха вайн Далла, мел йогIу ханна!
Далла бу хастам!
Кадыров Ахьмад-Хьажин сийна
БIешерийн йахаллехь
Маршонах ца къаста,
МостагIшца летта дай,
Ца лагIбеш шайн къовсам,
Дайн дегнийн сатийсам
Буьззина беш кхочуш,
Нохчийчохь дин толийна
Далла бу хастам!
Иблисан тобано
Дийцарах мекара,
Ийманах херлуш, дай
Цабовларна дастам,
ШариIат, тIарикъат
Дезаш тIелацарна,
Сийлахь-Веза Далла вай
Бан беза хастам!
Ламазе, азан деш,
Сецнера кхайкхар,
Рузбанца джамаIат
ЧIир хьейина дара,
Лар йоцуш дайнера
Хьажин цIа дахийтар,
Далла ден Iибадат
Халбата доьллера.
Дуьйхира динца тIом
Латтийна харц Iедал,
Нохчийчу итт шеран
ТIеман бала баржош.
Iу воцу бажа хилла,
Даьржира адам,
Вовшен цIийх нохчаша,
Iожалла Iабаеш.
Барт боьхна тобанаш
Йаьржича урх къуьйсуш,
Мехкан да гIаьттира
Вайн халкъ цхьаьнатухуш,
Даймехкан ирсана
Мерза са дIаделла,
Лензалле вирзи иза,
Дуьне цец доккхуш.
Вайн дахар тодели
Цо биллинчу некъахь:
Денйели гIаланаш
Маьждигашца хазлуш.
ЖамаIат, рузба ду
Деш массо а йуьртахь,
Хьуьжаршкахь бераша
Къуръан доьшу дагахь.
Устазийн тобанийн
Зуькарш лаьтта шовкъен,
Хан ларйеш молланаш
Ламазашка кхойкху,
Вайн махкара кемано,
ГIоттуш хIаваэ,
Нах хьаждан СаIуде
Мохал чехка буьгу.
БIешерийн йохаллехь
Маршоне сатуьйсуш,
МостагIех лета дай
Ца лагIбеш шайн къовсам.
Тахана и маршо
Йаларх вайх тешош,
Ваза-Воккха Далла вай
Бан беза хастам!
Ма Iамо безара, нохчийн мотт, хьо!
Абубакаров Мохьмадан лерамна
Лардала хьомсарчу вайн нанойн бехкаха,
Аганахь йовзийтарна дайн иллийн йовхо,
Хьанал бан ваьшна цара баийна накха ,
Ма Iамо безара оха, нохчийн мотт, хьо!
Нохчийчохь дин дендеш шайх Берсас бийцарна,
Ушарма гIаттарна Къуръанца йан нийсо.
ПаргIатой, барт лоьхуш Биболат леларна,
Ма Iамо безара оха, нохчийн мотт, хьо!
Зуькаршца тарикъат вайн махкахь деборна,
Шайхаша йржорна Деле йолу марзо..
Махкахь устазийн орца вайна латтарна,
Ма Iамо безара оха, ненан мотт, хьо!
«Сий айдеш, Iалашбе» Мохьмада* бахарна,
Къоман бух мотт хиларха йацарна шеко,–
«Iуьргара лаьхьа баккхал» хиларна говза,
Ма Iамо безара оха, нохчийн мотт, хьо!
Даймахках къам къастийна, тIехь эра* доккуш,
ДIакъевлича Iажалло дахаран гечо,
ДоIийца хьо тийжарна, тхо Деле доьхуш,
Ма Iамо безара оха, ненан мотт, хьо!
Къизачу тIемаша хьовзийча тхо готте,
ГIазотан Нохчийчоьнна ца кхоош марчо,
Букъ тIехьа къам лоцуш Мехкан Да гIаттарна,
Ма Iамо безара оха, нохчийн мотт, хьо!
АБАДЕН ГIАЛА
Мусаев Хьусайнна сийна
Йуха а стигланаш леша,
Мархаша кхолийна дуьне.
Сан дог, хьо хIунда ду эшна?
Малх хьаьжча-м йекхар йай кхане!
Адамийн харцонаш Iеткъаш,
Уьш денна диебар ахь ца лов?!
Iаламо шен бала балхош,
Хьан чевнийн даI Iийжа те сов?!
ЖовхIарийн меха дош хаза
Дерг ву те кхаьънашна сутар?!
Йа нийсо лоьхуш верг хьийза,
Букъ нисбан йиш йоцуш букар?!
Са бIарздеш, дог стенна хьегIа
Азаллехь чIагIделлачунна:
Харцоно бакъонан тIегIа
Лоцуш ду-кх, некъ луш ачонна!
Адмаша хьал, бахам, даржаш –
Чаккхенза гуттаре лору;
Зударшца эвхьазло йаржош,
КIиллоша дайн гIилкхаш дору.
ХIора а цаваларх хьерча,
Кхетам бу байттамална гена.
Йац кечйеш эхартан ларча,
Iамалан таьлсаш ду деса.
Iай, чиллахь даларна кхоьруш,
Кечдо вай кIарешкахь йалта;
Цу Делан парзаш дац кхочуш,
Ца лелош, дайн гIилкхаш дитна.
Тоьлларг-м ду, леш санна кхана,
Кечдича мел, йолан гали:
Луш сагIа, йаьстина кана,
Йоьттича абаден гIала.
Кхелхинчу нене
Iаьнан чилла йолийна хьалхара буьйса,
Хьомсара сайн ненах со воккхуш хьо кхечи,
Хьовзийначу лайн дорцах сан кийра буьзна,
Заза дожош, сан дагах ахь гIура хьарчий!
БIе шерел дукха йаьхча безам бу нана,
И мел лаьтта, массарна хетта шаьш къона…
Аса хьаьнга дуьйцур те дагара кхана,
Синтемана хьанна тIе товжор бу корта?!
Хьо кешнашка йерзийна, дог доьлхуш, тийна,
Сайн хьашташка воьрзу со, барз хьуна бина.
Мила хир ву хIинца сан кхиъмех кхаъ хила,
Хьаьнга сайн иэшамийн балхор те ас бала?!
Доьзалшна йукъара дIакхелхича нана,
Йиша-вешин уьйр-марзо хаьрцина йоьду,
Дика йа вон нисделча гулло уьш цхьаьна,
Ткъа цул тIаьхьа марзонаш косташца оьцу.
Iожалло къастор дуй - м хууш дара вайна,
ХIетте иза лиънера, дIатетта генна,
Тхоьгара хиллачу цатемашна хьайна,
КъинтIера йалалахь хьо даима санна.
Дуьненчохь лайначу г1айг1а-балийн къина,
Даймахках къастийча ахь гатдинчу сина,
Ийманехь тхо кхиорна, дин къилба дина,
Хьакъ йойла хьо вайн Дала йалсаманина!
Хьо жима бер долуш, хьагI йолчо мотт бина,
Тутмакх винчу ден марзох йаккхарна йелхош,
МухIажар шераша гергарчех къасторна,
Хуьлийла Дала хьо декъаллошца йелош.
Хьомсарчу тхан дадин дог оьцуш леларна,
Там – товр хьайна ца лоьхуш, тхо кхиадарна,
Йахь, ийман лардеш тхуна даха Iаморна,
Нана, Дала эхартахь хьо йуьхькIай йойла.
ДоIанашкахь дадица шу Деле доьхуш,
СагIа ло, Йасин доьшу, шу дагахь кхобуш,
ПIераскан деношкахь кешнашна тIехIуьттуш,
Нана, тхо ду хьуна шун лар хьаьшна догIуш.
Дуьненахь йоккху хан Дала билгал йина,
Оьмар чекхйаьллариг вутур вац дийна,
Тхан кхалхар хир дац те, Дела реза вина,
Фирдавус йалсаманехь вай цхьаьна дина!?
Ненаца къамел
Хьо йолчу кхачарций къонло – кха со, нана,
Хьайн хилла жималла ахь йуьйцучу хенахь;
Сайн декъаза бералле воьду со хийла,
Хьан кучан йух лоций, самах санна, гIенах.
Со карахь доьдуш го вайша тогIин йистехь,
Лаьттаха ах йахана, эрз тIетоьхна хIусамехь;
Берчаш шога куьйгашца дадас со хьостий,
Вовшашна, цхьаъ дуьйцуш, шу доьлуш ирсе.
Карара воссарций татол тIе со хьоду,
Левзинче, хатт кегош, тахьтаргех хийла,
Оьрзах дина кема ас цу хорша хоьцу,
Лууш сайна геналлин цо бIилиг* дилла.
Цхьабакъду цу меттехь гIалартийн сан гIала,
Ойла сан йухайерзош, цIеххьана хеда…
Ахь балхош, кочара цкъа ца болу, бала,
Доьзалхойн дехаршна хьо хиларна йедда...
Коьртехь ойла: «Кхолламийн да волу, Дела!
Йац а йай сан оьмар, йахийтахьа, нана,-
И мел йу, когашIуьйра бералле лелаш,
Даг тIера заз ца дужу, латтийта зама!»
Хийла ахь човхийна, сераца Iовжийна,
Бераллехь дика, вон а довзуьйтуш суна.
Сан даг чохь оьгIазлой, мекха ца йисна,-
Со бехкен лерина йукъа йоьжна хьуна.
КъинтIера йалалахь…
*Ненан Саин сийна
Хьо йуххехь ца хилча, мохь эцна воьлхуш,
Кху доккхачу дуьненахь хьан амат дайна,
Ас хьийзорна дезаршна паргIат ца йуьтуш,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Йаха – йан а ца йуьтуш, хьан лар эккхийна,
Со тIаьхьара ца волуш, холча хIитторна,
Йаппарш йарца, нах кхардош, оьгIазло йинехь,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Берашлахь доьзалехь со хиларна воккха,
Кегирчийн Iуналла хьан дара сох тешна.
Уьйреха Iехалуш со вийларна акха,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
ГIум-Азехь ишколехь «талорхойн кIант» аьлла,
ТIехтохам сайна бечех тийсалуш денна,
Сайн эттIачу бедарех хьайна бала барна,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Нохчийчоьна коьртачу шахьарахь дешна,
Со валлалц, нускал керта ца далош Iарна,
Пхеа шарахь хьайн сина хьаам ца барна,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Бовдевли хьан бераш, шайн доьзалш кхиарна,
ЦIийнан тхов, вайн гIортор – дIакхелхира дада:
РагI йоьгIна хьайца тхо цхьацца бен цаIарна,
КъинтIера йалалахь, тхо дина нана!
Коьртан пха шен хадарна, иэс дайна дада,
КъинтIера тхуна валар хазо ца кхиъна.
Бакъду шен весет тIехь-м йаздайтина хаддош,
Ша тхан ледарлонашна хилар гечдина.
ТIевеънарг ца вевзаш, б1арса хьайн гIелделла,
ДIааьлларг ца хезаш хиларх хьо къорйоьлла,–
Оьшуш йай хьо - м тхуна, денна дагадийла,
Абден абдаллац хьо Дала йахуьйтила!
Нохчолла – ийманан рамза
Кайсаров Саид-Эмин лерамна
Iесаллехь чIагIйелла Адаман тIаьхьенаш
Дуьненчу хIорд батIош хIаллакйира Дала,-
Нохь къобал вина тоба йоссийна, ларйеш
Джудди-лома, Iамалийн Шен Вахьи делла.
Нохье дина цу Вахьих Нохьчолла аьлла,
ЙоьIбIаьрг санна, ларйайта тIаьхьене Нохьан,
Цхьаболчара и ларйеш баланаш лайна,
Халонашна къурд бина, йохьах ца боха.
И оьзда, тIех экам, нохьчоллин аматаш
Ма дацара дахарехь дIакхехьа атта,
Маршонан, ийманан цу рамзех ца къаста,
Нохчийн къам мостагIашна дуьхьала летта.
Нохьан берийн тIаьхьенех массо къам дебна,
Шайн лаамехь Iалашдеш нохьчоллин дакъа,
Амма иза, цIийх иэдеш, лардинарг ондда,
Йу Нохьан мотт, г1илкхаш лардина тоба.
Терхьамехь мотт беха шен дешнйн куц хуьйцуш,
Нохьчолло орамера «хьа» дерзош «ха» - не,
Аларехь вайн маттана аьттонаш бостуш,
Нохьчолла боху дош дирзина нохчолле.
Нохьан цIарах цIе йоьзна нохчийн къам деха,–
И цIе цкъа ма таръе «нох», «нехча» кхетамца:
Кхоьллинчо Нохье дина Вахьи чохь совцуш,
Вайн наха дог реза Ислам-дин тIеэцца.
Собар, йахь, ийман, иэхь чулаьцна нохчолла
Бусалба динера бехкамех дIаийна,
Шена хе хIоттийна къонахийн доьналла,
Эзарни шерашкахь вайн къомана йаьцна.
Исламан ораман маргIал ду нохчолла,
ГIад хеца дуьхало йеш энжаде наха,
Лайн дукъ кIел ийзорца, латтош тIехь къизалла,
Ца йуьтуш, хьалакхиъна, дала самалха.
Делаха кхерар ду нохчолла, иэхь хеташ,
Цуьнан кхоьлах тешар ду, цIанйина ойла,
Хьарамчух, харцонах дIакъаьстина кхоччуш,
Собарца ловш хилар тIебоьссина бала.
«Шена дезаш къастийна къам алсам зоь Дала,–
Iеламнехан хьехамехь сих-сиха хеза,–
Луш доьналла собарца халонех довла,
Нохчоллица ийманехь Iамош Ша веза».
Ткъа зама тойелла цIинделча чохь, кертахь,
Дуьненан аьттонашка вайн ойла хьаьддехь:
Iибадат, нохчоллий бахамца вай дустахь,
Иэхь, ийман додий дов – ша ца гучу анехь.
Нохчолла хила тарло ша стагехь, къомехь,–
Иза гIиллакх-оьздаллин лакхе йу хьанна,
Адмаллица, нийсонца йу иза бертахь,
Комаьршонца къинхетам луш массо ханна.
Нохчоллина хьарам ду йамартло, къола,
Тешнабехкий, кIиллоллий, харцлерца хIилла,
Дозалла шех дина, йар хьанна куралла
Йа харцонна кIел сацар, муьтIахь лай хилла.
Мегаш дац нохчоллина: дайн Iадат дицдар,
ГIилкхашца ненан мотт ген дуьхьа дIатасар,
Тешамна деллачу дешан да цахилар.
Тешнабехкаца адам ден герз кара иэцар.
Нохчолло магош дац: бахамо Iехавар,
Бохамо хьавзийнарг гIо доцуш дIатасар,
Хьошалха воьссинарг ларамза тIеэцар,
Кхерчан сий дожийна, иза новкъа ваккхар.
Нохчолла йерг талхор вац лакхарчу даржо,
Хир ву иза мискачийн хьашташна воцуш,
Де дохарх хир бац ницкъ иза гора вожо,
Гур вац и нахана сагIийна куьг лоцуш.
Вайнехан цIийх ийна нохчолла хиларна,
ШариIат, тIерикъат вай сий деш тIеэцна,
Дайн гIилкхашца ненан мотт вай къилба дарна,
Дуьненчуьра дIа ца довш къам хилла дисна.
Иэхь-бехках дог дуьзна, Делан дин тIелаьцнарг,
Нохчоллех ца къаьсташ, хир ву цунна муьтIахь,–
Ткъа реIана, Iамал йеш, суждане оьгург,
Ву декъазчу тобанца тиллачийн некъахь.
Нохчолла йу вайн къоман зерзакъан гIортор,
Барт чIагIбеш, ойла дийна латтийна орам,
Терхьаман хьикматталла гулдина тептар,
Маьршачу дахаре халкъ гIиттийна мукъам.
Нохчолла йолчунах хьакхалац писалла,
Къехкар йу йуьхьдагалца бIаьрмецигалла;
Хало тIехIоьттинчохь и гур вац осала,
Шех кхаьрдийла ца гайта, дIавер ву велла.
Леларехь, балха тIехь йаржайеш хIайталла,
Ша гайтахь хIораммо харцонца очваьлла,
Къоман йуьхь, ларйарехь дIакхехьахь адмалла,
Йу иза миччанхьа, йахь йолу нохчолла.
Нохчолла тахана гIелйина харцоно,
Гучуйала ницкъ боцуш холбата йоьлла,
Ца лов цо эвхьаза йаьржина хьарамло,
Мекара мотт Iамийна, Iамале йаьлла.
Хала ду дахарехь Iалашйан нохчолла,
Кху дуьненан дезарша Iехадо адмаш,–
Делан Дош ду вайна дегнашкахь цIандала,
Эхартан зовкхана бакъонца верг толош.
Нохьера вай экам ларйина нохчолла,
Ду къаьмнашна кхаъ - совгIат, мах хадо хаахь,
Дахаран маьIна деш, уьш цунна тIедерзахь,
Шо - шаре мел долу, дехар ду вай бертахь.
Нохчолла ларйинчу доьзалехь кхиъначо,
ВархIадай баьхначу хьомсарчу шен махкахь,
Лардийр ду дайн гIилкхаш, ша хиларна нохчо,
Орцанна йукъ йихкина Даймахко кхайкхахь.
Пхийтта шо кхачарций тIедожош жоьпалла,
КIентий дайша кечбина гIаролехь латта:
МостагIийн бIо сацош турс хилла нохчолла,
Къонахашка ницкъ боссош, лардан вайн латта.
Нохчийн къам даржийна тIаьххьарчу тIемаша,
Иза Делан кхел йац те нохчолла йаржо!?
Дендайта къаьмнийн иэс Нохьера парзашна,
Заздаьккхина йаржийта бакъонца нийсо?!
Са лоьхуш ца ларйина нохчолла дайша,
Ца йина куралла, деш кхечарна деза.
Ларйина, дуьххьал дIа, Делах иэхь хетарна,
Нохье дина Вахьина хиларна реза.
Дела цхьаъ вина нохчийн къам даим хилла,
Делан жайнаш, маликаш, пайхамарш бакъ беш,
Хьаналчух Къемат-денна шайн къилба дина,
Даьхна и нийсонца маршонан хама беш.
Лай, элий боькъу хьал ца дуьтуш шайн беша,
Ца совцуш и низам тIекхийдачу меттехь,
Вай дайша хIара дуьне мел гезди теша,
Туп тоьхна охьаховшалц Башломан баьрччехь?!
Бахам ца лехна дайша, шаьш саннарш бацош,
Шайн догIмаш доьжна дIа, рицкъина къахьега,
Хилла цара тIевеънарг шайха вой тIелоцуш,
Тукхамца къам ца къестош дIанисвеш шайга.
Цу къаьмнийн нохчашца кхолламаш цхьаъ хилла,
Шайн-шайн хIух цара дузуш, нохчийн къам дебна.
Уьш денна чIагIлойла, цIийх йулуш нохчолла,
Барт цхьаъ бина, деш дахар беркатца декхна .
Рамза – символ.
Терхьам – истори.
Хьикматалла – мудрость.
Дахарехь шовзткъей итт шо цхьаьна
* Сайн дахаран некъахочунна
Шовзткъей итт шо кхечи вай вовшах кхетта,
Ма сиха тIехтили къоналлин зама,
Дахарх ирс иэцале къаналла летта,
Цу шерех хили – кха гIенара гIала!
Бес - бесар нислора ирс лоьху некъаш,
Сих - сиха бух боцчу Iинах чууьйзуш,
Дала ницкъ баларна, сакхмакхаш текхарх,
Безаман тIемаш тIехь ирхонаш йохуш!
Дегнашкахь чов йуьтуш къастар нислора,
Берийн сур кхиадеш, хан йоккхуш цхьаьна,
Безамо дуьхьлонаш иэшо ницкъ лора,
Марзонца цхьаьна деш йисинчу ханна!
Халачу дахаран, деган ах, накъост,
Баркалла боху ас даггара хьуна,–
Латторна доьзалехь барт ларбеш хьоста,
Даимна хиларна са догуш тхуна!
Баркалла, ийманехь доьзал кхиорна:
ЙоьIарий эвхьаллехь, доьналлехь кIентий;
Йоькхане марзой ахь даъим лиэлорна,
Кхиношца йолу уьйр латторна хьена!
Баркалла, лулахь бийцарна иэкам мотт,
Йуьртахойн ларамах хиларна ийна,
Сий дарна хьеша-ден йоькхуне йоцуш чотт,
Чохь долу тоьлла шун цунна кечдарна!
Баркалла, комарша сагIа декъарна,
Вайн долчух тоам беш, Далла беш хастам,
Халонна ца чIеIаш, собар хиларна,
Вай цхьаьна тоьхначу Далла бу хастам!
Iожаллин дозанехь лаьтта сан ойла,
Кхи цхьаьна вай мел йоккхур хууш дац хан,
Ас йинчу весашна къинтIера довла,
Шуьгарчу цатемех дог цIена ду сан!
Шовзткъей итт шо кхечи вай цхьаьна дехаш,
Дукха сиха дIатили къоналлин хан,
Дахарах Iабале къаналлина диехьаш,
Заманах хили-кха самах гина гIан!
МИСКАЧУН ОЙЛАНИЙН КУЬЗГАНАХ
* Чарин некъийн сийна
Дукха ду, сан ваша, аьттонан некъаш,
Шортта ду охана деш лело латта,
Амма болх дIаболо оьшу «нахарташ», –
Ткъа уьшша-м, декхарна, дас ца ло атта.
Къечуьнца тIекаре йац йолчо таро,
Хьо шега вистхилча, хIутту и холча.
Гергарчо озавац хуьлуче аьтто,
Де эшна волчуьна-м, Дела вай гIоьнча.
Аьттоне сатуьйсуш, доцу вай денна,
Iалашо кхочушйан некъ лоьхуш боца.
Цу некъан иэшамаш ларар хета эрна,
«ЛадегIна нелана хьаьжкIаш ца кхочу».
Вайн дуьне талларехь хили вай говза,
Стигларчу седарчийн дешалуш йоза.
Вай-м кестта Батта тIе даха там бу ловза,
Iамаза йиш-вешин дагара довза.
Деца, схьадийцахьа, ахь хIунда гулбо,
Вешин буо хьегадеш, кхаби чохь тIо.
КIалд чоме йалаяц йеттачу шуьро,
Буо хьастий, бузахь, деца, эхартан дуо!
Арешкахь гуьйрено дIалоьIу кузаш,
Беттасехь, цецдевлла, уьш стигла хьоьжу,
Ахь соь йан дош ца луш, къаьсти вай кхузза,
Диц ма де – меда стом хоттала бужу.
Шен болар ца дохош уьдуш йу зама,
ГIуьттучу малхаца чукерчаш ана.
Ма генахь ду вайна хиндерг ган Iама,
Ойланехь кхийдарах кханенийн пана.
Рицкъи тIе адамо лар йоккху шена,
Говзаллин йа меттан хьуьнаре хьожжий;
Хьал-бахам болчунна хилахь вай тIиера,
Хьарамчу напхеха кхетар йац хьожа.
Берана цIе туьллуш кхийда вай лакха,
И тоьлла массарал хила лаарна,
Амма и хьалакхиахь, хуьлуш цхьа «накъа»,
Дерриге неIалташ кхайкхадо нанна.
Хьайн уьйраш йийцахь суна, вовзийта хьо,
Хьох тера хир ма бу хьуна тайна гуо.
Кад уьйучу накъостех дIахаьдча со,
Йалтеха буьзира сан мох хьекхна дуо.
ДоьзткъалгIа шаре со вуьгуш ву хено,
Кхочушдан ца кхуьуш ма-луъу цIенош.
ГIуллакхийн йист ца гуш, дин-динчо Iехош,
Худалуш, дIадовш ду оьмаран денош.
Ларий хьо куьйгаллехь деза чин даккха,
Иштта кхин дIаводахь, вер ву сов лакха.
Ткъа хьоьха хьоьгуш верг Iамийла такха
Йа хьаькмийн дог оьцу эшараш лекха.
Мел йоца хан хиларх дуьненчохь йоккхуш,
Могшаллех довлу вай, бахамна доцуш.
Вуй теша, дуьне, хьо даарх зовкх хьоьгуш,
КIордадой дуьтуш верг, тоам хилла кхоччуш?!
Мацалла лайна ас, дууш гIад IаьIан,
Бацалахь ваьжна со, чам боккхуш баьIийн.
Цундела сан даг чохь пусар дар IаьIна
Кхалларан, хиларх и кIоранал Iаьржа.
Жималлехь, пе бетташ, хьо идда дешар,
Воккхалле лестича, хаало иэшар.
Нахалахь хьо стаг веш ду: хьалха – духар,
Цул тIаьхьа – хьекъал зоь гIиллакхийн бешахь.
Соьма тIе итт дуьллуш, стамделла бохча,
Аьтто беш нохчаша хьан тIелаьцча дай.
Цхъа Делан кхиэл лелла, кхузахь гIулкх дохахь,
Хада там бу гергарло хIоьттина тай.
Адамо дукхахьолахь хьал кхуллу шен,
Куьйгаллехь йа мах беш, дIанисбеш бен.
Ткъа кхечу белхашца нислахь хьан Iер,
Дезар ду херцабан болатан пен.
Йоккхуш шен долара, йитира хьо цо,
КIордийна хьан амалш, тIелеста гуо.
Волчо чам бовзаза къаьхьа йа кIуо,
«Стаг» хила сихваларна, до шена вуо.
Кхолламо жималлехь ди суна хIилла, –
Цецдовлий ма хьежа сан коьрте сира.
Чо хийца-м карор ду басар йа гIина, –
Къинойн мохь хала бу-кх дIабаккха гира.
Нанас дена винарг ву, вайн аьтто боьхча,
Кхочуш верг, катоьхна, шен хенна орцах.
Кадамаш бан хьуна вогIуш верг мацца,
Ваша вац, схьавалар делахь хьан цIийнах.
Цкъарг бага къийзош ду, ниттелла алсам,
Цу бецах ларло, хьонка баккха дахча.
Йахь йу вайн вовшашца баккхарехь толам,
Йахь йоцург ма дера къийсало хьогIца.
Тароно дебабо доттагIий вуно,
Хьан сонта амалш кIел совцу уьш тийна.
Дахаро хьал хьаьшна, хьовзийча вуоно,
Хьан чуьра чо хилларш карабо хийра.
Зударийн амалийн тептар ду чолхе,
Исс Iилма ду церан де кхоло маьлхан,
Цамгарна дарба дан ду карахь молха
Йа ваккха эргIада, хьох сту беш белхан.
Иэхь дериг иэхь доцчо вуьгур ву вохка,
Йахь йоцург бу йолчунна – ги тоьхна мохь.
Йахь йоцчийн, иэхь доцчийн карабодахь мохк,
Уьш мел бу, цу махкахь лаьттар ду дохк!
Самукъне, ма аьрха ду-кха хьан лелар,
Тезетахь йа тойнехь хьо хьийза йолахь.
Дог доьхна цахиларх дац сан цецвийлар, –
Суна гург йу хьан синлазамийн къоьлла.
Хьан таза дегIан чарх ма чарпе лела,
ГIора дац йа бIаьргийн синхаъмаш къийла,
Лаамийн урх йуха ийзор ду эрна,
Хьан дагна ца хетахь, мел деш дерг хийра.
Тешнабехк балуш верг хуьлуш ву питне,
Ма гIолахь и санна волчуьнан дикне,
Къахкалахь цо мекар лебечу маттах:
Ларвала цо къайлах кечдинчу вуонах.
Ног туху кхолламо, йамартло тоьлча,
Эрна ду бекхамна цунна церг хьекхор.
Сих ца луш, нийсо йар вай Деле делча,
Йодур йу даг чуьра, чIир уьйу йакхо.
Адамо са Iехо даьккхина туьйра,
Цу чохь цо, аьтто беш, во ирсе миска.
Дахаро-м даима къен-миска хьийна,
Ца вуьтуш доьзалца йаа шен сискал.
Ирс лардан хала ду пхьегIанал кхийра,
Аьнгалин бошхепал карара доьжна,
Ткъа цуьнга сатийсар – ду агар кийра,
Дог тедан ницкъ боцуш, са йухаоьзна.
...Катоха, йохайе, кхоам а бай,
Ма Iелаш! Кху махках цIе йуьллур вай!
ДIалеIа аьчкан некъ, иэккхийта тIай….!
Собарде, тIай доьхча-м, кхин дIа Iин дай!
Къолано бахош берш хила там бу вайн,
Хьарамчу рицкъанах дIадоьзна тай.
«ЦадоьгIнарг гуллур ду, – аьлла ду дайн,–
Ткъа дезар далур дац цу даьхнех шайн».
Стеган сий доьзалехь кхоллало хьалха,
Гергарчийн ларамо вовзуьйту йуьртахь.
Йуьртахь дош лелаш верг хьекъале наха
Йукъарчу декхаршна дIавужу бертахь.
«Йолчунах зиэ далац», – аьлла ду дайша,
Цунна шаьш ган луучийн могIа бу беха.
ГIаддайнчу сан хIусмах жIаьла ца деша,–
Хьал мел дерг, къен хилча, вай хьаьнга йеха?
Со везарш, суна безнарш ахь йемал бо,
Хьо воцург ву моьттина, хьайх тоам бо.
Гергарло ас сайггара хада ца до,
Цундела сан хьешийн стамлуш бу гуо.
Ма дукха синош ду Лаьтта тIехь дийна,
Рицкъа ду вай дузо, Дала нисдина.
Сутарчу бIаьргашна, хIун дер ткъа сина,
Iабац уьш долчунах, тIедоьхуш кхин а.
Йуха а бIаьстено гIа-патар даьсти,
Безамца къоналла йолайеш хьаста.
Маржа йаI, синхаъмаш, шух маца къаьсти,
Довш шерийн гIамарлахь жималлин хьоста.
Мотт сецна, иэс доцуш схьаала хетарг,
Лоьрийн дан гIо доцуш, охьавоьжча да,
Дуьххьара деара сан коьрте кхетар –
Iожаллин кхаж сайга луш хиларх схьа.
Цхьа Дела воцуриг хууш вац цхьа,
Ша маца хедар ву дуьненах дIа –
Iожалла дIатоьтту, бохуш мацца!
И-м, тебна, тIекхета кечйелла Iа.
ЖIаьло жIаьла дуу хан – бIаьстен бутт Март
ТIекхечи-кха, цкъа гIорош йа бостуш хатт:
ХIинца къахьегарехь эца йеза йорт,
ХIусмашкахь Iай латтийта аьхкенан хатI.
Къоналлех хьаьрчина йуьхь-сибат таза,
Дуй те, шех бIаьрг бедда, цхъа цец ваккхаза?
Зазан гIа доьжча-м петIамат дац хаза,
Кхиарна шен зама къаналле хьовза.
ДоттагIа, ахь кховдий соь алун хаьштиг,
Лаьцна стаг бехке веш, йуьртах дош ала.
И дечул йина йелира ахь билгал меттиг,
Со хьайца и, пекъар, вен аравала!
...Калакойн Iожан бос иэцна ши бесне,
Хийла, тIаьхьа бIаьрг уьдуш, хьистира ас.
Хир долуш ца хиллера вай цхьаьна ирсе,
Цундела даг чуьра ас иэккхийна вас.
Сурхана дарбане йу боху динберг,
Пондарлокхургана – лекхийтар пондар.
Безамо хьовзийнчу синошна тем берг –
Цхьаьнатухуш безарш, хIоттадар ловзар.
Iесачу замано тилийна, хийла
Жималлехь сайн боцу некъаш идийна,
Со бахьнехь болчара жимма вас хилла,
Доьху ас, дастий дог, довла къинтIера.
ДоттагIий бисна бац хьирчинчех берахь,
Гергарло шерашца, дохк санна, даьржа.
Тхан даржийн, бахамийн башха ду терахь, –
Тхо вовшех хедарна цхьа вац йуьхьIаьржа.
Iожалла озало говзачу лоьрех,
Бацахь уьш марзбина кховдочу кхоэ.
Ахчано дерзочу дарбанех кхоьру –
Со вуьллий и доцчу цомгашчийн хьоле.
Адамийн дахар ду Iаламах терра:
БIаьстенах заздоккхуш, бералла кхуьу,
Къоналла – аьхкенах безамна тIера,
ТIаьхьлонна, стом латош, цо доьзал кхуллу;
ГIеметта хIоттаран хан хуьлу гуьйре,
Доьзална дацош цо, могшаллех доху.
Ткъа Iаьно дIайоьллу къаналлин Iуьйре,
Каш – лахьтин шело йуьхьдуьхьал ухьу.
Пис лелла мискачух – ларлолаш вуьзча,
Адмаллех и кхоччуш валарна хиэра.
Кхочур вац и орцах цхьанне де иэшча, –
Хьалдолчо лучунна ву чIогIа тIиера.
БIаьсте, аьхке, гуьйре – аьхна кхо зама,
Шуна тIе бирзина бу адмийн тIалам,
Духарца беркъа стаг тIеоьцуш санна,
Дегаза оьцу тIе цу Iаьнан Iалам.
Хастаме цIе йезарна массо ву хьогах,
ГIулкхашна ледарниг-м – каде хуьлу багахь.
Ма чIогIа къахета вайна вохийнчух балхах,
Йуьртара бажа бажош и Iу бен вацахь.
Датталуш ду латта, стигланаш лекъна,
Хулло чохь тIадам бац, Эвтарахь декъна…
Дезар те цоцанхойн, шайн йурт дIалеIна,
Керлачу-Энганах кестта дIакхета?!
Далла тIе боьду некъ лоьхучийн тоба
Йу лелош тIехь башха бос болу оба:
ЦIен, сийна, кIайн, Iаьржа йа ийна-мокха,
АллахIна муьтIахьчийн дин хир ду-кх къобал.
Лазарша лаьцна хьо, йац сина маьрша,
ГIуллакхийн йист йоцуш, дIагIерта денна.
КIелдуьсчу дегIана дац вай комаьрша,
Бахамна и дацор ца хеташ эрна.
ЦIе айархьама хьайн нахалахь денна
Iуьрг дайна цу дехках лела тем байна –
Хьанал цIе йаккхийтар-м йуьхькIам бу хьаннаъ,
Шен берийн доладар ца дитнехь дайна.
ДегIехь шен сиркхо йерг – халонна хебна,
ГIоралехь мел вериг – бахаме гIерта,
КогхIоттар ца нислуш, собарах хаьдда,
Дуьссу вай Гуттаре къасточу керта.
БIаьрла дегI, йуьхь-сибат, къегина духар
Ма хуьлда и дерриг – аьлларг куц-хьарам,
Йевзар йац тIехьаьжна адмийн «чутухург»,–
Мах хадош, сих ма ло, сецна дош ала.
Ахь сахьтан идарца дахар ма дуста,
Довха дош дац цуьнан кийрара дала,
Иллешка ла догIий, адмийн дог хьоьсту,
Йусталахь, мах хадош, хьо веха зама.
Массеран дог хьостуш делало зиезаг,
И даккха сихло вай, беш цунна лазам:
Вайн карахь мархаллой, доцуш дан дезар,
Хеназа леш йу-кха Iаламан хазна.
Шел тIаьхьа хIу дита детIаш ду зиезаг,
И санна буй теша даг чуьра безам?
Дийнатех хIоранна шен кIорни йеза,
Кийча, и йахийта, ша дала реза!
Шен хенахь сан дедас Iамийна сан да,
ДIаверззалц сан дас а тхан амалш кхаьдда.
Ненах дIахаьдда де – иза тIе ма да:
Йиш-вешин гергарло цара дитац дан!
Атта ду несана кертахь бехк билла,
Маьрйиша итт хиларх, кех ара йериг.
Марнанна реза нус йац атта хилла, –
Вон йоI а-м цхьана а нанас ца йора!
ХIара дуьне-м дIакхехьа йу йеза ларча,
Дахаран некъ базло, Iеминехь коча,
Халонех ларвинарг, Iалашвеш баьрччехь,
Хуьлу нанас деца вина малонча.
Хало ловш волуш ахь дика дар – Iадат,
Хьайн аьтто нисбелча дар – комаьрша хьоста, –
Диканна къарцавар вуоно – Iаламат,
Букъ берзош верг цунна – ботт йу-кха йаьсса.
Хийистера ца йоьду тахна йоI маре,
Сихйелччохь йожайеш когара тударг.
Экханах зуда йадор даьлла вайна бале,
И зулам сацалац деттарах гIуда.
Низаман тур деза зуда йадор дехка,
Дац гIилкхехь йоI йолчаьрга маслаIат дехар.
Аьлла ду: «Зударийн сий дожочу махкахь
Къонахийн кхиар соцу, ларлуш шайн декхар».
ОхIла вац со хилларг, леллариг талла,
Йа Даймохк битинчийн йемал бан кхоллам.
Хастам бо нохчийн къам лардинчу Далла,
Вайна церг хекхочийн ца толош лаам!
Дуъненчохь вахаран лар йовш йу стеган,
ТIаьхьенийн доь даржо кIант вацахь кхуьуш.
ЙоьIарша кхуллур йу тIаьхьенаш нехан, –
КIант воцчу ден кхерч бов, кхин кIур ца болуш.
Зингатийн йа накхармозийн низамехь
Даха, Iен адмашна гена ду Iама.
Уьш санна, тем байна-м хийла да хьийза,
Тахана тоделларг дIахаьрцаш кхана.
Нийсонна тIе гIорта ма-торру хьалхе,
Дуьненчохь йаржийта дахаран маршо.
Цу некъах шекваьлла, хьажахь хьо йуха,
Харцоно вуолор ву шена кIел хьарчо.
Стаг, зудий безамна кхоьллина башха,
Оцу синхаъмана шерийн дац доза.
Синкъерам дIакхехьа баккхий нах эшна,
Кегийрхой кхиийта гIиллакхехь, оьзда.
ТIекIелчу цIеношца рагIу ду дехха,
ХIусамдас чоь гайта, воккху со чоьхьа.
Рицкъанах кхета шен бохуш, до дехар,
Ткъа суна-м моьтту цо со цIерга оьху.
Хьарамлох ийна ду ца лехна рицкъа,
И даккха ницкъ иэшац, хилчхьана хIилла:
Нах бацо дIахIиттош, хууш мотт бийца,
Уьш тешош, хьаькамца йукъарча хилла.
Шалха мотт берг ву нохчашна хийра,
Къаьсттина и бетташ кIелхиъна Iийриг,
Хийла да вохий цо, бехк боцуш, цIийнах,
ДогъIаьржа йамартлой, тешнабехк бина.
Дахаран некъаш вайн дахалац карла,
Леррина воларх хьо уьш йуха талла.
Амма уьш адмашлахь дисинехь бIаьрла,
Хастам бе хьайн къилба нисдинчу Далла.
Вай вовшийн ца лийхи, дуьне дерг толлуш,
Йа йуьртал ара а ца кхевди йортахь.
Кхолламаш хилла вайн, цхьаъ бина кхуллуш,
Цундела безамо дохуьйту бертахь.
Чулестий паччахьаш, ца хьехош лами,
Лакхенгахь хестабарх – тIеIенош кхелли,
Сан хьоме махкахой, Iехалуш кхана,
Баьрчче ма ваккхий вай цхьа керла Сталин!
Дуьненчу даьлла бер – доьзалан бIаьсте,
Дас, нанас кар-кара оьцуш и хьоьсту…
КIант кхиъча, кертахь нус хьаьвза, мотт бостий,
Хьалхе ду, ненан дог гIайгIанех къаста.
Массеран нийсонах шен кхетам хуьлу,
ХIора а бакъ вича, вай къилбех туьлу.
ХIинццалц вай бина некъ дахар дуьйш хилла,
Шеко йац – нийса некъ Къуръан чохь Iуьллу.
Тутмакх сайн бераллин, стим санна, чам
Йуккъерчу Азехь сан дийзира лан.
Комбайн тIехь деца ас чан йиъна хан
Хетало тахана цхьа ирча гIан.
Бен доцуш хилац вай диканна, вуонна,
Уьш къастош воцчуьнан вуо мах бу гонехь.
Берийн дуьхьа децаш ду да, нана денна,
И ца го доьзалхо пайден вуй цхьанне?
Къуоналлехь хIорд хета цхьа жима айма,
Писалла йу олу, хIума лардан Iамахь.
Къаналле дегI таьIча, го шераш дайна, –
Къуоналла, вай дуьтуш, дIайахча тIома.
ДIабодац цхьа а болх, ца хилча лаам,
Мел лиънарг гулделча, сина бац тоам.
Шен аьтто бинчунна ца бала кхахьам,
Сонтачо болабо и вохо къовсам.
Да воцу бер цхьа ду, амма дац тесна,
Нанас и Iалашдо, дог оьцуш къайлах.
Бер ненах дIакъастахь, керта йогIу десте, –
Цо кхио бер даим лору вай байлахь.
Тароно хуьйцу вайн мотт, духар, болар,
Къамелехь и йериг гIерта дош толо,
Цо лоху балхана вацархо воррах,
Белхан мах иэшабар дац теша къола?
Цхьа волу кIентан кIант ву дедена хьоме:
ДIахоьций машенахь, деш цунна лиънарг.
Талхош ву доьзалхо, аьлча, хета гома,
Пайдехь воI хирий те иштта хьалкхиънарг?
ДоттагIа, хьо гIенах къоначу сибтехь
Го суна йезарца лаьтташ хийистехь.
Цадитар шу цхьаьна кхета дуьненахь,
Хилла те шу ирсо эхартахь хьеста?
Собар сан кхачийна, бIаьрса гIелделла,
ГIора дай къуоналлехь тIехкхуьйсуш хилла.
Чоь готта лахьта гуш, каш делладелла,
Дуненчохь ваьхна хан йовш йу гIан хилла.
Цхьана даге безаман ши некъ ца лало,
И эккха герга ду гIертийча шинхьа.
Садеттар кхачалой, хьаьвза и бIарзлой,
Адамаш, диц ма де дог хилар дилха!
Ши дахар ду вайна кховдийнарг Дала:
Цхьаъ, дегIах са къаьсташ, хедаш ду кошахь.
ШолгIаниг, лелачу сагIане даьлла,
Хьан дикнех декхаш Iа адамийн иэсехь.
...Лазарца йаьIна йу, вуо хилла гIовла,
Чам байна дIатовжарх, бIарзвелла Мовла,
Волало, куьг хьакха, пхьар лоьхуш говза,
Дицделла хIинца уьш ахчане бовлар.
Нийсаниг, диканиг хьоьхуш ду Дала,
Лаьтто вай, ца къестош, тIелаьцна кхаба.
Адаман бераш! Вайга массо жайо
Даха бах, барт болуш, дIайаккхий гамо!
Ловзар хета массарах хьакхалуш хилларг,
Воьхна хуьлу хIаллакдан шен алсам дериг.
Къаьсттина цIармат волу цIеххьана вуьзнарг
Цо массо бехке во хиламна ша воцург.
...Наггахь хьан бIаьргаш чохь го стигал сийна,
Эзарнаш седарчий къагош латийна.
Йуй те хьо къайлах соь безам кховдийна,
Йа со ву, бIаьргаша, Iехош, тилийна?
Сакхте доцчу адамах со чIогIа хьоьгу,
Хаьа хьегар – ша сакхте, йуй ледар амал.
Вайн дайша аьлла ду: «Кхаьрдинарг тIедогIу»,
И хьегар дер дац те, кхардар санна, дуьхьал?
* * *
ТIехь беркъа хиларна, вагIац хьо йолче,
Со бахьнехь хаьа хьо хIуьттуш йуй холча.
ХIун де ас дуьненан аьтто ца баьлча,
Нах санна дIанислуш дахаран хорша?
Дукхахьолахь дас, кхетош, во кIантах доттагI,
Цхьаволчо чехавеш, кхиъво шена мостагI:
ДоттагI-воI шен дена гIо деш хуьлу доггах,
МостагI-воI – да велхош, мел догIу сахьтехь.
Ловзаргахь хелхарна тхьамда йукъаваьлла,
Дуьненан сингаттамийн иэккхабан хола.
Жерочуьнца бохьбогIар туьйране даьлла,
Ког лаьттах ца кхеташ ду тхьамдин болар.
Нахана сан сакхташ, суна шайниш санна,
Гуш хир ду куьзгано схьаоьхьначу суьртахь.
Айпе хIума тIехь доцуш-м хир вац со цIена,
Схьаалийша, дIадаха кийча ву бертахь.
Атту куьг каде ду аьрру чул балхахь,
И ду мел долчунна ша хьалхадаьлла.
Къа ду-кха аьрручун, аьттуниг сацахь,
Тешнабехк хуьлу цунна, накъост хьийзорна.
МаслаIат дан оьшу, Делан дин девзаш,
Вайн къоман гIиллакхаш шен дегIах доьлла,
Иэшамо дардинчу дегнийн чов йерзош,
Меттан пхьар, волчунна ойланаш цIена.
Белхи беш, хIусамчу берзабеш доьзал,
Барт чIагIбо и Iадат лардина дайша.
Дика, вуо декъча бен цахилар декъал,
И хууш, уьш гIо деш хилла вовшашна.
Зен хилла хьаьвзинчун гIо лоцу наха-м,
ГIайгIано хьаьшнариг ца вуьту тесна.
Дог Iаьвжа, тодинарг гоно шен вахар,
ТIехваьлча, ша нехан вуонна гуотесна.
Хьовзийнарш безамо хуьлу тем байна,
Цхьа эвхье синхаъмаш догIмашкахь уьдуш.
Лаамаш кхочушбан цатемаш лайнарш,
Кхолламо ирс зоьчу бошмашка буьту.
Ма сиха къанло вай, къуоналла йайна,
Диканийн рагI йоцуш дахарехь йина.
Ткъа леллехь хьал тодан, харцонца тайна,
Эхартахь дезар ду велха шен къина.
Ирс ду хьан, махкахо, маларх ца кхеттехь,
Бехначийн къамело ца йинехь кула.
Дош толо, дуйнашца уьш вовшех леташ,
Ца дезнехь дов къасто царна йукъавола.
Диканийн декъашхо, вуонашна генахь,
Дела ву аьтто беш дахарехь вайна.
Ахь малар ца дуьтуш, вай цхьаьна лелахь,
Малархойн цIе тIеоьцу, доттагI, ас сайна.
Iоттаме хьегамхо хIутту стим хьаха,
Гуо, бехбеш, къахьбича, ша цIанло моьттуш.
ГIилкхех стим кхетта верг къастало нахе,
Мотт-эладита лелочо кхоьба цайоттарх.
Тхьамдин цIе айало диканех йоьзна,
Къоман хьал толур ду уьйрашка хьаьжна.
Тешаме лулахой хуьлу вовшашца оьзда,
Шайн гуоне кхаьчна вуо массарна лезна.
Рубайашка тардина могIанаш
*Баймурадов Джамирзин сийна.
Кавказ шен Iаламца дуьненан йалсамане йу аьлча, харц хир дац,
Нохчийчоь, тахначул, маьрша цкъа ца хилла аьлчий, харц хир дац,
Дала Ахьмад-Хьаже вайн къилба нисдайти алар, харц хир дац,
Ден весет лардеш, Рамзана халкъ ирсе дуьгу аьлчий, харц хир дац.
Вайн дахар денна тодалар ца гуш верг, хила веза бIаьрза,
Даймохк шен къомаца ца дезаш, хьагI кийрахь кхехкарна бIаьрза.
Ца хилча-м, вайн Далла хастам беш, иэккхийна даг чуьра ачо,
Вайн накъост хир вара и, зуламна лаьмнашкахь ца тебаш бIаьрза.
Йакъийна, кхаьрзинчу хьажкIех бен, дац хьеро ахьар кIеда,
Гоьжанан чилланан тех дахь бен, хуьлийла дац дари кIеда,
Виллина шена Iилма Iамадеш, набарна цахилларг кIеда,
Адмашна, Дала вой, хуьлуш ву хьакъ волу хьехамча кIеда.
Мел шуьйра баьржинчу попах вай – иза хьун йу, олийла дац,
Мел онда адамо, ший йуьхьаг лаьцна, дукъо ша ойбур дац.
Ша массо адамал хьекъале хетташ лелар-м, дош данне дац,
Амма и моьттушверг хьекъална аьрта ву алар-м, харц хир дац.
ХатI, амалш, къамел дар къонахчун оьзда хилар,- тамаш бац,
Доьналлица иза кхерамна дуьхьал валар,- тамаш бац.
КIилло стаг, малх-аккъара доцуш, цхьана кIелонашкара,
Къонах иэшо, йамартлонца тебаш, кIел хаарх - тамаш бац.
Безамах иллеш ду адмашлахь даьржина дукхе-дукха шорта,
Йаздархоша и буьйцуш шекъанан Iапказаш дайина шортта.
Хир бу цо дог Iабош хьистинарш, бIаьрг тоьхча, хилла берш то-ам,
Байттамал! Цуьнан тIоьхале бен йовзаза ларамхой бу-кх шортта.
Iедалан низам кIел доцу къам, Iу воцу бажа санна, деха,
Iу воцчу адмашна гондахьара кхерам бу даима тебна,
Шен дагахь хIораммо сецабо и кхерам шен кертал дехьа,
Цундела баьччин урх йоцу къам, массарна гIорасиз хетта.
Йекхначу Iуьйренан дашо нур гулдина йуьхь йу хьан, йезар,
Хьан бIаьргаш чохь заздаьлла бIаьсте го суна даима, йезар,
КIадда бац, шераша кIац тесна, вайн кортош къеждаларх, йезар,
Сан даг чохь дисна хьан ткъайахха шо кхочуш хилла сурт, йезар.
Берийн нана хьуна тамана ца къежнехь, ледар ду хьан гIуллакх,
Керта вогIуш гича, и дIахьаьвзинехь-м, тиша ду хьан гIуллакх,
Бехкала вахана, хьо шеца тIекаре ваьлла хьаставелча а,
И йаста ца луш, йусайеллехь-м, кхоччуш, дIадаьлла хьан гIуллакх.
Йахь, йуьхь ларйеш гергара хир дац бертаза цхьаьнатоьхна дег-наш
ЗIенашца дехкарх бертахь дахийталур дац хийра дегнаш,
Вовшашка безаман суй божарна, чохь сийна цIе летта дегнаш,-
Шала берийн марзонехь, вовшеха хьерчаш, деха иштта дегнаш.
Хьан лааме ца хьоьжуш, дахаран некъа тIехь дIахIутту безам,
Цхьаьна вовшех ца дулуш, йуьхьанца хала ду дIакхехьа безам,-
Синойн уьйр герга хилча, лехначу лакхене дIакхочу безам,
Оцу некъан халонаш иэшайеш, ирс лаха дезаш бу безам.
Наггахь верг ца вуьту, шен ховха тIам дагчу хьовзоза безамо,
Ца кхоош, комаьрша синхаъмаш гIиттабо хьаьрчинчу безамо,
Боданах дог дуьзна: ков, неI, кор къевлинарг, дIатосу безамо,
Шен чоьтах хьал, бахам, са лоьху Iалашо – геч ца йо безамо.
Вистхила йуххехь цхьа ца хилча, ма текхна дIаоьху зама,
Дечунна сихделла вай дохкуш, йорт оьцций, хахкало зама,
СадоIуш, дийшина, вай тем барх, йац бакъо сецна Iан зама,
Тем, сацарх къаьстийна, даима боларехь, хьаьдда йу зама.
Декъа дечиг нисдинехь даго, доккхур ду йовхонехь шийла Iа,
Дош шога некъахо нисвеллехь, ма беха хир бу некъ цуьнца Iа:
Хорам беш массарна, ма дIаьвшен хир йу цуьнан бетах йолу Iа,
Цуьнгарчу диканах дог диллий, собарца кечлолахь балехь Iа.
Диг лаьцча хьийза гIайракх тIехь, суйнийн цIов хелхарехь гIотту,
КIант, йоIIий вовшашна дезалахь, дегнашкахь синхаъмаш гIовтту,
Барт хилла цу шиннан дегнаш чохь, безаман цIе йогуш йацахь,
Оцу дегнел-м горгам тоьла – латийча шех кIур бен ца гIаттахь.
Хьо шелвинчу йочанна латкъам беш, хьо велхар, ду хьуна эрна,
Садукъдеш чан хьийзочу мохца ахь вас лацар, ду хьуна эрна,
Къанваллалц хьанал ваьцна, эххара кIад боцу хIума бахьанехь,
Ахь цIе хьайн йожийнехь, йуха цIанвала гIертар, ду хьуна эрна.
БIаьрмециг волчуьнан сагIин беш хир ма йац беркатна луьста,
Коьллашха тесначух цIе хилац – гIиттарах кIур дукха луьста,
Дуьненчохь адмша шаьш дехаш, ца йеллехь вовшашна йовхо-
Ишттачийн цIе йовш йу, кертара тезет долийча дIалиста.
Хьан гIуллакхаш дика хилар хааделча, кхолало мостагI,
Хьоьгара баланаш сов бовллар гича, векхало мостагI,
Хьоьгара хьал шена къастаза дисинехь, хьестало мостаг1,
ТIаккха мекарчу диканашца хьо вохо, кIел хуу мостагI.
Йиллина хьаькмашна, хьесталуш, шуздане оьгур йу паспас,
Дарже кхача, лаьхьанах йа жIаьлеш, такха Iемар йу паспас;
ТIехьаьжна-м эсала хетало, гуш йолу кIиллочун амалш,
ХIетте гуш хуьлу, къайлах хьан схьакъиеда йаьхьдагалла, пас-пас!
Ийманах дог дуьзна ша волчо буттур бац, ца вейта, пуьташ,
Ша мел холча хIиттаварх тIетовр вац и къарвелла аьшпашна:
ЦIенчу даггара, Далан дуьхьа, нийса некъ ша йуьхьарлаьцнарг
Къилбанах вохор вац, эладитанашца веш хиларх аьшнаш.
Къизачу зуламхойн, чоь огуш, вон мел дериг ду даима дагахь,
Талораш зенашца до цара йамартлонца шаьш болчу меттехь;
Собарций, къинхетамций волчун бен диканиг хуьлуш дац дагахь,
Сийлаллин цIе йезахь нахалахь, диканаш дар дагийта дагахь.
Ховхачу сибатийн башхаллехь йац адмийн хазалла,
Аьхначу, сирлачу хьажарехь йац адмийн хазалла,
Къамелехь дешнех моз иэдарца йац адмийн хазалла,-
Диканийн хьаналчу беркато кхуллуш йу хазалла.
Массо шеран, шен башха, заздоккхуш хуьлуш йу цхьа зама,
Адамийн дегнаш хуьлу, ирс кхачарна, даккхий деш зама,
Безамах хьаьгначунна, къайлах шен йезар гича санна,
ПохIмано дог дуьзначу хенахь, поэтехь йу зовкхан зама.
Тешнабехк бинчунна ма ала соьга къинтIера вала,
Куьг лаций цуьнца Iе ма ала соьга тIекаре валий,
Йамартлонца тешнабехк бечеран орамийн доь дойуш,
ДIацIандойла кху лаьттара адамийн зуьрет вайн Дала.
Наха дикане сатийса хьал, бахам хьан бацахь
Йа вонех ларбалийта дарж долуш стаг хьан вацахь,
Йа цIийнах хIайт-аьлла, йахь йолу, каде нах бацахь,
Ма била суна бехк, ишттачо даима буур бу баца.
Герз кара мел эцнарг ву тахна къонах,
БIаьрг, лерг, са ирдина, хьоьжу уьш гонах;
Ларбойла уьш Дала массо а вонах,
Цара вай лардарна зуламхойн вонах.
Иэхь хилла нохчочо дехар шена сагIа,
Ца виснехь цIийнах хаьдда хийрачу махкахь,-
Тахана-м, милк санна, ворта йиллинчу наха,
Декхар вой, сагIа доьхуш, витац ког баккха.
Къола дар дино, Iадато дехкарца вайна хьарам дина,
Йайначо геч ца дича, геч цадар Дала билгал дина.
СагIадоьхургийн, къуйн цIераш шайн берашна ца йита,
Къола дар, сагIа дехар нохчаша шайна йемал дина.
Аьчка тIехь йина киртиг санна, ду къонахчун багах даьлла дош,
Йахь, собар, къинхетам чулаьцна, «ас, со» бахар ца хетарна дош.
Тоьлла герз, маса дин, адмалла, деналла хилла къонахчун бIов,
Цундела гIиллакхе, оьзда ду иллешкахь къонахех аьлла дош:
Адмашца тIекаренаш вай ларйарх тоьаш дац, ду ала оьзда,
ГIиллакхийн тIоьхаленаш доьзалехь вай ларйарх, хилац вай оьзда.
Iаламан кхоам беш, йоIбIаьрг санна, и экам вай хилахь лардеш,
Ойла, дегI, духар, дин, амалш вай цIена йелахь, хир ду вай оьзда.
Дахарехь къам кхиар къастадо цуьнан оьзда гIиллакхех доьзна,
Говзачу ламастийн хаарех белахь цуьнан хазнийн дуо буьзна,
Йелахь халкъан барта кхолларалла литтинчу дешеха оьзна,
Йа адмийн сатийсам белахь цуьнан хелхаран мукъамех боьзна.
Буто ша хина тIехула Iай лоцуш ду Iедал.
Хьена хIума хина бухахь ца соцуш ду Iедал.
Пачхьалкхехь адамо нийсо йан кхуллуш ду Iедал,
Ткъа иза махкахойн йаIни тIе хууш ду-кх Iедал.
Нохчийн къоман рузма
КIентан йоIана Хьавашкина.
Iаламо шара чохь заманаш шен хийцар
Вайн дайша азаллера хьесапе иэцна,
Цундела вайн рузмех хир ду сан дийцар,
Дешархо, хьоь доьхуш иза латтор иэсехь.
Iаьнан юьхь дIайолош ПегIойн бутт хилла
(ИегIойниг олурш нисбелла цунах).
Лой, догIий иэдина, йочанца, хотталахь,
Сагатдар совдоккхуш, бутт хиларна, вайлахь.
Кхолламан бутт хилла Керла шо долош
(Нажойн бутт тиллинарш хилла цуьнан цIе).
Балабуссу бутт хилла Iай чилла толош
(Йа Мархийн бутт аьлла: малх хьажарна кIен).
Iа кIаддеш, лайн хишца татолаш дохкуш,
Цу маьлхан йовхоно достуш хинан лежиг,–
ГIура йашош дуьненчу бIаьсте тIехоьцуш
БогIучун, вайн дайша туьллу цIе, Биэкарг!
Декнийн чIенг йатIайеш, баьццара хутт тесна,
Дахаран зIийдигашна аьхна деш латта,
Дийнаташ гIовтточух тIаьхьенийн дезаршна –
Оханан йа Туьшан бутт аьлла бертахь.
Комаран диттан заз доьллург бу Селин бутт
ЙуьхкIай хуьлу цу баттахь йалта ден кхиънарш,–
Къахьега-м дезар ду церан кхаш тIехь шортта,
Наха сагIийна кховдочух ца хила тешна.
Аьхке дIайолош берг Асаран бутт хилла,
Цу баттахь хье кхехка безара, деш асар,–
Метигца цел хьоькхуш, ца лелош хIилла,
Хилийта гуьйренца йалтех йуьзна кIара.
Хьаьттан бутт кхочура, йовхонан тов чIагIдеш
(Маьттан бутт тиллинера шолгIа цIе цунна) –
Йалта ору меттамотт – хьаьттан го кечбеш,-
Балбанаш кечйора хIу дожо кенара.
Аьхке дIайерзош берг Овхаран бутт бара,
Ов буьххьехь буьйда хьаьжкIаш алонгахь йоттуш;
Ахьаран хьолтIамашца тIо тоьхна берам,
Шайн наношка сих-сиха бераша боьхуш.
Гуьйре кхочу бутт хилац йовхонах хьаьдда,
Тов – бутт аьлла цIе тиллина вайн къомо цунна:
Кан буьзна йалта дерзош, леларна хьаьвдда,–
Ламанца цуьнах наха Иэсан бутт аьлла.
(Аьхкенан тов иэсехь цо латтош хиларна).
ШолгIа цIе-м тиллина хила тарло цунна,
Хаийта лаьттаца къахьоьгуш болчарна:
Цу баттахь ца кхиънарг йалта цIа дерзо,–
Дуьсур дуй и арахь, талхадан йочанна.
Гуьйренца шо дерзош Лахьан бутт хилла,
(ШолгIа цIе Эран бутт йоккху цуьнан наха);
Эра, йа 1ахарчу бежнех лахьа дакъийна
Деха 1а вовшашкахь жижиж дууш даккха?!
Дайн тидмаш мехала хазна йу, махкахой,
Дахарехь зеделларш дитна цара вайна…
Кху махкахь цара хецна орамех тасалой,
Церан тидамех пайда беш, даха вай денна.
*Рузма–календарь
Вайн рузманах, беттнех масех дош
Рузма бохучу дашах, иза вайн нохчийн дахарехь мацца цкъа лелла хиллехь, вайн зорбанехь цунах дезар вай дан долийна дукха хан йац. Цу рузмано чулоцу беттанийн ц1ерех йозанехь пайдаэцар долийна-м масех шо бен дац.
Вешан меттан беттанийн ц1ерийн метта вайна мага-ра оьрсийн маттара ц1ерий дешнаш. Календарь, ян-варь, февраль, март, апрель, май, июнь, июль, ав-густ, сентябрь, октябрь, ноябрь, декабрь. Таханлерчу дийнахь бу дукхахболу нохчий к1иранна чуьра денойн, дагардечу терахьийн, олхазарийн, диттийн, сагалматийн, дийнатийн, кхинйолчу х1уманийн ц1ераш нохчийн дешнашца ца йохуш, оьрсийн мат-тахь уьш йахар марздина лелаш. Рузма боху дош Мациев Ахьмадан дошамна т1ехь йаздина дац, ка-лендарь – календарь алар бен. Т1е цхьана беттан ц1е нохчийн дешнашца йазйина йац цу дошамна т1ехь. Дуьххьара «рузма» боху дош гучудоккху шен «Дош» дошамна т1ехь Исмаилов Абус, Дала реза хилийла цунна и мехала болх бина, зорбане бакк-харна. Оцу дощамна т1ехь д1айазйина шеран бетта-нийн ц1ераш нохчийн меттан кепехь.
И ц1ераш цу т1ехь ма-йарра д1айазйо ас.
1 Нажжойн бутт – январь, 2 Мархин бутт – фев-раль, 3 Бекарг бутт – март,
4 Туьшан бутт – апрель, 5 Селин бутт – май, 6 Асаран бутт – июнь,
7 Маьттан бутт – июль, 8 Овхаран бутт – август, 9 Тов бутт – сентябрь,
10 Ардаран бутт - октябрь, 11 Эран бутт-ноябрь, 12 Иег1ойн бутт-декабрь.
Исмаилов Абун дошам зорбане йаьлла 2005-г1а ша-рахь. Цул т1аьа диъ шо даьлча зорбане йаьлла, вайна йукъахь йаьржа Нохчийн Оьздангаллин институто арахецна, Хасиев С- М. коьртехь волуш «Нох-чийчоь» ц1е йолу рузма 2009-г1а шарахь. Цу т1ехь беттанийн ц1ераш иштта йаьхна йу:
1 Кхолламан – январь, 2 Балабоссаран – февраль, 3 Бекарг – март,
4 Оханан – апрель, 5 Селин – май, 6 Асаран – июнь, 7 Хьаттан – июль,
8 Овхаран – август, 9 Тов бутт – сентябрь, 10 Эсаран – октябрь,
11 Лахьан – ноябрь, 12 Пег1ойн – декабрь.
Карарчу заманахь, схьахетарехь, вайн 1илманчийн цхьабарт хилла гучу йаьллачу нохчийн рузманан беттанийн ц1ераш ишттачу куьцехь лело йолийна зорбанехь:
1 Кхолламан – январь, 2 Чиллин – февраль, 3 Бекарг – март,
4 Оханан – апрель, 5 Х1утосург – май, 6 Асаран – июнь,
7 Мангалан – июль, 8 Хьаьттан – август, 9 Тов бутт – сентябрь,
10 Эсаран – октябрь, 11 Лахьан – ноябрь,
12 Г1уран – декабрь.
Тахана схьах1уьттучу суртехь оцу рузманан бетта-нийн ц1ераш масех кепара хилар вайн къоман диа-лекташца доьзна хила тарлуш ду. Дика таллам бича кхин кепаш каро там бара вайн рузманан беттанийн. Амма зорбанан хьукматашкахь, литературехь лелош ч1аг1йелла цхьа кеп хила йеза оцу беттанийн. Вай х1инццалца тидмаза дитинехь вешан къамелехь, йо-занехь ала нохчийн дош долуш, оьрсийн дешнаш йукъадалош лелар, сацо деза дозалшкахь, базар-шкахь мах беш, кхетош-кхиоран болх беш берийн бошмашкахь, хьоьхуш школашкахь, хаамийн хьук-матийн белхашкахь а. Нохчийн меттан шо ма ду, х1ара 2023 – ниг, вайн Куьйгалхочо, Россин Тур-палхочо, Ахьмад – Хьажин (Дала г1азот къобал дойла цуьнан) к1анта Рамзан – Хьажас д1акхайкхийна. Цундела вайн мохк берриге а бел-хехь латта беза – нохчийн маттахь шера йаздан, де-ша, бийца 1ама къахьоьгуш. Массо доьзалш оцу хаарийн 1алашоне кхачо г1ерташ. Дала аьтто бойла вайн и т1елаьцна нигат кхочуш деш, нохчийн мотт пачхьалкхан меттан т1ег1ане кхачош къахьега. Х1инца суна вайн рузманан беттанийн ц1ерийн маь1нех лаьцна сайн кхоллайелла ойланаш гучу йо-хуш, масех дош олуш чекхвала лаьа, шуна уьш йовза йовзуьйтуш. Сайн кхоллайелла ойланаш бакъйе бохуш вац цхьаьнгге.
1
Кхолламан бутт – январь. Керлачу шеран дахаран кхолламна некъ боккхуш кхаьчна, т1ейог1учу ханна дикачу г1улкхашна, кхиамашна, ирсечу дахарна де-гайовхо луш, беана бутт лору иза халкъо. Кхолламан Дена, Аллах1на 1амал – 1ибадат сов даккхарехь, Цунна хьастадаларехь, ийманехь нисдаларехь къахьоьгу адамаша, т1ебеана бутт, керла шо беркате хилийта. Оцу маь1нин чулацам шена чубуьллуш тиллина Кхолламан беттан ц1е халкъо. Дала шен йозанехь чулаьцна кхоллам вайна т1ехь лелларг хиларна.
2
Чиллин бутт – февраль. Чилла бохучу дешан маь1но чулоцу 1аламехь т1ех шелонца, йовхонца кхолла-луш долу хьал. Цундела къаьсташ йу 1аьнан чилла, 1аьхкенан чилла. Хьалхарчо билгалйо шелонан ч1аг1о, ткъа шолг1ачо – йовхонаниг. 1аьнан шело лан атта доцун дела, х1усамашкаш йовхо латтайан, ц1е йагош, къахьега деза дера, т1ехь, когахь довха духар хила деза дера, массо садолчу дийнатийн, ол-хазарийн г1ад дайна мур хиларна оцу баттахь, Чил-ланан бутт аьлла. 1анан чилла 40 дийнахь, бусий лаьтташ йу, цунах дукхах йолу хан Чилланан батто д1алоцу.
3
Бекарг бутт – март. 1аьнан чилла, цул т1аьхьа итт денна йог1уш йолу бардал1аза д1айалча, хенан х1оттамехь шен меттиг д1алоцу Бекарг батто. Шен го тийсарехь латта малхана герга хуьлуш хиларе терра, малхо шен йовхо т1ехецар сов доккху лаьтта т1е. Диллина ло даша долало. Охьахьолху тхевнаш-на т1ера ладар, некъахь х1уьтту 1аьмнаш, уьш т1аь1начу уьдуш татолашка доьрзу. Оцу заманахь меттаххьов, къегачу малха к1ел олхазарш, сагалма-таш шайн-шайн аьзнашца – г1отту 1аламехь хинан, садолчу х1уманий декар. Оцу декаро самадоккху 1аьно хьашна бецийн, дитий, массо ораматийн да-хар. Иштта хьал 1аламе, дахаре кхачош болчу баттах аьлла-кх вайн къомо Бекарг.
4
Оханан бутт – апрель. Бовхачу малхо, мелачу мохо 1овдадолуьйтуш вайн латта. 1алам хьаьстина беанчу беттан ц1е дог1уш тиллина вайн дайша Оханан бутт аьлла. Х1унда аьлча, керлачу шарана рицкъа кхио, латта оху хан билгалйеш бутт иза хиларна. Оцу баттахь х1ора доьзало шайн кха, ирзо, беш, хас охуш, охкуш т1ек1ел туху. Цундела йог1уш тиллина оцу беттан ц1е вайн дайша Оханан.
5
Х1утосург бутт – май. Аьхна кечдинчу лаьттах х1у д1адийча бен т1едер дац йалта. Иза хуучу вайн дайша, генна ширачу заманашкахь дуьйна, йалтийн х1у (к1а, мукх, борц, сула, хьажк1аш) аьхначу кха т1ехула буьйлалуш, коча тесначу т1оьрмагна чуьра аьтто куьйгаца схьаоьцуш, аьхначу лаьтта т1е д1атосуш хилла мелла даржадеш. Йалтин х1у охана т1е тесна даьлча, оцу кха т1ехула мекха текхабой-туш хилла, тесна х1у лаьттах д1аэйта. Лаьттах д1ауьйш тасаделла йалтин х1у, Дала т1е- до-луьйтуш, кхиош ду тахана, Ша дуьненчу даьхначу синошна рицкъа хилийта. Х1у д1адуьйш йолу зама билгала йоккхучу баттах Х1утосург бен олийла да-рий хьекъале дайша?
6
Асаран бутт – июнь. Адмаша лаьттах дийначу йал-тийн х1уьца цхьаьна, малхо дохдечу т1уьначу лаьттара, хьаладолу массо тайпана асарийн (бецийн) х1у а. Б1ешерашкахь 1аламан карзахчу хийцамех доьлла долу бецийн х1у мелла сиха кхуьу, вай д1адийначу йалтийн х1уьнал а. Цундела оцу бецийн кхиаран болх, сацош, лаг1беш къахьега деза адамо. Вайн йалтица хьалайуьйлучу бецех аьлла дайша асар. Цундела оцу бецийн болх сацош хьоьгучу къах, асар дар олу. И асар дохош вайн дайша лелийна цел, метиг, буц йожош кхинболу г1ирсаш а. Дайша асарш деш хьегна къа тахана говзачу машенашца йа асар дуьйчу молханашца кхочуш до. Бакъду, оцу кхиамо йалтийн чамма-м талхийна. Асар диначу кха т1ера бен йалтин шортоне сатуйсила ца хилла вайн д1абаханчу дайн. Цундела цара и дахаран мур билгала бина Асаран бутт билгала боккхуш.
7
Мангалан – июль. Вайн дахарехь йоккха меттиг д1алоцуш ду вай ц1ахь кхиош-кхобуш долу бежнаш, хьайбанаш, кхин долу дийнаташ а. Цара вайна ло дуккха рицкъанан сурсаташ: шура, т1арг1а, жижиг, не1, совра, кхакха, пух, мас, х1оаш, ц1ока. И дерриге беркат цара вайна луш ду шаьш дузош кхи-ийча. Цундела уьш шийлачу 1аьнах даха вай царна кечдан дезаш ду докъар. Ткъа докъар хуьлуш дац мангалца хьоькхуш буц ца кечйича, 1аьно латта лайн йург1ина к1ел д1ахьулдо . И мур т1екхачале мангалшца хьокхуш докъар кечдо адамо шайн даьхнина. Цундела, и мангалшца буц хьоькхуш, докъар кечдаран мур д1аболочу баттах Мангалан бутт аьлла дахарна къахьоьгучу нохчаша.
8
Хьаьттан бутт – август. Аренашкара йалта хьоькхуш т1егулдан кечйиначу меттигахь хьаьтта олу. Шира-чу заманахь хьаьтта гулдина йалта, кенашкара буьртигаш схьакъастийта, оруш хилла. Хьаьттахь даржийначу йалтийн кенашна т1ехула балбанаш олуш долу даккхий т1улгаш керчош хилла говрашна йа стерчашна т1аьхьа тосий. Йезачу балбанаша хьошуш долчу йалтийн кенаш чуьра буьртигаш д1акъаьсташ хилла. Т1аккха кенара х1у доьжна даьлча, т1оьхалара ча, чамагарш, кегаш йуьстах йо-хий, буьртигийн оьла йой, т1етт1а гулдеш хилла. Оцу оьланера буьртагийн йалта ирх кхуьйсуш, мохе дудуш хилла ченах, кхин йолчу нехех ц1андалийта. Ц1ена йалта галешна чудерзош хилла. Вайн зама-нахь и хала куьйга белхаш, адамашкара д1абаьккхина, машенаш йу беш. Шеран рицкъа чу-дерзош, кханенна д1адуьллуш болу белхаш хьаьтта бирзина хиларна, аьлла наха оцу хенан муьрах Хьаьттан бутт.
9
Тов. бутт – сентябрь. Аьхкенан йовхонан чиллин т1е1аткъам лаккхарчу т1ег1анера охьайолуш, йос-сале, т1екхочу Тов бутт. Гуьйре йолош беана бутт иза белахь а, малхо аьхкано, дохдеш, дакъийначу лаьтта т1ера, цо шен т1екъагар х1инца лаг1дина ца-хиларна, дийнахь, буса тов г1уьттуш мур бу иза, арара белхаш д1аберза безаш. Оцу хьоло тиллийти-на цу хенан муьран ц1е – Тов бутт.
10
Эсаран бутт – октябрь. Тов беттан чаккхенехь хенан д1ах1оттам хийцабала х1утту. Т1ейеанчу гуьйренан шолг1а бутт бу Эсаран бутт, цундела цо д1алоцу шен заманан бакъонан урх. Къилбазера мох хьекха болало, малхо шен йовхо малйо, го тосучу некъехь латта шена гена мел долу. Буьйсанашкахь сих-сиха дохк г1уьтту, наггахь бацалахь, диттийн г1аш т1ехь тхи дуьллуш. Ткъа эххара и тхи шелоно эсаре дер-зош, йис йуьллий хуьлу аренаш, хьаннаш к1аййелла. 1алам 1аьнан куьце доьрзуш хилар гойтуш хилар бахьана долуш, тиллина хир йу аьлла хета, оцу хенан йукъана Эсаран бутт аьлла ц1е, сих-сиха буьйсанаш йис йуьллуш йахкарна.
11
Лахьан бутт – ноябрь. Аренашкара белхаш д1абирзина бевлла. Даьхнина, нахана оьшуш долу рицкъа 1аьнах даллала кхачойеш чудерзийна даьлла. Дехачу 1аьно деккха муьстаберамах, сискалах тешна ца 1ан, дакъа а деш, жижгана г1айг1а бен зама йу т1ех1оьттинарг. Тароне хьаьжжина, бежана дийна, цуьнан жижиг туьхала дуьллуш, дакъош бечу балхах олуш ду нохчаша лахьа кечдар. Цундела оцу Лахьан баттахь х1ора доьзало шен тароне хьаьжжина лахь дуьйш хилла, доьзална, хаша-дена дао хилийта. Долчо ден мегаш ду бежана, йетт, сту, шинара, го-маш, йелахь эмкал а. Гуш ма-хиллара, ишттачу белхан зама т1ейарна аьлла-кха вайн къомо оцу бат-тах Лахьан бутт.
12
Г1уран бутт декабрь. 17-18 – г1а б1ешерашкахь вайн мохк йаккхийчу хьаннашлахь 1уьллуш хилла, шийла 1аьнаш хуьлуш, сту йа говр йоьжначу сала-зашна т1ехь д1асалелаш шайн г1улкхашна. Шелоно, лайно хьулдина латта, дог1у хиш а г1уро д1алоцуш хилла, т1оьхула ша бой. Мала оьцуш долу хи т1оьхлара ша бохийна бен эцалуш ца хилла. Вайн къам махках даьккхинчуьра йуха Даймахка дирзин-чул т1аьхьа нислора иштта ло диллина шийла 1аьнаш. Амма вайн мохк хьаннех, кондаргех марша боккхуш, йалтийн, г1аланийн, йартийн майданашка берза мел буьйли, 1аьнан зама к1адлуш, ло доцуш д1ах1отта йоьлла. Бакъду, вай лаьмнашкахь-м таха-на аренашкахь чул, 1а ло долуш, шила хуьлу, гонаха кхоччуш г1орийна йолуш. 1аьнан ло, г1ура махка кхачош т1ебеъначу баттах, Г1уран аьлла ц1е ч1аг1йелла йисина холкъалахь. Х1инццалц оьрсийн рузманан беттанийн ц1ерех, к1иранна чохь долчу денойх, дагардечу терахьех, акхаройн, олхазарийн, бецийн, кхин мел ду уьш, вешан къамелех дезарш деш вай леллехь а, х1инца и ледарло д1айаккха йеза ваьшна йукъара. Вайн лараме Куьйгалхочо, Россин Турпалхо волчу Ахьмад-Хьажин (Дала г1азот къо-бал дойла цуьнан) к1анта Рамзан – Хьажас 2023 шо д1акхайкхийна хилча Нохчин меттан шо ду аьлла, дерриге нохчийн къомо дакъа лаца деза оцу мехкан белхенна йукъахь. Х1ора доьзалехь, вайн берийн бошмашкаш, школашкахь, йуккъера, лаккхара де-шаран хьукматашкахь, базаршкахь, радио-телевиденин хаамашкахь буьйцуш хила беза ц1ена Нохчийн Мотт, иэбелла жарж ца беш. Къамелехь ала нохчийн дош долуш, кхечу къоман дош йукъа даллор дац аьлла сацамехь хила веза кху шарахь х1ора нохчо. Дала аьтто бойла-кха вай Нохчийн Мотт денбеш шарбина Пачхьалкхан т1ег1ане иза кхачо!
Нийсоне сатуьйсуш ваьхнарг
Сайдцелимов Мовлина
Дешан хьалхе
Лахахь оха шун кхиэле йуьллуш йолу поэма авторо Сайдселимов Мовлина лерина йазйина йу. ТIаьххьарниг (цхьана агIор ойла йича) вайн мехкан могIарера вахархо ву аьлла хетар ду. ТIеман арахь хьуьнарш гайтина мидалш, орденаш йолуш вац иза некха тIехь кхозуш, Iилманехь йа спортехь кхиамаш баьхна таьжнаш йац цунна кхайкхийна. Шен ний-сархойн санна, 1944-1957-чуй шерашкахь Сибрено бералла лачкъийна цуьнан. Халкъ Даймахка цIа дирзинчу шерашкахь мохк йухаденбеш хьанала къа а хьегна Мовлас. Нехан шех лаьцна ала вон хIума ца дита хьожуш, таханлерчу дийне кхаччалц схьавогIуш ву. Кху тIаьхьарчу 15 шарчохь Нохчий-чохь хилачу шина тIамо дукха вонаш гайтина цунна а, цуьнан доьзална а (цхьаъ–дена хьалхха вийна, хьалхара ведда аьлла, цхьаъ дIавигна вайина салта-ша, шина вешина хилларг ла ца дела, кхолагIчо ша-шена тIе куьйгаш дехкина). Уьш дерриге а лан собар делла Мовлина Дала. Кху тIаьхьарчу хенахь лерса (хазар) доцуш висина, бала хьоьгуш ву иза. Бакъду, кхин цхьа хIума ду Сайдселимов Мовлица, иза дуккха болчу кхечарех къастош. Нийсоне сатийсар, ницкъ кхочучу кепара цуьнгахьа къийсар, нохчийн мотт, нохчийн мохк барам боцуш ала мегар долуш безар (тхуна хетарехь) делла цунна Везачу Дала. ВуьрхIийтта шо кхачаза волу Мовла ша цхьаъ 1954-чу шарахь, Сталин велла цхьа шо кхочучу денош-кахь, (инзаре-йаккхий халонаш лан Дала аьтто а беш) Нохчийчу а веана, кхузахь жимма хан а йаьккхина, шен гергарнаш болчу йуха Казахстане дIавахар – вай аьллачунна бIаьрла тоьшалла лара мегар ду. (Оцу дерригенах болу Сайдселимовн дага-лецамаш республикански «Даймохк» газето шен агIонаш тIехь зорбане баьхна хилар).
Пхьоьхане ладоьгIуш йа шуьне хуьйшуш,
Цхьаьна марзо оьцуш ца довзарна вай,
Галвала там бу со хьан амалш йуьйцуш,–
Адаман васт кхоллар-м тIех хала болх бай!
Дуьнен чохь хинйолу говзалла къасто,
Синошна пурба ло бохуш ду, Дала, ¬–
Хаьржинчу гечоне уьш кхачар нислахь,
ЙугIур йу хIораммо дикаллин гIала.
Къоначу шерашкахь, дуьйлуш са тIома,
Хьан наха дийцарехь, ахь байташ йаьхна,
Ткъа доьзал боларна бахамал тола,
Напхина вацаро хьайн похIма хьаьшна.
Кхолламо ненаха къастор ца тоьъна,
Къизачу Iедало Даймахках хадор,–
БархI шо бен кхачазчу хьан дагна хьаьхна,
Iаьн чиллахь цIерпошто аьчкан некъ идор.
Аьхкано, чукерчаш, лийчина Хулло,
Шарахь сов дарс хьехна школа гуш гIенах,
Хьийзий хьо махкаллин, мацаллин уьно,
Нах санна, самаха ГIум-Азин генехь.
Кхоьллинчо, гIиргIизойн махкаха долош,
Ларди вай, кхиуьйтуш мотт, гIилкхаш Iама,
Ткъа синош-м бус-буса Нохчийчоь толлуш,
Дуьссура дайн чIагIо-Башломан хьарма.
Цу лома буьххьера ирча сурт гора:
Вайн кхерчийн туьнкалгаш – къарбаза бIаьхой,
Некъаш кIел тийжара дайн чарташ къорра,
Шайна тIехь лар йанза айаташ делхош…
Iедалан харцоно мухIажарш бинарш
Тезетахь, базарахь вовшашна леткъа,
Сих-сиха тIунлора хIораннан бIаьргаш,
Амма цакъарбалар-м ду дагчохь сецна.
Цкъа цхьаьнакхеттачохь, харцайан харцо,
Ахь ло дош къаношна Даймахка кхача,
Сел луьра, хала некъ ахь йуьхьарлоцу,
Шек воцуш киснахь хьайн цахиларх ахча.
Хаьттича дIагайта цхьа кехат доцуш,
Нохчо вуй хаийтар-м, дуьйцила йоцуш,
Некъ би ахь вайн цIехьа шелоно морцуш,
ЦIерпоштан социйлехь баьпкан йуьхк кхоллуш.
Кир лело вагонийн тамбурш йа тхевнаш,
Маьхза мотт бара хьан, жоьлкашца къуьйсуш,
Царах цхьаъ урс тоха хьайна тIекхевдаш,
Хьан Дала гIо дира, дов тIекIел тухуш.
ЦIерпоштех хьо хадош, базбелча бала,
Лайн тоьли чохь токхуш, гIоравеш, буьйса,
Даймахке гIерта дегI доьналле даьлла,
Ницкъ Iожаллица дара кийча къийса.
Даймахке бIаьрг тоьхна валар ирс лоруш,
Къона дегI кхерамех ца лардира ахь,
Къуй-нехан курхаллаш буй-тIаре довлуш,
Кхоьллинчо хьо ларви йамартхойх новкъахь.
Бохоза Iаьндашка воссале йуьрта,
Духаран куц хьалха тодира тIиера,
Лийчира, кхиира тIехь дериг дитта,
Хьо оьзда нохчех схьаваларе терра.
Кхо де дIаделира Даймехкан тойнехь:
Шовданийн хих Iебаш, хIох бузош кийра,
Доггаха вилхира ненан кошан гIовлехь,
ДоIица и Деле йоьхуш хьо Iийра.
Дийхира Деле ахь, Iаббалц дог делхош,
Кавказе хьовзадар нохчийн къоман рицкъ,
Боберех гIайгIане эгна вайн лаьмнаш,
Шайн хилла дайх дIахотта кхачийтар ницкъ!
Даймахках къаьстина шийтта шо кхочуш,
Хьо Iедалх лечкъаш, Цоци-Юьрта кхочу.
Дог доьлхуш хьисти ахь херцийна кхерчаш,
Нанас йай кхехкийна тишделла очакх.
Iедалан бертаза Даймахка кхачар,
Дара тIех турпалчу толаман тIегIа,
Ткъа ненан кашан барз цкъа маракъовлар,–
Хетара вахаран оьмаран меха.
Цу денойн ирсан зовкх дезачех ларар
Хьан дагалецамийн могIнаша гойту,–
Йозанехь лаьттар ду хьо нахана вовзар:
Йозанан хIолламо иэс доьза ца дойту.
ВуьрхIитта шо кхочуш ахь, Мцырис санна,
Даймахке хьайн безам кхерамехь зийра.
Цу некъан халонийн теш хилла Дела,
Iожаллин киртигех хьо ларвеш хийла.
Дахарехь нийсой, бакъ дара хьан къилба,
Цу некъахь ца вуьтуш хьо вала нацкъар
Цундела хьерча хьох дахаран гIиба*,
Ца малйеш дуьненан халонийн туохар.
Лелла хьо виллина харцонца къуйсуш,
Харцонан къур бойу, хьо салти хеташ…
Доьхнарш мел дайна, нийсонга сатуьйсуш,
Ца кхачош адамийн хIилланийн кепаш.
Хьаькамаш низамехь нисбан хьо гIирти,
«Нах буурш» совцабан, цаьрга гIо доьхуш,-
Хийла, бакъ волушшехь, йуьхьIаьржа хIоьтти,
Къуй каде кхуьуш кхаъ хьаькамех тоха.
Толамза къовсамо накъостех хедош,
Дог цIена ойланех, доьзал ца кхеташ,
Гергарчарна т1ехь хьо тилла хеташ,–
Къаьхьа къурд бан дийзи, жоламхой белош.
Хьарам дерг, йемал деш, доьхку ахь гонна,
Цу сакхтех хьакхалург веш мостагI хьайна,
Цундела уьш хьоьжу даима гома,
Пе бетта, хьо хеташ шайл кхетам байна.
ТIамо хьан байинчу кIентийн бу-кх кхоам,
Къа хета, кхета со хьоьгарчу хьолахь.
Ишттаниг лан оьшуш ду собар ломан,-
Собарой, доьналлой кхиош ву-кх къонах.
Долу сакхташ дийцар, гIибат дар лору,
Ткъа доцурш тIекхоллахь бухIтане довлу,
Шен кхачамбацараш девзаш ву хIора,
Хьайгахь тамбоцчунах къасталахь, Мовла!
Литературица фольклор, мотт, безаш,
Зорбано луш болу кхетам тIеоьцуш,
Дебийла хьох тера дешарх цаIебарш,
Хьо санна муьтIахь, бакъонна тIегIертарш.
Къаналле таьIна дег, цамгарш тIейевлла;
Весаша бераллин хьесапе воьху,–
Човхаво ахь воьдург гIилкхах галваьлла,–
Ткъа берийн сур везаш, хьуна тIеуьду.
Мекарлой, хIиллий ца хуучу берийн
Ларамо гойтуш ду, царна хьо везар,
Ахь церан дог оьцуш, хилла йал, меллий
Махьшарахь хуьлда хьан даздина терза.
*ГIиба–дахаран халонийн тохарш.
Оьмаран чаккхе йоцу вайн Нохчийн мотт.
*Гастамиров Хасмохьмадан лерамна
Кхузткъей итт шо хьалха ГIум-Азин мехкашкахь
МухIажарш дина хено дайинчохь гIад,
Герга беш вайн Даймохк аганан иллешкахь,
Дагна тем луш берриг, бара Ненан мотт!
Мацаллой, махкаллой къам хьийзочу хенахь,
Iожалло иэгайеш къизаллица топ.
Нохчийн къам доьналлица чIагIдеш нохчоллехь,
Деле и дехнариг бара Ненан мотт!
ГIора дайна дисча, тезетийн дукхаллехь,
ДоIанашкахь вайн Деле доьхучохь жоп.
Дегнех цIий Iийдалуш, леткъам бечу муьрехь,
Мерза аз декийнарг бара Ненан мотт!
Зуькарийн мукъамашкахь назманийн ницкъо
Кхачабарна адмашка ийманан хIорд.
Хьал-асарца дарба деш, бекара зевне,
Дегнашкахь шовкъ йаржийна вайн Ненан мотт!
Делаций, Элчанций гергарло шайн чIагIдеш,
Йохийна Iожаллин иэхь-бехк дайна йорт,
Халонехь къонахий къарбала цабитнарг
Бара оьмар йан йишйоцу вайн Нохчийн мотт!
Ткъа тахана бIешерийн замангахь санна,
Йоссийна мостагIийн лергашна чу потт,
Маьждагийн мимаршкахь хьехамашка баьлла,
Делан Калам сийдеш бу вайн Нохчийн мотт!
Кадам
Абдуллаев Лече.
Котар - Юртахь лаъмана со ца хилла,
Кхуза лаьмнашка хьежа ца нисвелла,
Суна-м тахана доьлхуш ги хIорш гIийла,
Къоьжа баххьашна бала тIебазбелла.
ТIадамийн тача диттийн гаьннех леша,
Адмийн бIаьрхишца ийна Шалажа-хи…
ВоI дIаверзош ву Шерипа к1ант, Леча,
Йуха дуьненчубоцчу некъа беха .
Эхартан кхаж базло-кха жимхе белча,
Кегий бераш, нус бIаьрахьежа дуьсуш.
Лазар овца бала даг ага хиъча,
Собар , Ийман, Делера хьуьлда, Леча.
Кадмашка доьрзий, дахлуш лаьтта тезет,
Керта вогIучо дIахьош вонан дакъа.
Нахал тIаьха бен ца кхечи со кхуза,
Сайн долчу декъах, шун керт марша йаккха.
Везчу Дала хьан кIант декъала войла,
Вонаш дицдеш йогIийла х1ора кхана,
Бисна доьзал хьуна муьтIахь бойла,
Дала къанбаллалц тоьхна баха зама.
ТIадамийн тача диттийн гаьннех леша,
Адмийн бIаьрхишца ийна Шалажа-хих…
Вуьсур вац вайх цхьа хIара дуьне хьеша,-
Эхартара вай йухадоьрзур дац кхин!
Котар - Юртахь лаъмана со ца хилла,
Кхуза лаьмнашка хьежа ца нисвелла.
Суна ма-гарра-м, хIорш лаьттар дац гIийла,-
БIаьстеца Iалам гIаттича денделла.
Январь. 2009 шо.
Нохчийн мотт
*Бициев Султанан лерамна
Кхо эзар гергга мотт
Дуьнен чохь бу тахна къастош,
Азаллехь царах цхьаъ
Нохчашна бийца кхачийна.
Шумеран, Урартун*
Зайлйозийн къайленаш йостуш,
Бехаш бу Нохчийн мотт
Халачу вайн дахарх ийна.
Цуьнца ду вайнехан
Нохчоллин йуьхь-сибат,гIора,
Цо луьтту вай талхош,
Вайх лиэта, лайн хийра амалш;
Цу матто йахь ларйеш,
Ца хIуьттуш Далла бен гора,
Харцонца Нохчийчоь
Къийсалуш йоьдуш йу зама.
- «Дуьненан, Эхартан,
Кхолламийн Да волу, Дела!
Пачхьалкхан дезаре
Нохчийн мотт баккха, ло кхетам,
Нагахь тхан доIина
Жоп дацахь, ма дита лела,
Дуьненахь иэс дайна,
Манкуртийн* тобанах кхетта.
Кхел сецнехь сан дайн мотт
Кхечарах дIаийна байта,
И кхочуш хир делахь
Тоьхначу хенаца кхана,
Доьху Хьоь, Кхоьллинарг,
И де сан бIаьрга ца гайта,
Кхачийта Мулкалмовт
Сан дегIах са къасто тахна.
Сайн рицкъа, сайн дахар
ПохIмаллин йезар хьох йина,
Лелла со, Нохчийн мотт,
Хьо Iамош гонначул сайна.
Хьо бийца боьхкучохь,
ЛадогIа цхьа накъост хилча,
Хьо бен ас ца буьйцуш,
Хийла бIаьрг суна къарзийна.
Дахарехь кхиъна со
Сайн боцу масех мотт Iамо,
Наьрт санна, Оьрсийниг-м
Хилла сан жималлин ага.
Сийлахь ду суна уьш, -
Йац цхьана маттаца гамо,
Амма сайн Нохчийн мотт
Лууш ву дуьнено а Лара!!!
*28.02.06 ш. Цоци-Юрт
* Шумери, Урарту – ширачу заманан пачхьалкхаш
*Манкурт – ша схьадаьлла бух бицбина адам.
*Мулкалмовт – са оьцу малик.
Свидетельство о публикации №224082001621