Забарен дийцарш

               
               
        АЛБАХЬАД  Т1УРНЕНЕ  ХЬАЖОР
  -«Т1окказ, хьо ма ч1ог1а гулвелла хиъна 1аш ву, голаш ч1енга к1ел а г1ортийна»,-
хоьтту, т1анк-аьлла  йоьттинчу автобус т1ехь охьа хиъна 1ачу Т1окказе, ирахь, озийна пха санна, вог1авелла 1аш волчу цуьнан йуьртахочо Албахьа-да.
-«Валлах1и, х1орш (шен шина голи т1е п1елг хьа-жийра цо) жимма а парг1атйаха меттиг белхьара, хоттан кибарчиг санна кху кепа кхетта, 1ийра-м ва-цара хьуна со. Амма вайн наха, некъ гатбеш дакъош гонах йеш йолу керташ санна, х1ара г1анташ т1етт1ауьйзуш, охьахоийла гаттайина-кх кхара. Цундела жимма дег1ана хьийкъина верг, хьарчийна гоь а хилла хьовзина, гулвала везаш хуьлу-кх, кху вайн дийнахь, бусий цкъа бен д1аса йог1уш а йоцчу автобус т1ехь, - олуш, жоп ло Т1окказа.
- Иштта хьаьвзина 1ан хьайна хала делахь, йуххехь т1ех1оьттина лаьтташ йолу х1ара букарйоьлла йок-хстаг хаийтахь охьа, хьо суна уллохь д1а х1уттуш. Хьайна ма тов-в когаш хецна, вог1ийла дара-кх хьан, х1инца сан санна, наггахь бен ког кху автобу-сан бухах ца хьакхалуш,- олу Албахьада. Амма оцу хенахь, ц1еххьана цхьана йекъана, лекха зудчо, шен гоьмукъ санна йолу пхьаьрсан гола, шен пханаршна йуккъе г1ерташ хаало цунна. Дег1ана, ирбина хьока бахийтича санна, тоьхначу лазарна халла садетташ, ца дог1учу дагца, веларан аьшна деш, къежа Ал-бахьад. Амма оццу хенахь оцу, чардакх санна ирхйахана, автобусан тховх корта хьекхалучу зуд-чун мохь болу: - Х1ей, хьехамашка ваьлларг, сан т1оьрмиг т1ера чувоссахь!-
Ткъа Албахьада охьахао г1айг1а беш хиллачу бу-карйоьллачо, кхунна йокхстагах тарйелла зудчо, шен дег1а т1ехь ннслой, кхоссар йо: - Стаг, ахь х1ун дийр дай ахь, хьо мел дукхавахарх, кхин сох цкъа йокхстаг эр дац ахь! Цул совнаха, аса х1ун вон болх йа новкъарло йина хьуна, ахь со оцу Т1окказан мет-тана 1азапе лоцуш, оцу т1ерал готтачу кепачу нисйан, иза хьала г1аттийна!–  Воьхначу Албахьада дош алале, чоьже буй 1утту  аьтто аг1орхьа йолчу, йеак1ов, бедах йоьттина йича санна йолчу, цхьана хьийкъинчу «Заббарис»: «Стаг, х1окху сан когаш т1ехь бохь боьг1у «танцавал» сацадай, гирзаш даьлла газа санна т1е ца хьекхалуш, хьайн дег1а т1е а нислой, волахьа. Охьавоьссича кхуьур вара хьо хьайна ма луъу хелхавийла, гирзаш к1амдан а! – олий, човхаво Албахьад.
- Эх1, ц1е йожа к1егаш т1е, зуда, дера йаха хьо эзар шарахь! Вайна ма хеттара наьзни девлла лелалур долчу барамех, къепехьа а  ца йина-кх х1ара авто-бус. Ткъа консервни банки чу йохкина ч1еран к1орнеш санна дохкуш долу вай, вовшехь хьакха ца луш, муха лелийта йоллу-м ца хаьа суна. Цхьабакъ-ду, эццахь хьан мохь баьлла, хьан когех сан когийн буьхьигаш ца хьакхабеллехьара, суна  вай дерриге, космос олучу, оцу т1урненехь ду-м моттаделлера. Т1урненан йесаллехь нека дан кечлолаш аьлла, кху автобус чу мохь тоха кечвелла вар-кх хьуна со. Дела реза хилийла хьуна, со стиглахь воцуш, лаьтта т1ехь вуй хоуьйтуш,  ахь меттавалорна! – олу Албахьада.
Автобус чохь г1оьрттина дог1уш долу адам дела х1утту. Стенах боьлура теша некъахой? Албахьад холчах1оттарх, Т1окказ санна, охьахевшинчийн гат-тийчу ховшийлех, йоккхалла т1е ца лаца охьа ца хиъначу зудчух,  Советан 1едало сел къийинчу ав-тобусах!? Х1ан-х1а, иза дахаран халонашна къар ца луш, вайнаха даима санна, халонашна дуьхьал йоху йахь, доьналла, собар, забар, самукъадаккхар дара. Дера дацара иза г1аддайна белар, Советан замано адмашна дахаран хьелашкахь къиэлла латтийнехь а. Тахана вахар-варан кхин йолу дахаран массо аг1онаш маршайевлла. Иза дика а ду. Амма цхьа-болчу машенийн долахоша шайн машенашна т1е шортта пасажираш т1етарбан, г1антийн йаккъаш дукха гатйина. Эха сохьтехь йа сохьтехь воьдучу д1акхочу некъан хьолехь-м, хала ца  хила а там гот-техь сатоха некъахочунна. Амма оцул сов хан не-къахь йаккха йезар, шоферна ахча хилахь а, некъа-хочунна халонга долу. Маршо, парг1ато а дика йу-кх, вайна ма хаъара, массо а х1уманна т1ехь.

       


         МОТТ  ХУУЧУЬНГА  ХАТТАХЬА…
Ишколехь хьехархоша бечу балхана т1ехьажа йог1учу комиссех йоккха новкъарло хуьлура Киназ-на. Болх бан кхунна ледара хаарна дацара иза. Уро-кехь дешархошна ша муха, х1ун хьеха деза-м дика  хаара кхунна. Амма кхо, мел инзаре тамехь, кхетош д1адийцарх, дийцинарг урокехь уьн т1ехь шардой-туш белхаш барх а, ц1ахь ледара бина йа к1еззиг классехь 1амийнарг карладоккхуш т1ехьаьвсина болх цабарна, дешархоша т1ехьовса баьхкинчарна хьалха йуьхьк1ам болу аг1о ца йора Киназна. Амма доллучул новкъа хуьлура Киназна, баьхкинарш мас-со х1уманах, турмал лоций, чекххьежар: гайтаман г1ирсех, белхийн башхаллех, эвсараллех, ледар-чаьрца, кхетачаьрца бечу белхийн чулацамех, кхол-лараллин т1едахкарш кхочушдарехь маса дешархо ларавелла иза кхочуш дан, иштта кхин д1а, мел ду уьш.  - Моьттар ду х1окхара хьехначу берех масса-рах академикаш, 1илманчаш хилла йа ас чул шаьш г1оле хьоьхур дара берашна,- боху ойла хьийзара Киназан коьрте. Нохчийн меттан йозанан уроке 9-чу классе дог1у кхунна комиссин декъашхойх шиъ: зудий, стаггий. Ц1ахь бина болх таллале кхо дешар-хошца керла дешнаш уьн т1ера д1айаздойтуш болх бо – вайн махкара олхазарш довзуьйтуш. Цара и болх бешшехьа, бераша ц1ахь бина белхашка хьоьжуш волало, тетрадашка б1аьрг тухуш. Шина – кхаа дешархочо бен цайазбина, къастаман, кхача-ман, хенан а предложенеш йукъахь йолуш, чолхе-карара предложенеш х1итторан ц1еран болх. Ко-миссина берийн 1аматаш (книгаш) цахиларан бала ма бац, царна хаарш гайта деза. Оцу 2-3 дешархошка динарг дуьйцуьйти, Киназа керла тема йовзуьйту. Дийцинарг ч1аг1деш, шардан уьн т1е кхо дешархо вохуьйту Киназа, шаьш йазйина предложенеш син-таксически таллар т1едуьллуш. Цул т1аьхьа хил-ларг-м спектаклехь гайттал сурт дара. Предложенеш синтаксически таллар дешархоша уьн т1ехь нийса д1айаздина, амма шаьш йаздинарг багахь схьадийца х1иттича, кхуьй дешархо ч1ог1а  толкха лелхаш ву лучу жоьпашкахь. Цхьа дош аьлла уьш бовлале, ко-миссехь долчу шиннен дог лазадаьлла. Т1ехьажа йеана зуда, оцу дешархоша толкхаллехь ийзош лучу жоьпашка ладег1а кхин собар ца тоьий, урокера дукха чехка араоьккху. Ткъа стага олу:  «Ва Киназ! Х1ара ахь х1оттийнарг спектакаль йу йа хьо кху дешархошка цхьа г1уда токхуьйтуш ву? Лорт1ехь мотт бийца хууш дешархо ван а вац хьан кху клас-сехь? Сан накъост кхин са а ца деттаделла, йеди кху классера, сан а са мере кхачий-кха ахь, х1ара кхо пекъар йукъа а ваьккхина». - Эх1, нана йала сан де-ла1! Х1орш ткъе кхойттий ду хьуна нохчийн матта-на толкха! Кхара тахана-м, толкха оьккхуш бийци-на, буьйцу иза, со-м кестта вай массера толкха лел-хаш а, нохчийн дешнашца иза ца буьйцуш, бицбелла дисарна кхоьруш ву. Аса толкха лелхаш бийций, оьрсийн йа кхечу къаьмнийн дешнашка ца довлуш, олуш дерг, мел хала алахь, нохчийн маттахь ала бохуш хьийзабарна, буьйцу цара х1инца шаьш буьйцург а. Цхьана урокехь хевшина 1ан шуна сел хала хилча школехь, тхуна х1ора дийнахь х1ара болх кхаьрца бан, муха ду аьлла хета шуна? Тахана толкха лелхаш бийцина буьйцуш болу нохчийн мотт,  кхана сецна ма дисахьара вай. Парламентан декъашхой, ойла йе Нохчийн меттан законна т1ехь! Орца даккхахь накъостий карор бу, нохчийн маттах Пачхьалкхан мотт хуьлу аг1онаш, йевза нах. Иш-ттачу ойланехь вуьсу Киназ, шен дог лозучу нох-чийн меттан хьокъехь..



             БЕРАША-М  ХЬАХА  КЪАРВИЙР ВУ  МИЛЛА
Цхьаволу стаг, ша галваьлла дош аьллехь, ша аьлла-чунна галвуй хиъча, йуха ца вала, шечунна т1ег1ерта. Ишттачех лара мегар ду вайн махкахо Яндаркъин Шахьтемир. Шахьтемир ша онда, цхьа горга буто, зоьртала, туй тесна бен цуьнга хьожур воцуш, хьийкъина, эсала стаг ву. Шен лаам хилчхьана шега х1уъа далур ду моттара цунна. Мел шийлачу 1ай, шена дагадеъча, йеккъа кучаций, хе-чийций коьрта 1уьйра, кога мачаш ца йухуш, лайла-хула лелара иза, шек воцуш. Ма мотталаш иза лорт1ера ваьлла йа семанна т1ехь нийса воцуш вара. Иза бакъ дац. Ахь д1ахаьттинчунна дала жоп дара Шахьтемиран, мел хьекъална «ас», «со» бохург а, цо къарвора шен хааршца. Баккхийчаьрга ца къарлора пхьоьханах иза, амма кегийрхоша, къаьсттина бера-ша, шайна луъ-луучу аг1ор х1илланаш деш, хьийза-вора иза. Цкъа цхьана аьхкенан йолачу дийнахь, ко-маран дитта к1ел комарш йаа гулделлачу бераша, новкъа вог1у Шахьтемир хьовзийна хиллера, шайна комарш иэгайайта, комаран дитт т1е валалур варий хьо аьлла. Дитт стомма, лекха хила, цхьа-ши метар лакхахь бен, тасавала лахахь цхьа га доцуш. Цул сов х1ара схьакхачарций, уьш къийсадала х1иттинера: цхьадолчара Шахьтемир валалур вац дитта т1е бо-хуш, вукхара валалур ву бозуш. Ткъа шега далур дац бохуш долчунна дегала волу х1ара, ша дитт т1е валалур вац бохучу тобанна х1уьттаре йархьама, шега халла бен мара ца доллалучу комаран дитт т1е хьалавала дагахь, тасавеллера. Генаш т1е кхача ах-метар меттиг йукъахь йуьсуш, дитт т1ера шершший, чувог1уш хилла пекъар, моссаза тасло а. Иштта йух-йуха а хьалаг1оьрташ, чувог1уш, шена т1ера коч, хечий эт1ош, шен настарш, куьйгаш, некхан ваз даьшна, ц1ийша вуьзна, къар ца луш, къахьоьгуш хилла Шахьтемир. Бераш, х1ара дитт т1ера чу мос-саза хахкало, геш лоций доьлуш хилла. Церан дела-ро кхин т1е марсавохуш, диттаца т1ом беш Шахь-темир хилла, ша хьалавоьдучу хенахь, мохь бетташ: - «Комарш йаа веана, йаанза вахана Яндаркъин Шахьтемир-м бохуьйтур дац шуна ас нахе»,- бохуш, шен йаппарш йетташ. Эххар т1ера бедарш т1елхиг йаьхна, дег1 даьшна ц1еша вуьзна, кхин д1а хьа-лаг1ерта г1ора кхачийна, воьлхуш охьавоьжна хил-лераа Шахьтемир, ша-шена догиэт1аш. 
–Тахана санна йуьхь1аьржа х1оьттина, айса бохург чекхдалаза, къарвелла висна вац со цкъа, - бохуш.  Догдоьхна 1ачу Шахьтемирна т1екхаьчначу йуьрта-хоша аьлла: «Вонах, бераш, аша къарви-кха х1ара Шахьтемир, баккхийчарна кур бетташ лелаш волу!»  – –«Бераша-м хьаха къарвийр  милла», – кхоссар йинера Шахьтемира.

         
   
                ХЬУНА-М  ХЬАЙНИГ  ТАЙАН  ХУУР  ДАРА
 Букъарша, помидорийн йаьшканах хийцина, Смо-ленск-г1алара йалийна «Запорожец» олу машен хилла, тормазан метта, салонна бухахь 1уьрг даьккхина, беха, цхьа метар сов дечиган г1уркх ле-лош. Машен лаг1йан йа сацо йезачу хенахь и г1уркх салонан бухарчу 1уьрга боьлинчура, аьтту куьйга хьалауозош, некъахула токхуьйтуш хилла, т1аккха машен лаг1йеш, йа сацош. И «ЗАЗ» хаьхкина вог1у Букъарш шайн невцан, Ма1ин «Нивана» т1е кхетта, оцу шен г1уркхо йечу тормазца «ЗАЗ» сацо лара ца велла. - Ой, хьо ши б1аьрг баьлла вац, тормаз йоцуш санна хьайн, ма-йогг1у сан машенна т1екхетийти-кх ахь хьайниг, некъана нацкъар лаьтташ йолчу сайн-чунна! – невцо шега аьлча, Букъарша аьлла хиллера: - Хьуна-м хьайниг ишттанехьа тайан хуур дара хьайна, хьо х1орш тойеш хиларе терра, Ма1а. Къа сан ду-кх, сайна каглур йоцуш йолу, ч1ог1о, тормаз йаккха вахан дезар долуш вочу. Кхана-м стоммониг йуьллур йара ас сайн машен чу. Ткъа сайчун йохий-на муцар-м, сан хьешо Ц1уьрзин Бачас шозза-кхузза ж1ов ма тоьхханехь, д1анислур йара. Доьхна хьий-зар дац вай, кху тайпана кег-мерса х1умнашна».



           ХЬО  БЕН-М  КХИН  ЧХЬОЧА,
 ХУЬЛИЙЛА-М  ДАЦ  КХУ  БАЗАРАХЬ
Махке схьагуллуш шоьтан дийнан базар йара д1ах1оьттина. Йохка-иэцарехь мел оьшу х1ума дара кху базарахь. Цхьабакъду, йухкурш  мелла алсамо бара оьцучел. Иза-м цхьана аг1ор дика дара,- къен, миска адамаш хьесап кху махкахь к1езиг бен цахи-ларан билгало йара иза. Шен таро йолчо бен ма ца леладо йохка-эцар. Йухкучо йухкуш, оьцучо оьцуш къевссина мах д1абоьдуш болуш, оцу базаре мохь бетташ вара цхьаъ, цхьана машенан буьххье ваьлла: -«Ва, Чхьоча! Чхьоча! Х1оккхузе схьавола. Хьан ти-лавелла к1ант кхузахь ву хьуна, хьо лоьхуш лелаш!» Кху базара б1аьрг тоха веанчу Букъаршана хьалха д1асахьийзаш хилла, наьрт санна зоьртала, морзгал-моьнаша, хьеран т1улг санна, аьгна йуьхь, боккха корта, исс лоьмар мангалан барамехь беха мара бо-луш, цхьа стаг. Йух-йуха Чхьоче кхойкхуш шена хезча, Букъарша, оцу шена хьалха хьийзачу стаге, аьллера:
 - Х1ай накъост, хьайга бетта мохь ца хеза теша хьу-на? Хьо мацца г1ур волуш валахь, хьайн к1антана т1ег1о йа хьо кхузахь вуй мукъна хаийтахь!–
 Наьртах терачо олу: - Со Чхьоча-м вац, накъост, ша ахь х1инца сох ван ца вахь иза!»-  - Валлах1и, хьо а вацахь, кхин Чхьоча х1окху базарахь хуьлийла-м дац! – олуш, Букъарш велало.  - Цара кхайкхош волу Чхьоча-м вац со, – олу вукхо,– хьуна моьттуш дерг х1уъу делахь а. Сан ц1е  Б1от1а йу, со дуьненчу во-луш тиллинарг! – т1едирзира наьрт-адам Букъарша-на.   –Валлах1и, хьо ган ма гиннехь хиир-кха суна, хьо нах берриг хилла ца 1ай – йа Чхьочех, йа Б1от1ех  Дала х1ума делла стаг хьо вуйла!» Ший велалой, Дала забарх кхетачех, самукъадолучех а дойла вай олий, д1асавоьду и шиъ шаьшинан г1уллкхашна. Базар-м т1етт1а стамлуш йара, цкъа ца йоха санна. Воьд-воьдуш Букъарш, говрана, ата а отуш, хьаьжк1аш йаош волчу стагана т1екхочу. Оцу стеган, карчийна деман галнаш санна, стаммий бал-даш гича, Букъаршана дагадог1у иза хьовзо. Оцу стаге Букъарша хотту:  «Схьахьажахь, сан ваша, ворданна д1айожа говр, сту, гомашан буг1а 1амайой ахь?-  Цец волий вукхо олу: –Х1инццалц схьа-м ца 1амийна, и х1унда боху техьа ахь соьга?-  Букъарша олу: - Дера боху, ахь 1амош йолу х1ума мел челакх хилчий, иза сацош, хьан цуьнга «тпру» олийла дика йолун дера.-  Вукхо дуьхьала, Букъарше хьожий: 
- Валлах1и, биллах1и, «йа ловзар тхов т1е даккха, йа со ор чу воссаве» бохийла йолчех воцуш-м хьо ма вац хьуна.- забар йоуьйту «тпру» олийла йолчо (б1аьргаш г1унжара хьоьжуш бара вайн Букъаршан). Кхеран забарш хезаш берш, х1ара шиъ г1адвахана боьлу. Забар, бегаш къамелехь лелор, цунах кхетар, синмогашаллин билгало йу. Мел халачу дахаран хьелашкахь, вайн дайшна забаршца вовшен хьовза беш, самукъа доккхуш, дегабааме ца бовлуш, хан йаккха хиъна, дика-вон цхьанахьаьрччина доькъуш. Церан ийман, собар, г1иллакх-оьздангалла масалла хила латтийла вайна даима.               
               


               
                МИНИГ
Советан Iедалан заманахь Миниг малар совдаьлла, вехна новкъахь Iуьллучуьра милицис чувоьллина 15 де-буьйса доккхуш хиллера, йоккхачу керта, нуска-ло санна, денна доьвзиг  хьоькхуьтуш. Шен майра цIа ванза де-буьйса даьлча, лаха арайаьллачу Мини-ган зудчунна (Шерипатна) хиънера шен берийн да милицехь хилар. Хьаькамна тIейахана дехарш дича, дIавига пурба деллера Шерипатна Миниг. Шен зуд-чо, йиллинчу неIаре хIоьттина: «Валохьа, стаг, цIа гIой вайша», - шега аьлча, Минига дера кхоссар йи-нера: - «ЦIа-м муххале вогIур вацара, ши туьма ца лахь кху неIарх ара вер вац-кх со!»
 - «Ши туьма делла хьо аравалийтина, хьуна тIаьхьа ладоьгIу чул, цу ахчанах вайн берашна коч-мача нисден дай ас», - аьлла, цIа йаха, кех йелира Шери-пат. Миниг акъваьлла висира, - цкъа дина хIума да-цара иза зудчо.  - «Х1ах1, хIара дика болх бу-кх х1окху Iедало бинарг, зударий божарийн бакъонаш-кахь нисбина», - хехь волчу милцочуьнга кхоссар йира Минига.  – «Цуьнан метта со хиллехь, ас хьуна кхин 15-та де-буьйса чохь даккхийта т1етоха эр да-ра, цо-м шен бакъонехь буьззина пайда ца ийци»,–дуьхьал кхоссар йира милцочо Минигна.  –«Вай ва-ша вала хьо белхан, хабаран а. Ахъ-м тоьпаш туху суд йайта аьлла, хьехар дан там бу цунна, иза йуха кхуза суна т1аьхьа йаг1ахь. Ма ч1ог1а луьра хилла и ас мелла маларан кад, моьттар дац шу маликаш ду, цу маларх ца кхеташ. Дала ч1ир эцийла шуьгара, шуна шайн зударий, аш малар мосазза молу, шуна дуьххьал бохуш»,–шен дагахь бохура Минига ша-шега.
         


               
       ОЬРСИЙН КЪОМАХ ЙОЛУ НУС ТОЬЛА
Миниган шина кIанта зударий балийна: цхьаммо – нохчо, вукхо – оьрсий. Наха, бехкаш дохуш хьий-зош хилла Миниг, оьрсий хIунда йалайайтина кIанте, бохуш. Наха дохку бехкаш кIорда дина, це-ран тIаьхье хадорхьама, Минига аьлла:  «Вайн къо-мах, бусалба динехь йацахь, нус-м оьрсийн къомах йерг дика йу».   «ХIунда йу оьрсий нохчийн чул ди-ка?», - хоьтту Миниге пхьоьхано.
– «Цкъа–делахь, несан, марненан дов-дош дац, хил-ча и шиъ вовшен маттах ца кхета; шозлагIа – делахь, оьрсийн нус йолчохь, хьо мичча хенахь и йолчу во-дахь, динбергех йина йаа борщ хуьлу; кхозлагIа–делахь, оьрсаша там невцана ло шайн йоьIаций цхьаьна. Суна-м массо агIор са хилла, сайн кIанта оьрсий йалийча. Ткъа дин? Сайгахь доцу дин, не-саршкахь йа сайн доьзалшкахь, хIунда дац, сан баха таро ма йац. Ламаз ца дийриг кериста велахь, тхан кертахь берриш хирстианаш йа безбожникаш бу-кх. Цхьабакъду, оьрсийн несо бусалба дин тIелацахь, тхо а иймане ца даьхкича-м девр дац!» –  Пхоьха, г1адйахана йоьлу. Хьанах йоьлу, дуккха доьзалийн кертахь Миниган кертахь долу хьал хилча!? Нох-чоллина, дайн ц1еначу оьздангаллина пе тоьхна доьдуш-м дац теша дахар?
            

               
                «ГО БЕЛАШ…»
Миниг маларна тIера вуй хууш, кегийчу наха хьов-зийнера иза:  - «Малахьара ахь тхоьгара саламан кад!» - аьлла.  «Дитина ма ву со малар», - элира Ми-нига.  «Делан дуьхьа мала, Миниг, хIара цхьаъ»,- бохуш, тIаьхьара ца бовлура кегийрхой.  «ЭхI, Де-лан дуьхьа бохург доккха, деза дош ду. ХIара цхьаъ мер бу, амма йуха, мел дехарш дарх, кхин мер бац. Го белаш суна, аш бохург дан-м хала дацара, аса хIара мала мелла, со тIе хIума кхалла волавалале, хIара болх йуьртарчу «мажош йолчу нахана» хууш хир бацахьара», - аьлла, Минига хьалаберзийна д1амелира и кад. Го бина Iаш болу кегийрхой шайн геш лоьцуш, гIадбахана, бела хIиттира. Минига, цецваьлла, боьлучаьрга  хьаьжна, элира:  «Эх1, сакъиэра гулделла бохуш, хи муьйлуш Iаш хилла-кх шу кхузахь!  Иштта  хуьлуш хила-кх х1инцалерчу кегийрхон сакъерар. Йайна тIаьхье йу, йайна т1аьхье! Синкъерам хуьлу т1ехьуш маларан кад бо-цуш, локхуш пондар боцуш, тухуш вата йоцуш, боккхуш хелхаран бал боцуш, наггахь йина йеш са-мукъане забар йоцуш?» Мацаха вайн цхьана йуьрта-хочо (шен доьзалхо воцуш хилла иза) шен стерчий лардан витинчу лулахочун шина к1енте аьлла хил-лера: «Доьзалхо воцуш веца со йа хир волуш веца со, амма шуьшиъ санна волу доьзалхо воцуш хилар г1олехь хетта суна». И шиъ ловза ваьллачохь, цаьршинан 1уналла дайна, ши сту цхьанхьа къайла-баьлла хиллера. Ткъа стерчий лардан х1ара шиъ ви-тинчу стага шайга стерчий д1адахана аг1о йийца аьлча, кхаьршимма: «Ца хаьа, ца хаьа, ца хаьа»,– бохуш хилла. Цундела оцу стага баьхначунна дайна, шу тайпа т1аьхье йоцуш хиларх велха ца оьший хии-кх суна цхьа стаг а». «Бехк ма билла, Миниг, тхо-м ахь йина ч1аг1о муха ларйо хьовсуш дарий. Хи маларх хьан ч1аг1о ца йуьйхи, тхан самукъада-лар хили. Цул сов, Делан дуьхьа хьо х1уъу дан кий-ча вуй хии тхуна. Массо аг1ор са йели-кх вайна мас-сарна». Кегийрхой бехха боьлуш Iийра, Миниг гу-чуьра валлалц.
            

               
                …МАIАШ ХИЛЛЕХЬ-М….
Зайнал зуькаран тобанах кхетта дукха хан йалале, Минига шайга кхайкхина иза. КIантана бер дина 1акъикъат тIера доккхуш, мовлад деша, зуькар дан нах кхайкхинера Минига шайга. Мовладан барам д1абирзина, соллу 1алайн мукъам болабаларций, зуькар дан хIоьттира Зайнал, садаIа йуьстах валар доцуш. ТIаьхьа тIе богI-богIурш йукъа уьйш, стам-луш лаьтташ йара Далла Iамалйечийн тоба. Адам алсам мел дели, мурдийн шовкъ толуш, асаран хьал совдолуш дIадоьдура зуькар. ТIехьоьжуш берш цец буьйлуш меттиг тойеллера. Ткъа олуш ма дай, Далла Iамал йечу меттиге, иза йохорхьама, шайтIа гонаха хьаьвза. Зуькар тулгIе йетташ, марсадаьллачу хе-нахь, кхаа шаре йаьлла старгIа санна, хьийкъина дег1 долуш, хьажа-гIабакх санна, боккха корта бо-луш, тIай тIе гIоьртинчу бугIин санна, къаьрзина бIаьргаш керчош, ворданан милках тера буто ворта йолуш волу БIотIа, хIордан кемано хин тулг1енаш санна, зуькаран го боькъуш, йукъа валарций чоьже шен корта тоьхна, Зайнал, са ца даккхалуш, баьккхинчу маттаца, веалара вахийтира. Хи чуьра берда тIе кхоьссина чIара санна, бага гIиттош, бос-баьхьна висинера Зайнал. Воьжначохь иза накъо-сташка ца хьашийта, Зайнал зуькарна гонаха лаьтта-чара йуьстах ваьккхира, дика саметта ваза волуш. Цул тIаьхьа, дукха ца хьелуш, зуькар д1адирзира, Зайнал лазарх гIеххьа паргIат велира. Зуькар дерзош мел кхайкхийна, доIа дар вовшашка кхийдо долий-ча, Зайнала куьйгаш хьала лецира, мохь туххуш: - «Алхьамду лиллахIи роббил Iаламийна - аьлла, цул тIаьхьа меллаша цо бохура: - «Хастам бу хьуна, Де-ла, Ахь адамаш маIаш йоцуш кхолларна, къаьсттина хIара сан вирдваша, БIотIа. Таханлерчу дийнахь кхуьнан ши маIа хиллехь, Хьан лай, Дугулан к1ант Зайнал, Хьуна дуьхьал вогIуш хир вара. Сан кертахь белхар, тезет а хила дезар дара. Хастамениг, хьеран тIулг санна болу БIотIин корта, хьозанан хIоьэ бал-лон йиш йар-кх Хьан, тIейогIучу ханна со цунах ларвелахь. Сийлаахь Хастамениг, Ахь жоп доцуш со витахь, БIотIас шолгIа корта тоьхна со хьовзавале, Хьайн Мулкалмовте са эцийталахь сан. Миниган 1акъикъат къобал де Ахь, Везан Дела, царна вина доьзалхо беркате, ийманехь волуш, варх1 вешин ваша хилийта Ахь! Аллах1умма соьлли 1ала Мухь-аммадин ва 1ала али Мухьаммадин вас-салам! Бихь-урматис суратил Фатихьат»,– аьлла, шен доIа дер-зош «Бисмилла» дешна, йуьхьах куьйгаш хьаькхира Зайнала. ДоIа дагахь дира цо, ша дуьйцург нахала ца доккхуш. Цул т1аьхьа кхачанах кхета охьахевшира гулбелла Миниган йуьртахой.


          
                Атйокхан   дахар
«Орга» альманахан агIонашкахь Кацаев Сайд-Хьасанан «Алфавит» дийцар доьшуш, цу тIехь ке-манца дIавоьдучу некъахочо диначо, куц-сибатна, доьшуш ву моттийта газета кара лаьцна Iаро, дага-даийтира суна, цхьана накъосто шайн йуьртахь хил-ла бохуш дийцинарг. «Алфавит» дийцар тIехь воьдучу хIаваан кеманан некъахочо, газета Iункар дерзийначуьра нисде стюардессас шега аьлча, ша лелош дерг шена дика хаьа, хьайн болх бе ахь, аьлла хилла там бу йа дуьхьало ца йеш, газета нийса долчу агIор дерзийна хила а мега. Иза дийцина дац. Цунах тера догIуш хIума нисделла хиллера сан хьешан йуьртахь Советан Iедалан заманахь, нохчийн къам махках даьккхале, ц1а дирзинчу хьалхарчу шераш-кахь а. Къамелана шера, Советан Iедална муьтIахь хилчхьана, оцу хенахь йоза хууш ца хиларх (нох-чашна йукъахь-м муххале а) дарже хIоттош хилла цу Iедало. Хьал долчу нехан бахам хIур-цIур беш, массо къеллехь дIанисвелчхьана, тIехиндолчу даха-ран туьйранийн суьрташ хIиттош, ирсе дахар хуьлуьйтур ду бахарна, мискачу нохчаша дог реза хилла тIеэцнера большевикийн Iедал. Ишттачу Со-ветан Iедална бага хьаьжжина, муьтIахьчех хилла сан хьешан йуьртахо, вайн дийцаран турпалхо, шен ц1е Бирт1а йолуш. Бирт1а, дукха хIайт-аьлла социа-листически дахар чIагIдеш, каде хьийзарна, рай-онерчу Iедало йуьртда вина д1ах1оттийнера сан хьешан йуьртахь. Бакъдерг бакъ ца хилча ца долу, хьешо схьадийцарехь, Бирт1а шен хьаькамаш реза бан, йуьртахошца ваза хууш хилла. Цхьа элп ца ху-уш хилла Бирт1а аьлча, иза-м гал хир дара. Ликбез олучу ишколехь (ликвидация безграмотности) боху-чу программица доьшуьйтуш хилла оцу хенахь баккхийчаьрга, сарахь цхьаьна а тухуш, шайн цIей, фамилий йазйан мукъана Iамош. Оцу ликбезехь шен цIе йазйан Iемина хилла Бирт1ина. Кехат деший йа йаздей ца баьхчхьана, шега хьаькамаша де аьлларг, иза нахана дайта тIедожо, дайтина чекхдаккха хьуьнар кхочуьйтуш-м хилла Дала Бирт1ин. Балха варан низам ша лардеш, шен куьйга кIел болчаьрга лардойтуш, йуьртан Совете богIучу йуьртахошца к1еда-мерза, велавелла, векхавелла воцуш, шогал-лица къамел хаддийна к1оршаме доцуш, дозуш дуьтура Бирт1ас йуьртахошца долу хабар. Ткъа мухIар, и хьакамаллин коьрта герз, маьIан горга туьппалг йара, бухахь шекъа д1ахудийта кIеда ри-заьнка латийна, гIутакх чу а хьовзош, пIелгаш йукъа лаца тIам а болуш, даима жимачу гатанан тIоьрмиг чуьра схьадоккхуш хиллера Бирт1ас, шен стоьла хьалха кIедачу гIанта тIе дIанисвелла ша ваьлча. МухIар тоха, йа тIе куьг таIо дезаш долу кехаташ шена хьалха деача, секретаре (иза-м ирх-пурх гра-мотни хила везаш ма хиллий-ца) доьшуьйтуш хилла цо. ТIаккха: – Вай йуьхьIаьржа хIоттош долу кехат суна хьалха айхьа дуьллург хир ма даций ахь, - олий, нана пIелганий, хьажочу пIелганий йуккъе лоций, шекъа хуьйдинчу гIутакх чу Iиттарх гIуллакх ца хуьлий, багахь шортта гулдина туй мухIаран туьппалга тIе а тухий, цхьа бен  доцчу кехата тIетIеIадой, йуха доггаха шена хьалха диллинчу мехалчу кехат тIетаIадой, доккха са доккхуш хилла, ша дечиган ворда йуьттуш ваьллинчу стагана санна, хьацар тухий. И мухIар дукха чIогIа кехаташна т1етеIадарна, нана пIелга тIехь, пекъарна, тIулг санна андделла берч хоьттина хилла.  Вайн къам махках доккхучу дийнахь къаставо Советан Iедало Бирт1а шаьш деллачу даржах, мухIарх а. Амма кхойтта шо Гумазехь даьккхина, йуха Бирт1а шен йуьрта вирзича, и мухIар, йуьртден дарж а кхуьнга кхочу хьалхалерчу гергарлонашца. Кхойтта шарахь отпускехь Iийна Йуккъерчу Азера цIабирзича, цхьаболу Нох-чийчоьнан хьаькамаш шаьш дохадале хиллачу хьаькамаллин даржаш дIакхехьа д1ахIиттийтира 1едало. Деша, йаздан Iемина аьлла, кхаьчна дацара йуьртделла йуха Бирт1ега. Хьалха хIара нахаца тар-луш, Iедалца барт болуш хиларна, деллера кхуьнга йуха и дарж. Шена накъосталлина Бирт1ас балха нисвинера, шен стунцахойх волу, ворхI класс йаьккхина, йуьртабахаман техникумехь заочно доьшуш волу, жима стаг, Канташ. Шайн  нуц, шен хьаькам, Бирт1а, грамотни цахиларна реза воцуш, амма дагара ца хоуьйтуш, болх беш схьавогIуш хил-лера Канташ. Денна цхьацца гIулкхашна чуоьхучу нахана гергахь шена деша хаьа моттуьйтуш, леранна газеташ тIе хьежа марзделла хиллера Бирт1ина. - ХIун дуьйцу газеташа Бирт1а? – шега аьлча, - Ца дуьйцуш хIун ду? Амма массара вайна дика болх хир бу-м боху! Иштта газет карахь хIара Iаш волуш, цхьана дийнахь Бирт1ин балхах лаьцна интервью эца корреспондент веана хилла йуьртасовета чу. Чу-ваьллачу корреспонденто Бирт1ега, салам луш: -ХIара газет Iункар дерзийна ма ду хьан, ва Бирт1а,- шега аьлча, Бирт1ас, воха ца вухуш, жоп ло: «Бакъ-ахьа дерзийча-м хIара бIаьрзечуьнга дешалур дара. ХIинца 1ункарнехьа дерзийна сайна деша Iамо дага-деана суна. Хьо лаа лелий?-аьлла, т1евирзинера иза корреспондентана. Веанчуьнан Iалашо шена хиъча, шена шера хааре терра, нохчийн мотт бийцина дIахьажийра Бирт1ас йозанча. Жимма цул тIаьхьа хан йаьлча ревизораш кхочу Бирт1ин йуьртсоветан балхана таллам бан. Кехатийн отчеташций, квитан-цешций, бухгалтерин кехаташций болх дIабоьдуш болуш, даар, малар Бирт1а волчохь долуш болчу хьешаша, хаьттина хилла йуьртсоветан секратарь волчу Канташе: - Реза вуй хьо хьайн хьаькамна? – аьлла. – Реза-м вара со цунна, амма иза грамотни цахилар бахьанехь, белхан кхиамаш ледар хуьлу-кх тхан,- аьллера Канташа. Ревизораша шаьш кху йуьртара дIабахан чул тIаьхьа Бирт1ех дIатоьхна хиллера Канташан къамел.  Канташ шен кабинет чукхайкхина Бирт1ас цул т1аьхьа. Аьхкенан зама хиллера арахь, эвла йистехь йекаш хезаш атйокх хилла. Чувеанчу Канташе хьала хьаьжна: - Дика ладогIалахь, Канташ, оцу декачу олхазаре? – аьллера Бирт1ас. Йуха, шен стунцахойх хиларна ирахь латтийтар бегIийла ца хетий, Канташе охьахаа олий, къамел доладо: -КIант, атйокх муха йеха хаьий хьуна? – Цецваьллачу Канташа: - Ца хаьа суна-м,- олу. – Суна-м хаьа,-олу Бирт1ас,- дика ладогIалахь! Шен дахарехь безаман марзо лахарний, шена йуучунна гIайгIа бар бен, кхин сингаттам боцуш олхазар ду хьуна иза. Атйокх, доьзал, тIаьхье муха кхиор йара теша ша бохуш, балано хьийзош олхазар дац. Доьзалан гIайгIа-бала цо, шена тIе ца лоцуш, кхечу олхазаршна буьту, къинхьегам безаш, шайна хIусамаш-баннаш деш, хIоьэх кIорнеш йохуш, йуха царна бага йаа хIумнаш Iиттарх самукъадолуш лелаш долчарна. Атйокхехь Дала делла хIилла, хьекъал ду, цо царах буьззина пайда оьцу. ХIилла, мекарло а Дала адмашна делла. Хьекъал, х1илла доцуш йа делахь царах пайда эца ца хууш долчу адмашна, нахана йукъахь даха ца хаьа. Атйокхо шена бен ца бо: иза охьахиъна меттиг цуьнан хIусам йу. Атйокхана шен долахь бен эша ца оьшу, цуьнан хьекъал кхочу ненан, ден декхарш шен кIорнеш кхиорехь, кхечу, гондIахьа баннаш долчу, оьлхазаршна тIедахка. Нана – атйокха гонахарчу олхазарийн баннаш чохь до шен хIоаш, и олхазарш шайн баннашна гена довлу хан ларйой. Шайна атйокхо чутесначу х1оьаца цхьаьна, шайн тевна луьйсу оцу олхазарша. КIорнеш тевни чуьра ара йевлча, атйокхан кIорнено, оцу олхазарийн кIорнешна кIел гIерташ, шена тIехь нисйел-йелла кIорни, шен букъца бухара хьала тоьттуш, бен чуьра охьакхуьйсу. Гой хьуна, жимчохь дуьйна шен амалехь олхазар ду атйокх. Иштта и болх беш атйокхан кIорнено шен дола боккху и бен. Шайн кIорнеш хIаллакйина мостагI, атйокхан к1орни, кхобуш къахьоьгуш долу миска олхазарш хиллачух ца кхета. Иштта дахаран ирс кхуллу-кх шена атйокхо, Канташ. Иза ду хьуна дахаран Iилма. Харц, хьарам ца хуьлуш, амма хIилланца, мекарлонца, лела хаарца ду хьуна дахарех цхьаболчарна кхочуш долу ирс. Iаламах, цуьнан дийнатех Iама веза, Канташ, кху дуьнненахь ваха. Со гарамотни ца-хиларна, вайн балхана новкъарло хуьлуш хета хьай-на, аьлла ахь ревизорашка. Со гарамотни воций ху-ушшехь ма латтош ву со балхахь ваийтанчара, гара-мотнинаш соьца балхахь болун дела. Ткъа со гара-мотни хилча-м суна йа хьо, йа хьо санна верг стенна оьшура? Ас хIун дора шух? Со гарамотни хилча, аса айса бийр бара хIара, кхин масех, хIара санна болу белхаш. Кхин кхул тIаьхьа кхуза милла ваг1ахь ма хазийталахь суна оцу кепара арз дина бохуш. Со дIаваьккхича, йуьртда хьо вохуьйтур вац лакхарча-ра. Мотт бетта нах ца беза хьаькамашна дарж кхов-до. Тахана суна дина арз ахь кхана шайна дийр дуй хаьа царна. МуьтIахь нах беза хьаькамашна, шайна гонаха, шайн мотт шайгахь сацо, богIуш, боьлхуш шайна там, лерам бан хууш берш. Ас бохург дика тидаме эцна, хьо балха тIехь дIаводахь, хьайн де-шар, йоза, гарамотни хилар пайдехь карор ду хьуна, ца водахь – и дерриге, со санна, ца хууш хилар гIоле йолуш ду хьуна, Канташ! ХIинца дехьара чу валий хьайн болх бе. Аса Iункар, бертал хIара газет доьшур ду. Вахь-хьахь-хьахь-хьа-а…а», - аьлла, вела Iана воьду Бирт1а, Iункар дерзийначу газетан хIора могIанашна тIехула бIаьргаш кхерстош.
Канташ кхин вист ца хуьлуш, уккал таIийна, шен кехаташ йаздан дехьа чу велира. Хьанна хаьа цуьнан коьрте хIун ойланаш хьийзара. Ткъа дахар-м Гри-боедовс шен цхьаъ бен йоцчу «Хьекъалах хилла ба-ла» пьесехь ма-аллара дIадоьдуш ду:
                «Кхолламо, бегашийна санна,
                ЧIагIдарца къастийна иштта:
                Сонтачарна ирс - хьекъал дацарна,
                Ткъа бала – кхетаман дайшна».
Дуккха нах бу-кх грамотни болуш, масех институ-тийн дипломаш карахь, амма болх ца карош шайн хааршца йа баха Iамаза лелаш. Бирт1ина цхьа класс ца йаккхича Iемина дахаран Iилма. Дахаро гойтуш ду-кх вайна, дешархо, шадерриг дешарх дозуш ца-хилар.
 


                БАТУРА         
 Цхьаннах цхьайтта винарг, цхьайттанах цхьаъ ви-нарг Дела ву, - олуш ду вайн къоман. Т1аьхье йоцуш божарийн зIе хаьдча, доь дов муьлххачу нохчийн цIийнан силсилехь. Иштта доь дайначех лара везар ву Батура. Масане нохчийн цIийнан неI д1ачIагIайелла, д1ач1аг1алуш лаьтташ хир йу, тIаьххьара боьрша стаг доьзалехь божабер доцуш кхелхина – деккъа зудбераш бен шел т1аьхьа ца дуьсуш. Амма и тIаьхье хаьдда нах ма бу цхьана хе-нахь дуьне дерриге шайн дуьхьа кхоьллина, шайн ду моьтташ баьхна. Ишттачех хилла ву Батура. Эль-мурзаев Сираждис (Дала гечдойла цунна) вайн мах-кахь вевзаш хиллачу фольклориста, хьахийна иза, ша гулйеш вовшахтоьхна арахецначу, кхаа томехь «Нохчийн фольклор» ц1е йолчу киншки тIехь: «Цо-ци-Эвлара Батура  нохчийн махкахь вевзаш илланча хилла», аьлла. Цунах лаьцна нахалахь лелаш дисина забаре дийцарш довзийта хьожур ву со хьуна, лара-ме дешархо.  Батура тайпана ихIаройх хилла бохуш дуьйцу. Берахь дуьйна, дечиг пондар тIаьхьа балош, олучу турпалаллин иллешка безам, шовкъ лаьтташ хилла иза. Хуллон айманаш чохь, хийла мIара бугIуш а, дечиг пондарх д1а ца къаьсташ  хилла иза. Ден, ненан дукхе а дукха хьоме хиллачух тера ду Батура, иза шайн цхьаъ бен цахиларна. Цундела, шайн йиш-вешийлахь берш, мел реза бацахь кхо лоькхучу пондарна, даима дечу хелхарна, мIаьрий ги а доьхкина Хулло-хин бердаш гездеш, чуьрчара башха чехош ца хилла Батура.
- Дала шена делларг леладо-кх цо,- аьлла, дIахецна витина хилла шича-махчалахь болчара иза. Кегийр-хой гулбеллачохь Батурега иллеш бохуьйтуш, сакъ-оьруш хилла йуьртахоша. Батурин иллеша бов-зуьйтура махкахошна вайн къоман турпалхой: Тай-мин Биболат, Мадин Жаьммирза, Зайтан Шихмирза, БахIдаран Муьстарг, Адин Сурхо, Эвтархойн Ахь-мад, обарг Вара, Харачойн Зеламха и дI. кх. Шен доьзал болош вахаран кеп ца нисйелла Батурин. Да, нана кхелхинчул тIаьхьа шийтта-кхойтта зуда йу-лийначух тера ду цо. Амма доьзалхо ца хилла царах цхьаьннен а. Цхьаболу зударий-м шаьш битинчу майранашна йухакхачар хьанал хилийтархьамма бог1уш хилла цуьнга. Батурин дола бовлий, йуха кхуьнан тхов кIел масех буьйса йаьккхинчул тIаьхьа, кхуьнга шаьш бита буьтийтий, йуха шайн хьалхалерчу майранашна йухакхачоран некъ х1оттош хила бохуш, дуьйцура наха. Бусалба динехь кхузза цIе тесна йитина зуда, майрачунна йу-хакхачош йац, иза кхечу стаге маре йахана цигара йоьхна йацахь, йигиначо йитина д1акъаьстинчул т1аьхьа биъ бутт баьлча бен. Цул тIаьхьа ша хьалха йахана хиллачуьнга йухайаха йиш йу зудчун, май-рачунна иза йухайалор хьарам доцуш, моллега керла мах байтичхьана. Оцу балхана маре буьгуьйтуш хилла цхьаболчу божарша Батуре шаьш битина зу-дарий маре, шаьш дохкобовларна мук1арло деш. Ба-турин дерриге  дахарехь коьрта Iалашо хилла чIарх¬ - аьлла говза дош, беламе забар, пондарций, иллиций нехан самукъадаккхар а. Бакъду, къахьоьгуш рицкъа лаха 1еминчу нохчашна (дукхах берш царах-м хил-ла) Батура санна баьхна нах, ледара хетта даима. Амма вайн къомехь лаьттинчу, лаьттачу дахаран ха-лоне хьаьжча, иштта нах ца хилча йиш-м ца хилла, х1унда аьлча т1емаший, бала-гIайгIаной даима т1ехьийзаш лаьттийначу, вайн къом хуорамой, сих хьакхалучу цамгарой хIаллак дан там бара, ир-кара х1отточу иллиной, доьхначу хьолехь йиначу заба-рой са докъуш ца хиллехь.  Хьалха Делах тешаш хи-ларо, шолгIа и Батура санна нах вайна йукъахь хи-лар бахьана долуш, дийна лаьттина вайн къам, мел хала дахаран мур тIехIоттарх, саметтахь. Батура санна болучу наха шайн доьзалшна йа шайна баха-маш ца гулбина, амма вайн къоман иэс, тассам (культура) дийна латтийна, к1еззигчу муьрана ле-лахь сингаттам эккхийна, шайна атта леларца, дег-наш ир-кара хIиттийна, дахарх догдиллина, доха кийчча болчу нехан.  Батура к1еззиг маларх кхеташ хилла, наггахь, де довхачу дийнахь, йуьртана лах-хьа, шовданаш Хуллох  схьакхетачу меттехь, шен накъостаца, ШатIал МитIица, мIара  богIа, хи чувуссуш хилла. Цхьана дийнахь даккхийн акхтаргийн IиндагIехь, шаьшинна гIеххьа къамел доладалийта, цхацца чагIаран кад мелла, хи чу вала дагахь х1ара шиъ воллуш, чабол эцна йогIучу говрана хи мало, кхаьршинна уллохула Хулло чувуссучу шайн йуьртахочух, Чхонкарх, б1аьрг кхета кхаьршинан. Чхонкар къона волуш Iедалан гIуллакхашкахь лелла стаг вара, хIинца-м воккхстаг ала дог1ура цунах. Советан Iедале  йуьртара дикка нах чубохкийтарна бехке вора иза, йуьртахоша шайлахь дечу къамелашкахь. Амма х1окхо шен шича, Хонкар, чуволлийтар-м, малх–аьккъара, дуьйцура. Бакъду, кхо мотт тоьхна итт шарана Сибрех хан йаккха д1авигийтина Хонкар вацара нахаца башха тарлуш йа дика вуьйцуш, хIунда аьлча ша воцург ву моттийта гIерташ, шена хеташ дерг массарна тIедуожо лууш, нахалахь мотт-эладита, питанаш даржош къахьоьгура цо, ша лаьцначуьра цIа вирзинчул тIаьхьа.  Чхонкарс хIуъу лелийнехь, иза воккха хиларна, цунах бехк лоцуш, Батура, МитIа шаьшшинан маларан пал дIалачкъо вуьйлира. Чхонкара, мохь тоьхна, кхаьршинга элира: «Ши кIант, дукха вохий ма хьовза, шайн синкъераман меттиг ма йохае. Со хье ца луш хьала йуьрта воьду!»  Цул тIаьхьа шен говр хи мелла йалийтина, ворданахь кхаьршинна тIевеара Чхонкар. – ГIоза даориг хуьлда хьан докъар, цIов бохьаш вогIу хьо, - аьлла, гIиллакхе велира Батура, МитIа, хьала гIаьттина.  «Далла везийла шуьшиъ! Ши кIант, къилахь ду ашшима хIинца йуьхьар лаьцнарг. Делахь иза шуьшиннан гIуллакх ду. Цхьадика, айса бинчу белхашкахь и маларца долу хIума ца марзделира суна. Амма, лакхарчу хьаькамо вита ца витина, цхьа стака къаьркъа малар нисделла сан, ас хIара дегI доккхуш. ХIинца оцу стакина Дала гечдийр дац техьа суна бохуш, сингаттамехь ву-кх со даима!»  Батурас, къамеле волуш, элира: - Охашимма бечу балхо-м цхьанне зен ца дора тхойшинна бен. Амма ахь меллачу  къаьркъанан стаканах ала цхьа бакъдерг-м дара сан. ВаллахIи, Чхонкар, ахь 1едале хаам бина, итт шарана чуволлийтинчу хьайн шичина, Хонкарна, тоьпаш туху суд йайтинехьара, Дала, стакина гечдар х1унда дуьйцу, йалсаманийн бархх1е не1 д1айиллина хир йар-кха хьуна, хьо вала ма-веллинехь!–  «Но-о-о, Бокъш, кхаьршинна коьрте дала доьлла шаьшимма мелларг», - аьлла, шен говр дIачовхийна хиллера Чхонкара. МитIий, Батурий шаьшшинна тIера бедарш дIайаьхна, лийча Хуллона чукерчинера.  Хьалхалерчу заманахь нохчийн дакъош кегий хилла, оцу декъа тIехь йолу гIишлош буьйдачу кибарчигех йа йуьйцина серех йеш хилла, латта т1етесна тхов болуш, чохь аша хьоькхуш цIенкъа йолуш. ХIусам чохь дукха хьолахь поппаран, наггахь болчийн аннех бина маьнга хилла, шайна тIе тийсина кхекхий йа бIиэгIан истангаш, йа палсаш, йа шочах йина черташ. Шен дех-ненах би-сина иштта бахам хилла Батурина кхаьчнарг а. 1919-чу шеран Оханан беттае уьссалгIачу дийнахь Цоци-Юьртана деникинцаш чукхочучу муьрехь, Батура шен пондар тIема кIел лаьцна, Гелдаганехьа йолчу агIор йуьртах волушхилла, гийлачу мукъамехь шок лоькхуш, аьрцнашкахьа хьала оьхьна. ПаргIатчу бо-ларехь воьдучу Батурина, хьалха йаьккхина эккхий-на йалош ши гомаш, цхьа кIорни йолуш, хьуьхвоьлла, ведда вогIу, Лабаз тIаьхьакхуьу. Шен забаршна тIера волчу Лабаза, гIеххьа курачу 1оттарца, дукха идаро вехьавеш, кхоссар йо Батуре-га: - Пондаран к1еж хьовзаехьа вайна, Батура.- Та-хана ца хьовзийча, йуха хьовзо хан хуьлу ца хуьлу ца хаьа.  «Делан дуьхьа, ма бакъ лоь хьо, Лабаз! Пондар лакха, цуьнга к1еж хьовзайайта а-м хала дац, нагахь хьан, соьца охьа хиъна, ладугIуш 1ан хан йелахь. Хьан даьхнено, жимма сеналлина т1е церг хьокхуш, са а доIур, вайшимма жимма дог1машна тем бер», - аьлла, гIеххьа баьлла бог1учу сийна бай тIе охьалахвеллера Батура. –ХIара даьхни-м хьаха дац сан керистанийн карадахийта йиш йолуш! Хьой-хьой, Дала хайра дараш, йуьйла-лолаш, къацахетарийн кхача шайх хила ца лаахь, - бохуш, гIуркх оза волавелира Лабаз гомашийн буккъийн бахалла. Батура, пондарх пIелг туьйсуш, багахь мукъам бан хIоьттира:

БархI са болу мажар шен белшах ва кхозуш,
Терсмаймал дуткъа тур шен карахь ловзадеш,
 Нанас бер ва санна, шен нана къинтIера йаьккхина,
 Ша ваха ма велира БахIадаран ва Муьстарг
 Баккхий нах гуллучу маьждиган майдане.
 Маьждиган майданахь йоьзу вота ва йетташ,
 Кхайкхам беш ма йара и Дадин Аьлбика
:-Ма доккха де ду-кха таханлера х1ара де дикачу кIенташна-…

Дадин-Юрт йаккхаран илли олуш, йуха Цоци-Юрт г1азотехь йожаран илли декош, бIаьргаш тIунделла вехха хиъна Iийнера Батура эццахь. Хьанна хаьа, хIун Iеткъаш доьлхура илланчин дог, бIаьрг: ирсе дахар хила хьакъ долу БахIдаран Муьстаргана, Да-дин Аьлбикин къона дахар хадарна йа паччахьан Iедало хIаллакдинчу нохчийн къомана, йа тахана т1амехь эгна, оьгучу шен йуьртахошна, йа, шайн даьхненан бен кхин хIуманна бала боцчу, ЛабазгIарах къа хетта? Вехха 1ийра пондаран мер-заш тийжарца шен кийра бассош Батура. Йуьртара, чевнаш хилла нах, зударий, бераш тIехь, йогIучу ворданийн къепалх  кхетта, арц болчухьа волавели-ра Батура. Амма, легашкахь къаьхьа шад бара лат-таш, дог парг1ат ца долура, ца эккхалора цунна чохь хьийзаш болу бала, иэсех бекачу мукъамца матто, кхунна шена бен ца хезаш, шабарш дора лерехь:
                -Вухавала луучунна,
             Вала пурба ду шуна,
             Мохк ларбан луучунна
             Лата меттиг бу шуна…
Тахана ша-шеха чекх са гора Батурина, ша мостаг-чунна дуьхьала оьг1азлонций, дераллиций лата гов-за, доьналла долуш ца хиларна. Амма кхунна, вал-лал, новкъа дара, шен мостагIчух ларбан бахам, доьзал бацахь, Даймохк, нохчийн къам мостагIчо шен тIеман ницкъаца йух-йуха хьешар. Оцунах вола воьлла, сапаргIат, вахалур вуй-техьа? Иштта коьрте хьйзачу ойланех, маьркIажан бода  къовлалучу хе-нахь орцара Iовдин Iела коьртехь волуш догIучу ор-цано, йукъахваьккхира Батура. Оцу буссехь Цоци-Эвла йухавирзира Батура, цхьаболу йуьртахой а. Кхуьнан лаппагIа дийна йиснера, амма чуьра палс, истанг, цхьаъ бен боцу кенийн гIайба – оццул бахам дIабаьхьнера деникинцаша кхуьнан. Декъашний йа чевнаш хиллачарний кIел ца тийсахь, мостаг1аша шен д1айаьхьначух кхин дан хIума доций-м хаьара Батурина. Кертахь ша Iаш хиларе терра, даа-мала ша кечдора шена Батурас. ХIусам чохь нуй-горгам дан наггахь шичойн йоIарий-м богIура кхунна, амма дукхах йолу хан ша волуш дIаоьхура денош, буьйсанаш а. Сих-сиха жижиг-галнаш кечдар нис-луш хуьлура Батурин. Хьалхалерчу заманахь, хIинца санна, мичча хенахь воьдуш ца хилла лула-кула, сакъоьруш хан йайа. Дукха хьолахь, пхьуьйра хан д1аиккхинчул т1аьхьа, доьзалш рицкъанах кхет-та бевлла хир бу аьлла хетачу хенахь, гуллуш хилла вовшен чу сакъера. Батура волчу богIурш, кхуьнан доьзал ца хиларе терра, хIара пхьор дина валаре ца хьоьжуш схьагуллора. Цкъа, Батура шен пхьор дан охьахууш воллучу хенахь, хIара волчу богIучех цхьаммо тергалвина хилла х1ара. Иза тергалвинчо кхо лелийна бохуш, дийцина хIума ду, нахала даьлла дуьйцуш. Йай чуьра ахьаран галнаш шуьна чуйерзийна, шуьнан йуккъиэ саьмарсекхийн берам чохь болу кад хIоттийна, боги чуьра кхехкийначу жижиган дакъош декъа хIоьттина хиллера Батура, багахь олуш волуш: «ХIара дакъа кIантана дIалур вай, хIара – йоIана, хIара – хIусамнанна, - аьлла, бо-ги чохь йисина жижиган цуьрг мIари тIехь хьала айина, цуьнга хаьжнера Батура. Т1аккха эли бохура Батурас: -ХIара декъаза дакъа хIусамдена кхочу-кх. ХIан-хIа! И дийр дац вай. Цхьанне ца луш, дерриш сайна дуьтур ду!» Дерриге жижиг боги чу дерзийна, бога шена хьалха озийна, пхьор даа воьлла хиллера Батура. И сурт гуш лаьттинарг, меллаша йухаваьлла, шена гинарг беламе доккхуш, накъосташка д1акхачо дIахьаьдда хиллера. Иштта даьржира нахалахь Ба-турас къайлах шен «дозална» шун х1оттор. Батурин воцуш цаторуш волчу МитIас, боттуш баан, туьха тесна бакъон а, чIара латтош хилла кхунна. Ша мIара богIа тIиэра вацахь, шен накъостаца, Хуллоца охьа йолчу айманашна тIе, хийла вахар нислора Ба-турин. Забаренна дуьйцура йа баккъалла хилла хууш дац, амма МитIас Батура шеца нисвеллачу дийнахь алссам чIерий лоьцуш хилла. МитIас олуш хиллера: - Сан доттагIчун, Батурин, иллешка, пондаран мукъаме ладогIа схьахьолху Хулло-хица лакхахь, лахахь долу чIерий. ХIара охьахиъначу меттиган йуххерчу аймина чохь шайн той хIоттош. –Дерриг дацахь, дукхах дерг-м, МитIас ма-баххара, бакъ хила тарлуш ду. Пондар Батурин карахь цуьнан дог-ойлане хьежжина, цкьа булий малхана боьлуш, хьан дегIан са х1аваэхула т1ома даккха х1утту, йуха булий белхарца тийжаш, са легашка хьалакхачадой, бIаьргаш чу мелла ладар хьодуьйту, т1аккха стигал къовкъош, латта дегадолуьйтуш, дуьне духу моттуьйтуш, дегIа тIехь мел болу чо, зуьнан кIохцалий санна, ирхIиттош, дегIе шиэло хоьцу, ткъа эххара -эсала хьокхучу мохо бецийн хелигийн, диттийн, кондаргийн лестачу гIан шабаршлахь, хазадо тайп-тайпана декачу олхазарийн, ловзучу акхаройн аьзнаш. Цара гIоттучу маьлхан зIаьнаршка дог хьоьстуьйту, хов-хачу аьхналлин хIо доржуьйту гонаха. Оцу башхачу Батурин похIмех тахана, х1ара ду аьлла пайдаэца дисина хIумма дац, нехан барта дийцарийн иэсехь диснарг бен. Ткъа пондарца долу гергарло тхан йуьртахь хаьдда даьлла, ша йуха ден ца лахь. Йуьртахь оьздангаллин ц1а, библиотека, къоначарна Дала шайна делла пох1ма, корматаллин таронаш кхио  цхьаьнакхета къастийна, билгалйаьлла йукъа-раллин х1усам йац. Оцу аг1ор кегийрхой кхиоран хьелаш цкъа ца хилла Цоци-Эвлахь. Х1етте а, Бату-ра санна болу нах, Делан лаамца, ша-шах кхуьуш схьайеана тхан йурт. МитIа Батурин пондаран мукъ-амех ирс оьцуш Iачу цхьана дийнахь, кхаьршинна йуххерчу айми чохь мIара богIа хIоьттина хиллера, цхьайтта-шийтта шо хан йолуш волу, йуьртара цхьа кIант. Цхьа мIара айми чукхоьссина, тIийриг берда тIера цхьана кулах тесна, шолгIа мIара жимма дехьо боьгIна, МитIа цец воккхуш, чIерий даха хIоьттира и кIант. Оцу шина мIарца, ах сахьт далале мекахаш долчу (усач),бакъ черех (форель),  кIайн чIерех (ша-майка) шиъ кочар дуьзнера цу кIанта. МитIина иш-тта мIераш тIе чIерий леташ денош нислора сих-сиха, амма оцу кIанта тахана чIара баккхарехь дил-линчу б1иллиго (хьалхара меттиг йаккхар), цу кIанте безам бахийтинера цуьнан. ХIораъ адаман безам тIебахана, каре дирзина, дош хеташ Iамийна, наха чул говза, сиха далуш хIума хуьлу. МитIа чIара лацаран говзалла кхоччуш карайирзина вара, цунде-ла оццул жима волушшехь, цу кIантехь шегахь чул алсам говзалла гича, инзарваьллера иза. МитIас хаьттина хиллера кIанте, хьена ву хьо аьлла.  КIанта шен ден цIе йаьккхича: - Дависа, оцу хьан ден, и дIо лам санна деши, дети делара, хьо цхьа к1ант сан во-луш. ХIара суна карадирзина хIума дIаэца, дIадахьа тIаьхье-х хир йарий сан,- аьллера Мит1ас. «Изза бо-хуш – м мила вацара хьуна, МитIа!» - тIетайна хил-лера Батура. Амма цаьршинне тIаьхье йоьгIна ца хиллера. Советан Iедал тIедеанадаьлла, амма чIагIделла далаза долуш, хьовр-зIовра хьайна хан хилла. Ткъа иштта, Iедал малделчу хенахь гIовттуш йолу зуламхойн, талорхойн тобанаш йаьржина хил-ла Нохчийчохь хIора йуьртахь, обаргийн цIарах. Цара хIора буса, дIасабоьлхучаьргара дийнахь, шайн йаххьаш башлакхашца йа йовлакхашца бIаьргаш тIе кхаччал лачкъа йой, хIумнаш йохуш, талораш деш, вер-ваккхар нислуш хан хилла. Батура, цIераваьлла лелаш буьйсанга вахана, шен пондар тIема кIел лаьцна (пондар дукха хьоме хиларна, Iад хьоькху пондар санна, гIутакх чохь лелош хилла цо), цIа вогIуш хилла. Нагахь шегара новкъахь х1ума йаккха ша хьовзавахь, шегахь хIумма йоцун дела, Батура байчу мукъамехь, иллин к1еж йеш, вогIуш хилла. Бодашкахь дуьхьала даьлла цхьа г1аларт, «тIох» аьлла герзан лаг дулуш: - Куьйгаш ирх дахийта, хьайна т1ера бедарш охьайахал! - омар дина герз долчо. Бегаш метта буьххьехь лелош волчу Батурас, шен тIома кIелхьара, пондар чохь боллу ботт карах цхьаъ, важа деса, ши куьг айина, аьлла: «Ванах, ирх дахийтина ши куьг долуш, ша-шена тIера бедарш дIайахалуш волчу говзанчина-м ас герзаца иза дуьхьал ца ваьлча, дIалур ма йара хIара сайна тIера тIелхигаш!»   - ГIовгIа ца йеш, сихо йе бах аса хьоьга, - олу, лаг оьзча йала кийча йолчу тапчанан биргIа кIесаран кIогчу таIийна, къуьно Батурега. «Собар делахь, «борз», - сихха кхоссар йина хиллера Батурас, - айхьа со вехь, хIара сан пондар ма лазабе-лахь, дукха экам хIума йу хьуна хIара. Варийлахь, сих ца луш х1ума делахь, лаг узург бер хилчий, даьллачу герзо адам доь хьуна. ХIан, хIара пондар бу хьуна. Хьацаро чуьра гучубаьхна бамбеш болуш, модаша Iаржбина куй бу хьуна. Йомеша къарзйина коч, хеча ас уохьайоккхушехь, хIорш дIалацал хьай-на», - аьлла, пондар, куй дIакховдийна хиллера Ба-турас къуьне. Цец ваьлла, воьхначу къуьно: - Ма та-машийна адам хилла хьо. Хьайца забар йича ца хаьа хьуна-м. Хьанна оьшу хьан мезаш дуьзна тишделла барзакъ. ДIаволо, дIагIо хьайн новкъа.-   Ша къуьнна гена ваьлча, мохь тоьхна хиллера Батурас: - Вен варша ийзош ма ца йо забарш




          ЛАБАЗ-М ЦА ВОЬХНА   
 Хулло-хи дукха буьрса, даьржина хуьлу бIаьстенца, аьхка ломахь догIанаш алсамдевлча. Ишттачу де-ношкахь Хулло шен гIода чу ца тарлой, шена ма-луъу ловзадолу, къаьсттина цоцанхойн йуьртан хьаьрмехь, аренашкахула. Кхойтта шо г1ирг1азхойн, казахийн мехкашкахь даьккхина, Нохчийчу бирзинчу цоцанхошна кху хинан амал йицйеллера. Цундела нах шайн-шайн дайн цIенойн баьрзнашна, йисинчу херцорашна тIехь керла хIусамаш йугIуш, баха охьаховша боьллера, шаьш махках хадийначу шерашкахь лайначу баланел сов, кхин кхерам шайна тI**** хир бац моьттуш. Амма адамаш цIа дирзиний, доьрзуш долчу 1958 шеран аьхкенан цхьа кIира сов хан йеара Нохчийчохь сац-цаза йочанаш лаьтташ. Стигал оьгIазе кхоьлина лаьттара, малх шен йист йоцчу паналлехь хьулбина, догIанна йазйелла, Iаьржа-сийна йукъачу мархаша тIехецнера, цIе йойучу машенийн марш тIеберзийча санна, хинан кIажарш. Азаллехь дуьйна шеца кхиъна къам шен цIа дерзаре 13 шарахь сатийсина Нохчийчоьнан Iалам, шен кийрахь IаьIначу гIайгIанийн т1уналлех дIацIандала гIерташ, хеца-делла мотталора, мелла ладарх Iенаш хьийзачу оцу деношкахь.
                2
Дукхаха болчу цоцанхошна Хулло доккха даран ба-ла бара коьртешкахь, куьйла хилла хьийзаш, шайн ков-керт, сал-пал муха ларйийр йу ца хууш. Ткъа сан лулахочунна, Лабазна дагахь, ша Эвтарехьа йолчу йуьртан арахь Хуллон йистошца, дахка ца далийта лаьттах къастош, къийго бен санна, вовшах-тесначу элхьамчийн, коканийн коьллаш тIехь тIекIел диллинчу, кхаа-деа элан литтанийн гIайгIа йара. К1иранах йахйеллачу йочанна, оьгIазе стигла хьоьжуш, цхьацца йаппаршца «гIам-гIим» деш, гура чохь бIарзделлачу экханах тера, шайн кертахь чу-ара лелхаш, дIасауьдура Лабаз, шайга веанчу соьга вистхилар хьем хеташ. – Делан дуьхьа, ма кIезиг ла-зам хила безаш хIума дара хьан арара ши-кхо литта, - аса шега аьлча, инзарваларца кхоссар йира цо: – Маьхьди, иштта ма алахь. ХIун башхалла йу хьан сагатдеш долу хIума доккха йа жима хилар – цо са дууш хилча, суна деза ма ду иза.-  «Бакъ лоь хьо. Синтем бойу хIума, хала ду. Эвлал лакха валий, хьайн докъарх бIаьрг мукъане тохахь. Са туьйр да-цар-те хьан!» –дог оьцуш, ас шега аьлча, йуьхь къа-жаран аьшниэ озайелла, г1еххьа церг гучуйелира цуьнан, там хилла.  «Оццул дог кхоош накъост ваьлча-м, хала дацара цига вала ваха»,– элира цо соьга, могаш-деналла хоттуш. Со дукха ца хьиэлуш ц1а вахара, иза шен г1уллакхе ваха маьрша вуьтуш.
                3
Жимма догIа лагIделлачу муьрехь Лабаз, шен кога ризаьнкин эткаш йуьйхина, шена тIе гатанан плащ, цунна тIехула машин гали кхоьллина, шен литта-нашка хьажа эвлан лакха коьрте дIахьаьдира. Болар дукха чехка хиларна, коьрте кхаччалц, букъа бахал-ла, шена тIе хатташ, хинан Iоврийн цинцаш детташ, шен дайначу берана садагийначу ненан санна, кий-рахь даго вата йетташ, воьдура иза. ХIара элан лит-танашна тIекхача дикка гена волуш, кхунна дуьхьал мог1а бина схьагIерташ йерш, шен докъаран лит-тийн бIарлагIаш хетайелира кхунна. Теша хала де-лахь, кхунна дуьхьал схьагIерта гIаларташ, кхуьнан элан литтанаш дара. Ижу лаца, лаьттах хьакхалуш ца хьакхалуш, хIаваэхь тIемаш даржийна, шерша куьйра санна, цкъа аьтту, йуха аьрро аг1ор техкаш, мохо ловзош болу баьсса гаьнгали санна, айалуш йа лахлуш, Лабазна т1ешершара докъаран литтанаш . – Делан къайлах лелачу орцано цIа дохьаш ду-кх хьу-на сан докъар, - дага иккхира Лабазна. Хазахетаран йовха хIон тулг1е йаьржира кхуьнан дегIаца. Амма хазахетаран йовхоно дег1е хецна зовкхан там экк-хош, дег1е шело хоьцуш, вахьийра хIара, лере кхаьчначу доккха, дистина догIучу хинан гIовгIано. Дарделлачу экханах тIегIертачу кхерамо Iадийначуьра саметта веъча, кIур боцуш йайнера дегIехь хилла хазахетаран (шена йухьанца, дуьххьа-ра литтанаш шаьш цIа гIерташ гина) алу. Берцан буьртагийн барамехь кхеттачу, шийлачу хьацаро, хоршехьа дерзийнера кхуьнан хазахетар. Шело, дег1ан чо ирахIоттош, когашка хьаьдира. Уьш (ко-гаш), бетон йоьттича санна, базбелира, дог, некхан ваз чуьра даьлла, когийн къажош чохь детталуш, халла хаалора, амма Лабаз воьхна-м вацара. Кхуьнан элан литтанаш, дестечо санна, шен карахь бендацарца тедан техкочу меран берах тера, хино, тулгIеш тIехь кхоамза ирх, хьала лестош, Лабазна хьалхха схьакхачийра, пеллигаш санна, ловза деш.
                4
Дерригенах кхетта Лабаз, дистина догIучу хинан йуьхь тIехтуьллуьйтуш, гу лекхачу ваьлла, сецна Iаш вара. Амма тIаьххьара докъаран литта ша тIехь лаьттачу гуне нисделча, хих ког ца хьакхаболуьтуш, цициг санна, литтанан буьххье, нуьйрана т1ехь гов-ран бере санна, дIанислуш д1атарвелира Лабаз. Элан литтана тIехь Лабаз йуьрта чукхочучу хенахь, эвлахь йуьйлуш тоьпаш йара, (орца доккхуш), нах, цIенойн тхевнашна, дитташ тIе бовлуш, Далла хье-сталуш, хастамаш беш, до1анаш дан боьллера. Ла-баз-м, шен лаамна ша араваьллачуха, шен литтанна тIехь, байн зуькаран мукъам беш, йуьртан урамах чутилийра хино, хьалха баьккхина бохьаш докъаран кхин кхо хола болуш. Хино литтана тIехь вадийна вохьучу Лабазна, дагадеара, мацах мохо йовдийна хьучу чуьркаша мозашна аьлларг. Мохь туххуш, шен йуьртахошна хазо дагахь вара иза «чуьркаша мозашна аьлларг», шайн керташка ша нисвелча. Амма шен лулахо, Цаьнца гича, гIиргIа санна, кома-ран диттан бажа йолчу стоммачу шина генаха таса-велла Iаш, дерриг дагара делира. Цаьнцас мохь туьйхира Лабазе: – ГIоза даораг хилда хьан докъар, Лабаз! Ков дIаделла-м ца олу Себихьате. Ма дика ду, хьан йол цIа кхочуш!–   Лабазах дукха самукъа-даьлла, ша дитта тIехь хилар  дицделла, йойна дечиг санна, къажа къежна виснера Цаьнца.  – Ца оьшу Себихьат меттахъиэйан. Хьо турмал йоьгIна Iаш-м вац цу дитта буьххьехь? – хоттуш, мохь боуьйту Ла-база Цаьнце.   – Со-м Зуокин дукъиэхь йийначу хор-базашна хадан, кху дитта тIехь чардакх дан безам болуш воллура, - аьлла, къежира Цаьнца.  «Беркате, хьийкъина хилийла хьан болх, Цаьнца! Себихьате ахь дIатоха дезаш цхьа кост ду. ХIара докъар гумс-хоша, ахча схьаделла, эцна дара соьгара. Сайна йожа хIума нисйеллачура, эцначарах хIара дIатоха воьдуш ву со. Йуха кху кеппара аьтту болий ма ца хаьа. Ткъа йолчо йехча, йожа говр-ворда мел хала ло, хьуна хьайна хуур ду-кх хIинццалц ца хиънехь, Зуокин дукъера хьайн хилла хорбазаш цIа йан дез-ча».  (Зуокин дукъехь-м Хулло ловзуш дара, хорба-зий хутал ца йуьтуш дIахьаькхна). Лабаз шен литта-нашца хино гена ваьккхира.  «Суна са ма гатделахь, - тIаьхьа мохь бахийтира Цаьнцас.  Хутал хеца йол-ча йоьхкира сайн хорбазаш ас гумсхошна. Х1инца царна, суна къинхьегам боцуш, шайн дех дIатоьхна хир йу-кх уьш Хуллоно». Лабазна хезна хуьлий ца хаьа и дешнаш. Иза Пиэдин барзана тIехваьккхина Биболатан тогIенехьа дIахьош хир вара хино. Цига-ра дIа куьг кхевддехь Гуьмсе йу-кх. Иштта, муьлххачу дахаран хьолах пайда эца хууш къонахий бу-кх тхан йуьртахь. Шун йарташкахь буй иштта-ниш?
   



          Т1ик – т1ик-м хьайна ма луъу баха! 
Русланна зуда йалийна. ХIара воьссинчу хIусаме гулбелла хилла кхуьнан накъостий. Ткъех шо хьалха и санна барам кхаьрзинчу котамашций, тIемолучу маларций доьрзура дукха хьолахь, иштта ца хьаьвзинарг стаг ца хеташ, пис лоруш, зама хилла-кх иза. Х1ун де вай, дукхахьолахь зама хьаьвззинчу аг1ор хьаьвза-кха дукхах долу адам. Цундела хир йу-кх эшар: –Замане ца ловзавойтуш, зама ловзо хьажалахь,– тахана модехь. Руслана бинера маларца болу кечам, амма жижганий, тIекхоллучу рицкъаний кхачо йацара хIара воьссинчу хIусамехь. Да-м шорта хIума дара кхарна даа, амма, туьран дитт санна, кхаьрзина котамаш хIунда йац, «пхи седа» болу коньяк мичахь ду, ахь хир йу баьхна шашлыкаш мичахь йоттуш йу, бохуш, Русланна садоIийла къийеш, хорам бинера кхуьнан нускалан тайпанах волчу «стунвашас» Малархас. Той дIакхехьаран гIуллакх чомалара ца далийта, Руслана шен накъостий хьовсабо, шайн бун чуьра лаций, ши-кхо котам йа олий. Амма баханарш, котамийн бун йуххе Русланан дестечо тесначу жIаьло аьттехьа а ца буьтий, баьсса йухабогIу. ТIаккха Руслан воьдий, ша йохьу, бун чохь йоллушехь урс хьокхий, тIоьрмиг чу кхуссий, дестечун уггаре хьийкъинчех кхо котам, можий, 1аьржий, берозий. Оцу буссехь котамаш къацахетарийн геш чу йоьрзу, коньяках, къаьркъанах, пунш, ликёрах а уьйш. Гулбеллачех цхьамма хаьттинера Руслане: - «Бисмилла – АллахIу Акбар элирий ахьа, Руслан, кхарна урс хьокхуш? – «Вай хIун Далла Iамал йан гулделла ду, ахь соьга и хетта? Къаьркъа муьйлуш ма ца хьехадо «Бисмил – Эльхьам».
- Хьайн хIума йаахьа гIуллакх доцу бага ца йетташ, - човхийра хоьттуш верг гулбеллачара. Iуьйранна лозучу коьртаца дог керчаш, ша воьссинчеран стоьмийн беша ваьллачу Русланна, «т1ик-т1ик-т1ик» бохуш, котамашна хIума таса арайаьллачу шен дестечун, Зайбуллин аз хеза. ХIорш, хIара воьссинчу хIусамна ши цIа бен йуккъехь доцуш Iаш бара. Йух-йуха кхойкхура Зайбулла котамашка, ам-ма, цо шен дагахь схьакхойкхурш, гучуйовлуш йа-цара. Зайбуллас, жIаьла буьнна йуххера кхечанхьа даьккхина, ша бертиг дIайиллина арахецнера кота-маш. Кхо бертиг дIайеллале уьш кхечанхьахула арайовлийла дацара. Цундела, уьш йайна хир йу бо-хург аьттехьа ца дуьтуш, нисса ах, ша бун чу йолуш, бун чухула бIаьрг туьхира цо. Ша суьйранна йа-гарйеш чуйоьхкина, берте жIаьла тесна йитина ко-тамаш наха хьойла доций хаара цунна. Цул сов шен мера кIант бен жIаьло тIевуьтур воцийла хаьара бу-на. И ишта делахь а, дестечун хIума декъаза ду-кх: - «Т1ик-т1ик-т1ик, мича йахана лела-техьа шу, хIу дараш?» - бохуш, кхойкхура Зайбулла.
- «Т1ик-т1ик-м хьайна ма-луъу бохур ду ахь, оцу котамийн-м хIу дайна даьлла-кх хьуна», - аьлла, шен богучу кийра хин зока а доьттина, чу а вахана дIатевжира Руслан. Меллачу хино дегI малдира, коьрте бода хьаьдира, бIаьргийн негIарш, дазделла, къовладелира. Оцу муьрехь, кхуьнан дестечунна, Зайбуллина а, хаза там болуш, «харр-хирр» деш, на-баро вожийра Руслан. Эццахь г1ан-набаршкахь цун-на дуьхьал уьйхьира ша йалийна Маьлха-Аьзни ше-гара йадийна воьду туьйранийн 1аьржа-Хожа. Ша иза схьайаккха расха динахь цунна т1аьхьавалар. Т1аккха шена дуьхьал баьлла саьрмак, жоьра-баба, шайт1анийн г1еранаш, берзалойн ардангаш, кхин а цхьацца 1ала-г1ожанаш а. Царах массарах леташ, шен тарс-маймал тур артдалла доьлла,  эххар, х1ара 1аьржа-Хожина т1екхачале, и тур кагделла, холча х1оьттина х1ара воллуш, самавелира иза. – Ма дика ду-кх и гина ирча х1умнаш г1енах долуш. Самах делхьара-м сийсарлерчу котамашна, мийлинчу ма-ларшна хилла бекхам бу бохуш, цхьана нахана ма дийца х1ума дер дара, уггар хьалха, и «т1ик-т1ик» бохуш, х1инца цу котамех дог ца дуллуш лелачунна а. Зуда йалийначеран котамаш йа кхин йолу хIума той долчу хенахь йадош, йууш Iадат хилла-кх вай-нехан даима. Х1инца Зайбуллина, суна т1ех1оьттича д1адала дезаш хилла-кх и 1адат.– Иштта ойланаш базбеллачу коьрте а хьийзаш, йуха д1атевжира шен г1енийн сериале хьажа Руслан, Зайбуллин «т1ик-т1ик» лерехь декаш.




     ЦIе тиллинарг йац, йоккхуш  йисснарг йу.
Адаман цIе уггаре экам хьаьрк йу дахарехь, амма цхьаболчу нохчийн доьзалшкахь стеннах цIе хуьлуьйту. Къаьсттина наношна, несаршна дага ца догIуш хIума дац, марзхойн ц1е кхобу бохуш. Ма-сала: Буккал, Накъа, ЦIинцIолаг, ЦIога, Моза, Бида, Далда, Букъарш, Диларш, Къакъа, Жуккар, К1еза, К1охцал, 1ука, кхин мел йу уьш. ЦIераш-м кху дуьненан йеа маьIIера гулйинера вай кху, куйна кIел йоллал йоцучу, Нохчийчохь. Ткъа дукха хьолахь, вайн хьекъалечу доьзалшкахь, жимчохь цхьа цIе туьллий, иза уггаре йезаниг йа масех гIат тIекIелйерг, йуха и цIе шайн доьзалехь шайна йаха кIорда дой, кхин цхьа бен  доцуш, йаккха атта цIе туьллу йа кертарчара, йа балийначу несарша. Мел дукха бу иштта цIераш хийцайелла нах божаршлахь, зударшлахь а. Масала: Хьамзатах –Т1уьрша хили, Хас-Мохьмадах – Ванька, Iабдул-Хьаькамах – Ц1ури, Керим-Iабдурзакъах – Борша, Сайд-Хьасех-Генардукъ, 1абдул-1аьзамах – Букъарш. ХIокху тIаьххьарчунна, шех жима волуш Букъарш олуш, боккхачу кедахь шена нанас йеттшуьрина чу ах сис-кал кагйеш, кхача луш чIогIа хазахетара. Амма ша воккха мел хуьлу, цу ц1арна реза воцуш, шен ний-сарошца дов лоьцура: - «Сан цIе 1абдул-1аьзам йу шуна, сох Букъарш баха шун бакъо йац, нанас хьо-стуш сох и аларх!» Йаккха хала йелахь, хIара иштта дегабааме вийла воьлча, нийсароша, Букъарш ала шайна мел хазлахь, кхуьнан нийса цIе йоккхуш цхьа ши бутт белира. Цул тIаьхьа 1абдул-1аьзам, цуьнца кхеран керташкара Хьасан, Хьусайн а ишкол-интернатехь доьшуш нисбелира, шайн йуьртахь 10-чу классехь кхин д1а доьшийла ца хилира, исс клас-сан бен ца хьехара кхузарчу ишколехь. Интернатехь вижа мотт бара, кхузза йаахIума лора, деша таронаш дика йара. Бакъду, цигахь лучу  йуучух 1абдул-1аьзимана тоам ца хуьлура. Цундела цо буса 24-01 сахьт долуш, кисель, чай кечдой, туьхла Iуьттуш бе-пиг дуий, шена гIетакх дора. Цхьана дийнахь интер-натан столовехь делкъе йечохь, аьтта картолийн пуьре чу йоьллина чуднаш (вареникаш) йеллера кхарна йаа. Царна тIедоьттина бецийн (постное) даьтта совдаьллера кхеран цхьана накъостана, Хьу-сайнан кедахь. Хьусайна, йуучунна тIера волчу 1абдул-1аьзаме олу: - «Хьуна дезий хIокху сан кеда-ра даьтта?» - шен кедахь кхин а пхи-йалх чуда йис-синчу хенахь. –Схьа чудотта ахь, - вукхо а олий, Хьусайна Iайгаца шен буха йисина чуднаш сецош, шен кад накъостан кеда чу лоцу. Амма Хьусайнан кедара даьттанца цхьаьна масех чуда йужу 1абдул-1аьзаман кеда. Уьш шен кеда чукхаьчна йовлале, вукхо сихвелла бага туьйсуш д1айуу. Цецваьллачу Хьусайна олу: - ВаллахIи, хьуна Букъарш цIе туьллуш хьан нана, Бакарбика, хIумма галйаьлла-м ца хилла! Ой, ас хьуна луш дерг даьтта ма дара, ткъа ахь-м чуднаш т1ехь дIа ма туьйхи сан. Наха хьан цIе мухха йаккхахь, са-м Букъарш ву хьуна хьо хIинцачул тIаьхьа.  «Вахь-хьа-хьа-хьа! Ахь сох Букъарш хьовха, Диларш аьлча, со Iа-м лур вацара «добровольно» сан кеда деана рицкъа дIа ца кхелли-ча!»  Иштта тIехьйисира 1абдул-1аьзимана  Букъарш боху цIе. Марзойн йа шайн берийн ц1ераш кхобучу несарийн, нанойн а хьекъал-кхетам ира хиларан билгало лара мегар ду, цара техкича т1ехь йуьсуш йолу и шолг1а ц1ераш а.   

         


         Дукха экам хила ца веза къуонах
Хьаьжк1аш хьийкъина деанера шо. Пачхьалкхан йуьртабахаман куьйгалхоша, хьаьжкIийн кенаш кхаш т1ехь г1одмех д1акъастош, хьаьтта д1адахьа оьланашка гулдичхьана, гIад йуьртахошна дуьтуш барт хиллера. Белхалойн бригадираша йийна лаьтта хьаьжк1ийн аренаш йез-йезачарна д1айекънера, г1ад шайна дуьтуш, кенаш оьланашка гулдайта. Букъарш ваханера ах гектар аре дIайерзо хьаьжкIийн декъа. Эца ца дезаш , Iаьнна бежнашна хьалха дилла, гIаддах хир дай аьлла, Букъарш а то-хавелира хьажк1аш кенах йаха. Де делкъенга даьлча ламазна, хIума кхалла болх сацийнера кхо, хIара санна шайна гIайгIа бан баьхкинчу кхуьнан шичо-ша: Ахьмада, 1елас, Муц1ас а. Шовданехь ламазаш эцна, боккхачу кхуран IиндагIехь Делан декхарш кхочуш дина, рицкъина дуьхьал хIитта охьахевшира виъ шича. Цхьацца литар йоьдучу банканаш чохь, шортта тIо тоьхна берам, дика дина хьокхамаш, йуккъе йаржийначу шаршонна тIе охьадиллира Ахьмада, 1елас, ткъа йеккъа йетта шуьрех бина бе-рам – иза а ах литар йоьдучу банки чохь, эхан-ах сискал охьайиллира Букъарша, Муц1ас а. Ахьмада, 1елас цхьана кеда, Муц1ас, Букъарша вукху кеда берзийра берам. Хьокхамех, сискалех дакъош дина – берриге кхача шаршонна тIехь дIанисбина, цхьана чийлик чохь шийла шовданан хи йуххе диллина, йалтех тасабелира шичой. ЭхI, ма чомехь хуьлу-кх иштта арахь, Iаламехь бууш болу кхача! Бела буьйлуш, вовшен забаршца хьийза беш, цаьрга хьаьжанчун цергех хи тосур долуш, хIума йаа боьллера хIорш, наггахь кхаралахь воккха, гIехьа суьпа волчу 1елас: «Бисмиллах1ир рохьманир рохь-им» аьлла, хIума йаа хевшинчул тIаьхьа къамелаш ца совцош, кхачех кхетар д1ахьош дара, кхачанехь бист йа хуьлуш 1ар къилахь ду бусалба нахана, шайна дагадог1уш долу пайдехь, мелехь дерг дуьйцуш, дистхилар долуш рицкъанах кхета хьовсур ду-кх вайн г1илкхехь! – аьлла, х1орш цхьацца забаре х1ума дуьйцуш, йаа буьйлало. Кхара йууш йерг марзйелла делахь йа шен цхьана гIуллакхера йогIуш, х1орш цуьнан некъахь нисбелла делахь а, цхьа цаьпцалг оьккху, тIо алсам тоьхна берам болчу, кеда. Чуэккхар-м хIунда дуьйцу, цу чохь, хоттала йахана чхьаьвраг санна, керчаш, х1уьрала иккхина дахка санна, шурин кIайн босс оьций, нека дан хIутту. И сурт гина 1елий, Ахьмаддий, Iетто дог деана,  батош лоций, дIавоьрзу. Ткъа Букъарша иза шина пIелга йуккъе лоций, т1ера бераман цинцаш 1ийдалучу цаьпцалге вистхуьлу: - «Цаьпцалг, хьо йуха берамна чуэккхахь, когаш гулбан дезар ду хьуна хьан!– Иза олий, цаьпцалг йуьстаха кхуссу Букъарша. Цаьпцалг чуиккхинчу берамах бат ца тухуш, 1елий, Ахьмаддий шолгIачу кедара берамах Iиттало, шаьшшинна мел дегаза делахь а, меца хиларна. Ам-ма хIара шиъ халла чоме ван волалушшехь, «вув-в-вехь» хазош, кемано санна гIовгIанца йог1ий пхьо-жан чхьаьвриг 1елина, Ахьмадна хьалхарчу кеда чу оьккху, оццу хенахь халхалера цаьпцалг Букъарша-на хьалха болчу берамала шозлаг1а оьккхуш. Букъ-арша: -Кхи-м лелхар йац хьуна хьо цхьана метта! - олий, хьокхам тIехь берамна йукъахьарчош, цаьпцалг дIакхоллу, ткъа Муц1ас: «Чхьаьвриг, хьо къайла йала йезар йу!» - олий, чхьаьвриг сискалций, берамций кийра йохуьйту. 1елий, Ахьмаддий ший Iеттош, шовданна тIе хьоду, шаьш йиънарг кийрахь ца соций. Муц1ас, Букъарший дисина рицкъа лаххь-адой, дIадуу, шийла шовда тIе а молуш. Дукха экам хила а ца веза къонах, т1ех1оьттина х1ума, иза мел доьхна делахь, воха ца вухуш, собарций, доьналли-ций лан 1емина хила веза. Вайн дайша эрна ца аьлла: «Ма тов ца хилча—ма торра», «г1аз т1аьхьа йаьлча, Бекъа ца воьхна».




       Адам йуьхьIаьржа деш, хила ца йеза забар
Шен тайпана ваша Васи волчу вахана хилла Бетар-солта. – Дела ва хьо могаш-маьрша, - аьлла, кхунна мараиккхина, ша сихха мохьтоьхна далниш йан йоллий хоуьйтуш, чуйоьду Васин зуда Хьаькимат. Бетарсолта Васица кетIарчу дитт кIеллахь диначу гIанта тIехь, новкъа дIасабоьлха-богIучаьрца, во-вшашка цхьацца забарш йеш, шаьшшинан самукъа-доккхш вара. ГIеххьа нитташ хьакъедда бIаьстенан зама йара, малхо тоъал вагавора IиндагIна йуьстаха нисвелча. Гено йогIуш гуш йара кхузлаг1а маре йа-ханчуьра йоьхна, хIинца жеро йаьлла Iабдат, качал-лий, кураллий лехьа лур йоцуш йолу. Бакъду, нисйелла йара, гавур, бIаьрг ца тухуш йа забар ца йеш тIехйалийтар къилахь хир долуш. Х1ара шиъ хиъна 1аш волчу ураман аг1орхула схьайогIуш и жеро йолуш, Васин зудчо, Хьаькимата, кхаьршинна т1ейог1ий, Бетарсолте хотту, ша далниш йеш махь-арх, аьтта кечбина нитташ тоха мегий? – олий. –   Далниш-м махьарх нитташ тоьхча тойалар бен хила зен дацара. Уьш-м хьайна ма-тов йахьара ахь! ХIинца ас и дIо йогIург бегашца муха хьовзайо хьо-жий хьо, Хьаькимат?– - ДIавалалахь, шун забарш тIехъйовланза ца йуьсу, со теш ма хIоттайелаш шаьш бечу сонтачу бегашна,– олий, Хьаькимат си-хонца чуйоьду. Некъ буьззина тайп-тайпаначу IатIарийн хьожа йаржош, сай санна лаг дахдина, къорзачу гуьльмаьндин йовлакх тиллина, шен хаза хьийзина месаш йолу корта г1еххьа айина, йогIуш йолу Iабдат кхаьрга нисйелира. Кхаьршингахьа йуьхь ца йерзош, шийтта херси тIаьхьа хIоттийна йогIу жаргIа санна, нисса шена хьалха хьоьжуш, тIехйолуш лаьттара Iабдат, хIара шиъ кетIахь ван а воцуш санна, тергал ца веш. Иза лалур долуш хIума дацара Бетарсолта санна волчуьнга. - Iабдат, хьо йогIуш ю?! – аьлла, ша хиъна Iачура хьала айалуш, цхьаммо тIехьара хеча йатIош санна, «цIуз-зу-зутI» олуш, цхьа тата доккхуш. Ца хаъа, и тата хIорш хевшина Iачу гIанто дира йа боккъала Бетарсолтин хеча йара йаьттIарг, йа Бетарсолтин Iовдал забар йара. Амма, цу татано шен кураллина, качаллина т1ера йоссийна, Iабдат кхаршинна тIейирзира, кхохкайина:  «Боьха хIумнаш, оьзда йоцу кхекхораш. Аш эхь-бехк ца лардарх, сан сий ца дов шуна!– Iабдат луьйш йуьтий, хIара шиъ вовшашца къамеле волу, иза тергал ца йеш. Оцу хенахь далниш йеш йолчу Хьаькимата чуьра схьа мохь туху кхаьршинга: - Бета, хIун  хилира хьан забарах? - олий. ДIайахаза лаьттачу Iабдате хьожий, Бетарсолтас олу: –Iабдат, хьо тхойшинга луьйш-м йац?–   «Ванах шуьшиъ-м семан тIехь велахь тамаша ма бу!»– бохуш, лаьтташ хуьлу цец йаьлла жеро. Йуха чуьра ара Хьаькиматан аз хеза: – Ва Бета, хила мукъане хIун хилира хьан цунах?– Бетарсолтас дуьхьала мохь туху:  «Ва иза-м зен-зулам доцуш чекх ма даьллера, д1о йоьду, т1ера бедарш т1ехь, Iовдал, дIайаха кхеттехьара шен новкъа!»   Iабдатана ца хезаш-м хуьлийла дацара Бетарсолтас дуьйцург. Амма кхин дIа  хIорш кегабар, ша нахала йалар хир ду-кх, аьлла, дIайахана хила там бара Iабдат. Забарийн, бегашийн шайн оьздангаллин доза ду, иза хиъча, лардича дика дара. Адам йуьхьIаьржа хIоттош хила ца йеза йеш йолу забар. Цхьана бусалба стеган дог ца дохо, Хьаьжин Ц1а ворх1аза дохо мегар долуш лерина Турпал-1елас (Делера маршалла хуьлда цунна) бохуш, схьадуьйцуш хезна-кх вайна 1еламнаха. 





        Кхин дIа хьох идда, сан бензин-м дацара!
Ичкерийн заманахь маслаIатна валийна цхьа сий-лахьчу бухера, дешна волу вокхстаг шен цIа дIакхетош гIур йолу «Волга» ларйеш, и стаг йуха шен ц1а д1авугуш, т1аьхьах1оьттина вахавезарг хи-лар, тIедожийнера Чхьочина тайпанан тхьамданаша. Зама ваха-ван тешаме йоцу дела дара иза. И стаг дIавуьгун волу машен билгал йинера кхунна. Цхьа-бакъду, Чхьочас машенан бос шена гича, цунах тоам бина, кхин цуьнан лоьмершка хьажар доцуш, шен машен чу бензин дотта вахара. Бензин дотта вахан-чуьра сихха схьавеана, оцу Iаьржачу «Волгин» шена тидам бан атта хир долччу аьлла, шен машен чохь и «Волга» ларйан х1оьттира Чхьоча. Ша тергалйечу машенна чу адмаш ховшуш-м ца гира кхунна, амма и «Волга» латийча, маторан гIовгIа хезна, иза дIайолалушшехь цунна тIаьхьа хIоьттира Чхьоча. ТIаьхьара хIара ца волуш, хьалхара уьдуш и «Волга» йолуш, Соьлжа-гIалахула экскурсина арадевлча санна, «Минуткехула», трампаркехула, консервни завод хиллачехула, йуха Заводской районехула, БухIан-йуьртехула д1аоьхура х1орш. Хьалхара «Волга» цхьа шен лар йайа гIерташ, таллархойх къаьхкина, къайлайала уьдуш санна хеталора шайн хехкадалар Чхьочина. Эххар, Черноречерчу заправ-кехь соцу «Волга». Чхьоча, ша бензин дотта чухь-аьвзачух, соцу заправкехь. «Волги» чуьра охьа-воьссинчу шоферо кхунна тIе а вогIий, кхуьнан ма-шен неI йоьллий, олу:  «Дийцахь, накъост, хьуна соьгара хIун оьшу? Хьох кхин д1а ида бензин ца хила, вирзина-кх со кху заправке! Хьо стенна ваьлла суна тIаьхьа». Чхьочас ша х1окхо дIавуьгуш волчу вокхстагна ха деш, т1аьхьаваьлла лелаш ву. Шеца цхьа да вац, ахь вуьйцу вокхстаг кхечу «Волгано» дIавигира, олу шоферо. Чхьоча ша галваьллий ***й, йуьхьIаьржа х1оьттина, цIа воьрзу. Х1уманна т1алам боцуш хилча иштаниг нисло-кх.




                1ут1узан леламаш
1ут1уз, цхьаболчара йилбазалла, вукхара шайт1аналла, кхечара х1илла-мекарло доцуш ву олуш, нисса д1а стаг вар-кх, соьга хаьттича, дукха ойла йеш шена хало ца йеш, шега д1ааьллачух теша-тешаш, хьекъалан к1орге йоцуш ву аьлла, нахалахь ц1е йахана, ткъе итт шаре ваьллий-валанзий, х1инца зуда йалоза йуьртахо вара. Дукхе-дукха ден, ненан аьлларехь к1ант вара, шел муьт1ахь верг кхин хир вуй те аьлла. Амма зуда йалор хьахийча, вайна ма-хаъара, нохчашлахь жимий, воккхий ца бохуш самукъадаьлла хуьлу. Ткъа  1ут1узе кхин дан вон ца дуьсура, ша ластийна ц1ерга кхуссуш чул башха ца хеташ. Зудчуьнца оьцучу дахаран ирсах къаьхкина ваьллера 1ут1уз кхоччуш. Кхузткъарал сов хан лес-тина воьдуш волу 1ут1узан да, Йайа1, наггахь ма-ларх кхеташ вара, амма кхетачу хенахь барамал т1ех ца волуш ца вуьсура. Х1ун кеп йара моьтта шуна цо т1аккха хоттош йерг? Зуькар до ша бохуш, шайн йукъ 1адайой, мохь  хьоькхуш лелара цхьацца эв-лайаийн сийлахь ц1ераш йохуш, ша-шена куьйгаш детташ. Шен ц1ийнаден и сакхте амал ца товчу 1ут1узан ненан, Маржанан, дов долура кеп хила ве-анчу шен майрачуьнца, х1унда аьлча иза, йукъана хамза волуш, нахана бале вала ваьлча. Маларо эрг1ада ваьккхина Йайа1, шен дехна деха дег1 тех-кош, кел чоьхьа валарций, кхеран дихкина 1уьллу ж1аьла саг1адоьхургана санна чухьодура шен дена. Амма бод хьакхо ч1оьнара дама дан йодучу Маржа-нан карахь, цхьанна тоха кечйина чхьонкар санна, айина дечиган чами гича, ж1аьла, т1ап-оллий довш, къайладолура. Цул т1аьха майрачун, зудчун хуьлучу девна йукъадола озалучух тера дара иза. И сурт ма-дарра гуш, раг1у к1ел хиъна 1аш волчу 1ут1уза ши б1аьрг д1ахьаббира, нанас дена тухуш шена ца гай-тархьама.  «Цу некъан бахалла, мохо идош долу г1а санна, урам раз-пурх цоьстуш, хьайх нах белорал сов кхардабеш, и деха дег1, йоьжна х1ума схьаоьцу-чуха лаьттехьа кховдош, йуха, т1ема боьду полла лоцучуха, т1амарш йаржийна хьалакхевдош, веана хир ву-кх хьо кху керта кхаччалц!» - бохуш, йап-парш хазар бен, гуш х1ума дацара 1ут1узана. Х1инца х1ун хила долу те бохуш, 1ут1уз ши б1аьрг ца боьллуш, ладоьг1уш 1ачу минотехь, «гунт» аьлла, тата долуш, цхьа х1ума охьайоьжча санна, хийтира кхунна.  «Вай Дела, ма декъаза адам хилла-кх со!» – олуш, ненан латкъаме аз хезира к1антана. Б1аьргаш биллича, уьйт1ахь йоьжна 1уьллу нана, цунна т1ех1оьттина, мохех леста синтар санна, д1аса техкаш:  «Хьо-м,  малар меллачу сол, ч1ог1а йехна ма хила, зуда», – бохуш, т1ех1оьттина Йайа1 гира 1ут1узана. Циггахь, ша охьакхетта 1аччохь, ч1аг1о йира Маржана: – Стаг, ахь и маларца долу гергарло цхьана ч1аг1онца хада ца дахь, аса хьоьца цхьана тхов к1ел кхин хан йоккхур йац-кх хьуна! Суна Делах, нахах эхь ма хетта, хьуна ца хетарх!»
«Пусар, хам бац, хьайна ма-луъу йамма-йорг1а д1аг1о, вай-м хьаха дац, зударша хьекъал луш дис-сал, г1ад дайна», - бохуш, багара мел долучу даш т1ехь тийсалуш, халла мотт керчош, зудчунна дешан са ца йита г1ерташ воллура Йайа1. Эххар, кхеташ йоцчу хьоьца х1ун къуьйсур ду, со санна волчу къонахчо аьлча санна, цхьа башха цавашарца зуд-чуьнгахьа куьг тесна, чувахана, паднар т1е д1ахаьрцира Йайа1, къаьхкинчу говро санна, меръ-уьргаш  чухула буьрса «хуррр» деш. 1ут1уза сихха т1евахана, шен нана хьалаг1аттийра, шена хуучу аг1ор цунна тамехь дош олуш, иза тейан г1оьрташ. Ткъа Маржан, дог 1аббош йелха йилхина шен декъ-азчу дахарна, шен дец1а йахара, к1анта шега дехарш дешшехьа. И буьйса д1айелира Йайа1 кхин сама ца волуш. 1уьйранна селханлера чорпа йохйина, керла басар даьккхина чай  хьалха диллира 1ут1уза шаьшшинна. Амма да, бат д1а ца туьйхуш  шена хьалха к1анта х1оттийначу шуьнах йа кхин вист ца хуьлуш, кех велира. 1ут1уза т1ахьа ваьлла, шиэга диэхар дешшехь: «Дада, ма ца лаара суна хьо сел-ханлерчу хьоле вала, ц1ахь сада1ахьа, ма г1охьа цхьанхьа. Селхана дуьйна, ахь кхин малахь ша кху керта йог1ур йац аьлла, ч1аг1онца шен денц1а йаха-на 1аш ма йу мама. Къанделлачу хенахь, ашшимма лелориг эхь ма ду!»  Дас тергал ца дира к1анта бо-хург, амма делкъал т1аьхьа, шен дег1аца маларан кеп йолуш, ша ц1а ма-вогг1ура буьйр дира:  «Хьада волол, х1инца ц1а ца йог1уш 1аш йолчу хьайн нене, аса сихха ц1а кхача бах алал. Нагахь санна ца йог1у ша бохуш цо хамталла йахь, цхьаъ йелахь цхьаъ, исс йелахь иссе ц1е тесна, сайн дена хьарам йина, наха-на хьанал йина, ас йитна хьо алий, хилларг, лелларг дуьйцуш, сихха суна т1е жоп кхачош воьл цкъа! Иза ахь кхочуш ца дахь, хьо сан во1 вац, со хьан да вац, суна хьо стаг хетар вац! Хьада воло хьайга аьлларг кхочуш де!» - аьлла, Йайа1а кехваьккхира 1ут1уз. 1ут1уз ца  х1оьттира дена дуьхьало йан. Ден лааме-ра муха вер ву доьзалхо? 1ут1уз ца дог1учу дагца, хьалла ког боккхуш, вахара нана йолчу. Цо нене элира,  ша хъо ц1а йало ваийтина дас. Д1айаг1ахьара хьо шеца, х1инца дуьйна 1ад 1а там бай иза-м, ша лелийначунна дохко ваьлла. Нана бер-та йан ца туьгура к1анта дуьйцучунна. Ша мел дий-царх нана к1адлуш ца хилча,  башха хьекъалан к1орге йоцчу 1ут1уза  дас шена т1едожийна шолг1а т1едиллар д1акхайкхира нене: «Цхьаъ йелахь – цхьаъ, исс йелахь – исс ц1е тесна, сайн дена Йайа1ана хьарам йеш, нахана хьанал йеш, цо со ве-кал вина хиларна, ас йити-кх хьо. Хинца кхин дов-дош доцуш шаьшинна атта дехар ду-кх шуьшиъ». Оцу хабаро карзахъйаьккхина Маржан к1антана, дена, церан варх1е дена не1алт кхайкхо йуьйлира, сел нахана йукъахула х1ун лело деза, х1ун дита деза, ца хууш баьхна болчу. 1ут1уз, ша кхин д1а дан дезачун хьесап доьхна, нана луьйчохь йуьтий, дена хьалха мукъана хир вац те ша йуьхьк1ай, шен дагахь бохуш, ц1а воьрзу. Раг1у к1ел хиъна, х1ара ларвеш 1аш волчу дас кхуьнга хотту: – Х1ун хилира цу-нах?–  К1анта жоп ло: «Хьуна зудчух, суна ненах валар хили-кх. Хьуна-м жимма корта биттичхьана зуда хила там бара, ткъа сунах хир йаций цунах ваьлча нана! Делахь, цхьа дегайовхо йу сан, мухха велахь ден лаам т1ера валаза к1ант ву аьлла ц1ех йуьсур йай сан нахалахь. Ма тов луург хуьлуш ца хилча, ма торру чекхдаккха деза г1уллакх, аьлла-кх вайн дайша. Иза ду-кх аса лелийнарг а». Йайа1, кхин к1анте вист ца хуьлуш, корта оллийначохь ви-сира.
         


             
                ША ВЕКАЛ  ЦА  ВИНЧУННА,
                ЙУКЪАГ1ЕРТА  ЭШАЦ   ЦХЬА…
Шовзткъа шаре волучу хенахь улло буьйлучу на-къосташа хаздина, эххар зуда йалийра 1ут1уза, шел масех шо йоккха йолуш, хан тоьхна жеро. Бакъду, ханна кхул йоккха йелахь, маренаш мел динехь цхьа бер доцуш, туй тесна бен б1арг т1е ца богг1ал, хаза товш стаг йара Аза. Шовзткъа шарахь зудчун т1алам, безаман ховхалла, ирсан чам бовзаза волу 1ут1уз, х1ордан тулг1ено эсала техкош долу х1ордкема санна, хьаьшнера синъаьхналлин зовкхо, иза йалийчхьана. Амма  кхуьнан деган к1аженехь тебна, кхуьнан ирсан мур кхолош, садууш цхьа х1ума дара – иза да, Йайа1. Оцу захалонна, ма-суьйттаза маре йахана жеро шен нус хиларна, реза вацара иза. Кхуьнан к1ант цхьа хан д1аиккхина ве-лахь, к1анастаг ма ву, цкъа зуда йалоза Ткъа йалий-нарг, Маьлх-Аьзнел хаза йелахь, жеро ма йу. Шена х1уъа хетахь дас, керла цхьаьнакхеттачийн мазала хьакхийначу беттанийн денош ца кхоло г1ерташ, ах шо гергга хан д1айалийтира. Цул т1аьхьа 1ут1уз, нах санна, б1аьстенан олхазарш вайн мехкашка схьакхелхачу хенахь, дуьне мел ду сом даккха бел-хашна арабовлучарах кхетта, эхашарана къахьега вахара, СССР олуш долчу деа элпийн дозанаш мел ду. Йалх баттахь белхаш беш лелла, г1еххьа сом-ком карахь ц1а кхечира 1ут1уз. Нана Маржан бен кхин кертахь цхьа вацара гуш, х1ара ц1а кхаьчча. Эхашарахь ганза долчу кхаьршимма дикка къаме-лаш дира. Массо беза-бевзарш, гергарниш бийцира, Йайа1ан хьал-де хаьттича, иза луларчу йуьрта тезета вахний хиира. Амма Маржана кхуьнан зудчух, Азех дерг схьа ца хьахош, шеггара иза хатта 1ут1узана бег1ийла ца хеташ, шена иза керта хьийзаш цагарна, лаьцна буйнахь даллочу хьозанан санна, кийрахь деттало дог араэккха г1ерташ, хала къурдашца са-детташ1ара иза. Эххар, г1уллакх ца хуьле даьлча, 1ут1уза нене д1акъадийра: – Вай нус ма ца го суна кху кертахь чу-ара йолуш, г1уллакхаш дина девлла вай, дан кхин х1ума доцуш дисна, мел дерг дина даьлла хьал ду?– Доккха са даьккхина Маржана олу: «Хьан дог ца дохо, сайн ма хуьллу д1атоьттуш йара со цунах дерг, амма, ас йоьлхуш йухауьйзушшехь, оцу хьераваьллачу хьан дас, йита йитина, д1айахийтина-кх иза, к1ант!»    «И х1ун ду ахь дуьйцург, ва мама? Маццах цо векал вина, хьо йита аьлла со д1ахьажийча, цо бохург дина, ас хьо йи-тарх, ас векал вина йа пурба делла ма ца йитина цо суна хьалха хьийзашйерг!»   «Цу т1е даьлча-м хьаха йац сан зуда йита бакъо цхьана ден, соьгара пурба доцуш. Х1ан-х1а, х1ара демократи йац, х1ара  анар-хи йа деспотизм йу, оцунах ловзур дац вай. Йайа1ан бакъо йу шен зуда йита, амма йац, соьгара пурба доцуш, сан зуда йита».  1ут1уза, кхин хье ца луш, шен стунцахой болчу вахана, шен Аза т1аьхьах1оттийна ц1а веара. – Ва 1ут1уз, хьайн дас йитина зуда ц1а ма йалий ахь?– аьлла, ша хьовзий-ча, жоп луш хила: – Оьшучохь шен зуда, доьзал ше-га, харцонна к1ел ца хьарчабойтуш, 1алашлур ба-цахь, зуда йало оьшуш дац стага. Ткъа харц луьйш долу дай, наний йа кхеталуш, йа сацалуш воцчо, ша къонах ву баха оьшуш дац.– Йилбазалла доцчуьнан кхетам бу-кх иза, вайна мухха хетахь а.
               


               
                1ут1узан  хьесап.
Дагах х1ума доцуш, цхьа нисса д1а волу стаг хьовзо нах кара ма бой адмашлахь даима. Эвла йукъахь гулйелла лаьттачу пхьоьханна йукъара цхьамма мохь тоьхна, схькхайкхинера 1ут1уз шайна йукъа. Урамехь х1ара гуча валлачхьана дуьйна, х1ара хьов-зо барт хиллачу пхьоьханна йукъара, Цибзу ц1е йолчу, 1ут1узан ден маьхчас хьаттинера кхуьнга: «Х1ай, т1аззашна йукъахь т1уз болу, 1ут1уз! Дий-цахьа кху пхьоханна котаман, бедан, г1езан, аш-таркханин, москалан, лекъан, т1аусан, г1арг1улин а х1оаш цхьаьнатоьхна базарахь доьхкича, мел ахча хир дара теша?– Б1аьргаш къарзийна, шега дуьйцу-чун ойла йеш, хьаж йуккъе шад гулбина, кхета г1ерташ вог1авеллачу 1ут1узе хьоьжуш, вовшашна муьшкаш йеш, б1аьргаш те1ош, кхаьршинна т1ебог1абелла 1ара, беларехь 1анабаха кечбелла нах. Т1аззашна йукъахь т1уз бу аьлла шен верасо долийначу къамело г1еххьа чахчийна, ойлане воьж-на 1ачу 1ут1уза сихха жоп делира: «Ахь х1инцца кхузахь дагардинчу х1оьэх оьцучара, мел ахча лур дара ала-м хуур дац суна, амма оцу хьайн кураллица уьш серанна дехкина хьо тевна даккха охьахаийча, ахь вайна шортта бес-бесара к1орнеш даха-м тарло-ра!»   Пхьоьханара адам геш лаьцна 1анадахара бе-ларехь. Цибзу ша вара, б1аьргех хиш туьйсуш, во-луш. Белар д1адирзича Цибзус кхоссар йира: «Эй, шен ворх1е да хьакхийца воллийла, хьо шайт1аналла доцушший, цхьа са аьрта болушший, сонта ву, бохуш лелачаран. Хьо-м хьаха ца хилла наха ма-вуьйццу а. Схьахилал суна йуххе. Сан маьхчин к1ентан хьесапна ала, х1умма дуй цхьаьнний?» – аьлла, пхьоьхане хаттар дина, 1ут1уз маравоьллира Цибзус, шена къинт1ера вала олуш. Йуха, мохь туххуш, д1акхайкхийра: – Наха мел дуьцурш схьалецча, тахана со санна йуьхь1аьржа хьуьлу шуна. Бах бахарш бакъдарх  ларлолаш!–
               


         
                Хьаша               
1аьнан хьалхарчу беттан ц1емзачу маьрк1ажал т1ехъиккхинчу хеннан бодано хьаьшнера йурт. Цу дийнахь сарралц лой, дог1ий ийна ткъов йара т1ейоьлхуш. Шайн йуккъера жама1атан  маьжди-гехь маьрк1ажан ламаз дина, 1аьмнаш хиттина болу готтачу урамехула, 1аьмнех ларвалархьама, б1аьрса лаьтта дерзийна,  ц1а кхача герга вахана вог1уш ва-ра Закари. Шен кевне нисвала ткъайах г1улч йисин-чу хенахь, кхуьнга салам
луш, цхьана адаман г1аларт дуьхьала нисло кхунна. Цуьнгара салам схьаоьцуш, шен ши б1аьрг дуьхьала лаьттачунна т1ебуг1у Закарис. Ондда, хьийкъинчу дег1ахь адам дара кхунна гушдерг. Ванах, туьйра-нашкахь сан денанас бийцинчу наьрт-аьрстхох-м вац теша х1ара алла, ойла Закарин коьрте хьо-дуьйтуш. Сихха и ойла эккхош гулвелла, Закарис хаьттира:«Кху эвлара ву моьттуш-м вац со хьо. Хьо мичара ву, лаа вуй?» – Бакълоь
хьо, со кхузара вац. Теркайистерачу Аьхкин-Барзера ву со. Галйевлла газпешаш тойеш лелаш пхьар ву со–.  – Куршлойн к1оштахь-м йара цхьа Аьхкина-Барзе, ткъа Теркайистехь хилла-кх изза ц1е йолуш йурт? – цецволу Закари. Ой, ткъа кху ткъевне, йоча-не хенахь, г1аш лелаш-м хир ма вац хьо, цигара дуьйна схьа веана? Х1инца гена ваха дезий хьан, – хотту Закарис. – Х1инца гена ваха ца деза, шун ишколехь балхахь йолчу цхьана зудчо кхайкхина вара со шен газпешан духолка тайан. Цо деллачу адарсца вог1уш ву со, – элира пхьеро. «Т1еваха хуур дуйхьуна, со вуха воьрзу, хьуна накъост эшахь»,– олу Закарис.  – Дела реза хилда, х1умма ца оьшу, Ваши. Х1ара урам чекхболучохь аьтту аг1ор долу ц1а цераниг дуй хаьа суна,– олуш, пхьар д1авахара. Закари, балхара ц1а ваза волчу шен к1антана шайн  ков диллина дуьтуш, шен куй, куртка йегийна, т1ера т1уналла йожош, чувахана, Къуръан деша охьхиира, чиркх латош. Иштта х1ара Къуръан доьшуш 1аш итт-пхийтта минот йолуш, арахь цхьамма корах х1ума йетташ хезира  Закарина. Доьшучуьра Къуръан сацийна, араваьллачу кхунна, ша ламазера ц1а вог1уш, шена  дуьхьалкхетта пхьар вевзира. Пхьеро йуха Закарига салам луш: «Хьаша
т1еоьций ахь?– олу. Коьрте хьийзаш эзар ойланаш йолуш, салам схьаоьций, Закарис олу: «Дера оьцу, хьаша-м доккха беркат ду, къаьсттина иштта йоьхначу буса! Чувала, кхин д1а дерг чохь дуьйцур ду вайшимма. Хьешан карара гонаха ачкан серий херчийна, цхьа тиша чамда схьаоьцу Закарис. Чохь йекаш цхьацца аьчгаш йолуш, йезо хиларал совнаха,
уьншарахлера ченаш, керла т1елетта хотташ болуш, т1оьхала т1етоьхна дермантин  зарзлуш тиллий, этт1а мерцхигаш дийлина йара иза. Ачган серех во-вшахтесна, т1оьхала к1аденан бехчалгаш хьарчийна бара цу чамдин т1ам. Пхьерана т1ехь йеха, бушлат тайпа, чухула лаьцна бамба хила мегаш, т1охьала тоьхна стомма боьмаша к1аде долуш халат йара, т1еихначу ткъевно йашийна, даш санна, йазйелла. Оцу халатан киснашкахь 
хаайелира Закарина цхьацца аьчкаш  Йакъайалийта иза шайн кораш к1еллахь, чухула довха хи лелачу батарейкашна т1е д1аоьллира цо. Коьртахь т1арсканан хурашка, когахь 1аьржа т1ерг1ан паза-таш, царна т1ехула кхойтталг1а лоьмар калош йара пхьеран. Ши метар сов дег1ана лекха волуш, г1еххьа д1айахана «т1ингар» йолуш, калакойн 1аж санна, богуш ц1ен бос болуш, б1аьргаш, хьуна т1ебог1абелча деза хьажар долуш, вуьшта 1уьрг
дайна дахкан санна, д1аса – уьдуш болуш, вара За-карис т1еэцна хьаша. Кога туда хешана к1архаш белла, йочаной, кисанашна чуйехкинчу газпешан «запчасташа» йазйина халат, т1адийна хурашка ба-тарейкашна т1е д1анисйира Закарис йакъайалийта. Цул т1аьхьа коьрта тилла пес йелла, диван т1е оха-хаийра х1усамдас хьаша. Кертахь кхин хьешана го-наха хьовзийта цхьа вацара ц1ахь Закарин. Бакъду, телевизор чухула мультфильмашка хьоьжуш 8-10 шо долу к1ентан ши йо1-м йара Закарин дехьа чохь, раг1у к1елхара ц1а чохь 1асанашца хала йолайалар долуш, кхузткъе уьтталг1ачу шерашка г1оьртина зуда йара. Нус, к1ант балхара ц1а кхачаза дара х1инца. Деда цхьаьнца къамел деш хаавелла, к1ентан ши йо1 сехьайелира. «Марша вог1ийла, Ваши,»–аьлла, ши йо1 мараиккхира хьешана. – Дала могаш, ирсе йолуш, дукха йахайойла шуьшиъ,– олу хьешо. Цул т1аьхьа Закарис хотту хьеше: – Ц1е х1ун йу хьан, вахар-м Теркаца йолчу Аьхкинчу-Барзехь ду элира ахь хьайн, вайшиъ ураман новкъахь дуьхь-дуьхьал нисвелча?–  «Арслан йу сан ц1е. Х1ара газпешаш тайаран болх вайн махкахь шозлаг1а т1ом д1аболалучу хенахь болийра ас. Вайн махкахь х1ара т1емийн хьовра-з1овра доладалале крекинг заводех болх беш вара со. Амма советан 1едал доьхна, вайн махкахь х1ара кегаре болабелча, массо х1ума хаьрцина д1адахара. Заводаш, совхозаш, фабрикаш кхин йолу 1едалан долахь хилла предприйатеш х1ур-ц1ур йира куьйгаллехь болчу хьаькамаша, ткъа со, со санна болу кхин эзарнаш болх боцуш, доьзал кхаба цхьа амал доцуш бисира. Г1аддайначу нахах кхетта, со болх лоьхучийн бирже вахара. Оцу арадаьллачу адамо, шайна сом, каппек луш меттиг хилчхьана, муьлхха болх бора. Маларх кхетар, харцахьа лелачу накъостех кхетар нислуш меттигаш хила йуьйлира. Эххар, байттамал хир долчу некъа со воьдуш хиларх кхийтира со. Бакъду, со, мел халачу хьоле нисваларх, нехан х1ума лачкъо, цхьанне йамартлой, тешнабехк бан дагадаийтина вац сайна. Х1унда аьлча, айса болх биначу нахехь буьйса йаккхар нислора сан дукхахьолахь,– шех те-шам байарал йоккха йуьхь1аьржо йац, аьлла хеташ ву-кх со адмана т1ейан. Иштта, нахехь буьйса йокк-хуш со нисвеллачу цхьана 1уьйрана х1усамдайн г1овг1анаш йевлира. Сихха сайна т1е х1умнаш йуьйхина, дехьа хьаьдира со. Газпешах ц1е йаьлле-ра, цул сов х1усамден бедарех хьаьрчинера иза. Ка-тоьхна диванна т1ера одийал схьаэцна, иза куьйгаш д1асадохуьйтуш сайна хьалха лаьцна, х1усамда цу одейалана  йукъахьарчош, маравоьллира ас. Йуха гена доццуш лаьтташ долу хих
дуьзна ведар тхаьшинна т1едоьттира. Цул т1аьхьа кхин цхьа ведар хи сайна т1е1анийна, сайн куьйгаш т1е т1еда одеял хьарчийна, пешах леттачу ц1ерга вуьйлира со. Дала 1алашвеш хиларна, оцу пешана т1ехьарчу краникана т1екхаьчна, иза д1ахьовзо ка-делира сан. Ц1е, жим-жимма лаг1луш, д1айайра. Кхин генадаьлла зен ца хуьлуш, и баьлла
сингаттам д1абирзира, суний, х1усамдений т1ехь цхьацца мерцахалгийн лар йуьтуш. И сингаттам д1абирзина тхо меттадаьхкича, х1усамдас элира соьга: «Арслан, х1ара сан пеш тойеш, ц1инйан йеза ахь. Х1ара д1акхосса йиш йолуш пеш йац. Х1ара, Дала гечдойла цунна, сан ненан безам бу».  – Ахь х1ун дуьйцу, со пешаш тойеш лелла ма вац, суна тахана цунах летта ц1е  д1айайта, краник д1ахьовзо хаарх! Т1е и тойеш, керла пеш оьццучул харж йер ма йу. Иза цхьанхьа кху кертахь йуьстах йаккхий, хьайн ненан безамна, кхин керла пеш эцахьа хьайна, – элира ас. «Х1ан-х1а, сайн ненан безамах со вал-лалц ирс эца дезаш ву, харж мел дукха йалахь, пеш болх беш хила йеза, сан б1аьргаш кху дуьнене хьоьжуш мел бу. Х1инца ахь х1ун дей, Арслан, цу пешана тойеш вайна оьшур болчу г1ирсан исписка х1оттайе. Вайшима белахь кху г1алахь, бацахь Ха-сав-Юртахь, эшахь дуьненан йисте вахана, цунна оьшуш болу г1ирс лохур бу хьуна»,–аьлла, х1усамдас и болх суна т1ебожийра. Мацаха хилаза ца ваьлла лор хилир сох, баьхначунна дайна, оцу стага пхьар 1амар т1едожийра суна. Пешана гонаха ваьлла хийца йезачу меженийн ц1ераш д1айазйан волало со, ц1аро мерцинчу меттигашка тоха дезаш долчу басаран бист кхаччалц. Цхьана-шина дийнахь оьшуш йолу меженаш нисйина, нускал далийначу совг1атана йахьа мегар долуш, къагийна, д1ах1оттийра х1усамдена ненан безамна цо ларйеш йолу пеш. Со т1ех реза веш суна мах белла, боккха-чу ларамца баркаллаш бохуш, со новкъа ваьккхира Ахьмада (х1усамден ц1е йара иза). Сайн ц1а веан-чул  т1аьхьа дех дагаваьлла, цуьнга цхьа старг1ин чхьонкар йохкийтина, сайна пешаш тойеш оьшур болу г1ирс, хийца йезар йолу меженаш нисйира ас. Х1инца иштта, со д1акхайккхинчу метте воьдуш, газ пешаца долу нехан хьашташ кхочуш деш, пхьар вина-кх сох дахаран хьелаша, аьлла, Закарина т1евог1авелира Арслан. – Х1инца хьо керта ваханчу сан йуьртахоша х1ун элира хьоьга?– хотту Закарис. «Цу кертара йоккастаг къора йара. Иза кхайкхича араваьллачу цуьнан к1анта, хьо шен йишас кхайк-хина ву, ткъа иза, балхара ц1а йан хьелуш хуьлу, кхана 1уьрана йухаваг1ахь гур йу хьуна иза»,– аьлла, шен чувахара.»  Иштта жоп делла, хьаша те-левизоре хьажа диван т1е охьахиира, Закарин к1ентан ши йо1 йолчу чохь. Закари ч1ог1а цец ваьллера шен йуьртахойх, шаьш – шайн г1улкхана кхайкхина валийна стаг, т1ейеана ц1емза буьйса йолуш, сел г1иллакх доцуш кех валийтарна. – Нохчий мукъна барий хьо керта вахана нах?– хотту Закарис хьеше. – Дера нохчийн мотт-м буьйцура цара шера, амма орамера дуьйна уьш нохчий бу-бац-м, ца хаьа суна. Вайна йукъахь дуккха къаьмнаш ма ду, шаьш нохчий ду бохуш, «чеченоязычный» къаьмнаш. Вайн мотт  1амийна, шайн орамерчу къаьмнийн г1иллакхашкахь бисина, чеченаш шортта бу Нохчийчохь. Цара вайна йукъахь шайн тайпанаш кхоьллина, амма нохчийн г1иллакх-оьздангаллин мехаллашна т1еберзар генна т1аьхьадисина церан. Вайна-м новкъа бацара уьш нохчолла т1елаьцна д1аболхахьара, вайн къоман син-оьздангаллин мехаллаш дахарехь ларйеш, ч1аг1лахьара. Делахь, со сих-сиха 1иттало иштта,  «чеченоязычнычарна» т1е, цундела со башха цец ца волу йа оьг1азло, дегабаам ца буьту уьш бахьанехь сайн даг т1е, уьш сайн некъахь нисбелча».
Хьешо дийцинчунна т1етан ца луучу Закарис олу: «Х1ара зама кегайелла мур бу вайн махкахь х1оьттинарг. Саг1адоьхургийн йа хьо санна, ахь бехк ма биллалахь, пхьерийн ц1арах, кхин цхьацца мехаш бо бохуш лелаш а –дукха адамаш ду меттах-девлла. Уьш таханлерчу заманахь хьошаллина т1елоцуш волчунна х1ун хаьа, уьш дикачу балхана йа зуламна арабевлла лела. Хьаша т1елаца-м атта дац хьуна, Арслан, х1окху заманахь. Вайнехан 1адатехь нийса дац т1евоьссинчу стаге паспорт хет-тар, х1ун деш лела бохуш, дуьхье кхиа г1ертар. Ткъа нагахь, Дала т1е ма даийтийла, хьошалха вуссург «вах1абйунаш» олучеран хьу кхеттарг хилахь, хьо-шалла дина доьзал дакъаза ма болий, шайгара даьлла х1ума доцуш, дайшкара дуьйна схьадог1у нохчийн г1иллакх лардар бахьанех. Цундела, Арслан, тховса хьоьга шайгахь буьйса йоккхуш саца ца аьлла болу сан йуьртахой, башха дукха бехкен бац хьуна. Кхиринчу к1ентан нана ца йилхина, олуш ду-кх вайн кица,– аьлла, сацийра Закарис шен хьешан къамел. – Бакъ лоь хьо, – аьлла, корта  та1ийра хье-шо.  Т1аккха Закарис шен к1ентан жимах йолу йо1 шена т1е а йехна, цуьнга элира: «Хьада йоло хьайн денене вайга хьаша веаний хаийта, сихха йуучунна кечам бе ала».  Йуха хьеше элира Закарис: «Хьалха-лера зама вайна йелхьара-м уьстаг1 бийна, цунах кечбинчу кхачанах кхетийтина, лула-гонахара мех-карий вовшахтухуш, хьешан лерамна синкъерам бан безаш хир бара вай. Амма таханлерчу хьелаша и 1адат лардан йиш йолчу таронехь ца дитина вай. Т1е хьо, Арслан, кхузткъалг1ачу шерашка
лестина хан йолуш  борз йу. Цундела вайшиъ, сан Маьлх-Аьзнис кечбинчу кхачанан чоме хьажа, раг1у к1елхьарчу ц1а чу г1ур ву. Бакъду, цу чувахале  вайшимма Делан декхар т1ера даьккхича х1ун дара теша? Пхьуьйра ламазана молла кхайкхи-кх вайна.»  – Мегар ду, амма со ламаз карладаккха дезаш ву,– хьешо аьлла, цуьнга ламаз эцийтира Закарис.
Ламаз оьцуш волчу хьешан тидам бича гучуделира Закарина, цо эцарехь йолчу руканийн рог1алла баш-ха ларйеш цахилар. Йуха жама1атехь  ламаз доьхкуш имамана улло д1ахоттарехь, хезаш фатихь-ат дешначул  т1аьхьа цо «Амин» ца аларехь, хьеша-на ламаз дар дика т1амарх доьлла цахилар зеделира Закарина. Оцунна 1уьйранна дечу ламазехь ша
мук1арло дира хьешо, ша ламаз дан долийна, маьждиге вахан воьлла, дукха хан йац аьлла. Пхьуьйран ламаз дина, рицкъанахь кхета х1ара шиъ раг1у к1елхьара ц1а чу ваьлча: «Буьйса декъала хилда хьан, йиши»,– аьлла т1екаре велира Арслан х1усамненаца. Вукхо дуьхьала: – Марша вог1ийла, хьаша, Дала беркате войла хьо. Хатта безарш могаш буй? Сингаттамо-м ца ваьккхина хьо ара?»   «Бар-калла, Делера маршалла хуьлийла хьуна.
Цхьа сингаттам болуш араваьлла лелаш вац. Газан пешашца долу сакхташ  д1адохуш лелаш пхьар ву со. Хьа-м йац цхьа хамталлаш йолуш пеш? Йелахь вайна хала дац уьш д1айаха», – къамеле велира хьаша х1усамненаца. –Тишаниг д1айаьккхина, керла пеш йу оха х1инца лелош йерг, цкъачунна махарчи йолуш-м йац х1ара, – аьлла, х1усамнанас, кхаьрзина жижигца кечйина «спагетти» олу гарзнийн бошхепаш хьалха дехкира хьешана, х1усамдена. Кхечу бошхепаш чохь йара кхаьршинна хьалха нехча, хьелийн налха, т1о, локъмаш, кечйина хасстоьмийн салат, майонез а. Шена хьалха диллина бошхап, бепиг чухьокхуш, ц1енна д1ац1андира хьешо, амма кхин т1е ца йоттийтира. Йуачух кхачо хиллачул т1аьхьа, кампот, чай мелла, телевизоре хьожуш парг1атвелра хешаца Закари. Г1еххьа керлачу хаамашка ла доьг1на д1авижа вахара х1ара шиъ. Хьаша маьнги  т1е биллинчу метта вижо г1оьтира Закари, амма вукхо диван т1ехь г1олехь хета шена аьлла, хьешана луург дина 1ад 1ийра Закари. 1уьйрана молла кхайкхича, иэца эцна, жама1атехь ламаз дира цаьршимма. Цул т1аьхьа цхьа сахьт даьлча, Закарин йоккхастага, несо кечдина хингалш, жижиг-галнаш хьалха дехкира Закарина, Арсланна. Хьалха жижиг-гала, т1аьхьа т1ай чу 1уьттуш хингалш диъна, т1е мерза кампот, чай мелла, хьаша д1аваха тохавелира. Батарейкашна т1ехь йакъайелла шен аьхна халат  т1ейуьйхина, х1усамдена, х1усамнанна баркалла аьлла, хьаша, кхара некъ дика бина, кех ваьла д1авахара, Закарина шена кхин т1аьхьаг1ерта бакъо ца луш. Закарис: «Мичча хенахь кху керта ван маршо йу хьуна»,– аьлла, ша селхана болх бан кхайкхинчу нахе вахара иза. Х1орш д1асакхаьстина 10-15
минот йаьллачул т1аьхьа Закари лулахошка ваха кех ваьлча, урамехь лакхара охьавог1уш вайра шайгахь буьйса йаьккхина хьаша. Иза т1екхачийтина Закарис элира хьеше: «Ванах, хьо ма сихха ларий оцу нехан пеш тайан? Йа йоьхна моттаделла кхайкхина хилла теша цара хьо?»  «Пешана-м цара со аьттехьа ца вахийти, тахана иза тайайта ахча дац шайгахь боху цара. Х1ара бутт бан цхьа итт де дисча, карахдалахь йухавола аьлла,
 йухаверзий-кх со»,– олу хьешо. «Ой, схьавеанчуьра шайн пеш тойайта соьга, ахча-м шайн хилчхьана лур аш, эрдар-кха цаьрга, хьо ирх-пурх йухавог1ург хилча, х1ара бутт бан итт де дисинчу хенахь»,– олу Закрис. – Шайца нохчолла доцчу «чеченоязычный» нахана со йухавог1ур ма вац, цара суна, ас д1а1уттучу х1ора куьйгана, дашо соьмаш лур делахь а. Шун 1адика йойла, Дала диканехь гулдойла. Вай Кхоьллинчо хьо могаш-маьрша
лелуьйтила, Закари. Хьо орамера дуьйна нохчолла долуш вуьззина къонах вуйла хии суна. Сох лаьцна цхьаболчара со сийсазвеш х1умнаш хазо там бу хьуна. Хьайна хезначух дукхах дерг бакъ доций хаа-лахь. Ган доьг1нехь йуха гур ду вайна, марша 1ойла», – аьлла, Арслан эвлах  болучу боккхачу не-кхехьа д1авара. Цул т1аьхьа маьждигера делкъан
ламазера арадевлча дийцира ас сийсара со волчу хьаша воссарх дерг, тхан ц1ийнан йишин берех бол-чу нахе. Ас газан пешаш тайеш волу Арслан вара и хьаша Теркаца йолчу Аьхкинчу – Барзера аларций,  царах 1имран ц1е йолчо олу: – Иза-м суна, сан доьзална дика вевзаш ву. Иза г1еххьа  галваьлла, жинаша иэг1ийна стаг ву. 1аламат тайна к1ант, доьзал бу цуьнан. Сан вешин к1антаца доккха хьа-шалла долуш ву оцу Асланан к1ант.
Оха г1ишлош йеш болх бина церан йуьртахь. И Арслан лаккхара дешар дешна волуш, советан 1едал доххалц нефтан заводехь оператор болх бина волуш, накъост ву. Амма вайн махкахь т1емашца боьзна кегаре болабелчхьана галваьлла висина ву, бохура цуьнан доьзало. Цу галваларх пешаш тайеш пхьар ву ша бохуш, тиша чамда, кисанаш дуьзна аьчкаш текхош, лелаш пелхьо ву-кх, буьйса т1ех1оьттинчу йуьртахь иза нахехь йоккхуш, ахь хьошалла динарг. Ас хьуна х1инца дуьйцуш дерг сан вешин к1анте далхийна-кх хьуна оцу Арсланан шен к1анта». За-крис олу: «Ткъа шен да иштта хецна 1адвитча ша волу боху цуьнан к1анта? Цуьнан къамелехь суна-м ца хаадели цхьа галваьлла, телхина х1ума. Бакъду, ламаз эцарехь, дарехь дара цхьацца кхачамбацарш, ткъа царна цо ша мук1арло дир-кх, ша ламаз долий-на дукха хан йац, аьлла.  Х1ораммо шена Дала дел-лачу хьекъалехь йоккху дуьненчохь хан, со нохчо ву, цундела суна, со волчу хьаша вар, доккха беркат хета,– иза зулам айина лелачу нахах вацахь. Ткъа зуламхо вайн холкъан, мехкан мостаг1 ву, цуьнца г1иллакх леладар – ша оьзда воцуш хилар ду»,– аьллачу Закарина дагадеара Къоьзанан 1омах лаьцна долу нохчийн халкъан шира дицар. Хьалхенгахь оцу йуьртарчу наха, духарца беркъа ву аьлла, куралла йина, цхьаммо буьйса йаккха чу ца вуьтуш йуьртах валийтина хилла хьаша. Цу йуьртал йуьстахо долчу ц1а чуьра цхьана миска зудчо, шен кхин дан цхьа амал доцушшехь, цхьаъ бен йоцу котам йийна, и стаг шайга хьошалха
т1еэцна хилар. Цул т1аьхьа Дала и йурт, хьаша т1елаьцначу зудчун ц1а доцург, йерриг а хина буха йахийтина хилла, бохуш долу. Амма, цхьабакъду, вайн заманахь ца вевзаш волу стаг хьошалха т1еоьцуш волу х1усамда цунах чекххьажа хууш хи-ла-м веза, боху ойланаш коьрте хьийзаш ц1а вахара Закари.               

 


Рецензии