Фольклор

                ( Туьйранаш)
                Ямарттий, Чомарттий
Вехаш хилла цхьана Духцан дукъехь ши доттагI Ямарттий, Чомарттий цIераш йолуш. Цхьана дий-нахь шаьшшиъ мел къонахалла йолуш вуй хьажа, цхьацца тIоьрмиг чохь шаьшшина некъана даарш кечдина: дакъийна жижиг, тоьхалатуьйсу межаргаш (тоьпаш), хьокхамаш, шоврина чохь лаьттина къалд, хох, саьмарсекх,– хи чохь лело цхьацца сурила эцна, лела ваханера ши накъост. Йуьртана гена ваьлла дIавоьдуш, де делкъенгахьа ласта доьлча, Йамарта аьлла Чомарте:
–ХIума кхоллуш, жимма садаIий вайшимма. ДIабастал хьайн тIоьрмиг, ахь дохьучу даарийн чам бакхий вай?!– 
Чомартан тIоьрмиг чуьра дакъийна йоьхь, кIеда хьокхамаш, саьмарсекх охадиллира йукъатесначу шаршонна тIе. Шийла шовданан хи тIе молуш, вуз-залц хIума йиира цаьршимма. Чомартан тIоьрмиг чохь кхаьршинна йуха даъал рицкъа дисина ца хил-ла, кхо-биъ кана цу боцург. И цу, Йамарт йуха Iан ца Iийна, садале дIабиъна кхаьршима. Малх дIабузучу хенахь Чомартал тIаьхьа висна, Йамарт шен тIоьрмигах катоха тасавелла. И хиъначу Чомарта, шега йаа ма ца олу ахь, аьлла Йамарте.
 – Йоуьйтур йу-кх ахь хьайн цхьа бIаьрг бакк-хийтахь, - аьлла Йамарта.
И буьйса дIайаьлла Йамарта Чомарте шен тIоьрмаг чуьрчу рицкъех батт ца тухуьйтуш. ШолгIачу Iуьйранна, ахь хьайн цхьа бIаьрг баккхийтахь, йоуьйтур йу-кх, аьлла Йамарта Чомарте. Кхин дан хIума ца хилла, шен аьрру бIаьрг баккхийтина, хIума йиъна Чомарта. Ткъа суьйранна шолгIа бIаьрг баккхийтина хIума йиъна цо. Буьйса йоьлча цхьана йалта охьучу хьера кхочу хIара шиъ. Йамарт хьерана гено лаьттачу акхтарган дитта тIе волу, буьйса йаккха, ткъа Чомарт йалта чу духкучу хьеран дуо чу волу, куьйга эшарехь шена лачкъа меттиг лохий. Буьйса йуккъе йаханчу хенахь хьера чохь деш къамелаш хеза Чомартана. Кху хьера чу гулйелла хуьлу Ча, Борз, Цхьогал, Дахкий. Уьш чIогIа сакъералуш хуьлу. Дахке хотту Чано:
–Хьо стенах боккхабеш бу, сел самукъадаьлла?
Дехко олу:
– Кху хьеран дукъо кIел дIалачкъийна пхи сом ду сан, цунах боккхабе со.–
– Цхьогал, хьо стенах доккхадеш ду? – хотту Цхьогале Чано. 
Цхьогало олу:
– Цхьа т1оьрмиг дуьззина ахча деана сан кара, цунах доккха де со, хIора Iуьйраний, суьйраний Iуьргара арабоккхий и тIоьрмиг ловзош, самукъа-доккху ас.–
–Борз, хьо стенах йоккхайеш йу?– хоту Чано Барзе.
Барзо олу:
 – Цхьана паччахьан бIаьрса ца гуш цхьа йоI йу. Оццу паччахьан къорза газа йу. Цу газан цIий хьаькхча бен, паччахьан йоI толур йолуш йац. И къайле сайна бен цахаарна, йоккхайеш йу-кх со.–
Делахь хIета со йу-кх, сайн долахь шортта даа, мала долуш гIаланаш хиларна, самукъадаьлла. ХIинца дIасагIор вай, вовшен къайленашна айкх ца довлуш, лардер вай хIораммо шен-шен ирс,– олуш, акхарой дIасайахана.
И къамел дерриге хезна волчу Чомарта, ша хиъна Iаччуьра хьала кхевдина, дукъо кIел куьг а хьаькхна, Дехко дIадиллина пхи сом схьаийцира. Цул тIаьхьа араваьлла, цхьа сара  баьккхина, иза луьйзуш, бIаьргаш баьллачу йоIан да, паччахь лаха новкъа велира. Нахе хоьттуш воьдуш, ша лоьхучу пачхьалкхе дIакхечира иза. Чомарта паччахь ларве-чу гIаролашка, ша паччахьана тIе вигахьара, ша цуьнан бIаьрса доцу йоI тойан веана лор вара, аьлла. ГIаролаш бийла хIиттина:
 –Цул, бIаьрса доцуш волу, айхьа-хьайн таве хьалха,– бохуш. Ирх-пурх хIара къарлуш ца хилча, паччахье дIахаийтина цара Чомарт лоьралла лело веана хилар. Шена тIевалийначу Чомарте паччахьо аьлла:
– Ахь шен йоI тайина, са гуш дIайолайалийтахь, ас и йоI хьоьга маре йоуьйтуш, сайн ах бахам дIало хьуна. Амма и дан хьан ницкъ ца кхачахь, хьан бIаьрзе корта дегIах къастийна, цхьана хьокханна тIе буогIуьйтур бу чалтаче».
Чомарта, ша реза ву, аьлла. Цул тIаьхьа Чомарта паччахьан къорза газа схьайалайайтина, иза йен а йийна, цуьнан цIий хьалха шен шина бIаьргах хьаькхна. Кхуьнан ши бIаьрг, Йамарта баккхале ма-хиллара, тобелла, сагуш дIахIиттина. Цул тIаьхьа паччахьан йоьIан бIаьргех хьакхна кхо газанан цIий. Паччахьан йоI хазахетарца тIекхетта Чомартана, иза къевллина мара вуллуш. Паччахьан йоI тайелча, паччахьо шен дош кхочуш дина. Шен ах бахам, йоI маре лой, пайтонахь дIахьажаво Чомарт стундас, хIорш ларбан гонах ха доккхий. Чомарта, ша хьерахь волуш, Чано шен йу бохуш йийцинчу гIаланашка дуьгу шен нускал.
Ченан кIур эккхийтина богIуш болу бIо гича, Ча, кхералой, шен г1алаш йуьтий, йодий хьуьнах дIайоьду. Оцу гIаланаш чу дIанисвеллачул тIаьхьа, Чомарт шен кара йеха гел а оьций, цхьогал дехачу гуьнашка воьду. Шен ахчанан тIоьрмигца Iуьргара арадаьлла, лечкъина Iаш волчу Чомартана уллехь ловза хIутту цхьогал. Цхьогал ахчанан тIоьрмиг ловзорехь гIаддаханчу хенахь, Чомарта шен карара гел туху цунна. Шен ахчанан тIоьрмиг биц лой, цхьогал сихонца шен Iуьрга дулу. Чомарт ахчанан тIоьрмиг бохьаш, шен гIаланашка цIа воьрзу. Иштта аьтто хилла, шен нускалца ваха хуу Чомарт. И болх хаалой, хIара бIаьргаш баьхна, дуьне ма-дду декъаза дуьне даа дIахецна витина, Йамарт вогIу хIара вол-чу. Дукха кIеда-мерзачу хабарца гонаха волу Йа-март Чомартана, ша бахамах тасавалар цуьнга дий-цита. Чомарта олу, вайша лела вахча, ша новкъахь лаьттачу хьеран дуо чувелира. Оцу дуо чохь хиир-кха суна, - бахамах тасавала хIун лело деза.
Ша вигахьара оцу метта, олу Йамарта. Чомарта оцу хьера вуьгу Йамарт. Чомарта цуьнга олу:
–Хьо вуй ца хоуьйтуш, хьеран йалта чудухкучу дуо чохь ахь буьйса йаккхахь, Iемар ду хьуна бахам гулбан. –
Йамарт хьерахь вуьтий, Чомарт шен цIа воьду. Йамарт садайча хьеран дуо чу дIалечкъа. Буьйса йу-лу. ЧубогIу хьалхалера Дахка, Цхьогал, Борз, Ча. Амма хIинца чу мел йогIург, тийжаш, йоьлхуш йогIу. Чано хаттар до Дехке:
 –Хьо хIунда боьлху, ва Дахка? ХIу сингаттам бу хьан коьртехь? – Дехко олу:
- «Кху хьеран дукъо кIеллахь дIалацкъийна хил-ла сайн пхи сом ца карий суна. И новкъа долуш боьлху со. –
 – Ткъа хьуна хIун дагахь балам хилла, ва Цхьо-гал? – хотту Чано Цхьогале.  Цхьогало олу: – Гутта-ра санна, сайн ахчанан тIоьрмиг Iуьргара ара-баьккхина, хиеца долуьйтучу майданахь ловзо доьллера со. Мичара йели ца хууш, цхьана кхекхоро гел тоьхна, ши ког а лазош, дуьйчуьра дели со. Ам-ма оцу бIижо сан ахчанан тIоьрмиг  дIабаьхьна-кх шеца. И дагахьбаллам бу-кх со делхош берг. –
– Ткъа хьуна хIун цатам баьлла, хIай, дог майра Борз? Хьох йацарий йоьлхуш товш а! –
–Ас хьастагIа шуна йийцина паччахьан бIаьрзе йоI цхьаммо тойина. Со йара, айса лоьралла лелош паччахьан йоI тойина, газа йаар, паччахьан ах бахам а сайна кхочур бу моьттуш. Амма сол каде берзалой-м, адамашна йукъахь нислуш хилла. Цундела дуьйлу-кх, сан бертаза, сан бIаьргех хин тIадамаш. –
– Вайга массерга кхаьчна-кх шенначул бала. Ас хьастаха хьехийна сан гIаланаш дIалеци-кх цхьана бIоно. Суна схьахетарехь, оцу буса кху хьерахь вай-га лодоьгIуш хилла-кх цхьаъ. Тховса мукъана кху хьеран го, чоь а талла йеза вай, ваьшка ла доьгIуш цхьа вуй хьовсуш. –
Цул тIаьхьа Чано Дахка, Цхьогал, Борз а талам бан дIахьовсабо. Массанхьа хьовсу уьш, амма хье-ран дуо чу хьовса ца йаьхьа акхарой. Цара Чане олу, хьеран дуо боцчу массанхьа хьаьвсина шаьш, амма хIумма ца хаайелла шайна. Амма дуо чу хьовса шаьш ца даьхьна.
– Борша йоцу хIуманаш. Со хьожур йу оцу дуо чу-м, - олий,
Ча Йамарт чу дIалечкъинчу хьеран йалта тIекхухкучу дуо тIе йоьду, хIумма ийза ца луш. Доьна чуйаьллачу Чано ворий охьавуьллий, ваа во-лаво Йамарт. ТIекхеттачу Барзо, Цхьогало йоккху Йамартан дегIах шайна йогIург. Дехкана кхочу жим-тIам хIума оцу лахьанах.
ШолгIачу дийнахь Йамартах хIун хилла хьажа хьера воьду Чомарт. Йамартах шен йамартло йахний хиъна, хIара аравала неIаре воьдуш, хьера чу йовлу-чу акхаройн гIовгIанаш хеза кхунна. Чомарт дIалечкъа. Акхарой йалта чу духкучу дуона чу йов-ларций, сихха, цу хьера чуьра араоьккхий,Чомарта сихха неI дIакъовлу, дуьхьал онда дечиг гIортош. Цул тIаьхьа шен карара гел йетта волало хIара хье-рана гонах. Йамартах йисина меженаш йажа гIерташ йолу акхарой, дуо чуьра неIаре хьолху. Иза  чIаьгIна карийча, ара йовла меттиг лоьхуш, дIасахьолхий лела, Чомарта йаьккхинчу гIовгIано хьере йина. Оцу хенахь шен кхохкар йахьаш хьера веанчу цхьана стага, неIарна арахьахула гIортийна дечиг дIа йоккхий, неI дIайоьллу. Оцу минотехь акхарой, и стаг Iаьркъал тухуш, аралелхий, тIап–олий гучура йовлу. Кхеравелла, цец, акъваьлла, Iуьллуш волу стаг, Чомарта хьовзаво:
- И хIун ду ахь динарг? Iедало и акхарой Iамайе аьлла, ваийтина ма вара со кхуза. ХIинца хьан бехк ас дIабийцахь, хьо вуьйр ма ву Iедало! –
Кхеравеллачу пекъаро дехар дина, ша дIа ма вийцахьара ахьа, ша ши сту, ворда, цу тIехь йолу хьаьжкIаш а дIалур йара хьуна, ахь Iедалца дерг, ша бехке ца веш, дIадерзийчхьана.
– Дика ду, – аьлла Чомарта, – сихха айхьа  йеан-чу хьаьжкIех ахар даккха, и йалта чу духкуш болу дуо цIанбе. Акхарошна даа тесна лу дара оцу хьера чу. Цара вовшашца куьйсуш, даьккхина хир ду иза ялтин дуо чу. ТIе дууш къийсарна, кху йоккхачу хьера чохь цIий-мода ца хьакхайолуьйтуш меттиг битина хир бац. –
 Оцу стага сихха йалтин до, йерриг хьер цIий-моднах цIанйина, хьаьжкIех ахар дина. Ахар вор-данна тIе доьттина, ши сту лаьллина Чомарта ша цIехьа воьду кеп хIоттийра.
Хьера йалта дохьуш веана пекъар, ша Iедалан караЧомарта дIа цаваларна воккхавеш, гIаш цIехьа хьаьдира. Чомарта тIаьхьа мохь тоьхна сацавина, элира цуьнга:
– Iедалца долу гIуллакх аса-айса дIалуьстур ду, хьайн доьзалца хьо дакъазаваккхар хуьлу ас хьан стерчий, ворда, шу хене дохур долу ахьар сайн дола дерзийча. Хьайн вордана хаий, йуьхькIай хьайн доьзална дуьхьал гIо. ГIоза даийла аша хIара йалта. Хьо йуха хьера веанчу хенахь, чохь долчуьнга ладогIий бен, неI дIа ма йеллалахь, – аьлла, и стаг дIахьажийра Чомарта. Хазахетар совдаьллачу оцу стеган бIаьргех хиш девлира. Цо баркаллашца Чо-март къевллина маравоьллира. Цул тIаьхьа вордана хиъна дIаволалуш элира: –Дала йуьхькIай лелавойла хьо, ахь тахана со воккхавеварх терра. –
Йамартчух йамартло йахарх, цхьанне новкъарло ца хуьлу. Амма бахамах тасавелларг, иза дукха мел гулдели сутара вийлар, ца Iабар, бIаьрмециг валар нисделча – ма йоккха дакъазалла йу-кх иза. Дала ларви Чомарт массо бохамах, сутараллин амалех а. ГIалди-булди царна, кай, бож вайна, вай мел ца де-зачаьрга хьогIах дIацIанбалар доссийла.

*Цоци-Юьртара Исмаилов Идриса 1975 шарахь
шен дегара, Мохьмадера, дIаяздина и туьйра.
                Йозане даккха кечдина 2005 шеран Г1уран (декабрь)             
                Баттахь Хамерзаев Заурбека.
               
                Аьлбикий, цуьнан ваший
               
  (*Ненера, Хамерзаева Саэгара, дIаяздина туьйра).

Цхьана ден-ненан хилла ши бер: йоI - Аьлбика, кIант-Висарг цIераш йолуш. Бераш кегий долуш ненан дIакхалхар хила церан. Нана дIайаьлла шо кхаьчначул тIаьхьа, дас шена кхин зуда йалийна, шина беран Iуналла деш, шена хIусамнана хир йа-цар техьа аьлла.  Дас йалийна десте гIам-зударех стаг хила куц ду. Ишттачу зударийн ницкъ бу бах, боьршачу стеган коьртера хьекъал, кхетам ший арт-дина, шайна луъург дойтуш, караберзийна, царна тIехь куьйгалла дан. Бусалба дин вайн махка дале шайтIанаш, гIемаш, убарш, алмазаш, жинаш а ал-ссамо хиллачух тера ду вайн лаьмнашкахь. Аьлби-кин, Висарган а дестечо, ша кху керта йеана дукха хан йалале, шен бозбуанчаллин хIилланаш лелийна кхеран да, нанна тIаьхьахIоьттина лела жIаьлин жи-ма кIеза санна, шена муьтIахь вина, ша боххург деш дIахIоттийна. Дестечунна дезаш ца хилла мерабе-раш, къаьсттина кIант. ГIемаш, убарш, алмазаш, шайтIанаш, жинаш а  ца мега, бохуш дуьйцу, ша-рахь цкъа мукъна а адаман цIийх йа церан дилханах ца доьлча. Ткъа и дан ницкъ ца кхачахь, адам дейти-на шайн са Iабадо боху цара. Шена ца везаш волу Висарг, цуьнан да берта валийна, дIаваккха дагадеа-на дестечунна. Висарг орцал дехьарчу йуьртахь Iадаташ, къоман гIиллакшаш Iамош волчу цIуна тIе лелаш вара, шен ненахой болчохь Iаш, кIиранахь цхьа буьйса йаккхан бен цIа ца вогIуш. ХIетте иза ца везаш, и велла саготта йара десте. Оцу Iалашонца ша цомгаш хилла аьлла, метта охьайоьжнера десте. Хьалхо ижуна талла вахана хиллера да. Талла ва-ханчуьра цIа веана шайн да Аьлбикас цомгашчу дестечунна тIехьажаво, цуьнгара масех пхьагал, ак-ха нIаьна  чохь йолу тIоьрмиг схьаоьций. Да сихон-ца дIахьаьдира шен зуда йолчу, ткъа Аьлбика арахь-ахула кора кIел хиъна, церан къамеле ладогIа хIоьттира. Десте, гIийлачу озаца, халла са а доьIуш, тийжамашца балхо хIоьттира шегара бала. Эххар а цо хазийра: - Стаг, аса дукха хьийзор вац хьо, хьан шина берана-м кхаъ хир бара со йелча. Шина-кхаа дийнахь ахь сатоьхчхьана, сан ши бIаьрг гуттаренна дIачIагIалур бу. Дас доьхнача озаца элира: –Дукха хан йоцуш берийн нана кхелхина Iачу суна, ма доккха вон ду йуха тIехIуттуш дерг. Ца йала ца мега хьо? ХIун дарба лохур дара те, хьо оцу лазарх хьал-ха йаккха? Аса тоьлла лоьраш лохур ма бу, хьо ца йалийта!» - бохуш, бIарзвелла, воьхна, дIасахьийзаш гира йоьIана да. Аьлбикин дог лаза делира, дех къа хетта, сел холчахIоьттина шен да хьаьвзича. Десте-чо, тийна-дегочу озаца, йуха шен къамел долийра: -Лоьрашка вийла ца оьшу. Цаьргахь дац сан дарба. Цхьа дарба ду со тойийр йолуш, амма иза суна хуьлийла йац! - шен лер сацийра гIам-дестечо. Аьлбикин дас дуй биира, малх, бутт, седарчий а тоьшаллина йукъалоцуш, эшахь шен кийрара дог дIадала а ша кийча вуй хоуьйтуш, иза тойалийта. ГIам-десте йелха йуьйлира, шен майрчун дог кхин тIе а карзахдоккхуш. Шен зудчун коьрте хиъна, наг-гахь тIе куьг хьокхуш, дехарш дан вуьйлира цуьнга шина беран да. – Ахь цIе тоьхнарг дан кийча ву-кх со, хьуна цуьнах дарба хуьлуш хилчхьана. ТIема даьлла стигалхула иза лелаш делахь, орам хилла лаьттах доьллехь, чIара хилла хи чу дижнехь, суна карор ду-кх иза, ахь цIе тоьхчхьана и дарба. -   Бо-хуш, хьесталуш, леткъа вуьйлира Аьлбикин да гIам-дестечуьнна. ТIаккха дестечо элира: - «Хьан ницкъ кхочур бац, хьайн кIант вийна, цуьнан доIах суна дао. Иза ду суна дарба ден долу молха. ХIинца дIавала суна гучуьра, йита со къизачу цамгарна, лаьхьано пхьид санна, дIахуда!-  ГIам-десте пенехьа йирзина, йелхаран къуьрдаш деш, хорша хьаьдча санна, йегош йетталора, наггахь угIа хуттуш. Дикка хан йелира, дестечунна тIехь хорша лаьтташ, шина беран да цунна гонах хьийзаш. Эххар кхаьршинан дас дIатейеш элира цуьнга: - Хьо ца йалийта сайн цхьаъ бен воцу кIант а вен реза ву-кх со. И тоьий хьуна. ТIе айса, ахь цIе тоьхна дарба хуьлуьйтур ду аьлла, йина чIагIо йохийна лелийла ма йац сан х1ара дуьне дууш, - аьлла, дехьара цIа чу а ваьлла, шен шаьлта ирйан вуьйлира берийн да. Аьлбика, шена и къамел хезча, сихонца орцан басахь Iуьллучу йуьрта боьдучу новкъа дIахьаьдира, шен веше цIа ма вола ала. Аьлбикина йуьрта кхачале, новкъахь цIа вогIуш волу Висарг дуьхьал кхийтира. Альбикас хилларг, лелларг дIадийцира. Цаьршимма барт бира, Висарг малх дIабуззалц хьуьнхахь сецна, буьйсанна хьунан йистехь долчу кхеран ирзехь болчу такхорах вола веза аьлла. Аьлбикас йаа хIума, ден тиша кетар а йуьллур йу оцу такхорана йукъа Висаргана шен дестечунна, дена ца хоуьйтуш, къайлах. Суьйренца саготта хьевзира да, Висарг цIа ван хьевелча. Аьлбике хаьттира дас, хIунда хьевелла те Висарг буьйсанга воьдуш. Аьлбикас, дас лелочух ша ца кхетачуха, берашца ловза ваьлла, хьевелла хир ву-кх иза элира. Шен йоIах шекваьлла да Аьлбика ларйан хIоьттинера. Аьлбика тергалйича дена хиира шен ваша цо цхьанхьа дIалачкъийтина хилар. Шайн кертахь кIант цхьанхьа шена хаа ца велча, ирзехь болчу гIодамийн такхорах шекьвелира иза, шен тиша кетар а чохь цахилар шена гучудаьлча. Буьйсанна, дуьххьара нIаьнеш кхойкхучу хенахь шен шаьлта карахь, веана ирзехь болчу такхорана тIехIоьттира да. Сирлачу беттасехь бIаьргийн нур дIаоьцуш, лепара ира, къинхетам боцу, болатан шаьлта.
 – Ванах, да вийначу мостагIчунна санна, сайн сих, цIийх схьаваьллачу, цхьаъ бен воцчу кIантана тебаш ву-кх со, велла валарг, - аьлла, ойла хьевзира ден коьрте цхьана мурстана. Ша дан гIертачунна дохковала лаар, стелахаьштиг санна, чекхъиккхира ойланехь. Амма и ойла эккхийра, дарбане сатесна чохь Iуьллуш йолчу зудчун узарша. Иза паргIатйаккха лаар туьйлира, ден дагна чу хьаьвзин-чу, къинхетаман ойланал. Мерзачу набаро товжий-на, хазачу гIенаша хьоьстуш, тишачу кетарх хьаьрчина Iуьллучу Висарган корта жимачу дегIах дIакъастийра ластийначу шаьлтано. Цул тIаьха Ви-сарган доIах кийрара схьа а даьккхина, гIам-дестечуьнга даийтира Аьлбикин дас, иза цунах са-хилале то а йелира. Сахуьллуш шен вешех дерг хаа такхора тIе йаханчу Альбикина ирча сурт гира: шайн ирзохь Iаьнна цIий, буса сахиллалц хьуьнан акхароша йаьжна вешин дегIан меженех йисина даьIахкаш а. Хиллачух кхиъна Аьлбика маьхьарца охьа йоьжна, кхетам чуьра йаьлла, йетталуш йисира. Де суьйренга лестинчу хенахь меттайеара Аьлбика. Оцу хенахь да дестечуьнца чохь самукъадаьлла Iаш вара. Мела ладар хилла йоьлхуш, шен вешин дIаьIахкаш схьалехьо йуьйлира йиша. Гулйина дIаьIахкаш  шен  коьртара кортали йукъа хьарчийна, хьуьнан варшахь болчу кхурана т1е уьш дIайохка йахара Аьлбика. ХIара ша билгал йинчу метте кха-чале, буьйса йуьйлира. Стиглара массо седа Аьлбике хьаьжжинчохь бисинера, гIайгIано хьаьшна,
гIелйина, халла ког боккхуш йогIура иза. Йерри-ге хьун, цу чохь мел долу садолу хIума дIатийнера, Аьлбикин тезет лардан санна. Геннара тийжаш йеа-на бухIа хиънера Аьлбика кIел сецначу кхура тIе. Адаман маттахь йистхиллера БухIа:
 - ЙоI, хьан гIайгIанан дакъа кхаьчна кху хьуьнан охIлане. Хьоьга кхаьчна бала базбеллачу сан тIемийн ницкъ кхечи, хьуна ошуш долу накъосталла дайта, хьуна тIехула ларамза чекх ца оьккхуьйтуш, со сацо. Хьуна оьшуш долу гIо дан хиъна со кху дитта тIе.-
Цецйаьллачу Аьлбикас, хIокху хьуьнан кIоргехь адамах йистхуьлуш шена бухIа гича, элира:
- Суна-м ца хаа, айса хIун дича вухалур ву суна вай кхоьллинчу Дала, сан ваша. Хьуна хаьий иза, буьйса денйеш лелачу олхазарийн эла, хIай БухIа?! – олуш, йелха йуьйлира Альбика.
– Сан десте, сан дега шен цхьаъ бен воцу кIант, сан ваша вейтина, цамгарх хьалхайели. Со муха ле-лар йу кху маьлхан дуьненахь, сан стенах дер ду са-мукъа, со хьанах йер йу дага. Со кху хьуьнан акха-рошка йейтар гIоле йу-кх суна, кхин дIа хIара гIийла дуьне хьоьшучул, - йоьлхуш Iана йахара Аьлбика, тен ца туьгуш.
 – Хьо йелха ма йелха, ахь гIайгIа ма йе - элира БухIано Альбикега. – Хьайн вешин дIаьIахкаш чохь долу кортали кху диттана тIе хьалаоллий дита. Тховсалерчу буса заздоккхуш ду Iаьржа – Чхар цIе йолу ламанан зезаг. Оцу зезаган дургал хеназа кхел-хинчу синойн дегIан меженех хьакхайелча, оцу ме-женех Сийна Кхокха хуьлу. Оцу денйеллачу меже-нех хиллачу Сийначу Кхокхина тIе, Башломан шов-данан коьртера Бирдолаго багахь беана хин тIадам божабахь, нанас дена ма–дарра, дегIан куц-сибтехь дIахIутту муьлхха дегIах дIакъаьстина са.–
– Суна мичара карор ду, хIай БухIа, ахь дуьйцу Iаьржа – Чхар цIе йолу зезаг. Ас муха доуьйтур ду Башломан шовданан коьртера хи Бирдолаге? – шен йелхарна йуккъехула, халла къуьрдаш деш, элира Аьлбикас. БухIано элира:
- Бирдолаг, со а буьйсанан доттагIий ду, цо аса бохург дийр ду. Iаьржа – Чхар цIе йолу зезаган дур-гал ас дохьар ду тховссехь, ткъа Бирдолаг Башлома-ра шовданан хи дан хьажор ду хIинццехь. Амма ахьа сан кегий кIорнеш ларйан йезар йу, со зезага дургал дохьаш схьайаллалц. Уьш йу хьуна, шун берцан ирзонна Малхбалехьа болчу кхуран хари чохь болчу, сан бен чохь. Царна тебаш хуьлуш ду дингIад. Цунах ахь уьш ларйичхьана, кхин дерг ас кхочуш дийр ду хьуна.
– Аьлбика чIогIа хазахеташ реза хилира БухIано бохург деш, цуьнан кIорнеш дингIадах ларйеш Iан. ДингIат-м хIун йара, барзах тийсайала реза хир йо-луш йара Аьлбика, шен ваша денвелчхьана. Бирдо-лаг Башломан шовдане хьажийна, ша Iаьржа – Чхар цIе йолу зезаг лаха дIайахара БухIа. Альбика шайн берцан ирзун Малхбалехьарчу кхура кIел йахара, БухIанан кIорнеш дингIадах ларйан, шен вешин дIаьIахкаш чохь долу коптали, ша кIел хиъна Iийначу кхуран гаьннаш тIехь а дитина.
Буьйса йуккъе йоьдучу хенахь, стиглара къегина бутт дIалачкъош, йаьхкинчу мархаша буькъа бода хIоттийра ирзу тIехь, бIаьрга Iоьттина пIелг гур бо-цуш. Цул тIаьхьа буьрса баьллачу мохо, диттийн баххьаш гаьнгалех техкош, чан, гIаш айина садоIийла гатйинера. Альбика, мох боцчу агIорхьа кхурана тIе букъ товжийна, шен дагахь Деле орца доьхуш, шелонна хебаш Iаш йара. БухIанан, Бирдо-лаган а некъ гал ма балахьара кху мохехь, бохург дагахь долуш. Амма мох оцу хахкабаларх, шена тIаьхьахIоттийна кхин бIо ца хиларна, лахарчу аре-нашкахула баьржина, йуха ца хьаьвзаш, дIабахара. Мархийн Iаьржа кирхьа зарзадоккхуш, эххар датIа дина, схькхийтира йуха а беттан серло. Сахуьлу Се-да аренгахь, куьг кхевддехь бохург санна соцучу хенахь, БухIа хазахетаран кхоъца схьакхечира Iаьржа Чхар цIе йолчу зезаган дургалца, Аьлбикас БухIанан кIорнеш ларйечу кхура кIел йолчу. Шен кIорнех бIаьрг тоьхна, БухIа Альбикин вешин дIаьIахкаш чохь дIаоьллина кортали тIехь долчу кхурана тIехула хьаьвзира, ша йеана Iаьржа – Чхар зезаган дургал оцу дIаьIахкашна тIе а йегош. Бирдолага ша тIедогIучу кIиранан оршотан дийнан Iуьйренца, малх схьакхетале, Башломан шовданан коьртерчу хица схьакхочур ду аьлла, дош дитина хилар хаийтира БухIано Аьлбикина. Садаьржачу хенахь, БухIанна хастамаш бина, Аьлбика шайн хIусаме йирзира, амма дIатевжича наб-м ца кхетара цунна, ша буьйса ирахь текхнашехь. Дуьненчу бIаьрг боьллуш, маьлхан зIаьнарийн нур лаьмнийн баххьашка хьадарций, диттан гаьн тIехь кхозучу кортали чуьра тIемаш а тоьхна, араиккхира Сийна Кхокха. Кхокха хьаьвзира АьлбикагIеран цIеношна тIехула. Иза  кхайкха болабелира адаман маттахь: - Кху-у-кх, кху-у-кх! Дас, дас вийра со, дестечо вейтира, сан йишас, Аьлбикас, сийна кхокха бира сох! - Йух-йуха кхойкхуш, хьийза буьйлира Сийна кхокха кхеран цIеношна тIехула. И кхайкхар хезна уггар хьалха араиккхира чуьра десте. РагIу кIел сецна, ладегIа хIоьттира гIам-десте. Амма кхокха кхайкха болабаларций, рагIун тхов  чубоьжна, гIам-дестечун йалар хилира. РагIунан тхов чубужуш даьллачу татано самаваьккхина, аравелира Аьлбикин да. РагIун тхов тIебоьжна, делла цу к1ел шен нускал гича, Сийначу Кхокхано кхайкхош: - Дас, дас вийра со, дестечо вейтира, сан йишас, Аьлбикас, Сийна кхокха бира сох, - бохуш дерг шена хезча, да кхийтира, ша гIам-зудчо хьекъална талхина хиларх, ша Дала, наха гечдан таро йоцу доккха къа латийна хиларх а, – бехк-гуьнахь доцу шен доьзалхо ша верна. Эццахь холча хIоьттинчу ден, дог иккхина, валлар хилира. Да охьавужуш гина Аьлбика тIехьаьдира цунна. Амма иза садоIуш вацара. Цхьабакъду, бIаьргаш чуьра охьахьаьдда хи хIинца, лакъаза, ледаш дара. Гуш дара, гIам-зудчо тоьхна хьу тIаьхьа делахь а, цуьнан дегIах дIакъаьстича, даг чу боьссина дохковаларан  къинхетам хилла хир бу-кх Аьлбикин, Висарган а ден бIаьргаш чуьра шовданах хецабелла, Iийдалуш хилларг. БухIано, ма-аллара, оьршотан буса Башло-ман шовданан коьртера деанчу хин тIадам Сийначу Кхокхина тIе божийра Бирдолаго ша схькхачарций. Сийначу Кхокханах, нанас дена ма-варра, хьалхале-ра Висарг хилла дIахIоьттира. Йиший, ваший мар-мара кхийтира. Кхин дIа долу дахар БухIина, Бир-долагна, вайна массарна кхетам, хьуьнар, рицкъа а деллачу Далла  хастамаш беш, даха чIагIо а йина, шайн ирзу тIе хьаьжкIаш йуьйш, сих-сиха шайн доьзалшций вовшашна тIеттIа а боьлхуш, бертахь даха хиъна бах-кх Аьлбикий, Висарггий. ГIалди-булди царна, кай, бож а вайна, дIаьвшан Iайг зулам-хошна. Амин.

                *85 шо кхаьчначу ненан, Хамерзаева Саин, дийцарца      
                дIайаздина Хамерзаев Заурбека 2005 ш.Эсаран ( ок
                тябрь)  баттахь.
               
                ДаргIа-ДиргIа
Теркаца йолчу цхьана аренца лаьттах тоьла йаьккхина вехаш Iаш, ДаргIа-ДиргIа цIе йолуш, цхьа стаг хилла. Вайн махкара наьрташ дIадовлаза зама хилла иза. ДаргIа-ДиргIин тоьли чохь кхобуш ши котам, цхьа нIаьна хилла, тIоьхула шочан черт йаржийна, дIавуьжуш поппаран маьнга, цхьана со-нехь куьрк санна йаьккхина пешан бахьана, цунна йуххехь хи чохь сурила, цхьа кхохкар ахар хилла. Нисса цхьа чкъор духар хилла ДаргIа-ДиргIин: ма-шин коч, хеча, кхакханан тиша куй, когахь неIаран ши мача. И духар маьI-маьIнехь Iуьргаш дийлиний, зарзделла, бес-бесара йоманаш летийна, къаздина дина хилла пекъаран. Наггахь шена ижуна талла воьдура иза, шен говран мерзех йаьIна тIийригца саттош дуьйлина секхаIад, цуьнца кхуссуш болу ма-сех пха оций, Теркаца. Оцу Iодаца, говран мерзехь йеш йолчу речIанашца акха бад, гIаз, лекъ карайан аьтто болура ДаргIа-ДиргIин наггахь. Иштта кхин доьзал, йиша-ваша доцуш хене волуш волчу цунна, цхьана буса шен тоьли тIера цхьаммо шега мохь бетташ санна хийтира ДаргIа-ДиргIина. Шен секхаIад карахь,  тоьли берте оьллина бежанан неI хьала тоттуш, аравелира.
–Хьайн карара герз ма кхоссалахь суна, ахь со тховса хьаша дина тIеэцахь, хьуна цхьа дика дан да-гахь деана ду хьуна со,– элира, адамийн маттахь дистхуьлуш, тоьли тIехь долчу Цхьогало.
 Оцу балхах цецваьлла ДаргIа-ДиргIа, гIеххьа воьхна виснера.
– Хьошалха дита-м хала ма дацара хьо, хIокху сан къенчу бенахь хьуна хIун там балур бу соьга, – аьлла, бехкала вахара ДаргIа-ДиргIа Цхьогална хьалха.
 – Со бахьанехь дукха хала хьийза везар вац хьо, – элира Цхьогало,– тховсенна цхьа котам суна йийчхьана тоьаш ду хьуна.–
Цхьогална шен цхьа котам йаийра оцу буса ДаргIа-ДиргIас. Котам йиъна даьлча, ДаргIа-ДиргIина баркалла аьлла, Цхьогал дIадахара. Цхьа-ши де даьлча йуха, буьйсанна хьалха санна, мохь туьйхира Цхьогало ДаргIа-ДиргIе, хьаша оьций ахь аьлла.
 – Дера оьцу, хьаша-м доккха беркат ду,– элира ДаргIа-ДиргIас.
– Хьайн шолгIа котам лур ярий ахь суна? – аьлла, дистхилира Цхьогал.
 – Дера лур ю-кх, котам-м доккха хIума дацара,– аьлла, шолгIа котам яийтира Цхьогале ДаргI-ДиргIас. Котам йиъна даьлча, баркалла аьлла, ша шиъ дика дийр ду хьуна олуш, дIадахара. КIеззиг хан яьлча кхозлагIа деара Цхьогал. Цо элира:
 – ХIинца хьайн йисина нIаьна яош хьошалла ахь суна дича, кхоъ дика дийр дар-кха ас хьуна.–
ДIаелира ДаргIа-ДиргIас ша йисарна сагатдеш йолу нIаьна Цхьогална, суна диканаш ца хилахь а, хьуна дузарх хуьлий, шен дагахь бохуш. Кхин Цхьо-гал гучу ца долуш, ДаргIа-ДиргIа Теркаца тала ле-лаш цхьа-ши кIира делира. Цул тIаьхьа ДаргIа-ДиргIа волчу деанчу Цхьогало элира: –Шена Терка-ца лакхахь цхьа пийсик хьокху хинкема хаадела, иза схьадало даха деза вайшиъ. Оцу кеманца Теркал дехьахь вехаш волчу цхьана гIумкийн элегара деши, дети узуш болу гирда бохур бу ас.            
– Хьенан деши, дети ийза долу хьо, ва Цхьогал,– хаьттира ДаргI-ДиргIас.               
– Хьан деши, дети ийза дохку вай, ДаргIа-ДиргIа, хьан гулделла деши, дети.– 
–Бурмахь Теркал дехьа вала шай доцуш Iаш вол-чу сан, мичара хир ду гирданахь дуста иза, – бохуш, гIайгIане вужу ДаргIа-ДиргIа. Цхьогало, ДаргIа-ДиргIина белаш тIе тIод тухуш, олу:
 – Вайшинна кема охьадалор ю хьан гIайгIа, кхиндерг кхочуш ас дийр ду.–  Цхьогало кема лаьтта меттиг гайтина, ДаргIа-ДиргIас иза хица хаьхкина схьадалийра, юха шен тоьлина гена боцуш болчу эрзашлахь дIалачкъийра. ШолгIачу дийнахь деанчу Цхьогало ша Теркал дехьа доккхуьйту ДаргIа-ДиргIе цу кеманна тIехь. Ша гучувала аллалц кху кеманца лачкъий Iе олий кхуьнга, Цхьогал ша гIумкийн эла волчу доьду. Эла вехаш волчу гIалина хьалха лаьтташ волчу гIароле олу Цхьогало:
 – Шайн элега ДаргIа-ДиргIа цIе йолчу нохчийн элера маршалла лой, цо деши, дети узуш болу гирда, хьайн белахь, баийта боху алахьа. ХIан ахь дечу гIулкхана хIара шай дара хьуна. – (Цу хенахь цхьана шайна кхо-виъ стаг вузо йиш таро хила). ГIароло нохчийн элано гирда боьхаш белхи бахкийтиний хаийтира гIумкийн элана. Цо гIароле элира: 
– Закъалтана, гирда цара юха схьабаллалц, цхьа хIума яккхий, дIало.–  ГIароле шен говрахь гирда Терка тIе баийтина, цуьнга закъалтана кхин ши шай делла, Цхьогало гIарол дIавахийтира. ГIарол гучара ваьлча ДаргIа-ДиргIа тIевоьху Цхьогало. Гирда ке-манна тIе боккхий Теркал сехьа бовлий, жима хан йолуьйте, юха дIахьо гирда, цуьнан аннийн херо йолчу меттехь, тасаделла, дети кхо шай дуьтуш.
Гирда схьаоцучу хенахь гIумкийн элина гина, аннийн херончу тасаделла дети кхо шай. Элано схьадаьккхина кхо шай дIакховдийна Цхогале. Цхьогало кхо шай схьа ца эцна, ДаргIа-ДиргIа иш-тта долу кега-мерса хIумнаш лоьруш вац аьлла.
Цул тIаьхьа шозза изза кеп хIоттош Цхьогало гирда дIасабаьхьна, хIоразза кхоккха шай аннийн херонашна юкъахь дуьтуш. ГIумкийн элина оццул бахам болуш волчу нохчийн элица гергарло тасада-ла лиъна. Цо иза Цхьогале дIакъадийна хиллера. ТIаккха Цхьогало нохчийн эла, ДаргIа-ДиргIа, зуда ялоза стаг вуй хаийтича, шен ю-кх цуьнга яхийта йоI аьлла гIумкийн элано. Делахь ша иза валош догIур ду юха догIуш аьлла, Цхьогал ДаргIа- ДиргIа волчу деара. Кеманахь шаьшшиъ Теркал сехьа даьлча, ша дийцина захало довзийтира Цхьогало ДаргIа-Диргина. Гумкийн йоьIаца захало муха дуьйцу, карахь ахчанах шай доцуш, чуваха хIусам йоцуш, тIедуха нахана ган тамехь бедар йоцуш вол-чу суна. ХIан-хIа, со реза вац ахь долийначу болар-на, ма-варра со вовза вовзийтина, сайх гумкий бело-чул, сунна сайн къелли тIехь валар голехь ду,– бо-хуш, ДаргIа-ДиргIа кхохкийна дIахоьттира. Цхьога-ло элира ДаргIа-ДиргIега:
– Суна хууш ма ду хьоьгара хьал хьуна хьайна-чул дика. Иза хууш хиларна ма ду со хьуна кхо дика дан тIелаьцна. Ахь, ас хьайга де бохург, деш хилчхьана цхьа дуьхьалонаш ца еш, ас шадерриг дIанисдийра ма ду.–
ДаргIа-ДиргIа резахилира Цхьогална дуьхьало-наш ца еш, цо бохучунна тIехь чекхвала. Цул тIаьхьа ломахь даьхкинчу догIанаша Терк дестийна стаммадан там болчу дийнахь, Цхьогало ша Теркал дехьа даккхийтира ДаргIа-ДиргIе пийсик хьокхучу кеманна тIехь. ДаргIа-ДиргIе шена тIера бедарш дIаяхий, хи чу кхийса, цхьа хIума тIехь ца дуьтуш, кема хе дIадахьа Iадда дитий, хьо хи чуэккхий не-канца хьавала, нанас дена ма-варра, верзана волуш.
Ша орца доккхур ду гIумкийн эланийн гIаланашка хьаьдда. Цигахь ша дуьйцур ду вайн де-шех-детех, дезачу совгIатех доьттина хилла кема хино буха дахарх дерг, хьо мехалчу духарх волуш, халла хино ца вуьйш дийна висарх а. Хьо вист ца хуьлуш Iад Iелахь, дукха дIасахьоьжуш цец ма вий-лалахь, хьайга цара тIедохийтинчу духарах дукха тамаша ма белахь, бохуш хьехарш дира Цхьогало. Юха дукхе-дукха ДаргIа- ДиргIа къийлина, хIара верзана хи чуьра хьалаволуш, орца даккха дIахьаьдира гIумкий бехачу гIаланашка. Орца доьхуш хезча гIумкийн эла, цуьнан куьйга кIел болу нах схьахьаьлхира. Цхьогало хилла бохам дIабийцира элана, хаийтира дукха деза совгIаташ, деши,дети, хе хIаллакдина хилар. Делахь а, дуьне-нан даьхнина-м хIун ден дара, нуц дийна висар бу-кх Делан къинхетам, бохуш латкъам бира Цхьогало. ГIумкийн элано сихха керла духар даийтина кечви-ра шен йоIана хьахийна нуц. Сихха чубигийтира хIорш, шайнна цхьа чоь елла. ДаргIа-ДиргIа шен духаре хьежа вулушшехь, Цхьогало муцIарца муьшка йира цунна. Элано хаьттира Цхьогале:– Оха деллачу духарна реза воцуш-м вац техьа иза.– Цхьо-гало элира: – Дера цуьнан хе дIадаьхна духар ша башха ма дара, Шемахь я Туркойн махкахь диначу кIаденех тегна. Амма аша деллачунна реза воцуш ма вац иза, совгIатана беллачу динна бага ма хьежа, аьлла ду-кх хьекъалечара.– Шайна къастийначу чохь кхаьрга дика са даIийтина, кечйначу стоьлаш тIе даарш даа дIабигира хIорш. Кхузахь а Цхьогало де-чу хьехаршца лийлира ДаргIа-ДиргIа, дуьххьара во-вшен гар нисделира ДаргIа-Диргин, цуьнан нуска-лан кху чохь. Элан йоI реза хиллера шена ваьллачу кIантана. Кхузахь кхо де-буьйса даьккхина, шайн нускал эцна дIабаха кечбира хIорш элано. Тоьлла кхо говр йоьжна пайтон тIе хаийра ДаргIа-ДиргIа, цуьнан нускал а. Цунна тIаьхьа хIоттийра шийтта ворда, царна тIехь дара нускална дахарехь мел ошуш хир долу хIума. Царна тIаьхьа лаьхкина ялош яра цхьацца бIе эмкал, говр, бежана, уьстагI а. Кхарна ха деш тIаьхьаваьккхина шовзткъей итт бере вара герзех воьттина. Оцу берриге бIона хьалха-даьлла, некъ гойтуш йорт эцна, доьдуш Цхьогал да-ра. ДаргIа-ДиргIина шен нускал бен кхин гуш хIума дацара я кхин цхьана хIуманан бала, сингаттам ба-цара. Йоккха ченан дохк эккхийтина йогIу и тоба гича, хьал ца хууш волчунна, иза эскаран бIо бу моьттар долуш сурт хIоьттинра оцу аренгахь. Хьал-ха дIахьаьдда доьду Цхьогал говрийн рема яжош болчу Iуйшна тIе кхечира. Цо элира цаьрга:
–ДIо ченан кIур эккхийтина богIу бIо гой шуна, иза къизачу эскаран бIо бу. Цара шайна дуьхьал нисделла цхьа адам дийна ца дуьту. Шаьшшинна дийна виса лаахь, вадий тIепаза ван гIорта, церан бIаьрг шайна тIе кхиале. –  Ши Iу сихонца къайла-велира, стиглара кхоьссина стелахаьштиг царна тIаьхьа кхуьур доцуш. Цхогало элира гIумкийн эл-лин хьадалчашка:
– ХIара рема вайн даьхнех ю, шайций лоллуш цIа ялае.– Кхин дIа некъ беш богIуш хIорш болуш, бажа бажочу Iуйшна тIеIоттало Цхьогал. Бежан Iуйшка олу цо:
– Шайна дала ца лаахь, дIо ченан кIур эккхийтна богIу бIо тIекхачале, довдий гучуьра довла.–
БежаIуй сихонца бевдда къайлабевлира, бажа битина. Цхьогало и бажа тIаьхьахоттабайтира гIумкийн элан хьадалчашка. Хьалха доьду Цхьогал жа дажош болчу Iуйшна тIе нисделира. Уьш а Цхьо-гало шайна болу кхерам бовзийтича, жа дитина бев-дира, шайн са кIелхьара даккха. И жа доладаьккхира Цхьогало ДаргIа-ДиргIин бахамна юкъа дерзош. Эххар, ши наьрт чохь дехаш йолчу гIала кхечира Цхьогал. Цхьогало мохь тоьхна аракхайкхира ши наьрт. Цо элира цаьрга:
– ДIо ченан кIур эккхийтина богIуш болу эска-ран бIо гой шуна. Цара шайна дуьхьал нисделла адам, наьрт дийна дуьтуш дац, шаьшшинна дала ца лаахь, лаьмнашкахь лачкъий къайла дала. Наьрташ-м карадаьхкича даа дуу бохуш хезна суна цара.
– Ши наьрт и богIуш болу Iаьржа бода гича си-хонца лаьмнашкахьа дIахьаьдира, лаьттах дахча санна гучуьра довлуш. Цхьогал гIанаш чухула дола-делла лелла, дахана гIалин гIопе охьахиира. ДаргIа-ДиргIин бIо схьакхечира. Цхьогал хьалха делира, ДаргIа-ДиргIа шен нускалан куьг лаьцна тIаьхьа хIоьттира, уьш гIали чубахара. ГIумкийн элин хьа-далчаша ворданашкахь долу хIума чукхоьхьуш шен-шен метте дIанисдира. Даьхнешца берш цхьаццан-хьа шайн даьхнешца дIасабаьржира, хьайбанашка хи молуьйтуш, дажа хIуьттуьйтуш. ГIаролаш дIанисбира гIалин чоьнашкахь. ШолгIачу дийна гIумкийн эланан нах шайн эла волчу дIабахара. Даьхница болу Iуй оцу гарманан арахула дIасабахара. ГIали чохь ДаргIа-ДиргIа, цуьнан нус-кал, Цхьогал а дисира. Даа-мала шорта, гIалина го-нах лелаш шортта шен даьхни долуш, гIулкхашна хьийзаш хьадалчаш болуш, къона нускалца ваха охьахаийра ДаргIа-ДиргIа Цхьогало. Цхьогална, хIорш цхьаьна Iаш ши-кхо бутт баьлча, ДаргIа-ДиргIа зен дагадеара. Цхьогало элира:
– ДаргIа-ДиргIа, ас-айса дийр ду аьлла кхо дика дина хьуна: Зуда ялий, бахам гулби, гIаланаш ча ва-ха хаий,– кхин дIа хьо-хьо вахалур ву, со сайн акха-чу дахаре юхадерза доллу.
– ДаргIа-ДиргIас ша реза вац ахь дечу къамелана элира, хьо ца гуш ша цхьа де даккхалур долуш вац, дас-нанас ца дина диканаш дина охьахаийна ахь ша. Ахь къийдеш хIумма дац, вай цхьа доьзал хилла дIаIийра ду, ваьшна Дала тоьхна хан йоккхуш.– Оцу къамелана реза хилла, сецира Цхьогал кхаьрца де-хаш Iан. Амма ша мел оьшу, шен мел пусар до хаа лаара Цхьогална. Цундела цо шен дагахь сацам би-ра, дера деза ша делла моттуьйтуш охьадожа, ДаргIа-ДиргIас хIун до хьажа. Цхьана Iуьранна шайн чуьра арадаьллачу ДаргI-ДиргIин нускална шайн кетIахь охьадоьжна Iуьллуш гира Цхьогал. ТIейахана меттах хьадира цо иза, амма важа цхьа меже меттах хьайеш дацара йа бIаьрг ца боьллура. Нускало орца даьккхира ДаргIа-ДиргIе. ДаргIа-ДиргIас, чуьра кор диллина, хаьттира, хилларг хIун ду аьлла.
 –Вай стаг, хIара вайн Хьаьрсаниг делла Iуьллуш ду-кх, со кхеташ йелахь! Вай хIун дийра дара теша кхунна?!– (Iадатехь цIе кхобуш дара нускал Цхьога-лан). Цундела олу цо цунах – Хьаьрсаниг. 
– Деллехь, цIога лаций, такхадай дIогара кхаьллеш тIе дIакхоссийта хьадалчашка, – хазийра дуьхьала ДаргIа-ДиргIас.
Ша Iуьллучуьра, парт-аьлла, хьалаиккхира ден-делла Цхьогал, и дешнаш хезча. Цо элира:
– Иштта сий дийр долуш хила-кх хьо сан, со гIад дайна дисча, цамгаро лаьцча, сан бIаьргаш дIахьаьбча , ДаргIа-ДиргIа. И баркалла ду-кх ахь суна олуш, ас хьо къелло, мезаша  хийзочуьра ваьккхина, ваха хаийча. Ас хIинца дахана наьрташ схьадалийна, хьо хьайн коьртах воккхуьйтур ву хьуна йа хьайн тоьли чу воссор ву хьуна, т1едуха – кучан кач, хечин барч бен боцуш 1ийна, Дарг1а-Дирг1а. Цхьогал лаьмнаш долчу агIор дIатилира, ДаргIа-ДиргIа духьала дош ала кхиале. Цхьогало наьрташ даладахь ша дан дезачун ойла йан вуьйлира ДаргIа-ДиргIа. ТIаккха цунна дагадеара, Цхьогало наьрташ кхерош цаьрга аьлла  дешнаш. Цхьогалан мекарло цунна шена дуьхьала йаккха сацам бира ДаргIа-ДиргIас хIинца хIоьттинчу хьолехь. Де суьйренга лестина догIуш, ши наьрт тIаьхьа х1оттийна, деана гIалин гIопе кхечира Цхьогал. ГIалин корехь хIара схьакхачаре хьоьжуш Iаш волчу ДаргIа-ДиргIас, кор доьллуш, мохь туьйхира Цхьо-гале:
– Во..о..о, дера да хьо могаш маьрша Цхьогал, ма дика ду-кх хьо вайна кхин садале, хIара ши наьрт далош схьакхаьчна. Со вара хьуна пхьуьйрехь даа наьртийн дилха кхачадина Iаш. Ма доккха той хир ду-кх вайн тховса! Хьа-хьа-хIа-хьа,-олуш, веларехь гIадвахара ДаргIа-ДиргIа.
И къамел хезначу шина наьрто, цхьамма хьалха-ра ши ког, вукхо тIехьара ши ког лаьцна, дIасаозийначу Цхьогалх ши ах йира. И цхьацца ах шайн карахь йолуш, наьрташа йуханехьа йум йира, кхин кху агIор гучу ца довла. ДаргIа- ДиргIа шен нускалца ирсе ваха висира оцу Теркал дехьарчу гарманан аренашкахь. ГIалди - булди царна, кай, бож вайна, дIоьвшан Iайг вай ца дезаш, вайна цер-гаш хьекхочарна хуьлийлаа.    
 (*Сайн ден Хаммирзин Мукин дийцарца
дIайаздина 1978 шарахь  Хамерзаев Заурбека.)               
               
ХIЕТАЛ-МЕТАЛ  ХАИЙЛА ШУНА:
 «Кхоссар жаIунна,
кхетар газанна,
хи чуьра чIерашна,
дехьарчу пхийттанна»

ХIара хIетал-метал вайн нохчийн къоман чолхе-чу хIетал-металех цхьаъ ду. Цуьнан тидар иштта ду, сан дас Мукас, (Дала гечдойла цунна, 2001 шарахь дIакхелхина иза) 84-гIа шо долуш хиллачу воккхста-га, дийцарехь. Мацах сутарчу хьоладена жаIу хилла йолах вецаш. Цу мискано болх бен шо кхочуш дол-луш хилла. Хьоладеца бинчу бартаца шо кхаьчна даьлча, кхуьнан йал схьайала йезаш хилла. ЖаIуьнна йал ца йалархьамма хьоладен зудчо, шен цIийнадеца бертахь, дIовш тоьхна хьокхам бина шайн белхалочунна. Хьокхам шен тIоьрмиг чубил-лина жаIу же вахна.
Кху йуьртана йуьстахо охьадогIуш доккха хи хилла (Терк хилла хила мега иза). Оцу хил- дехьахь хьоладен цанаш хьокхуш, докъар кечдеш, 14 стаг мангалхой хилла мехах. Хьолада шен пийсак хьок-хучу хинкеман тIехь хилдехьа мангалхошна тIехьажа вахна. Делкъа хенахь шен жа хийисте диг-на, жаIу, садоIуш, дIатаьIна. Цунна наб кхетта, кха-ча чохь болу тIоьрмиг гIевлангахь а болуш.
ТIейаханчу, жан хьалха йаьлла лелачу газано, жа1уьнан  гIевлангара тIоьрмиг меллаша схьа- озийна, и дIовш тоьхна хьокхам дIабиъна. ДIаьвшо чоь хьавзийна газа хи тIе хьаьдда, амма хи тIе кха-чарций, хи мала йоларций,й елла хи чу йоьжна. Хи-но такхийна дIахьош йолу газа, цу хи чуьра садолчу хIумнаша, чIераша йаа йолийна. Газанах дIовш даьлла чIерий тентигдевллий, лешший, хи тIехь геш куьзганах санна лепаш, хино охьакхехьа долийна. Хийистехь цанаш хьокхуш болчу мангалхоша, хи чу лелхаш, и чIерий берда тIе даьхна. Уьш, дата детти-на, шайца цхьаьна хьолада волуш, цара диъна. И чIерий диъначу 14 мангалхочун, цаьрца пхуьйтталгIа хьоладен а дIакхалхар нисделла.
«Нахана даьккхина ор чу ша вужу, йамартло шех йоьду», – олуш ду вайн къоман. Хьоладена, цуьнан зудчунна-м хила деззарг хиллера, амма бехк боцуш беллачу мангалхойн кхоам бу-кх.
Иштта тидира и хIетал-метал сан дас Мукас.
               


               
                ДАГАРДАР
Со вуодара, вуодара,
Хьажин хьера вуодара,
Хьажас суна кхахьам белира,
Кхахьам аса зуьдана белира,
Зуьдо суна кIеза делира,
КIеза аса жаIунна делира,
ЖаIуьно суна ка белира,
Къоьма аса Далла белира,
Дала суна собар делира,
Собар аса Iуьрга диллира,
Iуьргара собар дехко даьхьира,
Дахка маса Цициго биира,
Собар шадерг цуьнга дирзира,
Цундела Цицго Iуьрг лардо,
Сиэцош хиларна собаро..
Кхин дIа ас ца дагардо,
Лачкъа т1ахьа висинчо
Иолларин бал болабо.

             * Буьйсанна лечкъаргех,молларех ловзучу берийн дагар
                дар хилла иза вайна йукъахь цхьана хенахь.
                ДIаяздинарг З.Хамерзаев 1991 шо.
       
Дагардар
Кол, кол, кол. кемсийн кол.
Кийра жагIа майданхойн.
Хара-хара берзалой
Дала ма ла купалойн,
ГIазакх, мазакх, чим-чим чиркх
Чиркх айбал, айбалл,
Кийра жаг1а майданхойн чIиркх.
ГIаш-гIаш-гIаш хьешан чоьлпа,
дашо чоьлпа, чиркх.
              Чиркх айбал, айбал,
              Iаьлбикас неI туьйхра,
Котаман гIагI йала-лай!



                забарен  байташ:

Элла-эпсар итт хьолтIам,
Церан тхьамда хьохийн цIов.
Чубалий бала чорпийн кад,
Муьста берам буй хьоьца йа-ла-лай!

Сой, тхан йоккхах йолу йишай
Жимаха йолу шичай, тхо йиъ йара
БатIиш бариш болчу синкъараме йоьдуш.
Йоьдуш йолу тхо кхоъ,
Лаьтташ ву-кх цу новкъахь
Цхьа хаза кхо кIанат.
 
ЭхI-хIе-хIей! Маржа йаI!
Хьалататтина куйнийн буьхьагаш болуш,
НеIаран мачаш чу боьхкина когаш болуш,
Жаммашин чоанаш дуьйхина,
Лаьтташ ву цхьа хаза кхо кIанат.
Тхо шайна хьалхахь чекхдовлуш,
Царех эггар хазахволчо али тхога:
- ХIай зудбараш, шу сенга баха ара бевла?
Латта бIаьра  хьажна, ца хезчуха тхо тIехдовли.
Йуха а царах цхьммо тхога  али:
- ХIай, зудбараш, маъ ковсат басар бина
Кетар бан хуур дарий шуна, барича?!
Йоккхах йолчу йищайх эхь-бехк хеташ,
Додаш долу тхо кхоъ, дала дули хIара гIуллакх гани.
Накъосташа жоп ца  делча, Iан ца йенна, аса али:
- Ахь буьйцуш болу и маъ ковсат басар бина катар
Тхан отош чохь, кхозуш бу-кх, бара барийна,кхозуш
Безам болчо шена т1ехь, магий хьаьжна
 ТIебуйхичхьана ,  кийча,–  али аса.
 
–Iойт, адам-илбазах схьадаьлла шайтIа,
 Дера воллу со хьо дуненчура, дадийна, дайа,- али цо.
 –Ахь дадор дара со, аренгах кхиъна моша,
Хьо нанна тIаьхьа марш олийна лелачу хенахь,
Ламанан арзушна тIехула тIам хьавзош,
Тур текхаш болчу кура кIантех ца йаьшна йолу со, – али ас.
ХIетта, меркIажан бода къовлабелла,
ТIекхана буйса йолуш, ваханчу оцу кIанта, ворх шарахь
Макхахь йаьллина, маммалайн тапча схьаьцна,
Цу маммалайн тапчан чу молханан барам шаршайна,
Кхелинчу дурстанца кечйина, беднахь латта хьама араозайна,
Оцу хьамина тIе обаргийн нуйр тиллина,
ДIаваха вуйлира иза ламанан чIажжашкахула,
Цу аьрцнийн  даккъашкахула, хьаннийн воршашка-хула,
РегIанийн басешкахула, акхаройн сакхмакхашкахула,
Сайн некъахула лелалуш  йолу со йадайна йайа.

ЦIеххьана вайн берайчун лергаш деха хьама, биъэ ког
ГIортайна, бегабеш, хьалха ког ца боккхуш сецна,
ХIара боккхачу бIон новкъа ваьлча, эццахь хьамо
али хурр, кхакхай мерIуьргаш дусай лер Iуьргаш,
Хорша беача санна, бегош, Iадийна, лаьтташ бара.
Iийт, Дала баланах ларван санна хIума
Хир дац техьа аьлла, дIа голаш таIийна цо,
Дерриг пIендарш дойна, хьама охьабожийра,
ДIа куг бате оьхьча шен, йеррига батт цIийша йузна.
ДIавахана хантIера маммалайн тапчанах катоьхна,
Ткъоох олуьйташ, тIиера цIоха озайна,
Шиъ ткъоох олуйташ, кIелхьара цIоха озайна,
БIаров…в…в  алла, хьунан хотеш дийкара,
Ламанца даржаш дурр дIадахара.

Хьама охьабоьжча, когаш тIе нисвалла къонах
Боккхачу бIовна некъа йуккъехь латташ хилла,
Нускал дадо тохавелла къона кIант.
Ши ге хиллал ирх бахана куйнан бухьиг болуш,
Кхо ге хиллал, йазйелла шарбалан айла йолуш,
ХIетте кхеравлар-м ца хилла  цуьрриг цуьнца.
Хилларг хIун ду, сирнак латайна новкъа хьаьжча,
Некъахь буйннал Iуьриг баккхина йоллуш
Охьарчу нехан цхьа маIа йолу чхьовриг хила-кх,
Хьама къахкайна дуьхьала баьлна боккха бIо.
Цуггахь ша-шена иллай ала долийна кIанта:
–Iайт, каш чохь гойла хьо галбалла некъ,
Дел-дел-дел, де лестанчу, хьамайн ларга вон ластан-чу,
Жарг1а - хьакхийн бетан бухьиг
Сирчу хьамин деха ши лерг.
                * Хаммирзин Мукас дийцина 1969ш.


Эшарш

ДIа-са ма лелха, Заббари, заб-заб,
Хелха йала, Заббари, заб-заб.
Со вай хIара-м, Заббари, заб-заб
ДIа ма хьийза, Заббари, заб-заб.
Схьайерзахьа, Заббари, заб-заб,
Герга хилахь, Заббари, заб-заб.
Шовдан тIехь хьераш йолчу Кани ваша
Гага вай со-м, Заббари, заб-заб,
Йолахь соьга, Заббари, заб-заб.

Лирически эшар

Цхьа хьоза ма дара,
Хьаннашца ва декаш.
И дека моттара
Шен гена мацделла.
               
И декаш ца хиллера
Шен гена мацделла,
И декаш хиллера
Га дойна бен боьхна.

Цхьа леча ма дара
Бердашца ва декаш,
И дека моттара
Ижуна бIарзделла.

И декаш ца хилла
Ижуна бIарзделла,
И декаш хиллера
Берд текхна бен боьхна.

Шу кхарда ма кхарда,
Шу дела ма дела,
Хала ду нийсарой
Бен бохар ша бина.
 
ДIахьовсал нийсарой
Хи тIехь лаьттачу тобане
Ваша волу ва йиша
Ма йоьлуш лаьтташ йу.

ДIахьовсал нийсарой
Ваша воцчу йишега
Ваша воцу ва йиша
Пе бетташ лаьтташ йу.

Ваша воцу ва йиша
Iу воцу бажа бу
Лахка атта бу шуна
Iу воцу ва бажа.

Ваша воцу ва ваша
Га доцу сара бу,
Га дойна и сара
Баккха атта бу шуна.

Шича воцу ва шича
ТIам бойна леча ду,
ТIам бойна ва леча
ГIиргIано хьийза до.

Ваша ву ма ала
Нанас дена ца винехь,
Ваша вац нийсарой
Нанас дена цавинарг.

Шича ву ма ала
Девешина ца винехь,
Шича вац нийсарой
Девешина ца винарг.

Сийначу гIа-бецо
Дуьне сендо хан ма йу,
Можачу зезаго
Ареш хазйо хан ма йу

Куьйрано, Лечано
Баннаш биен хан ма йу,
Со-м дера ма лела
Бенаха ва йоьхна.

                Малх схьакхеташ, малхе хьоьжуш,
Бутт схьакхеташ, батте хьоьжуш,
ХIинций-хIинций вогIу бохуш,
Хьо ма ларвеш лийлира со.

Кху суьйрене гIийла хьоьжуш,
Кху Iуьйрене гIийла хьоьжуш,
ХIинций-хIинций кхочу бохуш,
Ас хьо варе сатийсира.

Хьо-м вогIуриг хир ма вара,
Хьо-м кхочуриг хир ма вара,
Хьайн дагана дукха йезаш,
Мерза йезар хиллехьара.

Хьо ца варах билла бехк бац,
Буьллучаьрга буьллуьйтур бац,
ХIара ваха-ван хала некъ бу,–
Боцу безам ма хала бу.

Буьйсанах хан ма дIайуьйлу,
Вайна кIорни ма ца догIу,
Йа и вайца ийгIина те,
Йа кхин йезар лехи теша?

Воьлуш бIаьра суна хьоьжуш,
Хаза хабар суна дуьйцуш,
Ахь Iехий со жима кIорни,
Ма вийлахьа суна хера.

Кху хазачу суьйрен дуьхьа,
Кху хазачу Iуьйрен дуьхьа,
Оццул везаш суна хилча,
Ма вийлахьа суна хера.

Хьайна йеза ахьа бохуш,
Со йезаш йу суна моьттуш,
Ахь лейи со дезна кIорни,
Кхин Iехор йац кIорни ахьа

Лакххьа воьдий, лакхахь дуьйцуш,
Лаххьа воьдий, лахахь дуьйцуш,
Ши йезар ахь лейо бохуш,
Лелаш ву бах нана йалариг.

Лакха оьхуш лакхахь дийца
Лаха волий соьца дийца,
Делах йолийла, нана йаларг,
Хьо гича бен дага вагIахь.

Малх кхетар бац ца бехир ахь,
Малх бузур бац ца бехир ахь,
Хьо хьайн дашах вухучу дийнахь,
Куй лелор бац ца бехир ахь.

И можа малх кхийти хьуна,
И дашо малх буьзи хьуна,
Хьо хьайн дашах вуьйхи хьуна,
Тиллал хьайна сан касенка.

Вай хийистехь цхьана лаьтташ,
Ас дуьхьлонаш хьайна йичий,
Кхоьллинчу Делах волийла бохуш,
Ахь йина чIагIо дага йогIий?
Хьан коьртара куй аса тиллий,
Сан касенка ахьа тиллий,
Хийцаделла лелий вайша,
Хьайн дешан да воцу, ва кIант.

Ахьа къахьегнарг даа ца деш,
Хазчу метта вижа ца веш,
Хьо со йига воллу бохуш,
Хьо хьайн зудчо хьийзош ву, бах.

Ахь къахьегнарг дааде ала,
Хазчу метта вижве ала,
Хьекъал долуш кхиъна йу со,
Кхерам боцуш йаха ала.

Моьтту хир ду хьан зудчунна,
Шена тIе йан со зуда йац,
Аса хоуьйтур дара цунна,
Цхьана-шина шарахь собар дича.

Доккха догIу, и хи санна,
Цо йеттачу тулгIех тера,
ТулгIе санна, чехка йолуш,
Эмгар йогIу хьан зудчунна.

ДIагIо ала хьайн зудчуьнга,
Ма Iе ала хьайн зудчуьнга,
Шега эмгар лалур йацахь,
ЦIа гIо ала хьайн зудчуьнга.

Вай дакъаза ма вала хьо.
Вай декъала ма хила хьо,
Ахь йалийна йацара и,
Ва хьан долахь йацара и.

ХIара суьйренаш йацахьара,
ХIара Iуьйренаш йацахьара,
Цхьана хIумнах тера йоцу
И хьан зуда йацахьара.

Ма чам байна хазчу дегIах,
Кхоам хета хазчу дегIах,
Нана лойла хазчу дегIан,
Дайна даьлла хьан хаза дегI.

Кху суьйренийн беза бала,
Кху Iуьйренийн беза бала,
Хьо нехан кIант бахьна долуш,
Ва сан дагна хилла бала.

Хьо везале цхьа шо хьалха,
Хьо везале ши шо хьалха,
Хьо вигнехьар арме Iамо,
Йийра йацар гIийла ойла.

Да висийла хьо вовзале
Ас йаьккхинчу хазчу хенан,
Йуха йогIур йарий те и,
Йуха йан амал дацар те и?!

Хьо везаза йелира со,
Хьо вовзаза йелира со,
Хьо везале, хьо вовзале
Iажалло дIа йигйелира со.
____________________________________

Вайна арме йоккху аьлча,
Нах армеха кхойкху аьлча,
Суна хиир, кIентан нана,
Вайх ца кхеташ, доьрзур доций.

Арме вига жима вара,
Iамош лело жима вара,
Воршилу, ву те хьо йасли йуьллуш?
Ахь дIакхойкхурш бераш ма ду!

Суьре ларйан жима вара,
Iуьйре ларйан жима вара,
Деза герзаш мара къуьйлуш,
Дуьхьал латта жима вара.

Iуьйренашка гIийла хьоьжуш,
Суьйренашка гIийла хьоьжуш,
Гирманан тIом болабелча,
Дуьхьал латта жима вар-кха.

Ненах, цIийнах къаьстина лела,
Гена мехкаш лардеш лела,
И дIаьндаргаш лелхачу дийнахь,
Дуьхьал лета жима вар-кха.

Ва хьо арме вуьгий хиънехь,
Хьуна билет деллий хиънехь,
Ас эриг дара каммиссаре: -
- КIорни жима ма ду - аьлла.

Хьо армеха вуьгий хиънехь,
Хьуна билет деллий хиънехь,
Хуьттур йар со хьуна хьалха,
Массо меттехь ларвархьама.

Ма хIотталахь суна хьалха,
Ма йийлалахь суна тIаьхьа,
Гирманан тIом болабелча,
Ларйан хала хир йу суна.

Хьо воьдучу вигна ваьлчи,
Хьо соцучохь сецна ваьлчи,
Даийталахь суна кехат,
Хьо волу меттиг суна йуьйцуш.

Со вуьгучу вигна ваьлчи,
Со соцучохь сецна ваьлчи,
ДогIур ма ду хьоьга кехат,
Хьо собаре хила йеза.

Малх балехьа ваьккхи те хьо?
Малх бузехьа ваьккхи те хьо?
Мича маьIIе ваьккхи те хьо?
Вай, хьан йала нанас йинарг!

Йа хьан йиша йелира со,
Йа хьан шича йелира со,
–Вай, хьан йала нанас йинарг,–
Аьлла, догах йоьлхун йарий.

Ас йоккхун йерг ши шо ма йу,
Суна йелларг ши шо ма йу,
Цу шина шарахь хилла цатам,
Балхо меттиг йац хьан йезар.

Соьра кехат сецна хилахь,
Волу меттиг ца хуъчу далахь,
Хьо цIа гIолахь мерза йезар,
Со стаг хилла цIа вогIур ву.

Йиша йолчун йиша йоьлхуш,
Ваша волчун ваша воьлхуш,
Йуьрто лоллу бажа санна,
Эвлах бехира кегий кIентий.

Йо Дела, дицлур ма дац,
Везан Дела, дицлур ма дац,
–Марша Iайла,–  ахьа бохуш,
Ахь йуьртана букъ тоьхна де.

КIур ма тийса да валариг,
Некъ беш йоьду цIерапошта,
Кхин бац хьуна бига кIентий,
Виги ахьа нанас винарг.

Хьо хIиттиначу урамашка,
Хьан нийсарой хIуьттуш гича,
Къайлах йоьлху мерзи йезар.
Вай хьан йала нанас йинарг.

Ахь дихкина кхелин герзаш,
Доьхкуш гича нийсароша,
Къайлах йоьлху мерза йезар,
Вай хьан йала нанас йинарг.
Хьо леллачу урамашкахь
Хьан нийсарой лелаш гича,
ГIийла кхойкху йина нана,
Вай хьан йала мерзи йезар.

Хьо леллачу урамашкахь,
Хьан нийсарой лелаш гича,
ГIийла йоьлху мерза йезар,
Вай хьан йала нанас йинарг.

Берзлошна ахь латта кхиели,
Кеманашна ахь стигал кхиели,
Гитлер, дахар дохий ахьа
Дала вилла хьо лахьти чу.

Цхьаберш Iуьйренца ахь дIабиги,
Кхиберш суьйренца ахь дIакхайкхи,
КIентий отуш йеъна зама,
Йохайе хьо, Везчу Дела.

Хьуна лиънарг махко дора,
Ахьа аьлларг йуьрто дора,
ХIай, Баудди, хьо кхоьллинчу Делан дуьхьа
КIентий армех ма бигийта.


Дакъаза ма бала, нур сирла ши бIаьриг,
Дакъаза ма дала, кийрара дилха дог,
Даима шу доьлхуш со лела веза те,
Декъазчу дуьненан ирс соьха дедда те?

Дакъаза ма йала тIейогIу хьо, бIаьсте,
Жимачу сан дагна бодане кхечи хьо,
Нийсаройн дегнашка кхаъ бохьуш кхечи хьо,
Дакъаза ма йала тIейогIу хьо, бIаьсте.

Дакъаза ма дала, хьо маьлхан ва дуьне
Хьо диънарг мила ву аьллариг ва хилла?
Сан нийса нийсарошна ма хаза лаьтта хьо,
Жимачу сан дагна бодане лаьтта хьо.

ДIахьаьжча гуш долу бохь лекха ламанаш,
Ламанах бух дуьйлу щал шийла шовданаш,
Ха хорций дуьйлало, сан бала дIаоьций,
Бала бу сан кийрахь дуьнено ца айббал.

Дакъаза ма йала тIейогIу хьо, гуьйре
Дохк-шело туьйсу ахь, де-дийне мел дели,
Жималла эшайеш, къаналла дебайеш,
ТIейогIуш ма лаьтта и Делан Iожалла.

Дакъаза ма йовла тIейогIу, суьйренаш,
Дакъаза ма йовла тIейогIу, Iуьйренаш,
Суьйрнца пхьоьханах гуш ваша ваций са-м,
Дагара ва дийца цхьа йиша йаций са-м.

Суьйренийн баланаш сайна тIе уьйзуш,
Iуьйренийн гIайгIанаш сайна тIе ва уьйзуш,
Берриге баланаш сайн коьрте берзийна,
Декъаза кхоьлли ахь,ва йелла йалариг.

Ва йелла йала со, ва йелла йала,
Дагара ва дийца цхьа йиша йаций са-м,
Пхьоьханахь дIахIотта дада а ваций са-м,
Ва йелла йала со, ва йелла йала.

Ма боккха бала бу суна тIе беанарг,
Ма йоккха гIайгIа йу суна тIе йеанарг,
ХIара берриг баланаш суна тIе берзийна,
Со декъаза кхоьлли ахь, ва йелла йалариг.

Ма боккха бала бу суна тIе беанарг,
Ма йоккха гIайгIа йу суна тIе йеанарг,
Рузбанан маьждигаш ас дагийна хилла те?
КъурIан тIехь къера дуй ас биъна хилла те?


Тутмакхан илли

МутаIеламаш бара сан дешарна совбевлла,
Доьзалаш бара сан гIеметта хIиттаза.
Хьуьжарех тишйелла, тутмакхаш хили,
Баланаш сов буьйлу, ва Везан Дела!

Суна мотт тоьхнариг йуьртахо ма вара,
Меттан дIовш толарна со Шела ма кхайкхир,
Цу Шелахь лелла дов ва хьала ма кховдийр,
Баланаш сов буьйлу, ва Везан Дела.!

Вайн гIалахь теллина дов Ростох дахир сан,
Сан хатIеш совйохуш йуьртан арз тIекхийтир,
Йисна хан Сибреха йаккха кхел ма кхайкхир,
Баланаш сов буьйлу, ва Везан Дела.

Цхьа йезар йуьсу сан, дан амал ва доцуш,
Цуьнан доьзал ма буьсу, дола дан да воцуш,
ДоIанехь Кхоьллинарг со Хьуна воьлху,
Баланаш сов буьйлу, ва Везан Дела.

Ахь даздеш доссийна хьан калам, ва КъурIан
Бехке герз ва хилла, тхан хьулда ма дийзи,
И дешна мел вериг Iазапо ма леци,
Баланаш сов буьйлу, ва Везан Дела.

Йуьртахойх веллариг дIаверзош вара со,
Ас дича хуьлу гIулкхаш кхочуш деш вара со,
Ас доггах лелийнчех гIуллакхаш ца хили,
Баланаш сов буьйлу, ва Везан Дела.

И сийна стигланаш тIехь лелхаш ма лаьтта,
Iаьржачу цу лаьтте халкъ доьрзуш ма лаьтта,
Iазапийн бIогIамаш тхох хилла ма лаьтта,
Бусалба охIланаш тхо Деле дехийша.

Го баьккхина гонаха йистйоцу хIорд ма бу,
Когаш кIелла ловзуш дерг даима хи ма ду,
ЙогIуш, йоьдуш буьйса йац даима де ма ду ,
ДогIмашкахь тем боцуш даима Iазап ду,

Везчу Деле тхо дехийша, бусалба вежарий.
ХIара назма йазйо ас бала сов баларна,
ХIара назма йазйо ас гIайгIоно хьашарна,
ПIераскан ва дийнахь, рузба дар йуха денлахь,

ТIеэшнарг тIедузуш, доIа дар ас доьху шоь.
Оха дуу даараш – пепнийн гIаш ду шуна,
Оха муьйлуш ва дериг, - беца тхи ду шуна,
ЙогIуш, йоьдуш буьйса йац, даима де ду шуна,
Тхо Деле дехалаш хIай динан вежарий.

*83 шо долчу сайн ненан дешнашца дIайаздина                Хамерзаева Саэгара
дIайаздина 2003 шарахь.

               
Нохчийн сардамаш
1     Йоккхачу тоьпо вохийна, аьчган кIомсарца
 лехьайойла хьан меженаш.
2     Iассний Терканий йуккъерчу бахархоша
        маьхьаршца тамаш балла, бала боссийла хьоьга.
3      ГIа-бецо, лаьтто а чIир иэцийла хьоьгара.
4      Дера леха хьо дистина деанчу хица.
5      Дийна вуй, ваций бохуш, маьхьарца лехийла 
        хьо.
6      Хьайн сина бIарзвелла, дегIах кадеттийла ахь.
7       Кху маьлхан дуьненахь цхьана хIуманан дарба
        доцуш, лазаро лацийла хьо.
8      ТIехIотта барз боцуш, доьза вайла хьо.
9      Дала орца доцуш берзлоша важийла хьо.
10    Дела бIарзве хьо хьайн дегIе, се кадетта меже 
        меттах ца хьалуш.
II      Дала, лазарца бала хьоьгуьйтуш, хан йахйойла 
        хьан, лоьрийн дарба доцуш.
12    Дела ве хьо седа дуьхьал, вуха вала де доцуш.
13.   Иблисо кхуссуш болу Ткъорша Седа балийла
        хьуна дуьхьал.
14    Дала маьрша ма лелийтила хьо.
15    Дала шен къайлахчу орцане катохийтила хьох.
16    Дела да хьан доь хьайн тайпанца цхьаьна.
17  Дала, айхьа арабаьккхинчу некъара, дийна цIа
      ван пурба ма лойла хьуна.
I8   Хьайн нийсаройх хьегош, Дала хIара дуьне
      гIийла леладайтила хьоьга.
19  Дала, доьзалан го бойтуш, охьа ма хоуьйтила
      хьо.
20  Дала хIусам гуттара шийла, гIийла латтайойла
      хьан.
21  Дала дIаваккхийла хьо, цхьанне зен-зулам до
      цуш.
22  Дала дIаэца хьо, доь ца дуьтуш.
23  Дела хьаста хьо сихонца лахьтано.
24  Дела хила хьох жоьжахатин бIогIам.
25  Жоьжахатин цIергахь вагийла хьо.
26  Иблис санна, Дала шех ваккхийла хьо.
27  Иблисан зуьретах войла хьо Дала.
28  Дела ма хила хьо гIоза.
29  Дела бала хьуна дуьхьал меца саьрмик.
30  ХIубул шайтIа хилийла хьан доттагI.
31  Дала цIе халийтийла хьан.(ЦIе хьелайойла хьан).
32  Дела ма ваха хьо веха.
33  Лаьтто дIа ца оьцуш, вахкалойла хьо.
34  Оьцур бац, буллур бац сардам, хьайн цIийнах,
      сих, дегIах гIойла хьуна, айхьа мел боьллинарг.
35  Дела хила хьох шийла шан тIулг.
36  Хьий-й, хьан саца хьайн мотт.
37  Дела ма лейла хьо маттах.
38  Дела виса хьо къора, дуьненчохь хезаш хIума
      доцуш.
39  Хьайн мел верг велла, узамашца тийжийла хьо.
40  Хьайн са кхаллийла ахь хьайн сутараллица.
41  Хьайн цIийнах, хьайн доьзалх хьаьдда вуьсийла
      хьо, чуьнан цамгар ца йоьрзуш.
42   Адамийн къиелла хIоьттина, хьуо, хьайн дегIаца
      цхьалха, вуьсийла хьо.
43  Соьл хIума йалийла хьуна, ас куьг хьаькхча бен
      йоьрзур йоцуш.
44  Ас динчу воннал бен, дика ма оьцийла ахь.
45   Айхьа дуьйцург бакъ ма-дду бен, дика ма оьций
      ла ахь.
46  Харц дерг дуьйцуш волу хьо, Дала бакъдерг
      дийца ма вахавойла.
47  Дала шен кхел-хьукхмий хьуна тIехь лелар сих
      дойла.
48  Делан, нехан наьIалт хуьлда хьуна, хьайгарчу
      балех хьалха ца волуш.
49  Хьо ваьллачу денна хуьлда неIалт.
50  Хьо винчунна, вайтинчунна хуьлда неIалт.
51  Дала шайтIана аьлла неIалт хуьлда хьуна.
52  НеIалт хуьлда хьо вакхийначунна, кхиийначун
      на.
53  Хьан дена хуьлда неIалт.
54  ВоI воцуш висийла хьо.
55  Дала сох дагавоккхийла хьо, суна делларг делла.
56  ДIадохка декъий, вийца со ма эшийтила харц
      дерг дуьйцучарна.
57  Лоьраш, милцой, цIеяйархой ма хадийла хьан
      кертара.
58  Вай букъ бо хьан.
59  Дера ваа хьо, хьо везачо.
60  Хьайна везачух ма кхетийла хьо.
61  Сол ма толийла хьо, нахах хьоьгуш лелийла хьо.
62  Со ма веззара бен, дика ма эцийла ахь.
63  Дела вакъало хьо энаша лаьцна.
64  Хьогалла йайа хи доцуш, вожийла хьо батталучу
     малхехь, IиндагI доцчу арахь.
65  Дела ма догIа хьуна, ахь сан лачкъийначу
     хIумманал бен кхин рицкъа.
66  Дела ле хьо мацалла.
67  Дахаро Iехийнначу дийнахь, Дала валар дойла
     хьан.
68  Дела валаве хьо машено кегвина, лаца меже йо
      цуш, аьхьна.
69  Маьрший, дийний ма лелийла хьо.
70  Стиглий, латтий, малх, бутт, седарчий, Iалам,
      гIа-буц кхоьллина, Дела! Доьху   хьоьга, дуьнен
      чохь вала орцахо воцуш, пана махкахь дакъа ди
      жийтахьа сан мостагIчун.
71  Дела важа хьо акхароша.
72  Марчош йукъа къийлийла хьо.
73  Барзо маравухкийла хьо.
74  Дела хила хьох хьуьнан хьаша.
75  Хьайн ден мерах гIойла хьо.
76  Хьайн ден дакъа текхадойла ахьа.
77  Да-нана къинтIера ма долийла хьуна.
78  Со волуш бен Дела къинтIера ма волийла хьуна.
79  Ас куьг хьаккхалц, лазаро хьийзавойла хьо.
80  Декъаш йукъахь лехийла хьо.
81  Хьайн зуда йелла вуьсийла хьо къанвеллачу хе
      нахь, хьажа верас воцуш.
82  Дала хьайн аьлларг ца хуьлуш вуьтийла хьо.
83  Дела даа ахь хIара дуьне къаьхьа.
84  Хьайн доьзало чIир оьцийла хьоьгара.

*  ДIайаздина Г1уран( декабрь) бет
-тан 10-г1ачу дийнахь 2009 шарахь.


Рецензии