Песня колыбели
Аланза йиси-кха цхьа назма некъа
Нанойн а, ца кхуьуш шайн к1ентий хьаста.
Г1ораза, йишхаьлла, берийн мохь хьекъа.
Хеназа доьг1на ду масане къаста...
Марздала доьллучохь дезарш а дуьтуш,
Безараш кхелхаш бу, сий жам1е екъа.
Хьийзабо мохк-аре, берза ца буьтуш,
Жима а, воккха а цхьатерра иэга.
Кхане хьан, Нохчийчоь, узамца ийна,
Генара аз дахьа: до1анаш г1ийла.
Дайшкара г1иллакх а, дош а ду зийна,
Нуьцкъала "серло" а т1еоьцу шийла.
Урамаш д1атийна, тар тесна хета,
Аганан тахконза мукъама-м хеза.
К1айн мархаъ 1аржъелла, ж1аьла а лиэта,
Сонера маша а лесташ бу - беза.
Дицдала ца дуьту хилча а кийча-м,
Туьйдарга дахана стигланийн иэт1ар,
Тезетийн шорталла, мехкарийн тийжам,
Кхоамза мохк хьешар, атта вай хетар.
Б1ешераш дазделла б1аьрхишца ненан,
Кхохкарийн назманаш лезна ву х1ора!
Ойланийн урчакхо некъ бина гена,
Т1унделчу б1аьргаша уьш кхайкхадора...
Кханешка сатийсам азбала боьлла,
Ихина заманаш марзъяла йоьлла,
Дезна мел хиллачул моттазниг тоьлла,
Да вийна дин санна, хьийзаш ю ойла.
Дависа, некъаза ялхийна назма!
Мерзачу маттара мохь тоьхна ала!
Дег1аста, до1анца дихкина рузба,
Ламазехь х1оьттина, хьо маьрша яла…
Свидетельство о публикации №224082100554