ЭССЕ

                IАЙ КХЕТТА МАЛХ


(С-Хь. Кацаевн кхоллараллехь гIиллакх-оьздангаллин проблема)

ОЛИМПЕ НЕКЪ (ХЬАЛХАРА ДАКЪА)

1
                ДЕШАРХОЧУЬНГА

Суна хьалха йу Кацаев Сайд-Хьасанан йиъ кни-га: "Iаьнан суьйре", "Йаздархочун школа", "Бодаш-кахь", "Молла Эсартах лаьцна дийцарш", тIаьххьарчу шерашкахь меттигерчу периодикехь арадийлина дийцарш, статьяш, очеркаш а. Хьалхара ши книга нохчийн литературица гергарло долчарна йовза декхар дара 1997-98 шерашкахь, амма тIамо хьере бина лелачу нохчашна йукъахь уьш йешнарш дукха хир бац. Синош довдийна лелаш дара вай цу хенахь. Вайн къоман дихкинчу хIуманна (Дала дих-кинехь а, Iедало йа йукъаралло) сутара тIегIерташ, маьршаниг тосий дуьтуш амал йу. Изза ду ис-баьхьаллин литература йешарехь, школехь, инсти-тутехь, кхечу Iилманан заведенешкахь дешарехь а. Советан Iедало дуьненна гергахь, цIархазмана де-лахь а, йуккъера дешар чекх ца даьккхича ца дуьту-ра адам. Цундела вайн къоман, цхьадерг ца девллачу денна, литературица мелла гергарло дара. Амма социалистически реализман литературан Iалашо йара вайх "инкубаторни" кIорнеш санна, дин, къам, мотт, мохк, гIиллакх-оьздангалла доцуш советски тайпана адмаш-манкурташ, адмаш-зомбеш дан. Соцреализман кепа тоьхна вайн нохчийн йаздархоша йазйинчу произведенех (и йаздархойн бехк бац) баьлла "пайда" вай тахана гуш ду. Цара йемал дина дин, Iадат, гIиллакхаш дIадовлуш, дайна, диснарш малделча вайна йукъахь кхиъначу "советски чкъуро" вайн къоме хIоттийна къиза хьал вай ловш схьадаьхкина. Таханлера хьал вайн къоме хIуттур дацара, вай шен хеннахь къоман йуьхь, йахь, къилба хилла лаьттинчу эвлайаийн тIаьхьенех болчаьрга, бусалба дин, дуьненан Iилма хууш болчаьрга, вайн йаздархошка ладугIуш, дагадовлуш хиллехь. Эвлайаийн тIаьхьенаша, халкъан йаздархочо Айдамиров Абузара, кхечара тIамах, урх йоцчу хьайренах вай лардеш, зорбанехь кхайкхийра вайна хуьлуш дерг. Амма цара йаздинарг доьшуш кIезиг бара, цунах кхета гIертарш кхин кIезиг. Нохчийчохь Кацаев Сайд-Хьасанан цIе йовза йолайелира 80-чу шерийн чаккхенехь, коллективни гуларшкахь цуьнан дийцаршна зорба тоьхча. Уьш студент волуш йаздина дийцарш дара. Шен турпалхочун Алихаджиев Эльбрусан цIарах. Дуккха цIераш йолчу гуларшна йукъахь шайна тIе къаьсттина тидам бохуьйтуш дара уьш: дийцарийн кепаца, айинчу темица, даьккхина сурт санна, дерриг дукха дерзина гайтарца. Цул тIаьхьа Кацаевн дийцарш шен цIарца зорбане дуьйлура "Даймохк", "Васт", "Зама" газеташкахь, "Орга" аль-манахехь а. Амма наггахь дийцар зорбане даларх кхачо ца хуьлура йаздархочунна. Цуьнан сюжеташ тIех Iенаш йара. Атта, сиха йазлуш мур бара и цуьнан дахарехь. Тахана санна арадолуш литерату-рин диъ журнал дацара хIетахь. Кхаа баттахь цкъа арайолуш цхьа декъаза альманах йара. И, Кацаевс ма-аллара, редколлегехь болчарна тоъал йацара. Редколлеги хIунда йуьйцу, йаздархо ву ша бохучу цхьана стагана тоъал йац и. "Нохчийн маттахь цкъа дацара книга арахеца атта. ТIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина халчу даьлла и. Цхьа журнал бен дац нохчийн маттахь арадолуш. Амма и доьшуш, цуьнца бала болуш вац стаг. «Бальзак йа Д. Лондон санна энерги йолуш йаздархо нохчех ваьлча, иза дог икк-хина лийр вара, шен хьалхара книга ара ца йолуш".  ("Нохчийн яздархо".) Оцо гойту Iедало, йукъаралло хIинццалц литературана, культурана йинчу тергонан барам. Литература кхиа йуьтуш йоцу дела, вайн дахарехь хуьлуш лаьттачунна сема дацара вай... 1986-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан кхо курс дIайаьлча, могуш воцуш хилла, заочно вала дийзира цуьнан. Масех шарахь школехь болх бира. Диплом схьаэцча иза балха кхайкхира нохчийн историн, меттан, литературан Iилман-талламан институте. Эскарехь гIуллакх динчул тIаьхьа белхаш бира "Даймохк" газетехь, университетан нохчийн литературан кафедрехь. Къоначу йаздархочунна хала дара зорбане вала. Официальни идеологин хьежамаш, редакцин, йаздархочун лехамаш тайп-тайпана бара. йаздан дуккха ницкъ бара. Амма шарахь цкъа арайолу коллективни гулар, кварталехь цкъа йолу альманах кIезиг йара йаздархочунна. Нохчийн маттахь цхьаъ бен доцу "Даймохк" йукъараллин-политически газет дара. Иштта кхоллайелла йара нохчийн литературни "Васт" газе-тан идея. Амма доьхначу Iедало, шоззе тIебеанчу тIамо дуккха шерашна йухатуьйхира кхоллараллин кхиар. Къоналлин шераш. ПохIма уггаре кхиина даьлла, дегIехь ницкъ болуш, ойла маьрша йолуш шераш дара уьш. Йаздан, йаздинарг зорбане йаккха таро йоцуш. "Йаздархочун кхиар - книгаш арайий-ларе хьаьжжина хуьлуш ду". ("Iаьнан суьйре", Деш-хьалхе.) Шина тIама йукъахь жима ши книга арахе-ца кхиира Кацаев. Царна йукъа йахара авторо 1984-1993 шерашкахь йазйинчу произведенех цхьайерш. Суна схьахетарехь, цо шен хоржах арахецна йара уьш цхьацца эзар экземплярехь. "Бусалба пачхьалкх" йеш ду бохуш, хилларг отуш, йохош, къоланаш, талораш дIахьош мур бара иза. Пачхьалкхан балхахь болчу нахе алап, пенси хьехадойтуш дацара. - Вайн ворхIе да ца Iийна пенси догIуш, алапа оьцуш», - бохуш. Цу хенахь Кацаев Сайд-Хьасан хIетта кхоьллинчу Куршлойн районан дешаран декъан заведующи вара. Оцу халчу хьолехь, шен ма-хуьллу, школаш, школийн керташ, хьехархой ларбан гIерташ воллуш... Книжни туьканаш йоьхна дIайахана, йа наха дола йаьхна кхин агIо лелош йа-ра. Цундела книгаш йохка меттиг бацара йа книга оьцуш стаг вацара. Харж меттахIуттур йу бохург дуьйцучохь дацара. Йерриг бохург санна тираж дIасайекъа дийзира.  Цо йаздинчун мах тайп-тайпанчу наха, шайн хьекъале, кхетаме, дог-ойлане хьаьжжина тайп-тайпана хадабахь, ала деза, нох-чийн, советски литературехь хIинццалц йихкина лаьттинчу темина, дуьненан кхиболчу хьежамашца оццул маьрша йазйина книгаш лаха хала ду.

2      
                ШАЛХОНИЙН ЗАМА
Бакъду, Кацаев С-Хь. дийцарш дуьххьара дешча: "Оццул дерзина бакъдерг дийцаро, вайн къоман оьздангаллина кор-неI доккхуш, эвхьазлонан, цIарматлонан, дIаьвшен синберкъалла йаржорий те вайн махкахь?" - боху ойла кхоьллира йуьхьанца сан. Амма цу беркъаллин хIу, советски системо зу-да-ламанхочунна эмансипаци йелчахьана, нохчийн къоман Iедалан элита хьаькамийн даржашка кхачий-тичхьана, дендлуш, кан баьккхина догIуш дара. Ширачу Iадатех, динах хаьдда, заманца нисбеллачу советски нохчийн "сирлачу кхетаман" гIиллакх хил-ла чIагIделла дахар дара и, "комсомольски" олуш долу тойнаш деш, къаьркъанца дика-вон дерзош. Нохчийн зударий, божарий бовл-бовлуш зина тIе бовлар литературехь йаздар, дийцар а иэхье, оьзда доцуш хIума лорура. Ткъа дахарехь и лелаш хиларна къора, бIаьрзе хила везара йаздархо. Шалха йуьхь, шалха ойла, шалха дахаран кеп лелар - и дара цу хе-нахь гIиллакхехь. Нахалахь дика, цIена ша гайтар, нахана гучуьра ваьлча, шена ма-луъу, хьарам, къиза, цIармата хилар. Иштта советски системица дIанисбеллачу нахана, шайн сакхташ Iора дохуш, шаьш тийна бодашкахь къайлах лелош дерш гучу-дохуш веана йаздархочун произведенеш йезийла дацара, мукъ шайн карахь мел бу цара уьш зорбане йовлуьйтур йацара. Цара и дан дора. ДIахIоттош волу редактор керла произведени зорбане йаккха хIоттош вац, и зорбане ца йалийта хIоттош ву, аьлла ойла кхоллалора. Оцу хенахь Iедалехь болчу хьаькамашна товш йоцу произведенеш зорбане йов-луш йацара. И вайна массарна гина, ваьшна тIехь лайна хIума ду. Кацаев Сайд-Хьасанан, и сан-начийн произведенеш шайн хенахь зорбане йевллехьара, цара дуьйцург схьалаца вай хьекъал кхаьчнехьара, къам мел даьлла самадаьлла хир дара шен оьздангаллехь, культурехь, доьзалийн дахарехь хуьлуш лаьттачунна."Ас хIара дийцарш йаздечу хенахь, иттех сов шо хьалха (хIинца ткъех сов - З.Х.) сан критикашна моьттура, кегий нах, сан дийцарш дешна, шайн новккъа дIадоьлхучу зудаберашна тI****талур бу. Таханлера де гуш ду-кх вайна... Со тешна ву, тахана зударий идош, лечкъош, хьийзош берш, вочу балхана арабевлларш, сан дийцарш дешна лелаш ма бац аьлла. Царна деша ца хаа. Ткъа деша хуушверг кхуьуш вац... Хуьлуш лаьттачун бахьанаш вайн дахарехь талла, лаха деза вай". ("Iаьнан суьйре". Дешхьалхе).  Дуьйцуш цхьаъ долуш, лелош кхин хилар - шалха амал йу. Вайнехан оцу шалха амалх дика аьлла Сумбулатов Абузара: "Цхьаболчеран Iедал ду вайх долу сакхт, кхачамбацар цхьаммо Iора даьккхича цунна луьйш, вуо дош олуш. Амма хаа деза, дуьненахь хийла къо-ман хийла вуьззина кIант хилла, шен сил дукха шен халкъ дезаш, цундела шен халкъан вуо дерг вуо ду олуш. Бакъволчу патриота бакъдерг эр ду шен халкъе, шен халкъах лаьцна нахе. Хаза дешнаш ба-харх, кирхьанаш дуьхьал охкарх хьуллур дац оьзда доцург. И хьулдан гIерта гIуллакх дац. Гучудаккха деза, дIаохьа деза дуьненна, кхардам беш, аьшнаш деш, и шеца долчунна къахьдаллац". ("Даймохк", 1986 шо, №108. "Дайн гIиллакхаш - вайн хьал".) И дешнаш Кацаевн кхоллараллех лаьцна йаздича санна ду. Къомана кхетта цамгар, хьу йаздархочунна хьалха го. Хирурган санна, скальпельца и шен доцу дилха хадо йиш йацахь а, "рентгенан зIаьнарша санна, ун кхетта меттиг гу-чуйоккху цо. Лор верах дIайоьрзуш йац чов. Йаз-дархо хIаллакварх, сийсазварх дIа ца боьрзу къоман лазам. Дарбанаш ца лелийна цамгар, дийно-дийно чIагIло". Амма, Кацаевс ма-аллара, вайн къоман кхетам кхиъна балаза бу, цундела цунна хьехарш деш, иза гIалатлонех лардан гIерташ верг - пайха-мар, эвлайаъ, Iилманча, йаздархо - чIогIа балехь, декъаза хуьлу шех нах ца кхетарна, ша дуьйцург схьа ца лацарна. Къаьсттина, шен заманхойн кхета-мал иза хьалхаваьллехь. Сизифан къахьега дезаш  хуьлу иза, мел халонаш дуьхьал нислахь а. Халла карчийна ломах хьала йаьккхина тарх йуха чукар-чарх, йаздархочун къарвала бакъо йац. Массо адам бакъонца, иманца нисделла дехаш хилча, йуха-йуха пайхамарш, эвлайааш бохкуьйтур бацара Дала...

3
                ЛИРИЧЕСКИ ТУРПАЛХОЧУН,
АВТОРАН А "СО"
"Iаьнан суьйре" йолайаларан йуьххьехь гуш ду вайна, автор йаздархочун декхарш дуьззина девзаш, тIелаьцна, ша билгалйиначу Iалашонна, сих къаст-талц тIегIерташ некъ бийр болуш хилар. Цунна коьртаниг книгин исбаьхьалла ца хета. "ХIора дика-чу книган мах, цо ша йуьйцу зама нийса гайтаре терра, цу книги тIехь бакъдолчун бараме хьаьжжина хадабо. Иштта и ца хилча, хIун маьIна дара йерриг классикан исбаьхьаллин?" ("Авторера".) Книгаш йешар, йазйар цIийх доьлла стаг ву иза. Книгийн дикалла церан дукхаллийца йустуш йац, чулацамца йустуш йц. Бакъдерг йаздарца. И авторан кредо йу. Цо студент волуш дуьйна йаздинчу дийцаршна тIера тIеман дийцаршна, статьяшна тIе кхаччалц. И ду цунах бакъволу йаздархо винарг. Кацаевн дерриг бохург санна дийцарш хьалхарчу йуьхь цIарах йаз-дина ду. "Со", "ас" бохуш йаздар къоначу йаздархо-чунна атта ду, "иза" бохучул. Дийцаран "тай" лар-дан. ХIунда аьлча, дерриге хууш волчу авторан ке-пехь йаздан фантази тоьъча, зеделларг, дош кара-дерзар кIеззиг ду къоначу авторан. Цундела "со" бо-хучу кепехь шена хуург бен ца йаздан йиш йу, ца хуург Iадда дуьтуш. Авторна и хорма шера карайир-зина хилар го дуккха дийцаршкахь. Цхьадолчу дий-царшкахь "со" лирически турпалхо велахь, кхечу дийцаршкахь (авторо лечкъа ца до и) турпалхо ша автор вуй хаийтар. Шен йозанан хатI, кеп кхоллайа-ларехь дуьненан литературан тоьллачу йаздархойх Iемина Кацаев: Мопассан, Чехов, Бунин, О` Генри, Д.Лондон, Бабель, Шукшин... Лирически турпалхо-чун букъ тIехьа ца лечкъаш, авторан васт майрра, шуьйра йукъадалорца иза герга ву М. Горькийна, цуьнан тоьллачу дийцаршкахь, очеркашкахь ("Русе-хула" цикл, кхийолу автобиографически произведе-неш), иштта шен исбаьхьаллин лехамашкахь вайн заманхочунна Х.Л.Борхесна.Амма иэдан мегар дац литературни персонажан "со", авторан "со" а. Цунах лаьцна ша йаздархочо дика аьлла: "Со", "ас" боху произведени, автора шех лаьцна йазйина лору наха. Чеховн йаздарш тIехь ду: "Калигулас шен говр ха-ийна Сенате. Со цу говрах схьаваьлла ву". И Чехов ву тIаккха, цу говрах схьаваьлларг?" Цундела цхьа-долчу дийцаршкахь "со" бохург литературни хорма бен йац Кацаевн. Къеггина гуш ду и "Марха" цIе йолчу дийцарехь.


                КХОЬЛАХОЙ МУЬЛШ БУ?
"Марха" - "Студентан дийцарш" цикла йукъахь доцуш, ша лаьтташ ду. Схьагарехь, авторан хьал-харчу зерех ду и. Монологан кепехь йаздина и дий-цар. "Вай милицино вай лардо" бохуш Iамош дара вай Советан заманахь, ткъа дахарехь гуш дерг бIостанехьа дара. Законо ма-бохху низам чIагIдечу меттана, и шаьш талхадора цара. Гуш лаьтташшехь Iедалан белхахоша лелош йолу шалхо, иза данне до-цуш санна, лела везаш вара массо вахархо. Ша цхьаъ деш валлахь, царна йогIу йасакх дIалуш. Дийцаран турпалхо Марха диъ бер кхобуш Iаш йу. Цуьнан цIийнада могуш воцуш ву йа кхелхина аьлла дац дийцарехь. Шегара ахча даьккхинчу милцошка: "Хьо санна чудохьург вац сан. Велахьара со лелар йацара", - боху цо. Доьзал кхаба гIерташ, базарахь мах беш йолу ша лаца а лаьцна, шегара ахча даккха гIертачу милцойл а доьналла долуш зуда хилар го иза. Церан йамартлонаш йевзаш, кхул тIаьхьа шена тIе ма гIерта, ша мах бан йита, боху цо, йа ша отделе кхойкхуш повесткаш ма кхехьийта. "Деа бер тIера даьккхина пхийтта туьма ворхIазза мерах дер ду хьуна". Сайд-Хьасана шен турпалхойн дахар ви-чахьана дуьйна валлалц тергал ца до. Церан амалш йуьйцуш дукха шекъа ца дойу. Амалш адамийн ле-ларехь, цара дуьйцучу къамелехь гойту авторо. Ка-цаевн дийцарш - дахаран цхьа кийсиг йу. Дахаран цхьана мIаьргонехь схьалаьцна. Адам зуьйш, тIехIоьттина хала киртиг йу даима авторна бала кхочург, цо гойтург а.
Дийцаран цIе билгалон маьIна долуш йу.
Марха - сийначу стиглахь сирла хуьлу.
Марха - догIана йазйелча, Iаржйелла хуьлу.
Марха - Дала тIедиллинчу пхеа парзах цхьаъ ду.
Марха - мах беш йолу зуда (спекулянтка!) йахь йолуш йу, ткъа советски милцой - кIиллой гайтина.
Йиш йарий тIаккха оцу тайпана дийцарна Сове-тан заманахь зорба тоха?
- Москварчу "Литературни газето" ца дуьйцург, вай муха йаздийр ду? - боху авторе литературни мэтрех цхьаъ волчу Яхъяев Лечас. ("Семинар".)
"Марха" йаздечу хенахь (1984 шо) авторан берхIитта шо ду.
ГIараваьллачу американски йаздархочо Уильям Фолкнера ма-аллара: художнико зулам цу зуламан дуьхьа гойтуш дац, цул толархьама ду.
Кацаевн кхоллараллехь вайна го: дахарера зу-лам, боьха мел дерг, сий мел доцург йаздархочо деккъа и гайтархьама йаздеш дац, адамашка и эша-дайтархьама ду. И чIогIа коьрта ду Кацаевн кхидIа йолчу кхоллараллех нийса кхета. Дикка тIаьхьа, ша кхиина ваьлла йаздархо волуш, и мур иштта буьйцу йаздархочо: "Йерриге нохчийн литература, "бодане-чу гIиллакхех" къаьстина, кхуьуш схьавогIу нохчи гайтар Iалашо лаьцна йара. Нохчичун йуххехь, заво-дехь йа колхозехь, цунна кхетам луш, галваьллачохь нисвеш, тасавеллачохь куьг кховдош схьавогIуш, воккхаха волу ваша, оьрси волуш даима. Дахарехь кхин социальни йа натурийн гIайгIанаш йоцуш санна". ("Лехамаш".)
"Марха" авторан дуьххьара зорбане даьлла дий-цар дацахь (и редакторех доьзна ду), кхоллараллин, исбаьхьаллаин агIор боккха кхиам лара богIу. Цо и йаздархочун цIарах ца йаздеш, турпалхочун цIарах дийцар. Цо аьтто бо авторан доцца йаздан, шен тур-палхочун къамелаца, ойланашца цуьнан, кхечу пер-сонажийн амалш йовзийта, дуьнене хьежам гайта. Цул сов, оцу заманахь автор декхарийлахь вара иза спекулянтка йу аьлла йемал йан, и лаца лаьцна за-кон толийтина Iедалан векалш сирлачу басаршкахь гайта. Цундела къобал ца йо къоначу йаздархочун кхолларалла цу Iедалан векалша: "Социалистически реализман законаша бакъо ца ло вайна уьш йаздан. Милици, суд, прокуратура сийсазйан йиш йац вайн. Царна критика йар Iедална хIума алар санна ду. Йаздархочун декхар социалистически дахарехь вай-на сирлачу кханене боьдучу некъана дуьхьал лаьттачуьнца къийсам латтабар ду". ("Семинар".) Иштта, кхоллараллин йуьххьехь дуьйна некъ бихки-ра къоначу йаздархочунна. "Дахарехь хуьлуш дерг йа нислуш дерг литературехь гайта аьлла дац. И шен законашца йеха. И законаш ца хааро авторан сий ца ойу", - боху Ахмадов Мусас.  ("Семинар".) Амма йаздархо йуха ца велира. Цу идейни къовсамехь цунна гIортор хилла лаьттарг кхечу пачхьалкхийн литература, цуьнан классикаш бара. Церан книшкийн масалша гойтура литература бохург хIун ду, йаздархо мила ву, цуьнан декхарш муьлхурш ду а. Кхечу къаьмнийн литературана тIетевжина волчу къоначу йаздархочунна хала дара. Нохчийн маттахь йеша хьакъ долуш книгаш кIезиг йара, йа уьш карош йацара.  Дукхаха йолчу книгаш тIера авторан, турпалхойн мотт чолхе, "а"-нех, мера « нунех» тIехбуьзна, садоцуш бара.  ДIайазйина халкъан забар хилча, мичахь велавала веза ца хууш, йаздархочун матто забар йолчура йаьккхина карош. Нахана йукъахь лелаш болу нохчийн мотт бийца атта, ладогIа тамехь бу. Цундела халкъан дийцарех Iемира Кацаев йаздан. Уьш Iаламат доца хуьлура. Къамелан говзалла лаккхара йара халкъан. Ахь, атталгIа дешна воцчу, муьлххачу стаге, зудчуьнга ладоьгIча, цара дечу къамелехь царна халахеттарг, хазахеттарг гора, оцу стеган васт къеггина деллало-ра цо дуьйцучуьнца, лелочуьнца. Цхьана агIор шен маттах бIо ца булуш, йаздан Iемаш волчу йаздархо-чунна дика тIетевжийла йу и, исбаьхьаллин агIор дика карийна хIума ду. Достоевскийн дукхаха йолу произведенеш дерриге хууш волчу авторан цIарах йоцуш, турпалхочун, йа книги тIехь буьйцучу хила-мийн теш хиллачун цIарах йу ("Кхиазхо", "ШайтIанаш", кхиерш а). Достоевскийн и лехаме метод схьаэцна, лакхене йаьккхина Фолкнерс. Цуьнан йерриге книгаш турпалхойн цIарах йу, цхьаболу хиламаш (кхузахь Акутагава Рюноскэн тIеIаткъам а хаало) тайп-тайпанчу нехан бIаьргашца йух-йуха буьйцуш... Нохчийн литературехь Кацаев-на безаш, лоруш йаздархой кIеззиг бацара Бадуевна тIера Бексултановна тIекхаччалц. Царна йукъахь С.Арсанов, Х.Ошаев, А.Айдамиров... Амма и кхин литература йара. Царна йукъахь уггар тоьлларш Iедало хьийзийна йа шайн заман идеологино тIеIаткъам бина йаздархой бара. (Оцу халчу хьелаш-кахь шайн къоман истори вовшахтохарехь къахьегна болу уьш лара беза, бицбан ца беза халкъо.) Кацаевна цхьаннех тера йаздан ца лаьа, дуьненан литературехь шен некъ, шен хатI, шен меттиг  лоьхура цо. Оцу маьIнехь аьлча, ван ву Кацаев Сайд-Хьасан нохчийн литературехь уггаре маьрша, возуш воцу йаздархо, пионер. Исбаьхьаллин агIор хилла ца Iаш, ша йаздечун чулацамца. Шел хьалха мел ваьхначу нохчийн йаздархочун кхоллараллехь Нохч-ГIалгайн обкоман хьу хаало Кацаевна. "И тIеIаткъам кху цIахь мел дешначунна, балхахь мел волчунна хуьлуш бу. Цен-трехь чул дуккха чIогIа охьатаIийна, кхерийна, ладегIа Iемина ду адам пачхьалкхан йистошкахь. Муьлхха политика Iедало оцу къоман векалшкахула дIакхоьхьу. Диканна, вонна хьалхабохуш шайн тешаме нах бу церан. Дахаран массо декъахь, сферехь. Цу йукъахь кхоллараллин интеллигенци. Айдамиров Абузаран "Йеха буьйсанаш" оьрсийн, нохчийн къаьмнийн вежараллин доттагIаллин уьйраш чIагIйарна, тIекхуьу чкъор социалистически дог-ойланехь кхеторна новкъарло йо аьлла, айинарш, и книга йукъара дIайаккхийтинарш, школьни хрестоматеш тIера "Маршонан цIарах" ро-манан кортош схьадахийтинарш Москвара баьхкина кэгэбэшникаш ма-бацара". ("Семинар".)


5
           ИДЕЙНИ, ИСБАЬХЬАЛЛИН А ЛЕХАМАШ
Студентан дийцарш дийцаре дале масех дош ала догIу йерриг циклах, церан башхаллех, йаздархочун лехамех, цуьнан йозанан хотIах а. Къона шераш. Йаздархо уггаре лехамехь волу хан йу и. ХIорд сан-на йолчу дуьненан литературехь шен аз долуш йукъаван лаьа. Шен меттиг лоьху къоман, дуьненан литературехь  А.Дюма, В.Скотт, Л.Толстой, Бальзак, Шолохов санна болчу, литературан гиганташна йукъахь ца ван. Дешархочунна дагах кхета муьлха некъ лаха беза, муха йаздан деза? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхуш, керла алфавит, керла йоза, керла хатI кхолларан ойла йо. Тайп-тайпанчу шрифтех, басарех пайда эцча?  Цунна гергахь литература и йеккъа литература, самукъа, мукъа хан йайар хилла ца Iара, и "исбаьхьаллин куьце дерзийна Iилма ду (истори, этнографи, философи, этика, биологи, ме-дицина санна). АтталгIа "робот" бохучу дешан автор йаздархо ву. Математикан, физикан кхиамаш бу дуккха хьалха литературехь гучубийлина (Жюль Верн, Герберт Уэллс, Карел Чапек и дI. кх.). Амма йаздархочун болх, коьртачу декъана, адамийн син-хаамашна тIехьажийна хила безаш бу. Рентгено пе-хаш санна, схьагайта деза произведенехь адаман дог, цуьнан ойланаш..." ("Автоинтервью".) "Илиа-да", "Одиссея" тIера "Алун шераш", "Йеха буьйса-наш" тIе кхаччалц книгаш мел йоьшу, ша йаздан гIерташ къа мел хьийги кхийтира иза: "цкъа цхьам-мо алаза хIума дан дац. Массо хIума массо заманахь дийцина, хьехийна, йаздина ду. "Иштта хьал хилча, оьший те ас йаздан а?" - олий, хаттар кхоллало. Ам-ма йаздархо цунах кхиале, йаздар цIийх дулий, йаз ца дича ца мегаш, дIахIутту". ("Автоинтервью".)
Стенаха лаьцна йаздан деза къоначу йаздархочо? Оцу хаттарна Кацаевс, Хемингуэйна тIаьххье, жоп ло: шена дика хуучух. "ХIора йаздархо, уггаре хьал-ха, шен заманан векал, шен заманан билгало йу. Су-на схьахетарехь, кхоллараллехь коьртаниг - ша йаз-дийриг даггара дийцар ду, цхьа Iехо ца гIерташ. Сюжет диканиг, говзалла лаккхара, шен хатI, мотт хилча дика-м дера ду, амма деккъа церан дуьхьа йаздан оьшуш дац. ("Автоинтервью".) "Дуккха йаз-дархой бу, царна йукъахь сан накъостий, шайна ца хуучух, ца девзачух, ца гиначух лаьцна йаздеш. Де-шархочунна хьалха шайн дог-ойла дIайелла ца хIуьтту. Уьш дешархо мел  Iехо гIертарх, церан про-зех ца теша, хьан дагах ца хьакхало и. Ас даймахках йа бераллех лаьцна йаздахьара, и дика тIеоьцур да-ра. Ас волалушшехь схьалаьцнарг чевне тема йу. Йаздар -  дешархо  Iехо, дахаран гIайгIанех хадо гIертар дац. Йаздар - уггаре хьалха, синтем лехар ду. Сингаттамо, синлазаро, синIийжамо, сатийсамо веш ву стагах йаздархо. Стенаха лаьцна йаздо цо, и гут-тара авторх доьзна дац. Дукха хьолахь гонаха долчу дуьнено, хиламаша хьоьху, схьаоьшу цунна. Йаздар - кхоллам бу". ("БIарлагIаш"). Шен хенахь нохчийн литературни критико Э.Минкаиловс билгал ма-даккхара, нохчийн йаздархойх цхьа вац Кацаев сан-на йаздархочун балхах лаьцна оццул ойланаш йеш ("Орга", 1992, №I). Критикна къоначу йаздархочо и ойланаш йан хьалхе хеттехь, таханлерчу дийнахь цу ойланаша дешархочунна гойтург йаздархочун кредо хилла ца Iаш, шуьйрачу маьIнехь аьлча, йаздархойн кхоллараллин лаборатори йу. Дуьненан литерату-рехь дукха масалш карор дац цу кепара нийса хье-жамашца йаздархочун балхана тIе серло тухуш.  Ка-цаевн кхоллараллина тIехула бIаьрг тоьхча крити-кашна гуш дерг ду: "турпалхочунна йоI йовзар, йе-зайалар, цхьа хIума бахьана долуш и цунах къастар а". Бакъду, оцу къастамна йукъа-м дуьненан йерриг литература йогIу. Амма "оьший те цунах лаьцна йух-йуха йаздан, - боху критико.  - Тидамаш тоьар буй те авторна?" Уггаре хьалха литературни кри-тикна хаа дезарг ду: цу тайпа тидамаш кхачабахь, йаздархой кхачор бу, литературан хьоста лекъна, шовда санна, соцур ду. Муьлххачу дийцаран, рома-нан тхьум йу и. Диснарг дерриге, хьажкIан буьрти-гаш санна, цунна гонаха ду. Муьлххачу исбаьхьал-лин произведенехь дахаран  массо хиламаш, малха-на гонаха хьийза планеташ санна, безамна, цабезам-на гонаха доьзна ду. Шен бойно лаьцначу мозанна гонаха гезго бузу маша санна, говзачу йаздархочо йерриге социальни проблемаш адаман кхолламца, адамийн йукъаметтигца йузу.  Йаздархочун произ-веденийн турпалхой студенташ, хьехархой, Iилман белхахой, мехкарий хилар - и авторна, цкъачунна, кхин дуьне гина, девзина цахилар ду. Ша шахтер велахьара шахтерех лаьцна, эскарехь хилла велахьа-ра салтех лаьцна йаздийр дара цо. Иза кхетта, ша хIинццалц йаздинарг шен кхоллараллехь цхьа мур бен цахиларх. Кхоллараллин некъан йуьххьехь аьлла долу и дешнаш харц цахилар чIагIдо цуьнан тIаьхьарчу произведенеша. Нохчийн йаздахошца, критикашца шен идейни, исбаьхьаллин къовсамехь агIончаш, гIортор лоьхуш, шен дийцарш доьшу цо. Студенташ болуш дуьйна марзделла дара вовшийн стихаш, дийцарш доьшуш буьйсанаш такха. Сту-дентийн гонехь дика хеташ хиллехь, авторан дий-царш баккхийчара тIе ца лоцура. Цунна pеза боцчаpа деш гуттаpа цхьа хаттаp дара:  - ХIун ала гIеpтаpа хьо оцу дийцаpца? "ХIоpазза цаьpга ала хIума доцуш вуьсу со. Синтаp дIадоьгIначул тIаьхьа хIун бохуp ду? Кхиахь, адмашна стом, хIаваъ луp цо. Ца доьгIнехь - хIаллакьхиp. Каpахь доллушехь, лаьттах догIале, кагдан мукъане ца гIеpтахьаpа цхьабеpш. Йа адамийн йукъаpчу бешахь хьан дитто заза хецаpна  кхоьpу уьш, хьан Iаж шайн Iожал меpза хилаpна? Амма цеpаниг Iаж белахь, хьайниг кхоp бу. Цеpаниг кхоp белахь, хьайниг б1аpа ду. БIаpа ма ду къаьхьа, чIуьйpиг кхаьллича, йа хьен-хьенан цеpгаша доха ца до и. БIаpан чам хаа лууpг, тIамаpна тIекхача веза…" ("Хьехархо"). Амма кри-тикашна цхьана кепара хьехамаш ца го "Студентан дийцаршна" тIехь. Мелхо, наггахь, дукха атта аьлла дитний те бохург хета ("Йижарий", "Хьаша", "Вай зама"). Бакъдолуш, Кацаевн произведенешкахь сан-на, схьалаца луучунна, хьехам, кхетам болуш произ-веденеш кIезиг йу нохчийн литературехь. Цуьнан произведенийн оьздангалла, дешархочунна беш бо-лу хьехам могIанашна йукъахь бу: ситуацешкахь, персонажийн йукъаметтигашкахь, цара вовшашка буьйцучу маттаца, церан гIуллакхашца, гIиллакхашца йа и гIиллакх цахиларца. Флобера Мопассанна диначу хьехаршна йукъахь карабо вай-на цу тайпа литературни хьежамаш. Кацаев (ца ве-зачара вульгарни лоруш хиллачу Мопассанан) кхол-лараллехь хьехамаш, Бадуевн дийцаршкахь, повес-ташкахь санна: "Гой хьуна, дешархо..." - бохуш, тIехула бац, церан хьехам йукъахь бу. Дешархочун-на хьехамаш бар-м дуьненан литературехь ХIХ-чу бIешарахь дуьйна дIадаьллера, амма Iаьрбийн йоза-нан, нохчийн фольклоран бух тIехь кхоллайелла йо-лу нохчийн литература шен заманан оьрсийн лите-ратурехьа, цу заманан идеологически хьехамашна тIейирзира. В.И.Ленина Октябрьски революци йалале хьалха "Партийни организаци, партийни литература" статья тIехь билгалдаьккхинера "йоккха паргIато хила йеза шена хетачух, шен безамах ала, паргIато хила йеза ойланна, хорманна, чулацамца". Амма бакъ хир дац и паргIато Октябран серлоно йеара аьлча. Йаздархочунна, поэтана социалистиче-ски пачхьалкхехь кхачош дерг пропогандистан, аги-таторан дакъа дара. Оцу партийни Iалашонашца, идейни хьежамашца богIуш боцчу йаздархошна меттиг бацара советски литературехь йа Советски Союзехь (И.Бабель, А.Солженицын, И.Бродский, Б.Пастернак, М.Булгаков). Нохчийн литературехь-м кхин доьхна хьал дара. Кхоллалушшехь партийни хилла йолчу нохчийн литературан дукхаха болу ве-калш хIаллакбира Iедало, биснарш набахтехь, Сиб-рехахь бахкийра. Къоналлин шераш Россехь, махкал арахьа дIадахна волу С.Арсанов, Х.Ошаев мела идеологически хьу кIезиг йолуш, дагчохь кхерам боцуш вара. Иштта Iедалан харцонаша чахчийна вара М.Мамакаев, I.Мамакаев. Хрущевн "йовхоно" кхиийра А.Айдамиров. Цундела церан произведе-неш, уьш кхоьллина Iедал доьхнашехь, йаха йисна. Оьрсийн советски литературехь дукха масалш дац цу тайпана. Цу дерригенан ойла йеш, нохчийн хьал-харчу поэтех волу А.Нажаевх лаьцначу эссехь Каца-евс яйаздо: "Йаздархо - цхьанне партих, боламех во-зуш воцуш, классови, тайпанийн кхетамна тIехула хила веза. Дуьненан хьежамаш шен зерашца доьзна хила беза цуьнан". "Кхоллаpалла, Стендальн деш-нашца аьлча, - и куьзга ду, боккхачу новкъа воьдуш хьош долу. Некъахь Iаьмнаш, оьрнаш, хатт хилар, куьзган бехк бац, некъан доладан декхар долчийн бу.  Йаздархо - иллиалархо ма вац, вай хаза, цIена некъаш, урамаш, бохуш, зурма лекха. Цундела, шайн зовкх хьоьгуш, набаран тар тесна Iаш болчу нахана, цу тайпана книга арайалар, "концертехь тапча кхоссар санна ду". ("Дневник йукъара".) Сту-денчески цикл йукъадогIу дийцарш - стихаш йу ала мегар ду. Цу дийцаршкахь коьртаниг сюжет, хила-маш бац, - синхаамаш бу. "ХIокху ткъех шарахь су-на девзина хIумма дац, книгаш, зудабераш бен. Цул сов, гIала деша веъча, дерриг керла дара суна. Къо-начу поэтан цу керлачу синхаамаша стихаш кхуллу. Изза стихаш лору ас хIара дийцарш а. Шайн чула-цамца, даггара дийцарца. Вуьшта, поэзехь тIехула аьлла дуьтург, прозехь мелла деталаш йийца дезаш хуьлу. И башхалла йу". ("БIарлагIаш"). Кацаевн дийцарш доьшуш вайна го цунна дуьненан класси-кийн кхолларалла йевзина ца Iаш, и цу тIера дIататтавелла хилар а. Царах нийса кхета дагайаийта йеза Э.Хемингуэйн "айсберган" система. ТIехула гушболу ша айсберган цхьа дакъа бен дац. Доккхаха долу дакъа хи чохь, бухахь ду. Дешархочунна ойлайан меттиг йуьту Кацаевс хIора дийцарехь. Хьо цуьнан дийцарна реза ца хила тарло, амма бен доцуш ца вуьту цо хьо. Хьан дагах кхета и. Хьоьга ойла йойту цо... И ду йаздархочун коьрта декхар. Стаге ойла йайтар. Массо хIуманна кийчча жоьпаш леха ца деза цхьана произведенехь.






                Сизифан къинхьегам (шолгIа дакъа)
1.
                ОЬЗДАНГАЛЛИН ДОЗАНАШ

"Хуьлуш лаьттачун бахьанаш вай
лаха деза вайн дахарехь". ("Автоитервью".)

"Ша хесториг бен ца веза къам, кхиъна ца хила-ран билгало йу. Кхетам лахара болчу къомо шен йаздархо сийсазво. Кхетам кхиъначо, йаздархочо дуьйцург, шена мел ца тахь, тидаме оьций, кхачам-бацарш дIадахарна тIехь болх бо". ("БIарлагIаш"). "Даима къонахий хIаллакбеш, кхиа ца буьтуш, кIиллой даржашка хIиттош, лайн амалш йолчу не-хан гIо лоьцуш, дола деш, церан верас хилла схьа-деана хIинццалц Iедал. Оцу политико ша лелочух вохийна лелийна хийла стаг. Цу хенахь дагчу боьж-на кхерам дIабалаза бу тахана вайн баккхийчу не-хан. Кхерамна кIел сацар, шен сица мукъана маьрша цахилар, къаьсттина кхераме ду йаздархочунна". ("Балхахь"). Кацаевн "Iаьнан суьйре" цIе йолу хьал-хара книга оцу айаман зевнечу мукъаман лакхенехь чекхйолу. И цитаташ Кацаевн произведенеш тIера вай йалийна, цуьнан произведенеш зорбане ца йов-луьйтуш, царна (йа цунна) дуьхьал хиллачеран кхе-там самабоккхуш. Вайна дукха гена ца йаьллачу со-ветан замане йухахьаьвсича, вайна дицдалаза гина ду мел доьхнарг (вайн Iадаташций, оьздангаллиций догIуш ца хилчахьана) лело, дийца мегаш хилар. Ткъа зударий, мел эвхьаза леларх, вайн советски да-харехь йацара проституци, наркомани, царах йовлу цамгарш, харцо, къизалла. Амма и дерриге ган йиш йолуш, гуш делахь, зорбанехь хьехо, нахала даккха йиш йолуш дацара. И вайна Iедало кхетийтина цам-гар йара шен идеологица чIагIйеш. Тахана зама мел-ла хийцайелла. Дешан маршо йаьлла. ХIетте йукъа-раллера, чиновникашкара, "цхьаъ ма-хилахьара" бо-хуш, шеконца йухахьежар дайна дац. Оцу цамгарех вай цIандалийтар Iалашо йолуш, гIоьртира Кацаев шен произведенешкахь вайн сакхташ дийца. Цул хьалхарчу чкъурах болчу йаздархоша и тема шайн произведенешкахь хьехайо йайн кепехь (С-Хь.Нунуев, М.Ахмадов, М.Бексултанов, И.Эльсанов). С-Хь.Кацаев царала кIоргене, къайлене кхийда воьлла къоман лазарш дуьйцуш. Цо меттахъхьайина тема иттаннаш шерашкахь зуда-ламанхочун маршоне боьду некъ майрачун, йа ден-ненан, йа вежарийн тIеIаткъамах боьзна хила ца беза бохучу политикин зенаш дуьйцуш йу. Зударийн, божарийн бакъонаш нисйаро, уьш шайна ма-луъу лела битаро, доьзал кхиорехь иэшамечу агIор беш болу тIеIаткъамна бехке Iедало къомана коча йоьллина "эмансипаци" хилар го вайна. Цо вайн къомана тоьхначу цамгаро, зуда марша йаьккхина хIусамненан декхарех. Зуда доьзална, хIусамна хера йалийтаро гIелдина доьзалера вайн къоман гIиллакх-оьздангаллин цIеналла; майрачун, зудчун йукъаметтиг; доьзалера барт, марзо; эвхьаза баьккхина кегийрахойн безам...


2
                ДОЬЗАЛАН  ЧIАГIО

Доьзалийн гIиллакх-оьздангаллин чIагIоно, ий-ман лардаро, цуьнан дозанаш цахедоро латтийна къам Дала шена деллачу вастехь. Хьаъа хIуъу дий-цахь, доьзалан кхиар дуьххьалдIа зудчун, хIусамненан кхетамций, цуьнан дуьнене болчу хье-жамций, дикачу амалшций, хаза, кIедачу маттаций доьзна ду. ТIаьххьарчу замано деза, жоьпаллийн дукъ дожийна нохчий зудчунна тIе, бераш дуьненчу дахарал сов, царна рицкъа латтор (и цкъа хIинццалц хилла хIума дац вайн исторехь), цIийнан гIуллакхаш кхочушдар, йукъараллин белхашкахь ларабар, берашна оьздангаллин абат йовзуьйтуш, гIиллакхаш лардан Iамор. Оцу балхах, цхьадолчу декхарех хьалха йуьтуш, Дала азаллехь кхуллуш, зудчунна тIедехкина парзаш кхочушдан маьрша уьш ца битахь, вайн доьзалш кхиоран хьелаш галдевлла хиларх кхето деза нохчийн къам.
ЦIийнда ву боху "божа", жуккар санна, эралла дар бен кхин цхьа декхар доцуш, маларца йа кхечу куьцара эргIадваьлла лелахь, вай хIаллакьхуьлу не-къахь дуй хаа деза вайн йукъараллина, Iедална. Оцу цамгарша хьийзош долу къам кхето гIерташ, Сизи-фан къинхьегам шена тIелаьцна схьавогIу Кацаев Сайд-Хьасан

3
                БIАЬРГТОХАР
Кацаевн кхоллараллех лаьцна йаздан суна Iаламат хала ду. Цуьнан кхоллараллех  лаьцна меха-ла дешнаш аьллачарна йукъахь Iилманчаш, гоьбевл-ла йаздархой, поэташ, журналисташ, критикаш бу.  А.Айдамировс, В.Акаевс, М.Ахмадовс, Ш.Цуруевс, И.Эльсановс, Г.Индербаевс, Э.Минкаиловс,  Д.Сумбулатовс, Л.Ибрагимовс, А.Гайтукаевс, I.Медиговс, М.Ибрагимовс, И.Демеевс, Н.Абушайховс, У.Лорсанукаевс, кхечара аьллачул сов ваьлла сайга хIума алалур ду бохуш, ца воьлла со хIокху балха тIе. Амма нохчийн меттан, литера-туран, хьехархо хиларна, наггахь сайн кхоллайелла ойланаш зорбане йохуш, кхиберш санна, книгаш йешархо хиларна, сайна хетарг, сайн кхоллайелла ойланаш йовзуьйтуш ву-кх Кацаевн шолгIачу кни-гех лаьцна. Кацаев Сайд-Хьасан суна вевзина 12-13 шо бен хан йацара аса хIара болх болочу хенахь. Тхо вовшен дуьххьара девзачу хенахь иза Куршлойн кIоштан дешаран декъан куьйгалхо вара. Иза йаз-дархо хилар суна цул тIаьхьа бен ца хиира. Цуьнан хьалхара ши книга зорбане 1997-98 шерашкахь бен ца йевлира. Уьш ас шолгIачу книгин "Автоинтер-вью" тIера йеша йолийра. Автора ша-шегара оьцучу интервьюс жимма цецваьккхира со. ТIаьхьо-м кхий-тира со. Шен оппоненташна, йукъараллина, ша къо-бал ца вечарна бIаьргаш белла, царна шен кхолла-раллин мехалла хаийта, хIоранна меркIел ихна ша, уьш кхетош лелла вер воцун дела, бала кхаьчна цхьаьна корреспонденто, йаздархочо оьцуш ца хи-ларна, ша-шегара интервью эцна Кацаевс. Иза говза гIулч йу, къар ца валаран амал йахчош.
"- ХIун дохьуш вогIу хьо литературе?" - дуьххьарлера хаттар. Жоп: "- Нохчийн литература искусствон цхьа дакъа ду. Амма вайн дукхаха болчу яздархоша ИСКУССТВЕННОСТЬ бохучу хьесапехь кхетадо и: доцург йаздеш, дерг хаздеш, тодеш, мар-здеш, хестош и дI.кх. Оцу йаздархойн произведенеш дийна йац, "кхоьллина" йу. Цундела авторш дуьнен-чохь болуш, лийр йолуш йу уьш. (Тайнигаш кхуллу вай адамех тера. Дала кхоьллинчу адаме-м ца кхочу уьш цхьа. Бераллин хан дIайаьлча дIатосу уьш ада-мо. - З.Х.). Цу произведенийн кхачамбацар: фанта-стикина фантази, бакъдолчунна доьналла цатоар ду авторийн. Ас "хила тарлуш дерг" ца йаздеш, тахана долуш дерг, гуш дерриг йаздо. Нохчийн литерату-рехь и ИСКУССТВЕННОСТЬ дIайаьккхина, аьлла хета суна айса, къаьхьегийша т1аккха, бакъдерг дуьйцуш. Бакъдерг - и ду искусствон лаккхара тIегIа, исбаьхьалла". Кацаевс нохчийн литературехь кхайкхош оьрсийн, дуьненан йаздархойн демокра-тийн, гуманистийн  принципаш йу. Дуьненан лите-ратурехь дешан маршо тоххара йаьккхина йаздар-хоша, амма, тахана уьш хестабахь, шайн заманахь хала дара царна. Уьш йемал бора, суьде ийзабора, оьзда бац бохуш, наха, критикаша хьийзабора. ЙукъавоггIушехь, литературехь дийца дихкинарг достуш, дешан маршо йохьуш веара Кацаев. Цунде-ла чIагIдо цо: "Цхьа хан йаьлча билгалдер ду: сан цIарна тIера нохчийн литературехь керла мур дIаболабелла хилар". Лоьрана адаманийн дегIа тIехь къайле йолуш, дихкина хIумма дац. Йаздархошна хила  ца деза къайле йолуш адамийн йукъаметти-гашлахь, синлехамашлахь хIумма. Оцу балхана маьрша хилча бен йаздархочуьнга къасталац ада-мийн синоьздангаллехь, синцIеналлехь лелхаш долу сакхташ, лазарш, кхеташ йолу цамгар, цо йаржош йолу хьу, хуьлуш болу эшамаш. Йаздан маьрша во-цчу йаздархочун похIма кхоччуш схьаделлалац. Со-ветан заманахь Iедало хаьржина некъ цхьаъ бара - шайн идеологица йогIуш йоцчу произведенешна некъ бехкар. Цундела цу хенахь тоьлла произведе-неш кхоьллинчу йаздархойн йа махкахбовла дезна, йа Iедал доххалц царна дуьне ца гина. Нохчийн йаз-дархойн, политикийн махках бовла, йа шайн кни-гаш арахеца аьтто ца хилла, цхьа Iабдрахьман Авторханов воцчун. Вуьйш набахтешкахь, Сибрех бахкийна. Зорба, дош чIогIа мехала, лардеш дара Iедало. Совнаха дерг ара ца далийта массо меттехь охьаховшийна шайна тешаме нах бара.
Кацаевна, масех дийцар зорбане даьллачул тIаьхьа, дуккха шерашна бихкира зорбане болу некъ. Ма-дарра аьлча, йа тахана ца го вайна литера-турни журналашкахь цуьнан произведенеш, йа цу-нах лаьцна аьлла дош. Цуьнан бахьана ду цигахь балхахь вай буьйцу нах хилар. Iедал хийцадаларх, уьш хийца ца белла. Тохарлерра дегнаш ду церан кийрахь. Дика ду-кх Советан Iедал дохарца, зорбан-на тIехь йолу урхалла дIайаьлла. Республикерчу журналаша, газеташа ара ца хецахь, пачхьалкхан йа долахьчу муьлхха типографехь (къаьсттина респуб-ликал арахьа), шен чоьтах, книга арахеца йиш йу муьлхха стеган. Ахча дацахь, нахера сагIийна дех-на...

4
                ЙАЗДАРХО МАЬРША ХИЛА ВИЕЗА
Вайн литературан классик волу С. Бадуевн ша вайн заманахь дийна хилча, шен произведенех (ис-баьхьалла йац йуьйцург) воккхаве кIезиг меттиг хир бара церан идеологически, бакъдерг гайтаран агIор. Ша йемал деш, Iедало ницкъаш беш, нохчаша дIатесна, хера даьхна Iадаташ, гIиллакхаш, лама-сташ малдаларна, вайна хиллачу эшамийн, зенийн декъахь ша гуш. Вайна йукъахь тахана шен ваха йиш хилча, Бадуевс шен произведенеш цу кепара йазйийр йацара. Замано, Iедало боккха тIеIаткъам бо адмашна.
"- ХIун ду кхоллараллехь коьртаниг: хатI, мотт, исбаьхьалла, говзалла, сюжет йа хIуъу делахь кхин?" - шолгIа хаттар ду интервьюхь. Бакълоь, нийса боху Кацаевс хаттарна лучу жоьпехь: цхьам-мо ца йазйинчу кепара, цхьаммо алаза дерг дан дац, йа лоьхуш къахьегар эрна ду. Амма къоналлехь дук-ха шераш дов оцу кепе кхача ца луш, литературехь шен некъ лоьхуш. Эххар а кхета ша гIаларташна, бIалгIанашна тIаьхьаидарх. Йаздаран цамгар хьак-хайелларг, ца йаздеш Iийр вац. ХIораммо йуьтуш йерг шен заманан лар йу, цундела заманан векал хилла чекхвала веза, цуьнан билгалонаш, синлеха-маш, синхаамаш, васташ, гIиллакхаш, ламасташ бакъдолчунна тIера даггара йаздеш. Башха дика сюжет, исбаьхьаллин лакхара говзалла, шен хатI, кIоргера аьхна мотт хилча дика-м ду йаздархочунна. Амма уьш дерриг шеца делахь, йаздеш долу хIума хьуна чухула чекхдаьлла дацахь, хазахетарца, хала-хетарца ахь кийрахь аьхьна, лайна дацахь, хьоьга йазлур-м дац. йаздича и нехан дегнашка кхочур дац. Журналистико йаздархочунна луш болу пайда бевза вайна кхоалгIачу хаттаран жоьпехь. Кацаевс шен жоьпашкахь моттарций, хетарций, ца до къамел. Цо билггала шена зеделларг, даррехь шена гинарг, хиънарг бен ца дуьйцу. И цуьнан дикачу адаман, тоьллачу журналистан, бакъволчу йаздархочун баш-ха амал йу. Литературан теорехь Iаламат кIезиг бел-хаш бу нохчийн. Къаьсттина нохчийн маттахь. Дер-риг Iилма Советан пачхьалкхехь оьрсийн маттахь кхуьуш дара, атталгIа къаьмнийн республикашкахь. КIеззиг пайда лора цу тайпанчу Iилмано къомана, йаздархочунна шен кхиарехь. Оцу маьIнехь аьлча, "Автоинтервью" боккха кхиам бу нохчийн литера-туран теорехь. Интервьюн кепехь и йазйар - йеша, кхета атта хилийтаран дуьхьа ду.  Цо Кацаевн кхол-лараллехь программни меттиг дIалоцуш хиларна, йаздархочун шатайпа манифест лара мегар долуш бу и болх. Ша йаздийриг арахеца аьтто баккхархьама, "Даймохк" газете балха воьду Сайд-Хьасан. Цигахь йевза цунна журналистан къинхьегаман халонаш.  Журналист йаздархочух къастош дуккха бахьанаш карадо цунна. Журналист шен лаамехь воцуш, цхьана политически тобана я цхьана идеяна гIуллакх дан дезаш стаг ву. Шена алап лучарах, це-ран декхарех воьзна ву иза. Ма-луъу хьайн произве-денеш тIейетта бегIийла ца хуьлу. Цундела цо и болх дIатосу, йаздархочун маршонах ца къаста. Хьехам бац и тIекхуьучу йаздархошна, журнали-сташна? Йаздархочун болх дIакхехьа гIерташ, цхьа-на буйна ши хорбаз тарйан гIертачарна? Нисбала луучу журналисташна дика хьехам бу. Сайд-Хьасана уьш масех тобане бекъара:
- шайн дагахь дерг къайлехь латтош, тIедеъанчу Iедална муьтIахь берш;
- сом хилчахьана, стеннах йаздеш берш;
- кхин баха, бовла меттиг ца хилла балхах таса-белларш;
- муьлххачу Iедална назманаш, хесторан эшарш лоькхурш, йа даима муьлххачунна неIалт кхайкхо-раш. "Уьш цхьана хIуманах Iехабелла, йа цхьана хIуманна дарбелла лелаш нах бу".
Иштта дагадогIу Кацаевна литературана лерина шен газет арахеца. ХIетахь Цуруев Шарипаца и схьа доьллу цо. (Карарчу хенахь арадолуш дац и.) Тахана Кацаев Сайд-Хьасана куьйгалла деш долу Кур-шлойн кIоштан "Машар" цIе йолу газета "литера-турни" аьлла цIе йахана дара  журниалистийн го-нехь. И дозалла дара «Машар» газетан белхалошна. Цу тIехь зорбане йевлла дукхах йолу материалаш шир ца лучех йу. Дала гечдойла А. Айдамировна, цо даима, вайн къам лардеш, беш хиллачу кхайкхаман девиз йара: "Вай Россица девнах, тIамах лардала деза, вай машар лаха беза цуьнца, лулахошца, массо пачхьалкхашца, массо къаьмнашца. Ийза ца луш, дахарера бакъдерг дуьйцуш, къоман машарехьа болу некъ, барт чIагIбеш, дешархойн дог-ойла меттахйаьккхина, церан бендацаралла эккхийна, адамийн бIаьргаш хьалха хуьлуш долчунна, хиллачунна дIабоьллуш, хиндолчу ирсах, тайначу дахарх уьш тешош, мехала болх беш ду "Машар" газет. Амма кху тIаьххьарчу шерашкахь и газета кIоштан куьйгалхойн докумен-ташна зорба йетта ца ларалуш дисина, литературин кхоллараллин некъахь хьадда. Дуьненан йукъара финансови кризисца доьзна хIума хила мегаш ду иза».


5
                ЙАЗДАРХО КХИАР
"Журналистан болх - цхьана денна бен бац, ткъа йаздархочун болх - гуттаренна бу" - бохуш, къастадо Кацаевс. Амма журналистико шена "Даймохк" газе-тан редакцехь нехан кехаташна, материалашна, кхоллараллин белхашна тIехь бечу балхо дуккха хIума Iамийна хилар лечкъа ца до цо: совнаха дерг дIадайа, дукханна йукъахь харжа, дустуш гIолениг къасто, ледарниг тодан, оьшург тIетоха. Оцу прак-тико шен произведенеш кхоамза цеста, йара, тIе сиз хьоькхуш дIакхийса Iамийра шена, корматалла кхи-ийра, боху цо. Цул хьалха ша мел йаздо дош мехала хеташ, хийца ца лууш, ма-дарра арадала деза моьттура. Доллучул коьртаниг лору цо йаздархо шен даго хьоьхучуьнга ладугIуш, дахаран массо агIонна сема, бIаьрг биллина, адамашца ийна, дика хилар. "Муьлххачу йаздархочунна газета дика шко-ла йу, амма хьайна цIий ца луш пуьташ ботта Iамале, дIавала веза-кх цигара", - хьехарш до Сайд-Хьасана. Болх муьлххург беш велахь, йаздаран ун кхеттарг литературе ца гIерташ Iийр вац, цамгаро хьовзийнарг больнице санна.  "- Хьалхе, сих-сиха зорбане валар пайденна дуй къоначу йаздархочун-на? ХIун ду хьо вайн заманан йаздархойх къасто-риг? Хала йаздой ахь? Ахь йаздечунна нах реза ца хилча хIун дан деза? ХIун гIо до йаздархочунна критико? Оьший и цунна? Муха хьал ду нохчийн литературан критикехь?" Иштта ша хIиттийначу хаттаршна жоьпаш луш волу йаздархо, иза мел къо-на велахь, литературана, йаздархочунна хьалха лаьтта декхарш девзаш, зеделларг долуш, балхана оьшуш йолу коьчаллаш, гIирс карабирзина, жим-чохь дуьйна похIма долуш, дешан говзанча, маттана шера, синхаамаш ирбелла, ойланийн тIам маса бо-луш хила веза. И дерриге марса йаьллачу цIергахь кхехкаш тIехъоьхучу йе чуьра, бухдуьйлучу шовда-нан хьостано, садоьIуш, туьйсу хин кIежах терра, Сайд-Хьасанан къамелехь иллийн мукъамех диекаш ду. Кхоллараллин балхаца возучунна, муьлххачу хенара велахь, кхиа, Iама, дан дезарг, дита дезарг хьоьхуш, жоьпаш ду цу тIехь. "Газетехь йа журна-лехь зорба тоьхча-м, наха йазйинчу тексте санна, хьоьжу хьо хьайн произведенега. Даьлла гIалат, дIадаккха дезарг, тIетоха дезарг, кхечу тайпана ала дезарг, дика нисделларг, массо агIо кхечу бIаьргашца го". Иштта таро нисйеллачу йаз-дархочун кхиар сиха нисло, амма нохчийн йаздархошна и саннарг доьгIна дац, - уьш бу бохучу бехказлонна бен "литература" (йаздархой) кхиарна тIехьажийна вайн Iедалан цхьа Iалашо ца хилла хIинццалц. Цундела вай йаздархой шайн похIмаллин таронаш заздаьккхина йалале, шен про-изведенеш зорбанехь ах йа эхан ах гучу йовлале, къанлой, тишлой, могашалла кхачалой дIабовлу. Кху заманан йаздархошлахь шен башхалла лору Кацаев Сайд-Хьасана, ша вайнехан йукъара дахар долчулла хаздеш, цIена, "басар-подар хьаькхна" гойтуш цахилар. Ша шен халкъ даггара дезаш хиларна ву цуьнан сакхтечу агIонаш тIехь тидам латтош. Дуьненан литературехь демократина, гуманизмана  некъ баьккхина Радищев, Герцен, Бальзак, Мопассан, Л.Толстой, Достоевский, Чехов, Бунин, Драйзер, Фолкнер, Т.Манн санна, реализмана, критически реализмана, некъ боккхучех хьалхарниг лору цо ша нохчийн литературехь. Ткъа хьалхарчунна даима хала ду. Произведенеш сиха йа меллаша, дукха йа кIезга йазйалар йац йаздархочун корматалла лакхара йа лахара хиларан билгало. И авторан синхIоттаме хьаьжжина, ойла йан таро хиларе йа ца хиларе терра нисло. Хьуна ледара хеташ дерг нахана товш, дика хетарг ца товш нисло. Иза замане, книгашйешархошка хьаьжжина хуьлу. Шен къам дезаш волуш, бакъ дерг дийца йукъ йихкинчу художнико критика йо, шен махкахойх къахеташ, уьш цIанбала лууш. Амма и ца тов кхетамна беркъа болчарна (IуьтIанашна, хардангаш-на, бежлошна - къоман лахара чкъурана). Цара тIом болабо йаздархочуьнца, цуьнан произведенешца. Цунна дуккха масалш ду исторехь. Массарна там хуьлуш цхьа тема йу - къоман истори. Исторически произведенешкахь турпалхой цIена, оьзда, кхетам лакхара болуш къонахий гойту. Оцу темица догIуш хьан похIма нислахь, хьан произведенеш йезар йу нахана. Амма иза дахаран цхьа агIо бен йац. Нахана ца тов агIо йу церан сакхташ гайтар. Флобер, Т.Манн, Золя, Фолкнер, Бадуев, Ошаев, Айдамиров, кхиберш цундела хьийзийна. "Нахана хIун хетар ду те?" - боху, ойла хила ца йеза йаздархочун. Наха дуьйцург тергал ма де бохург дац и. Хьан заман-хошна йа махкахошна йукъахь цхьаберш нийса ца кхета тарло ахь дуьйцучух, бохург ду. Амма дешар-хошна нийса некъ гайтар критикан гIуллакх ду. Ха-лахеташ делахь, уьш шаьш бу тахана кхето безаш, советийн партийни идеологи тIехь бисина. Нахана хета дерг хууш, церан психикина дукха ницкъ ца беш, уьш хьайн мостагIий хилла ца гIовттуьйтуш, дозанал тIех ца волуш, дешархой хьайца къовсаме бевлла, къамеле бохуш, йукъаметтиг кхоллайалийта хьажа веза йаздархо. Кхечанхьа доьшу вай: "Хьайл хьалхарчу йаздархоша хIун йазйина, муха йаздина, йоьшу церан книгаш йа ца йоьшу, беза уьш тахана нахана йа ца беза? Цуьнца дуста. Хьайн дагца дуста. Галвер вац хьо". Йуьхьанца нахана хетачуьнга ла ма дегIа бохург нисдо Сайд-Хьасана, хьайл хьалхарчу йаздархойн произведенеш йоьший хьажа, уьш наха-на безий хьажа, бохучу дешнашца. Сайд-Хьасанна СаIид Бадуев, говза художник хиларна везахь, амма цо бусалба дин, Iадаташ, оьздангалла йемал деш йазйинчу произведенийн автор ша-м хуьлуьйтур вацара. Цундела ас сайга хаьттича, Дала бусалба динца тIекховдийначу некъара къам галдоккхуш, цуьнца Iотталуш йоцу произведени, къам реза хир дацахь, йаздархочун къобал йо. Ишттачу хьелаш-кахь нахана хетан дерг хьесапе оьцуш Iайла йац цхьана йаздархочун. Ас бакъво Кацаев Сайд-Хьасан цо: "Йаздархо, поэт а - пайхамаршна уггаре гергара стаг ву", бохучунна тIехь. "Нахана ца гург, наха хье-сапе ца оьцург, нахана бен цахетарг, нахана дан дац, йа делахь хьехо ца оьшу моьттург, цо, шена Дала беллачу кхетамца, бIаьрсица, лерсица схьалоцу, йу-ха шен дагчухула чекхдоккхий, дIагойту нахана цаьргара хьал, церан Iер-дахар…  Атта-м дера ду йаздан, нахана товш хилча, нахана тахь-цатахь йаз-дан ду-кх хала". "Хьо Дала деллачу похIмица йаз-дархо велахь, Цо пох1ма делла, хьуна цхьа хIума кхераме дац, хьо кхера вийр вац, йуха воккхур вац, дегаза вер вац. Бакъду. Хала хир ду, чевнаш йийр йу, дог лозур ду... Амма, йуха йаздан гIо дийр ду. Хьол  лакхара суьдхо хьан ван вац, Дела воцург", - чIагIдо къоначу йаздархочо.

6
                КРИТИК - ИСКУССТВОН НАКХАРМОЗА
"Критикна коьртаниг ша йийцаре йеш йолу про-изведени йац, и бахьанехь йа вуьшта, коьртачохь кхолладелла йа хьалхе дуьйна, хилла йолу ойланаш йовзийтар ду". Эццахь Кацаев Сайд-Хьасана буьйцург ас хIинца шен произведенешна тIехь беш болу болх бу.  Изза ала догIу оьрсийн тоьллачу ли-тературни критикех лаьцна: Белинский, Писарев, Добролюбов, Чернышевский... Яздархочун ойла-нашца критикан хьежам богIуш, ца богIуш метти-гаш нисйалар дац гал. Амма критик уггаре хьалха йаздархочун башхалла, дешан говзалла, суртхIоттор, дуьйцург дерзо хаар, турпалхойн амалш, гIиллакхаш достуш, иштта хиларан бахьанаш гойтуш, адамашна нисдала, вочунах цIандала гIо деш йолу ойланаш кхуллуш, йаздархочунна, дешархочунна йукъахь шатайпа тIай хилла дIахIотта веза. Цул тIаьхьа ган йеза критикна,й елахь, оцу произведенин ледара меттигаш. Дуьнено къобал бина йаздархой-классикаш хестабеш, шайн заманхошна Iиттарш йар дац критикан декхар. Цара тахана хестош, хьуна масална балош болу йаздархойн бу шайн хенахь критикаша хьийзийна, дика дош ца олуш. Классически масалла ду-кх цхьана критико Чеховх лаьцна аьлларг: ваха вехна, керта кIел  воьжначохь, велла карор волуш ву иза, сел оьзда доцу дийцарш йаздеш волу. Тахана дуьненахь тоьллачу йаздархойн могIарехь йу цуьнан цIе. Амма беллачарна критикан хастамаш ца оьшу. Критикан мехалла гойтург цхьа хIума ду, боху Сайд-Хьасана, цо "шен дахарехь, цхьа йаздархо мукъане, нахана дикачу агIор вовзийтар. Иза дан ца хуучу критикан ши кеппек мах бац".
Таханлерчу дийнахь нохчийн литературехь кри-тика цахилар гойту Кацаев Сайд-Хьасана. ХIунда аьлча, йаздархо нисван, цунна хьекъал дала, иза шен некъах кхетийта, нахана цуьнан произведенеш ди-качу агор йаста, критик ша кхоччуш эрудици йолуш хила веза. Оьздангалле диллича, литературан теори, дуьненан литература йовзарехь йаздархочул сов ваьлча бен, бакъо йац критикан шена хетарг дийца, йаздархочунна хьехарш дан, цуьнан кхоллараллин мах хадо… Белинский, Писарев, Добролюбов санна, критикаш бахкаре сатуьйсуш йу нохчийн литерату-ра. Оцу критикийн кхетамца, похIмица, адмаллица издательш оьшура нохчийн литературни дахарна. Цундела муьлхха литературни изданин куьйгалло шайна хетарг, Далла, нахана лиънарг ду ца бохуш, произведени зорбане йалийтина, наха цунах лаьцна хIун олу, хIун хета, муха тIеоьцу хьажахьара дика-м хир дара. Газеташ, литературни журналаш, изда-тельствош пачхьалкхан дотаци тIехь мел йу, оцу ур-халлин куьйгалхойн кхетамций, цуьнан таронций доьзна хир ду зорбанан гIиллакх. Нохчийн мотт, декларативни кепера, цIархазмана доцуш, пачхьалк-хан мотт белхьара, нохчийн маттахь зорбане йовлу-чу книгех шортта пайда хир бара. Кисанна ко-маьрша издательш  хир бара, корматалла башха йолу йаздархошка произведенеш йазъяйта авансаш луш. Кхечу пачхьалкхашкахь-м иза хилла, долуш ду. Оцу куьце кхача вай Iаламат генахь ду. Халкъана мотт эшийта, цу маттехула шен доьзална напха лаха, сом даккха таро кхолла йеза пачхьалкхо. И уггаре хьалхара бехкам бу. Школаш, лерана лаккхара де-шаран заведенеш нохчийн матте йаьхча бен, бераш-на дешар, Iилма нохчийн маттахь хьехча бен кхуьур дац вайн къам, боху йаздархочо. ТIаккха нохчийн маттахь книгаш оьшур йу нахана, уьш арахеца лу-урш карор бу. Уьш кегийчу къаьмнийн проблемаш йу. Цу тIехь нисдала деза Iедал а. Наха бахамаш гулбечу хенахь, йаздархочо книгаш гулйо, дийцарш йаздо. БIаьргаш хьаббича дуьсун долчу дуьненан хьолана, сахаьдда, тIаьхьаваьлла ца лела. Долчух тоам бо. Йаздархочун коьртехь йолу ойланаш халкъан, мехкан дуьхьа йу. Таро хилча дика-м дара цуьнан. ТIаккха цхьаьнне пусар доцуш, книгаш зор-бане йаха аьтто хир бара.

7
                ДЕШАРХОЙ БОЦУ ЙАЗДАРХО –
БIО БОЦУ ИНАРЛА
Йаздархочун дешархочуьнца, йукъараллица йолу йукъаметтиг къастош, шех кхечу стагах йаздархо хила гIортар, стагах йаздархо вийриг хIун бахьанаш хуьлу дуьйцуш, Кацаев Сайд-Хьасана дуьненан литература кхуьуш зеделлачу масаллийн баххаш тIетийжаш, дуьззина, кхетош жоьпаш ло. Йаздархочо йазйеш йолу муьлххачу жанран произведени, шен интимни дневникийн бист кхаччалц, мел къайленаш йолуш йелахь, дешархочунна лерина, цо мацца цкъа йешаре сатуьйсуш йазйеш йу. Цундела, цхьаболчу йаздархоша шаьш шайна йазйеш йу бахахь, дешархо йаздархочунна даима дагахь ву. Кацаев Сайд-Хьасана йаздархойн дикачу амалех лору: бераллин цIеналла ларйар, дагахь хIума доцуш, сиха Iехалуш, цецвуьйлуш, хиламаш нахачул лазаме йа ойлане, Iовжаме йа беламе, хастаме йа неIалте дагах кхеташ тIеоьцуш хилар. Йаздаран новкъа адмаш довларан бахьанаш нисло ахчанан дуьхьа, иза атта болх хетта, дешна хилча ша яздан деза моьттуш, цIе езарна. Ткъа шена яздархо хила лааран бахьана: "Шен дог нахана, дуьненна довзийта кхин некъ ца карийна", дара боху Сайд-Хьасана. Шен кийра паргIат ца болу, дагахь дерг, бIаьргана гинарг, лергашна хезнарг кехата тIе даьккхина зорбане ца даьлча. Йаздархо - заманан куьзга ду, амма куьзганан дикалле (качествога) хьаьжжина гойту цо дахар. "Цхьадолчу куьзгано хIума хаздой, вукхо дестадой гойту. Амма дикачо - ма-дарра. Цхьана муьрана Iеха-м лур ву дешархо, амма Iехош гена дIа вигалур вац. Авторехь йаздеш хилла хьал кхоллало дешар-хочуьнгахь книга йоьшучу хенахь. Бакъдоцург, даг-гара йаздина доцург сиха гучудолу. Иштта книга дIатотту дешархочо. Вай вуьйцург тидаме, кхетаме дешархо ву. Ткъа йукъаралла вай схьаэцча, цунна дукха хьолахь ша Iехош, шегара дуьйлу гIалаташ, сакхташ лачкъош волу йаздархо, ша хестош верг, цо мел доцург дийцахь, дика хета. И хуьлуш ду муьлхха пачхьалкхан системехь, шайчул гIоле йукъ-аралла дуьненчохь кхин йан а йац моьттуш, ша-шех тоам бинчу адаман тоба алсамйаьлча.



8
                "БАКЪЛУЬЙРИГ ВОЬЛХУР ВУ – ХАРЦЛУЬЙРИГ ВОЬЛУР  ВУ"
Ткъа оцу шайл тоьлла хIума дац моьттучу йукъ-араллин Iамчу йа зIуганийн бенчу цхьаммо гIаж Iоьттина царна хамталла йахь, оцу чохь мел долу садолу хIума гIоттур ду новкъарло йиначунна бек-хам бан, иза шайна мел дика дан валлахь . "Йукъа-ралло геч ца до шайна йукъара билгалваьллачу ста-гана", - йаздо Кацаев Сайд-Хьасана. Къаьсттина сакхташ долу турпалхой йаздархочо гайтахь, хIоранна шен-шен сибташ, амалш карош,1ора баьхначу персонажашкахь. ТIаккха дIайолало йаз-дархо бехваран  кампани. Наггахь волу йаздархо бен ца кхочу сийлаллин дарже йукъараллица Iотта ца луш. "Лахарчу кхетаман барамо цу произведенега кхечу агIор хьовса ницкъ ца ло царна. Шен йуьртахь, гIалахь, шен чуьра дуьйна халкъо йемал во иза". Шен произведенеш автобиографични йу бохуш, дохкучу бехкашна дуьхьал: "Муьлхха произведени йу цу бух тIехь йа кхечу материалех (мемуараш, дневникаш, хроника) пайда оьцуш йазйеш. Иштта йоцург йерриг а фантастика йу". Амма фантастика ца хуьлу "цIенна фантази", авторан дахаро гулйинчу ойланех, суьртех, цара кхоьллинчу сюжетах  лаьтта иза. "Исбаьхьаллин произведени хьан болчу хаамийн бух тIехь кхоллайелла фантази йу", - аьлла Хемингуэйс. Ткъа нах произведени тIехь хIора стагехь шег-шегахь персонажийн прототипаш лаха хIуьтту. Йаздархочун бакъо йу шен турпалхочун амалш, сибташ вайн дахарера масийттангара йа веккъа цхьаьнгара схьаэца. ТIаккха бен цуьнан нахана беш болу тIеIаткъам сов ца болу, цуьнан Iалашо кхочуш ца хуьлу. Литературин тIеIаткъам вайн къомана кху заманахь бан  бац, боху Кацаевс. "Вайн къам жима ду. Нохчийн маттахь деша хуурш чIогIа кIезиг бу, деша хан йерш йа луурш кхин кIезиг. ТIаккха хIун тIеIаткъам бийр бу, Iедалан соьмах тешна Iаш болчу йаздархоша?" Ткъа Iедална, паччахьна, халкъана хьеставала дезаш волчу искуссствон белхахочух цкъа бакъволу йаздархо, художник, музыкант, артист хуьлийла доций хоуьйту Кацаев Сайд-Хьасана. Цундела йаздархочо шен "произведенин дуьхьа дерриге сагIа до: гергарло, доттагIалла, карьера. Цунна мел хезнарг, мел гинарг, хуург, деш-нарг, лайнарг, гуш мел дерг, хIокху йа оцу произведенехь гучудала дезаш ду, дан йиш йолуш дац". Литературица гергарло алсам долуш йа шен, къаьсттина, жималлин, къоналлин, безаман ойланаш дневниках тешош, йа дегIаца цхьа Делера сакхат долуш (заьIапаллица, эхь хетарца, къамелана шера ца хиларца - масане ду уьш) болучу нахах хуьлу йаздархой. Цунна дуккха масалш карадо вайна, кхечу мехкашкара йаздархойн кхолламехь. "Массо хIуманна реза волу, массо хIума дика долчу, цхьана хIуманна гIайгIа ца йечу стагах йаздархо хир вац. Сингаттамо, сатийсаро веш ву и, синцIеналло, доглазаро".  Кацаев Сайд-Хьасанан "Автоинтервью" вайн мехкан йаздархошна, йаздаран новкъа бовла ойла хьаьвзинчарна тешаме къилба ду, лаам бахчо пхьалгIа йу, говзалла кхуьуьйту дарс ду, похIма зен масалла ду, къар ца луш Iалашоне кхачо накъостал-ла ду. Соьга хаьттича-м хIора йаздархочун, Устав санна, жайна хилла дIахIотта дезара и дийцар,
"Йаздархочун школа" йерриге книга а. Оцу кни-гин дийцарша дуьззина схьадиллина йаздархочун кхиаран бахьанаш, цуьнан кхоллараллин Iалашо, мехалла. Къонахчун амалш йерг бен оцу некъахь сийлаллин дарже кхочург цахилар гайтина цо. Дала похIма делла воцчух, ша кIадвалар хIун ду ца хууш, шех йукъаралла ца кхетарх дегабааме вер воцуш, къахьоьгуш воцчух, мел Iамаварх, мел тIетеIаварх йаздархо хир вац, тешаво Кацаев Сайд-Хьасана.

9
                ШЕН ЦIАРЦА ДАХАРАН БАКЪДЕРГ ДОВЗИЙТАР
ХIинца Кацаев Сайд-Хьасанан шен шолгIачу книгин цIе тиллина, "Яздархочун школа" дийцарна тIехь  тидам сацо лаьа суна. Оцу дийцаран сюжет йаьржина, цхьанатайпанара йоцуш, кхаа дийцаре йекъалуш санна хетало вайна дуьххьара дешча. Коьрта турпалхо къасторехь халонаш нисло, тидаме воцчу дешархочунна. Ткъа тIаьхьа, йалхалгIачу декъана йалийначу "ДештIаьхьено" гуттар  галвокк-хуш хетало дешархо. Бакъду, иза иштта дан ду, на-гахь вай дийцар хахкайеллачу ойланца, башха хила-маш, дийцаран турпалхочун (кхоллараллин стеган, йаздархочун, салтичун) иза "гражданкехь" волуш хиллачу Iалашонех, цуьнан арме вахале дуьйна, шен произведенеш бахьанехь редакторшца хиллачу йукъаметтигех вай кхета ца гIоьртича. Цхьаволчо бехк баккха тарло - уьш дерриге цхьаьнадетта оьшурий те? Оьшур дера-кх. Эскарера накъосташа дуьйцу вайн нохчийн кIентийн "доьналлаш", дийца-ран коьрта турпалхочо кхоллараллехь хаьржинчу темин материал йу. Гражданкехь кхо Iора йохуш хилла тема тIейузу салтийн  дийцарша. Оцу балхо хада ца дуьту дийцаран сюжетан тай, цо бакъбо кхуьнан гражданкера тидамаш, ойланаш. ЧIагIво ша айина тема мелла шуьйра йийца йезаш хилар, кхечу къаьмнаша вайх сакхташ лоцур долуш, нисдан деза-чех къаста дезар а. "Йаздархочун школа" дийцаран хиламаш коьртачу декъана Воронеж-гIалахь дIахьош бу Советски эскаран декъехь, мединститу-тан йукъараIойлехь а. Турпалхой берриге вай мах-кахой бу, шайн цхьацца граждански, социальни дек-харш кхочуш деш. Коьрта турпалхо, дийцаран хи-ламаш вовшех буоза, йздаран хатI ца хийца, боккха-чу аьттонца хаьржина ву - ша автор. Нохчийн пач-хьалкхан университетан филологически факультет чекхйаьккхина, йаздархочун балха тIехь гIеххьа зе-раш долуш, зорбанехь (редакторш, критикаш реза бацахь) гучуйевлла произведенеш йолуш, дахар мелла шуьйра довзархьама, эскарехь долу хьал шена тIехь лан, салтийн къинхьегаман чам баккха ара-ваьлла иза. Оцо гойту Кацаевс йаздархочун болх мел лакхара лору. Элира бахарехь, хетарехь ца йазйо цо шен произведенеш, шена гиначух, ша лайначух бен. Цуьнан дийцарийн коьрта турпалхо иза ша ву. Цо лечкъа ца до и. Цул сов, кхиболу турпалхой шайн бакъйолчу цIерашца буьйцуш бу. Ша тайпа похIма, говзалла оьшу йаздархочунна дахаран бакъдолчух исбаьхьаллин произведени кхолла. Цуьнца цхьаьна, цхьацца бахьанашца цунах боза-беллачу наха дIахьош, дIайоьллуш йу дийцаран сю-жет. Нохчийчоьнан маьI - маьIIера вайнах бу уьш: салтий, студенташ, зударий.
Эскарера хьал низам ледара долуш, даар - ма-ларций, духарций, къоначарна "дедовщино" зене тIеIаткъам беш карадо кхунна, кинош чохь, книгаш тIехь девзинчух тера доцуш.
Даймахкал арахьа цхьаьнакхетар, бовзар нисдел-ча нохчийн кIентий барт болуш, вовшийн гIо деш, лоруш карабо салти - йаздархочунна. Амма, эманси-пацин маршонах буьззина пайда оьцуш болу вайне-хан зударий, меташканех ца къаста гIерташ къахь-оьгуш карийра цунна.
               
10
                СТАГАНА, ЗУДЧУННА ЙУКЪАРА БАШХАЛЛАШ
Боьршачу нехан, зударийн васташ хIиттош дукха дешнаш ца дойу йаздархочо. Эскарехь вевзина, ша хьашалла лелош волу, МахкатIера Iабдулла вуьйцуш йа вуон леларна цIерачара лелхийна, йа шаьш акха-бевлла дIабаханчу зударех цхьаъ хьахайарехь а. Iабдуллас, кхузахь балхахь нохчийн зуда йу аьлла шена хезча, цхьа йоккха стаг хир йу - кх и бохучу ойланца, цуьнга вистхила дагахь воьду иза и ган, ма хазахетар ду–кх цунна нохчи гича бохург дагахь до-луш. Дум санна йерстина, Iаьржа (маржа йаI!) йеха месаш белшаш тIехула охьахецна, ткъе итт - ткъе пхийтта шерел тIехъиккхина зуда гина кхунна.    - Хьо нохчо йуй? - хаьттина кхо, бер санна вела къе-жаш.  - Хилча хIун дан воллура хьо? - аьлла вукхо. Воха воьхна: - ХIумма дан ца воллура со-м. Вистхи-ла дагахь веанера, - аьлла кхо.  - Ваьллий хьо? - хаьттина вукхо, реза йоцуш.  - Дера ваьлла-кх, - аьлла, йухавирзина схьавеана хIара".  Кхин хIун дийца деза и вайнехан меташканах лаьцна. Оцу жи-мачу суьрто, дийнна роман ца йазйарх, дерг, ма-дарра, къегина гойту. Шен цIенна генахь, Россин кIоргенгахь шина шарахь, гергарчех, беза-бевзачарах, доттагIех, нохчийн маттахь дуьйцучу къамелах хьаьгна волчу жимачу стеган, кхоччуш лазам беш, дог дохийна оцу зудчо. Цо хазачу хабар-ца, жимма шен къоман гIиллакх-оьздангалла гай-тарца жимачу стагна барта там бинехьара, и зуда мухха лелаш йелахь, кхечу битаман суьртехь гур йара цунна. Ткъа хIинца оцу зудчо иштта ойланаш кхуллу авторан: "ЦIийнал арахьа, йуххехь тайпана стаг воцуш, маьI-маьIIехь белхашкахь болчу зударех кхета хала ду суна. Уьш, хетарехь йа бевдда баьхки-на, йа цIера лаьхкина бу. Ишттачарна хаза хетийла дац шайга нохчо вистхилча. Уьш йа йукъараIойлашкахь хене бовлуш, йа оьрсашка маре бахана бу". Марехь болуш Iаш белахь-м цхьа бегIийла агIо йу цераниг, нагахь санна шайна ма-луъу хецабелла бацахь. Иза вайн заманахь башха сурт хилла лелаш ду, вайна ган, дийца ца лаахь а. Кхузахь хьахо догIу:  - ХIунда мега нохчийн стагана оьрсийн зуда йало? - ХIунда ца мега нохчийн зуда оьрсийн стаге маре йаха?  - ХIунда мега стагана шиъ йа масех зуда йало? - ХIунда ца мега зудчунна шина стагехь (цхьана ханчохь) марехь хила? Къаьсттина шайн бакъонаш божаршца дIанисйан луучу зударшна оьшу и хаар. Бусалба динца, нохчийн Iадаташца, гIиллакхашца нийса ца догIуш, цуьнан бахьанаш хIорш ду:

1. Бусалба стага керста зуда йалорах, цуьнан шен дин лело бакъо йу. Цул сов, цо и зуда бусалба дине йерзо тарло. ТIаккха цунна йоккха йал йу, Далла гергахь. Зуда керста йисча, бусалба стеган бераш бусалба ду. (Жуьгташа беран къам ненан агIор лору дела, ца магадо жуьгтийн зуда йало).

2. Дуьненчу йалар бусалба динехь долуш, кер-стане шен лаамехь маре йахана зуда жоьжахатахь йогур йолуш йу. ХIунда аьлча: йа цо лелор дац бу-салба дин, йа цIийнадас леладойтур дац. Нагахь керста стага бусалба дин тIеэцна, ШахIадат далийна, кхидолу парзаш, суннаташ кхочуш дахь, бусалба зудчун бакъо йу цуьнга маре йаха. Нохчийн исторехь цунна дуккха масалш ду.

3. Цхьана стеган масех зуда хиларх, цара бина доьзалш цу стеган хилар шеко йац. Цул сов, и зуда-рий ийманехь белахь, вовшийн накъостий бу уьш. Цхьаннах, вукхунах цамгар хьакхало, дола дан де-заш бераш хуьлу, цIийнаден гIуллакхаш хуьлу. Иза стаг акха ца валийта, ийманах ца вохийта, Далла гергахь, цIена некъ бу.

4. Цхьа зуда цхьана ханчохь шина стеган долахь хила йиш йац (маха бича, цхьаьнца бен хуьлуш бац) хIунда аьлча, т1аккха цо дина бераш къоталгIа лору, уьш муьлхачу стагах ду хууш цахиларна. И Далла гергахь хьарам некъ бу.
Советан Iедал уггаре мIаька даьллачу хенахь, Россехула буьйлабелла лелаш болчу зударша шарIо, нохчийн гIиллакхаша бохург лардо ала хала ду. Вайн къоман дуккха болх бу цу декъехь бан безаш. Лаккхара кхетам, оьздангалла йолчу стага, зудчо дуьтур дац шен къоман гIиллакхаш, бусалба дин, муьлхха пачхьалкхехь ша Iаш хиларх.
Халахеташ делахь, тахана вай кийча дац цунна. ДIакхаьчначохь, бухарчу къомах тардала гIоьрта вай, коьртаIуьйра довлий, кортош басар дина, йо-ций, цIармата телхигаш йуьйхина. Къаьсттина кхе-раме ду и тахана. Нохчийчухула кхирстинчу шина тIамо дIасадаржий эзарнашкахь адамаш. Европин пачхьалкхашкахь лаккхара цивилизаци, оцу къаьмнийн гIиллакхаш вайчарал мелла эвхьаза хи-ларна, цигарчу вайнахана кхерам бу царна йукъахь шайн мотт, гIиллакх-гIуллакх дицдина баржарна. Муьлхха къоман культура, синоьздангалла цуьнан маттаца йоьзна йу. Маттаца кхуьуш йу, мотт биц-барца йовш йу. Нагахь имам Шемалан тIом дIабаьллачул тIаьхьа дIакхелхинчу нохчашка гIеххьа шайн мотт, гIиллакхаш ларделлехь, цуьнан бахьана ду – уьш бусалба пачхьалкхашка кхачар, хIаллак цахилархьама церан вовшех тасабелла Iен дезар ду. Цундела тахана болчу технически гIирсех (телефонаш, интернет, телевидени, зорба) пай-даоьцуш, Европехула даьржинчу адамашна аьтто кхолла беза, цаьрга шайн берашна мотт, къоман гIиллакхаш, литература Iамо. Уьш хьаьстина, хьаьгна йа Iехийна цIа берзо ца оьшу. Кхечу пачхь-алкхашкахь вайн нуьцкъала, лаккхара дешарца  ин-теллект йолуш диаспора мел кхии, вайн къоман тIаьхьалонна дика ду. Царна гIо дан дезар ду нох-чий хилла биса. Халкъан гIиллакхийн цIахь, арахь  йолу башхалла го вайна Кацаевн "Йаздархочун школа" дийцарехь. Меха баьхкина, сом лаха арабевлла нохчий мелла вовшашна хийра бу. Хьо шайга цхьаъ йеха воллуш санна, нохчо вуй хуъушехь, тIехбуьйлу уьш. Делахь, вовшийн багара йохуш, цIахь мел тасабелла бахкахь, аренца алсам гIиллакх ду нохчийн. Вовшашна дIахIиттина. Амма массарна йукъахь студенташ къастабо къоначу йаздархочо. Уьш болчу вахча, шен цIахь санна паргIат хуьлу. Шен вежарий санна, гергара хета уьш. Царна хазахета хIара веъча. Бакъду, иштта мерза, ийна баьхна вайнах, 1992 шарахь дуьйна, политико бекъна. Арахь тохарлера барт, марзо йац вайна йукъахь. Цхьа хан йеза вайна йуха уьйраш, къоман гIиллакхаш меттахIитто. Массо къомана даима тамашийна хеташ, уьш вайх хьоьгуш дара цхьа гIиллакх: цIийнал арахь ши нохчи вовшах кхетча, цул хьалха цкъа вевзина вацахь, и шиъ ши ваша, ши доттагIа санна вара. Дика, вуон доькъуш. Цу тIе йуха дерза Дала пурба лойла вайна.


II
            ЗУЛАМАН  НАНА
Дийцаран хиламаш кхиарехь лаккхара тIегIа ду доьалгIачу декъехь далийна, МартантIера Ризван шен дена хьалха йуьхьIаьржа хIоттаран сурт. Иза ду вайн хиллачу дахаран бакъдерг. Да хорбазаш йохка вахханчуьра, шайна гена йоцуш йолчу белхан лаге-рера студенткаш балийна, шайн куьпахь сакъера хIутту Ризван. Боккха тидам тIебахийта беза дешар-хочо дийцарна оцу меттехь Ризвана дуьйцучуьнга: "Йоьттина "Камаз" дIахьажийна, дадас флягашкахь деанчу къаьркъанах цхьа канистра лачкъийна, даха-ра тхо, гIеххьа кепаш йолуш". ТIаккха Ризвана, маьхза къаьркъа молуш, хорбазаш йууш, сакъиера мила йогIу аьлла, мохь тоьхча, лагерера зудабераш шайна аралелха меттигаш бол-болчухула арабовлий, кхара куьпа схьабалабо. Кхарна дагахь дац, хорба-заш йохка баханчех цхьа а тховса цIа вогIур ву бо-хург. Оцу шайтIанийн базаро дерриг дуьне-эхарт дицдина Ризван меттавогIу, буса шен кIеззигчу гIуллакхна араваьллачохь, четарна дIанехьа шен ден гIаларт гича. «"Йа АллахI, дада ву-кх…" Кхин дан во - м дацара соьга! Сайна хууш, "гаррехь" эго во-лийра со, хIора меже шелонах санна, йега йеш, цер-гаш йетталуш… Со са малделла охьавоьжна дага ца догIу суна. Метта вогIуш: "Везан Дела, кхин ши бIаьрг ца боьллуш, хIокху меттехь велла велира со, - аьлла хийтира суна, - иштта йуьхьIаьржа хIуттучул. Суна тIехIоьттина лаьтташ вара иза. "Да-а-а, - элира цо, - кIант воккха хилла". Со хьалагIаьттира. ЦIена ваставеллера со.
 - Муьлш бу уьш? ХIун деш бу уьш кхузахь? - хаьттира цо.
- Тилабелла баьхкина, - элира ас. - Сахиллалц Iаш бу.
 - Бу? ХIумма дац. ДIакхетабе уьш, - аьлла бо-дашкахь къайлавелира иза».   
Кхузахь йаздархочо баьккхинарг боккха кхиам бу. Пха дIахеца дуьйлина Iад санна, гулделла, эккха кийча, мIаьргонехь сецна гIуллакхийн сурт: къонах-чун синIаткъамехь собаран, оьгIазлонан къовсам. Оцу буссехь, РизвангIар зудабераш дIакхетийна цIа боьрзуш, эрна арахь бензин кхачадо машенан. Шех хIуъа хир делахь, шен дас сагатдийр дуй хууш, хор-базийн куьпа дIакхача гIерта Ризван. Сахилале иза дIакхочу. Вижаза, шаьш цIадахкаре хьоьжуш, лар-деш Iаш караво Ризванна да. "Дада, бензин мичахь ду? Бензин кхачийна некъахь диснера тхо. Со гIаш веана", - бохуш, Ризван бехказвийла воьлча, кхо ле-лийначунна кхехкаш Iаш волчу дас: "Бензин? Бен-зин-м ас лур ду хьуна", - аьлла, дIакхевдий, топ схьаоьцу. Ризван аратасало. ТIаьххье шозза топ йо-лу. ХIара оцу вадарх, шен денанна тIекхача, Нох-чийчу цIавогIу. Цунна хаьа, иза йоцчуьнга ша ден оьгIазлонна кIелхьара ваккха лур воций. Цхьа хан йаьлча, шаьш долчохь Ризван лехарх кара ца вича, да цIа кхочу. ХIара цIа кхаьчний хиъча, кхин къа-мел, цIахь сацар доцуш, иза йуха хорбазаш тIе дIавоьду. Ткъа Ризван итт баттахь, оцу юьхьIаьржа хIоттарх, дена гучу вала ца хIуттуш, лечкъаш, цунна дуьхьал хIотта эхь хеташ лела, кхин цунна гар до-цуш, арме вахар нисло.
Цул тIаьхьа зудабер хьахийча самукъа долуш вац иза. - Суна гинарг шайна дайнехьара, зудабераш хьехо дог догIур дацара шун, - олу Ризвана.  Накъо-сташа: - Цу беса хIун гина-те хьуна? Буса "бIобу-м" ца гайтина хьуна цара? - аьлча:  - "БIобу" дера гай-тина суна тхан дас, - олу Ризвана. ЧIогIа къегина гучуйолу оцу дийцарехь нохчочун амал. Да ларар. Дех кхерар. Амма и деккъа физически кхерар, йа топ тоьхна ша верна кхерар дац. Иза кхераран бахьана ша нохчийн гIиллакхах воьхначохь дена гучувалар ду. Кхин ши бIаьрг ца боьллуш, оцу меттехь велла велира ша, боху кIанта, иштта йуьхьIаьржа хIуттучул. Цунах буьрса урок хилла цунна. Ала деза, дена, кIантана тIехIоьттинчу киртиган бахьанин йуьхь вайн махкахь социальни дахаран хьал тодан кхоччуш белхан меттигаш цахиларехь йу. Цундела адам Россин массо областехула лела, шайн доьзалшца, рицкъанна тIаьхьа даьлла. Оцу леларо кхечу къаьмнийн мегаш долу, вайна йукъахь дастаме долчу эвхьазлонан дастамлонашка марздо кегийрхойн чкъор. Иза вайна Кацаев Сайд-Хьасана гайтина башха бIаьрла доцчу, тIехь тидам соцур боцчу аларехь: "Дадас фляганашкахь деанчу къаьркъанах цхьа канистра лачкъийна, дахара тхо, гIеххьа кепаш йолуш". Иза бу хиллачун бух. Ризванан дех лаьцна кхин цхьа ледара агIо ца гайтина автора. Зуламан нана - малар ду. И ца хиллехь, йер йоцу топ йу и йаьлларг. Кхин хIумма хууш ца хилча, оцу къаьркъано хIун до хьажа, мала декхар дара Ризвана и, дас флягашкахь схьакхоьхьуш хилча. КIентера йаьллачу ледарлонна де бу бехк, аьлла хеталахь, и иштта дац. Советан заман "гIиллакхех" цхьаъ ду и. Жа тIехь, хорбазаш тIехь волу нохчи кийча хила везаш вара муьлххачу хенахь йуьртара, районера йа областера Iедал деъча, царна там бина, мала дина, даа дина дIахьовсо. Иштта бен гIуллакх дIадоьдуш дацара, йа хьоьца гергарло ца оьшура. Флягашкахь латторан бахьанаш - цхьанхьа дорах карадар, эшча туькана ваха гена хилар ду. Амма доьзална йукъахь и латторах пайда ца болу. Ризванан дохковалар даггара хиларх теша вай,  йуьхьIаьржонан шелонах хIинца ваставалаза хиларна. Йаздархо шен Iалашоне кхаьчна, Ризванан васт дешархошна кхоччуш довзийтарна.

12
         ИЗДАТЕЛЬШКА, ЙАЗДАРХОШКА
Дийцаран дештIаьхье шен оппоненташка, хьал-харчу рогIехь редакторшка, критикашка кIоргера ойла йайта, шен произведенешка уьш тидам сов боккхуш хьовсийта, йаздархочун кхетаман къамел ду. Оцу декъехь гучудолу Кацаев Сайд-Хьасана йуьйлинарг шалго топ хилар, хIора патарма чубил-линчу биргIанан шен-шен лаьцна Iалашо йолуш, амма хьажайар цхьана метте, цхьана гIакх т1е ду. И гIакх - редакторш, критикаш бу. Студентех цхьамма каникулашна цIа вахана йуха вогIуш, Соьлжа-гIалахь хIинцца арайаьлла нохчийн поэтийн, йаз-дархойн гулар йохьу. Цу йукъахь ду эскаре валале издательстве чуделла Сайд-Хьасанан "Сюрприз" цIе йолу дийцар а. Цу книган редактор волчу Ислам Эльсановс йазйина рецензи йоьшуш, шен дийцарх лаьцначу могIанашна тIекхочу.
"Хала ду Кацаев Сайд-Хьасанан "Сюрпризах" дийцар ала. Иза йа литературоведени, йа литерату-ран критика, йа мемуараш йац, наггахь цхьацца дерг сов даьлча, литературщинех тера хуьлу иза, схьахетарехь, дIадоьдучух дагалецамаш бу". Шен дийцарийн башхаллех цхьаболу йаздархой, критикаш, редакторш цакхетарна (М.Ахмадов, М.Завриев, Э.Минкаилов), болабо Кацаев Сайд-Хьасана Эльсанов Исламца, цуьнца цхьаьна тахана волчу, хинволчу массо редакторца, критикца исбаьхьаллин литературех, теорех болу къовсам.  "Сайца, сайн доттагIашца хиллаpг дуьйцу ас а. Цунах лаьцна йаз а до. Ас и цкъа лечкъа ца доpа, амма и йаздаpхо хилаp дац, со Iамо гIеpтаp ду  и дийцаpш аpахеца, ца хеца ницкъ болчийн. Цаpа хьоьхучу агIоp хийцалучу меттана, ас сайн дахаpеpа кхин цхьа дийцаp йаздоpа". "Стенах ала деза тIаккха дийцаp? Муха хила деза и? Мила ву цуьнан дозанаш къастийнаpг? Суна хетаpехь, дийцаp цхьанаметта лаьтташ хIума йац. Муьлхаpг ду ткъа дийцаp? Бальзака йа Шукшина йаздинаpш, Пpишвинан Iаламах лаьцнаpш йа Агата Кpистин детектив? Моpавиас йаздо дийцаpш йа Толстойс, Хемингуэйс йа Достоевскийс, Мопассана йа Лесковс? Гуш ду оцу хIоpа йаздаpхочун "шен-шен дийцаp" хилаp. Борхес, Маркес, Паустовский, Астафьев. Кхин йагар йан оьший и цIераш? Йеккъа нохчийн литература ма ду масал, Бадуевна тIера Бексултановна тIекхаччалц. Мел тайп-тайпана ду хIораннан дийцарш. Цу йукъахь шен Эльсановн а. ХХ-чу бIешеран дуьненан литературана уггаре боккха тIеIаткъам биначу йаздархойх волу Хемин-гуэйн масала ма ду. Цуьнан ша-тайпа йаздина дуьххьарлера дийцарш мел дукха латтийна изда-тельша, редакторша: "ХIорш дийцарш дац, этюдаш, суртхIоттадарш, туьйранаш ду," –  бохуш. Сарояна ма аллара, дуьнен тIехь йаздархой мел бу, церан йаздан лаам мел бу, дийцар муьлхха куьцехь, муьлхха барамехь, муьлхха хотIехь хила тарло, йа хьалхарниг, шолганиг, кхоалганиг ца хила тарло. Нагахь литеpатуpа споpтаца йуста таpлахь, дийцаp идаpца дуста мегаp ду. Маса тайпана ду идаpш? БаьIа метp тIеpа маpафон тIекхаччалц? Хьо баьIа метаp бен ца ведча, итт километp ведча, водуш вац хьо? Ткъа "Сюpпpиз" дийцаp - дуьхьалонаш тIехула лелхаш вадаp ду".
"Бакъду, и литеpатуpоведени йа литеpатуpан кpитика, йа мемуаpаш йац, амма литеpатуpан и йер-риг жанpаш хилийта гIеpта со цхьаццайолчу пpоизведенешкахь. Кхечу дийцаpшкахь цу йуккъе-хула политика хьахо таpло. ХIун маьIна ду цуьнан? Литеpатуpоведени, кpитика, публицистика кIеззигчу наха бен ца йоьшу. Суна уьш шуьйpачу нахана йовзийта лаьа. Ткъа мемуаpийн хьу хьакхайелла хилаp - дIайоьдучу хенан кхоам хетаp ду..." "ХIун йу ткъа муьлхха дийцаp, дагалецамаш бен? (Фантастика йукъа ца йогIу кхунна; ас и хьеха ца йо.) Редакторша, критикаша оццул вазвина вуьйцучу Марсель Прустан "Йайна хан лоьхуш" романийн цикл изза дагалецамаш бац? Ас сайх лаьцна ца йаздеш: "Вехаш хилла цхьана халачу заманчохь Iабдул-МутIелип", - аьлча, дийцаp хуьлуp-кха цунах?"  "И синпаpгIато (хетаpг лечкъа ца деш дийцаp) суна таханлеpчу демокpатино йелла йац. Со кхиъна ву вайн бисинчу йаздаpхоша "лечкъош" деpг гуш, цунна дан хIума доцуш, дог этIаш..." Кацаев Сайд-Хьасана дуьйцург, цо шен произведени бехказа йаккхарал сов, мелла пайдехь ду нохчийн исбаьхьаллин литература, литературан теори, критика кхиаран некъаш шорбарна, дозанаш дIадахарна. Цунна тоьшалла деш ду Кацаев Сайд-Хьасана "оццул шех бIо боларца" йаздинарг: "…Цхьа хан йаьлча, хIара дийцарш къоначу йаздархойн школа хир йу аьлла хета суна… Айса книгаш йешарх лаьцна йаздина ца Iаш, айса уьш йазйарх лаьцна дуьйцу ас". Дала аьтто бойла хьан, Сайд-Хьасан, хьан дагахь мел дерг кхочуш хуьлуш. Тахана ахь йаздеш долу дийцарш вайн заманахь пайда боцчу девллачу адмашна шайн дахар ма-дарра йолчу цIарматлонца гайтича мукъане уьш сама девр дацара те, нисдала гIоьртар дацара те, эхь хетар дацара те бохучу маьхьарца, дог ца хаийта гIерташ, йуьхь къажийначу бIаьрхишца ду хьан. И мохь ца хезаш, бIаьрхиш ца гуш берш, мацца метта-м богIур бу, йуьхьанца дуьйна хаара шайна хьо "долуш дуьйна ира кIохцал" хилар, бохуш.

13
                МАССАРНА ТОВР ЙОЛУ ПРОИЗВЕДЕНИ
Йаздархо граф Толстой санна вехаш йа Горький санна босяк мукъана хила везаш вара йаздархо, боху Кацаевс "Хазачу йоIах лаьцна туьйра" цIе йолчу дийцарехь. ТIаккха цхьанне хьалха декхар воцуш, йа вала да воцуш, цхьанне шех бала ца беш, маьрша хир вара йаздархо. Ткъа "да-нана, йиша-ваша долуш зуда йалон дезаш волчу жимачу стеган йиш йац и лело. Нахана йукъахь Iаш хилча, цаьрца ваза веза". Йаздархочун балха тIехь новкъарло йеш долу дек-харш ду уьш. Оцу ойланашца "дезна, девзина зуда-берех лаьцна тетрадь схьаоьцу" цо. И дийцаран хьалхара дакъа ду. Дийцаран шолгIачу декъехь дуьйцург йаздархочун къинхьегамах цхьацца тида-маш, зераш гучу доху могIанийн хьехамаш бу. Кху-захь Кацаев Сайд-Хьасана дахаро вайна кхийдош йолчу мIаьргонийн мехаллаш гойту - цхьана дий-нахь гиначо дийнна книга йазйал хIума довзийтар, амма цкъацкъа дийнна шарахь гиначо дийцар йаз-далла хIума ца охьар а. А.Чеховс произведени хьо "шелвелча" йазйан йоло йеза баьхна. "Вовха вол-луш" йаздеш дерг, синIаткъамийн кхехкаро цхьана агIор озош, хиллачун нийса маьIна цададаларна кхерарна. Амма Сайд-Хьасана шена вовха воллуш йаздар дика хета боху, ткъа "шелвелла" хан айхьа йаздинарг цхьана Iалашоне дерзош къахьега аьтто болуш йу, произведенин мотт, хатI шардеш, тодеш. Iедалан балхо, цIахь долчу хьелаша дуккха новкъар-лонаш хуьлуьйту кхоллараллин балхана, амма вайн пачхьалкхехь йерриге система йу "стеган аьтто ма хилахьара аьлла кхоьллина, гIуллакх карахь долчу хьаькамийн бист кхаччалц". И йерриге дуьхьалонаш кега-мерса хIумнаш хета цунна, "массарна тIеIитталуш". Цундела йаздо цо дийцаран шолгIачу декъехь: "Оцу хьан кийрахь йаьллачу цIаро нах баго доьгIнехь, тIе хи деттарх йовр яйац и, къагар бен, суьйнаш туьйсуш". Ца хуьлчу даьлча, "йезачу йоIе ала мел дезарг" дIайаздина паргIатвала веза йазда-ран некъа ваьлларг, шен кийра бассорхьама. Цу хьо-ле ваьллачу стагах хуьлу дукха хьолахь поэт. Иштта ойланаша тIема ваьккхича дага догIу йаздархочунна безамах лаьцна керла дийцар йаздан. Ткъа и йоI йу кхунна селхана цхьанхьара цIа вогIуш, автобус тIехь хазйелла. И йолчу вахарх лаьцна йаздан ойла хьаьвза кхуьнан, ша эскарера цIа веанчул тIаьхьа. И ойла хьаьвззинчохь чекхдолу дийцаран шолгIа дакъа. Ткъа дийцаран кхоалгIа дакъа инзаре чулаца-ме, жима миниатюра йу. Роман лара мегар ду и. И произведени массарна товш хир йу, чIагIдо Кацаев Сайд-Хьасана. Цу тIехь йаздина хIумма хир дац... "Цхьанне ца тан йиш йуй цIенчу искусствон произ-ведени? Шайна ма тов, шайна бакъахьа хеттачу агIор ойланаш йан бакъо йу-кх нехан, сан книга бахьанехь. Вуьшта, ас мухха йазйича, цхьа реза вац. ХIокху дийцарехь, оцу хазчу йоIах лаьцна туьйра, шайна луъучу агIор тида аьтто бо ас дешархойн…" Хьенан мотт керчар бу оцу дийцаран сюжет хедаш йу, йаздаран хатI башха дац ала? Жанр къастош хало хилларг мила ву? Хьан эр ду и дийцар Кацаев Сайд-Хьасана йаздархошна хьоьхуш рогIера дарс дац? Оцу дийцаран кхо дакъа цхьаьнатухург хьехамаш бу, йаздархочо шена тIехь зийна, даррехь ша чекхваьлла некъаш буьйцуш. Ткъа вай тидам ца бан  тарлуш долу дийцаран кхолагIа дакъа вайга мас-саьрга баьккхина бехк бу, гIоранах, похIмах вуьззи-на волчу йаздархочо. Ткъа "Хазчу йоIах лаьцна туьйра" хIунда аьлла дийцарх? Дера аьлла таханлер-чу дахарера зудабераш вай массара шайн лаамехь хецна дитина дела. Нохчийн йоьIан, зудчун сибат-аматаш дахарехь тахана кIезаг нисло дела. Туьйра-нан нохчийн зудбераш бен дац коьртахь йовлакх долуш, йеха кIажарш охьахецна, дегI хьулдеш оьзда духар дуьйхина. Шена гергара стаг йуххехь волуш бен йахар-йар долуш, пхьоьханашка ца буьйлуш, боьршачу нахах къаьхкаш, баккхийчарца эхь-бехк лоцуш а и. дI.кх.а. Цундела шайна луъу фантазин, бIарлагIанийн  суьртехь васт кхолла, хIай нах, хазчу йоIах лаций, боху авторо. Йаздархочуьнца со нох-чийн зудчун васт "консервативни" кепехь бен ган лууш воцуш, ширделлачу гIиллакхийн гура чуьра нохчийн зуда, йоI арайала ца луучех дIатоха дага деанарш хила тарло. Цаьрга ала ду Кацаев Сайд-Хьасанан, сан цхьаъ - тхуна нохчийн йоI, зуда вай къоман гIиллакх-оьздангалла туолучу агIор, хазлучу барамехь, духарца, ткъа къаьсттина синхаамашца мелла совбовларх новкъа дац. Амма кхечу къаьмнийн зударшна, мехкаршна мегарг тхуна хIунда ца мега бохуш, лачкъо йеза меженаш оьхьуш, бежах хаьдда шинарш санна, бершлойн могIа тIаьхьа хIоттийна Iоьхуш лела-м ца лаьа, "тхо марша девлла", бохуш. Кхечу къаьмнийн оьздангаллица мегаш дерг нохчашна ца мега, вайн вадца доцург тIе ма ийзий вай! Массо дийцарехь бохург санна ду, цу тайпана бехк баккха


14
         ХЬЕКЪАЛ ДОЛУШ МЕЛ ХИЛИ,  ХАЛА ДУ ВАХА
"Дешар - бода" очеркехь нохчийн меттан, лите-ратуран; историн, социологин Iилман-талламан ин-ститутах, Iилман белхахойн халачу, цхьа хьоьгур воцчу дахарх йаздо Кацаевс. Оццул йеха, йоккха цIе йолчу хIусаман, цу чохь болх бечийн бала болуш цхьа цахилар хоуьйту йаздархочо. Къен меттиг йу, белхан аьтто хуьлуьйту алапаш дац цигахь, валлалц болх бича, луш квартира йац. Вайн махкахь, арахьа бевзаш болу дуккха Iилманчаш, дахарехь цхьа аьтто хиллалц, институтан подвала чохь Iийна. Къанваллац ваьхча, кхин аьтто ца хуьлуш белларш бац кIезиг. "Тхох дукхах берш Iилман институтан подвала чуьра схьабевлла, - ала йиш йу-кх вайнехан интеллигенцин", - боху Кацаевс. Доллучул хазаниг ду, нохчийн маттана, историна, литературана йазйина диссертаци чекхйаккха республикехь меттиг цахилар. Iилманча Москва, Махачкала йа Тбилисе ваха везаш ву, шен болх эцна. Йа цигахь аспирантура йаккха йезаш ву. Вайн цIахь йан йац. Ткъа цигахь стипендех хене валалур вац. Денна дIайоьдуш инфляци йу. Аьтто ца хиларна, дагана къаста мел хала делахь, Iилман болх бита деза къоначу йаздархочун. "Хала, чолхе бу Iилмане кхийда некъ. Цуьнан лепачу бохь тIекхочур ву, кIадвалар хIун ду ца хууш, къар ца луш, цуьнан  тIулгийн тархаш тIехула хьала гIертарг. Со-м ког тIе биллина терхе чуйужуш, куьг тасаделла тIулг коьртах кхеташ висна. И "лепаш бо-лу бохь" Iад битина, кхечу агIор вахча хIун дара те? - ойла дага йогIу, кхин гена валале. ХIинца-м цкъа, тилвелча санна, лела со".  ТIьаххьарчу дешнаша чу-лаьцна очеркан дерриге маьIна, кхетамна тIаьхьа дисинчу адмашна йукъахь волчу стагана, дешаро серлонан метта бода бохьуш хилар, чулаьцна. Стаг цхьанне оьшуш воцуш, цунах цхьа кхеташ воцуш, ша хьаьнца йоькъур йу шен гIайгIа - бала ца хууш, наха, шайна цо дина цхьа вониг доцуш, дIатеттина товжа агIо боцуш тилвелла висар. Иза дешна, хьекъ-алх телхина воцчунна йоккха трагеди йу. Боданечу йукъараллехь дешаро, Iилмано луш йолу серло оьшуш, пайденна лоруш йац. Диплом схьаэцна, эс-карера цIа веана, иза уггаре могуш, хьуьнаре волчу ханчохь нисделла Советан пачхьалкх йохар. Массо хIума доьхна, даьржина ду, Росси когайаха гена ду. Iилман серло бодано эшийна хан йу и.  "Дешар - серло" бохучу кицанна дуьхьал йу очеркан цIе, чу-лацам. Жимчохь дуьйна "цадешар - бода" бохуш Iамийнехь, тахана дешар бодане дирзина. Цунах хьуна, хьох тешна Iачу хьан доьзална пайда ца болу. Хьекъал долуш мел хили, хала ду ваха. Наха кху муьрехь, баха ховша гIерташ, лело некъаш, харцо-наш, йамартлонаш, дешна хиларна, даго тIе ца йуьту. Мел хала делахь, дуьхьалонашка, материаль-ни, моральни халонашка ша къар ца войту йаздар-хочо. Дийно-дийно хьекъал, говзалла, синан хьелаш кхуьуш, похIма чIагIлуш схьавогIу Кацаев С-Хь. Иза могуш, дика реакци йу.

15
          ДЕШАН МАРШО ЙАККХАРЕХЬА
"Зуда йалор" дийцаран "йуьхь" йу Кацаев Сайд-Хьасана, шен къамел дола дале, тIехинйолчу произ-веденешна некъ баккха гIерташ, издательствоца беш болу къийсам. Эскаре вахале зорбане дIаделлачу дийцарийн куьйгайозан кхоллам муха бу хьажа вах-ча, редакторан рецензи карайо кхунна: «Оццул ле-харх, йало лартIехь йоI ца карош вуьсу авторан тур-палхо. Шен "Оьздачу йоIан васт" цIе йолчу дийцар тIехь боху автора: "Карий те суна оццул сан крити-кашна йезаш хилларг?". ДIаладоьгIча, кхунна моьттург ца хуьлу иза. "ОстопираллахI! Къина ма лорийла сан хIара. Критикаша хIун эр ду те?" - хоьтту кхидIа автора. Къинойх, критикех дерг-м ха-ац, иштта и гIуллакх делахь, йало зуда йоцуш, бай-лахь висарна кхерам болчу цуьнан турпалхочух къа-хета-кх». Дуьненан литературехь кхин хилла ма-салш, редакторша керлачу кепехь йа шайн кхетам тIаьхьа ца кхуьучу кепара йазйина, йа шаьш йийца ца даьхьа тема уьйу произведенеш ара ца хоьцуш: Д.Лондон, Э.Хемингуэй, А.Солженицын. Амма ин-заре тамашийна позици йу нохчийн редакторша Ка-цаевн произведенийн хьокъехь лаьцнарг. Уьш до-лахьчу изданешкахь белахьара-м билла бехк ца хила тарлора. Амма уьш пачхьалкхан изданеш йу. Редак-торан бакъо хила ца йеза, шена хетачун бух тIехь жамI деш, керлачу произведенина некъ бехка. Баль-зак, Золя, Гонкур, Драйзер, кхиберш, кхиберш, кри-тикаша мел хьийзийнехь, ара ма йийлина церан книгаш! Тахана уьш дуьненна бевзаш йаздархой бу. Церан критикаш шайн заманца байна. Оццул жоьпаллин белхан коьртехь болчара шен куьйгайоза массо агIор луьттуш хилча, зорбане йовлуьйтуш йерш-м даладелла болх хила ма беза, бохучу ойлан-ца туьканара нохчийн маттахь керла арайаьлла кни-га оьцу цо. Амма оцу книги тIехь, шен дийцаршкахь йац боху, "исбаьхьалла" лоьху цо. Доггаха: "Ма къайле йу-кх хьо, исбаьхьалла! Ган йоьгIна ца хилла хьо-м", - ойланехь аларца, вевзачех дуьххьара тIекхаьчначунна дIало и рогIера книга, Iама хьайна, олий, зорбане вала луучо муха йазйан йеза. Кацаевн произведенеш дуккха шерашкахь зорбане ца йохуш хилларш, цхьа акха нах белахьара-м, кхеташ дара и. Уьш шаьш ма-бу йаздархой. Цунна дукха безаш. Цо шен дийцаршкахь, очеркашкахь, статьяшкахь хеста беш. И ду-кх тамашийна хетарг. Шена дуьхьал мел олучу дашо керла сюжет кхуллу цуьнан. Кхоллараллин шатайпаналла, маьрша ойла йолчу йаздархочунна Iаламат хала ду "маьршачу пачхьалкхехь маьрша йаздархошна йукъахь".

16
           ЙАЗДАРХОЧУН ВЕЛАР
Ткъе диъ шере ваьлла дийцаран турпалхо, зуда йало ийзалуш. Хийцайеллачу замане хьаьжжина ду гIиллакхаш а: "стунненах - маpнана хили, невцах хIинца нускал хуьлу".  Йаздархочун ироних ца кхета критикаш. «ЧIогIа тамашена хета Сайд-Хьасана ша книгаш "йешаpх" лаьцна йаздаp: "Ас уьш йеша ца йоьшу. Листа  луьстий, йуьту". Цуьнан оццул шех бIо болаp, мича дилла деза ца хаа», - йаздо И.Эльсановс ("Йаздархочун школа"). Дембельх лаьцна: «Лаккхаpа обpазовани хилаp бахьанехь, нахана ваханий хаале, цхьа шо дузале, бухаpчаpна кIоpда вина, цIахьажийpа со: "Пхеа шарахь институтехь ца кхетийна волу, оха хIун Iамор ду хьуна?"- аьлла» ("Зуда йалор"). Салтыков-Щедрин, А.Франс ца вешна те цара, М.Булгаков, М.Зощенко, Я.Гашек? Кацаевн массо дийцарехь, очеркехь бохург санна тIехлесташ ма йу ирони, сатира. Мукъаман санна хIора дийцаран ма йу шен кеп, аз. Долалушшехь ма го и муха йаздина ду. Оьрсаша тон, тональность олу цунах. Иронически произведенех нисса йухахьа кхета везаш ву. Хьайна баккъаленна бакъ хеталахь. Кацаевс, ша книгаш йеша ца йоьшу, листа луьстий йуьту, тIера чан-хIума дIайоккхий, бохучух, цо дуккха йоьшу бохучу агIор кхета веза. Иштта Зощенкон цхьана дийцарехь йуьйцу вилспетан дикалла. ЧIогIа дика вилспет эцна ша. Вуьшта чIург ю цуьнан сеттина, руль яц лартIехь, миндар, цхьацца кIала-кIозар. Амма ша вилспет дика йу. Ала хIума доцуш. Йаздархочун ирони - и синмогашалла йу. Стеган, зудчун, пачхьалкхан системан, заманан цхьадолчу гIиллакхийн сакхташ гучудаьхна ца Iаш, беламе дохуш. Дуккха ойла йайта хаттарш, проблемаш йу авторо "Зуда йалор" дийцарехь уьйурш. КIантана йало зуда ца карайар - цуьнан лехамаш дукха лакхара хилар ду. Безаман синхаам галбаларан бахьанаш кхоьллинарг зама йу, йукъараллин дIахIоттам, эмансипацин маршо йу. ЙоI ган, вистхила, захало дийца хала долчу хенахь безаман синхаамаш экаме, ховха, цIена хилла. Хийистехь, белхех, синкъерамехь, ловзаргахь йа чу кхайкхина бен йоIе вистхуьлийла доцуш. Хелха волуш, ца хууш хьакхавалар луьра долуш. Йуххехь верасех йа тайпана цхьаъ воцуш йоI, зуда йахар-йар доцчу хенахь хилла безаман синхаамийн марзо башха, мехала. Ткъа вайн заманахь школехь дуьйна йоIаршца хьерчаш схьадогIу божабераш. Жимчохь дуьйна школехь, транспорт тIехь, дешаран заведенешкахь, балхахь стен, боьрший ийна. Цундела оьзда йоI, тешаме хIусамнана хинйерг каро хало ду вайн заманахь. Йало мегаш зуда каро вайн дахаран дIахIоттарехь хала хиларал сов, и кхаба, доьзал боло стагана рицкъа кхоччуш тIедан аьтто боцчу агIор хьаьвзина пачхьалкхан йукъараллин система. Оцу системо адам ахчанна тIаьхьадаьккхина, беш болх боцуш, массо йа йохка, йа лачкъо араваьлла хьийза.  Ахчанах, бахамах, даржех дерриге духкуш, оьцуш хиларна, иэхь-бехк, гIиллакх-оьздангалла дайина. Оцу хьераллина йукъахь, дахаран йуьхь йолош, адамийн зуьрет дий-на латтош йолу, доьзалан нана хила йезаш йолу йоI, зуда, вешан йижарий – оьздангаллехь буьсу агIор хийцалой вай! Оцу дахаран зезагаш ларде вай, боху-кха йух-йуха шен дийцаршца Кацаев Сайд-Хьасана. Цо бехке бийраш зударий бац. Цо бехке бийраш къонахий хилла дIахIитта безаш болу нах, нохчий бу. Авторан дийцаршкахь техула хьаьжча - цавашар, велар гахь, велха тар ца делла, велар ду. Амма дац и велар цавашарца, самукъадаларца – ду иза холча хIоттарца, кхехкачу кийрахь сецна, маьхьаре дала гIерта аз нуьцкъала сецош.
               

17
           ЙАЗДАРХО КХИА ВЕЗАШ ВУ
Кацаевн дукхаха йолу произведенеш йоьшуш ("БIарлагIаш", "Сюрприз", "Автопортрет", "Оьздачу йоIан васт", "Автоинтервью", "Хазачу йоIах лаьцна туьйра",  "Йаздархочун школа", "Баиев Iусманах лаьцна", дуккха миниатюрашкахь) яздархочун къинхьегамах, цунна некъ маьрша бита безарх ойла-наш йу. Карайо уьш "Зуда йалор" дийцаран чаккхе-нехь а: "Замано луьтту деppиг а. Йаздаpхочо мел кхоьллинаpг ца хуьлу мехала. Амма некъ бехка ца беза цунна. Йазйойла цо итт ледаpа книга, амма цхьайтталгIаниг эзаp шеpашкахь йаха таpло! КIохцал ду и долуш дуьйна иpаниг. Йаздаpхо кхиа везаш ву. Хенан йохалла дуккха хIумнашка хьежам хийцало, тематика, теpгамийн го шоpло. Уггаpе ха-ланиг, коьpтаниг шен хаpш чу дIанисвалаp ду. ТIаккха атта ду, мел беза мохь текхо. Амма наггахь, массо хIуманах паpгIатваьлла, тIема волуш хила ве-за..."Ша йаздийриг оьзда дац бохучарна жоп ду: "Суна хIетахь хааpа и. Амма цхьа сол ондачу ницкъо йаздойтуpа  уьш соьга. Ас суо дохковаьлла баьхча, нийса хиp дац... Шайна пайденна долчу хе-нахь, Дела ван вац бохуш, чIагIдина нах, тахана, хIинццалц шаьш бехбинчу динан дайшна хьалха лелхаш, хьаьжцIа баха гIеpташ зама йу хIаpа. Нагахь санна сан книга аpайала доьгIнехь, суна хаьа, кхун-на дуьхьал дуккха нах хиp буйла. Амма цхьа дегай-овхо йу сан. Дуьххьаpа зуда йалийначу жимачу ста-гана Дала, хIинццалц летийначу къиношна гечдо, олуш хезна суна. ХIокху гуьйpана, оpца аьлла, сайна цхьа бен вовшах ца тоьхча веp вац со... И зуда бахьанехь, Дела, хIокху дийцаpшна суна къинтIеpа волуш хилча, наха гечдийp ду, аьлла хета суна, сан къоналлин гIалаташна..." Ишттачу забарийн дус-таршца, къаьхьачу ироница дерзадо Кацаев Сайд-Хьасана дийцар. Кхечу пачхьалкхашкахь алап мел делахь, долларшка даьккхича, шена луш долу алап диъ доллар ду (вайн ахчанца ткъа туьма). Цунах хе-невала, гIала балха дIасалела деза. Зуда муха йалор йу тIаккха? Йуха хаттар хIоттадо: "Дийцар хуьлий ткъа кхунах?". Ша жоп ло: "ХIахIа, Iа ца луш дина йозанаш ду. Дийцар, Чеховн принципца лерича йуьхь, чаккхе дIайаьккхича, дуьсуш дерг ду…" Йуьхь, чаккхе дIайаьккхича йуьсуш йалх миниатюра йу, цхьаъ вукхул хаза, забаре а. Амма цу дешхьалхенаша, дештIаьхьенаша шатайпа атмосфера йохьу Кацаевн дийцаршка. Цуьнан произведенийн догIа лара мегар ду уьш, долор, дерзор, дешархочунна луш болу кхетам.


18
           ОЬЗДАНГАЛЛИНА КХЕРАМЕ ШЕРАШ
"Сатийсам" дийцарехь йалайо Кацаев Сайд-Хьасана дешхьалхе, дештIаьхье. И, шен произведе-нешна маьрша некъ баккхалц, ламаст хилла дIахIоьттина цуьнан кхоллараллехь. Стенах лаьцна ду "Сатийсам"? Стенга сатуьйсу автора, турпалхо-ша? Цул хьалхарчу дийцарехь стагах йаздархо вий-риг ши хIума ду: зуда, ахча ца тоар, боху авторо: "Уьш лоьхуш лелаш цамгаp хуьлий, чIагIлой, сих дулу йаздаp. ТIаккха зуда йевзича, ахча кхачийна висча, кеpла-кеpла сюжеташ кхоллало цуьнан. Шайн йукъаметтиг, ша хьоьгу бала дийцаpна, повестана, йа pоманна йукъа дохуьйту цо". "Лоьхуpг луp ду, аьлла боху Дала. Зуда йалийначун - доьзал кхиъна, ахча вовшахтоха гIиpтинчийн - хьал гулделла, со цхьаъ ву-кх йаздинчул тIаьхьа кIиpа даьлча, сайна дика къаьсташ доцу, хIаpа кехаташ бахам лоpуш Iаш..." "Со мел гIеpтаpх, хIаpа йозанаш йукъадало жанp ца каpайо сан накъосташна". Кацаевн йозан хатI аттачех ду, амма философи тIехула Iуьллуш йелахь, кIорггера ахка йезаш меттигаш дуккха йу. Гуш ма-хиллара, авторан гIайгIа, шен йозан хотIах, башхаллех кхеташ, мел йуткъа шен книга арайаьлла цахиларца йу. Нах санна, бахамна тIаьхьа ваьлла ца лелаш, дерриг дахар ша литературана дIаделлашехь. Исбаьхьаллин произведени маьждигехь беш болу хьехам бац. Йаздархочо ойуш йолу проблема вайна хьалха хIоттайо суьрташца, васташца. Дешархочун декхар ду дуьйцучух нийса кхетар, дан догIу жамI дар, моллано дуьйцучунна тIехь нисвалар. Литература и куьзга делахь (классически къастам!), куьзга бехке дуй шена чу хьаьжча вайна гучу суьртана? "Сатийсам" Кацаев Сайд-Хьасанан "ЙукъараIойла" аьлла йолийначу цикла йукъара дийцар ду. Йоккха, шуьйра лаьцна циклан Iалашо, амма йздархочун ой-ла хенаца цхьана турпалхочунна (Алихаджиев Эль-брусана) гонаха йоьрзу. Цхьацца долчу дийцар-шкахь автора цуьнан вастехь ша гойту аьлла хета. Амма, йаздархошца, критикашца дIадоьдучу девно, шен цIарах йаздарна тIеверзаво иза. Хетарехь, и бахьана долуш, йазданза (йа зорбане довланза) дис-на цу циклан дуккха дийцарш. "Сатийсамо" вайна хьалха схьадоьллу йукъараIойлера студентийн да-хар. Маре бахаза мехкарий, зуда йалоза кIентий бе-хаш бу пхоьаза тIекIел йиначу йоккхачу хIусаман тхов кIелахь. ТIекхаьчна керла шо. Къоначеран син-хаамаш вовшашка кхийда. Йуьхьанца хьалхалера цхьа-ши шо вовшашна тIе боьлху некъаш, цхьаьна богIу мотт, амалш лоьху. Боьрша, стен адамаш цхьаьна гулделлачу меттехь, дуьне долийчахьана, лелла, лелаш, лелар долуш хIумнаш ду. Цундела ду вайнехан гIиллакхехь шен доьзалехь 8-9 шо кхаьчна долчу йишина, вешина шайн-шайн дижа-гIатта чоьнаш нисйеш. Ткъа йукъараIойлехь ма йу, зудабе-рийн шайн, божарийн шайн чоьнаш, ала там бу ше-на луучо. Йу. Амма йац уьш цIерачеран, верасийн Iуналлина кIел. Уьш берриш шайн лаамехь бу йукъараIойлехь. Делан салам-маршалла хиларг, Мухьаммад пайхамара (I.с.с.) ма-аллара: "Зудий, стаг шаьшшиъ дисинчохь, кхозлагIниг шайтIа ду". Цундела бу дийцаран турпалхочун зударшна йукъ-ахь кхиам. Хетте, ша, наха лелориг нийса цахиларх кхета иза: "Уггаре цеце зама йу вайниг. Йа вайнехан гIиллакхаш ца лардина вай (лардинехь ца хаьа мот-тийтар пайденна хета), йа оьрсийн гIиллакхаш тIе ца эцна. Цхьа ког цхьана берд тIехь бу, важа - вукху берд тIехь. Диехьа йа сиехьа доцуш дисна. Эххар оцу йуккъехула охьадогIучу хи чу иэга там болуш ду вай". ХIай, Нохчий! Дахаран муьлха некъ хоржу аша? Шуна дуьненахь, эхартахь сийлаллица чек-хдовла лаьа, йа дуьненах эхарт дохка лаьа, йа даьржина, дешна, доккхачу хих ийна довш долу шовданаш, кегий хиш санна, дан лаьа? - хоьтту вай-га Кацаевс цу дийцарехь. Дерриге вайн дахар чухь-арчош, цIе кхоччуш марсайаьлча, хи деттарх йайа хала хуьлу. Кацаевн дийцарийн йуьхь Iаламат чIогIа динамика йолуш, ХVIII, ХIХ шерийн литература санна, татин гота йоцуш ду. Хьалхарчу предложеница хьо дийцаран хиламашна йукъавалош, йа дуьйцучух кхета оьшшучул бен, совнаха дешнаш доцуш. Дерзораш дагахьбаллам буьтуш, дог Iовжош ду. Цу приемо тIеIаткъам мелла совбоккху. Йа дерриге дика доьрзучул, йа мел хилларг Iевшина охьадуьллучул. Шен кульминаце кхаьчначу хенахь цIеххьана хеда "Сатийсам". Авторна лиънехь "Йижарий" санна йаздан йиш йолуш дара хIара. (Цу шина дийцаран турпалхо цхьаъ ву - Эми.) Цундела ойланехь (Эми, Тамара шаьшшиъ дисча), хиллачун сурт хIотто меттиг буьсу дешархочунна, цкъа хьалха цуьнца эвхьаза ваьлла хилча. Амма и бакъо сихха дIайоккху автора. Цул тIаьхьа Тамарас ша ресторане кхайкхича ца воьду Эми. Хиллачунна дохковалар дуй те и? Цкъа шайтIа тоьллехь а, дог бусалба хиларна, йуха цуьнга ша Iеха ца вайта ницкъ кхачар? Ша цавахаран бахьана цо кхин алахь, вайн кхета, и ша "къонах" ца хетарна кхоьруш хиларх. Студенташна гергахь "къонах" бохург - зударшна тIехь алсам толамаш баьхнарг ву. Дон Жуанан хьесапехь. Ткъа кехаташ охьатийсина, пасовать деш верг? Кхочуш хиланза диснарг турпалхочунна дагахьбаллам буьтуш делахь, цIанваларехьа цо йаьккхина хьалхара гIулч йу и. Мацах анекдотера лом дилла гIиртинчу художнико диннарг до йаздархочо кху дийцарехь. Лом дилла гIоьрташ, жIаьла нислуш, бала хьоьгуш хилла иза. Эххара, хIара жIаьла дац шуна, лом ду шуна, аьлла, йаздина цо суьрта буха. Цу кеппара, ша йаздинарг дийцар дац, олуш верг хилахь, цунна лерина "дий-цар" олий билгалдоккху ша, боху йаздархочо. Авторан ирони, йуучух туху Iаьржа бурч санна, цуьнан произведенийн чам шатайпа тобеш хуьлу.

19 
          БЕЗАМНА ДОЬНАЛЛА ОЬШУ
"Кехат" кхета хала дийцар дац. Цуьнан сюжет мелла атта йу. Коьрта турпалхо Казбеков Султанна йезало ийманехь, оьздаллехь чекхйала хиъна йоI-студентка, Фатима. Баккъалла баханчу безамо Сул-танна дицдолуьйту, ша цхьана ханна самукъа даккха дагахь, цуьнца гергарло тасар. ЙоIан гIиллакхо де-дийне мел долу эвсара боккху и безам. Фатима ца гуш дахана де, хи чу тесча санна, эрна дайна хета Султанна. ЙоI йуххера мел йевза, иза йалон ойла хьийза. "И цхьамма йадайахь хIун хир ду?" - бохучу хаттаро дог огура. Эвхьазлонах ларлуш схьавогIура Султан, оцу агIор йоI зер дастаме хийтира цунна. Кацаевн кхоллараллехь кху дийцарехь дуьххьара карайо вайна кху тайпа ойла: "Iехалур йоцуш йоI йан йац, йеза, йуьгур йу баьхча-м муххале. ЙоI ларйан йеза". "Студентан дийцаршкахь" долчу зуда-рийн вастах чIогIа къаьсташ ду Фатимин васт. Цул тIаьхьа мел йазйинчу произведенешкахь цхьанхьа кхин карор йац вайна йоI, зуда атта хетта, йорах хетта меттиг. Муьлххачу хьолехь шайна зудабераш карадарх, уьш, йижарий санна, ларбо Кацаевн про-изведенешкарчу турпалхоша. Йа Кацаевн турпалхой баккхий хиллехь, йа йаздархо кхиънехь, йа дахарехь ша лехна оьзда йоI карийнехь... Артистически при-ём, трансформаци йац и. И дахаран хьелаша цуьнан турпалхойн кхетамна, синошна бина тIеIаткъам бу. Эскаре шен дийцарийн тематика хийцархьама ваха-на ма-вара йаздархо. Цу дийцарехь маьрша (студен-тийн) дахар, эскархойн дахар ший гойту Султанан кхолламехула. Иза шен лаамехь эскаре веана ву. Студенташ цIахь буьту хан йу и. Амма эскарехь кхунна гуш дерг хIокхо сатийсинарг дац.  "Уггаpе цунна новкъадеpг, ша цIахь волуш санна ваха-ван, луъуpг дан маьpша цахилаp даpа. "Йа хIаpа аpми бац", - дог этIаpа цуьнан. Цунна моьттуpа: аpми - и даима хьаьддий-веддий лелаp ду, геpзаш лело, кхис-са Iамоp; машенаш, йаккхий тоьпаш; дIадоьлхий цхьанхьа масех де-буьйса доккхуш, йаа-мала йоцуш. Ткъа хIаpа, тIехь салтийн духаp хилаp, казаpмехь Iеp бен, цхьана кепаpа кхин хIума дацаpа. ХIоpш боpаха, иштанехьа болу белхан ницкъ баpа. Массо кхетаpа цунах. Кхаpна хьалха хIоттайо Iалашо цхьаъ йаpа - план кхочуш йаp! Делла, дисна". Казбеков Султан дуьхьал ву оцу системана. Распорядокца до-лу цхьа хIума ца деза цунна. АтталгIа могIарехь хIума йаа вахар а. ТIеман книгаш йоьшуш вижна Iа иза. Со кхуза болх бан веана вац, бохуш. Амма ойла шайн институте кхийда цуьнан... Фатима экзаменаш дIалуш йевзира цунна. Иза собаре, хьекъале, ийма-нехь йоI йу, ГIалахь кхиъна, йехаш йоллушехь. ЦIена синхаамашна, безамна тешаме. ГIалара да-хар... И ца гора къоначу йаздархочун цхьана кри-тикна. Цо массо дийцарехь кхайкхош дерг цхьаъ дара: де-ненан тергонера дIадаьлла гIала дахана бер галдаларна кхерам бу; и галдаккха дуккха некъаш ду цигахь; ларде шайн бераш, хьекъал ца кхаьчначохь, Iехабеллачохь ма дохадайта цаьрга хIинцца бен до-лалуш доцу шайн дахар... "Йуьртара хила мега аьлла хетачу йоIе вистхуьлу со, кхин сайна и гур йацахь. ГIалано и галйаккхаза йуй хиъча, хазахета" ("Iаьнан суьйре"). Нийса ца элира ас: "Кехатал" тIаьхьа мел йазйинчу произведенешкахь цхьанхьа кхин карор йац вайна йоI, зуда атта хетта, йорах хетта меттиг. Йаздархочунна, цуьнан турпалхошна цкъа атта ца хеттера нохчийн йоI, зуда. Царна Iеткъаш дерг зу-дарша шаьш-шай бораха хетийтар, шаьш-шай мах охьабаккхар дара. Къонахашна оццул беза хеташ болу. Нохчийн дахаран, гIиллакхийн дозанаш лар-деш чекхбовлу дийцаран турпалхой. Амма вайн да-харехь галдолу хIумнаш ца гуш, уьш Iора ца дохуш, "Кехат" санна дийцарш бен ца йаздахьара, цунна шена атта-м хир дара, адамаш нисдаран бала тIелаьцна лелачул. Амма и кхачамбацарш уьйуш ца хиллехь, ша тахана волу йаздархо-м хир вацара иза. Шен дийцаран турпалхо Казбеков Султан санна, шен амалехь стаг ву Кацаев а. ТIаьхьалоне ла ца дугIуш, шена Дала дага тIе диллинарг деш, бакъон-на тIехь чекхвала гIерташ. Дукха тIаьхьалоне ладегIар - стешхалла лерина вайн дайша. Хьалха-лерчу дийцаршкахь цкъацкъа къасто хала хуьлура: дийцаран турпалхо мила ву те, ша Кацаев йа Али-хаджиев Эльбрус? Оццул ийна, цхьатера дара цу шиннан васташ. Йаздархочун "со" билггалдолу Ка-цаевн "со" хилла дIахIотталц, Алихаджиевн васт цуьнан шолгIа "со" дара. Йаздархочун декхарна, принципашна тешаме вуьсу Кацаев эскарх лаьцна йаздеш. "Маьршачу стага курра дIакхоьхьу шен къоман гIиллакхаш. Шен лаамехь воцчу стагана чIогIа хала ду уьш лардан. Уьш ца девзачу, ца лоьручу наха йукъахь-м муххале. Цхьаболчарна кхета хала ду, бусалба нахана хьакха йаа ца мега йа боьршачу стагана нуй-горгам хьаькхча эхь ду боху-чух. Салтичуьнга, тIемалочуьнга дайта йиш йоцу, жимма ша лоручу стеган сий дойу хийла гIуллакх дойту армехь. ПхьегIаш йуьлуш, горгамаш хьоькхуш, хьаштагIаш цIанйеш лелачу нахах хIун тIемалой хир бу? Уггаре хьалха Iедало ша пусар ца до церан". "Хьалхаpа ах шо хала даpа къоначу сал-ташна. Массо дIатийча, хан йаьллачу хенахь, мийpаш бетташ гIитта бой, маггIаpа дIахIиттабой, хьийзабоpа уьш, йетташ, тIечехаш.  Iуьйрана эпсаро хоттура:  - Хьан бIаьрг хьан Iаржбина?
- Охьакхетта со,- олура салтичо.  - Цергаш мича йахана? - Ког а тасабелла бIогIамах кхетта со.
- Ши бIаьрг баьлла-м вацара хьо? Эпсаро мел довдарх, ца кхоьрура салти. Кхерамениг, дIадийцина, буьйса йоккхуш чохь висар дара. Эпсар шен цIа вахчахьана волура. Шенначул доьналла до-лу хийла жима стаг, йуххехь накъостий ца хиларна, морально-психологически каггавора. Цхьацца болчаьpга и  климат  лан ца лоpа.  Командованина и хууш даpа шеpа. Ламаст хилла схьадогIуpа и. Эп-саршна атта дара ишта. Шайн болх беза безаш, сал-таша лара лоруш, кегий болуш дуьйна эпсарш хила сатийсина, доьналла долу нах кIеззиг бара царна йукъахь. Дукха хьолахь уьш, хьалхара ахшо лан ца делла, шаьш долчу эскаран декъе тIеман училищеш-ка кхойкхуш агитаторш баьхкича, и ши шо дешаран пхеа шарна йукъадоьдуш хиларна баккхий бийна ца бовлуш, хилаза ца бевлла хилла эпсарш бара". Амма ала догIу батальонан замполит, майор Болдин санна болу эпсарш армех ца хилча, нохчийн кIенташна Iаламат хала хир дара, арме Iана йахана хирйара. Иза царалахь адмалла долуш, салтичун синхIоттам бевзаш, цунна тIе некъ карош ву. Муьлххачу къомах велахь, стеган мах адамаллийца къасто безар гучу-доккху Кацаевс оцу дийцарехь.
Дийцаран дерзар дешна ваьлча дицлучех дац. Дешархочо сатосу турпалхойн кхолламах хилларг хаа лууш. Фатимин доттагIчуьнгара кехат кхочу Султане. Фатима йадийнера, амма цIерачара и схьайаьккхина. Йадийна схьайаьккхина хилча, ахь и йуьгур йац, бохуш, баккхий нах тIетуьйсуш, хьий-зош йу и.  Мелла сиха цIа вола. "Кехат" ша къаьсти-на дийцар делахь а, Султанах, Фатимех кхин а йаз-дан дезаш санна хета. Йаздархо царах цкъачунна дIакъаьстича сана хетало. Султан Соьлжа-ГIала богIучу поездан тIе-м хуу, амма вайна ца хаьа кхидIа хилларг. И цIа кхочий те? Йа некъахь охьа-воккху те? Фатима маре дIайаланза йуй те? Кхойтта де даьлла кехат йаздина... Оцу дийцарехь дац йа дешхьалхенан, йа дештIаьхьенан дакъош. Кацаевна шена хиъначух тера ду, ша йаздина дийцар цхьаьнне ала хIума доцуш хилар. Нохчийн йаздархошна йукъахь эскарехь хилларш вуно кIеззиг бу. Ткъа оцу темина йаздина дийцарш данне дац. Кацаев оцу тIехь хьалхара ву. Цо кху дийцарехь дудууш (штрихашца) гайтинарг - кино йаккхал чулацаме ду.
Оцу дийцарехь шен принципашна тешаме вуьсу йаздархо. Мацахлера художникан санна, ша лом дилла гIерташ вара, баха ца дезаш, дика дийцар йаз-дина Кацаевс. Лоьман амалца, мел хала киртиг теIоттайелча вухур воцуш, къаьста цуьнан турпалхо. Султанан, Фатимин васташ тоьллачех ду Кацаевн шен, йерриге нохчийн литературехь а. Дахар - басарш хьаькхна, тодина, хаздина ца гойтуш - ма-дарра йаздарца. Советски эскарх лаьцна йазйинчу произведенех российски литературехь тоьллачех цхьаъ лара догIу и дийцар.

20 
           АЬРХА АМАЛШ
Вай хьалха хьехийначу Кацаевн произведенеш-кахь, дуьйлина латтийна дешархочун синпхенаш мелла малдо, са доIуьйтуш дIахоьцу йаздархочо "Хьамзат", "Конкурс" цIе йолчу дийцаршкахь. Хьалхара дийцар коьртачу турпалхочун цIарах ду. Хьамзат къеначу Махьмин веа кIенташлахь жимаха верг ву. Воккхах волу Шота-м дех тера вогIу, ткъа важа кхоъ шайн аьрхаллица хьаьнга хьаьжна ву ху-уш дац, къаьсттина жимах волу Хьамзат. Уьш нох-чийн дукхах болчу доьзалшкарчу берийн амалшкахь кхуьуш бу - коьртаниг тасадалар, латар хьалха даьккхина. Дага догIу суна, со жима волуш бакхий-чара цхьаьна ловзуш долчу берийн тобанна тIе а богIий:  - Лата майра мила ву шух? - олура.   - Со ву! Со! - маьхьарий довлура. Хьанна ца лаьа оцу хенахь баккхийчаьрга ша майра ву алийта? ХIинцца бер-тахь цхьаьна ловзуш Iийна бераш, мостагIий долуш санна, лета хIуьттура, эххара вовшийн муцIарш йо-хийна цхьаъ велххалц. "Хьамзат" дийцарехь даладо иштта сурт. Леча, Хьусайн, Хьамзат (Махьмин кIентий) дечге баханчохь, хьуьнхехочунна тIекхочу. Iедало, нахе дечиг ца даккхийта, дIахIоттийна волчу цуьнга: "Жимма буй-тIара йича хIун дара те вай?" - олу Хьамзата. Оцу стага шу дукха ду, ша цхьаъ бен вац аьлча, шен вежаршка цуьнгахьа вала цхьаъ олу. Тоьллачу шимма садоIур ду. Эшначара дечиг доккхур ду. Цигахь халкъан могуш забар хиларал сов, кхин беламе дерг ду, хьуьнхехочуьнга (оцу луьрчу заманахь Iедална хиъча мегар доцу) шайна даго дечиг даккхийтар. Кхааммо шена ницкъ бина ца алийта, воккхуш ву вежарех цхьаъ дехьа.  Хьан эр ду и нохчаша дийр дац? Нохчийн амалехь дац?
ШолгIачу дийнахь шен баккхийра кIентий жа лоргуш битна, кхара селхана даьккхина дечиг хьуьнхара цIа дан шеца веанчу дега, невцана хьал-хара дечиг дуттур дац ша, олу Хьамзата. Цецваьлла-чу дас:   - И хIун ду ахь дуьйцург? Мила ву шун нуц? - хаьттича, Хьамзата жоп ло:  - Хьо ву-кх. Тхан нана йахана, тхан нуц вац хьо? Невцана хьалхара гIуллакх дича эхь ма ду.
КIантана дена кхайкхош, гIуркх оьций, тIаьхьа волу да. Кху дийцарехь Кацаевс халкъан ирачу за-барен Iиттаршца, беламе аларшца, гойту вайна йукъахь кIоргга орамаш хецна йехаш, вай тIелаьцна лелош йолу сонта амалш, дIа ца довлу ламасташ. Вайн къоман уггаре лакхарчех оьздангаллин мехала амал хилла дIахIоьттина майра стаг ву алийтар. И цIе ларйеш дала кийча ду вай. Цундела бера хенахь дуьйна и кхиийта гIерта вай вешан доьзалшкахь. Невцаца йолу йукъаметтиг вайна ца бевзачу нахаца чул херонан доза долуш хилла стунцахошкахьара-м муххале. Таханлерчу заманахь-м невцал чоьхьара, хьоме, хьалха ваккха мегар долуш, кхин сийлахь цхьа вац. Хьамзат, шен вежарий санна, белха стаг вац, дуьненан тIаьхьало лоьхуш вац, шен кадаьлларг дийр долуш, Iедална муьтIахь хир воцуш, шен аьрхалла йуьтур йоцуш, стелахаьштиг санна, цIоькъалоьман цIоканахь къонах ву. Вайн къам, Да-ла кхуллуш дуьйна, нохчашна йеллачу амалехь вайн замане схьавеана стаг ву иза. "Нехан таррел йеха шаьлта" йу цуьнгахь даима, шена кIордадаллац ше-на хазйеллачу йоIаца хелхавийлинчул тIахьа.- ХIара ловзар дIадоьхна шуна, - олий, нехан синкъерам бо-хор хIумма галдаьлла ца хета цунна. Амма вежа-рийн барт чIогIа хиларна, Хьамзата лелочу хIуманашна, хIара цара дIа ца теттарна, наха лоруш, схьабогIу уьш дахарехь.
Иза цIена нохчийн амалехь ду йахьний-дагний вайлахь дехаш. Хьамзата шен карара шай-кай кха-чийча, вежарийн кертара хIуъу дIайухку шена схьа-луччух. Доьзалехь жимаха верг волуш, шен доьзал ца хиларна, къахьега лууш вац иза. Шераш ду, ахь къахьегначух хиндерг ца хууш. Шегара салам схьа ца оьцуш ларамаза тIехваьллачунна тIара латор до-луш ву Хьамзат. Са аьрто стаг лоруш, наха Iад вуьтуш хилла Хьамзат. Цуьнан амал, леламаш нох-чийн фольклорца йогIуш, самукъане цу. Йалийна зуда, децIа йахханчохь, невцан боларна реза ца хи-ларна, стуннанас йуха ца йаийтича, зуда йуьту, ман-гал тухий стунцахойн сийна хьажкIаш дIахьокху Хьамзата. Йуха охьавогIуш ша буьйса йаккха хьаша веш чу ца витинчу стеган сту балош охьавогIу. И, бен боьй, дIабухку. Цо йуха динчо гойту Хьамзат вуьззина нохчо хилар. Стеран дегара айкхаллина кхайкхина ахча доккхий, иза йуьртден коча тосу Хьамзата, цуьнан кертах ша дIаоьллинчу стеран наьIарна тIевигна. (Ца вуьгу гIийлачун, мискучун хIусаме!) Дерригенах кхетта стеран да: ша лачкъий-начу сан стерах соьгара ахча даьккхина волчу, цуьнгара хIумма йуха хир йац, аьлла, кхин Хьамза-тана, цуьнан вежаршна гучу ца волуш, шен цIа воьду. Иза йуьхьIаьржа ву. Цунна хаа, дайшкара охьадогIуш долу гIиллакх ша дохадарна, бина бек-хам хилар. Цундела, кхечу хьелашкахь ша къовсур болу, сту а битина ваха деза цуьнан. И дика урок йу цунна, и санначарна. Хьамзатан аьрхалла акха йац. Заманан, Iедалан харцонна дуьхьал латта доьналла деза стагана.  Хийла бехк боцчу стег обарг вала дез-на паччахьан (йуха Советан) Iедал тедеъча. Шайн амалшца, сица, леларца элий болчу ламанхошца йо-лу йукъаметтиг, оьрсийн Iедало шайн муьжгашца санна лелорна ду, массо хенахь стаг дуьхьал вокк-хуш дерг. Вайн дахарера хиламаш бу Хьамзат, Каз-беков Султан санна болу къонахий кхоьллинарш. Иштта къонахалла жимчохь дуьйна хуьлуш йу. Воккха хилча гучуйолуш йац, цIеххьана. Шаьш дол-чохь, шайн ницкъ кхочучохь бакъо толош бу уьш, нийсо йеш а. Хьамзат Советан Iедална реза цахилар, хетарехь, цхьаъ ду. Къонахийн белшаш тIехь деъна и, ша тоьлла даьлча, къонахий халлакбан долар. Уг-гаре воккхах волчу вешега Шоте, совнаха долу даьхни дIадаккхар хьахадо Хьамзата. Шотас Хьам-зат човха вина лаьллина. И ша вара Iедал доккхуш, чIагIдеш шен цIий Iанийначех. Амма кхеран даьхни дIадаьккхира. "ХIинца лаца хьайна! Даьхнина-м хIун дер дара, хьо Сибрех ца вахийтарна, Iедална баркалла бохуш Iе хьо!" - олу Хьамзата. 
Хьамзат дашна говза, самукъне стаг ву, нохчийн философин чулацаме аларшца шарбелла буьйцу цо мотт. Колхозаш йахкаран хьокъехь: "Болх бан ца луург колхозе дIайазвала мегар ду шуна. Со нийса кхеттехь, со санначийн меттиг йу-кх и. Колхоз - ца-вахарн хIоз!" - боху Хьамзата. Я: "Нохчий берриш элий бу моьттура суна, вайна йукъахь хиллера лай". Хьамзат бакъ волу нохчо хиларна кхин ду дийца-рехь тоьшаллаш. Чувоьллинчохь хьалхарчу дийнахь набахтера бIотIа-гIазакхи тхьамдаллера воссаво, йеттий гIибавоккхий. "Цул тIаьхьа маpшо йелиpа тхуна. Иштта кIант ваpа Хьамзат", - бохуш дуьйцу цу чохь хилла дийна висинчех цхьамма. Харцонна, зуламна дуьхьал бекхам бар, вай дIакхаьчначохь тхьамдалла ваьшка дерзор, йа къар ца луш къийсар, нийсо йезар, шариIатца догIуш доцчунна кIел ца совцар а. Уьш вайн чехка, довха цIийх ийна, вайн тем боцчу сих хьаьрчина Iадаташ ду. Дийцаран чаккхе мелла кхоьлина, лазаме, дагахь баллам буьтуш йу дешархошна. ЦIийнах хьовса баьхкинчех цхьанна тIаpа тоьхна, лаьцна Леча, Сибpех хьаннаш охьайеттачохь, бохам хилла, велла боху. Шота Геpманан тIом болабалале, дешна нах лоьцуш, лаьцначохь кхелхира. Нана кIенташна лозучу даго, хеназа дIайаьхьиpа.  Виъ вешех цхьаъ бен ца
вуьсу, Хьусайн. 1956 шарахь, Йуккъерчу Азехь 13 шо даьккхина, цIа дирзинчул тIаьхьа цо Чоьхьаpчу гIуллакхийн Министеpстве дахьийтинчу кехатан дуьхьал деанчу жоьпо тоьшалла до, Хьам-зат, набахтехь цамгаp кхетта, 1944 шаpахь кхелхина хилаp. Билггал деpг хууш дац.


21
                КЪОМАН СИНМОГАШАЛЛА
"Конкурс" дешархочун ойла йекхалуш, деган гIайгIанаш йайеш, коьрте садоIуьйтуш дийцар ду. Божаршна гергахь идеальни несан, зудчун васт, сиб-таш, куц, амалш, гIиллакхаш къастош, ирачу йумор-ца йаздина беламе хабар ду и. Коьрта турпалхо Увайс, зуда йалайе, бохуш, цIерачара хьийзавахь, мил-милла йало лууш вац. Дийно сарралц гIалин урамашкахула цхьацца ойланашца лелачу Увайсана массо маьIIехь летийна хаамаш го: тайп-тайпанчу куьйгабелхан говзанчаш беза бохуш. Амма ца кара-бо хьаькамаллин дарже кхойкхуш цхьа хаам. Инсти-туташкахь конкурс йу, училище дIавоьху. Туька-нашкахь дикачу товарана цхьаберш рогIе хIиттина лаьтташехь, ахча долчара, тIе хIума лой, тIехьарчу неIарехула дIадаьхьна карадо иза. Иштта хьуна йу - йац а ца хиъна хаза йоI, наха йалайой карайо. Оцу тидамаша дагадоуьйту Увайсана зуда йалоран гIуллакх Iилман-технически тIегIан тIе даккха. Цунна аьттонна санна, кегийрхойн "Республика" газетехь рубрика йу "Захало". Увайсана хазло "Захало" рубрикехула "Нускалийн конкурс" дIакхайкхо. Дагадеанарг чекхдаккха деза къонахчо. Кехат, ручкий мукъа ца дуьтуш, ша лоьху йоI йуьйцу Увайса. "Иза хила йеза: цхьаннал тIех йиша йоцуш, кхааннал кIеззиг ваша воцуш, чувеанчуьнца бийца адамийн мотт болуш, нахана йукъа йаккха мегаp йолуш, шен бага шегахь сацо хууш, зуда - зуда йуй, стаг - стаг вуй хууш, меpза йаахIума йан, куьцехь бедаpш тега говзалла йолуш, беpаш ца чехош, со санна тхан цIеранаш безаш, ламаз-маpха долуш, ша суна, кхачаpна, Далла хастам беш, суна йаппаpш ца йеш, бахьана долуш-доцуш шайн цIа ца уьдуш, сан книгашна тIе чан ца йуьллуьйтуш, суна тIе моза ца хоуьйтуш, сан кехатех куьйгаш ца Iуьттуш, хечина иту хьакха, коч йитта, нуьйда дIатега, баха дезаp доцуш, маpненал хьалха гIаьттина, йетт дIалаьллина, эсана хьалха докъаp диллина, котамашна хIума тесна, хин фляга йеана, новкъаpа-нацкъаpа йаьккхина, со гIаттале йууpг кечйеш, мача боьха ца каpайойтуш, эсала, йелакъежна йолуш, леp-алаpехь къийсаме йийp йоцуш, со волчу доттагI, хьаша веъча, пхьегIаш чIогIа вовшах ца йетташ, хьаьжа йуккъе шад ца хIиттош, гIуллакх долуш-доцуш туьканашкахула ца кхеpсташ, балхахь йу со, бохуш, цIеpачу нуй-гоpгамах ца уьдуш, ша ца дича, шен гIуллакх дан нехан зудаpий богIуp боций хууш, декъа тIехь кваpтиpехь санна ца Iаш, йуьззина хIусамнана йо-луш, ша кеpтахь йитаpх, кхабаpх ца тешаш, оцу иpсах йоккха йийна ца йолуш, шен йишинаш санна, сан вешин беpаш дезаш... иштта зуда каpийча, таха-на и йалоp йолуш ваp-кха со, генаpий-йуххеpий, гIалаpий-йуьpтаpий ца бохуш, тайпий-тукхаммий ца къестош, денош-буьйсанаш ца йохкуш, куц-хазаниг, тайнаpг ца хоьpжуш. Маpе йогIучунна хаа дезаш кхо хIума ду: I) школехь, институтехь мел дешнаpг дицдан дезаш хилаp. Маpе - зудчун уггаpе лакхаpа школа йу; 2) маpдена мотт бохьуш, несо шен мотт децIахь бита беза;  3) зудчун  маpзо  - маpзошца хила йеза". Вайн Мехкан Парламенто, Министрийн Кабинето йеллачу бакъонна тIедоьгIна, конкурсе кехаташ чуделлачу мехкаршна йукъахь къастор йу кхоъ. Хьалхара меттиг йаьккхинчу йоIах нускал хуьлу, цуьнан бола долу  хинволчу майрачун ирахь, бижна Iуьллу кертара бахам. Оцу бахаман хIусамнана Увайсан дола йолу. ШолгIа, кхолгIа меттиг леринчу зудберашна совгIаташ до, "Хьенехан тIехьийза йоI" боху статус ло. Цу шиннан бакъо йац нисса шарахь кхин кIант тIехьовзо, йа маре йаха. И шиъ, хьалхарниг гал ма йеллина, цуьнан меттиг дIалаца кийча хила йеза. Цул тIаьхьа шен гороскоп, болх, амалш йовзуьйту Увайса. Дийцар доьшучо йайина хан эрна хир йац. Нохчийн литературехь дукха хир йац оццул ира за-баре маттахь йазйина, тIаьхьенашна гергахь халкъан хилла лаьттар йолу произведенеш. Дешархочун са-мукъа даларца, эца масал хиларца Хамидов Iабдул-Хьамидан "Бож-Iелица" дуста мегар ду и дийцар. Бакъду, Хамидовн пьеса, ша йазйинчу замане хьаьжжина, советски гIиллакхаш толош йу. Амма вайна и тахана герга йийриг халкъан забарш йу. Ка-цаевн дийцарехь шен заман хьу толош йац, беламе йоккхуш йу. Цхьадерг (йукъараллин кхачамбацарш, несарийн гIиллакхаш, зудчо лело догIург), баккъала дийца тар ца делла, забаран кепе дерзийча санна хе-та.
               

22
          ГЕРЗАН БАКЪО ЭШНА, ДЕШАРНИГ ТОЬЛЛА
"Дудаевца цхьаьнакхетар" очеркехь буьйцург нохчийн исторехь чолхе мур бу. Заводийн, фабри-кийн, дешаран, культуран заведенийн болх боьхна, дахар шен низаман гIодера даьлла. Массо хIума герз карахь долчу тобанийн кара дирзина. Вайн набах-ташкара арахецна, махкал арахьара тIебаьхкинчу зуламхойх сийсачу Нохчийчоьнан сурт карладоккху дийцаро. Iедалехь жоьлкаш, къуй, иза лардеш гер-зашца къуй, пачхьалкхан балхахь хиллачийн (тайп-тайпана предприятешкахь), бюджетникийн (хьехар-хой, лоьрийн, Iилманчийн, искусствон белхахойн), йу бохуш йолчу йерриге интеллигенцин цIе йоьжна, мах, сий, гIаддайна. Герз карахь доцчу Нохчийчоьнан цхьана вахархочун бакъо лаха, ларвала кху махкахь тIеваха, тетовжа  Iедал доцуш дисар ду очеркан исбаьхьа бакъдерг. Россина йукъара девлла, вай маршоне, ирсечу паргIатоне Дудаевс, цуьнан тобано кхачор ду моьттуш Iехаделла, дуьненан кхолламаш церан кара баларна, хIоьттина хьал, йуха гуш хетало... Интеллигенци тергал ца йар, массо даржехь къуй, авантюристаш хиларх лаьцна боху йаздархочо: "Хьалха хиллачел йаккхий жоьлгаш хета суна, тахана, нохчийн къам дуьненчохь хиp ду йа дац къасточу муьpехь, и деppиг дицдина (йа цунах байpакх йина!) озо-йаккха гIеpтаpш... Йа баккъала, оцу наха шен цхьа аьтто бийp бу, цаьpца ша пачхьалкх кхуллуp йу моьтташ лела те пpезидент а?" - Халонаш лан йеза, пачхьалкх йан атта дац, - бохуш, нах доллучух хадийна, шаьш миллиардаш кхечу пачхьалкхийн банкашка охьадохкуш Iачарна дагадоуьйту: "Цхьа-ши пункт йоцуpг, массо хIума дика даpа ком-мунистийн Устав тIехь. Амма цаpа шаьш лаp ца доpа и. Тахана - ийман-ислам, нохчийн пачхьалкх - массаpна товш долу къамелаш хеза вайна куьйгалхошкахь. Амма моллано ма – аллара: "Ас дийpиг ма де, ас бохуpг де", - бахаpх гIуллакх ца хуьлу. Уггаре хьалха цунах масал оьцу наха". - Хьо борз йелахь катоха, къонах велахь сатоха, - бохуш, Iедалехь болчара шаьш тоьтту халкъ зуламан новкъа. Иштта ахча долу нах идо болийра, вайн лаьтта тIехула мел йолу составаш, сеца йеш, чIана йаха йолийра. Пачхьалкх йан арабевлла бацара, пач-хьалкх йохо арабевлла бара. Цу йуккъехула деза-даккхий хабарш дуьйцура нохчийн къонахаллех, Нохчийчоьнан йозаллех а... Iаьрбийн махка цкъа хьажна бохура Дела, ткъа Нохчийчу – шозза – бо-хуш, шайн Iаьржа гIуллакхаш дечара: "И веза хин-волу Дела, вай лелочунна оьгIазвахана, хьаьжна хиллий те моьттуш ву-кх со, Нохчийчу шоззе", - бо-ху къоначу йаздархочо. И оьгIазалла вайна ган гира-кх... Шоззе чубеанчу тIамехь... Очерк йерзор ду башха. Иза ларван гIерта вайх лакхарчу дарже кхаьчнарг кура валарх, адамаш, адамийн гIиллакхаш чоьте ца лоруш, берриге мохк, цуьнан бахам шен дола баьлла моттарх. Цунна далийна цо китайски туьйра. "Нахана бале баьлла, йуьpта боьссина цхьа саьpмик хилла. Хийла къоман туpпалхо хIаллаквина цу саьpмика. Ву бох-боху къонах дIавоьдуш, туp доккхий, лаp йоцуш вовш. Цецбуьйлуш Iаш хилла нах. Балехь бохкуш. Цхьа хан йаьлча, кхин цхьа къонах ваьлла, ша буьйp бу и саьpмик, аьлла. ДIавала, аьлла цуьнга, хьол хьалха дукха къонахий гIиpтина и бен. Цул тоьлуp вац цхьа. Хьайн ойлайе. Къаp ца велла, шел хьалхаpнаш санна, туp даьккхина, вахана иза. Бийна цо саьpмик. Йуха цуьнан бахамашка хьежа воьлла иза. Йоцуш хIума ца хилла цу чохь. Дешеш, жовхIаpш, кIадеш, бpиллианташ, дашо, дети кхабанаш, пхьегIаш, тайп-тайпана геpзаш, хIокху дуьнен тIехь мел йолу исбаьхьа хIума цу чохь гулйича санна. Оцу беppиг бахамна йуккъехь, дуккха куьцаpа лепаш, паччахьан таж гина цунна. И чIогIа хазахетта, куьзгана хьалха хIоьттина, шен коьpта тиллина цо. Гуш лаьтташехь, и коьpта тиллича, адаман куьцеpа саьpмикан хьесапе виpзина иза...Цунах лаpлойла лууp даpа суна пpезидент. Масалш дуккха ду". Кацаевн очеркаш йеша атта йолуш, дийцаран кепехь йазйина йу. Йуьйцучу очеркан мехалла кхин лакхайоккху, и тахана йазйина цахиларо. (Республикехь нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу газетехь зорбане йелира и хIеттахь.) Шен заманан историк ала догIу цунах. Тоьл-тоьллачу Iедало шайна луъучу агIор йазйойту истори. Кацаевн кхоллараллехь вайна гуш йерг цхьа агIо йу - халкъан агIо.
23
         ВАЙНА НОХЧИЙН IИЛМАНАН МОТТ ОЬШУ
Iаламат мехала ду Кацаевс къоман Iилманах дог лозуш дуьйцург: "Нагахь санна нохчийн мотт, къо-ман культуpа, искусство, Iилма, исбаьхьаллин литеpатуpа Iамаяйаp тахана хьалхаpчу метте ца даккхахь, ткъа оцу декъашкахь къахьоьгучу нехан бан беза аьтто ца бахь, вай хадош йеpг вайн кхане йу".Амма нохчийн маттахь ши-кхо предложени во-вшахтаса, хьесап дан ца хуучу профессоршка аьлла ду: "Къоман маттахь доцуpг Iилма дац. МеpайоIан йолччул бакъонаш йу нохчийн меттан. Цундела хIинццалц Iилма хилла дац вайнехан. Ваьш вай Iехийна тахханалц". Нагахь нохчийн къомах болчу Iилманчаша шайн белхашкахь цхьа мехала хIума "кхоьллинехь", цара кхиийнарг оьрсийн Iилма ду, нохчийниг дац. Iилманан терминаш нохчийн матте муха йохур йу бохучарна делла жоп нийса ду. И терминаш оьрсийн маттахь йац. Уьш йа гpекийн, йа латинийн, йа фpанцузийн, йа ингалсан, йа немцойн меттанашкахь йу.  Терминаш йац нохчийн матте йа-ха йезарш, царах болу кхетам хила беза Iаматашна, энциклопедешна, тайп-тайпанчу дошамашна тIехь. Школашкахь дуьйна берашна нохчийн маттахь хье-ха деза. Цуьнца цхьаьна оьрсийн мотт а Iамош. Къаьсттина доккха маьIна ду ненан маттахь I-4-чуй классашкахь хьехар. Ненан маттахь бен, хууш цхьа а дош доцуш, догIуш ду школе бер. Оьрсийн мотт ца хаарна, берийн кхетам тIаьхьа буьсу. Китайски йоза Iамадар санна хIума ду и берана. И нийса дац аьлла хетахь, йахал тIаккха Россера школаш, институташ французийн йа немцойн матте, боху йаздархочо. Дукха нохчий бу тахана нохчийн Iилманан мотт кхиахь а, иза дика хаахь а, ваьшна оьрсийн мотт бицлур бу йа Iемар бац моьттуш. Шек ма довлалаш, иштта ойланаш йолу нохчий! Дахаран хьелаша вай-га оьрсийн мотт, ца лаахь, Iамабойтур бу. Иза къаьмнийн йукъара мотт бу. Цундела аьлла проле-тарийн пачхьалкхан хьалхарчу куьйгалхочо: оьрсийн мотт нуьцкъаша Iамабайтар оьшуш дац тхуна. Ца Iамийча девриг ца хиларна, аьлла и Лени-на. Цундела йуха боху Кацаевс: "Iилма шен маттахь хила деза. Ткъа меттанаш дукха мел хии, дика ду. Ма Iамабе бохуш цхьа ма вац. Уьш тайп-тайпана ши хаттар ду, уьш иэдар нийса дац". Оьрсийн Iедал чIагIделча оьрсийн мотт коьрте боккхуш, нохчийн ду боху Iедал хIоьттича - Iаьрбийниг. Ша-м дуьхьал вацара Iаьрбийн, оьрсийн, ингалсан меттанашна, боху автора, амма, Iарбийниг, оьрсийниг дена бина болуш, къоталгIа бина бацар-кха нохчийн мотт. ("Нохчийн мотт".) "Йуха маттах лаьцна" миниатю-рехь хабарш дийцарна тIера нохчийн мотт пачхь-алкхан тIегIане баккха дан дезарг дуьйцу. "Массо училищехь, техникумехь, институтехь йукъадаккха нохчийн мотт, литература хьехар. Нохчийн матте йаха дукхаха йолу предметаш. ШолгIачу муьрехь, дешаран йерриг система, пачхьалкхан урхалла йер-зайе нохчийн матте. Нахана и (багахь бийцарал сов) дахарехь, ца хиъча ца волу агIо лелайе Iедало - дер-риге дIанислур ду шуна. Нохчийн мотт беза,  бахарх тоьаш дац, кхайкхамаш барх гIуллакх нислур дац, и безийта хьелаш кхолла деза". И кхочуш дан вай, Iедалера дуьйна схьа, йерриге йукъаралло къахьег-ча, нохчийн меттан проблема дIайер йара. Кхетаман болх бан беза пачхьалкхан чиновникашца, хьехар-хошца, дай-наношца, дешархошца, студенташца. ХIора нохчочунна дIахаийта деза, вайн дахаран хьал толург цахилар, вайн къоман Iилманан мотт ца кхиабахь. Вешан къоман маттахь Iилма кхиъча бен, вайн мехкан Iилманчаш, экономика кхьуьр йац, къоман экономкина тIетевжина кхуьуш йу къоман могашалла, культура. Цхьацца гIулч йоккхуш, нох-чийн матте дерзо деза дешар: хьалха I-4 классаш-кахь, цул тIаьхьа 5-9 классашкахь, эххар а 10-II классашкахь. Оцу балхо вайн таро хуьлуьйтур йу институташ, техникумаш, училищеш вешан матте йерзо. Цул нийса, вайн кхетам хьала баккха, вайн дахаран аьтто бан кхин некъ бац. Дала оцу некъа довла, цуьнан халонаш лан, лаьцначу Iалашоне кха-ча собар, хьуьнар, хьекъал лойла вайн къомана. Та-хана тайп-тайпанчу газеташкахь корттехь йаздо: "Оьший вайна нохчийн мотт?" - бохуш. Цу тайпа хаттар хIоттор дац нийса. Иштта хаттар хила дезаш дац. Телевиденехь хабарш дуьйцуш Iаш ду вай, болх дIаболочу меттана. Вешан маттахь Iилма кхиъча бен вайн экономика кхуьур яц. Экономика кхиъча бен дахаран хьал толуш дац. Экономико дахаран хьал тодича бен могашалла хир йац. Iилма, экономика, могашалла хилча бен доьналла долуш интеллигенци хуьлийла дац. И дерриге хилча бен политически маршо кхочуш йац цхьана доккха, жима къоме. Цу-нах вай тахана ца кхетахь, вай хIаллак хила йазделла къам ду. Вай лийр ду бохург дац иза, адаман хIу кхачийна. Адамийн тIаьхьенаш-м хир йу вай. Амма хир дац, къам ду бохучу кхетаман вастехь-м.
               
24
         IУСМАНАН МАСАЛЦА - ЙАЗДАРХОЙН ДАХАР
Очеркан коьрта турпалхо Iусман велахь Кацаев веккъа иза вийцина ца Iа. Iусман гуш, дийначу ма-сална оьшу авторна. Вайн махкахь кхоллараллин адмашна хала хилар, церан кхиаран хьелаш дихки-на, дуьхьалонаш йолуш, йукъараллина дош ца хе-таш, тидаза дIатесна дуй хаийта. Кхечу очеркехь ка-радо вайна: "Сискалх дузаза, соьмах Iабаза долчу вайн къомана, хIинца мукъачу, бехар боцчу нехан гIуллакх хета культура, искусство, литература". ("Балхахь".) Вайн культура дийна латточех шена къа хетар, дог лазар хоуьйту йаздархочо. Очерк йазйина хан билгалйина йелахь (1992 шо), амма и дуккха шерийн тидамийн бух тIехь гулйина, вовшахтоьхна материал йу. Кацаевн кхоллараллехь Iусманан цIе дуьххьара "Автопортрет" дийцарехь карайо вайна. Шаьшшиъ Маркс, Энгельс санна хIора дийнахь дуьненан проблемаш нисйан гIерташ валлар (шайга хIумма хоьттуш цхьа вацахь). Цу хенахь (1989 шо) йуьртахь музей йилла гIерташ лелаш ву Iусман. Iедална шайгара йоцу инициатива, муьлхха дIадолор цаэшар, советски бюрократин лабиринт дика гайтина йу цу тIехь. Схьагарехь, цхьайолу миниатюраш цу хенахь дуьйна вовшах йиттина йу. Iусман санна хьекъал долуш нах дукха ца гина шена боху автора. "ХIуман хьесап чIогIа долуш ву и. Ширачу Грецехь вехаш велахьара, воккха философ лорур вара иза. Шен ладогIархой, философийн школа а хир йара цуьнан". Шатайпа амал жимчохь дуьйна кхиъна Iусманан. Лулара бераш ловзуш лелачу хенахь, хIара ручка, тетрадь оьций хьуьнха воьдура. Адамашца чул сов уьйр-марзо йара жимачу кIентан олхазаршца, акхарошца. Муьлхха поэт санна, воккха хилча, нах санна ваха хууш вац Iусман. Очеркана йукъайалийна миниатюраш ша башха жанр йу, беламе, кицанийн философи йолуш, кIорггера дустарш, гротескан кеп, афоризмийн ираллаш, самукъане забаршца ийна дахаран къаьхьа бакъдерш. Уьш дукхахйерш Iусманан леламех, аларех, цуьнан куц-сибатех йоьзна йу. Оцо гойту цаьршиннан ойланаш цхьаьнайогIуш хилар. Йуьхь-сибат хазачех дацахь, дош говза олуш, тидам ира болуш, нийсо йезаш, адамаша вовшийн сий дан лууш, харцонца къовсавелла, самукъне забарш йолуш, синхаамашкахь сиха, хьарамлонах ларлуш, дог цIена, оьзда, Дала деллачух тоам беш гайтина Iусман. Хьал-бахам бацахь, вайна очеркехь вовзийтина Iусман, вехаш ву. ГIаравалар ца нисделлехь, амма ша йуьхьар лаьцначу некъах ца вухуш, похIмаллин кедара дахаран мутт муьйлуш, схьавогIу иза. Цуьнан цIе шуьйра йевзаш йацахь, йовза хьакъ доцуш ца йисна боху Кацаевс. Iусманан безаман лирика йуьйцуш, далийна ду гIараваьллачу французийн йаздархочун Анатоль Франсан дешнаш: "Поэташна йукъахь уггар диканаш эгоисташ бу". ХIора поэтан кхолларалла - цуьнан кхоллам бу бохург ду и. ХIораммо шен синхIоттамца вогIург хоржу. Шена дика хета поэт массарна хIунда ца веза бахар нийса дац. И деккъа Iусманан стихех аьлла дац. Хетарехь, Кацаевс йалориг шен кхоллараллех ца кхетачарна, уьш харц хилар чIагIдеш, кхин цхьа аргумент йу. Цу тайпана йукъайалийна меттигаш цуьнан массо произведенехь бохург санна йу. ТIаьхьа богIу болчарна дика школа хир йу и. Баиевн поэзин кхачамбацарш довзуьйту йаздархочо: гуттар цхьана-шина проблемина гонах хьийзар, шен говзалла лакхайаккхар тIехь болх ца бар, книгаш кIезиг йешар, сурт хIотторехь, васт схьаделларехь оьшу гIирсаш караберзо ца хьажар, даима цхьана дешнех пайдаэцар и дI.кх. Очерк йерзорехь Iусман шена пайденна воцуш, йукъараллин гIуллакхана хIайт-аьлла, долийнарг чекхдаккхаза къарлур воцуш хилар го вайна. Iусманан къар ца валар бахьанехь боьгIна Оьздангаллин кхерчахь Даймехкан тIамехь эгначарна хIоллам. Иштта Куршлойн эвлара гIараваьллачу иллиалархочун Магомедов Султанан цIе тиллира цу кхерчана. Ша арадаьккхина гIуллакх хьаькамаша тергал ца дича, нахана бала ца кхаьчча, дуьне ма-дду вада ойла хьаьвза Iусманан.   - Австрале гIур ву со, - олуш Iедал ду цуьнан. Йоза дIатесна полицехь болх бан хьаьжна иза. Амма цигахь ша лоьху низам, бакъо, догцIеналла ца карийна цунна, нийсонна тIегIерташ нах кIезиг хаабелла. Баккъалла, Кацаевс ма-яздарра, башхачу амало, дахарехь тIехIуьттучу киртигаша вайн заманан Дон Кихотах тарво Iусман. Сервантесан турпалхо санна, Iусман реальни дуьненахь вехаш воцуш, шен ойланийн, фантазийн дуьненахь вехаш стаг ву. Ткъа "баккъален" дуьненахь хьаьвддий-девддий лелачу адамашна, шайн когаш кIел хьийзачу IусмангIарах новкъарло хуьлу, уьш хьоьшуш йа тIехула буьйлуш лела дезарна... Iусманан цIе нарицательни ю ала мегар ду. Очеркан проблематика Баиев Iусманан Iер-дахаран, кхолла-раллин масал тIехь вайн махкарчу искусствон, куль-туран векалшна тIе тидам берзо гIертар ду, церан дахаран хьелаш хийца йиш йолчеран. Дешар, куль-тура, медицина айинчул тIаьхьа бен, вайн экономи-ка кхуьур ца хилар гойту Кацаевс.


25
                МИНИАТЮРИЙН КIОРГЕНАШ
Вайн заманан литература кхиарца керла жанраш йаьржа нохчийн литературе. Иштта афоризмийн, реминисценцийн жанр йукъайплийра Канташа (Иб-рагимов Лемас). И башха жанр йу. Йоццачу цхьана-шина предложених лаьттачу произведенино, шен барамал бIозза доккха маьIна чулоцу йа дийна хьикматаллин (философин) трактат йазйалла мате-риал ло. Дуьненан литературехь оцу жанран къегги-на векалш бу Лабрюйер, Паскаль, Ларошфуко, Шамфор, Вовенарг, Монтень, Ницше, Шопенгауэр, Козьма Прутков, Ален иштта дI. кх... Канташах лаьцначу этюдехь Кацаевс ма-аллара: "Афоризмаш йеккъа литература ларар нийса дац. И жанр, схьага-рехь, литературех, хьикматаллех (философих) цхьа-терра йекхаш, цхьабосса ший лара мегар долуш йу. Лоьмин книга арайаьллачул тIаьхьа къеггина гучу-делира вайн дукхаха болчу йаздархойн, Iилманчийн къинхьегам эрна хилла хилар. Нохчийчохь хьикма-таллин (философин) декъехь ткъоалгIа бIешерийн 70 – гIа шарахь бина болх терзана цхьана агIор, Лоьмин книга вукху агIор йиллича, тIаьххьарчун йозалла сов йер йара. Хийла стаммий исбаьхьаллин книгаш йу нохчийн йаздархойн, Лоьмин книгин цхьана агIон тIехь йолччул исбаьхьалла, маьIна до-цуш. Керлачу заманан нохчийн хьикматалла (фило-софи), ца кхоьрруш ала мегар ду, йолало "Зерийн тидарш" тIера". Миниатюрийн жанр (наггахь шен хьикматаллин (философски) маьIница притче кхо-чучу) нохчийн литературина йукъайалийра Кацаев Сайд-Хьасана. Дуьххьара "Орга" альманахехь, "Васт", "Даймохк" газеташкахь зорбане йехира цо уьш. Аьхкаш аьлла цIе тиллар, хетарехь, лехамаш-кахь хилар дара. ХIора "аьхк" цхьа кийсиг бен йа-цахь, дахаран цхьа агIо йоьллуш, ойлане воккхуш, шена чохь ира тидам, идейни, хьикматаллин (фило-софски) чулацам, кIорггера маьIна долуш йара. Схьагарехь, аьхкаш бохург (кибирчигийн аьхкаш) миниатюрийн жанран нохчийн маттахь цIе лехар ду. Дийцар, повесть, роман кибирчигаш дерича, миниатюраш – аьхкаш лара догIу. Амма жанран билгало лехарал сов, и мур литературан кхоллараллехь лехамаш бара. Керла некъаш, керла сюжеташ, васташ, керла кеп...  Кацаевс шен шолгIачу книги тIехь вайна йовзийтина миниатюраш дахаран массо агIоне кхийдаш йу. Амма шайн тематикица айинчу проблемашка хьаьжча, пхи-йалх декъе йекъалуш йу. Уьш йу: йаздархойн дахарх, вайн къоман литература кхиа-рехь хуьлучу дуьхьалонех; нохчийн гIиллакх-оьздангаллина хиллачу, хуьлуш лаьттачу иэшамех; къоман ледарчу социально-политически хьолах, цуьнца доьзна адамийн хьераллех, гIалатех, зула-мех; цу йуккъехула хIуъу хилла латтахь, къоман синмогашаллин забарех, зударийн дахаран стату-сехь хиллачу хийцамех, цаьрца доьзна вайна йукъа-ра дегазлонех а. Зударийн темех хьакхалучу миниа-тюрех цхьаъ "КIохцалш" эриг йу, эрмалойн йаздар-хочун Гурунц Леонидан "Карабахийн мальва" про-изведенино шен кхоллайалийтина ойланаш йуьйцуш. Хьармакан (шиповник) зезаг доккхуш, цуьнан дIаьвшечу кIохцалша шен куьйгаш къовзош дагийча, цу зезаге (оьрсаша мальва олу цу зезагах) хаттар до Леонида: "ХIунда къастийна ахь, хIунда веза хьуна иштаниг? (Оццул ира кIохцалш долу ораматан генаш, боху маьIна ду цу хаттарехь.) Мар-халлуш лаьттачу зезаго жоп луш санна хета: "Цуьнан кIохцалш долу дела. Цара со лардо дела, сан сий дайа гIертачех…" Кацаевна оцу могIанаша дага бахкийтина нохчийн мехкарий. Россис Кавка-зан колонизаци йолийчхьана вайн къоман мехка-рийн, "кIохцалш" хилла, эзар шерашкахь лаьттина Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ кегдеш схьайогIу зама.  "ХIинца-м хьаъа тIе куьг хьо зезагна (мех-каршна бохучу маьIнехь кхето деза иза дешархочо), эвххьаза, куьг дагорна ца кхоьруш… Цо заз хоьцу... Мел къаьхьа сарказм, мел къегина аллегория йу оцу моганашкахь! Кху махках, вайн халкъах ша жоьпал-ла хетачу къонахчун багийначу кийрахь сецна тIех беза мохь бу оцу могIанашкахь. Мехкан зезагаш (мехкарий) лардеш хилла гIиллакх-оьздангалла" ширачух буха дисина дахаран буржалш, гIоьмаш йу", бохуш, лебеш, схьадахкаро вайна бина "пайда" таханлерчу денойн хьал ду. Кечбала хаарца, хьекъа-ле хетарца, куц долуш бу вай мехкарий, боху Каца-евс, амма оццул башха болу уьш, сих-сиха маренах бохар нисло. Цунна хIун бахьана ду те? Божарийн кхачамбацар ду те? Зуда йалайар, маре йахар деккъа "моз даар" дац.  Зудчун дукъ тIелаьцна, доьзалан, хIусаман нана йеза хIоранна. И дукъ тIе эца кийча бац вайн дукхах болу мехкарий. ("Кхачамбацар".) Вайн Iалашо йац хIора миниатюрина тафсир дан, цундела Кацаевс хьахийначу проблемийн хIора то-банера (блокера) шишша-кхокха произведенеш тIехь тидам сацор бу вай. ШолгIа тема миниатюрашкахь йаздархойх йу. Царна чохь хIокху шолгIачу книгин берриге чулацамехь санна, и проблема чIогIа сагатдеш йу авторан. Кацаевна къахета шен "йозан вежарех". Уьш,  наха шай мел пусар цадахь, хIетте Сизифан къахьоьгуш бу. ("ПохIма", "НеIалт", "Хьалха, хIинца.") Оцу лазаман ноти тIехь йу йерриге бохург санна, йаздархойн къинхьегамах, литература кхиаран халонех йуьзна миниатюраш. Амма ца хьахош йуьтийла дац "Эзар бахьана". "Йаздархо хила атта дац. Къаьсттина нохчийн йаздархочунна дуьхьал эзар бахьана ду иза йухаваккха, ша лелочух вохо, галваккха, ванах, эрна ду-кх ас мел лелориг, аьлла хетийта. Книгашна, йозанашна тIехь ойланаш лаьттинчу шерашна дохко ваккха. Йаздархо хила деккъа цхьа похIма, говзалла хилар кIезиг ду. Йаздархо хила стогалла, майралла оьшу. Уггаре мехал дерг – къонах (личность) хилар. Диснарг дерриге цунна гонаха ду". Хьан оьздангаллин мехаллаш гуш хир йу хьан произведенешкахь. Амма наха йухург тIейуха, церан санна даа-мала, кисанахь сом, чуваха чоь, ди-ка-вуо дерзо, нехан санна керт-ков, ахчанца таро-м хир йац. Йаздархочо церан гIайгIа ца йо. Уьш, цуьнга хаьттича, хан йайа оьшуш хIумнаш дац. Ам-ма, уьш ца лийрича, "шениг" бен кхин дуьне ца гуш, йа кIелвисча, хьажа стаг воцуш вуьсу, йа маларх воьлла хила веза. Масане ду и бахьанаш йаздархо вохо? "Со кхаьрдаш вац царах. Шайн кхачам-бацаршца, ледарлонашца суна дукха безаш, сан уьйр йолуш нах бу уьш. Церан дахар нис ца даларна йукъаралла бехке йо ас". Хала хир ду вай литерату-рехь йаздархочун кхолламах оццул бакъдерг каро: "Хьо Бадуев СаIид санна, похIма долуш велахь, на-хана ца веза хьо. Кхерамаш туьйсу, вуьйр ву, вокк-хур ву бохуш. Йа Iедало хIаллакво. Ошаев Халид йа Гадаев Мохьмад санна, доьналла долуш велахь - на-бахтехь вахкаво. Муталибов Зайнди санна, тIамехь чахчийна велахь, Iедалан бюрократин системо хьий-заво... Иштта схьа бу хIинццалц йаздархочун кхол-лам. Суна ца хаьа, вежарий бацахьара, айса хIун ле-лор дара. Тахана-м къона, могуш ву со. Амма Iедалх, нахах тешна кIел ма вуьсийла-кх цхьа!" ("Эзар бахь-ана".) Оьрсаша "исповедь" (шен дагара цIенна до-луш долу хьал схьадийцар) олу ишттачу кийра бассорах. Кацаевс лечкъадац, хаздац, шарамбац долчу хьолана. Къаьхьа, стимал къаьхьа бакъдерг. Вевзаш волчу йаздархочо Ибрагимов Лоьмас (Канташ) хIоттош долу: "Гений хила йиш йуй те нохчийн йаздархо?" бохучу хаттарна, иштта хьесап до Кацаевс: "Вайн къомана хуур дуй те, шех гений ваьлча?" Йаздархочун похIма дац дуьйцург. Халкъ-ан лахара, бодане кхетам бу. Нохчех вер вуй те ге-ниальни йаздархо? Кхиъна даьлла къам дуй те вай? - бохург ду и. ("Гений".) Вайна, шен хенахь Абузара ма-йаздарра: «вайна вншан тоьллачу къонахийн кешнаш мичхьа ду ца хаьа»... Яздархочун боккхачу тидамехь йу вайн оьздангаллин мехаллаш. Цунах лаьцна дуьйцучу миниатюрашна тIехула тидамца баьрг кхарстийча, цара гойту: вай де-дийне мел долу пайдабоцчу, кIадбоцчу довлуш, талхаран Iинах чукерчина доьлхуш хилар. Дуьхьалонах мел хьакхало гIиллакхех къаьсташ, цара хьулйина лаьттина цIарматлонаш, иэхье меженаш йерзана йовлуш. "ТIус" миниатюрин турпалхочо (корреспондент-коммунист) ца лов шена "Дела реза хуьлда" алар. Партехь вуй хууш волчу шена и аларна оьгIаз вахана, веанчуьнга мохь туху цо: "Собар дел цкъа. Суна кхин цкъа Дела реза хуьлда ма алалахь". Цу пекъарна (корреспондентана) ца хаьа, ша нохчийн маттахь олуш долу "баркалла", оьрсийн меттан "спасибо" йукъахь Делан цIе хилар. "Баркалла - Дала къинхетам бойла (Iаьрбийн маттахь). Спасибо - спаси бог (оьрсийн). "Шампански" достуш газаша ирхкхуссучу тIуьсах тера хета оцу тайпана нах Кацаевна. Йукъараллехь шаьш далаьцначу меттигна хьакъ бац уьш. Амма, дукха бай хиларна, газаша (билггалчу службаша) хьалабоху уьш... оьздангаллица шайна ца богIучу метте. Дахарехь кхин къонахаллица къаьстина меттиг йацахь, шайл лакхарчу хьаькамаллин дайшна муьтIахь нах бу уьш. Тешаме жIаьлеш ду церан. "Муш - беха, дош - доца" принципца йаздина-м Кацаевн дерриге дийцарш ду. Амма доца аьллачу дешан говзалла, хьикматаллин (философин) кIорге миниатюрашкахь къегина го вайна.
Тахана Диккенсан, Достоевскийн, Дюман санна похIма долуш йаздархо ваьлча, цунна хала хир дара шен дешархо каро. Iилман-технически революцино шен декхарш иэгадо йаздархошна тIе а. Таханлера дуьне - компьютеран, кеман, мобильникан дуьне ду. Дахар хахкаделла доьду. Адам даха сиха ду. ХVIII-ХIХ бIешерашкахь книга йешар - кIеззигчу хазахе-тарех цхьаъ ду дуккха нехан. Доьзалийн, доттагIийн гонехь, йа шайн ойланашца шаьш бисина, бешахь, хьомечу турпалхошца цхьаьна. ТIаьхье хир йу бо-хуш, дакъошкахь газеташкахь, журналашкахь рома-наш зорбане йуьйлуш. Вайн заманан адамийн - кни-га - дуккха хазахетарех цхьаъ бен дац. ХIунда йаз-дан деза тахана доцца? Цунах лаьцна Кацаевн ойла-наш хьалха карайора вайна: йаздархой миллионаш бу, дешархо цхьаъ бен вац. Цундела кхоо веза иза, кхоо йеза цуьнан хан... Ткъа хIунда йоьшу наха та-хана "кибирчигаш"? Уьш шайн заманан билгалонаш йу. Афоризмаш, притчаш, миниатюраш Библи тIера, Къуръан тIера схьайогIуш йу. Эзар шерашкахь шир ца луш, Делан дош ду иза. Дуьне доххалц пайда оьцуш лаьттар ду Сулима – пайхамаран (Дела реза хилда цунна) аларш, Мухьаммад пайхамаран (I. с. с.) хьадисаш а. Дика аьлла афоризм, далийна кица, йазйина притча, миниатюра – бIешерашкахь йаха тарло, йаккхий романаш йицйелча. Миниатюраш, шен, кхечеран кхоллараллех йолу ойланаш йаздар-хочо дукха хьолахь гIеметта хIоьттича йазйо. Дуьненна тIехь романист, драматург санна гIараваьлла вара Сомерсет Моэм "ЖамIаш деш" йазйечу хенахь. Акутагава Рюноскэн новеллаша цIе йина,– иза шен дахаран, кхоллараллин чудузаре кхаьчна волуш. Иштта Юрий Олешин "Цхьа де а могIа ца йазбеш", Юрий Бондаревн "МIаьргонаш" а (Кацаевн кхоллараллина герга йолу дела йоху вай и цIерш) жамIаш, йазйанза йисарна кхоьруш йолу произведенеш йара... Ткъа Кацаев волалушшехь воьлла хьесапаш дан. Хетарехь, наха санна дийцарш йаздечу меттана, жамIаш, хьесапаш дан волар - йаз-дархочунна йина дуьхьалонаш бахьанехь ду. Цо ша-тайпа атмосфера, колорит йеана цуьнан кхолларал-ле, кхиар сихдина. Кхолларалло гечо тоьхна. Нисса дIа ца дахало хи - гуо тосий доьду шен Iалашоне. Мопассан, Чехов, Бунин санна, исбаьхьаллин произ-веденеш йазйан Iемаш волчу цунах, Герцен санна, бакъдолчун илланча хилла. Нагахь Герцен йаханчу хенан историк хиллехь, Кацаев йоьдучу хенан теш вара. Исбаьхьаллин меттан публицистика, карара историх, философих, литературех (йаздархойх, це-ран кхоллараллех) йолу ойланаш дIахIуьтту. Цу тIехь доккха накъосталла до цунна А.Моруан, А.Николюкинан, А.Пузиковн, Я.Парандовскийн, Г.Злобинан, Б.Грибановн, Я.Засурскийн, А.Зверевн, кхечера белхаша. Бакъволчу цхьана йаздархочунна, цхьана йукъараллехь ца хилла атта, тешийра иза це-ран книгаша, теорин герз делира кхуьнан кара. Шен дахаран маьIна книгаш йазйарехь гора Кацаевна. "Сайна доккха хIума хеташ деpг, нахана хIумма доцуpг хета ца лаьа суна. Цундела йоьшуpа ас ис-баьхьаллин литеpатуpа, кpитически белхаш, литеpатуpоведени а. Нагахь санна, суна йеш йолу кpитика туp делахь, хааpийн "бpоня" йаpа суна тIехь хила йезаш". ("Автопортрет".) Иштта бен чекхвала-лур вацара цу заманахь бакъдерг дукха къегина дуьйцуш волу йаздархо. Тахана и идеологи йоьхна. Ахча хилчахьана шена луъург йазйан, арахеца йиш йу хьеннан. Кацаевна кхиаран мур уггаре халчу хе-нахь бара. Дахаран халонашка, идейни оппоненташ-ка къар ца велира къона йаздархо. Университет йаьккхина, циггахь нохчийн кафедран хьехархо, къона, могуш волуш, уггаре книгаш йазйо хан йара цуьнан. Амма цкъа йоьхна Iана йахара пачхьалкх (цхьана республикехь дацара и Нохчийчохь санна чIогIа хаалуш). Йуха Россих дIакъаьстина, пачхь-алкх кхуллуш ду вай, бохуш, Iилма, дешар, йоза дIатесна лийлира. Дерриге хьан дахар лаьтташ хил-ларг тIекIел даьккхина. Йуха тIом белира. И дIа бирзина, адамна чу са дан кхиале, йуха тIом белира... Оцу хиламаша дIадаьхьира йаздархочун дахарехь хуьлуш долу уггаре кхиаме, беркате шераш... Йаздархочо "бодане шераш" аьлла долу. Цундела оцу хIора миниатюрехь (нахана йуучун, молучун, ахчана бен цхьана хIуманан бала боцчу хенахь, сихаллехь йазйина йолу) йазданза дисина дийцар ду, роман йу. Йа, кхечу кепара аьлча, цуьнан кхоллараллин мозаика цхьаьнатоьхча - роман йу. Мила ву цу романан коьрта турпалхо? Нагахь санна цхьа стаг билгал ваккха дагIахь - иза ша автор ву. "Йаздархочул чIогIа шех лаьцна йаздан хьакъ долуш кхин мила ву? Шел дика кхин мила вевза йаздархочунна? Шех лаьцна дийца хIумма доцчо бен, йаздой те кхечарах лаьцна?" ("Автопортрет".) Шуьйрачу маьIнехь, Л.Толстойн дешнашца аьлча, произведенин коьрта турпалхо - бакъдерг ду.  Ам-ма... "Бакъдерг дийцарх гIуллакх ца хуьлу, пуьташ ца боьттича киснара ахча кхачадо". ("Философи".) Цундела цIена ву турпалхо, "тIехь, кисанахь". ("Ди-ка болх".) Оцу масалша гойту вайн дерриге гIиллакхаш ахчане доьрзуш хилар. Ара даьлла дукха лелла вайн къам советски заманахь: белхаш беш, армех, Сибрех. Цигахь девзина кхечу къаьмнийн гIиллакхех диканиг схьаоьцучу меттана, цIабоьрзуш уггаре дастамениг вайна чудеана. Цигахь Iеминарг цIахь мага деза моьттуш лела. ("Эскарехь, цIахь а".) Нохчаша ша веха хIусам, керт цIена латтайахь, амма цул арахьа хIуъу хилча шек ца бовлу. КетIе, некъ, эвлайист, подъезд, цIийнан маьIиг... Иза вайн заманан цамгар йу. Дицдан ца деза вай массеран цIа Нохчийчоь хилар. Чеховс ма-аллара, "хIораммо ша веха меттиг тойича, ма хаза хир дара вайн дуьне!"- боху Кацаевс. ("КIеззигчунна тIера долало доккханиг а".) "Принцип" миниатюрехь авторо гойту Нохчийчохь мел Iедалш хийцадаларх, куьйгаллин балха нах дIахIитторан принцип хийца цайалар. Коьртаниг хьекъал, тешам бац, гергарло, ахча ду. "Цкъа хьайн пусар цадинарш, ма герга оьзна хьаьсти-кх ахь, Даймохк. Даима хьайн сий лардинарш, мер бераш санна, ма херди-кх ахь..." ("Даймохк-нана".) "Вай йукъаралла цомгаш йу. Куьйгалле кхийдаш волчу, дарж дезаш мел волчу стаге, уггаре хьалха, лоьраш хьовсуьйтур бара ас". ("Адамийн психологи".) "ХIора ша-шен лорручул ларахьара наха, ма лаккхара мах хадор бара вай во-вшийн!" ("Стеган мах".) "Цхьаболчарна - Даймохк, вукхарна - гаймохк". ("Нохчийчоь".) "Веллачу сте-ган сий дан атта ду, дийначун пусар дан хала ду. Цундела лору классикаш, ца беза шен заманхой". ("Сий-пусар".) Уггар чIогIа Iеткъа Кацаевна адамаш вовшех ца кхеташ, вовшашна луьйш, кIел когаш туьйсуш, йамартлонаш йеш, вовшийн дууш, хIаллакдеш дахкар. Ткъа дахаран Iалашо вайна Дала шен сийлахьчу Къуръан чохь билгалйинарг: во-вшийн дезар, марзо эцар, къинхетам хилар, дашар, ларар йара. Вайна тIехь лаьтташ долчу зуламийн орам вай вовшех цадашар, мостагIашка Iеха дайти-на, халкъ декъаделла хилар ду: ламарой, теркахой, суьйлий, аьккхий, маьлхий, нохчмахкой... ("Дахаран Iалашо"). Декъаран политика йу дIайоьдуш. Цхьана куьйгахь шед, вукху куьйгахь пираьнга. "Iаьрбийн махкара вайнаха Нохчийчоь, ГIалгIайчоь ца олу. ДегIаста! И нийса ду. ХIара йерриг а ДегIаста йу. Цхьаъ бу вайн Даймохк. Вай дерриш цхьаъ ду". ("ЦIаре маре йахар".) Амма мел бартбоьхна, хала мур барах нохчийн къам забарх къаьстина, са декъа беламе хабарш йукъара дIадевлла зама ца хилла цкъа. ("Географи", "Памятник", "Чай, классика а", "Бахам", "Пьармат", "Американски ракеташ", "Къа-налла", кхиерш а.) Жимма мехкан, къоман бала бо-луш, тIейогIучу хенан, дахаран ойла йеш болчарна тидаме эца, Iама дуккха пайденна, хьекъале хIума карор ду Кацаевн миниатюрашкахь.


26
                БIАЬСТЕНЕ САТАСАР
Лерина таллам беш бIаьрг тоьхча, Кацаевн шолгIачу книгин агIонаш тIе, вайна гучудолу. Авторан вастех, иза вайн Нохчийчоьнан дахарехь дешар, культура, къаьсттина йаздархой кхиарехь (зорбане бахарехь, церан дахаран хьал тодарехь, цаьрга лерам совбаккхарехь) шена зеделларг, хетарг, хила дезарг далхош хилар. Къоман кхетам лакхабаккхаран, экономика когахIоттаран, вайн къам могуш а, мегаш дуьненчохь дIанисдаларан бала кхаьчна, шен ницкъ ма-кхоччу къахьоьгуш, халкъана, махкана пайденна волуш схьавогIуш стаг хилар. Амма зама - кегаренаш дукха йолуш, зуламаш даьржина, адамаш оьгIазлонах дуьзна, къинхетам, тIалам бедда, гергарлонаш хедда, дийнанаш беллачех хьоьгуш, Iаьнан чилланан гIуро Iалам хьаьшна охьатаIийна хилча - йуха денлур дуй те аьлла, хеташ йеана. Оцу йуккъехула Кацаевс тешам, дегайовхо кхуллу шен произведенешца, вай нисдаларе барте кхийдаш. Иза теша тIекхуьучу тIаьхьено шен произведенийн хьехамаш тIеоьцуш, хьалхарчара дина гIалаташ дIадохуш, вайна гина халонаш йуха тIехIуьттун йолу хьелаш ца нисдолуьйтуш, дахаран урх шайн беркатечу, машаречу, комаьршачу кара лоцург хиларх.


27
        ДАХАРАН  IА ДАХЛУР ДАЦ – НОХЧИЙЧОХЬ ЙЕР ЙУ БIАЬСТЕ
Кацаевн произведенеша, Iай кхеттачу малхо сан-на, дегайовхо луш, хьоьсту вай, чилла кестта бIаьстене йоьрзург хиларх дегайовхо кховдош. Малх - Iай малх бу, цо самукъа доккху, серло, йовхо ло, гIура йшайо, гучуйоху лаьттан Iаьржа хьоькхнаш, лайзезагаш гIовттош, бIаьстенан сурт кхуллу малхабасешкахь... И дерриге чулоцуш, ала догIу, Кацаев Сайд-Хьасанан хьалхара ши книга Нохчийчохь дахаран Iа чIагIделча кхетта малх бу вайн литературехь. Цу шерийн замане хьаьжжина, дуьхьал мархаш латтарна, йовхо хецца луш йацахь, дийно-дийно вайн дахарна герга хуьлуш, лелхор йу дахарера Iаьнан хьуьнаш (тIом, хьагI-гамо, цIарматлонаш, сонталла); кхетаман, машаран, доттагIаллин, безаман бIаьсте йолуьйтур йу. Кхера-ме йац йаздархочун произведенеш. Кхераме ду йаз-дархочо дуьйцург тергал ца дар, маьIна ца деш дIатесна дитар а. Кхераме ду къам бодане хилар. Кхераме ду шен ненан мотт бицбар. Кхераме ду нохчийн гIиллакхаш дицдар. Кхераме ду зударийн дола цадар. Кхераме ду кIиллой Iедале битар. Кхе-раме ду йаздархочунна некъ бехкар. Кхераме ду шен маттахь Iилма цахилар. Кхераме ду доьзал шайн лаамехь битар. Кхераме ду маларш мийлар, корта бахош, кхетам талхош долу мехий, наркотикаш ле-лор. Кхераме ду кегийрхой дуьненан синкъерамна тIаьхьабевлла лелар. Кхераме ду буо-берийн, гIийлачеран, мискачеран, цомгашчеран, къанбелла-черан терго ца йар. Кхераме ду эскарехь низам тал-хар. Кхераме ду къаьмнашна йукъа питанаш тийсар, къам декъар. Кхераме ду хьехархошкахь Iилма ца хилар, лоьрашкара къинхетам бар. Кхераме ду мол-ланаша Делан дош соьмах дохкар. Кхераме ду хьаькамашна шаьш Делан велий ду моттар. Кхераме ду дешначу стеган, къонахчун сий ца дар. Кхераме ду Iедалан гIуллакхехь болчара нийсо ца йар, нахера кхаьънаш эцар, нехан хьакъ дIа цадалар. Кхераме ду харцонан новкъахь волчунна тIаьхьахIоттар... ЦIеххьана бодашкахь леттачу прожекторо санна, и дерриге "серладаьккхина" Кацаев Сайд-Хьасанан кхолларалло. Буьйсана бен са ца гуш, дийнан серлонах кхоьруш, хьуьнхахь диттан га тIе хиъна бухIа санна, бодашкахь Iаш йолчу йукъараллина цундела хийтира и книгаш кхераме. Амма къар цавалар бахьанехь, цIийш, хьацарш дIахьоькхуш, Сизифан къахоьгуш воллучу йаздархочо шолгIа лакхе йоккху. Сайн Iалашоне кхаьчна лорур ву ас со, нагахь санна дешархочунна, ша муьлххачу авторан произведени йоьшуш, стенна тIехь тидам сацо беза, шегара мел кIорге кхевдина ойлайар оьшу, яздархочо муьлха Iалашоне кхойкху къасто аьтто беш сан йоза хиллехь. И дан сан ницкъ ца кхаьчнехь, ас лелийнарг шех пайда оьцун болчу дешархошка хьоьжуш Iуьллур ду. 
    
         

             ХЬАЬШНА БОДА (КХОАЛГIА ДАКЪА)

1  ДIадолор
Шо-шаре мел долу, заманан чолхечу къизачу хи-ламаша, къаьсттина вайн махкана, къомана тIехь шен  "бохь" боьгIначу шина тIамо вайн Iер-дахар, кхетам, вовшашца долу гергарлонаш, гIиллакхаш хуьйцуш, хецца дагара дийца, бакъдерг, харцдерг хьахош дош ала ца хIуьттуш, адамаш хийцина. Мас-со вовшех ца теша, мила муьлхачу тобанах ву ца хаьа. Цхьаболчарна Нохчийчуьра хьовра-зIовра мелла дахдала лаьа, вукхарна - мелла сиха хIара къизалла дIайаьлла, маьршачу дахаре дерза. Цхьа-берш шай ма-хуьллу кхераме эладитанаш даржош бу: кхозлагIа вайн махка тIом богIу бохуш, шайна цунах цхьа дика болх хир болуш санна. "Дала хьеха делахьара, хьонкан нIаьна хилахьара кхунах", бо-хурш бу. Ткъа герзаца - лаьмнаш, хьаннаш толлуш, са дадийна леларш, шайн йухадовла агIо йац, Iожалло лаццалц далуш долу зенаш деш, дIалелар тIелаьцна бу. Адам, хIинцца-хIинцца, пачхьалкхан балхахь волчунна алап, воцчунна пенси, пособи да-ла долийна, халла чу са дан гIерташ доллу. Диканах дог ца дуьллуш, Дала шайна тоьхна хан йоккхуш. Иштта, баккхийчу эшамаша гIаддайина, хIора доьзалехь байинчарний, заьIап хиллачарний, тIепаза байначарний дан гIо доцуш, бIаьрзе лелаш дай-наной, йижарий-вежарий, гергарнаш хьийзочу муьрехь, зорбане йолу Кацаев Сайд-Хьасанан кхолагIа книга - "Бодашкахь". Книган цIе "Бодаш-кахь" - буьйсанан бода хилла ца Iа. Бода - и тIамана психологически адам кечдеш  долу шераш, тIеман хан йу... «Нехан вовшийн тIебахар, йуьртара йуьрта вахар мелла лахделлера. Ца бевллачу денна бен ца бовлура йуьртах. ДIа ваьл-ваьллачохь хаш, эскарш дара. Серло йоцуш, цхьанне тайпана керланаш, хуьлуш лаьттарг ца хууш, бIарзделла дара адам. Те-левизоре хьевсича, "Вестишка" ладоьгIча, буьйсана чохь сирла хилча, нехан са малха даларна кхоьруш, дIайаьккхина йара серло. Йуха, цхьамогIа йарташа куьйгаш таIийна, оьрсашна муьтIахь ду, аьллачул тIаьхьа, схьайаийтира» ("Цхьана безаман истори"). Бода - и адамера адамалла дIайаьлла хан йу, адаме акхалла йоьссина, адамо адам дуьш... «ТIамо адаман йерриге бакъонаш хьошу. Адамо адамаш къиза хIаллакдо. ТIемалочун кийрахь йерриге акха, къиза, боьха ойланаш самсайаха Iедало (нагахь санна цу-нах Iедал ала йиш йелахь), тIемалошна шайн идео-логи коьрта чуйоьттина ца Iаш, селхана вежарий хилла даьхначу шина къомана, вовшех мостагIий тарбина ца Iаш, наркотикаш, маларш, эвхьазлонаш, харцонаш, къоланаш, талораш кху дуьненна тIехь сий мел доцург йукъахоьцу,  даржадо... Иштта йо-хайо, гIаланаш, йагайо йарташ...» ("Яздархо, тIом а").  Кхин цхьа цитата: «Сий дезар, са лехар, дозал-ла, Iехавалар, дуккха бахьанаш ду муьлххачу тIеман. Амма орам цхьаъ бу - халкъаш бодане хилар. Халкъ дешна ца хилча, бодане хилча Iехо, тило, цунах шайна луъург дан атта ду йамартчу политикашна, цунна тов-тов къамелаш деш, бердах кхуссу и» ("Яздархо, тIом а"). Книга оьрсийн маттахь хилар, барам боцуш, авторна, дешархочунна, вайн къомана мехала ду. Авторан цIе йовзар мелла шуьйра даьржар ду вайн махкахь, махкал арахьа. Нохчийн маттахь йоьшур йоцчара йоьшур йу и оьрсийн мат-тахь. Кхечу махка ца кхочуш йуьсур йац гулар. Ци-гахь иза йовза аьтто хуьлу кхечу къоман дешархойн векалшна. Царна девзар ду вайн къоман гIиллакхаш, вайн къомехь лаьттина бакъдолу хьал а, тIеман билггал бахьанаш, вайна тIехь лелийна харцонаш. Уггаре коьртаниг - вай террористаш доцуш, машаре адамаш хилар, вайна тIом оьшуш цахилар. ХIинццалц телевиденехь, газеташкахь, исбаьхьаллин литературехь йеккъа цхьа агIо йара лаьцнарг - оьрсийн. АтталгIа кху тIемех йохуш йолу кинош паччахьан заманахь йазйина йолу М. Лермонтовн, Л. Толстойн произведенеш таханлерчу дийне йерзош, вай акха адамаш санна гойтуш: вовшашца тар ца луш, тобанашка декъаделла, адам дер, дохкар, меже йаккхар хIума ца хеташ, къиза, йамарт, сийдоцуш гойтуш йара. Вай дуьненна кхераме ду, совца ца дахь, аьлла ойла кхоллайолуьйтуш. Герзаш духкуш, наркотикаш йаржош, нах лечкъош... Пачхьалкхан йерриге система йара вайн халкъана дуьхьал болх беш. Цу йуккъехь нохчийн аз цхьанне хезаш дацара, йа олуьйтуш дацара, йа ала баьхьаш бацара... Майрра ала мегар ду, С-Хь. Кацаевн "Бодашкахь" книга, цхьамогIа публицистически статьйаш арайовларца, пуьташца, йамартлонца нохчашна тIехь мел кхоьллинарг, мох баьлча хаьрца тхьамарийн гIала санна, хаьрцина дIадахара... Къаьсттина мехала дара и материалаш тIом дIабаьллачул тIаьхьа 50 шо даьлча йазйина йоцуш (тахана цхьаболчу йаз-дархойн позици!), тIеман шерашкахь арайевлла хи-лар. Цундела лаккхара мах хадийра С-Хь Кацаевс йаздиначун халкъан йаздархочо А. Айдамировс: «"Вайнах" журнала тIера "Йаздархо, тIом а" цIе йо-лу хьан статья йийшира ас. Доггах йазйина иза. Майрра, халкъах дог лозуш, хьекъале... Талант йо-луш Iилманчаш, поэташ, йаздархой, молланаш, кхин, кхин нах хуьлу. Амма церан талантан, церан стихийн, романийн, Iилманан белхийн ши кепек мах бац, нагахь санна уьш шен халкъана тIе бохам беъча, цунах дог лозуш, цуьнгахьа гIо доккхуш бакъдерг олуш, иза бохамех кIелхьарадаккха шен ницкъ кхочург деш бацахь. ХIокху тIаьххьарчу ше-раша зийна вайн интеллигенци. Сан даго лоьхурш Iаламат кIеззиг гучубевлла. Нохчийн цхьа декъаза амал йу даима вайн халкъана зуламе, бохаме йолуш: бакъдерг ала, йаздан ца лаар, ца дахьар... Сайд-Хьасан, ахь хьайн дош аьлла. ХIинца хьан бакъо йу, оцу вайн дукхахболчу накъостийн санна, безамах, Iаламах лаьцна, хIокху тIамах лаьцна дош ца олуш, кхидерг хIуъу йаздан». Халкъан йаздархочун А.Айдамировн кехато, философин Iилманийн док-тор волчу В. Акаевн статьяно доккха гIо-накъосталла дира Кацаевна, балхара ца вохавайта, суьде ца вигийта... Адамаш тIепаза дойуш хан йара и, "Даймохк" газетехь арайаьллачу цуьнан статьяна министерствон белхахочо иштта рецензи йелча: "Кацаевс оьрсийн инарлаш фашисташ бу боху, кара-тельш".  Амма Абузара Сайд-Хьасане "ахь хьайн дош аьлла. ХIинца хьан бакъо йу, тIамах лаьцна дош ца олуш, кхидерг хIуъу йаздан" аьллехь а, Кацаевн кхоллараллехь и тIамана дуьхьал хьалхара тохар бен дацара. "Яздархо, тIом а" арайаьллачул тIаьхьа зорбане йевлира "Машар", "Теш", "Цхьана безаман истори" дийцарш, "Маршонах лаьцна", "Иерусалим йаккхар", "И мерза ненахой", "Локка", "Дудаевх лаьцна", кхийолу статьяш. Царах дукхахйерш хIинца а дуьне ганза хир йара, Куршлойн районехь "Машар" цIе йолу (Кацаев ша редактор волуш) газет схьадиллина ца хиллехь. Нохчийн литературан исторехь хилла йац доьналлех, майраллех, бакъдолчух юйуьззина, шен дегIана, сина уггаре кхерамечу хенахь авторан позици оццул маьрша хиларца йазйина произве-денеш.


2
                IАДАТАШ ЛАРДАР
"Бодашкахь" книгин хьалхара дийцар ду "Цхьана безаман истори" (хьалхарчу зерехь – Рэй Брэдбери). УьссалгIачу классера дешархочун, хьехархочун без-амах лаьцна. Дийцаран сюжет чолхе хир йацара коьртачу безаман темица, нисса бохург санна, шолгIачу тIеман буьрсаллин хиламашца доьзна суьрташ дацахьара. Дийцарна чохь дийцар кхуллуш, америкин йаздархо-фантастан Рэй Брэдберин дий-царан турпалхойн (хьехархо йолчу Энн Тейлоран, дешархочун Боб Сполдинган) безамца дустуш да-лийна масал ца хилча. Дийцаран фабула чолхе ног йетташ йацахь, хьалхий-тIаьхьий хила безачу хила-мийн меттигаш хийцайеллехь, авторо шен лириче-ски йуьстах вийларийн ойланашца дийцаран хила-мийн тай ца ходуьйту. Амма хIокху дийцарна оьшу "тидаме" дешархо: ца хилахь дуьххьара дийцар дешча (цкъа дешна Iахь), дийцаран маьIнех кхета хала хир ду. Цкъа делахь, уьссалгIачу классан де-шархочун, хьехархочун безаман къаметтигах, церан синхаамаша цаьрга, эрна хан йайарна йа безамна пайденна дайтинчу гIуллакхех лаьцна далийна ма-салш дац. Йа церан безамо вовшийн дегнаш чохь гIаттийначу ойланех, алунах лаьцна диалогаш ца йалийна. Бакъду, Рэй Брэдберин "Огонек" журнала тIехь зорба тоьхначу дийцаран турпалхойн диалог шен дийцарехь лийча, тоам бина авторо. Ткъа Каца-евн дийцаран турпалхойн хилла хир ду-кх вовшаш-ца иштта къамел аьлла, ша тида дезаш ву дешархо. Турпалхочунна йезайелларг къона жеро йу, кхул 5-6 шо йоккха йолуш. Царна безамца цхьаьна кхета новкъарло йеш кхоъ дуьхьало йу: хьехархочунний, дешархочунний йукъара гIиллакх-оьздангалла ларйар; доккха-жима хиларца йолу хенан башхал-лаш; кIантстаг дешархо, маре девзина жеро цхьаьнакхетар нохчийн Iадато йемал дар. Вайн тур-палхочунна хьалхара йолу ши дуьхьало-м башха новкъа ца хета. ХIунда аьлча шариIат, дуьненан йукъара низам дуьхьал дац иштта кхоллабеллачу безамна. Амма нохчийн Iадат дуьхьал ду шел йокк-ха зуда йалорна. «Наха зуда жима, хаза хилча а, же-ро иза хилча, хIума олу йа доцург кхуллу. Тхой-шиннан йукъаметтиг цIена йара». "Оццул вовшийн дезаш долу тхойшиъ вовшийн довзаза хилча, нахаца хIун хир ду цуьнан?" - ойлайора ас. Со ца тешара нехан хабарех. Амма, со воккха мел хилу, оцу бахь-анехь йукъа херо йуьйлира тхойшинна. Со и йолчу ца воьдуш, суна и ца гуш масийтта шо долура. ХIара дуьне, адамаш суна жимчохь моьттинарш дацара. Уьш моттаргIанаш хиллера. Суна моьттура, тхойшинна цхьаьнакхета новкъарло йан дуьненчохь хIумма дац. Со цуьнца ирсе хир ву. Мохьмад-пайхамаран (I.с.с.), Карл Марксан зударий хилла царал баккхий. ХIун дара ас и йалийча? Пайхама-рал(1.с.с.) веза стаг дуьненчохь хилла вац. Марксал Iедало лоруш стаг вац. Иштта ойланаш йара сан. Амма воккха хилча кхийтира: дерриг ду-кх тхой-шинна цхьаьнакхета новкъарло йеш, дерриге. Нох-чий йа бусалба хилла шарIаца лелаш боцуш, йа кер-станаш санна оьрсийн законца боцуш нах бу. Цу шинне Iедалца мегаш дара ас и йалон. Нохчийн Iадатехь мегаш дацара». Дахарера, литературера кхин масалш дало йиш йу, шел йоккха зуда йалаярх лаьцна. Кацаевн дийцарехь ду уьш шиъ. Мухьаммад пайхамаран (Делан салам-маршалла хилийла цунна), Карл Марксан зударий хилла царал баккхий. И ши стаг вустарца далийна масал тоьаш дац?. Бусалба, светски Iедалехь мегаш хилар гайтаран Iалашонца ду. Амма нохчийн дахарехь, дукха хьолахь,кIентан цIеранаш дуьхьал хуьлу ишттачу захалона, нахана дийца хIума долу. М. Бек-султановн "Ма хьежахьа соьга" дийцаран турпалхо вуьйцу: "Нана йалийна кхо шена", - бохуш. ЦIерачара бохург тергал ца деш, наха олург бен ца хеташ, шен дегIана там лоьхуш стаг хила веза, шена луучунна тIехь чекхвала гIертарг. Советан Iедалан заманахь хилла бохуш дуьйцу. Нускалца маха бан чуваийтина молла эккхийнера цхьана стага. Ша Iедалан загсехь регистраци йина, хьан бозбуунчалла ца оьшу шена аьлла. ЙуьхьIаьржа хIоьттинчу дас бехк баьккхина: "И хIунда ди ахь, кIант! Наха дуьйцур ду-кх вай делла дIадовллалц!" - аьлла. КIанта жоп делла: "ДIавалахь, дада! Мел дукха дийцича, шарахь бен дуьйцур дуй иза? ХIинцца цул галдаьлларг кхечаьргара даьлла, вай багара охьадохкур ду хьуна!" Iадаташ, гIиллакхаш ваьшна са, пайда хуьлучу агIор бен ца лоруш дIатоьттуш дара вай, кху тIаьххьарчу заманахь къаьсттина. Кацаевн турпалхо С. Бадуевн, бакхийчу чкъурах кхиболчу йаздархойн турпалхой санна "ширачу Iадаташца" къийсам латтош вац. Уьш лоруш, лардеш ву. ТIаьхьалонан ойла йеш хиларо, цIерачаьрца болчу лерамо, наха олучух ларвала гIертаро шен безамца цхьаьна ца кхоьтуьйту дийцаран турпалхо. Цуьнан безам шеконе хIотто тарло. Шена баккъалла йезаш хиллехь, йуьгур йара, аьлла. Наха эр долчун ойла ца йеш, шена йезарг ирсе йан хьожур вара. Амма хир дарий и шиъ вайн йукъараллехь ирсе? "Йукъараллехь Iаш – йукъараллех маьрша хила йиш йац", боху Марксан алар шир ца делла тахана. И цхьаъ ду. ШолгIа: ойла йер вай, вовшахкхетта итт-пхийтта шо даьллачул тIаьхьа муха хир дара церан дахар. Иза (кхуьнан доьзалан нана) - къанйелла, хIара (хIинца дегIехь дикка ницкъ болуш) - жима зуда йезаш, йалон лууш. Цул боккха бохам буй цхьана зудчунна? ТIаккха церан дахарехь хиндерг хууш ду-кх вайна. Молланаш, дарбанаш, жайнеш, бIаьрхиш...  - Йелла йелира со хьоьга йогIучул! Амма шолгIа зуда йалон мегаш дара (йукъаралло хIунда доьхку Дала магош дерг?!), вайгахь дуьззина ийман делахьара, зударшкахь, стегаршкахь.. Дийцаран турпалхочо цу дерригенан иштта ойла йина хилла, ала ца гIерта вай. Амма цо и ца йина ала йиш йац. Кацаевн турпалхо бакълоь, марера боьхначу жеройх лаьцна дуьйцуш, нехан эладитнаш дукха хуьлу аьлча. Вовшийн деззашшехь шаьшшинна йукъахь гена даьлла хIумма ца хилча, нехан хабарех ша цатешар, хоуьйту цо. Ткъа хIун хабарш ду уьш? Хьехархочун кхечаьргахь ойла йу бохуш, йа кхечаьрца кхуьнца чул эвхьаза йу бо-хуш... Амма вайн турпалхо, мел ца тешахь нахах, цхьана муьрана хера – м волу шена йезачух, масех шарахь и йолчу ца воьдуш. Iедал доьхна, зама  хий-цайелла. Дуьнене, адмашка болу хьежам хийцало кIентан. Херонан шераш йукъадале моьттура шайн ирсана дуьхьалбала цхьа ницкъ хир бац. "Огонек" журнала тIера цхьа дийцар дешча чIагвелира и оцу ойланехь. ТIаьхьо хаьа кхунна, цу дийцаран автор Рэй Брэдбери хилар. Жима волуш коьртаниг авторан цIе йацара. Коьртаниг - турпалхойн дахар, къийсам, вовшашка болу безам... и дара.  Боб Сполдингана шен хьехархо Энн Тейлор йезайелла, шел итт шо йоккха йолуш (кхуьнан 14 шо хуьлу цу хенахь). Муьлхха бехказло хьовзийна, хьехархочуьнца цхьаьна виса бахьанаш хIиттош, цунна гонаха хьийза иза. Хьехархочунна везало де-шархо. «ЙоIа, ша собар-м дийр дара, элира, кIант воккха хиллалц, хьуна воккха ма хиллина йицлур йу-кх ша. Цо шен безамах, шена иза йицлур цахиларх тешийра иза. Ахь ша йицйахь, ша лийр йу хьуна, элира йоIа. Ша воккха хиллалц собар дича, ша йалор йара хьо, элира кIанта. Амма школа йаьккхина гIала вахча, цунна йицйелира иза... Дуккха шераш девлира иза цу йуьрта ваза. Йуха и дага йеана веъча, цуьнан кошан барз тIекхечира иза. ХIара дIавахана дукха хан йалале, хIеттахь, сингаттамо йийна хиллера иза. Цу хенахь ас башха тIе ца лецира и дийцар. Суна цхьа туьйра хийтира и. Безамна тIехула вер-ваккхар, валар Шекспиран произведенешкахь тара суна, кхечу йаздархочуьнгахь, кхечу заманца догIуш ца хетара. Атталла "Къоначу Вертеран баланаш" романан ав-торехь а». Оцу дийцарх туьйра тарделла, Кацаевн турпалхочунна башха дагах ца кхета цу тIера хила-маш. Безамо, эмгаралло адам лечу хьоле доккху бо-хучух хIара тешаш вацара. ХIинца йуха Кацаевн турпалхочун, цуьнан хьехархочун безамах лаьцна къамел дер вай. ЙоIан агIор берг баккъаллла безам бу. ХIунда аьлча, иза цкъа дахаро чахчийна йу, шен дог-ойла харцахьа кховдийна, безам дегIан кхача бу моттадаларна. Ткъа нускалан зама дIайаьлча, безам синкхача буйла хиъна цунна. Цундела жеро-хьехархо синкхачанан безамна кхиъна йаьлла. Цун-на хаьа дезаш долу ши адам вовшашна диканаш дан, там лаха, къамелаца, синлехамашца, дешар-кхетаман барамца цхьаьна догIуш, вовшашна тешаме хила дезий. Ткъа дешархо жима ву. Олуш ду: "Ткъа шаре валазчу къонахчунна массо зуда, зудабер, жеро, Маьлхан – Аьзнех тера, хазахета". Иза дегIана там лоьху хан йу. Синкхачанах кхетам кIезиг болуш. Амма дийцарехь вайна го, цхьа къайле йоцуш, кIантана хазахета шен хьехархо, цуьнца самукъа долу цуьнан, цо хаза хеташ цуьнца луьйш-олуш хан йойу. И дерриге цо леладо, шега хьехархочо шен безамах дерг хьалха, ц1енна схьахаийтича. Хьехархо-жерочо шегара далийтинарг гIалат ду, шен дагара хьалха хоуьйтуш. Оцу балхо Кацаевн турпалхочун дага, мелла теснехь, куралла тесна. Иза-м мичча хенахь йолуш йара аьлла хоьтуйташ, вайнаха ма-аллара, "кхаьллех даьIахк йоьллина жIаьла санна", паргIатвалар шерашкахь дахло цуьнан. Безамах бIаьрг буьзна хетачу зудчунна хил-ларг дика хьахийна А.С. Пушкина шен "Евгений Онегин" романехь:
Чем меньше женщину мы любим,
тем больше нравимся мы ей.
И тем верней ее мы губим
средь оболстительных сетей.
Шен 25 шо кхаьчначу хенахь, шен хилла "деган без-ам" хIинца марехь йоцуш, шел жимаха волчу вешин бераш кхиош Iаш йолу, иза дагахь  вац, иза йалийи-на, цуьнца цхьаьнакхета. Ткъа жеро-м, турпалхочо ша дечу мукIарлонца, шена тIетиттина дерриге за-халонаш йухатоьхна, кхуьнга хьоьжуш Iаш йу. Эх-хара, дагахь доцчу, кхераме ца хетачу цамгаро дIахьо иза. Жима стаг ца теша иза кхелхина аьлча. Гергара, дагна йуххера адам кхелхича, гуттаренна дIасакъастаран кхетам тIаьхьо бен ца богIу бисин-чаьрга. Шен да кхелхина бохучух ца тешаш дикка лелар хьахадо цо, иза, хIинций-хIинций садоIуш волчуьра йа набарна тевжинчуьра сама ваьлла, чук-хочу бохуш...
Нохчийн зударийн психологи шатайпа йу. Кхи-долу бусалба къаьмнийн зударий санна, цхьана сте-ган долахь масийтта зуда бертахь йаха Iемина йац нохчийн. Уьш бехарг хилча, наха ца буьту, йукъа мотт-эладитанаш лелош. Кхузткъе итт шарахь Сове-тан Iедало дакхехьначу политико зен дина вайн кхе-тамна. Нохчийн зудчун йа стеган бакъо йац керста къаьмнийн божарий, зударий санна дуьненан синкъерамашна тIаьхьабевлла, шайн догIмашна там лоьхуш лела. Сий лардеш баха беза. Цигара схьа йу вайнехан синошца кхоллайелла шалхо. Нахана ца хиъчахьана бохуш, къайлаха сакъерар йа зударий долабахар. ШариIатан тIедахкарш, муьлхха къоман Iадаташ дуьхь-дуьхьал лаьттачохь, Iадат дита деза, шарIо бохург кхочуш дан деза. "Цхьана безаман ис-тори" дийцаран турпалхо Советан заман стаг ву, шен сица нохчолла долуш. Иза къонах велахь, амма къона ву. Цундела кийча вац иза шен къоман, генар-чу заманан Iадаташца къовса. ЦIена виса лаарна, нахе ша ца вийцийта а, безамах хадар гIоле хета цунна.

3
            БЕЛЛАЧЕХ ХЬЕГАР
Дийцаран доьалгIа дакъа дерриге тIеман темина дIаделла ду. ТIеман халоно холча хIиттийначу ада-мийн дегнаш шагделла, къизалла йаьржина, "дийна берш  беллачех хьоьгур бу" бохург бакъхилла даьлла. Миска, цхьана хIуманна гуьнахь боцу нах чIана бохуш, хIаллакьхуьлуш бу. Шен Iожаллех, меттахь Iуьллуш веллачунна ца доьлхучу даьлла адам. Баккхийчара и дерриге эвлайааша хир ду баьхна аьлча, тешарш кIезиг бара. «ГIашсалтий, танкаш чулехкарх гIуллакх ца хилла, геннара снаря-даш, ракеташ чуйетта оьрсаша. ДIадолла дакъа ца дуьтуш, хIаллакбо маьрша нах. Шаьш схьай-аьккхинчу гIалахь, йуьртахь контрактникаша, сий дайинчул тIаьхьа, дийна доллуш дагадо зудабераш. Кеманех, артиллерино тIеетачух подвалаш чу левчкъина цомгашчарна, къеначарна чу гранаташ, лимонкаш кхуьйсу. ХIоьанийн гаьргаша аганчуьра бераш дойу. Шен Iожаллица делла адам, ирс долуш хета тахана». Дийцаран турпалхо шен йезар кхел-хинчу тезета воьду, цуьнан нене, ара йоккхуьйтий, кадам бо. Нана, мара оьккхий, йоьлху. Шен йоьIан дагара ца хууш хилла хир йац иза. БIаьрхиш-м сов-цаделира шега, амма дог доьлхура шен, боху кIанта. Нана шен йоIана тIаьххье, дукха ца хьелуш, дIакхелха. Амма цуьнан тезета ваха лара ца во иза, цунна тIаьхьо бен ца хаьа иза. ТIамо, цамгаро чохь витна хIара. Дехьа-сехьа вахар-вар тешаме доцуш, харцоно, йамартлоно адаман дахаран мах кеппеке ца кхачош зама йара, федеральни эскаро мел долчу герзийн ницкъаца нохчийн къам гора хIотто гIерташ къизалла гойтуш. Кацаевн турпалхорчунна дика хета, шена йезнарг хIара ирча зама ган цайисар. Дала, цуьнан экамаллех, догцIеналлех, оьздангаллех къа хеташ, дIайигна хилла хила там бу иза. И санна гергара, дагна йуххера йоI шена кхин нислур йоций хаьа цунна, шайн цхьаьна дахар а, вовшех ирс эцар ца нисделлехь а. Хьалха туьйра хетта долу Рэй Брэдберин дийцар хIинца бакъдерг хета цунна. Муха нислур дара ца хаьа оцу шина адаман дахар. Амма, кхелхинехь, йоьIан дог боккхачу безамна догуш, цуьнга са тесначохь сецна, везачух ойланехь ийна. «"ХIун хир дара иза йаха йиснехь? - ойлайо ас. - ХIара бехйелла, сийдоцчу  йаьлла зама гур йара-кх цунна". Цуьнан ойла йича, и йалар, сайна лан мел хала хиллехь а, хIара цунна ца гина хазахета суна. Иза дукха тIехдика, дукха тIех цIена адам дара. Цо ловр йацара хIара къизалла, хIара акхалла. Дала, и хууш,  дIайигна и...»  Кху дийцарехь Кацаевс бехказа вохуш, бехке во шен турпалхо, цо гоне ладегIарна, ирс лахаран парталлина, дукха цIена виса гIертарна. Оцу амалша ца вуьту Кацаевн турпалхо хьехархочуьнга баркаллин (къастаран) дош аьлла, шега шерашкахь бахбелла цуьнан безаман сатийсам хадо. Иза, ша дика до моьттуш, масех шарахь ша везаваларна цамгар кхеттачух, гучу ца волуш, ведда лела. Иза къизалла йу. Иштта лелачул, ши дош аьлла, безаман моттаргIанаш хадийнехь, адмаллица, дог Iовжош делахь, нийса хир дара. Б1аьрза и къастам ца хуьлуш, Дала хьалха дуьту и ши адам, вовшашна дашца вас йарх. «ХIинца, сайна йезнарг йеллачул, со цул воккха хиллачул тIаьхьа, суна тохара санна туьйра ца хета и. Суна иза цкъа йицлур йац. Со дахарехь цуьнца цхьаьна ца кхеттехь, иза сан йезар ца хиллехь, сайна мел йевза йоI цуьнца йустура ас гуттар. И санна йуххера, гергара, хIаъ, гергара, цхьа ца хетта суна. Йа хIинца ца хета...» Вайначул Далла дика хаьа хила дезарг. Дуьненахь вовшашка сатесна-чохь и шиъ къастар, эхартахь уьш цхьаьна тоха, Дала хIоттийна бахьана хиларх тешар тIехь дерзор вай "Цхьана безаман истори" дийцарх долу къамел.

4
            КХЕТАМАН  НИЦКЪ
Дала де къинхьегамна, буьйса синтемана, садаIа хIоттийна массо садолчу хIуманна. Де маьлхан, буьйса беттан серлоно, седарчийн къегаро хаздеш хьийза дуьне. Амма беттан, седарчийн серло ца хил-ча буьйса бодане, Iаьржа хуьлу. Буьйса тем бо хан йелахь, хене довла, ижо лаха арадовлу Iаламан цхьадолу синош. Бодашкахь тохало уьш шайн де-зарш кхочушдан. Адамашлахь бу буьйсанан бода-нехь шайн зуламе, боьха Iалашонаш кхочушйеш берш. Цундела "Бодашкахь" (гуларан цIе йеллачу) дийцарехь адамийн муьлхха къизалла йа Iотта-баккхам, йа дегаIийжам бийца воллу-те, аьлла, хета автор. Дийцар дешча аьхкенан эсалчу буьйсанан аьхналла йуссу дешархочун даг тIе, мерзачу къонал-лин ойланаша вуьгу шен жималлин гIенашка, шен берхIитта шарахьлерчу синхьегамашка. Дийцарехь хиламаш маьI - маьIIера лехьийначу кийсигех во-вшахтоьхна бац.
Дийцаран сюжет совнахлонаш йоцуш, традици-онни кепехь йу, амма йаздархочун мотт, йозанан хатI, турпалхойн амалш, Идрис Базоркинан романа тIера дустаршна йалош йолу цитаташ, Iаламан гIоьналлин суьрташ, дийцаран долор, дерзор, хила-маш кхиар, уьш лакхарчу тIегIане кхачор - йуьззина композицин барам ларбеш, иза мелла хаза, жимма, кхачаме йерзийначу кепехь ду. Исбаьхьаллин агIоне даьккхича, кхин цIена хила йиш йоцуш, оьзда, гIиллакхехь йу кIентан (студентан), йоьIан (фабри-кан белхалочун) буса нисйелла йукъаметтиг. Дийца-ран ши турпалхо I8-20 шераш кхаьчна кегийрахой бу. «Вовшашна кIентан, йоьIан синош тIекхийда, безам уггаре мерза хуьлу хан...» Студенто, шех ши-на йоIа теша тешна, схьатоьхна шайн кхолагIа на-къост, пIелг ца хьакхош, йа дагара хоуьйтуш дош ца олуш, шен цIа кхетайо. "Бодашкахь" дийцарехь сту-дента ша вуьззина оьзда вайнехан кIант, къонаха хилар гойту. Шеца, йукъал тIех йаьллачу буса, кхин орцах вала стаг воцуш, йисинчу йоIах къахета цун-на. Иза вац вочу, эвхьазчу агIор цунна тIекховда дагахь. Мелхо иза шех цатешар новкъа ду цунна. ЙоIан лаам болуш, цо ша тIехьовзийтар дагахь-м дара цунна, цо ша ма-аллара: "Сайн романтик волу, хьалхарчу миноташкахь суна и дага догIу, амма йоIан гIелонах, сайх тешна йисарх пайдаоьцур бо-луш вац со". Оцу ойланаша дага тосу цунна шен ши йиша хилар, уьш кху йоIан метта нисйала магар а. Цундела хотту цо йоIе: "Хьан ваша вуй?". Вац, аьлла, шена жоп делча, кхо олу: "Сан йу хьуна ши йиша". ЙоIца хиллачу диалого карлабоху студента-на Идрис Базоркинан "БIешерийн бодашкара" рома-нан хиламаш. Тоьлла кIант, йоI зуьш, ламанан хье-хачу буьйса йаккха дахийтар. Цара цIена йукъамет-тиг ларйой хьовсуш. Хьере, эвхьаза вала лааран ой-ланаш къахкорхьама, Зорина тIаьхьахIоьттина воьдучу Калойс шаьлтанца шен кераюкъ хадайой, чевнна тIе туьха тосу. Цу Iовжаваро кIентан кхетам меттахь латтабо. Цу шимма хьехахь буьйса йоккху, Зорина ша Калойга маре йахана гIан гуш. Самах и гIан цул тIаьхьа дуьхьал долу Зорина. Амма боьхачу нехан меттанаша эладитанаш-м дуьйцу: "Лаа дац хьуна иза цуьнга йахар. Цу буса хилларг къайла-даккхархьама йахана". Иштанаш оьшур бац дуьне мел лаьтта. Амма студенто, ур-атталла цIе ца хот-туш, "цуьнга эрна ойланаш ца йайта, некъ бацбан, цхьана кепара шалха тида йиш йоцу къамел дой", йоI шен цIа кхаьчча, цуьнан Iодикайо.  Кхин и ши адам вовшийн ган ца го, гинехь, довза ца девза, цу буса вовшийн тидамаш ца бахарна. Дела реза хи-лийла "Бодашкахь" дийцарехь долчу йоIана, кIантана, цара нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла ларйарна, вовшех лаьцна цIена, мерза, тешаме дагалецамаш битарна шайн, дешархойн дег-нашкахь. Дела реза хилийла Кацаев Сайд-Хьасанна, дахарехь, къоначарна йукъахь, иштта турпалхой ка-рийна волчу. Дала мукълахь, оцу дийцарехь санна, цIена ойланашца, оьздачу гIиллакхашца, инстинктан синлаамел, кхетаман ницкъ даима сов болуш, кегийрхой алсам бу вайн къомалахь. Уьш мел бу, вай оьздангалла йовр йац. "Бодашкахь" дийцарца йаздархочо гойту вайна бодане ойланаш, амалш, гIуллакхаш, Iаьржа белхаш вайн дахарехь тоьлург цахилар. Къоман, адамийн кхетамо эшар ду бодане зуламаш, гIиллакхдацарш, цIарматлонаш. ХIораммо шеца йа шен гергарчаьрца уьш лелийча, шена хетадолчун ойла йахь, вай хьекъал, ойланаш меттахь лаьттар йу. Дегнийн ойланаш цIеначу адамашна кхераме йоций хоуьйту йаздархочо шен дийцарехь. Дийцаран цIаналла - вайн заманан боданна дуьхьал лаьтта. Дийцар 2001 шарахь йаздина хилар тидаме эцча, Боданал Серло тоьлург хилар гойту авторо, тIамо шелдина адамийн дегнаш дохдеш...
   
               
5
              НАХАХ ДIАХАЬДАРНА  ДАЙНА ДАХАР
"Кафка". Схьагарехь, кхечу пачхьалкхийн йаз-дархойн дахар, кхоллараллин башхаллаш талларехь нохчийн маттахь хьалхара болх лара йогIу Кацаевн эссе. Франц Кафка, (I883-1924) хIетахьлерчу Авст-ро-Венгрийн монархина йукъайогIуш хиллачу Пра-гехь, жуьгтийн доьзалехь вина. Немцойн школа йаьккхинчул тIаьхьа, дас Пражски университетан йуридически факультете деша вохуьйту иза. КIантах шайна накъост, доьзалан да хиларе сатуьйсура дас-нанас. Балха тIехь бохамах страховани йечу конторехь къахьоьгучу Францана ца безара шен болх. Цуьнан йерриге ойланаш литературана дIайелла йара. (И ду Кафка Кацаевна гергара вийриг.) Амма ваха везаш хилча, сом даккха агIо лело йезара. Адамийн дахарехь хуьлучу бохамаша (лор Чеховна санна) шена сюжеташ йала тарлахь, Кафкина новкъа йара ша балха тIехь йойу хан. Книгаш йоьшуш, йазйеш Iачу меттана, иза дийно сарралц конторехь хиъна Iа везаш вара. "Фантазех дуьзна долу сайн чоьхьара дахар гайта лааро цхьа маьIна доцчу даьккхира дерриг диснарг", - йаздо Кафкас шен дневникашкахь. Дийна волуш кIезигчу нахана бен йевзаш ца хилла Кафкин произведенеш. АтталгIа гергарчарна дош ца хеташ. Хала йаздечу йаздархойх ву Кафка. ХIунда аьлча, атта йазлучу йаздархочунна школехь, университетехь даьхначу шерех дагалецамаш тоьар бу велла дIаваллалц йаздан. Йаз ца даларан бахьанаш Кафкин жимчохь дуьйна шатайпа хиллачу амалехь, ваха цавахьарехь го Кацаевна. И амал, ваха цавахьар, арахьара дахар ган ца лууш, къовлавелла Iер цамгаре доьрзу Кафкина. Йаз ца дича паргIатвалар доцуш. Лозучура корта ца соцуш. Ва-гочу ойланаша дIа ца хоьцуш. "Йаздан лаьа суна, хаддаза хье тIехь пха беттабаларан сингаттам лаьтта". "Дерриге дуьхьал ду-кх ша дIайаздарна".Дуккхаза ша зийначул тIаьхьа дневни-каш йазйан вулу Кафка. ХIунда аьлча ламаст хилла дIахоьттинчу кепехь дийцарш, романаш йазйан ца хаьа цунна. Дневникашкахь шена ала луург, дика гайталуш санна, хета цунна. "Ас кхин йуьтур йац дневник. Ас цу тIехь ларван веза со, хIунда аьлча цу тIехь бен и нис ца ло сан".
ХIора йаздархочун шен литературни да ву. Каф-кин ишттачу литературни дайх цхьаъ ву оьрсийн гIараваьлла йаздархо Ф. Достоевский. Кацаевс вайна гойту Ф. Достоевскийн кхолларалло Кафкина бина тIеIаткъам, цунна Достоевскийн турпалхошкахь шен декъаза дахар гар а. Л. Толстойс, Достоевский воккха йаздархо хилар шеконе ца дуьллуш, иза ша санна цомгаш бу цуьнан турпалхой, олуш хилла.  Вайна Н. Гогольн, Ф. Достоевскийн кхоллараллехь гуш болу пекъарш кхин сов дакъаза бевлла Кафкин произведенешкахь. Нагахь Достоевскийн кхоллараллехь и цомгашчу турпалхошна гуш гIенаш делахь, Кафкин произведенехь ("Превращение") и дахар ду. Досто-евскийн турпалхой къийса гIерташ бу системица, Кафкин турпалхоша дош ца олуш тIелоцу шайн кхоллам. Iедална, ахчана, ницкъ болчарна гергахь гIорасиз ду адам, хета Кафкина. Цундела дина цо Грегор Замзех сагалмат. Достоевский, цуьнан тур-палхой санна, самогаш вац Кафка. Цундела дукхах долчу хIуманаш тIехь, Кафка шен произведенеш-кахь цунах тарвала гIерта, амма цуьнан йаздаран ницкъ ца кхочу, исбаьхьаллин произведенехь Дос-тоевскийн санна, къеггина персонажаш кхолла. "Цхьа мийра тоьхна дуьненчуьра аракхоьссина, гIан лардеш диван тIехь Iуьллу со, и кхачалуш дац, на-гахь дагIахь, хьакха бен лур дац сох, кIадваларна лозуш йу сан хIуттургаш, сан гIийла дегI холчу хIиттадо синхаамийн тулгIенаша, царах ма-дарра кхета ца хIутту и, хьечохь цIий деттало". Пехийн цамгар дозанашкара арайаьлла шен синцамгар ло-руш хилла Кафкас.  Кафкин дахарехь, кхолларал-лехь гIенаша йоккха меттиг дIалоцу. Вайнахана йукъахь хилча-м цунах цхьа "къайленаш йевзаш стаг ван там бара. Оцу "къайленийн" гIенаш гойтучу набаре сатуьйсуш, Iуьллуш ву Кафка дийнахь, буса шен диван тIехь. Оцу гIенийн фантазино ло Кафкина йаздан сюжеташ. ГIенаш ца гуш йаханчу хенахь цуьнга хIумма йаз ца ло. Цундела боху Кацаевс: "Йаздархочун амалх, дахарх йоьзна йу цуьнан кхолларалла. Шен тийна канцеляри Iадйитина, цхьана заводехь йа кхечахьа, нуьцкъала болх бечу, ваха хьуьнар хиллехь, Кафка кхечу агIор вевзар вара вайна". Адмашна йукъахула лела ницкъ ца кхаьчна цуьнан, Iер-дахар хийцар шен кхоллараллина пайденна хир дуй хуъушехь, иза хийца ца хIоьттина иза. Шен ледарлонаш, кхачамбацарш дика девза Кафкина, амма царна бехке шен да-нана дарал сов, уьш дIадаха гIоьртина хIумма ца до. Ша дений, нанний муьтIахь кIант ца хиларна къера ву иза. Йа шен вахаран хьал тодан, йа литературехь кхиам баккха таро ца хуьлу цуьнан. "Цхьа боккъалла доцчу дахарца веха со", - боху Кафкас. Шен ден-ненан кочахь чекхвала "стогалла" ца тоарна хета Кафкина ша оццул ледара дахаран хьелашна дуьхьало ца йалуш. Дений-нанний хьалха ша декхарийлахь хеташ вац иза,  Товрато бохург довзахь. Кафка цомгаш стаг ву, дахарера материал схьаэца иза наха йукъаволуш вац, ткъа гIенаш цунна даима гуш дац йа лартIехь йеш наб йац. Йаздан лаьа цунна, амма йаз ца ло: "…физически йаз цадалар, кийрара схьа и эшар а". Эссе йазйина хан тидаме эцча кхета вай, Кацаевс Кафка шен турпалхо хIунда хаьржина. 2000 шо. ШолгIа тIом тIе беана, Нохчийчу йуха бода боьссина зама. Ишттачу хенахь уггаре хала ду кхоллараллин стагана. Хьекъал кIезиг долчарна, кхетам аьрта бол-чарна, бохка беллачарна атта ду. Кхоллараллин стаг цхьалха, декъаза ву ишттачу хьолехь. Хьанах тешар ву ца хууш. "Кху тIамах лаьцна аьлча, нийса агIо, нийса некъ каро атта дац. Генара хьоьжучу хенахь дика къаьста цхьадерг. Хьо йуьстаха волчу хенахь. Йа хуьлург хилла даьлча. Ткъа цу йукъахь хилча? Муха вуьсур ву нийсачу новкъахь, муьлхург бу и, нийса некъ, дехьа сехьа агIор "летарш" вербовать бина хилча, царна тIаьхьа хIиттинарш бIаьрзе хилча? Хьо велча а, хIумма хийца хьан ницкъ ца хилча…" ("Йаздархо, тIом а".) Хьо велча, хIумма хийца ницкъ ца хиларх кхета Дала хьекъал даларна, йаздархо цхьана ханна йуьстах вуьсу дахарехь хуьлучу хийцамашна. ГIайгIано, цхьалло дага-доуьйту ишттачу хьелашкахь баьхначу йаздархойн дахар. Цо ницкъ ло, заманан харцонашка, йамартло-нашка ца хьоьжуш, кхидIа ваха, къийсамехь толам баккха, сий лардан.
"Цхьа гIуллакх шен дуьхьа вала хьакъ долуш ца хилар го хьуна,ткъа ваха веза, хIуъу хуьлуш латтахь, сий лардеш, хIунда аьлча, и хьан цIийца ду, амма цхьана хIуманах цатешар, искусство йоцчух, и бен цаларар, литературана бен сужда цадар. Диснарг дерриге - пуьташ, Iовдалшна гур  бу". (Вежарий – Гонкур. Дневник.») Пессимизм  ала хала ду цунах. И йаздархочун позици йу. Дуьнено ха хорцучу хенахь лардала дезаш ду адам. Ша Iехавайта ца веза политикашка. Ларвала веза кхечу къоме (йа кхин хьежамаш болчу нахе) цабезамах а.  Оцу позицешкара йазйина йу Кацаевн шолгIачу тIеман заманахьлера произведенеш. Кафкин дневникаш йоьшуш цунна карладолу, ша дуьххьара зорбане вала хьаьжначу муьрехь (ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш), редакторша шега Кафкех, Маркесах йаздан Iама бахар. Цара хесточу йаздархочуьнга хьажархьама, хIеттахь Кафкин "НеI йеттар" дийшира цо. Оцу дийцаро гайтира Сайд-Хьасанна, шена масаллина дуьхьал ветташ волчу йаздархочун кхолларалла критикашна йевзаш цахилар. Наха хеставо дела, кхара хеставора, боху Кацаевс. "Хуур дара-кх иза нохчи велахьара, вайн редакторех доьзна цуьнан йозанаш делахьара".
Кафкин дневникашкахь го цуьнан декъаза кхол-лам, исбаьхьаллин лехамаш."АтталгIа фраза йазйан кхин ницкъ бац сан". "Нийсса кхаа дийнахь хIумма ца йаздина". "Цхьана ханна йукъара ваьлла, со йуха йаздан волавелча, хIора дош йесаллера ийзош санна ду сан. Схьадоккху цхьа дош - деккъа и цхьаъ бен дан дац сан, йуха дерриг йуьххьера доло дезаш хуьлу". «Цигара схьадаьлла дара Нохчийчохь моде даьлла: "Стихаш ца йазло буьйса" бохург, кхидерг. Йаз ца луш, бала хьоьгуш, цомгаш волчу йаздархо-чух шайна, нахана масал динера могуш болчара», - боху Кацаевс. Церан талант цахилар дацара иза, бо-ху Кацаевс, амма царна Москварчу Литинститутехь хьехнера - йаздаран метта ца йаздан.  Кафкин днев-никаш оьрсийн зорбанехь арайевлча, уьш йешна, Кафка шена мелла герга, йуххера карийра боху Ка-цаевс, шена иза тIехвиттинчу йаздархошначул. Ам-ма хIетте Кафка, ша а¬ – тайпа-тайпана ши стаг ву, боху Кацаевс. Цомгашчун, йазлуш воцчу стеган да-хар, кхолларалла масал хила ца деза могуш, йазлуш волчу стагана. ХIинца ша хала йаздахь, къона волуш ша дукха, атта йаздора. Цундела шена хьалха кхин масалш го цунна - Толстой, Диккенс, Бальзак. Кафка зуда ца йалош, доьзал ца болош чекхваьлла шен дахарх. Цо доьзал болийнехь, иза кхечу кепара йаздархо хир вара,  аьлла хета Кацаевна. Цхьалло, шеца чохь Iаш луьйш-олуш адам ца хиларо вина хета Кафка иштта, ша-шена чохь къовлавелла. Бакъду, Кафкина ша сица хьовха, дегIаца цамгар (туберкулез) йолуш вуй хиъча къаьсттина, иза дохко-м ваьлла, ша зуда йалоза, доьзал боцуш хиларна. "Ма вуо ду зуда йалийна ца хилар. Хьайна цхьанна йуург йохьуш цIа вар. Цкъа хьайн зудчуьнца ламех хьала ца валар, нехан берашка хьоьжуш, хьайга ала ца вахьар: сан дац-кха уьш". Цул тIаьхьа Кацаевс йаздо: "Зуда йалийна цахилар бахьанехь, Кафкин похIма дуьззинчу барамехь заза ца хоьцуш, къоначу, кIантстеган барамехь дисна". Товратан: "Зуда йоцу стаг адам дац", - боху дешнаш, Кафкин масал тIехь иштта туьду Кацаевс: "Зуда йоцу стаг вуьззина къонах вац. Зуда ца йалийча стеган хьекъал, физически хьал ца кхуьу. Дуьззина адам ца хуьлу цунах". Кафкин нахах тера ца хилар литературни кхоллараллехь, цуьнан йаздан инзаре боккха лаам, цуьнан къар цавалар, йукъаралло дуьхьало мел йи, ша бохучунна тIера цавалар - и дерриге шена герга хетта Кацаевна.
Массо: вевзарг, цавевзарг дуьхьала велира шена, боху Кацаевс, йуьхьанца шегахьа хилларш галбо-хуш, кхуьнан "оьзда йоцу" произведенеш зорбане ца йохуш.
Эссен и меттиг йоьшуш суна дагадаьхкира М. Лермонтовн "Вайн заманан турпалхо" повестехь во-лу Печорин сийсаз вечаьрга В. Белинскийс аьлла дешнаш: «Аша цунна неIалт-нажжаз цуьнан сак-хташ, анташ, кхачамбацарш бахьанехь кхайкхош дац - шуьца-шаьшца уьш цуьнгахьчул алсам ду, мелла цIармата, дастаме. Шуна гIерташ дерг, Iеткъаш дерг - цуьнан маьрша, къайле йоцуш хецна хилар, мел къаьхьа бакъдерг диллина дуьйцуш хилар ду. Шуна адамо мел доьхнарг лелийча, мел цIарматлонаш цуьнгара эгарх хIумма ца хета, аша дерриг могуьйту, гечдо - ойланехь, барта гучу ца доккхуш, гIиллакхийн духарца мел доьхнарг хьулдеш хилчахьана. Иза ду шуна ца товш дерг - цо бакъдерг ма-дарра дийцар, цхьаннех эхь ца хеташ, шайн-шайн цIераш йохуш, бIаьрга тIе бIаьрг боьгIна, цхьаннех ийза ца луш. Иза кхера хIума дац; цунна хаьа ша кхетамчохь вуй, ша-шена хетарг воцуш, ша верриг вуй кху хенан минотехь. Цуьнан са маьрша ду, ондда ницкъ болуш лаам бу, цуьнгахь шуна гуш долчу сакхташца йу стелахаьштигийн чехкалла, серло, гIора. Иза тIехтайна, похIмаллин байтех воьттина ву, хIара дуьне шена йемаллица дуьхьал даьллехь. Иза башхачу Iалашонна кхоьллина, цуьнан некъ шуьнчух къаьстина бу. Цуьнан шовкъ - асар - йочанаш йу синош дохк-боданах цIандеш йо-лу. Цуьнан тилваларан "боьхалла", вайна мел тама-шийна хетахь а, вайн къоман дегIа тIера "дера чевнаш а, кхераме цамгарш" йу». Кацаев нахах тера тийна-таьIна ца вогIу литературе. Иза тайфунах терра, цхьаьнгге хетта ца хоьттуш, кор, неI, тхов тергал ца деш, чуваьржа ворхI догIанан чIагIонехь лаьттина къайленийн тема нахала йоккхуш. Крити-кашна ца лаьара Кацаевн кхоллараллех кхета, цуьнан хьостанаш гонахарчу дахарехь лаха. Царна "эхь хетара" цуьнан кхоллараллин куьзганахь шайга хьовса, уьш кхоьрура бакъдолчух. Церан пачхьалкх гомачу куьзганех йоьттина йара. Цундела бакъдерг йаздийриг, йукъараллин цIарматлонаш, чевнаш, цамгарш гойтург ца везара цу "пачхьалкхехь". Хьох йаздархо хир вац алар, иза кхидIа ца кхиийтар гIолехь дара. Амма къона йаздархо къар ца велира: «Критикаша оццул сан дагчу дожо гIиртина "сох хир вац йаздархо, шена гуш дерг дIайаздарх хуьлуш вац йаздархо, иэрна къахьега ца оьшу", боху ойла тIе ца йитира сан даго». Оцу къарцаваларехь амалш цхьаьна йогIу Кацаевн, Кафкин. Шайна ца хуучух, моьттучух йаздо цхьаболчу йаздархоша. Йа хиламех ма-дарра ца йаздеш, хила ма-деззара. Оцу по-зицешна аьттехьа реза вац йаздархо Кацаев. Амма массара ша эвхьазчу темах тасавалар, зуда йалоза хиларна тIе тидарна, шен студентийн цикл йитина, эскаре воьду иза, могашалла бахьанехь ша мукъа ви-тина воллушехь. Экспрессионизмана тIетевжина, тIаьхьа экспрессионист санна кхиина художник Кафка «вахаран тIаьххьарчу шерашкахь кхетта, -  боху Кацаевс, - Дала шена делла дахар ша хIаллакдина хиларх. Шен да, нана, хьехархой бехке беш хилла волу иза, эххар а кхетта - бехке ша цхьаъ хиларх. Пайденна долу цхьана хIуманна со Iаьмма цахилар, цул сов, физически кIел висар, ткъа и цхьаьна доьзна ду, - цхьаьна Iалашонца хила тарло. Цхьана хIумано со йукъарвохийла ца лаьара суна, атталгIа могуш, пайденна волчу стеган дуьненан синкъераме хьашташна. Цамгаро, дакъазалло иш-ттачу барамехь йукъах ца вохуш санна"». Йаздархо-чунна оьшуш йолу могашалла, бахам, зорбано хьоь-стуш ир-кара хIоттор, гондхьарчара, гергарчара, де-шархоша хастош дог иэцар, собар дукха ца гина Кафкина. "Иза жимчохь дуьйна массарах къаьстина, цхьаьнцца уьйр йоцуш, шен ойланаш, гIенаш, кни-гаш йешар бен кхин гергарло ца дезаш, хьуьнар до-цуш стаг хилла. Цундела беза цунна йаздархой – Iумсталзахой: Флобер, Кьеркегор, Клейст, Достоев-ский". Шен инзаре доккха хиндолчуьнга сатуьйсуш, шен цIе дуьненна йовза лаарна, дуьненан синкъера-мах, самукъадаларх ша хаьдда Iерна чIогIа дохково-лу Кафка. Шен сатийсамех догдилларца олу цо шен весетехь: "Ша мел йаздинарг, цхьа кIеззиг доцург дагаде". Кафкин цIе дуьненчохь шуьйра йовзарна, цуьнан куьйгайозанаш лардина, массо бохург санна произведени, дневникаш зорбане йаьхначу Макс Бродан баркалла ала догIу. Кафкин дахар доккха масал ду йаздархошна, муха ваха ца веза гойтуш. «Гуттар адамех уьдуш, зударех лечкъаш, шен фан-тазешца вехаш, цамгар ирс лерина волу Кафка, шовзткъа шере ваьлча кхетта: шена чохь готтехь йохкуш, ша хьийзош хилла произведенеш ша ца йазйиний йа йазйийр йоций, уьш йазъян шен ницкъ боций а; хIинццалц ша дIатиттинарг, ша иддарг, ша кхийринарг ирс хиларх: "Йист йоцу, кIорга, довха, кIелхьара воккхуш ирс ду - шен беран агана йуххехь хиъна Iар, нанна хьалха". "Ма ирс ду адмашца цхьаьна хилар"». Адамех, адамийн мел чаьмзачу да-харх хаьдда, диканан, вонан, мерза, къаьхьа, харцо-нан, бакъонан чам бовзаза, холбатехь дерриге дахар токхуш, вахар нийса дац, боху жамI ду эссен. Цхьа-болчу йаздархойн цIераш исторехь церан романаш, дийцарш бахьанехь йисина. Кафкас дневникаш ца йазйинехьара, цуьнан чакхйовлаза йолу романаш кIеззигчу наха бен йоьшур йацара. Цхьадерг барам боцуш тIех хастадо критикаша. Дневникаш бахьа-нехь Кафкин цIе литературан дуьненахь шуьйра йаьржинехь, цуьнан некъаца (Дала шена делла дахар хIаллакдеш) гIаравала гIертар къобал ца до Кацаевс. Дала кхоьллина адам шен дахаран да хила деза. Ам-ма Iалашоне доьгIначу къилбанах ца вухуш Кафкин дIагIертар, къар цавалар, ша тIелаьцначу балхана тешаме хилар - уьш тоьлла амалш хета, хьамма ше-гахь кхио йогIуш. Хетарехь, Кафкех лаьцна йаздеш, Кацаевс хIоттийна Iалашо цуьнан кхолларалла тал-лар йац, йаздархочун амало, могашалло, цуьнан ва-харо кхоллараллина беш болу тIеIаткъам гайтар йу. И цо кхиамца кхочуш йина.





ДЕГАН ЧОВ ЙОЬРЗУР ЙАЦ
ВАЙ ЦХЬАЬНАКХЕТТАЛЦ…

Iаламат хала ду, ахь лоруш,  хьуна дезаш, гIо-накъосталла иэшча, хьо дагаволуш, цуьнгара хьуна орца а хуьлуш долчу адамах лаьцна дIайаханчу хе-нахь дийца. Амма вай дахар мичча хенахь хадо йиш йолуш,  Делан кхоьлаца лелачу Iожалло, мел лазаме, ца тору чов хилахь а, шен болх бо, вай вовшех а къастош. Иштта къастар кховдийра соьга хIокху (2011) шеран Кхолламан (январь) беттан вуьрхIитталгIачу дийнан суьйрено. Оцу сарахь Де-лан кхоьле дирзира сан сина, уггара, гергара ши адам: цхьаъ – массо доьзалхочунна а хьоме, дуненан меха хIоранна а хуьлуш йолу, суна дахар делла, цIийца цхьаьна дакъа долу, со вина сан нана; важа, шолгIаниг, вайн мехкан, халкъан а синан дарбане догиэцархо, лор-илланча, йаздархо, бусалба ваша, кхоллараллин некъахь къоначийн хьикмате хьехам-ча, Iуналхо а, дог-ойла цхьаьнайарца сан йуххера доттагI, тассамехь (искусствехь) похIмаллин агIонаш гучуйевлла, вайна дийнахь, буса а хезачу, дуьне мел ду даьржаш латтар долчу, иллийн автор волу Хатуев Iабдул-Хьамид.
Нехан ца баьллачул аьтто балийтина Дала сан: кхузткъе бархI шарахь марзо иэцийтина Цо соьга сайн ненера. АлхьамдулиллахI! Хастам бу Далла, иза суна оццул дуьненчоь латторна. Дезткъе ворхI шаре йаьлла, кхелхинчу ненан тезетахь (Дала геч-дойла цунна, дIадаха дезачу вайна а) кадам оьцуш Iаш волчу суна, берхIитталгIачу Кхолламан (ян-варь)беттан Iуьйрана Iабдулхьамид дIаваларан ший-ла кхаъ керта кхачийра, сан йуьртахочо, Пашаев Нурдис. Iабдулхьамидца дуккха а шерашкахь поэзин гергарло, доттагIалла а долуш волчу Нурдегахула хилла дара суна Iабдул-Хьамид дуьххьара вовзар а. Сайга ненах кадам бан керта веанчу Нурдин йуьхь тIехь боккха сингаттам хаабелира суна, цуьнан цIийбеллачу бIаьгаш чуьра аракхевдина, шовданах леша кечйелла гIайгIа а ги-ра суна...
Къаналлин шерашка йаллалц сайна нана лаьтти-нехь а, иза дIакхалхар боккха бохам бара суна. Цхьа бутт ах бутт кхул хьалха, сайл йалх шо жима ваша дIаваьлла, тезет лаьттинера тхоьгахь. Оцу бохаман чевна муо хьовза а кхиале, нана дIайаларан къахьо кхечи. Ткъа хIинца, бухарчу иэшамашна дог доьхна Iаш, вуьшта а бIаьргех хи ца далийта гIертачу суна, Iабдулхьамид дIавалар хиъча, сан бертаза, ша-шаха, бIаьрхиш охьахьаьлхира, дагчуьра схьадуьйлу хьо-ста а хилла. Нурдина, сайн тезетахь ца соьцуш, Мескар-Эвла ваха пурба делира ас, сайх а Iабдул-Хьамидан  гергарчаьрга кадам бан, докъан ламазехь сан доIа а йукъа лаца олуш. Сайн тезата богIу нах лагIбелча, йолхалгIачу дийнахь бен ца нисделира сан Iабдул-Хьамидах, цуьнан гергарчаьрга йуьхьан кадам бан кхачар (Делан кадам-м вай, адам делла аьлла, ма-хеззана ма бой). Кадам вешин кертахь ба-ра. Тезет дIадоьрзуш хиларан билгало – Iабдул-Хьамидан шича-маьхчалахь болчарах масех стаг бен кхин адмаш дацара бухахь. Бакъду, цуьнан ненава-ша, махкана а вевзаш волу поэт Юсупов Iазим вара кхузахь. ДоIа диначул тIаьхьа кадам бина, Iабдулхьамидах лаьцна сайна зеделла диканиг хьа-хийра аса, иза дIавалар даггара халахеттачийн декъ-ахь со а вуй хоуьйтуш. Цхьа а шеко йоцуш, ван а вара Iабдул-Хьамид нохчийн меттан исбаьхьаллин дешан лаккхара похIма долуш говзанча поэзехь, журналистикехь, суртдилларехь, киносценарий кхолларехь, литературан критикехь... Амма оцу де-ригенал а мехалла дара цуьнгара адамалла, нохчол-ла, шегара гIо-накъосталла оьшучунна орцах вала кийчча долу доьналла.
Суна Iабдул-Хьамид вовзар нисделира 1985 ша-рахь, оцу хенахь иза Шеларчу «Коммунизман бай-ракх» газетехь болх беш вара. Суна иза вовзийти-нарг вара, школехь доьшучу хенахь сан дешархо хилла, школера ваьлча, Iабдул-Хьамид бахьанехь, шегахь поэтан корматалла, похIма а гучудаьлла во-лу, сан йуьртахо Пашаев Нурди.
Кхоллараллин балхаца гергарло долуш велахь а, оцу хенахь башха зорбане вала сихвелла а вацара со. Сан жимах волчу вешица, Аьрсмикца (Дала гечдой-ла цунна, сан ненал хьалха дIакхелхинарг вара иза), хьашалла долуш волчу Нурдис, къайлах, суна ца хоуьйтуш, сан цхьа-ши стихотворени Iабдул-Хьамидна гайта йаьхьна хиллера. Бакъду, суна со тахана а ца хетта дIоггара поэт йа яздархо а, наггахь долу цхьадолу йозанаш вон ца нислахь а. ТIе, цу хе-нахьлерчу «Орга» альманахан, «Ленинан некъ» га-зетан а редакцешкахь болчара цхьа а дегайовхо а ца йитинера суна зорбане сайн йозанаш даха. Цундела сайн «йозанчийн» хьу йайархьама, сайна хаздел-ларг, Iаткъаме даьлларг, Iаламан исбаьхьалла а, да-харо бохьуш болу хазахетаран, халахетаран, инзарваккхаран а синхаамаш, синлехамаш а, Iа ца луш, кехат тIе-м бохура ас. Иштта кхоьллинчу сан йозанех йолу стихотворении йара Iабдул-Хьамида, ша куьйгалла деш йолчу ТОМ-ан (Творческое объединение молодых) «Горгали» цIе йолуш, «Коммунизман байракх» газети тIехь зорбане йолучу рубрикина йукъа йахийтинарг. Шайхиев Iалвадин, Уциев Абун, Гуно Хьамидан, Пашаев Нурдин, Баиев Iусманан, Ахмаров Рамзанан, Юсупов Iазиман, Магомадов Мовладин, Эпендиев Мохьмадан, Баймурадов Джаммирзин, Юсупов Сайд-Iалин а (царах цхьаберш тахана боцуш бу, Дала гечдойла царна, бирзина меттиг декъала а йойла) говзаршна йукъахь сайн стихотворени а гича, цкъа, иэхье, цецваларх ийна синхаам боьссира сан дагчу, хIара беламний, кхардамний тоьхна теша кху газета тIе аьлла, ойла хьаьвзира коьрте.  Амма Нурдис со тешийра и стихотворени Iабдул-Хьамида ТОМ-хь йийцаре а йиллина, иза массара а магийна хиларна зорбане йаьлла хиларх. ХIорш йара, Iабдул-Хьамид бахьана долуш, со дуьххьара поэзехь нахала ваьккхина байташ:

Денош иэшош, лоьIуш йовхо,
Лечкъаш, малхо болош некъ,
Кхиъна тевна дера чехош,
Хьийза арахь нана-лекъ.

Дахаран чкъург керчи хуьйцуш,
Хьуьнан духар, баржош палс:
Стигал мархийн йийсар хуьлу,
Хьийзош мохо шайтIан вальс.

Гуьйре гулло йулуш архаш,
Аьхке эккхо хьекхош церг:
Къовсам стигла боьдий, мархаш
Йоьлху, наггахь хьаббеш бIаьрг.

Анайистах ког-куьг гIортош,
Лоьхуш машар-маслаIат,
ВорхIий басахь духар лепаш,
Къежаш гIотту стелаIад.

Бела къежна хьоьжуш цаьрга,
Хенийн къовсам тергал беш,
Малх бу, хьаж тIе куьг а лаьцна,
Цу балхана боцуш шек.

Цул тIаьхьа тхо вовшийн йуххера девзира. Са-ламна кховдош долу куьг, олуш долу дош, шеца къамеле ваьллачуьнга ладогIар кIеда, лараме, лие-раме, къинхетаме, гIо-накъосталлийна кийча а дара цуьнан.  Леларан хатIца йацара цуьнца цуьрриг а ша лакхара хетаран кураллин кеп, амма дахарехь шен меттиг, мах а хуучу стеган хила дезаш долу, шех бIоболар-м дара къеггина хаалуш.
Iабдул-Хьамид доьзална дика да, гергарчарна дика ваша вара. Вевза-везачарна ша дика гIортор хилар-м цо гойтура муьлххачу шех тешийначу гIуллакх тIехь. Стаг дийна волчу хенахь иза хастош, цунна шен дикачу амалийн, гIиллакхийн агIонаш гучу а йаьхна, хазахетар деш Iедал дац вайн дук-хахьолахь. Цундела даьккхина хир ду-кх вайнаха кица: «Дайначу уьрсан мукъ дашо хуьлу», бохуш. Амма Iабдул-Хьамидана хаара шеца хьакхавеллачун дика агIонаш ган а, уьш пайденна йевр йолччу агIор нахала йаха а. Гонахьарчийн дог иэца цунна хаара, амма цуьнгарчу гIайгIа-баланах ца кхуьура гонах берш. Кху тIаьххьарчу тIемийн шераша, суна хета-рехь, цо ша-м хоуьйтур а дацара иза цхьаьнгга а далхош, цунна чIогIа дагах кхетта хир долуш дара шен пхеа беран ненаца йолу йукъаметтиг йохар, кхуьнан бехкенна а доцуш. Iабдул-Хьамид санна болчу, похIма долчу нахана тешаме синтем луш, беркате тIеIаткъам беш, кхоллараллин кхерчахь даима йовхо латтош, хила йеза чувоьрзу хIусам, оцу хIусамехь безам, марзо, барт, беркат, ирс а лардеш йолу доьзалан нана.
Амма балхара суьйрана цIа дирзича чохь, вай цIа дахкале бохуш, хIайт-аьлла хьийзаш хIусамнана йацахь, вайн дахаран ойланаш сингаттаме, кегалой, шийла а хуьлу, ткъа дахаран накъостехьара харцо, тешнабехк йа ямартло хаайелча, Iабдул-Хьамид санна, шен кхоллараллица гIараваьлла, похIма до-луш волчу йукъараллин стагана иштта хIума чIогIа дагах кхета. Бакъду, шегахь йолчу йохьана, доьнал-лина, цо хоуьйтур-м дац шегара хьал. Ас сайна хе-тарг бах, Iожалла а йоцуш-м цхьа а лийр вац, амма, цхьадолчу декъана, могаш дIалелаш волчу Iабдул-Хьамидан Iожалла сихйинарг и лакхахь хьахийна бахьана а дара аьлла хета. Оцу лазаман чевно са-цийна хила мегаш ду вайна массарна а везачу, нох-чийн къоман сийлахьчу къонахчун, кхиъна ваьллачу илланча – поэтан экаме дог...
Сайн ненаца цхьана дийнахь Далла дуьхьал ва-ханчу Iадбул-Хьамида сан дагна йина чов, ас Эхарта дIахьур йу, цигахь цхьаьнакхетталц ца йоьрзуш.
Дала йалсаманин ох1ланах войла иза, лаккхар-чударжехь. Дала Ша реза волу собар лойла цуьнан доьзална, йиша-вешийлахь болчарна, иза везарца, вовзарца дагахь волчарна, цуьнан иллешкахь безам, шовкъ лаьттачарна а.
Ткъа цуьнан кхоллараллех дерг вай дийца доьлча, иза мелла а дика зорбане йаьллачу цуьнан «Бусалба сан Нохчийчоь», «Я веду себя на рас-стрел» киншкаша, цуьнан стихийн байташ тIехь кхоьллина иллеша а дуьйцу. Iабдул-Хьамидан вай лакхахь цIе йаьккхинчу шина а киншкина рецензеш йазйинарг вайн махкахь дика вевзаш волу поэт, па-родист, публицист, критик а волу Уциев Абу ву. Цо боху Iабдул-Хьамидан поэзех лаьцна: «Шена дукха-везачу поэтан Мамакаев Iарбин мотт санна, беша, кхета атта белахь а, чулацаман кIоргалло, суртхIотторан басарийн говзалло гойту Хатуев Iабдул-Хьамида кхоьллина хIора байт чолхечу ле-хамийн, йист йоцчу къинхьегаман сийлаллин жамI хилар. Кху тIаьххьарчу ткъа шарахь хазчу даше, сирлачу синхаамашка, цхьаммо кхоллазчу васташка кхийдачу дегнашна къоман поэзехь хIоьттина йак-халла дIайойу шовда санна, хьогалла йостуш дека Iабдулхьамидан иллеш:

Хьан лаамийн
ТIемаш хийла
Мерцина,
Хьан ойланийн
ГIаланаш мел
Херцийна,
Амма угIу
Дарц дIасецча,
ГIайгIа тоь,
БIешерашкахь
Йехар йу хьо,
Нохчийчоь!

Хьан аренийн
Хелиг ду со,
Хьан аьрзунийн
Пелиг ду со,
Хьан син хIордан
ТIадам бу со,
Ахь декъал вахь,
Адам ду со!

«Вайх хIораннан а дагчухула ваьлла, вайн массе-ран а хьежамаш, лазамаш, сатийсамаш, ойланаш гулйина, уьш шен син цецах литтина, вайна хета-чуьнца дуьстина, вайх дагаваьлла йаздича санна де-ка и могIанаш». Абус шен рецензехь аьллачу деш-нашца дерзадо ас сайн къамел: «Дика хир дара цо (Iабдул-Хьамида) санна дикчу дешнийн а, буьйцучу меттан а, хазачу ойланийн а вайна ваьшна пусар дан хиъча. …Нохчийн меттан сий хила лууш велахь, шен хьекъалца, шен оьздангаллица, шен дешан гов-заллица Хатуев Iабдул-Хьамид санна, оцу меттан сийлалла ойуш хила веза».
Нохчийн къам, цуьнан мотт, культура дуьненчохь мел ду, халкъан иэсера йовр йац Нохчийн Республикан халкъан йаздархочун Хатуев Iабдул-Хьамидан цIе. Цуьнан говзарш жимачун, воккхачун, къаночун а тидам тIехь соцуш, атта йешалуш, хIораннан а ойланашций, синлехамашций йогIуш, дегахьаам, дарба луш а лаьттар йу даима.   


Рецензии