Гочдарш

                И. А. Крыловн баснеш
             .Борззий, Iахаррий.
Нуьцкъалчун эгIазниг хуьлу бехке гуттар:
Иза бакъдеш исторехь ду масалш шортта,
Цхьабакъду, истореш-м дац вай йийца хIуьттур,
Хьовсий вай ишттаниг баснехь муха луьтту.
Йовхоно, тов хьовзийна, доттучу дийнахь
Татол чуьра  хи молуш хилла цхьа Iахар;
Маржа йаI! Ткъа муха нислур оццу хенахь,
Цу метта мацалло дарйина Борз качар!?
Iахарх бIаьрг кхетта Борз, ижуга сатесна,
Бакъ бахьна хIоттинчух, цуьнан коча йоьду,
ТIечовхарца: – «Эхьдайнарг, хьо муха баьхьна,
ГIамарца саз уьйуш, даржош Iан сан малар,
Сирлачу хичу Iуьттуш хьайн боьха муцIар!?
Сел эвхьаза хьо кхузахь бахьарна лела,
Ас чIагIо йо хьуна, коьртах хьо дIакъасто!» –
– «Сийлахьчу Барзо со бистхила пурба лахь,
Иза  сецна лаьттачул цхьа бIе гIулч лаххьа,
Муьйлуш ду аса хи. И даржарна лакхахь,
Со ма бац бехкен, бехкаш соь дера даха?!» –
– «Со пуьташ буттург йи-кха ахь, тIаккха кхоччуш!
Вайх воцчунна ма хаза сел йамарт хабар!
Диц ца ло, вай лурчах кхузахь цхьаьнакхетча,
БIиж, сан къамел хадош, йуьхьIаьржа ахь хIоттор!
Уьш дицделла Iаш йац со хьуна садетташ» –
– «Бехк ма билла суна, сан-м цхьа шо ца кхаьчний!» –
Iахаро олу. – «Делахь ваша хилла-кх и! » –
– «Хилла вац сан ваша ». – – «Делахь шича, маьхча
Йа тайпа-тукхамах цхьаъ. ХIун бен ду суна?
Шу дерриш: жаIуй, жIаьлеш ду тебаш суна,
Суна аш церг хьекхор, окхур ду ас хьоьха!» –
– «Ват-та, дуьйцу ма хазарг, сан хIун бехк бу те?!» –
– «Сацийта! КIордий суна, ладегIа хьоьга,
Паспас! Кхин хан йац сан, хьан бехкаш къестош Iен!
Со меца хилар тоьа-кх, хьо бехкен лара»,–
Олуш, хьуьнан кIорггене такхабо Iахар!
            

 
         БОРЗ  ЖIАЬЛИЙН КЕРТАХЬ.
Борз женан гIотане буса кхача гIоьртий,
Галйаьлла нисйелла  пхьуй кхобучу керта.
Тем байначу жIаьлеша гIар кертахь гIаттий,
Даимлера шайн мостагI хаалой гергахь,
Шайн баннаш лестош, иэраш лата чугIерта.
Iуйн  маьхьарий бовлу: – «Же, кIентий, лаца къу!?» –
Сихонца гIап гIорашца дIакъовлу цара,
Кху кертахь хIоттош саьхьара жоьжахати.
Схьагулло Iуй хьекхашца, йуьйлина тоьпаш.
– «ЦIе йа!– мохь хеза; – Схьада цIеран хаьштигаш!» –
Малх хьаьжна дийнахь чух, керт серлайели:
Цхьана кIажа хебна Борз ша гучайели:
Букъ тIера кан гIаьттина, гажийна цергаш, 
БIаьргашца, ницкъ хилча-м – дуьне кхалла кийча.
Ткъа хIинца дац кхуьнгахь хьал жа йукъахьлера,
Ша кхеран диъна даьхни, хаьа такха дезий,–
 Мекарлонца кхевда иза маслаIате,
ДIадолош: – «ДоттагIий, стенна оьшу гIовгIа?
Вай-м хьалхенгахь дуьйна ма дара гергара,
ДIаса долу хьошалла латтадеш  довха. 
Со – м бартбан йеаний, дIайаха хьагI-гамош,
Дицдайта, цкъа маццах, йукъахь лелла девнаш, –
 ЧIагIо йо кхул тIаьхьа цхьаьна бертахь даха!
Т1е дуй буу, шун даьхни кхин цкъа ца даа,
Мелхо и лардеш, кхечарах леташ йала.
Ас  берзан дош ло шуна, тешамна, иэшахь!» –
«Хьешан» дош дIахадош, Iу вистхуьлу дера:
– «ЛадогIал, «доттагI», хьо сира йу, со – къоьжа,
Берзалойн шу амалш дика йевза суна,
Цундела дайн Iадат сан дегIах ду доьлла,
Берзалойх тешна, маслаIате ца хила,
ЦIока церан йацахь дегIах дIакъастийна!» –
Алларций, тIехоьцу пхьуйн арданг Барзана.      




         БОРЗЗИЙ, АТЙОККХИЙ.
Атйокхе элира: «Марша Iайла!», – Барзо.
–Эрна ду синтеме ас кхузахь сатийсар!
Вон ду кхузахь жIаьлешца адамаш, лулахой –
Цхьаъ вукхул дера,–  хьо  малик  хилла хьовзарх,
Йалийтац цара хьо тIех, йиш-маьIаш йоцуш!» –
– «Гена некъ буй, лулахо, ахь йуьхьарлаьцнарг?
Мичахь ду теша, хьан эсала къам дехаш,
Бертахь хьоьца тардала шена тIелаьцнарг?» –
– «Со-м ирс долчу Аркадин махка йай йоьдуш.
ЧIогIа лаьа, лулахо,  цига дIакхача!
Цу агIор-м, дийцарехь, тIом хIун йу дац хууш.
Iахарел эсала ду, бах, цигахь адмаш,
Хинан метта бухдуьйлу шурийн татолаш;
Доцца аьлча, цигахь дашо зама сецна:
Вовшашка йиша-вешийн ларамаш лаьттош,
Багара «гIалх» ца долуш, жIаьлеш ду тайна,
Цергашца кадеттар-м, дийца хIунда  дуьйцу!
Хьоменаг, сел аьхна, маьрша, махка кхаьчна
Хьо гIенах гар, ма дай, аьхналла луш дагна!
Гечде суна! Восаца ма леца дага,
Цхьа дахар хир ду тхан: барт–токхонан зовкхехь!
Кхузахь санна дезар дац сема бIаьрг бетта,
Де – буьйса – цхьатерра, набарна тем боцуш!» –
– «Некъ ирсе хуьлда хьан, сан хьоме лулахо!–
Атйокхо олу. – Хьайн цергашца амалаш
Кхузахь йуьту ахь йа хьайца цхьаьна дIахьо?» –
– «Кхузахь йуьтий, тов!? Ма хаза и лергашна!
Иштта сонта къамел кхин ма делахь соьга!» –
Атйокхо: «Ас ца аьлла, дац хьан олийла
Хьайн ширчу амалех ца къастахь хьо кхузахь,
Дезар ду хьан цигахь хьайн кетарх къаста!»–
Гилкхашна аьрта верг везвеш лоь шен гонна,
Мел чIогIа дIасахьежарх диканиг ца гуш,
Массаьрца ца мегаш ша дера хиларна.
 


          БОРЗ,  БЕРЗАН КIЕЗА
Барзалоша кIезий кегий долуш дуьйна
Дайн гIилкхашца 1амадо шай рицкъа лаха,
Цу 1алашонца барзо к1еза хьажийна;
Хьуьнан хоти толлина, тидамаш баха,
Аьтту балар лохуш, ирсан чоме хьовса:
Iуйн къинош хьарчийна, шай геш хьалха йаха!
Таллам бина кIеза кхоъца йухадогIу:
– «Же, ма Iелахь, тIаьхьахIотта хIинца суна!
Делкъенан рицкъа ду вайна кийчча лаьтташ;
Ткъа цу тIе вайна кхерам цхьа мискъал боцуш:
Ломан басехь хьийкъина уьстагIий дежа;
ДIа катоьхнарг хир бу-кх царах баа мегаш;
Чот йина ца валлал, доккха  жа ду иза» –
– «Сацал, - олу Барзо, - дийцал хьалха суна,
Iу  муха ву и жа дажош, лардеш лела?» –
– «Дийцарехь-м ву тIаламца, балхана говза,
ХIетте со лара дели цуьнан го талла,
ЖIаьлеш гира суна – уьш-м гIийло хийтира,
Цхьа ледар хIумнаш, схьагарехь, дукха партал» –
«Ахь дуьйцуш хезначо,– йистхуьлу къена Борз,-
Цу жана тIекховда дог ца лотуьйту сан;
Нагахь Iу церан, баккъалла, ледар вацахь,
Цо лелор дац шен жаца эсала жIаьлеш.
Цига гIортахь-м там бу вай йуьхьIаьржа хIитта!
Долол цкъа соьца, ас кхин жа гайтий,
ЦIокарчех ца довла, тешам болу вайна.
Ца оьшу жIаьлеш-м ду оцу жаца шортта,
ТIе жаIу  ма ву цера цхьа Iовдал корта;
Iовдалчу Iуйн жIаьлеш хуьлу хьуна сонта» –
         

     БОРЗЗИЙ, ЦХЬОГАЛЛИЙ.
Чухьаьдда, дог реза, хуьлу вай комаьрша,
Ваьшна ца оьшуш йерг дIайала, совгIат деш;
Цунах лаьцна ло вайна баснеша кхетам,–
Вас йоцуш бакъо лан, беш жимма хьулам.
Гай дуззалц котамийн жижиг диъна Цхьогал,
Барз беш, шех дисинарг къайленга доккхий,
Докъаран холи кIел набарна тевжича,
Го цунна, ша долчу Борз хьошалха йогIуш.
–«Ма бала бу соьгахь, мекарниг! – олу цо,–
Атталла, йоьжна, дIаьIахк йац нислуш йажа,
Мацалло гIелйина, йагIац кара хIумма;
Наб йоцуш бу жаIуй, тIе жIаьлеш ду дера,
Хорам беш, оллалучу гIуллакх сан даьлла!» –
– «Сел ледара хьал ду хьоьхь?» 
– «Ду».– «Вай, хьо пекъар!
Йол  кхоллур йарий ахь?! ХIара дийна хола,
Сан хьаша, эшахь, аса боккху  хьан дола» –
Буц иэшац хьешана – хьулам бина  дилха.
Ткъа мекарчо-м ца йосту тIаьхьлонан оьла.
Шен «хьешо» доггаха смй дина лулахо
ЦIехьа гIоьрта пхьуьйре йан йайна деайовхо.
            

 
                БОРЗЗИЙ, IУЙ А.
Iуйн кертана уллошхьа го тесна йоьдуш,
Керт хийра чохь го Барзана цхьа башха сурт:
Жа йукъара лаьцна тоьлла уьстагI бийна,
Шек боцуш жаIуй Iаш иза тилош, боруш,
Цу уллохь жан жIаьлеш ду дIатийна Iохкуш.
Ша-шега олу Барзо, дог доьхна, лаьтташ:
– «Ма дера маьхьарий хир дара шун хьоькхуш,
Со йелхьара цу меттехь аша дийриг деш!»   
    

          
 
          ЛОММИЙ, БОРЗЗИЙ.
Лом доллура шена Iахарх гIетакх дина.
Цу шуьна гонаха жIаьлин кIеза хьаьвза,
Лоьман мIарашна йукъара цуьргаш йохуш.
Акхаройн паччахьо дуьту иза ловза,
Бераллин сонталла иза йолун дера.
И сурт гуш, Берза коьрте хьаьвзира ойла:
Лом эсала ду, тешна, шен гIора дарна;
Ког кховдийра цо Iахарх потт шена йаккха,–
Оцу кховдарх белира Барзана бала,–
Шех хуьлуш Лоьмана шун тIедузу кхача…
Лоьмо Борз иэтIийра, олуш: «ХIай, сан  доттагI,
Хьайца со эсала хир ду хьуна моьтти-кх,
Могуьйтуш хьайна цу кIезанна гечдинарг!
И – м чантал хиларна лелаш дара сонта,
Хьо - х йацарий жима, цунах тера лела!» 
             

              БОРЗЗИЙ, ГIАРГIУЛИЙ
Хаьа хьанна берзалой сутара хуьлий,
Шаьш йежаш цара даьIахкаш къестош йоций,
Цу амало царах цхьаъ балане лаьцна:
ДаьIахко хорам бина, легашкахь сецна,–
Къурд балац, садаккхар хораме даьлла,
Йаларчу хьавза Борз, дуьне дита йоьлла!
Эццехь ГIаргIули нисло кхуьнан ирсана,
Когийн уьшаршца тIейоьху цо и шена,
Хьесталуш, гIо доьху цо озаца хьена.
ГIаргIулис, шен йеха зIок лагшеде кхачош,
Берзан бага йуллий, къамкъаргна чукхочий,–
Чуьра даьIахк дукха хала йаьккхира йсхьа,
Къахьегарна шена йал йезий хоуьйтуш.
–«Йал йезар лаа дуй? – дарделира экха.
Болх барна мах беза, тов? Баркалла доцург!
Йолан мах бу-кх: хьан йеха зIок, сонта кортий,
Ас сайн багара дийна хьоьга баккхийтар!
Йала гучуьра хIинца сихонца, хьаша,
Кхул тIаьхьа ларло - кха суна дуьхьалкхетарх!» –
         

             БОРЗЗИЙ, ДАХКАЛГГИЙ
Жа йукъара сирачу Барзо бадийна
УьстагI баьхьнера хьуьнан тийначу кIажа.
Хууш ду-кх цо иза хьошалха ца бигний.
И пекъар боруш экха дуьйлира дажа,
Каден кегъечу даьIахкийн дуьйлуш тата.
Гай дузош Барзо и чехка чухьарчийра.
Мел сутара хьовзарх, ца белира кхача,–
Пхьуьйренна биснарг буьтуш, и дIатевжира:
Зовкх кхаьчна дегIах болийта хьена кхача.
Цу рицкъех Дехкан КIорнина хьожа кхета,
Шена лулахь Барзо доккха той хIотторна;
Бецашна, тIулгашна тIехьа лечкъаш каде,
Жижган цуьрг йадо кхиало Дахк шен Iуьрга.
Къола дар хиъна Борз йулу орца даккха:
– «Къу лаца схьагулло! Талор дина доккха!
Ма валийта веанарг со чIана йаккха!
Нуй хьоккхуш йассий керт! Маржа йаI,
 хьо харцо!» –
Иштта сурт гира суна хьастагIа гIалахь:
Суьдхочун сахьт лачкъийна хиллера къуьно,
Къоланна иза вара нахе гIо доьхуш. 
         

      
            БОРЗЗИЙ, ЦИЦИГГИЙ
Борз хьун чуьра йедда, йуьрта иккхинера,
Хьошалха доцуш, шен мерза са дадийна,–
ЦIока дегIах дIакъаьста мур тIехIоттарна:
Таллархой, пхьуйн арданг тIаьхьайаьлла дера.
Борз кийча йара тIекхаьчна керта лачкъа,
Ткъа, гIоза хиларш, кевнаш дара къевлина.
Керта буьххьехь Цициг гой, гат\йелчу Барзо
Олу: – «Сан доттагI, Васиг! Десара дийца,
Къинхетаме мила ву теша кху йуьртахь,
Вешийла дина, со мостагIех дIалачкъо?
ДIохь пхьуйн летарш, маIийн гIовгIа хезий хьуна?
Со эккхийна богIуш бу и, мел болу бIо» –
– «Дехар де Степане, и ву тIех дог кIеда»,– олу Цицго.
– «И-м бакъ ду – цуьнан ас уьстагI биъна-кх» –
– «Делахь хIета, Демьяна гIо дой хьажахьа» –
– «И ма ву соьца геннара схьа гIоьртина:
   Цхьа нисйелла буьхьаг ма йаьхьна ас цуьнан» –
– «Трофим Iаш волчу дIо агIор дIагIо хIета».–
– «Трофим волчуй? Йуьхь йац цунна гучу йала:
Iахарна тIехула гамвелла и соьца!» –
– «Доьхна хьал! Там бара хьо дIалачкъо Клима?» –
– «ЭхI, Васиг, цуьна-м ас цхьа эса ма диъна!» –
– «Схьагарехь, хьаша! Чам ахь массарна бина,–
Элира Цициго, тIедоьрзуш Барзана,–
Кхузахь лачкъа догйовха хьо хьанах  йара?
Сан йаьртахой-м хьаха бац, сел коьртех бевлла,
Шайна зене йаьлла хьо шайн коча лаца.
Уьш-м бахкен бойла йац – бехке хьо цхьаъ лара:
Айхьа дIадуьйш къахьегнарг – чудерзош хIинца».
               
       БОРЗЗИЙ, УЬСТАГIИЙ.
Берзалоша гатдича уьстагIийн дахар,
Садетта ца тарлучу хьал дала доьлча,
Акхаройн Iедал бакъо толо тохало,–
УьстагIийн лардан  цо экханийн кхел гулйо.
Бакъду, кхоьлехь алсамо Берзалой нисло,
 Мел йолу Борз вочу цIарлахь цахиларна:
Зен доцуш хийла Борз жана гонах хьаьвза,
Къаьсттина токхонца дика йуьзна хилча.
Иза  ма ду бахьана, уьш кхоьле йита!
Мехала, сийлахь ду уьстагIий Iалашдар,
Ткъа берзалошкахь гIело йаллор дац нийса.
Кхоьлахой чуччагIерта беш нийса сацам:
Дустушший, дорушший хIоьттина хьал къуьйсу,–
Эххар дIакхайкхийра шаьш чIагIдина низам,
ТIедожош массарна и лардар беш лерам.
«Нагахь аьрхаллица Борзо жана зен дахь,
УьстагIашна весаш йеш, алсам ка деттахь,
УьстагIийн бакъо йу, Борз йоIазар лаьцна,
Кху кхоьлана хьалха йалийна дIахIотто,
Цуьнан дарж, чин ца лоруш озийта жоьпе».
ХIумма дац сацамна тIедетта йа иэшо.
Цхьабакъду, схьагинарг хIинццалц вайна даим–
Берзалошца вайн низам, мел шога хиларх,–
Бехке-м ца хилла уьш кхоьлахошна хьалха,–
Цундела кхоьхьу цара уьстагIий хьуьнах.
         
       

             ЧУЬРККИЙ, БОРЗЗИЙ
             (ЗАБАРЕН БАСНЯ)
Цхьа Чуьрк йаха сецна хила гIезалошца,
Йа и-м хила тарлуш ду гIажарой болчохь.
НеIарх чу Борз гIоьрта цунна цхьана хенахь,
Долош кадетта дера цу миска пекъарх.
Кхерамо Iадийна Чуьрк пеша тIе йолу.
– «Цу тIера йоссор йу»,– Барзо Чуьрке олу.
– «Йоссор йац. Йер йу тIаьхьара, к1адлуш»,– вукхо.
Борз йуха сихонца ирхкхоссало лакхо,
Пешан баьрчче хьала, Чуьрк д1акхалла кхуьуш,
Мискъал-зарратал шена хуьлуш зен доцуш.
Вай ала догIуш хета ишттачу меттехь:
Хан эшац нуьцкъалчунна эгIазниг эшо.


      ВИРРИЙ, ПХЬАГАЛЛИЙ
Вир тIома лелаш, хаьа , доций  олхазар,
Цхьабакъду, хийра дац цунна дозалла дар.
Акхарошна кхерам беш ду буьрса Iиэхар,
ТIема йала шех ницкъ буй, хаийта гIертар.
Моьтту ша мархаш тIе цIирцIир-хьоза санна,
Йа паччахь Аьрзух тера кхочур йу эххар.
Амма цкъа Пхьагало йо Вире шен кхоссар:
– «Же, ма Iе, гайта тхуна хьо йолуш тIема!» –
– «ХIан, хьо йу и, хIай гIаккхар, хIай тешха хIума!–
Виро гIигI до: – «Со Аьрзух лелар йу тIема,
Амма йац лууш!» – «Хьайн десара лаийтахь!» –
 Дехарца хьекъале дош олу Пхьагало.
Вир хьере йолу меттах, йодуш кхиссало,
Амма, шен боларций, цхьана ор чу нисло!
Ма ийза тIе оба, дешна Iелам вацахь!

           Йозане дирзинарг гуттаренна дуьсу.
Дуьненан хIордан йукъахь Iуьллучу Австралин цхьана жимачу гIалин къанойн цIийнехь цхьа вокк-ха стаг Iожалле вирзина дIаваьллера. Оцу цIийнан белхахой тешна дара, иза шел тIаьхьа цхьа лар ца йуьсуш дIакхелхина  хиларан жам1. Бакъду, цул тIаьхьа цу стеган йисина беркъа салпал схьакъесто  боьллачу мед-йижаршна царна юйукъахь, лахахь йалийна, поэма карийна.Оцу стихийн маьIнийн кIоргаллой, чулацаман мехаллой боккха тIеIаткъам бина цигарчу белхалошна. Цара цу поэмин копеш шайна  йукъахь дIасайекъна, хIоранна кхочуьйтуш. Цхьана мед-йишас и копи  Австралин коьртачу гIала Мельбурне йаьхьна. Цул тIаьхьа и воккхачу стеган весет зорбане даьккхина цу махкахь Iийса-Пайхамар (Делера  маршалла хуьлда цунна) вина денош даздарна, психолагашна лерина арадовлучу массо журналашна тIехь. Иштта къен, миска, цхьан-не  дагахь йоцчу Австралин гIалахь, дIакхелхина волчу воккхачу стага тIепингах  кхехкош йу интернет шен мехалчу син хьехамца. ХIара стихотворени дагалаца хьовсалаш шайна къена стаг йа зуда дуьхьал догIуш нисделча. Хаалаш, шу а хила там бу шуна уьш санна, нагахь дуьненахь даха дахлахь. Кху дуьнен чохь  мел долу хаза хIума, мехала долу хIума бIаьргашна ган, куьг Iоьттина  довза а тарлуш дац шуна. Амма царах кхиа таро йу сица. Сайна хаздаларна вайн матте йаьккхина ас хIара поэма «Бабушкины рецепты» цIе йолчу 2015шеран №38, 20 агIо журнал тIера. ГIоза йоьшийла.               
            Хуьнаш йолу воккха стаг
Iуьйренашца чуйогIуш самаваккха со,                Мича востехь го хьуна со, лор-дарбанхо?!                Хуьнашка дIавирзина, амалшца дера,                Сел сутара кху «вахарх» тасвелла къано,
БIаьрса ах дIадаьлла, гIеххьа Iовдалх тера…                Вахарх дерг-м догIу къовларшна йукъа къовла!                Лергашна къора ву, мохь хьоькху и кхетош,                Эрна ду-кх цунна денна хIаллак бар кхача,
Тарлуш вац, девне ву, хеттаршца дог этIош.                – ХIай гужам, дIатехьа, тхан собар ца кхачош!–                Хьалхара бошхап дужу, дамар дарц хуьлуш,                Хийцало мачаш, ца карайо пазаташ.
Дог ма хуьлу тIаккха, нанна неIалт олуш:                «Бассабел маьнга,-ала,–Iовшарг лен Iазап»                Лор-йиша, сан бIаьргийн къоргене хьажахьа,–                Царна чохь йисна лар, тидамца йовзахьа,
Таханлерчу кху денойн аненна дехьа                ДIакховдий, ма-варра со вовза гIортахьа!                Хьажахьа, со де дайна хиларал хьалха,                ТIехдаьлла дIадаханчу, дахарна дехьа,
Неца летта, цистинчу духарна тIехьа,–                Хебарша чкъор датош сох тасале Iеха…                «…бер дай со-м! Сацам байна, тIех аьрха, хьоме,                Нийсархошца, самукъне, челакхо гIеххьа.
Дукха чIогIа кхерлуш сайн пхи шо кхачале,                Со тIехь волу бираьнчик хетарна лекха.                Цу хенахь-м суна йуххе да, нана доле,                Хьажарца ас цаьргара сайна гIо доьху.
Ир-кара хIиттош, цара соь бIаьцаш лоьцу,                Церан безам хаалуш дог метта догIу…                Йалхийтта шо ду сан, сан кийрахь цIе йогу,                Са тIема дийларна, дегI мархашка хьоду,
Цкъа беш там, йуха цатам ойланаш йогIу,                Соь кхаьчна къоналла безам лаха хьаьдда!                Со ирсе веш болу мур тIекхаьчна лаьтта,                Ткъе ворхI шо дуьзна сан зуда йалош сайна,
СагIдарна тIе воьдуш, дола даккха нускал,                Йух-йуха а вогу со цIелетта сийна!                Ткъе пхийтта шо долуш алсам болу доьзал,                Тхуна кIентий бу хIинца кхуьуш нисбелла.
Долахь тхайн хIусам йу, доьзал дIасахьовзал,                Зуда йу кIентаршна тIе йоI йало лууш…                Дахар-м шен боларехь дIагIерта хьалхахьа,                Шовзткъе пхиъ шо ду сан «дахаро го карчош»,
Тхан бераш кхиарехь хенел довлу хьалха,–                Церан бераш тIекхии хуьлуш говзанчаш…                Байттамал! Массара дIатеси дайн хIусам!                ДIасабаьржи шайн синош лаьттаче боьлхуш,–
Стиглара седарчий х1ора буса макхлуш,                Йассалучу хIусмашкахь тхан дегнаш доьлхуш…                Хьомечу йезарца диси-кха тхо тхаьшша,                Дийшарца йа гIовттарца синтеме доцуш.
Собаре йара йезар, сингаттам хьаьшна,                ГIертара хан йаккхийта дахарх ирс оьцуш…                ХIинца-м сан кхузткъа шо кхаьчнийца дуьззина,                Наг-наггахь берийн гIар тхан хIусаме йусу:
Тхан берийн бераша, шайн зевне аьзнашца,                Тхан дегнаш далийра синтеме хьестаршца …                Амма дукха хьецалуш маьлхан нур кхоьллира,                Со вуьтуш, сан мерза езар дIакхелхира.
КIиранах хьаьвзина корта тIе кIац лецира,                Декъазчу сох хилира гIагIанийн йийсар…                Дендолчун ойла йеш ца веха со хIинца,                Сайн берийн берийн дуьхьа ду хене валар.
Цкъачунна-м гергарчийн го бу соьца бийца,                Амма го, деган нур, суна кхолар денна …                ЭгIаза белшаш тIе къаналлин дукъ дожар,                Ницкъ эшна со дIагIерта билгазчу пана,
Шенан тача лаьцна дог ду некхахь тийжаш,                Лазарна тем боцуш, мел идарх хан-зама…                ХIай, сан Дела! Ма деха хили-кх сан дахар,                Йоцушехь  суна цунах воккхаве агIо!
Сайн хьолана реза ца хилча ца волу,                Вуьсур вац-кх хIокху маьлхан дуьненахь цхьа…                Дог кIеда хьажахь соьга, тидамца ма-хуьллу,                Хьайн ши бIаьрг дIабеллий, дарбанхо, лор–йиша.
Вац хьуна со хуьнаш йолу къано ванне!                Маццах майра, да, денда хилларг ву хьоме…                Къегинчу маьлхан денца бираьнчик хоьхкуш,                Хьалхалера жима кIант ву мацахлера,
Бираьнчик ирх хьодуш, дог схьаоьккху моьттуш,                Ган хьажахь со цу беран куц сибтахьлера!                Там бу тIаккха соьгарчу хьолах хьо кхета,                Хьайн хир болчу кхолламах хьоь ойла йайта!
       * СагIдар – килсехь йеза, сийлахь меттиг (алтарь).
                19.12.2015 шо.


Рецензии