Нохчийн классика

               

 Вайна ма-хаъара, нохчийн къоман, кхин долчу йоза кхиазчу къаьмнийн а йозанан мотт, литература кхиош харжаш йар тIелаьцнарг коммунистийн Iедал бен ца хилла хьалха дIаихначу  заманашкахь. Сове-тан Iедало йозан мотт, литература кхиоран болх ше-на тIелаьцна хилла, шен генна хьалхахьа хьажийна йолчу Iалашонан дуьхьа – атеистически, коммуни-стически идеологи сихонца йозанца тIаьхьадисинчу къаьмнашна йукъахь йаржийтархьама, белхан гов-заллаш царна сиха Iамийтархьама. Оцу къаьмнашна йукъахь йоза Iемаш тIекхуьуш долу кхо-диъ чкъор хийцалушшехьа, коммунистически ойланашкахь шайн кхетамехь оьшуш долу чкъор гIоттур дуй ху-уш. Царна шайн дайн Iадаташ, ламасташ, гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш мелла херлур йуй, эххар Iедало уьш кхоччуш йицйалийта гIо дийр долу дера. Ткъа баккхийчийн чкъор делла кхачалур ду, ца къарлуш берш нислахь, Iедало кхерийна йа «нацио-налистийн» цIарах набахтешкахь хIаллакбина кха-чор бу. Оцу ойланца куьйгалла дIакхехьна советан Iедало. Изза Iалашо йолуш даьккхина вайн къам шен дай баьхначу махках. Дуккха зенаш хилла вайн къомана, амма Iедална хила лууш йолу манкурташ ца хилла вайх. Шаьш йазйинчу терхьамах (исторех лаьцна) белхашкахь И.М. Сигаурис, Нашхоев Мура-та, кхечу Iилманчаша йаздарехь, вайнехан терхьа-ман (историн) лар дIайолалуш йу Хьалхарчу Азин Шумерийн пачхьалкхера дуьйна (4400 шо халхарчу заманера). Нохчийн къам дукха генарчу пачхьалк-хийн йукъараллашна йуккъехула некъ беш, догIуш кхаьчна кху вайн махка. Ткъа дешначу наха, Нухь-пайхамаран боьра аьлла цIе тиллинчу Нохчий-чоьнна. Шумераш, хурриташ, хетташ, урарташ, ха-зараш, аланаш, монголаш, ГIирмера гIезалой, гIажарой бевзина вайн дIабахначу дайшна. Эххар, оьрсийн пачхьалкхо ши бIе шо сов хьалха, вайн дай баьхначу лаьтта тIехь, къевлина вай шен борзанан гура чохь мохк дола боккхуш йийсаре лецна. ХIетте цхьана пачхьалкхан ницкъе, гонахарчу тIеIеткъамийн гIора ца кхаьчна, вайга Дала кхуллуш дуьйна ваьшна белла, мотт, гIиллакх-оьздангалла дицдайта.
                2
Бехк ма билла, жимма терхьамехь (исторехь) вай кхерстарна (экскурси йарна), айса долийна къамел цхьана хоршара доккхуш. Большевикийн Iедалан шен Iалашонаш хиллехь, амма цара Нохчийчохь даржийначу дешаро, къоман литература кхио кхоьллинчу хьелаша гучубехира вайн махкахь халкъан йаздархой: Ахьмад Нажаев, Мохьмад Саль-мурзаев, Iабди Дудаев, Шамсуддин Айсханов, СаIид Бадуев, Мохьмад Мамакаев, Са1ид–Бей Арсанов, Марем Исаева, Селима Курумова и дI.кх. Цара кхоьллира нохчийн къоман исбаьхьаллин литературан бух фольклоран ларда тIехь. Цара самадаьккхира халкъан иэс, гIаттийра дешаре, Iилмане безам, къагийра дахаран серлоне боьду некъ, хьийхира «къоламций, жайнаций» дуьненан къайленашка, маршоне доьлхучу некъийн лар, шарйира кхетаман анайисташ. Амма уьш шаьш маьрша ца хилла. Iедалан бIаьрг, лерг а царна, динан Iилма хуучарна, эвлайаийн тIаьхьенашна, доьналлехь болчу нахана  тIедогIаделлачуьра дIатуьлуш ца хилла. Iедало боьзначу гIароллин гезгамашано мичча хенахь йукъахьарчорна кхерамехь хилла уьш. Мичча хенахь царна тIедожа кийчча, айинчохь лаьтташ хилла баттара даьккхина Iедалан чалтачийн тур. И дерриге царна (йаздархошна) хууш хилла. Амма шайн къомах дог лазарна, шайн корматаллех къомана мелла пайда кхетийта лууш, шайн са, могашалла, хьуьнарш ца кхоош, къахьегна цара, къаьсттина Бадуев СаIида, Мамакаев Мохьмада.
Карарчу хенахь вайн школашкахь оцу вайн ли-тературан бухбиллархойн произведенеш Iаморца йукъерачу, лакхарчу классашкахь чолхе хьал ду. Ба-дуев СаIидан, кхечу йаздархойн дукхах йолу произ-веденеш, бусалба динах дуьхьал оьзна кирхьа дина, дуьненан хьал, пайда лоьхуш, сутара, цIармата, къи-залле бевллачу молланех, къоман Iадаташ ца лар-деш, адамалла гайта дезаш долчу чолхечу хьелаш-кахь, зулам, къизалла толуьйтуш болчу нахах лаьцна йу. ТIаккха и произведенеш дин, Iадаташ йемал дечу кепехь йазйина го книгашйешархошна, цу произведенийн ма-дарра маьIна довза цахаарна. Шен заманахь коммунистийн идеологис тIедожийна декхар кхочуш деш йазйина и произведенеш авторша, шаьш шайна хетарг, лууш дерг ала маьрша цахиларна. Бадуевн, кхечеран произведенешна тIетийжаш вайн махкахь шортта Iилманан кандидаташ, докторш кхиъна атеизмехула, къоман оьздангалла хьешарехула шайн белхаш йазбеш.
                3
Оцу кхетамца дустуш, Бадуев атеист, нохчийн оьздангалла йемалйеш ву боху сурт хIоттош. Шко-лашкахь Бадуев СаIидан произведенийн мах хадош сайна зедаларна, кхоллайелла ойланаш йу аса ойуш йерш хьокху очеркехь. Аса хьехна школехь нохчийн мотт, литература  шовзткъа шарахь сов заманахь. 2002-2003 дешаран шарахь со нисвелира Соьлжа –гIаларчу цхьана школе нохчийн мотт, литература хьоьхуш болчу хьехархошна лерина дешаран депар-таменто вовшахтоьхначу семинаре. Цу семинаре кхайкхина валийна Зайнди Джамалханов, вайн мах-кахь вевзаш, везаш волу гIараваьлла хьехархо, Iилманча, йаздархо вара. Дешаран департаментан методисташ, хьехархойн говзалла лакхайаккхаран институтан векалш, со санна, гIаларчу школашкара хьехархой вовшахкхеттера цигахь. Семинарана школ дика кечйеллера: керта ма вели, нохчийн ду-хар дуьйхина долчу кIантий, йоIий, де дика а деш, маршалла хоттий, фойе чу бохура тIебаьхкинарш. Цу чохь ишттачу духарца кIантий, йоIий тIехула йолу бедарш дIаухкий, урокана кечйиначу классе дIабуьгура хьеший. Иза нохчийн меттан, литерату-ран кабинет йара. Цу чохь оьшуш мел долу хIума дара. Йаздархойн сарташ, исбаьхьачу байтийн цита-таш, тайп-тайпана схемаш, плакаташ, дешархойн йозанан белхаш, оьшуш йолу литература, техниче-ски цхьаболу гIирсаш гулбинера оцу йоккхачу чохь. ДIахьошйерг йу нохчийн литературан урок. Тема Бадуев СаIидан «Олдам» дийцаран маьIна, цо вайн дахарехь лелош болчу тIеIаткъаман мах хадор йу. Урокана оьшуш болу гайтаман гIирсаш кечбина: цIеста серех говза бина «дашо» гур, чохь эшарш лекха гIаттийна зIок йолуш олхазар, уьн тIехь мелца диллина, ши стаг къамеле ваьлла сурт, схьахетарехь, Олдам и волчу веана хьаша Исраил ву и шиъ. Урок дIахьош йу тоьллачу хьехархойх йолу дика говзан-ча. Урок йолалушшехь цхьана дешархочо шайн классан цIарах маршаллин дош олу тхьоьга, Зайнди Джамалханов вар кху уроке шайна боккха кхаъ, йуьхкIолла хилар билгалдеш. Цул тIаьхьа хьехархо-чо, дешархошка хеттарш деш, йаздархочун биогра-фих лаьцна дуьйцуьйту. Йуха дешархошка хьалхар-чу классашкахь (хIара урок 8-гIа классехь йара) Iамийна Бадуев СаIидан произведенеш дагало-цуьйту: «Iимран», «ГIу», «Зайнап», «Баудди», «ПетIамат». Дешархойн тидам тIеирбо хьехархочо Iадаташна, паччахьан Iедалан къизаллина, динахойн (молланийн) хьарамлонашна дуьхьала автор хилар оцу произведенешкахь къеггина. Цул тIаьхьа керла-чу темина тIехь болх бо. «Олдам» дийцар дешархо-ша цIахь йешна хиларна, аьтто хуьлу хьехархочун цу урокехь произведенин хиламийн, турпалхойн леламийн, амалийн мах хадош, йаздархочун Iалашонан маьIна дан. Эццехь хиллачу къамелехь хьехархочо дешархошна луш болу кхетам галл хий-тира суна.
                4
Хьехархочо хотту:   – ХIунда баьлла Олдамний, Сапетаний оццул къиза, боккха бохам?–
Дешархойн жоп:   – Нохчийн шира Iадат бахьана долуш.–
Йуха а хьехархочо: – Оьший вайн къомана, вай-на цу тайпана Iадаташ?–
Жоп:   – Ца оьшу.–
Хаттар:   – Дика болх бой цара (Iадаташа) вайна дахарехь?–
Жоп:  – Ца бо, мелххо а зенаш до.–
Со баккъалла тешна ву, оцу кепара дийцаран жамI дайтина, йаздархочун Iалашонах дешархой хьехархочо кхеторо, урокан мехалла хийцина ца Iаш, дуккха лаха йожийна хиларх.
Массанхьа санна, семинаран чаккхе столовехь йа кхачанах кхетачохь хилира кхузахь а. Стоьлана ала хIума дацара. Вайн нохчийн къоман комаьршалла йерриге охьаIанийнера хIусамдайша. ТIебаьхкинчарна бегIийла дацара бухарчарна цатам бер болу хIума алар. Семинарна, бакъалла, дацара ала вониг. Цундела массара хестийра хьехархоша бина кечам, дIайаьхьна урокаш, дешархойн хаарш. Билгалдира, семинаре баьхкинчарна Iама, масалла эца, шайца дIайахьан шортта пайдехь йолу мIаьргошнаш зейалар. Аса хастийра сайна тайна, сайн балха тIехь, оцу хьехархочун санна, сайн бан ницкъ ца кхочу белхан агIонаш: магнитофон тIейаьккхина олхазаран исбаьхьа декаран эшар, де-шархочун дуткъачу, аьхначу озаца дIайаздина олха-заран, ша сацийна гура чохь кхобуш волчу дега, дистхилар, кечбина «дашо» гур и дI.кх.
                5
ТIаьххьара, Джамалхановгара пурба дехна, айса и дийцар дешархошна Iамочу хенахь деш дерг дий-цира. – Аса дешархошна дIахоуьйту Бадуев СаIида шен произведенешна, цу йукъахь «Олдам» дийцар-на, вайна ваьшкара (дешархошна) маьIна дан маршо йелла хилар авторо (шен лаам вайна тIе ца теIош), тIе оцу дийцаран турпалхошна хиллачу бохамна Iадат бехке цахилар. Iадаташа вайна мелхо эвхьаз-лонех, цIарматлонех, ледарлонех лардалар тIедуьллу. Деций, ненаций, гергарчий йолчу йукъа-меттигашкахь осалалла, кIадбацаралла ца гойтуш, лела Iамадо. Бусалба дин нохчашна йукъа даржале дуьйна  нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла ларйина Iадаташа. Цхьа бакъ ду, Iадат ларде ца боху йа лар ца дина нохчаша, нагахь уьш адаман мога-шаллина кхерам бохьаш долчохь, адмана Iажаллин киртиг тIехIоьттина кхерам х1оьттинчохь. Ишттачу меттехь марзойн цIераш йаха йиш йу несарийн. Шен бер гIу чу йа цIерга ца дахийта, шен мардена хьалха хьовха, вархIа дена хьалха йиш йу ненан и бер кIелхьара даккха мохь –орца ала. КIентан йиш йу шен нускал «боьрдах» ца дохуьйтуш орцах вала, ша хьанна гуш хиларх. Экстримальни, хала киртиг тIехIоьттинчу меттехь, къомо Iадаташ тергал ца дайта, дитина гечонаш хиларх кхето беза дешархой. Цул совнаха билгала дан деза, Бадуев СаIидан про-изведенешкахь гойтуш дерш адамийн кхачамба-царш, турпалхойн ледарлонаш, амаллийн сакхташ дуй хаийта деза: тIалам бацар, сихалла, тешхалла, харц-йахь, гIорасизалла, доьналлехь  вохар, дика, вон сина бендоцуш т1еэцар  и дI.кх. «Олдам» дий-царехь хинболчу бохамна дуьххьара (шегара ледар-ло йолий ца хууш, ойла цайарна) кечам бинарг Се-пийат йу. Цо биллина, ша Iаш йолчу чухула сих-сиха ламазанна аравуьйлуш марда Элашби волуш-шехь, цIенкъа йуккъе цIийдина хи чохь боккха чуьйнан яй. Элашби эккха ма тарлора оцу йай чу! ШолгIа бехкениг ша Олдам ву. Цуьнан хIун гIуллакх дара, чувеана бер тедан гIерта, беран нене (шен зудчуьнга) бугIанаш дIаIалашйойтуш. ТIе ша дена дуьхьал Iоттавелча, меллаша букъ берзийна, шен кIант маьнги тIе виллина, да шена ца гучуха, дIа ца вахалора? Кхузахь Олдам воьхна, Iадийна, «иэхьо вагийна» эр ду-кх вай Iадатан коча дахархь-ама. Иза бакъ дац. Иштта эхь дуссуш волу стаг, шен бугIанаш дIайерзош, арахь соцур вара, дех лечкъаш, чохь бер тедан ца гIерташ. Бехкениг Iадат дац. Бехке Олдам ша ву, оццул сиха, бIаьрзе вухуш, доьналла дайна, кхералуш волу. Уьш цуьнан ледара амалш йу. Нагахь санна оцу Iадато вайна новкъарлонаш йеш хиллехь, вайн нохчийн доьзалашкахь кхуьур дацара берийн сур хIора чохь. Мила ву таханлерчу дийнахь шен бер карахь шен дена, дендена хьалха хьийзар волуш? Кху дийцарехь – м Элашби вац бехказа вала агIо йолуш шен ледарлонашна. Шен цхьаъ бен воцчу кIантана, ша йеха йехна зуда йалош хилча, цунна шенна, чу-ара волийла йолуш, цхьа оти мукъна кечйан йезаш ца хиллера цо. Массо нохчийн доьзалшкахь цкъа кечам бой йала ма йора зуда, цхьаъ бен вацчунна-м муххале. Оцу дийцарехь турпалхошна хилла бохам хIораммо и Iадаташ цалардаран тIаьхье йу. Аса дийцинчух цхьанне цатам, вас хила ца оьшу, аса айса бечу балха тIехь лелош дерг дийцарх. Нагахь санна со гIалат велахь, со нисван луур ду суна». Къамел деш хьедарна бехк ца биллар дехна, со охьахиира.
6
ТIаккха Джамалханов Зайндис элира: – Кху за-манца богIуш, нийса кхетам бу иштта дешархошна дийцича. ТIе йаздархо берашна хьалха къоман гIиллакхашна, бусалба дина дуьхьал цахилар бил-галдоккху цу къамело. Йан йу йаздархочо гойтуш йерш адамийн харцонаш, ледарлонаш, гIорасизаллаш, синберкъалла. Цунна тIе тидда олуш хир ду молланаша: –Ас дийриг ма де, аса бохург де.–  Ша дуьнено Iехийна йа цхьана сана, Делан дош дицдахь, дин Шен Долчо лардийр ду, иза дайлур дац йа харц хила йиш йац. Харц верг оцу дино бохург ца деш верг ву. Iадаташца дерг ду иштта. Адамийн дахарна, могашаллина новкъарло йеш долу Iадаташ, цхьаммо цаьрга тIом ца кхайкхабарх, къомо ша дIатесна карадойту. Амма оьздангалла лардеш долу Iадаташ, Шумерера схьа вай бинчу терхьаман (историн) некъахь, вешан маттаца цхьаьна, вай дIа ца тийсина. Уьш имам Шемале, паччахьан Iедале, коммунисташка, вай махках даьхна хьаьвсича, дIа ца тийсийтаделла. И ца хууш вайн классикаш ца хилла. Цундела цара, шайгарчу ледарлонашна Iадаташ бехке хеташ, шайн гIалатлонаш, сакхтен амалш бахьанехь, шайна тIебехна баланаш лайна нах гайтина шайн произведенешкахь. Цу нахах къахета декхар ду, ам-ма царах кхетамца, амалшца тарвала ца веза, тIедеана хIума Делера дуй хууш, доьналлехь виса хьажа веза. Вайна йукъахь зуламе Iадаташ ду, уьш къомо къобал дина тIелаьцна дац. Амма шех йа шен доьзалах уьш хьакхалучу меттехь, хIора цу Iадатийн йийсаре вужу йа дакъаза волу. Масала, схьаоьцур вай зуда йадор йа маре йаханчу йоIахь ца богIу мах баккхар. Уьш Iесачу заманан акха Iадаташ ду, зула-ме ду. Зуда йадийнарг вен вогIу. Ткъа йоIах ца богIу там баккхар – иза хьарам ду. Амма шен кIанта, йадийна зуда йадийча, иза вен веза ца олу цхьаммо. Шен йоI маре йахча, теттина там ца боккхуш верг кIезга нисло, т1е иза шен йоь1е хьаьжжина мах ха-дийнарг хета. Ткъа маслаIат даран Iадат оьший-те вайна? Оьшу!!! Вайн нохчийн дахарехь и Iадат да-цахьара, вай хIинца долчула ах хир дацара. Вайна мел чIогIа новкъарло йеш ду аьлла Iадат, вайн даха-ран цхьа агIо бу, дайша кхоччуш зийначул тIаьхьа бен холкъалахь чIагIдина доцуш. Вайн литературан классикийн лехамашший, хьежамашший шайн луьрачу замане хьаьжжина хилла. Амма дог тешна ала догIу, уьш вайн махкана, къомана хьаннал баьцна хилар, вайн къоман дахар ирсе хилийта, цара шайн синош кхоийна цахилар. Цундела вай церан сий деш хила деза, уьш бицбан ца беза, царна тIехь харц цIе кхоллайалийта ца йеза. Церан дахаре болу хьежамаш ца хиллехь вайн заманца нислуш, богIуш, вайна царах пайдаэца хаа деза, тIекхуьучу тIаьхьенашка гIалаташ ца дайта, уьш церан произ-веденийн маьIнех нийса кхетийта хьовса деза. Дика хир дара вайн республикехь дешаран куьйгалла шайгахь долчара школашна таханлерчу заманан идеологица (адамаллин) дуьненан йукъара гумани-зацин чулацам болу произведенеш зорбане йевлла автораш йукъа лоцуш, программа хIоттийча, кхоч-чуш цу балхана хрестоматеш, Iаматаш арахецча. Де-лан пурбанца дикане сатуьйсур ду-кх вай.
               


Рецензии