Проза

                Шина хи йуккъехь


                «Бакъдерг дийцича, нахах волу,
                харцдерг дийцича, Делах волу».
                (халкъан кица)
 «Iаьхча Iуьно боь, ца Iаьхча барзо боь» - бохучу халкъан кицанан хьолехь дара вайн къам кху тIаьххьарчу кхойтта шарахь (1991-2004шш.) Вайн махкахула чекхбаьллачу шина тIамо вайн бахамаш-на дина зенаш бIаьргашна гуш лаьтташ ду тахана. Уьш-м заманца адамийн куьйгаша ваьшта далор ду.  Амма вайн догIмашна  синошна а хилла чевнаш йоьрзур йац. Чуьра, мича бигна ца хууш, байна нах, заьIапа биснарш, массо гергарчех хьаьдда цхьалха баьхнарш, сте меттах1иттор бу. ХIора кханено хIун дохьу ца хууш йа йуьртана го лоцуш, мича бахьа беза теша кертара кегийрхой бохуш, син бIаьрзалло дегнашна, коьртешна чутийсина цамгарийн хьуьнаш, маца йоьрзур йу теха миска нехан?, Йоьрзур йуй те уьш? Шовзткъа шарал сов хан кхаьчначу нохчийн адамийн чкъуран могашалла шина тIамо хьаьшна дIайаьккхина. ТIеман шераш-кахь, шайн доьзалийн гIайгIина шаьш хIун дан деза ца хууш, доьзалшца тIом боцче дIабаха таронаш йо-цуш, оцу кеманийн, йаккхийчу тоьпийн, автоматийн Iалашонашна кIеллахь, муьлххачу хенахь Iожаллин кхерамна кIел, Далла тIе болх биллина Iийра дукхах долу къам. Шайн синошна болу кхерам бацара баккхийчийн чкъуран догIмаш, дегнаш тхьуз долийнарг, къаьсттина шолгIачу тIеман заманахь. Шайн доьзалш кхерамна кIелхьара бовлийта, уьш салташна гучура баха, мостаг1ий хIун дича кех бевр бара те, кIенташна, йоьIаршна тIе ца кхийдаш бохуш, цу гIайгIано хьестаболуьйтура вайн дай, наной федералийн муьлххачу харцонна. Ткъа уьш шортта йара. Цундела доьзалхо фильтраце, луьттучу метте (тхан эвлахь-м уьш совхозан складашкахь йа бежнийн ферманашкахь дIахьора) ца вигийта, цара цIе тоьхна ахча, деши, чуьра хIума йа миччара лохий къаьркъа лора. Амма и «зачисткаш» тхан йуьртахь шолгIачу тIеман деа шарахь шовзткъазачул сов хилира. ХIора баттахь бохург санна го лоцура Цоци-Эвлана. Бакъду, йуьртахойн барт бан хьекъал, ницкъ ца кхечира цу йуьрта гулбелла зуламхой йуьртах баха. Оцу зуламхойх даьлла ун тхан йуьртарчу ке-гийрхойх кхеттера. Оцу уьно хьекъалх талхийначу наха кхоьллинера шайн «эмирийн Iедал». Цара кхайкхо долийра керла дин – нохчийн гIиллакх, оьздангалла, мотт, тIерикъатан динан некъаш йемал беш, зуькарийн тхьамданаш, х1айт-аьлла мурдаш бойуш: буса чулелхаш йа д1асабоьлхуш. Цундела, цхьаццанха герзашца кхиссарш йой, тIом бечуха федералаш карзахбохура цара, тIерикъатан некъахь болу бусалба нах (уьш мунепикъаш лоруш) оршо-тан, йеарин, п1ерисканан буьйсанашкахь бойуш д1абахара. Нохчийн къомана дуьхьал бара оцу иб-лисан тобанийн берриге т1ом. Х1унда аьлча, дерри-ге къам йа накъшбандийн, йа къадарийн тIерикъатийн воIда йолуш, Далла Iамалйеш долун дера. Ткъа вайн къам шайн дагахь, иймане далош болчу ваххIабиташа устазаш, эвлайааш къобал бар, вирд даккхар, цаьрга кхайкхар, кешнашкахь велла-чунна заIам, йеса дешар, зуькарш дар,– ширк, бидIа дар лорура. Нохчийн мотт бицбан беза бохура цара, йалсаманехь буьйцун берг Iаьрбийн мотт хилча. Вайн къоман духар, гIиллакх-оьздангалла йуххерчу малхбален бусалба пачхьалкхийнчех тардан дезар чIагIдора. Шаьш даржочу керлачу динан низамна хамталла йешверг вен кхайкхош «фатва», закон чIагIдинера церан тхьамданаша, эмираша. Оцу кер-лачу «низаман» чIагIамаша бакъо луш йара тIерикъатан некъах, нохчаллех ца къаста чIагIбелларш, мунепикъаш лоруш,– тало, байа, лечкъа беш царах мах баккха хьал – таро йолчу ве-расашкара. Iаьхча Iуьно буьйш, ца Iаьхча берзалоша дойуш, хьал х1оьттира тхан эвлахь. И хьал тхуна хIоттаран бахьана дара йуьртара шовзткъа сов тай-панийн векалийн цхьабарт цахилар, шайлахь тхьам-да хаьржина, оцу Делан динан мостаг1ий йуьртара цалахкар дуьхьала т1ом бина. Бакъдолчунна бакъду ала деза, Цоци-Юьртах ваххIабистийн бен хилла баьллера. Царна дуьхьало йан герз оьшура, ткъа и герз, цкъа-делахь, дукхахболчийн дацара, щолгIа-делахь, иза хилча, тIекхочехь дита вехьар волуш ва-цара цхьа да,: иза гучудалахь федералаша тIепаза войура.Тамашийна тIом бара ваххIабхоша, федера-лаша вовшашца беш берг. Федералийн посташкаху-ла буьйлуш йуьрта богIура ваххIабиташ, хIора ор-шотан, йеарийн, пIерасканан буьйсанашкахь тхан йуьртахой бойура цара, йуьрта чохь йуьртан Сове-тан гIишло чуьра федералаш йа посташкара (эвла йистошкара) салтий, йуьртахь дуьйлучу герзийн та-танаш шайна хеззашехь, меттах ца бовлура. Чулел-хаш болу ваххIабиташ масканашца, оьрсийн мотт буьйцуш хуьлура. Цундела йуьртахь лелара элади-тийн хабарш. Цхьаболчара чулелхарш оьрсий бу олура, вукхара – ваххIабиташ, ткъа кхечара – шин-хьарнаш ийна лелаш бу бохура. Цкъа чубаьржича кIиране бовлуш, федералаша хIора баттахь, дий-нахь, буса талораш дора. Уьш чубогIучу хенахь йуьртах бовлура вахх1абиташ, амма хьалхарниш дIабахарций, йуха чу богIий йуьрт балане лоций: ахчанаш дохуш, нах идош, бойуш, декъаза хан ток-хуьйтура цоцанхошка. Йуьртдай тхо долчохь байа болийра (Ахматов БухIари, Дикаев Турко, Хусиев Iимран, Даудов Лема – ВУС (сельсоветан белхахо), Мохьмад – йуьртден зам., Тасуханов Султан – дIавигна вайна). Зукарш деш, нах дIабухкуш лелаш болу нах тхо долчохь бойура: Бакаев Хьасан, Гартин Батар, Алиев Леча, цуьнан кIант Китай, Бугхаджиев Хьамзат, кхин а мел бара уьш? Оцу шерашкахь герг-гарчу хьесапца ши бIе сов вийна, бIе сов дIавигна вайна тхан йуьртара федералийн, ваххIабитийн бех-кана. Уьш цхьа гуьнахь доцу, цхьанне зене боцу нах бу хIаллакьхилла.. Хьан тедийр ду церан цIерачийн синош, хьан хьостур ду дегнаш, муха хIоттор теша хилларг йухаметта? И вай лакхахь хьехийнарг йукъ-ара къамел дара, хIинца вай бIаьргашна гинарг, лер-гашна хезнарг, вешан цIоканна тIехь лайнарш дуьйцур ду. Синтем бацара дийнахь, буса-м къаьст-тина; шайна йожа хIума йолчу жоьлкаш лелхара; керла дин даржош берш, шаьш хIун леладо хууш, шайна резабоцчеран чулелхара – уьш бойуш. Феде-ралийн спецслужбийн тобанаш йара миска нах идош. Массара шаьш чулилхича буьйцург оьрсийн мотт бара, лелош масканаш йара, герзах воьттина вара массо. Зударшна, берашна хьалхха, цара бел-харшца деш дехарш долуш, х1усам да воьй, оцу керта тезет х1оттадой, шек боцуш д1абоьлхура и адамийн суьртахь долу экханаш, далахь чуьра ахча, дашо х1умнаш д1алахьош. Тамашена логика йолуш бу вайн нах. Иштта вон керта деана болчу доьзална ала х1ума карадора цхьаболчу йуьртахошна: «Гулкх доцчохь цхьа бага йиттина хир йу, шега цадогург дуьйцуш, цундела ма хилла царна и бохам». Зулам керта дохьуш баьхкинчарна наь1алт кхайкхош, уьш харц бечу меттана, маьрша шайн ц1ахь 1ачарна т1етоту цара бехк. Иштта ойланехь болу нах, зулам-хойн коган к1ело хила кечбелла нах бу. Уьш вайна йукъахь мел бу, харцо вайна т1ехь лаьттар йу, шен эвхьаза бохьбуг1уш.   
               
          

           Йукъараллин векалан тешалла
«Россин Конституцица догIуш долу низам дендан, иза лардар тхан къомана йукъахь даржо  (шаьш йоьIбIаьрг санна иза лардеш), герзашца дуьхьало йеш йолу тобанаш совцо йа дохкойовлийта, йа къар ца лахь, хIаллакйан Iалашо йолуш хила ца йеза аша йешйолу зачисткаш», – бохуш, федералийн эпсарш, инарлаш маслаIате бало гIертара го лаьцначу йуьртан векалш царна дуьхьал боьлхий. Ткъа вукха-ра шайн спискаш тIехь дIайазбина «зуламхой» шай-на схьало, хIоккхул – оццул герз охьадилла, шайн йуьртахоша йийсарехь латтош болу оьрсийн салтий марша баха олий, ультиматум тIедожадора. Уьш йуьртахошка кхочуш далур долуш хIумнаш дацара. Амма царех цхьадерш кхочуш дича «зачистка» ца йеш ца Iара, го лаьцначу йуьртана. Ишттачех цхьана дийнахь йуртдеца, Дикаев Туркоца, федералийн 36-чу бригадин хьаькамо, шена тIебаьхкинчу йуьрта-хошна бакъо йеллера, керташкахула лелачу шен салттийн тобанех цхьацца йуьртахойн векал тоха, шаьш харцонаш лелайой хьовса тешаллийна шайх йуртахой тоха. Эскаро йуьртана го лоцуш-м сихха хаара. ХIетте йуьртахойн хилла барт бара орца доккхуш, газ чухула лелачу биргIанашна тIе хIума тухий, йуьрте само йойтуш. Оцу гIовгIано йурт гулйора Йуьртан Советана хьалха. Цигахь кхел йора дан дезачун. Ишттачу гулдаларехь хаьржира зачист-каш йечу федералийн тобанех тоха йуьртара ве-калш, - царна йукъа нисвелира оцу дийнахь со а. ХIинца-м хаьа суна иза сонта хIума хиллий: тхо ткъе цхьаъ стаг цара доь доцуш хIаллак дича, деха жоп дацара цаьрга. Дала Iалаш дир-кха тхо. Суна кхаьчначу тобанна хьалхаваьлла майор (ву бохура иза) тIехь салтийн хечий, ботенкаш, майка, мокхачу басахь (модаш ца къастийта хир дара иза) коьртахь тиллина йовлакх, сирлла боьмаша басахь. Цхьабол-черан йаххьаш тIехь Iаьржачу кIаденан туьтмIаьжгаш йара, амма со шайна йукъатоьхча, цо туьтмIаьжгаш дIайахийтира салтташка. Шина БТР-на тIехь малхбузехьара Цоци-Эвлан некъан лахе талла дуьйлира тхо. Ткъайахха салттийчо лелочунна тIаьхьакхуьур бацара хIусамернаш, со, – тхан хIораннан итт-итта бIаьрг хилча. ХIусамехь берш кехаташна чекххьоьжуш совцийна бу цхьаммо, важа берш дакъа мел ду, гIишлош чухула массо хIума ке-гош бу: пхьегIаш, чамданаш, делахь тIорказ, мотт-гIайба. Тховх хьалатоьхна йа чутоьхна аннаш схьа-даха деза олу, оцу бухах дIалачкъийна герз хила тарло. Божална чохь йа йина чекхйалаза гIишло чохь латта охкуьйту хIусамдега, шайна луъ-луъче аьчган сара Iуьттуш. Кехаташ тIехь: прописка гIалахь йа кхечу Россин регионехь хилча хьо кху-захь хIун деш ву, гражданин России аьлла отметка хIунда йац хьан, военкоматан билгало хIунда ца то-хийтина ахь бохуш хьийзабора кертарниш. Ур-атталла чуьра йийбар ца йуьттура хьо бехказа вуьтуш: - хIара мехалчу йийбарх (телевизор, видео-магнитафон) кертара машинан, серло йоккху мато-ран – кхин йолчийн туькнара эцаран чекан бист кхаччалц кехаташ гайта бохуш, хьийзабора нах. Ке-хаташ доцуш йолу хIума федералийн дIайахьа йиш йара йа цунах такхар дан дезара, царна там болчу агIор. ХIусамда шайна кховдочуьнца кIадвелла ва-цахь, мел мехала, цIена хIума дезар дечура йоккхура тIе герз тухуш, йа цхьамза – уьрсаца кIеда мебель йелахь цоьстуш – герз лоьхуш ма бара уьш итт шо хьалха чутоьхначу аннаш кIеллахь, кIедачу мебель чохь а. ХIусамда шен доьзална хьалха сийсаза вора, пайдабоцчу ваккхара, цунна шена шеца стогаллех хIума доций хаийтар тIедоккхура цара. Тхо оцу урамах чекхдовлушшехь садан дуьйлира. Раци чу-хула хаам беара тхоьца волчу майоре, шен тобанца бригаде схьакхача аьлла. Оцу дийнахь нахана т1е куьйгаш ца кхийдош, багахь балуш болу цатемаш беш, ахчанца шайга яккхалург йоккхуш, лаьцна д1авигна стаг воцуш чекхйелира соьца хилла феде-ралийн тоба. Амма сан, йуьртахойн дог-м иэт1ийра цара, шаьш шайн ц1ахь ца лардеш долу кехаташ на-хе схьагайта бохуш. Оцу харцонех лаьцна йуха фе-дералийн базе д1адоьлхуш сайн командирца таса-делла къамел дуьйцур ду ас шуна кхин д1а.      
               
             

                Командирца хилла къамел
ХIуьттаренаш хIунда лелайо аша, шал-шера хаьа шуна, аша йоха йеш, кегочу меттигашкахь цхьа герз хуьлийла йоций? – шайга аьлча, соьга лере таьIна командиро элира: - «Нахала даккха ца боху хьуна ас, вайшиъ ваьшша хиларна олу, тхуна лиъча-м герз, (патарма йа граната, йа салтичун духарх хIума, кхин йолу бехкен х1ума) тхуна хIора чохь карор йу. И бахьана тхоьга тхаьшка даккхало. ДIо хьалха хьов-суш боьлхучарах цхьаммо охьакхуссу герзах йа наркотикех хIума, ткъа тIаьхьа богIучарна карайо. Иза тоьаш ду кертарниг дIавига бахьанина».
–Ткъа иза харцо йац? Законашна бIостанехьа хIумнаш дац? Шух нийсо, низам а чIагIдан дахкий-тина ду? – шега аьлча, - «Нийсо тхаьшлахь ца хIотталуш ду тхо, ткъа низам лакхахь болчарна лиънарг ду – паччахьан Iедалан шен низам хила шен заманахь, коммунистийн шайн, хIинца баьхкинчу демократийн а шайн бу низаман кхетам. Архаш Кремль чохь йу, накъост хьехархо! Тхан багахь йерш гаьллаш йу, куьйгалло архаш озийначу агIор йаха йеза говраш?», ша дуьйцучун шеко цахиларан аьшнехь, бетаца уьшар  йеш, жоп ло командиро. Йу-ха ас шега дош алале: «Тхан ма йу план шух дIабига безачийн, таIзаре озо безачийн, бехказа бита без-ачийн а. ХIара-м тIом бай! ТIоьхула тIе са йоккху тIом! Иза ша башха къамел ду. И къамел, вайшинан йуха гойла хилахь, йуха дер вайшимма, ХIинца хIокху совцийначу нехан хIун гал ду хьаьвсина, ше-ко йерш фильтраце хьовсо беза, цигахь ма-дарра къастор ду нийсаниг, низамца галдаьлларг а». Йуьртара пхи-йалх стаг ву цхьаццанхьара гулвина. Сайгара кхарна гIо-накъосталла хиларе сатесна олу ас: «ХIорш цхьана кепара вон, зулмечу хIуманна гуьнахь нах-м бац, кхара совцийна схьабалийнарш, хIорш стенна бехке бо-те?»
«ХIорш шайн гражданаллин декхарш дицдинарш бу – паспорташ тIехь оьшуш йолу штампаш тоьхна йи-на билгалонаш йац, пропискин военкоматан, граж-даналлин, ур-атталла шайн хIусамнаношца йан йе-зачу регистраци а. ДIо хьийкъина дегI долчун хIусамехь пхи патармин чкъуьйригаш карийна, оцу вехачун кертахь – тIемалойн форма, хIокхуьнан – цхьа гали селитра», – бохуш дагардора бахьанаш командиро.
«ТIамо дохийначу маьршачу дахаран хьолехь Iедалан структураша бан беза болх галбаларан тIаьхьалонаш йу-кх уьш, маьршачу нехан хIун бехк бу, урхаллин органийн болх сецна хиларна и аша йуьйцуш йолу ледарлонаш йовларх?» – хотту ас.
«Уьш фильтрехь къаьстар ду, хьехархо! Цигахь йуьйцур хьан йуьртахоша шайн бехказлонаш: па-тармийн чкъоьргех, тIемалойн духарх, селитрах», - Iоттарца велакъежа командир. – «ЛадогIахьа, ко-мандир, патармийн чкъоьргаш аша ког мел баьккхинчохь, шун туп мел лаьттинчохь Iана йина лаьтташ йу, тIемалойн духарш массанхьа духкуш ду, ткъа селитра латта тодеш молха хиларна, поми-дораш лелочу керташкахь Советски заманахь дуьйна лелийна йу Нохчийчохь, йерриге Россехь санна. И нах ма бигийтахьа фильтраце. Цигахь, цаьрга хеттарш ца деш, царна тIехь къизаллаш лелош, уьш хьийзор буй ца хууш вац-кх хьо», - дехар до аса. «ХIинца тхо шолгIачу тIамна шу хьеста далийна дац, хьехархо. ХIинца шу Iадо далийна ду тхо, шуна тхайн ницкъ, оьгIазалла йуй хаийта далийна ду. Хьалхарчу тIамехь шу хьоьстуш, эсала берта дало гIиртира тхо. Шаьш кхоа мел ди, шуна Росси гIорасиз хийтира, шун махкахь дерг бен тхан нефть дац моьттира танканашна, кеманашна, машенашна чудотта. Вай дерриге Россин къаьмнаш цхьа доьзал хилла дехаш Iарна, тхан эскархойн кхетамехь шу Россин гражданаш дара. Ткъа аша Россица дозуш цхьа хьаса ца буьтуш, шаьш тхоьх дIакъаьста бохуш, кхин долчу къаьмнашна, (уьш-м цхьа бIе сов ма – дай Росси чохь, кхечу пачхьалкхашкахь йоцу шайн-шайн автономеш йолуш), сонта масалла дара гайтинарг Россин пачхьалкх йохорехь. Шайн сон-таллех шу–шаьш кхетар дацара теша аьлла, оха шун махкара эскарш дозанал ара дехира. Шу дуьненна шайн толам кхайкхош, Россин Iедал, эскар маьттаза доккхуш, толаман шатIлакхе девлира, шаьш дуьне бусалба дине дерзор ду бохуш, кураллех уьйш кIаргйелира шун сонталла. Оцу сонталлин асарехь аша вовшашца Iедал кхъевсира, талораш дар марса-даьккхира, маслаIатан мотт ца буьйцуш, герзийн маттаца вовшийн къардан хIиттира. Аша кхоьллина боху «маьрша пачхьалкхах» сабанан чопанан лоппаг хилира. Хасав-Юртахь хилла машаран барт, Масха-довн, Лебедан куьйгаша чIагIбина болу, бохийра шун Басаевс, шена дуьненан массо маьIIера гулйи-начу ваххабитийн гIеранашца Дагестан чуваьржина. Шун паччахь Масхадов йа Парламент, аша хоржу бохуш коьрте хIиттош къахьегна болу, уьш ца баьхьира, оцу зуламхочун декъахой, шаьш доций хаийта дуьненна гергахь. Муххале, Россин эскаро Басаевн талорхой ДагIестан чуьра йуханехьа Нохчийчу лаьхкича, Масхадовс Басаев Ичкери ларйаран Министр хIоттийра. Оцу тIаьхьарчу Масхадовн гIулчо ша, шен къам дуьненан терроризман декъашхошца бертахь хилар чIагIдира. Россин эскар шолгIачу тIамца Нохчийчу дар йемал дан агIо ца йисира дуьненан йукъараллина, ОБСЕ-на, ООН-на. Цундела тхо кхузахь ду, хьехархо. Шуна адамийн маттахь шаьш кхето гIертарг гIорасиз хета. Аша ницкъ лору. Аша лоруш болу ницкъ оха шуна гайта бисинарг цхьа некъ бу – къизалла тхайгахь йуй хаийтар, тхайн низам кIел ваха ца луучунна. Тахана шун сонталла бахьана долуш тхоьгара йуьйлуш йолу къизалла аша лан йезар йу, Россин низам кIел шу совца дезар ду. Ца совцахь хIаллакхилар бен кхин некъ бац шуна дахарехь. Дала собар лойла шун къомана кху къизачу муьрах чекхдовла. Тхо лакхарчийн омранна кIел нах ду, дейтта шера тIера кхузткъанна тIе кхаччалц долу нохчийн чкъор, жимма бахьана дерг фильтрех чекхдала дезаш ду. ХIара документашна тIехь тахана ледарлонаш йевлларш-м хьуна тамана дIабохуьйтур бу ас, амма важа берш дIабига безар бу, хьехархо. Тхуна йукъахь бу хьуна адамалла дерш доцурш, тIамо дерригена гечдойтур ду бохурш а», - олий, кхо-виъ сан йуьртахо цIа вохуьйту цо, шайн кехаташ тIехь йан оьшу билгалонаш камендатурехь йайта олий. Аса баркалла олу тIемалойн хьаькамна. Оцу хенахь кхечу кертахь тIехь чIургаш йоцчу машенан маторана йоккхачу калибран пулемет тIейассош гIовгIа йолу. Оцу машенан кехаташ цхьа ши кIира хьалхарчу «зачистке» баьхкинчу федералаша дIадехьна боху хIусамдас. «Чкъургаш, аккумулятор тIейилличхьана террористашна дIахехка кийча тIеман гIирс бу хIара, цундела аса матор отуш бу кхуьнан», боху пулемет йассош волчо. Командиро бакъво иза. Хи кхоьхьу машен йу цу кертахь, цуьнан матор тIера номеран цхьа ципар йухатоьхна карайо. Иза дIайига кех йоккху. ХIусамдас, ша далош долу бахьанаш тергал ца дича, командире ахча делча йуьтур йарий ахьа машен кех ца йоккхуш, аьлла хилла. Ша йуьстах ваьккхина хIусамда ша кхоъца кIадвеш, эца гIерташ хилар гу-чудоккху суна командиро. ТIаккха олу цо: «Тхуна йукхахь ахчанах, тIелхигех, дешех бохкалуш берш хир бу. Цхьаболчарна тIом, цхьаболчарна «вина на-на» хуьлу тIамах олуш кица ду оьрсийн. Цундела кху тIамех сане базар хилла цхьаболчарна. Ахча да-лар нийса дацахь а, шайга доьхучарна лой Iад мукъ-ане Iе ахча. Аша ца доьххушехь ахча кхийдош хил-ча, сан-м ахчанца хIара дIавига йиш йу, шен машен-ца, хIара со эца гIерташ вара аьлла, сайн хьекамна тIе. Тахана, шун махкахь цхьа Iедал хIотталц Росси-на муьтIахь долуш, шун цхьана кепара бакъо йац – иза тхоьгахь йу, шуьгара галаташ мел дуьйлу-м муххале. Шу Россин Конституцин низам кIел йуха-дахккалц армино кховдийначу низам кIел садетта дезаш ду. ХIетталц оха динарг чекхдер дуй хууш, «хиллла тийна, бецал лоха» охьатаь1на хила деза шу, шайна дийна диса лаахь. ХIинца хIара машен дIайуьгур йу, ткъа хIара пекъар хьийзавойтур вац аса, хIокхунна со шега эцалур ву моьттинехь а. Хье-хархо, шу тхоьца лелар эрна ду. Шуна тхан агIонгахьара гина харцонаш аша йалхийча уьш ти-даме оьцур йолуш цхьа хьаькам вац тахана Россехь. Шун цIе йожна дуьненна гергахь, аша коьрте хIиттийна «имамаш» бахьанехь, церан политически бIаьрзалла бахьанехь а. Уьш тахана кхечу пачхьалк-хийн банкашкахь шаьш гулдинчу долларшна тIаьхьа дIабахна шайн доьзалшца. Шу кху къизачу тIамо охьуш ду. Мясокомбинатехь хьалха-йевллачу беж-лоша, шайн Iожаллина «бага» дуьгучу уьстагIашна, дийриг ди шун къомана Ичкерин 1едало. Къамма-м бехке дац, амма ша тешначу тхьамданийн гIалатийн таIзар лан цуьнан дезар ду. Хьехархо, хьо дуьненан политически кхъетам нахехь чул сов болуш хила везарна, хьо нийса сайх кхетар ву аьлла хеташ, дуьйцу хьуна аса тахана мел дийцинарг. Ткъа хьо, хьо санна болу шун интеллигенташ оцунах кхеташ дацахь, шун кхетам Iаламат тIехьабисина дахарна. Иза иштта делахь, шуна атта хир дац дуьненан ци-вилизацех дIаиэн. ХIинца вайна малх дIабуза герга бахана. Кхана хьайн дог дагIахь схьавогIур-кх хьо, тхан балхе хьажа. Могаш, зен-зулам доьзалехь до-цуш, чекхволийла хьо кху тIеман муьрах, хьехархо. Хьан дешархой хир бу-кх герз карахь тхуна дуьхьа-ла тIом беш? – хаттаре соьга хьоьжуш, дIасакъастаран куьг кховдадо цо. – Баркалла къин-хетамца аьллачу дешнашна. Хаза дош сагIа ду, олу нохчаша. Хьо кхачавойла зен доцуш хьайн доьзалан баьрчче. Сан дешархой дера хир бу шуна дуьхьал тийсалуш бекхамна арабевлла, боккъалла мехкан маршо йаккхалург хиларх тешна, кхийдочу ахчанах Iехабелла, талоршка марзбаларна дакъаза бевлла, шун спецслужбашна йа арахьарчу службийн талор-хошна бохкабелла, йа гIовгIанна тIаьхьа хIиттина цIарна йукъаиэбелла. Амма уьш сан, со санначийн хьехамаша ца озийна оцу тIамна йуккъе. ХIунда аьлча жимма дуьненан, Россин истори йевзаш волчу дешначу адмана хууш ду, Росси мел йоккха, нуьцкъала, йаккхийчу пачхьалкхашца (Японица, Иранца, Турцица,Францица, Германица, Швецица, Польшица, кхин мел йу уьш) биначу тIемашкахь толамаш бахале хьалха татаро-монголийн азат кIелхьара шен гIоранца кога йахана нуьцкъала пач-хьалкх йуй. Цундела тIамца, герзаца Россих дозуш доцуш Нохчийчоь марша йолийла доций ца хаъал сонта хьехарш дина дац цхьана хьехархочо. Амма бакъду тхайн мехкан маьIданех, бахаман сурсатех тхайн дахаран дезарш дан-м лиъна тхуна Москвага-ра бакъо хиларе ца хьоьжуш. Ткъа Москвас тхуна и экономически, Советан Iедал долуш морально-этически маршо ца йуьтура, шен политически куьйгаллина кIел мел ду. Цундела оха тхайн Сове-тан заманахь хаьржинчу Д. Г. Завгаевн парламенте-хула суверинитет кхайкхийра. Москвано иза къобал йира, амма тхан маршонан боламна коьрте шен инарла Дудаев Джохар хIоттавайтира шен спец-службийн гIоналлица. Цо, «чIичI» - аьлла мел верг шен гонах гулвина, гIуллакх тIаме даьккхира. Иштта тIом креминальни хьоькхнаш шайна тIехь йолчу генералитетна, куьйгалле деанчу Ельцинан Б.Н. Iедлална, Советан Iедал духуш пачхьалкхан даьхни «прихватизировать» динчу бизнесменашна оьшуш бара. Цундела и тIом Прибалтикехула, Азербайджан, Арменехула, Йуккъхерчу Азин республикашкахула, Грузехула цхьаммо тIелецна бах ца беш шайн махкахь, Нохчийчохь сецира. Нохчийн къоман бехкенна цасецира и тIом кху чохь, Россин тIеман партина лаарна, цуьнан Iаьржа гIуллакхаш списане (къайладахаре) дерзош. Россин гражданийн къиделла, телхина дахаран хьал, нохчаша болийначу тIомах доьзна ду ала, долийна дара хIара мостаг1аллин дов шун генералитето тхуна тIехь, Ельцин берта валийна, командир». Нохчийн мискачу къомана оьшуш 1алаг1ожа йацара х1ара. Иза жимма хан йаьлча гучу дер ду, амма вай хуьлий хаац-кх цу хенахь. Нохчашна цкъан-цкъа ца эшна нехан латта. Адам дацор хIун ду ца хиъна тхуна шун, оьрсийн пачхьалкх йовззалц. Шу довззалц мах хIоттийна кхобуш Iедал ца эшна тхуна, цундела тхо даржашка ца гIиртина. Тхайн гIиллакх-оьздингаллин низамца, адаман ларам лакхарчу тIегIан тIехь болуш, цуьнан сий, маршо йоIбIаьрг санна лардеш, дала цадезарг цхьаьнгара доьжча, цуьнан шен цIийнан, тайпанан цIе йужу таIазар деш, даьхна тхан къам. Къомо ца бахара Дудаевга, цуьнан гоне а Россица тIаме довлуш маршо лаха,– иза хIаллакхиларе некъ буй хаарна. Амма халкъе хоьттуш хIумма дацара. Шайггара гIазот кхайкхийна, адам йохье дакха хIиттира Ичке-рин куьйгалхой, шайн доьзалш кхечу пачхьалкхаш-кахь дIанисбина, шайна кхерам хIоьттинчу дийнахь дIабаха меттигаш кечйбна. Вончу Iадатех цхьаъ ду тхуна йукъахь дисина – иза зуламхой, малх – аккхъ-ара, йуьхьадуьхьал тешалла деш, Iедале дIа цабалар, шайн цIийнан йа тайпанан наха совцош ца хилча йа церан аьллалера уьш бевлла хилча. Оцу Iадато зу-ламхой дебош хилла тхуна дуккха зенаш. Аса тIаьххьара бийцина зуламхой, дукха хьолахь, шун спецназан белхалой хуьлура. Тхо-м кхеташ, сема ду хьуна, командир. Амма тхох дагаволуш цхьа вац йа ичкерийцех, йа федералех а. ХIинца цкъа шинхьар-наш нохчех катухуш, тхан мохк талош къовсабелла йоьду зама. Малх дIабузале со цIа кхача ца хьажахь шун накъостийн аьрхачу дIаьндарго лаца там бу со», – аса олуш, дIасакъаьстира тхо. ШолгIачу дийнахь малх схьакхетале массо урам дIалаьцнера федералаша. Цхьа дIаса ца  волуьйтура. Кхин суна хаа йуьртахойн векалшца «зачистке» ара ца бевлира федералаш. Кхин суна сайца дагара дуьйцуш 1ийна командир ца вайра цул т1аьхьа. Ткъа «зачисткаша» йуьртара д1абигначу нахах наггахь верг бен маьрша ц1авоьрзуш-м вацара. «Везан Дела х1ара 1азап-бала моццалц лаьттар долуш ду теша кху махкахь?» – оцу хаттаро дог огуш д1аоьхур-кх зама.   
               


               
                Вайн керташкахь
Шовзткъа сов «зачитска» йеш керта богIуш болу федералаш цхьана амалехь ца хуьлура. Цхьаберш-м паспорташка хьовсий, чохь тесна палас йа куз бе-лахь, бех ца бан, дIакарчабе олий, чухула тIехула бIаьрг тухий, бехк цабиллар доьхий, адамаллех ца бухуш дIабоьлхура, шайна оьшург йоьхий (йуучух йа тIеййухучух). Кхечара бепиг йа хи чу йоьхкинчу хIуманца банка йоьхура, йа чай малийтахьара шайга олура. Ткъа цхьаберш кетIахь дуьйна йечу маьттазчу йаппаршца: - ДIахIитта боьршанаш пенаца куьйгаш ирхдахийте, пенехьа йаххьаш йерзош! Зударий уьйтIа йуккъехь дIахIитта! – бохуш, тIечехара. Дуьхьала дош даладахь автоматан бух тохара букъа йуккъе йа тIехьа мийра латабора. Амма доьзална хьалхха сел цIармата ца ваккхийта, царна доьхьал вист ца хуьлуш-м ца Iалора. Со-м кхуткъа шарал хьалаваьлла хиларна делахь, аса дечу къамело оьгIазлонах бохабахь, хIума ца тухуш витара цара, аса шайга: «Маьттазчу баганой, эвхьаза, дастамечу маттой сий ойуш дац шуна, кегий нах, Россин эскаран тIемалойн. Шайна луучу меттехь кху кертахь таллам бе, хьовса хьовса, тхан таро йолу хьошалла, накъосталла деха. Амма шайн карахь герз дара алий, шаьш мискачу нахана тIехь лелийначу къизаллина, харцонна шайга жоп деха Iедал дац алий, тхуна тIехь харцонаш ма лелайе. Вай дерриге ваьш кхоьллина, кху дуьненчу даьхначу Суьдхочун-на – Далла дуьхьал хIитта дезаш ду. Цуьнан суьдах довлийла йац вайн. Цунна дерриге гуш ма ду!» – олура аса иштта челакха керта богIучаьрга. Низам дендан баьхкинчара шаьш низам дохош товш дац! – аьлча, мелла болора уьш. Цкъа го лаьцна баьхкича, масазлагIа зачистка йара хаац суна, тхан стунвешин йоI нисйеллера тхоьгахь буьйса йоккхуш йисина. Оцу буса дуьйна гонехь болчу салташа садаьржаш дIалаьцнера йуьртан урамаш. Iуьйран ламаз дина, сайн дас-нанас буьйса муха йаьккхина хьаьжна, со цIа ван кхиале (тхан урамехь цхьаъ белахь, масех цIа дара тхуна йукъахь) со Iачу хIусаме кхаьчна хиллера салтийн тоба. Тхан урамехь сецна лаьттачу БТР-тIехь болчу салташа со сацийра, кехаташ хоьттуш. Со сайн керта воьдуш хилар шайна хаий-тича цара чекхволуьйтий, цIа кхочу со. Вайн чуьра жимах йолу йоI, сан стунвешин йоI кех йолуш дуьхьал кхета суна. Цаьршимма хоуьйту шаьшшиъ сан стунвешин йоьIан метрически тоьшалла (дуьненчу йаларан тешалла) схьадан йоьдуш хилар. Аша шиммо лелочух гIуллакх хир дац, шуьшиъ новкъаран цхьана агIор дIайига тарло, салташа сий-сочу оцу бехачу новкъахь, олий, и шиъ йуха йерзош, со керта вогIу. Кертахь йоьлхуш хьийзаш вайн хIусамнана йу, гIалахь прописка хиларна воккхах волу кIант, военкоматехь призывник хиларан отметка йац аьлла жимах волу кIант фильтраце дIавига билгалвина Iаш карий суна сайн кертарниш. ЦIе йожа кIегаш тIе бохург санна, хIара дерриг цхьаьна муха нислур ду, кертара кхо адам кхеран буйнара даккха дезар бохуш, сайн дагахь Деле, эвлийаашка орца доьхуш, баккхийчаьрца де дика деш, къамеле волу со. Йуха кхеран командире олу ас: - ХIун ду гал дерг? Со хьехархо ву, законехь доцу хIуманаш йа айса, йа сайн доьзале леладайтина вац, йа леладойтур долуш вац, ткъа галдерг нисдан вайна вовшашца мотт каро беза. Командиро схьагойту ша схьадаьхна паспорташ тIехь долу кхачамбацарш. Аса дIагойту воккхах волу кIант, цуьнан доьзал соьца Iаш хиларан тоьшаллин сельсоветера справка. Оцу справкано берта валаво иза, цо схьакховдадо соьга шина кIентан паспорташ, ткъа стунвешин йоьIан митарка хьаха ца йо.
 «Жимах волчу кIентан паспорт тIе «призывник» алий штамп тохийталахь, «папаша» - олий, сан бельша тIе куьг туху, дIасаволуш посташкахь сацор ву хьуна иза и штамп ца хилахь, - олий, - тхоьга жимма хIума кхоллуьйтур йарий аша», - тIетуху ко-мандиро. Сихха стол хIоттийна зударша шун хIоттийра федералшна. Уьш хIума йиъна бовллу-шехь вайн керта оьккху лулахочун зуда. Цо хоуьйту шайн керта баьхкинчара фильтре вига кех ваьккхина хилар шен воккхах волу кIант, пхьаьрса тIехь мо хиларна.
Цунна лаьа тхан кертахь болчийн командирехула аьлла шайгарчийн командире шен кIант фильтре дIа ца вуьгуш цIахь вита алийта. Луларчу зудчун дехарх юьстах воккхий аса кхетаво тхайгарчу салтийн тобанан хьалхаваьлларг. Ши командир вовшех дагаволу. Суна тIевогIий шайн хилла барт хоуьйту тхан кертарчийн тхьамдано. Цо олу: «Тхаьш дIабуьгуш болу нах фильтре дIакхачош лерана араяьккхина машен йу тхан «автозак» олуш. И машен схьакхайкхина Iаш ву ша боху цо. ХIинца иза схьакхачале цхьа литр къаьркъа карадахь ша цIахь вуьту боху цо шун кIант, ца карадахь дIавуьгу»,–иштта шайн хилла барт гучубоккхуш. Къаьркъа леладар вайна юкъахь хьарам делахь, цара бохург дан дезаш дара, ахча къаьркъанан метта царнна цамагара.
Цхьадика, шелделлачу берана йа воккхачунна ком-пресс йан эшахь, йа иштта эшна ца торуш хьал хи-лахь аьлла, шен дIадиллина ахлитр спирт долуш верг карийра тхуна. Оцунах бахьана хилла лулахойн кIант цIахь висира. Амма цул тIаьхьа и мо бахьанехь юха дIаса ца ийзавайта махках ваккха вийзира. Аса сайн берийн кехаташна тIехь йан йеза билгалонаш йайтира. Оцу зачисткехь тхан юьртара дIабигначехь пхийтта кегийрхо тIепаза вайна, таханлерчу дийне кхаччалц мичахь ву, хIун хилла ца хууш вайна ву. Йиттина кийрахь талхийначийн, аьрташа эрча баьхначийн хьесап дина вер вац. Тамашена къиза, харцо тоьлла, нийсо лаха меттиг боцуш зама йара вай лайнарг: федералийн я ваххабитийн карах белларш дIабухкура, лазийнарш верасашна тIеоьгура дарбанаш лело, Iалаш бан, къона чкъор дадийна лело дезара салтийн бIаьрг ца кхетехь йа махкал арахьа! Дела воцург къахетарг вацара нохчийн къоман, Нохчийчоьнан а. Керта баьхкина салттий доьзалшна тIе ца кхийдичхьана, цара хIусамера хIуъу дIайахьарх мегачу хьоле ваьллера массо. Ахча, деши хIумнаш, бIаьрг тIехь сецна бедар, теле-радио аппаратура, мотоцикл, машен дIаюьгуш меттигаш нисъелла федералаша, амма иза зен ца лоруш садеттара вайнаха адмашна тIе уьш ца кхийдичхьана. Вайн кертахь-м царна йахьа хIума ца хуьлура. Цкъа, бакъдерг аьлча, пхьегIаш чуьра жимах йолчу йоьIан дайна мухIар, иза бер долчу хенахь лерга оьхкина хилла хIумнаш йаьхьнера, цкъа пальтон чухларчу киснара ши бIе туьма карадахара царна. Ткъа, цкъа баьхкича итт шо хьалха дуьйна йоьхна, тIехьара мост заклинить дина (чкъургаш ца хьевзаш къовлайелла) лаьтташ йолчу моторолеран (кхин техника-м вайн кертахь йан йацара) коча вахара цхьа Iаьржа, лоха волуш, гатти бIаьргаш болу салти. Цуьнан кехаташ гайта бохура цо. Ткъе итт шо хьалха, йуьртахь долчу кега-мерса гIуллакхашна мегар йу-кх аьлла, цхьа кехат ца хоьттуш эцначу кхаа чкъурга тIехь йолчу «Муравей» моторолеран кехаташ дац шега аьлча, дIаюьгур йу ша аьлла, тохавелира и салти. Цунна моьтуш хиллера ас шена иза дIа ца йигийта ахча кховдор ду. Аса дIайига аьлча мотороллер теттина, мацах машен йолчу хенахь и чухIоттош хиллачу гараж чуьра «Муравей» арайаккха гIоьртира иза. Чкъургаш ца керчича, скорость тIехь йу моьттина, рычаг дIасайетташ къахьоьгуш воллура иза. Ша лелочух гIуллакх хир доций хиъча, шен накъосташка тоттуш гIо дийхира цо. Кхаа-веа сал-тичо гIо деш, хьаьвзаш тIиэхьара чкъургаш йоцуш, такхийна уьйтIа йаьккхира цара ченой, гезган маша-наша тIе хIур биллина «Муравей». Хьацар кIур хил-ла тиэкхийра цара иза уьйтIахь. Эххар хIиттинчу накъосташа: «Да оставь ты эту рухлядь. Разве что на свалку ее выбросить!?» - бехк боккху цара шайн на-къосте. Амма важа къарвала дагахь вацара. Кхин шен дан хIума ца хилча, вахана БТР тIехь волчу ме-ханикера итт номер догIа, сетал (отвертка) деана, матороллер тIера, тракторан «пускач» тIехь хуьлу-чех долу, магнит схьадаьккхира. Иза эцна кехвелира иза. Иштта кIезиг, мерцхалгаш нислора доккхачу Россин эскаран тIемалошна йукъахь. ТIаме бахчхьа-на лаьцначура арабаьхна, кIезиг хан йиснарш кон-тракташца берта балийна, шортта алапа луш коман-дировке бахкийтина, дера, акха амалш мел йерш чу-баьржинера-кх миска Нохчийчоь чIанайоккхуш Iадо. Иза цара кхочуш дора шолгIачу тIамехь де, буьйса ца лоруш. Цундела гIайгIа йара буьйса тIейар – ца хаара вайна хьанах, мичхьара лардала диэза. ШолгIа тIом болабелчхьана цхьана буса тIиэра тIехула йухуш йолу бедар дIайаьккхина йа тховса керта вон догIур дац аьлла дог тийна вижина вац кертахь доьзал болу стаг тхан йуьртахь. Изза хилла хир дуй хаьа суна Теркал сехьарчу йарташ-кахь а. Буса меттахдолура шина агIорхьара зулам: БТРийн, танкийн маторийн гIовгIанаш хьан хIусамна герга мел йогIу дог лазадоккхура, дегI гIорош тхьуздулура, деккъа лерса хуьлий, гуллора хьо, хьо волчура меттаххьан ца хIуттуш, моьттур дара, хьан меттахвалар тIема техники тIехь болчар-на хаалур дара; цхьайолчу буьйсанашкахь чехка хоьхкучу машенийн чкъургийн шакарш йа буьйса-нан тиэналлехь девллачу герзийн татанаш  дIаоьра 1адийначу белхаран маьхьаршца, зударша доьхучу орцанах. Оцу кертахь адам дийний, цу кертахь кхана тезет хIотта дезий йа дIабигначарех кадам бан безий хаара хьуна. Оцу хенахь хьо хIумма йоцу хIума хетара хьуна йа диэналла, йа боршалла, йа адмалла доцуш. Хьайн сегахьа яьлла кIилло хетара хьуна хьо. Амма орцаниэ хьаьдда водахь, хьо вейтар бен, хьайгара царна гIо хирг  цахиларна къера вара. Оцу къералли тIехь хьайн са лардан бехказло хуьлура хьуна. Оцу хенахь дайна «ас», «со» тахана вовшашна йукъахь вай кхерамаш туьйсуш баха долийча, юьхьIаьржа хIуьтту со: - Ма сиха денъелла-кх вайн хIоранан йоьжна цIе. Ма сиха дицделла-кх вайна, ваьш «ас», «со» доьжна, вовшашна дан накъосталла доцуш лелла шераш, - бохуш, ойланехь. Цхьа накъосталла диснера вайн вовшашна дан, дийначара белларш, байинарш, мел эрча даьлла дакъа хиларх, дIабохкар. ВаххIабитийн карах балар хилла дезткъал сов дакъа дIадоьллина тхан эвлахь, ткъа федералийн карах бIе ткъа стаг докъаза вайна, бIе сов вен вийна. ТIамо зен даза, иза чухула чекхбалаза дукха хIусам ца йисина, массо керташкарчу нанойн, йижарийн, жоьра бисинчу зударийн бIаьрхиш лешаш лаьттар ду кхин иттаннаш шерашкахь. Иэсо ца дуьту вай керта деанчу вонах дицдина д1акъаста. Иэс сих леташ лаьтта дийнахь, буса тем боцуш.




                Ден тезет
Нохчийчохь шолгIа х1оьттинчу тIеман шолгIа гуьйренан шолгIа Эсаран бутт (октябрь) тIебеънера. Гуьйре хаза лаьтташ йара, аьхкенан йовхо ца эшош, байчу махо гезгамаша идош, хазачу жеройх ца къаь-ста куц-сибат санна, духар къагийна лаьттара Нох-чийчоьнан Iалам. Йочанаш хьейаларна Хулло–хи-м лекънера. Йуьртахула догIуш чекхдовлуш Эвтарахь хьаладаьхначу ханан татолаш бен дацара охьа-дог1уш. Йуьртахь йаьхначу гIунаш чуьра молу хи лахделлера йокъанна ч1ог1а хиларна. Оцу шарахь аьхка дуьйна, кога волавелча галл-гала вуьйлуш, корта хьевзий сих-сиха новкъахь охьалахлуш, коьрта пхенаш дукъделла, цIий лелар царна чухула ледар хиларна, бала хьогуш вара дезткъей пхоьалгIачу шаре ваьлла сан да. Коьртан пхенаш дукъдаларна коьртан туьтан чохь давлениа лаьттара цунна. Лелош молханаш-м дара цунна, амма мерах цIий хьаьдча бен паргIат-м ца волура иза. Иштта цамгар йолчарна цIий мерах хьаьдда дIадаьлча дика ду олура лоьраша. Коьртахь цIий доккхуш нах ма - хиллий вай-м хьалхалерчу заманахь дуьйна. Амма даккхийта реза ца хуьлура тхан да шен коьртах цIий. – «Сан дIавоьду хан йу, эша-ц суна лоьраш, пхьераш, молханаш, - олий, наггахь молханаш кхуьссий дIадохуьйтура цо мала ца молуш. Эсаран беттан пхоьалгIачу дийнахь малх кхетале Iуьйран ламаз дина, вирд даьккхина (Эвтарахь воIда йолуш ду тхо) кертахула бIаьрг тухуш волавелла, чувеана цхьа цастар бепиг кхаьллина нехчанций, мазций тIе чайнан къурд беш, «Делан дуьхьа, ма дегI дика дац-кха сан», - олуш, шена аьрру агIорчу аьчган маьнги тIе охьавуьжу иза. Оцу охьавижарций диэг1ан аьрру агIо, мотт соцу цуьнан. Тхан юьртан больницехь коьрта лор волу Мовлди (тхан дейишин кIант) валаво воьжначу дена тIе. Цо коьртан пха хадар (инсульт) билгалдо, оьшуш долу молханаш леладо, пхенех, дилхах мехий детта, амма цхьа хийцам боцуш ши де-буьйса дIадолу. Лор волчу сан шичас, пхеа дийнахь–бусий дийна висахь, товаларе догдохийла йу олу. Iожаллица къовсадаларна тоьхна хан лору иза лоьраша оцу цамгаро дожийначу дегIана. Инсульт тхан цIийнан зуьратан х1ух йоьлла, тIаьхьенашка цIийца дIалуш цамгар йолчух тера хета суна. ХIунда аьлча тхан денда, цхьа деваша, шиъ дешича, дейиша оцу цамгарах д1акхалхар хилла бу эхарта. Тхан деваша денда леш-м со жима хилла, цундела уьш балар бах-бахарца бен сан иэсехь ца дисна. Кхиберш оцу цамгаро дIабигаран со теш ву, х1унда аьлча царан Йасин доьшуш, со гонах хьийзина хиларна. Бакъду, уьш цхьа сан шичас (лоьро) ма-аллара, пхеа дийне ца бевлира ца леш, эгна меттахь бисиначул тIаьхьа, цхьа дешича йоцург. Иза берхIиттолгIачу дийнахь кхелхира, цуьнан цхьа меже ца сецнера, цхьа мотт боцург. Шен йерриге къайленаш Дала адмана яьстина цахиларан билгало йара тхан дешича ца леш берхIиттолгIачу дийне йалар. Делан керахь бара воьжначу сан ден, цунна тIехьийзачу сан, сан уггар жимах волчу вешин (иза ден кертахь Iаш вара), сан шина кIентан, тхан ненан-йокхстеган а. Дан накъосталла йа гIоле йоцуш гонах-м хьийзара тхо. Ша дIакхеттачуьра кхин метта ца вогIуш, дууш хIума доцуш доьалгIачу дийне велира иза. Ма дукха гIийла ойланаш хьевзира коьрте: шо хьалха сайн дел жима деваша кхалхар кху дIабоьдучу тIама йуккъехула. Ваха-ван маьрша доцуш (иза Джалкхера Цоци-Эвларчу кешнашка вало везаш вара) кIеззагчу нахаца дIаволлар нисделира, некъахь массо блокпосташкахь тхох чекххьоьжуш вай «марша даха баьхкинарш». Тхан ц1ийнан пхеа вежарийн доьзалех висинарг сан да, цуьнан воккхах волчу вешин кIант бен кхин цхьа вацара. Да дIавалахь цIийнан воккхалла, жоьпалла тIедожара суна, цундела Деле хIора ламаз тIехь дечу доIанашкахь доьхура аса, агIо сецна, да дийна витар. Гуьйриг хилла висна са чохь оьшура суна иза. И волуш суна кхерамашна, гIайгIа-балийна дуьхьал боьттинчу пена тIехьа хетара со. Со кхузткъа шаре гIорттиншехьа суна со къона, нуьцкъала хетара ден Iуналлина кIел. ХIинца и дерриге хаьрцина доьдуш дара, цхьа Дела воцчуьн сацо ницкъ боцуш. ПхоьалгIачу буса хьажар тидаме долуш, садеIар дайделла (цул хьалха хар-хир деш дара сада1ар, сих-сиха бага дашийна киса хьоькхуш). Аьтто куьйган пIелг тховх хьала хьиэжош, цхьаъ тхоьга ала гIерташ санна уьшарш йеш хеталуш, хийцавелира иза. Да воьжначу пхоьалгIачу суьйранна тхан йуьрта чу, гонах эскар доьссира, кеманаша тIоьхула гонаш туьйсуш цIенойн пенаш, кораш дегош, хорша хьаьхча санна хьераваллал бала бара соьгахь. «Инна лиллахIи ва Инна илайхIи ражиIун фалхьукму лиллахIил Iаллиййюл кабир» – бохуш, Деле собар доьхура аса. Оцу буса Йасин, кхин долу Къуръанан айаташ дешна со воллушшехь, цкъа-шозза тховх кхозучу лампе хьаьжжинчохь, тхан ден бIаьргашна тIе марха йужуш санна хийтира суна, куьг Iоьттича когаш шелбелла карийра. Сан бIаьргех дуьйлу хин тIадамаш цуьнан шелделла далазчу дегIа тIеIенаш дара. Айса дечух дика кхеташ воцуш, дIанисдира ас сайн ден куьйгаш когаш, белабелла лаьттачу бIаьргашна тIететтира негIарш, д1ачаьг1начохь ла-цадалийта пIелгашца саца деш. Йуха, гатанца шед беш, дIайихкира чIениг, йелайелла бага дIачIогIуш. Цул тIаьхьа хаийтира тхайн нене, веше, берашка да дIаваьлла хилар. Моллийн, цуьнан накъостийн кара вахале оха лийчира тхайн ден дакъа. Оцу буссехь гонахарчу керташкахь хаийтира, амма йуьртахула цул дехьахула салташа ког ца боккхуьйтура. Оцу буьйсанал, тIедогIучу дийнал со холча хIоьттина мур сан дIадаханчу дахарехь йа йаккха йисинчу хе-нахь хир йу моьтташ вац со цкъа. ДIасахьажо, хIара де, и де ала накъост вацара суна кертал арахьа хьов-за. Деца кертахь волу ваша Оьрза-гIалахь (Червлен-нехь) прописка йолуш вара, воккхах волу чуьра кIант гIалахь Iаш ву аьлла йазвина вара, милицехь балхахь волу ваша цIахь вацара, шен доьзал бадийна Калмыке вахана, кхолагIа ваша Теркал дехьахь Iаш вара шен доьзалца, ткъа йижарий, (уьш кхоъ йу тхан) цхьаццанхьа марехь бара, шайн доьзалшна хIун дийр ду ца хууш, уьш бовдийна лелош. Оцу дийнахь сайна тIехь лайра аса адам дIадоллар мел хала, онда белхий безаш барам хилар, нах ца хилча, и барам шена бисча, адмаша вовшен мел пусарца лара дезаш хилар. Тахана накъосталлина суна милла мегар волуш хьал дара,– иза муьлххачу тайпана, вирдехь, къомах велахь (со-м цкъа ца хилла уьш къестош). Дакъа лийча дина, марчо хьарчош, докъа ламаз дина, иза лахьте дерзо кечамна молла виэзара. Амма цуьнга ала, кхайкха ваха маьрша дацара. Ура-маш дIалецначу салташа ког дIа ца боккхуьйтура. Кешнашка каш даккха нах бигар хьеха ца дойтура. Тезета зуькаре нах кхайкхар-м хьеха дойла йацара. Ткъа велларг дIа ца воьллича ца валара. Да дIаволла некъ баккха йа вала, Далла тIе болх буьллуш, ният дина, тхайн кешкара йуьртарчу боккхачу новкъа ве-лира со, «Ла хьовла вала» доьшуш. – Вухавала, герз тухур ду ша, бакъо йац урамашкахула лела. Саца, къано! – олу некъал дехьа лаьттачу салтичо, автома-тан чаппагIа «гIарчI-гIирчI» аьлла, йулуш. «Эскар-хо, суна шун коьрта инарла оьшу. Сан да ву дIаволла везаш. Шун хьаькамна тIекхача везаш ву со. Ткъа ахь вехь, со ирс долуш хетар ву суна, тIеман балех волуш, сайн деца цхьана эхарта ваха некъ х1уттуш. Мичахь лаха веза аса шун инарла?» – хотту аса, цуьриг салтичо тIелаьцначу герзах оза ца луш. Салтичо герз охьадохуьйтуш, олу: - Некъа йи-стехьа таьIаш, тIай долчухьа гIо. ТIайл дехьа некъа-ца йолчу школан хьалха хила мега хьуна ахьа лоьхург. Хьо бертаза тхуна тIехваьллий хаийта хьайга хаттахь.– Цхьана хенахь туьканаш чохь хил-лачу гIишлошна тIехваьлла, биъ некъ къаьстачухула аьтто агIор маьждигехьа со дIавирзича, хьалавогIучу, хьалхара зуькар олуш, нах дIабухкучу тобанан тхьамдина, Бугхьаджин 1абдин Хьамзатана, тIеIоттало со. Иза суна хьалха доьшуш кхиъна жи-мастаг вара, шеен дег1 дуьззина деналла, ийман, нохчалла долуш. Хилларг цуьнга хаийта охьавирзи-на вара со а. Хьамзата, аса арабаьккхина некъ шена бовзийтича, соьга кадам бина, ша вогIу хьоьца элира оцу инрлина т1е. 
Йуьртана го лаца болийначу суьйранна, йуьртан кхиэла йукъахь болчу цоцанхоша (царна йукъахь вара Хьамзат а) барт бина хиллера, йуьртдеца цхьа-на го лаьцначу федералийн куьйгаллица ишколана хьалха, тIел дехьахь, дагадовла вовшахкхета. Тхой-ша кхин башха дуьхьало йоцуш, кехаташ хаттар бен, дIакхечира воьдучу. ТIайл диэхьахь Хулло–хица асфалтан-некъана лакххьа, лаххьа агIонашкахь, бердаца лаьтташ ши БТР йара, некъана лаххьа агIор, ГучиговгIеран мойка, кафе, аптека чохь лаьттина йохийначу гIишлонна хьалха лаьтташ инарлин УАЗ йара. Хьамзат, со маршалла хоттуш тIевахара инар-лина. Хьамзат вевзина, куьг лоцуш, цуьнца тIекаре велира инарла. Иза Советан Iедал дохале Шелахь танкаш гулйинчу частехь гIуллакх деш хиллера.
- Хьамзат, ахьа шайн эвлахь тIемалой-бандиташ бац бохуш чIагIонаш йора, ткъа уьш шун юьрта чуьра, эвлан арахьара тхоьга маьттаза хIумнаш дуьйцуш, тхуна шайн кийрара дерриге дIовш багахула, эфир мел йу, тIеIеттош ма бу. Цунна хIун эр ду ахь? Хет-таршца тIевирзира иза оха шега цхьа дош алале. «Уьш цхьа бератIорзаш хир йу хьуна, - цхьа цIе-м йаьккхира Хьамзата инарлин, - ахчанах, рацех, ма-шенах Iехайелла лелаш, корта болу тIемалой йуьртана, цунна гонах хьийзар бац, эскаро го лаьцначунна-м мухле. Ткъа шаьш ца дендолчу хIуманца эрна багош йетташ болу зуламхой гучубо-хуш, тхо шуна накъосталла дан схьагуллуш ду-кх», - олий, Хьамзата аса беана сингаттам дIахьахабо инарле. Вайна йукъахь Iийна, вайн гIиллакхаш дов-зарна хир дара иза, инарлас кадам беш элира: - Адам далар, делча дIадерзо дезар дахаран киртигаш йу. Тезетан барам, велларг дIаверзош, аша мел экам ле-лабо, хаьа суна. ХIинца соьгара хIун оьшу хьуна, аьлла, тIевогIавелира иза суна. – Суна кешнашка боьду некъ (хIара вай тIехь лаьттарг бу иза) маьрша хила безар бу каш даккха нах бига, дакъа лахьте дерзо шовзткъа – шовзткъе итт стаг тIехь автобус йига, чурт схьадан маьждиге боьдучу некъахула дIасаваха. Оцу хенахь кху тIайн йуххехь схьагулло йуьртан кхелан декъашхой болу къоной, юьртда а. Йуьртден карахь-м цу хенахь «туьха доьхку дацара», вайн къомо ма-аллара. И ша ларлуш, лечкъаш лелаш зама йара иза. Ма тов ца хилча, ма торру, аьлла дайша. Ишттачу хьолехь хилира сан ден дIаволлар а. Делахь оццу дийнахь шен гуттаренна йолчу хIусаме дIаверзар-м нисделира цуьнан. Оцу дийнахь суна тезетан белхех баьхкинарш тхан йуккъера гуной бара дукхах берш. Дела реза хуьлда царна, со дийна мел ву ас лерам бийр болуш нах бу уьш. Ураман некъашкахула дIасадохуьйтуш доццу-шехьа, бошмашкахула лелачарна тIе герз тохарна кхерам салташкахьара шайна боллушехь, уьш нехан керташкахулий, бошмашкахулий суна орцах баьхкинера цу дийнахь. Иштта хIума бусалба бо-луш, доьналла долчаьрга бен далур долуш дацара. Минкаилов Iусмана, Эдильханов Рамзана лийча веш, кеч вира сан да. Эдильханов ГIеза-Хьаьжас, Бугхаджиев Хьамзата хьалхара олуш, зуькар деш маха бира гулбеллачара. Иризиев Мусас, Ахмадов Iальвис, коьртехь болчу кегийрхоша каш даьккхира. Йуьртахь дIайоьдуш «зачистка» йолуш, цхьана ав-тобус «Пазик» тIехь оьшу гIирс, нах буьгуш (коша гонах деша, бIе зукар дан а), «Жигулина» тIехьа тесна прицепа тIехь барам сацош 5-6 стаг вуьгуш, чекхдаьккхира кешнашкахь дерг. Оцу дийнахь санна накъостий эшна де кхин догIур дац суна. Дала цхьанне ма гайтийла иштта холчахIоттар. Кешнашка нах бигар, чурт схьадар, автобус йалор, кадамна нахана дуьхьал хIиттар – дерриге сайна диснера суна, хIунда аьлча сан йуьхь гича бен цхьа дIаса ца волуьйтура салташа. Ткъа со хIоранна (салташна) къежаш, несалла лело дезаш вара, сайн тезетан барам чекхбаккхархьама. Тхан да дIавоьллина кхоолгIачу дийнахь йуьртан го дIахоьцуш, дIабахара салтий, амма уьш арабовларций чубаьржира Иблисан бIо а. Федералаша оцу «зачискехь» йуьртара дуккха нах йетташ хьийзийра, ткъа берхIитта жимха дIавигира, царах бархI тIепаза вайира. Йиттина мадбинарш маьI-маьIIехь охьакхийсинчу иттаннах шиъ велира, вуьш цхьацца дегIан заьIпаллийн сакхташца кху къизчу дуьненахь, хьег1аш, гIийла бIаьрг бетта бисира мостагIчунна бекхамна дог Iийжаш. Дика ду-кх Дала вайн мостагIашна чIир оьцуш, бекхам бийр болуш. Оцу дегайовхоно синтем луш, Дала дуьненахь йисна хан йаккха собар, диэналла лойла Нохчийчоьнан массо заьIапхочунна, кIант вийначу массо къоман наношна. ТIамо кхолийна стигал йекхайойла къинхетаман ницкъ болчу цу Дала. Кхин цкъа ма гойла вайн махкана, къомана т1амца, цамгарийн уьнца, 1аламан буьрсаллашца боьссина бала. Дала маьрша дахар латтуьйтуьйла кху махкахь абден абдаллалц. Амин.

               

      

                Йуьртан тезет
Цоци-Юрт, дуьненчохь шен оьмар йолаелчхьана дуьйна, яьлла яц тезетийн барамашкара. Йиллина ши бIе шо кхачале кхузза йагош, йохийна хIара. 1849 шарахь, шийтталгIачу Г1уран баттахь (декаб-рех, йиллина 10 шо кхачале, йагийна полковник Слепцовн ардангаша. 1852 шарахь инарла – адъю-тант эла Барятинскийн гIеранаша Жалкх, Хулло, Гумс хишца йолчу йарташца цхьаьна шолг1а йагош чим бина. 1919 шарахь инарла Деникинан кIайчу эскаран дакъоша, полковник Пушкин шайн коьртехь волуш, кхузлог1а ц1е кхарстийна цунах. Оцу тIамехь полковник Пушкин, кхин эзар гергга кIайчу эскаран эпсарш, салтий бойу. Амма Цоци-Эвло верзаво лахьте 374 йуьртахо. Иштта большевикаша дохийначу паччахьан Iедало хьийзийна тхан йурт. Ткъа советийн Iедало берриге нохчийн мохк санна «хьистина» цоцанхой Гулаган концлагершкахь, кхойтта шарана дайн лаьттах къастийна. Бакъду цоцанхоша шайн аьрхаллийца шайн цIе йаккхийтина цу Iедалан харцонца берта ца боьлхуш. Советан Iедалан харцонашна, Чекан къизаллина дуьхьал уггаре хьалха цоцанхой бевлла. Цоци-Эвлахь воь, кIело йой Кундухов Муса (гIарваьлла ЧеКан уполномоченный). Цоцанхоша йо массийттаза кIелонаш, нохчий Делах баха гIиртина чекистана, Ушаев Мазлакна. Амма цоцанхойн карах вала лоьг1на ца хиллера цуьнан. Кхуззе кIелхьара вала аьтто баьллера цуьнан, хIиллий, мекарлой шайтIангахь чул алсам хиларна. Дуьххьарлерчу кIелонах ларвала хиънера цунна, ша тачанка лелош волчу даьнчикан метта хиъна, важа шен метта тIехьа хаавар бахьана долуш. ШозлагIчу кIелонах хьаьжкIаш йуккъехула нехан керта иккхина, цу кертара зударийн бедарш йуьйхина, къайла ваьллера иза. Цул тIаьхьа ван веана, оцу ша кIелхьара волуьйтуш, шена зударийн духар деллачу зудчун 17-18 шаре ваьлла цхьаъ бен воцу кIант вийнера цо. Шена кIело йарна бехке и декъаза хIусам йина.
КхозлагIчу кIелонах цоцанхойн хIусамехь маьнги кIеллахь лечкъина ваьллера иза, чубаьхкинчу обар-гашка (и цIе йахана хилла-кх нахалахь Iедална реза боцуш, къовсабелла лелачех), кху чу веана стагга вац аьлла, Мазлак лоьхуш баьхкинарш кех а бохуш. Баркаллин меттана ша дIавоьдуш Мазлака аьлла хиллера х1усамдега: - Ахь со гучу ваьккхина хил-лехьара, хIокху тапчий чуьра йалх патармийн дIаьндарг хьан дегIах чекхъер йолуш йара хьуна, цхьаъ сайна кхачош. Иштта хьуна лела мел хуу, дуккха вехар ву хьо!» – Тхан йуьртарчу обаргийн боламо Советан Iедална гергахь дайира, хьалха Де-никинан б1она дуьхьал леташ, цоцанхоша больше-викийн Iедална дина гIо-накъосталла. Цул тIаьхьа Советан Iедало дIатуьйхира тхан йурт тешам байна-чарах, тхан йуьртана гонаха тIеман картанаш тIехь, билгалонна, ЦIен къоламца го хьоькхуш. Оцу бил-галонан хьоькха кIеллахь тхан йурт йолуш, болало демократически Россин Нохчийчоьнца хилла тIаьххьара шолг1а  тIом. Оцу тIамехь цIечу гона йукъахь долчу тхуна шовзткъаза сов йо «зачист-каш». Бакъду, кху кегари йукъахь тхан йуьртахоша бIелиг диллира: кхуза алсам гулделира «шайтIанаш», нефть кхехкош, къуьйсуш, тIаьхьа ца дисира, Куршлойн к1оштан комендант кхузахь вий-ра, тхан эвлахь «Мексика» йина Iийра «массо тайпа-на берзалой». Дийнахь федералаша, буса «шайтIанаша» дойуш хьийзош дара тхо. Шинхьар-чаьргахь герзаш дара, ткъа герзо – беро лаг оьзча воь. «Iаьхча 1уьно боь, ца Iаьхча барзо боь» - боху хьал дара мискачу, цхьана хIуманна гуьнахь боцчу цоцанхошкахь. ТIе долчул новкъа дара цхьаъ вийча тIе олуш дерг: - «Шен бага шегахь ца сацийна хир йу. ГIуллакх доцург дукха дуьйцура цо». Иза Iаьржа, кIайн къасто ма гIерта, харц-бакъ йа нийса-гIома ма хьехаде, «маршонан» цIарца арабевллача-ра, мел доьхнарг леладахь, бохург дара. Иза зулам деш болчарна маршо йалар дара шайн йамартлонаш дIакхехьа. Цундела цара (шайтIанаша) жимма таро йерг ахча охьадилла йа герз эца олий хьовзавора, шаьш бохург ца динарг воьра. Шайна реза воцуш хаавелларг, шайл хьекъал дерг, маттана йа Iилманца йа похIмаллийца гоьваьлларг вуьй дIавоккхура. Долчунна тIе хьо бIарзвеш дерг иза, лергашна къора хилла, бIаьргашна бIаьрзе хилла, амма шайл лела, хьекъал долуш цхьа ца хетачара, шайн десачу ха-баршца хIиттош йолу кеп йара, шаьш Нохчийчоьнна маршо йоккху аьлла, шайн кел арахьа ког баьккхина боцуш йа цхьана соьмана оцу белхийна йина харж йоцуш. Къанвелла, пенсии догIучуьра сецна, бежна кхаьбна, иза доьхкича шен доьзал хене баккхалур бацар теша  бохуш воллург вийча, ишттачу вонашна бен боцчу наха, бехказа буьтура зуламхой. Зуькарца нах дIабухкуш леларш байича, уьш богIуш байина хуьлура царна гергахь. Гуманитарни гIо шен кертахь декъа бакъо йелларш байинарш бехказа лорура. ХIора оршотан, йеарин йа пIерасканан буса тхан йуьртахой цхьацца бахьанашца «декъал беш» лелаш «ваххабитийн» тобанаш яра. Ткъа дийнахь, хIора керта «мангал хьоькхуш», наггахь кIиране бовлуш, федералийн армии йара. Оцу хьоло ах йурт ирх-пурх махках йаьккхинера, ткъа йисина ах хи чу бахана йа хIаваэхь Iа хилла къайла бевлла ца хууш, доь доцуш йовш йара. Оцу йуьртахойн хьесап шина бIене дIагIоьртинера. Кхоъ йуьртда, сельсоветан белхалой байинера. Эха шарахь йуьрто хийцинарг воьалг1а йуьртада, Дикаев Турко, вара. Иза шаре ца волуьйтуш вийра каде хьийзачу «нохчийн къомана маршо лоьхучара». Нохчий байина кхачийча цара маршо хьанна лоху-м хаац. Бакъдерг аьлча Дикаев Туркос, буса йа дийнахь орца оьшуш меттиг баьлча, йуьртахь йагош йолчу газан биргIанаш тIе аьчган хIума тохар йукъадаьккхира, тIе хIора йуккъехь са-мо еш тобанаш кхолла элира, вайнах бу бохучаьрга, федералийн тобанашка талораш ца дайта. Буьйса-нашкахь ха дарх гIуллакх ца хилира, герз долчу то-банашна аьтто боллуш дара, буса цIера гонах Iаш болчу гIаролхлшна геннара тIе герз тоха. Амма га-зан биргIанах хIума тохаро йерриге йурт мет-тахйоккхура, оцунах талорхой озалора мелла.
ТIекхечира рогIера йелахь, йацахь, цоцанхойн собар кхачийна «зачистка» ткъе вуьрхIитталгIа йа берхIитталгIа. ДелкъалтIаьхьа малбуза ламазана молла кхойкхуш волуш, йуьртана тIехула хьевза ма-сех кира кхоьхьурш, вуьшта тIеман вертолеташ а. Боккхачу некъахула Куршлойн эвлехьара, Аргу-нехьара эвла йистошка таттайелла йеза техника. Вертолеташа десант хаайо йуьртана гонаха. Уьш юьртана чубулуш бу олий, шийла кхаъ баьржа йуьртахь. Оцу буса йурт йижна йац. Массо шайна тIера бедарш дIа ца йохуш, сема Iа, техникийн гIовгIане ладоьгIуш. Оьрсийн вертолеташ тIоьхула дуьйладалале цхьа ши сахьт хьалха, бакъду, эладита санна хабар даьржира, «тIемалой» йуьртара ара бов-луш бу аьлла. Царна муха хиънера-м хаац йуьртана го лаьцний. Оцу буса, са хила цхьа сахьт дисначу хенахь, йуьртана тIоьхула дIайоьлхуш, йетта ша-карш хезаш, кхисса йолийра минаш, снарядаш а. Уьш йуьртана лаххьарчу хьуьнах, эвлан йисте йет-талуш хаалора. Оцу кхиссаршна йукъа цIеххьана, малх схьакхеташ болуш, газан биргIанах деттачу аьчгийн гIовгIа ийра. Йуьртахошна хаара, - иза орца дехар дара. Федералийн техника, салттий йуьртан урамашка баржа буьйлабелла хан хиллера иза. Ад-маш хIора йуккъера пхиппа, йалх-ворх1 вовшах кхеташ, орцанна биргIа екачехьа дIагIоьртира, хилларг хIун ду ца хаахь а. И хаам бинарг, йуьртдеца дага ваьлла, оцу буса хIусамашка минаш, снарядаш кхетта байинчу нехан верас хиллера Хасаев Асланбек (Дала гечдойла цунна, иза тIаьхьо зуламхоша вийнера чуьра кхайкхина ара ваьккхина). Оцу стагах лаьцна ала диканиг бен цхьа вониг дац сан йуьртахойн, иза вевзачийн а. Цуьначул хаза йоза долуш стаг хир вацара. Диъ маьхьал шен куьйга йаздеш, Iама деш чекхдаьккхинера цо уггаре луьрачу хенахь. Куьйгашна говза пхьар вара иза. Шайн йуккъехь жамаIатан маьждиг дира цо, дукхах болу болх ша беш. Амма чекхдаккха ца кхиъвелира. Зуламхойн ка делира иза вен, Дала мукълахь шаьш дакъаза бов-луш. Нагахь санна Iедал (федералийн) берта дIагIахь, хIора йуккъехь низаман тобанаш кхолла лууш, Iедалца дийцар деш вара иза. Ткъа федералаш бацара вайца бертахь, цхьаьна Нохчийчуьра тIом, цуьнан зулам дерзо лууш. Царна мелла вай дайина кIезиг дан лаьара. Иза цара бехк-гуьнахь доцу нах хьийзабарехь, дIабигначарна тIехь, фашистийн ла-гершкахь санна, эра даккхарехь гуш дара. Иза кIеггина тIеделира цара оцу буса цхьана чуьра мар-ваша, нус, дийнера, 7-шой, 12-шой долчу шина бе-рана чевнаш хиллера, хIусамаш йохийнера, лахо меженаш йоцуш аьтта бежнаш дара йуьртахойн б1аьргашна оцу кертахь гина сурт. Оцу къизачу то-харан суьрто йуьртахойн собар кхачийнера, оьгIазлоно белчий йа бисчий бен ца хетачу хьоле баьхначу нехан дегнашка хьераллийн майралла йоьссинера. И тезет йалхоша йуьртан боккхачу не-къа деанера, дийна стаг, зудий дIадолла кечдина ба-рамаш тIехь долуш. Юьртан Совет йолчу беанекъе схьадалийнера и тезет, федералийн техника, эпсарш, хьаькамаш йуьртахула чекхбовлучу метте, царна гайта, шаьш муха, муьлха Конституцин низам д1ахIоттош ду Нохчийчохь. Деш доIа, оьцуш кадам болуш, йуьрта йуккъехула болу некъ дIакъевлира цоцанхоша оцу тезетаца. Кхечу урамашкахула маьрша дIасавоьдийла яра. Тезет йуьртарчу беанекъа даккхаран Iалашо йара, Нохчийчохь ду бохучу Iедалан, Россин Iедалан шаьш лелош йолчу хар-цонна тIе тидам бахийтар. Нагахь вай Россин граж-данаш делахь, вайна Конституцис йелла бакъонаш цаталхор, бехк боцург цахьийзавар, лецна дIабигнарш болу меттиг гергарчарна билгалйар, уьш стенна бехке лоруш бу гергарчарна хаийтар. Лаьцна дIабигначарна тIехь концлагеран къизаллаш цалелайар и дI. кх. халкъан дагазаллаш йовзийтар Россин 1едална. Цоцанхошна лууш дара Iедалера векалш кху тезета бахкар йа йуьртахойн векалийн делегации тIеэцар. Амма иза йа важа  баттахь тхан тезет дахделча ца хилира. Куршлойн районера зам. начальника РОВД Майрбек веара (иза тIаьхьо вий-ра, Дала гечдойла цунна). Цо хаза хабар дийцира, амма гуш дара, цкъачунна нохчийн милицин карахь дукха хIума цахилар. Уьш шаьш бара Россин спец-службаша дIаидош. Тхан йуьртан тезетана гонах хьаьвзира шайн-шайн Iалашонашца тобанаш. Хаса-ев Асланбека кхоьллира Нохчийчохь Россин Кон-ституци ларйеш, нохчашна тIехь харцонаш, къизал-лаш лелор сацош, дехкаран Iалашо йолу тоба. Оцу Iалашонна реза хилла со дIакхийтира Асланбекан тобанах, царна шайна йукъахь со эшар цара сайна хаийтича. Тхох схьакхийтира Хадизов Сайд-Хьусайн, Хайдаров Мохьмад, Шахгираев Апти. Ху-сиев Iимран (йуьртден гIоьнча), Дикаев Турко (йуьртда), кхин цхьацца зударий, йуьртахой а. Оцу цхьаболчарна лаьара оцу тезетахь митинг юла. Ми-тинган плакаташ, лозунгаш, докладаш еш, Ичкерин Iедалца политически дийцаре йалар Россин 1едална тIедожош. Ткъа кхоллагIчу тобанан Iалашо хиллера оцу тезетан барам шайн дола боккхуш, гулбеллачу нахана йукъахь шайга видеокассеташ йахийтар де-заш. Шол1ачу, кхолаг1чу тобанийн 1алашонаш,  ший хьехайойтийла дацара. Нагахь оцу аг1ор тезе-тан барам хьовзо и ши тоба гIортахь, нах дIасабохуьйтур бу аьлла, сацам хилира йуьртден то-банан. Оха дихкира шинхьарчарна кху тезета хьий-зар. Тезет дIадиллинчу дийнахь дуьйна Iотта-баккхам хилира йуьртахойн федералашца. Декъий эцна, урамаш дуьзна йуьртан йуккъе гулло нах гича, Дала кхерам теснехь, йа шаьш динчунна хотIе хилла озабеллехь, йа эхь доьссинехь а: «Тут начинается вторая Палестина!» - бохуш, шайн техникица эскар йуьртара дIадаханера, даьхкинчу вертолеташа гона-хара десант дIаюьгуш. Амма хIара тхуна ца хууш хили, йа бехначехь нисдели, «пха ду, къахка ду» аьлла, цхьа да ца веара йуьртахошна тIе. Тхан йуьртал арахьарчу постехь болчара и бригада кхе-чанхьа дIайуьгучура чуйирзина йара, бохуш дуьйцура цхьацца хабарш. Шайна уьш мичара баьхкина, йа стенга бахана ца хаьа олура. Ткъа цо-цанхошка шайна Куршлойн-Эвла шайн хьекамашна тIе дIасадаха некъ д1ахеца бохура бронетехникица д1асабоьлхучу федералаша. Барт ца хилира и некъ царна д1ахеца йуьртахойн, шайна т1е церан лакхара 1едал т1едаллалц. Оццу дийнахь делкъа хан хилале 11 сахьт долуш Куршлойн Эвлахьара юьрта чукхочу йоккха армейски колонна. И колонна-м тхан юьрта-хула чекхъяьлла, цхьана шен Iалашоне йоьдуш хил-ла хир йара. Амма хиллачу бохамо дегнаш карзах девлла Iачу тхуна и колонна беха, боккха боьхачу саьрмиках тарйеллера. Хулло-хинан тIех ма бевлли колоннин командире йуьртана хе хIиттинчара аьлла хилла, кхин дIа некъ бац, аша дайинчу адамийн декъий ду, аьтто агIор дIахьовзий вукху урамехула йуьртах довла. Амма колонна хахкайелла тIейогIу тезетана. ТIаккха гулделла адам танканашна, БМП-ешна, БТР-ашна дуьхьал долало. Адам духьал догIуш гича, хьалхара, командиран танк соцу. Цо мохь туху: - «Освободите дорогу, иначе отдам при-каз стрелять на поражение!» Дуьхьал маьхьарий довлу: - «Стреляйте, гады! Убивайте безоружных, аники-воины! Кончайте всех сразу, чем мучить по одиночке!» Ирх автоматийн очередь йохуьйту. Ам-ма адмаша го бан болабо. ТIехахка танк бохучу суьртехь куьг ластадо командиро. Танкисто газ тIелой, боккха кIур а хоьцуш, танк чухьоду, нал санна. Дуьхьлара дIа ца волуш вуьсу Яхъяев Хьу-сайн, со, кхин цхьа пекъар (иза хиллера Хадизов Сайд-Хьусайн). Тхо кхоъ тхайн гIоддах дуьхьал гIоьрттиншехь, тоьттуш вадийна, йухавалош вара, хIумма хала ца валош. Бакъду оцу меттехь валаран йа висаран ойла йацара сан коьрте хьаьвзина. Сан накъостийн иза хилла моьттуш вац со. Суна ца лаьа-ра сайн ницкъ кхочуш, новкъара декъий цу технике хьашийта. Ло доцуш Iа дара оцу шарахь, Чиллан бутт (февраль) болушшехь, бIаьста санна къегина малх бара. Стаммий пазаташ тIехула йуьйхина ка-лош йолуш, хьаьддера со орцах цIера. Делахь тIейуьйхина йовха бедарш-м йара суна тIехь. Мухха делахь, танко теттина йухавалош волчу сан, кало дIайала йоьлча, когахь кало сацо со тохавелча, йу-хаидаран гIулч йаккхарх, боларх духий, танкана кIеллахь когаш текхаш, цуьнан муцIарх кхозалой, куьйгаша кIелхьарчочуьра сецаво со. Йа соьгара хьал гина сецнехь, йа хьалха, пхи-йалх метар бен доцуш, Iохку декъий, цул дехьа и некъ буьзна ад-маш гина сецнехь, танкисто танк сацийра. Оцу ми-нотехь со сайн когаш тIехь нисвелира. Танкана тIе хьалайьлла, танкисто йиллинчу люках хьалакъадий-на коьртан шлемах шозза буй туьйхира лакхара охьа йуьртара цхьа зудчо. Командиро кхин вист ца хуьлуш йуханехьа куьг ластийра. Иза тIехь волу танк, цунна тIехьара йерриге техника йухайелира. Уьш Хуллон тIай тIера охьабоьдучу некъа лаха бевлла, Гагаринан ц1арахчу урамехула йуьртах бев-лира. Иза боккха толам бара тхуна гергахь. Адаман нийсонна тIехь барт хилча, мел герзах воьттина, мел дукха хиларх, мостагI гIорасиз хуьлий хиира тхуна оцу миноташкахь. Тхуна мел чIогIа ца лиънехь, ам-ма оцу тезетахь пайда эцна хиллера цхьаболчара, шайна оьшучу агIор кассеташ йохуш, царах ганора-раш  кхочуш. ГIаларчу Iедална тIе тоба векал йира оха, тхаьшка кхойкхуш стагга воцушшехь. Бахан-чарна дуьхьала веанарг Колованов хиллера. Цо хаза хабар дийцина схьахьовсийнера тхан векалш. Оцу тезетахь вайн Россица дов цахилар, цуьнца вай бер-тахь даха дезаш хилар, амма Россис шен Конститу-ци уггаре хьалха шаьш ларйеш, массерга ларйайта йезар, аса кхайкхийна аьлла, со «шайтIанийн» Iаьржачу списки тIе ваьккхина хиллера. Иза июнь баттахь гучу делира. Баттахь оха Цоци-Юьртахь латтийначу тезетахь, оха хIиттийна спискаш йара тхайн байначу, байинчу йуьртахойн. Диначу зенаш-на хIоттийна реестран учет йара, т1едеанчу Iедална дIагайта оцу нехан даьхна суьрташ дара. Кхечу йар-ташкарчу бахархошка йаздина кехаташ дахьийтине-ра, шайн-шайн йарташкахь иштта тезеташ хIиттадахьара аша, шайн йарташкара байина, дIабигна болчарна бохуш. Амма и болх бан деналла йа ницкъ ца кхечира цхьанне. Оха-м бехк ца буллура царна, луьра зама йара иза, харц дерг харц ду ала, йа бакъ дерг бакъ ду ала йиш йоцуш, ткъа аьлча вуьйш мур бара т1ех1оьттинарг. И бакъ хилар суна хаийтира 2002 шеран 16 июнехь вайн керта записка кхоьссина. Оцу записки тIехь йаздина дара: - «Наш почтенный миротворец, безгрешный учитель коммунист добродетель. Помни 91 год. Наш памятник. Даем срок сколько Аллах позволит «Ичкерийцы». Оцу кехат тIера цхьа хьаьрк йа элп ца хийцина аса. Цундела дешархочун аьтто хир бу и кехат хIоттийнчеран грамматикин бакъонаш ларйаран хаарш довза, церан оьздангаллин амалш, хатI  довза. Ткъа суна гуш дара оцу боьхачу кехатан автор (йа авторш) со дика вевзаш хилар, хIунда аьлча, ас коммунистан цIарах оцу партехь волуш даьккхина диъ шо (1967-1971шш.) соьгара йевллачу хатIешна йукъа дахийтинера цунна. 1971 шарахь зудчунна т1е зуда йалор бахьанехь дIаваьккхинера со коммунистийн партера, школан директоран даржера. Советан Iедало шен хенахь суна шолгIа зуда йалорна, тоьпаш туху кхел ца кхайкхаяр Iаьткъинчух тера дара ичкерийцашна. Цундела Iедалера даьлла гIалат нисдар шайна тIелаьцначух тера дара ичкерийн кIенташа. «Помни 91 год. Наш памятник» - бохучу дешнаша хоуьйтура, запискийн автор 1991 шарахь йуьрто 1919 шарахь Деникина дуьхьал тIом беш кхелхинчу 374 гIазотан декъашхойн сийна б1ов д1ахIоттош, иза оцу барамна йукъа гIиртинчарах цхьаъ хилар. Цунах кхета хала дац. ХIунда аьлча цо ( запискин авторо) дусту 1919 шеран йуьртахойн Деникинан гIерашна дуьхьал дихкинчу гIазотца таханлерчу Россин олаллера Нохчийчоь марша йаккха арабевллачара дихкинчу гIазотца. Амма цо цхьана чоьте ца оьцу вахабистийн талорхоша вайн къоман хIаллакйеш йолу оьздангалла, хуьйцуш болу динан тIерикъатан некъ. Дуьненан халкъашца вайн къам иэгош хилар, зуламхойн суьртехь вайн къоман васт даржадар, нехан мехкашкарчу «эмирийн», «джамаIатийн» кара йерриге Нохчийчоьнан куьгаллин урх дIаялар а. Оцунах ша ца кхетаран тIегIан тIера кхел кхайкхайо цо, цуьнан накъосташа – «ичкерийцаша», шайна моьттург ца моьттучаьрга. Цундела ца тайначух тера ду царна аса йуьртан тезетахь Конституцин низаме, машаре дуьйла бохуш, феде-ралашка, вайн махкахошка кхайкхам бар. Делахь сан даг тIехь запискин авторна оьгIазло ца йисина – цо, ша хIун до хууш делахь йа ца хууш делахь, со ларвина шаьш кхайкхинчу кхоьлах, оцу кехатан кийсикца. ТIе, оцу кехат тIехь аьлла дара: «Даем срок пока Аллах позволит». Оцу дешнаша гойту ца-ра цхьа долу хIумнаш шайна йукъахь, адаман оьма-ран хан мукъане, АллахIан карахь дуьтуш хилар. Доьзална чIогIа лаарна со йуьртара дIаваха дийзира. Цкъа тхайн вежаршна тIе Оьрза-гIала (Червленне) вахана Iийра со (уьш цигахь бехаш Iаш болу 15 шо дара). Цигарчу школе балха дIаэцнера со, амма доьзал схьакхалхийна, Iан меттиг ца нисйелира ци-гахь. Ткъа къаьстина Iан тхуна ца лиира. Цундела Соьлжа-гIалахь квартира нисйелла, №7 йолчу шко-лехь нохчийн меттан, литературан хьехархочун болх беш, шо даьккхира аса йуьртах ваьлла. Червленнехь, Соьлжа-гIалахь дукха бара, со санна боьхна лелаш нах Веданара, Элистанжара, МахкатIера, Шуьйтара – дукхах берш ламанан йарташка лечкъарш. Массара логгалц Iаьвшинера къизачу тIамо гергарчарех къасторан, хадоран  къахьо: да-нана, йиша-ваша, доьзалхой, беза-бевзарш байина, байна, герзашца лаьмнашка бирзина. Тезетийн барам тIаьхьара ца болуш хилла сан дахаран некъ кху тIаьхьарчу 20 шарахь. Йуьртан тезет дIакхехьна аьлла хатIе вина хилар, Iабдин ВахIидан к1ант Хьаид веллачу тезетахь хиъча, вала дийзира сан цхьана шарана виначу йуьртах. Амма йуьртал арахьа шо даьккхина, Асаран беттан (июнь) 20 – г1чу дийнахь цIа воьрзуш, йуха тезета тIе нисвелира со, лулара зуда йелла хиллера. Даима со нехан тезеташка нислуш лаьттар дац дахар. Дала дуьненахь йаккха тоьхна хан чекхйаьлча, сан тезета богIур бу нах. Оцу дийнахь-м ирх-пурх, со вен хьаьгна хиллачу «ичкерийцийн» дегнаш Iебарг хир ду сох. Дала сох ала вониг долуш ма Iабадойла-кх церан дегнаш. Дала кхин тIамций, барт бохарций ма зоьйла вайн къам, мохк а. Дала хьекъал, ийман, вовшен дезаш, лоруш, нийсонах, бакъонах къилба дина, цхьана къомаца гамо, мостаг1алла доцуш, маьрша дахар лойла вайна, вайн т1аьхьенашна х1ара маьлхан дуьне мел лаьта т1ейог1учу заманашкахь


Рецензии