Публицистика
ХАЛКЪАЛАХЬ БЕХАР БУ АЙДЕЛЛА СИЙ»
Шайхаш ца ийзало
Паччахьийн ачох
Йа элийн совгIаташка
Сатесна бац,
Маьрша бу ойланехь
Далла тIе кхочуш,
Стигналца гергарло
Цкъа хаьдда дац.
(А.С. Пушкин
«Хиндолчух
кхуьучу Олегах эшар»)
Инзаре боккхачу дегхьааман кхоъца тIеэцна Нох-чийчохь, бусалба къоман къонахех дозалла дечу ой-ланехь мел болчу книгашъешархоша, Заурбеков МасъIуда бакъйолчу материалийн бух тIехь йазйина «Шейх Али Митаев (патриот, миротворец, политик, гений – эталон справедливости и чести)» ц1е йолу исторически повесть. Книга оьрсийн маттахь йазйи-на хиларна, цуьнан цIе нохчийн матте гочйан ца гIерташ, йитина ас. Дукхах дерг зорбанан аьттона а, оьрсийн дешархошна вайна тIехь лелла Iедалан хар-цонаш шуьйра йовзийта Iалашонца йазйина хир йу МасъIуда и повесть оьрсийн маттахь. Иза иштта де-лахь, дацахь авторо гойту оьрсийн къомаца нохчийн къоман мостагIалла цахилар. Нохчийн гамо оьрсийн пачхьалкхан Iедалан йамартчу политикица хилар, цунна дуьхьал (харцонна) къовсам къомо цкъа сацориг ца хилар чIагIдо Заурбековс книгин чулацамехь. Книгин автор вайн махкахь, цул арахьа вевзаш волу, башха похIма долуш, тоьллачарах Нохчийчоьнан журналист ву. Вайн махкахь тIом гIаттале дIадаханчу «перестройкин» шерашкахь дуьйна «Исламан зIаьнарш» газетан редактор хилла Жимачу-АтагIара, Заурбеков Жунайдан кIант МасъIуд. ШолгIа тIом Нохчийчу баллалц долчу хьалхарчу шерашкахь МасъIуда биначу балхо бусалба дин дезарца, иза къомалахь даржош лардарца, халкъалахь эвлайаийн хьехамаш кхайкхорца, гIиллакх-оьздангаллин, синкхетаман мехаллаш дийна латтош, Iуналла дарца цIе йахханчу шайхех, эвлайаэх, къонахех лаьцна цо йазйинчу материалаша, хаарш мелла шорлуш, серладовла аьтто бинера вайн махкахойн. Амма вай оцу хенахь харцахьа хьовзийнера вешан дахаран къилба, ткъа цо вай мича кхачийна, вайна гайтира хьецалуш т1ебаьхкинчу къизачу т1емаша. Заурбеков МасъIуда, ша Эвтарахь воIда йолуш велахь а, ша арахоьцучу газетан «Исламан зIаьнарш» агIонаш тIехь дуьйцура, вайн махкахь лелош долчу шина тIарикъатах, церан шайхех, эвлайаэх, молланех, вирдех, устазех, вирдийн вежарех лаьцна дог хьостуш, безамехь керланаш. Дала мукълахь, МасъIудан аьтто бала там бу и газет арахецар йуха карладаккха. Нохчийчоьнна, гондхьарчу лулахошна, дуьненна вайн къоман Iар-дахаран Iуй бевзича бен, кхоллалур дац адамийн кхетамехь вайх (нохчех) лаьцна бакъдолу дуьззина васт. Нохчех лаьцна Россин хаамийн гIирсаша, эхь дайначу йаздархоша, историкаша дуьненан халкъашлахь кхол-ладалийтина дастаме васт нисдарехь Шайх Мансура тIера дуьйна МитаевгIеран доьзалца цхьаьна, - хас-таме, сийлахь болх бу Заурбеков МаъIуда бинарг и керла книга арахецарца. 1994 шарахь «Кунта-Хьажин дахар дуьйцуш, 2004 шарахь «Ислам: со-циакультуран-Къилбаседа Кавказехь долуш дерг» цIе йолуш В.А. Акаевс йазйинчу шина книган санна, мах хадо йиш йолуш болх бу МасъIуда бинарг. Иштта мехалчу книгин зорбане даьлла терахь 3000 экземпляр бен дац. Иза Iаламат кIезиг терахь ду оцу тайпанчу жайнина. И книгаш Iовдин цIен тIехь воIда сецначу нехан доьзалшка кхачо тоьар йац цхьацца экземпляр а. Иэца уьш карош йац, ткъа и йеша хьаьгнарш, книга йолчаьргара и йеха, рогIе хIиттина Iаш бу. Книгаш кIезиг арахецарна-м МасъIуд бехке вац. Вайн заманахь книга зорбане йаккха шортта харж йан йеза, ткъа журналистан йа йаздархочун таронаш зарзйелла хуьлу вайн махкахь даима. Цундела, оцу барамехь мукъана, уьш зорбане йохуш харж йиначу Джабраилов Хьусайнна, даггара Дела реза хуьлда, баркалла ала догIу (кху тIеман шерашкахь йерриге Нохчийчоьнна гIо деш схьавеанчу). Хьусайнан комаьршалла бахьанехь девзина вайна, Россехарчу оьрсийн дешархоршна Эвтарарчу шайхийн, церан тIаьхьенийн къаьхьа хала дахарх долу бакъдерг. И къаьхьа бакъдерг девзича бен хаа йиш йац, Iедалан харцонна тIаьхьа ца хIиттинчу шайхийн, эвлайаийн доьзалшка кхаьчначу баланех дерг, цара нохчийн къам бусалба динан, вархIедайн оьздангаллин къилбанах ца тилийта, иза къоме ца хийцийта, цара шайн дахаран масалшций, весеташций, вирдашций цIеначу Делан некъах дерг, муха лардина. Заурбеков МасIуда Эвтарарчу эвлайаийн доьзалийн хала дахар гучудаккхарал сов, дIайаьхна царна, кхин болчу Нохчийчуьра шайхашна тIера харцонца Iедалой, цу Iедална бохкабеллачу дин доцчу мунепикъаший тIехьекхна аьшпийн нехаш, ачонан диларш а. Книгин авторо далийна мехала Нохчийчуьра, Ростовера, Калугера, Москвара архи-вийн тоьшалин кехаташ. Цара гойту, мостагIаша Iовда, Iели, Iумар, Хьамзат а, мел бехке веш харц бахьанаш хIиттийнехь а, тутмакхийн доьналлица лела харцо, доцург цара къобаллица тIе ца лацаро а, уьш бехке цахилар. Эвлийааша цIена, Делан некъах ца туьллуш, дIадаьхьна дахар, мостагIийн пуьтийн холанаш к1ел хьуллург цахилар гучудоккху МасъIудан жайно. Повестан исбаьхьаллин агIонашна варкъ даккха, уьш бIаьрла йаха ца гIиртина автор. Иза кхузахь йа оьшуш а дац. Кху-захь коьртаниг «девнан» кехаташ таллар, цара гучу-доху тутмакхийн, даржашкахь болчу церан «кхоьла-хойн» а амалийн аматаш довзар, церан иэделлачу кочарех васт хIоттадар а. И декхарш кхочушдан МасъIуд кхиамца ларавелла. Сюжетан чолхенаш ца-хиларо ларйо повестехь буьйцу МитаевгIеран доьзалца боьзна хиламаш, произведенин дIахIоттам (композици) литературни ламасташ лардеш вовшах-тоьхна хилар. Меттан говзалла къорггера, шера кхе-тош вовшах тесна йу авторо, цундела дешархочун хиламашка хьашташ кхоллар паргIат ду (бертаза дешархо тIаьхьавазор доцуш), произведенин ис-баьхьаллина а, суртхIотторан авторан корматаллина чекхъхьежар дац аса Iалашоне эцнарг. Амма, ала догIу, уьш кху тайпана исторически произведенина чохь оьшшучул долуш ду. Книга «Шейх Али Мита-ев…» пхеа декъехь йу, шена чохь дешхьалхе, довзи-тар, дештIаьхье йолуш. Доцца чулацамах дерг аьлча, дешхьалхе, довзийтар а дIадаьлча, Iовдин (Бамат-Гира-Хьажин) дахарх, цо Делан лай хилла дIабаьхьначу чолхе, хала, къоман гIайгIа-бала шена тIебазбина тIерикъатан некъах лаьцна, и некъ цо чувоьллинчуьра (Калугера) Iедалах къайлах Нохчийчу. Эвтара а веана, шен кIантана Iелина тIебилларх лаьцна дуьйцу МасъIуда. Книгин хьалхарчу декъехь вайна хьалхахула, гуш санна, чекхдолу Кунта-Хьажин мурд хилла 1овда лелла шераш. Устазо (Кунта-Хьажас) шен мурдийн тидам Iовдина тIехь сацийта, царна Iовда шайлахь Дала къастийна вуй хаийта, Iовдин караматаш гучудохуш хилла, мурдашна цуьнца ларам болуш, гамцалуш, хьагI лацар доцуш хила дезий хоуьйтуш, уьш цунах хьегаре йа ачоне эгна, дакъаза ца бовлийта. Авторо Iовдин караматех книги тIехь масех бен ца далийна, амма халкъалахь дуьйцуш уьш дуккха ду, шайх лаьцна кхин жайнаш йаздалла. Дегайовхо йу вай, тIейогIучу хенахь Iовдин, Iелин, кхин болчу шай-хийн, эвлайаийн караматаш керлачу произведенеш-кахь йаздийриг хиларх. Оцу книгин хьалхарчу декъ-ехь го вайна, мел хала чекхдолу Iелас шен дегара, Iовдера, тIарикъатан устазалла схьаэцар. Iелас, и болх тIе ца лоцуш, шен дена дуьхьала далош долу бахьанаш доккхачу мехала ду дешархошна. ХIунда аьлча цара гойту, Делера шена цхьа хаамийн билга-лонаш гучуйевлча бен, устазалла цо (Iелас) шена тIелаьцна цахилар. Iовдина гуш хилла шен доьзал-шка буссур болу бала, амма эвлайаийн бакъо йац Делан кхоьлах ида, иза хийца ала, латкъамаш бан, Делан Тептар тIера шаьш дIабайийта ца лаахь. Цун-дела севцна Кунта-Хьажа, Iовда, Iели, цуьнан доьзалш а, кхечу махка дIа ца кхелхаш, Дала шайна, шайн къомана беллачу бали кIел. Вайн махка мел боьссинчу гIайгIа-балин алсам долу дакъа шайна тIе оьцу Дала шена гергахь къастийначу наха. И цара тIелацар бахьана долуш, ду вай, кху Лаьттан букъ тIера нуьцкъалчара дIахьаькхна, кхача ца луш, схьадогIуш. Дала церан орцанах, бинчу динан хье-хамех, йоьIан бIаьрг санна цара лардайтинчу гIиллакх-оьздангаллех, битинчу т1арикъатан некъах ма хьегадойла вай тIейогIучу заманашкахь. Книгин шолгIачу декъо довзуьйту вайна Iовдин Iелас, халкъ динехь, цхьааллехь нисдан гIерташ, къоман бартбар хьалха даьккхина некъ бар. Iелина лууш ца хилла вай тайпанашка, гарашка, некъашка, вирдашка, хьал-таронан
озабезамашка декъадала Цунна лиъна вай, цхьана динехь, нохчийн мотт, гIиллакх-оьздангалла долуш, цхьа къам хилла, бусалба тобанехь даха. Цундела далийна МасъIуда шен книги тIехь гергарчу маьIнехь Iелин дешнаш: «АллахI цхьаъ вечийн а, ца вечийн а бен кхин тобанаш йац дуьненчохь Дала къастош!» Оцу дешнаша гойту, вай декъадалар мел зенехь ду вайна, мел пайдехь ду вайн мостагIашна. Iелина вай барт болуш цхьа къам хила лиъна. И лаам бахьана долуш иза Iедало хIаллаквина. Кху тIаьхьарчу 15 шарахь вайна тIебоьссина тIеман бала вай декъадаларан тIаьхье йу. Боккха синъIаткъам, деган къахьо йуьту кийрахь кхолагIа, доьалгIа кни-гин дакъош дешча. Дуьненан йолхалгIачу декъан пачхьалкхан уггаре къизаллина, харцошна, йамарт-лонашна говзачу кхерамазаллин структуро (бакъ цIе-м чалтачийн гIера йара цуьнан) ОГПУ-с, тешна-бехкаца шайна тIе а воьхий, лоций, дIасацаво Iовдин Iела 1924 шеран Оханан (апрель) баттахь. Шена хуьлуш берг тешнабехк буй хуъушшехь, Iела тIевоьду гергарниш, бевза-безарш, шен мурдаш, шеца уьйраш йолу нах ца хьийзабайта муьжгийн Iедале. Доллучул Iеткъаш, дешархо бIарзвеш дерг ду, Делан мостагIчо, Ушаев Мазлакъий, цуьнца Iедал гуй дожучу хьадалчаший хIиттийна харц те-шаллин кехаташ дешча, кхочуш болу дегалазам. Йуха и кIилло–йовссарш шаьш вовшашна айк-хйуьйлуш, и харцо гучуйоккхуш долу тешаллаша гойту вайна, харцонан цамза гали чохь хьуллург ца-хилар. Амма и харцонаш, аьшпаш бакъ цахиларан тешаллин кехаташ сов мел довлу, ОГПУ-н чалтача-ша Iелина тIехь деш долу таIазарш сов доху, йа-мартлоно, харцоно заздаьккхина зама хилла царна шайн оьмарехь кхаьчнарг, Делера бен дала орца до-цуш. Кхин хIумма ца хилча, Iелин, Iумаран а (вежа-рийн) набахтехь даьхна суьрташ тоьар ду, Iовдера цIийнера шапаIат лоьхуш болчу мурдийн дегнашка лазарш тохийта, уьш лелхийта а. Амма зама йоцуш ца лела Делан кхел. Iовдин Iелас советан Iедална дуьхьал дина цхьа зен Iора даккха шайн доццушехь, ОГПУ-с кечдинчу пуьтийн кехаташна тIедоьгIна, советан Iедало каш-лаьхьта доцуш, мичахь ву ца хоуьйтуш, къайлавоккху Iовдин Iела, тоьпаш тоьхна шаьш аьлла цунна кехаташ хIиттийна. Ткъа ларвеш хиллачу хехочо, тIаьхьа баханчу гергарчаьрга, иза шайна цхьанне хIун ду а ца хууш, къайлаваьлла аьлла. Кхин иза хоьттуш кхуза схьацалелар тIедуьллуш. Кхин билгалдаьлла Iелех лаьцна хIума цахиларо, тайп-тайпана ойланаш кхуллу, боху авто-ро. Набахтин хехочо аьллачу дешнаша дегайовхо йуьту Iелин (Велин олу цунах цуьнан мурдаша) мурдашна, шайн устаз Делан лаам хилахь, мичча хенахь Нохчийчохь йуха гучувериг хиларна. Илс-хан-Юьртарчу Хьажин мурдаш санна, шайн устаз Iовдин Iела варе сатуьйсуш, иза валавар Деле доьхуш, цуьнан Делаца нисйеллачу йукъаметтиго иза шаьш кхайкхича орцах вериг хиларх (Делан пурбанца) даггара тешаш, зуькарш до Эвтарахь вирд долчу мурдаша. МасъIуда шен книги тIехь гойту, мел чIогIа кхоьруш хилла советан Iедал Iовдин цIийнан охIлано нохчийн къомана бен болчу хьеха-мийн тIеIаткъамах. Оцу кхерамо хIаллакбойту цуьнга (Iедале) Iелин ваша Iумар, йалхийтта шаре валаза волу Iелин кIант, Хьамзат а. Иза кхелха 1940 шарахь шен 27-гIа шо долуш. МитаевгIеран доьзалх схьадаьлла стаг, зуда даима КГБ-н бIаьрг, лерг тIедоьгIна хилла хилар, цIахь, арахь, дIа мел бокк-хучу когаца, хуьлучу къамелаца уьш сема ларбина Iедало. Эвтарахь, шайн вархIедайн декъа тIехь, нах санна, охьаховша йиш ца хилла церан. Амма, Iедало мел луьра кхерамаш тийсарх а, мел тIехь къизалла лелайарх а, наха дIатесна ца битна уьш. Книга йеш-ча таро хир йу дешархочун Iовдин цIийнан охIланаш берриге а цIерашца бовза а, церан дог-ойланех кхиа а. МасъIудан книгин пхоьалгIачу декъехь дуьззина дацахь холкъалахь, мурдашлахь а лелаш долу Iовдин Iелин васт девза вайна. И васт кхоьллина мурдийн дагалецамех, Iелин нийсаройн, цуьнца тоба динчу мурдийн, гергарчийн, цуьнан хьуьжарехь дешначу Iеламнехан дийцарийн, йаьхначу назманийн байтийн а талламашкахь. МасъIудан книга йешначунна девзар ду Iелас шен мурдашна тIедиллина важаб долу–3, суннат долу–8 вирдаш. Дийнахь, бусий и цхьайтта вирд доккхуш, зуькаран мукъамаша дегIе шовкъан асар хьо-дуьйтуш, хьанал къа хьоьгуш шайна рицкъа лохуш, вайн махкара массо устазашка кхойкхуш, Далла Iамал йечу нахера хIун зен долу Iедална?! Иштта кхайкхар дека-кха МасъIудан книгин массо агIон тIехь. ХIун зен хуьлу д1ах1оьттинчу Iедална, Iовдин цIенна (тахана ца Iебаш) цергаш хьекхош болчарна (ишттанаш нисло-кх вайна йукъахь), тIекхуьучу мурдийн чкъор Дела везаран марзонах кхеташ, шайн доьзалш иманехь кхиош, нохчийн къоман оьздангалла ларйойтуш, шовкъан белхарехь Деле шайн устазехула шапаIат, гечдар дехарх, хьанна зен долу оцу мурдийн 1амалйарх?! Делах кхерар, цуьнан цIарца Iамалш йар ду-кх Iовдин Iелас, кхечу эвлайааша санна, шен мурдашна, нохчийн къомана тIедилла гIиртинарг. Заурбеков МасъIудан книгин турпалхой къеггина масал ду вайна массарна, даха Iама. Далла 1ибадат деш муьтIахь хила, къомах, Даймахках дог лаза, хьанал, хьарам къасто, доьналлехь, ийманехь, оьздангаллехь нисдала, дешаран кхетам лакхарчу тIегIан тIе кхачош къахьега а. Шена са, дарж лоьхуш, халонех уьдуш, махкана, халкъана тIе бала боьссича, шен са дадийна лела ца везий хоуьйту вайна, сийлахь-нуьречу, Iовдин Iелин васто. Са йаккха, дарж дIалаца аьтто бара Iелин компарте ваьлла хиллехь. Шен доьзалций дIавуьгуш хилла иза Чермоев Тапас, Нохчийчохь нефтан да хилла волчу, ша махкара д1авоьдуш. Парте ца волу иза, Дела вац бохучарах цакхетархьама. Тапица кхечу махка ца воьду иза – Даймахк, шен къом балина к1еллахь цаитархьама. Эвлайаийн дийванехь Дала шена тIебиллина Нохчийчоьнан бала шен къомаца, алсам долу дакъа ша Iовшуш, бекъна цо. Эвлайааша, къонахоша шайн халкъана тIе хала мур беъча, бовда, ловчкъа меттиг ца лоху, - уьш цу халонах халкъ, Дала шайна деллачу хьуьнарца, хьалха даккха хьовсу йа хIаллакьхуьлу, амма мостагI шайх кхарда ца во. И дерриге шен книги тIехь бIаьрла схьагайтина Масъ1уда. Дала аьтто бойла МасъIудан кхин дIа эв-лайаийн дахарх, цара Нохчийчоьнан синмехаллаш ларйарехь дина гIуллакхаш Iора дохуш книгаш йазйан, зорбане йаха. Кхин цхьа хIума луур дара: шолгIа арахоьцийла хIара книга, мелла сов-даьккхинчу терахьехь. Ткъа нохчийн матте иза гочйайтича дукхахболчу нахана вайн махкахь кхета атта хир дара цунах.
Вайна гражданаллин кхетам оьшу
ТIеман 1адорах, тхьоздолорах мел довлу, дахар маьршачу гIоде мел доьрзу, гучудолу, мел даккхий зенаш хилла Нохчийчоьнна (бахамаш, Iалам хIаллакдарал сов) къаьсттина тIекхуьучу тIаьхьенан гIиллакх-оьздангалла дIахIоттарехь. Цу балхана бехке-м, шена догIучу алсам долчу декъана вайна Россин Iедало Дудаевгахула цхьанаматтара хила чу-беана тIом бу, амма вайн оьздангалла гIелйалар ген-на хьалха доладелла ду. Цхьабакъду, тIамо вайна хуьлуш болу и эшам сихха, къеггина гучубаьккхи. ХIунда аьлча оцу шина тIамо нохчийн божарий доьзалшна хьалха шайн долчу декхарех бохийна, хера боху. Хьанал рицкъа лаха болх боцуш буьту, бахар-бахкарна маршо йоьхку федералийн эскарша блокпосташкахь, «зачисткашкахь» къизаллица таIазарш деш, йа тIепаза бойуш х1аллакбира боьрша нах. Цундела доьзалаш хене бахаран дукъ дуьззина зударийн кочахь дуьсу. Нохчийчуьра боьршачу на-хах федералийн герзийн Iалашонан гIакх йа федера-лийн, вайн жоьлкаша лелочу йохка-эцаран кийтар-лойн ижу хуьлу. Советан Iедало долийна нохчийн зуда доьзал кхиоран декхарех марша йаккхаран г1уллакх (эмансипаци) кху чохь лаьттинчу шина тIамо кхоччуш чекхдоккху. Нохчийн доьзалехь боьршачу стагехь хилла рицкъа лахаран коьрталла, доладаран куьйгалла дуьззина тIеман замано зуда-рийн кара ло. Доцца аьлча, нохчийн доьзалшкахь боьрша стаг шен зудчун, доьзалан жоьпан да цахи-лар ч1аг1делла д1ах1утту. Дуккха нохчийн доьзал-шкахь ч1аг1йелла дIахIоьттинарг йара «матриар-хат». Иза-м оццул цIармата хIума ца хила там бара, вайна хууш, цхьана хенахь исторехь хилла, лелла дахаран кеп йай иза-м. Оцу хьоле вайн къам даларна кхерам бу баьхнера вайн эвлайааша. Советан (муьжгийн) Iедал тIедоьхуш доIнашций, герзаций вайн нохчий оцу 1едалан хазачу аьшпийн кхайкхха-мех 1ехабелла хьийзинчу 1918-24 шерашкахь. Эв-лайаашна гуш хиллера цу хенахь дуьйна, доьзал кхетош-кхиорехь коьрталла, урх боьршачу нехан карара малделча, муьжгаша сийсаздеш долу дин гIелделча, нохчийн оьздангаллина, бусалба динна, къоман г1иллакх-оьздангаллин д1ах1оттамна вай-лахь хин болу иэшамаш. Амма вайх карзахбевлла-чийн лергаш къора хуьлу, бIаьргашна дуьхьал марха йогIу, Iилма, хьекъал долчех дагадовлар, цара тоьхначу дозанаш чохь совцар, царна осалалла хет-та. Экханийн (берзалойн) маршо хир йу аьлчхьана, диц до вай Iадаташ, ламасташ, дIатосу гIиллакх-оьздангалла, дин а. Зама цхьана муьрана бежалойн, хардангийн, 1уьт1анийн кара йоьду. Д1адуьйлало къоланаш, талораш, адамаш идор, дохкар, дайар, вовшашца мацахлера цатемаш, хьаьг1наш, ч1ираш нисйар, ницкъ болчара кхинберш охьата1ор а.
«Тхуна йукъахь шуна гур бац динан мурдаш, амма карор бу революцин мурдаш!» - бохучарна т1аьхьах1иттина 1ехаделла, галдевлла лелла хьалха д1айаханчу заманахь. Ткъа х1инца, гергарчу хенахь - зуькарш дар, сагIанаш дахар, мовладаш дешар а - Делан дин талхош ширк, бидаIат ду бохуш бохучар-на тIаьхьадаза х1иттинчара, нохчийн къам х1аллакьхиларан новкъа озийра, Россин лолаллина к1ехьара довла герта боху мекарло шайн йамарт 1алашонна к1ел йиллина, халкъ т1аммна йукъа уо-зийра. Тахана йухаберза ца туьгуш, лела цхьа нах дозанал арахьа бахана, цигара схьа д1овш 1еттош Нохчийчохь дисинчу халкъана реза боцуш. Дала къайле тайараша: Кунта-Хьажас, кхечу эвлайааша, церан т1аьхенаша баьхна, хьехна дитинчуьнга ла ца дугIуш, хьалха советан Iедале дохийна леладайти вай ваьш, ткъа х1инца дудаевг1аьрга кхийссити вай ваьш, шина тIеман к1урк1амане. Россин Iедало даи-ма вай шена дуьхьал дерзийта бахьанаш, хьелаш кхуллуш, вайна тIехь бохь богIар схьагойтуш йу ис-торин массо агIо. Россин Iедалан экспанси Къилба-седа Кавказехь йолайеллачхьана дуьйна, вайн тас-самна, гIиллакх-оьздангаллина, къоман ламасташ, Iадаташ, амалш, дин – малдеш, арахьарчу дахаран кеп, лайн г1иллакхаш йукъахь даржош, схьайеана зама. Нохчийн тассам бохучу дашо йукъалоцуш ду оьрсийн куьльтура бохучу дешан маь1на. Цундела культура бохучу дашо санна, тассам бохучу вайн дашо йукъалоцу къоман дерриге Iер-дахаран д1ах1оттам. Цо йукъалоцу къомалахь адамийн во-вшашна йукъахь, Iаламца кхоллайелла йолу йукъа-меттигаш. Цо чулоцу вайн доьзал кхоллабаларна тIера дIа эхарта дерзоран, цул тIаьхьа тIекхуьучу чкъурашна, ворхIе дайшна йукъахь лелла гIиллакхаш, оьздангалла, дин, болх баран говзал-лаш, садаIаран кепаш, кхин дуккха дахарехь ца хилча ца довлу хIумнаш Iамар.
Тассам боху кхетам муьлххачу къоман заманца хий-цалуш мехалла синчулацам бу. Амма цунах вай нийса кхетахь, иза данне дац, и мехалла къоман хIуьн тIамарера дуьйна кхечу куьце, хотIе йала йеза бохург (цхьадолчу къаьмнашна ишттаниг хила-м хилла терхьамехь). Муьлхха а къам, кхечу къаьмнех къастош, шен билгала башхаллаш йолуш хуьлу – иза (мотт, мукъамаш, хелхарш, Iадаташ, ламасташ, гIиллакх-оьздангалла, духар, динан некъ и. д1.кх.). Къоман тассаман хIора дакъа цу къоман йуьхь, са, башхалла лардеш, шен мехаллин маьIна долуш йу. Амма къам саметтахь хиларан билгало гойтуш долу дакъош ду: Дала ша дуьненчу доккхуш цунна белла мотт, орамаш хецна иза даха сецна мохк, йукъахь барт, низам латтош чIагIделла гIиллакх-оьздангалла. ГIиллакх – иза адмаша шайн Iер-дахарехь вовшашца йолу йукъаметтигаш дIанисйеш лардеш долу дозанаш, кепаш, амалаш, лерамаш бу. Ткъа оьздангалла бохучу мехаллин кхетам мелла шуьйра бу. Цунна йукъадогIу, адамийн гIиллакхел сов, вайн гондIахьара са долчу, са доцчу Iаламца хуьлу лараман куьцаш, кепаш, Далла йечу Iамалан цIано а. Доцца аьлча къоман тассаман коьрта гIортораш хилла лела мотт, мохк, гIиллакх-оьздангалла, дин, 1ер-дахаран кеп а. Цундела вайна хаа деза, мичара дуьйна малйала йоьлла вайн тассаман гIортораш. Вайн Iер-дахаран бухана, лардана, маца дуьйна хиллачу тIеIаткъамо (арахьара чудеанчу керлачо) дан долийна вайн Нохчоллина зенаш, зуламаш, иэшамаш, галдахарш. Дуьненчуьра адам 1есадаларна, Дала хIорд батIийтинчул тIаьхьа, Нохь-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) шен кеман тIехь кIелхьара даьхначу адамех доладеллачу хIух, схьадаьллачу зуьретах ду тахана дуьненчохь дехаш долу массо къам, нохчийн къам т1ехь. Шумерех, хурритех, хеттех, урартхойх, сарматех, хазарех, аланех хьакхабелла хилла бу 1илмано дийцарехь вайнехан кхоллам. Д1аиханчу эзар шерийн исторехь вайнахана маршо ца гинехь, даима т1емашца бен, вайга ларбелла вешан башха мотт, оьздангалла, тассам (культура) а. Мессапатамера дуьйна дахаран хьелаша кху махка къачийна, кхо-диъ эзар шарахь кху Къилбаседа-Кавказан лаьтта т1ехь (Нохчийчохь) баьхна, дIакхелхинчу дайша, кхунах 1ар-дахаран меттамотт беш, т1аьхьенийн туш кхунах дарна, хан йоккхуш ду вайн къам кху лаьтта т1ехь. Оцунна дуккха тешаллаш долуш ду терхьаман 1илманехь. Амма оцу терхьаман бехачу новкъахь, муьлххачу къаьмнашца вайн хьакхадалар нисдаларх, вайх лаьцна дуьйцуш дисначу йозанан тептарийн тешаллин баххашкахь, вайн маршонний, маттаний, махканий, тассамний, дерриге Iер-дахарна дуьхьал дерг, зене тIеIаткъамаш бар совдоккхуш дерг, т1е ца лоцуш, цу тайпана дахаран кепах уьдуш схьадеана вайн кьам, Россин пачхьалкхан Iедал, цуьнан эскар вайх тасадаллалц. Амма оцу 1едало вайн къоман дахаран кеп буххера дуьйна йохо г1ерташ д1акхехьна шайн политика, х1уъа дина вайна йукъахь лайн амалш йаржийта г1ерташ, вайна йукъахь шайна муьт1ахь хьоладай баржо 1алашо йолуш, т1аккха оцу вайн къомах бевллачу хьоладайх шайна тешаме г1ортор йан. Иштта йолу дахаран кеп т1е ца эца, г1аттамаш беш, леташ хилла вайн къоман къонахий: Адин Сурхо, Шайх Мансур, Таймин Биболат, 1аьлбиг-Хьажа, Харачойн Зеламха, 1абдрахьман Автарханов и. д1. кх. Российн паччахьан Iедало хьошу вайн маршо, дIалоций долара боккху мохк, нуьцкъала вайна йукъахь йаржайо муьжгийн амалш. Эвхьаза доккху вайна йукъахь маларш мийлар, мотт тоьхначунна мах луш – моттбеттар, чиновнико дечу г1улкхана кхаьънаш далар, суьдахо эцар марздо, зина магадар, акхаройн востара д1акхайкхадо вай дуьненна хьалха, дастаме довзуьйтуш, йемалдо вайн гIиллакх-оьздангалла, дин, харцахьа доккху шайн Iилманехь вайх долу терхьаман (историн) иэс. Николай - паччахьан, Делах даьлла Ленинан – ший 1едал, шаьш дохадале ларадира, нохчийн къоман лай-элий боцуш хилла йолу «нохчийн демократин» башха дахаран кеп йохо, шена муьтIахь вайнахах болу чиновникаш дебо, царна Iедалан куьйгаллехь шайна пайда эца 1амо. Ма-дарра аьлча, вайн къомах чиновникашна мехкан бахам шайн кисанашка бер-зоран чам бовзийта. Петр I-чунна тIера Николай II-чуьнца цхьаьна Российн Iедалера нохчашна гинарг харцой, къизаллий, йамартлонаш, тешнабехк бен кхин дика цхьа х1ума ца хилла. Ишттачу пачхьалк-хан Iедалан харцонна к1ел даьхначу вайн къомехь, кхечаьргахь, муха гражданалла кхуьуьйтур йара, б1е сов къаьмнехь лайш бина 1ачу Россино?! Меран бе-раца десте санна, шен оьрсийн халкъаца очйаьллачу пачхьалкхо, гражданаллин, культуран метта, оьгIазлой, цабезам биллина нохчийн дегнаш чу х1инццалц схьа. Иза нохчийн къоман бехкенна ца хилла. Нохчаша-м муххале, Iедало шегахьа болу хьежам дикачу агIор хийцаре сатуьйсуш, Россин армех боьлхуш, тIемаш бина туркошца, гIажарешца, йапонцашца, немцошца а. Амма дукхах долчу шен оьрсийн къомах бина, муьжгий нохчех бан Iалашонах йуха ца делира «Миклайн» Iедал. Нийсо, бакъо, низам (Конституци) ларйеш йоцу гражданал-ла нохчаша хIинццалц ца лаьцна т1е, йа хIинцачул тIаьхьа лоцур олийла дац шайн дахарехь. Амма оцу харц низамна реза хилла дакъа кхуьу ночашна йукъ-ахь а. Оцу харцонна реза хиллачу декъан маг1арера кхуьи бовлу, харц 1едална муьт1ахь чиновникаш, церан карахь гулло мехкан бахаман хьал, таро, шайн махкахошна тIехь куьйгаллин урх лелоран бакъо а. Цаьргахь гучуйовлу, уггар хьалха лай нехан амалш а. Цигара схьа кхета йолало вайн тассамна, гIиллакх-оьздангаллина иэшамийн, цамгарийн хьу. Оцу харцоно кхуллуш хилла вайн махкахь обаргийн, г1аттамхойн, дуьхьалонаш йархойн тобанаш. Обаргийн боламций, гIаттаман айадаларшций нохчаша йиначу дуьхьалонаша, зуламаш марсадахар бен, ваьшта ца даладо вайн тассаман, гражданаллин хьелаш. Iедало къонахий чубухку, Сибрех лоьхку доьзалшца цхьаьна, харцо ца ловш берш, Iехалой кху махкара гонахьарчу пачхьалкхашка кхелхаш д1абоьлху. Нохчийчоьнах къам гIакхдеш, къонахех хера доккхуш, цуьнан Iуналлех уьш ходуьйтуш болх д1ахьо къинхетам боцчара. Паччахьан Iедал хьошуш, цIийн Iоврийн тулгIенаш тIехь, нохчаша гIо а деш, чIагIделлачу советан Iедало, лай хилла къардала ца тигча, махках доккхуш, гулаган йийсар дира вайн къамах. 13-шарахь дихкина дара вайна гражданалла, тассам, «чеченец» боху дош зорбанехь йаздинарг а зуламхо вара, набахти чохь вахко везаш. Оцу дешан метта лелаш дара «спецпереселенец». «Къа ца хьоьгучо ца йуу», - бохуш, цу 1едало д1акхайкхинехь а, хьанал къахьоьгуш доккхучу рицкъанан барам доьзал кхабалур боцчу кIезгачу бараме балийнера большевикаша. ТIаккха хьанал болх беш схьавог1уш верг, шен доьзал хене баккхархьама, къолане ца кхевдича ца волуш зама т1ех1оьттира нахана. Цундела пачхьалкхан кхаш т1ера, заводера, х1ума йадон аьтто болчу муьлххачу предприятера х1ума лачкъор, къоладар марзделира нахана. Къола ца дича валалур вацара доьзалца хене. Т1аккха халкъо далах1оьттина белхаш бора, пхеашеран планаш къахьегарца хеназа кхочуш йора, амма хьанал рицкъи т1ехь доьзал кхиоран хьелашка дахар доьрзуш дацара. Дуьненан Йукъара Шолг1ачу т1амо гуттар ч1ог1а аьтто бохийра, дай т1аме д1абигначу доьзалийн. Ткъа 1944 шарахь махках дахаро, цхьа дегайовхо ца йуьтуш, бойу нохчийн къоман, мел дика хетачу Iедалах болу тешам, халкъан б1аьрг бодуьйту Iедалан куьйгалхойх (чиновникех). Йуккъерчу Азин мехкашкахь охьадужу къоман бIешерийн духаран куц-сибат, хийцало кхача, гIелло Iадаташ, г1иллакх-оьздангалла, дин, тIекхуьучу тIаьхьенна марзло хийра гIиллакхаш, амалш: эвхьаза долу маларш мийлар, г1елло воккханиг ларар, вовшашка нохчийн мотт бийцар, марзло кхиндолчу къаьмнийн эвхьазлонаш, соцу тассаман кхиар (музыка, суртдиллар, хелхарш дар, литература арахецар, нохчийн маттахь дешар и. д1. кх.), кийра буьззина лаьтта Даймахке сатийсам. Оцу хьолехь нохчийн гражданалла, тассам а,муха кхиа безара, уьш Деле, шаьш хьийзочу Iедална, неIалт кхайкхош, иза дохийта бохуш доIанаш даре бирзина хилча, кхиндолу махках даьхна къаьмнаш санна. Нохчийн къомах 1едалехь болчу хьаькамийн доьналла ца кхаьчна, къам дохош хилар шайна хууш хилча, нахе 1944 шарахь махках дахале, кхин шайн дан хIума дацахь, цу бехачу некъана кечам мукъане байта. Тешнабехк, йамартлонаш Iедалехьара ца хедаш, мел йаккхий чIагIонаш цо ша дIахIуттучу хенахь йинехь, схьадеана тахханалц вайн къам. Халкъан бала болуш, цунах дог лозуш, къоман дахар мелла аттачу даккха гIерташ Iедал нисделла дац вайна д1аиханчу заманашкахь. Ткъа Iедалах, цо къомана дина гучудолуш диканаш доцчу пачхьалкхехь гражданалла, муха, мичара кхоллайала, кхиа, ч1аг1йала йеза нохчашна йукъахь муххале а? Гражданалла шен Даймахке болчу безамо, пачхьалкхан куьйгаллехь долчу 1едалан дикалло, халкъана йукъахь цо нийсо, беркат, барт, мехкан рицкъа хьанал х1оранга д1акхачор латточу йукъараллехь кхоллалуш, кхуьуш а йу. Цундела адмашкарчу гражданаллин кхетам къеггина гучуболу пачхьалкхана т1е цхьа кхерам беача йа Iедалехь карчам хиларан мур т1ех1оьттича. Шайна тIехь лаьттинчу Iедало кхоьллина долу дахаран сурт шена товш хиллехь, халкъ 1едалехьа долий, кегарий уьйуш йолчу тобанашца къовсаме долу. Ткъа цу 1едална реза ца хиллехь, йуьстаха соцу, 1едал къуьйсучу шина тобанех шена муьлхарниг голехь хир йу хьоьжуш. Халкъан дуьхьа бу шайн къовсам бохуш, оцу зуламечу тобанаша, хьалхенгахь халкъо мел кхоьллина долу х1ума дохош, идош, ата доладо, шаьш оцу махкара кхелхина кхечу сайрат тIе дIадаха дохкуш санна. Оцу балхо гойту вайн граж-даналла, культура кхиаран барам, вайн йукъараллин оьздангаллин т1ег1анан барамехь хилар. Цхьабакъ-ду, оцу саьхьараллин кегаренашна йукъа гIерташ дерг, оьздангаллех доьхна, шайгахь лайн амалш гулйелла халкъах долу къеззиг дакъа бен ца хуьлу. Амма ишттачу наха, Iедалехь гулйеллачу жоьлкаш-на, аьтту-м боккху шайн йамартлонаш, къоланаш дIакхехьа. Гражданаллин кхетам холкъалахь кхиа, чIагIбала хьелаш кхолладалийта, 1едалехь болчу куьйгалхоша шаьш дечу къегийчу, даккхийчу гIуллакхашкахь шайх адамаш тешийта бахьанаш кхуллуш хила деза, т1аккха вайна тассаман хазалла, цIеналла, къомалла ларйан хала хир дац, иза ийма-нан хорша йоьрзур йу. Хазачу хабарех Iеха-м ло адамаш цхьана муьрана, амма цунах гена хьадар ца хуьлу. – Дашо краникаш чуьра эмкалийн шура, мех-кадаьттанах проценташ ца гира нахана, «Ичкерин» 1едало хилуьйтур йу баьхна йолу, Iедалан «хьаьвда-не» цу хенахь нисбеллачарний, къоланехь каде бол-чарний бен цабеара кара мехкан бахам.
Цара шаьш катоьхначух шайна чохь 1а гIаланаш йира, иномаркаш ийцира, кхечу пачхьалкхийн бан-кашкахь шайн т1аьхьенашна валюта дIадиллира. Иза вайн махкахошна гина х1ума ду, цу хенахь ке-гий хиллачарна т1ехь. Къоначу чкъурана дика го: цхьанххьа балхахь боцуш, шайн кертахь кхобучу бежанах, бешахь лелочу хесах хене бовлуш, гIиллакх-оьздангалла, къоман цIена йуьхь, сий лар-дан гIерташ болчу нехан дахаран къен хьал, ткъа катухучийн – токхе хьал. Оцу гуш долчу суьрто гой-туш йолчу башхалло тIекхуьучийн дайшкарчу оьздангаллех хилла кхетаман ойланаш хуьйцу. Оьзда волуш къен хуьлучул, мухха тасавелла баха-мах тасавалар г1олехь хетта царна. Хьарам, хьанал къестош 1ан собар ца тоьа. Х1унда аьлча, дукха хьолахь, катохаро во стагах ваха хууш верг, наха-лахь дош лелаш верг, нах хьесталуш, цIе йоккхуш верг а. Кисанаш деса долуш, дуьйцучу хазачу, ний-сачу, къинхетамечу хабарех гIаланаш хуьлуш йац. Вай мел дийцича а, къоман культура, гражданалла цхьана билггалчу йукъараллин дахарна, цу чохь лардечу низамна тIетевжина, цунна тIехь кхуьуш, заздоккхуш, лаьтташ мехаллаш йу. Ткъа оцу йукъа-раллин дахаран майданахь тIекхуьучу тIаьхьенашна масаллина дIагайта оьзда, гIиллакхе, вуонан аг1орхьара ала х1ума доцуш, дош лелаш долчу ада-мийн вастийн (д1агайта масаллин адамаш) оьшу вайна. Нагахь санна иштта ц1ена, шайн дешан дай болуш, д1абата, бийца къонахий вайн бацахь, вай йетташ йерг эрна бага йу. Коммунистийн Iедал дол-чу хенахь йара 1аламат говза х1оттийна, Къуръан чуьра схьаэцна йолуш санна, йазйеш д1акхайкхийна «Моральный кодекс строителя коммунизма». Цо хьоьхура, мухачу г1иллакхашца хила деза советски адам, т1екхуьуш йолу т1аьхье а, ткъа куьйгаллехь болчара оцу кодексо цабоххург дара деш, лелош а. Изза хир ду-кх вай тахана дуьйцуш долчух, вайн кегийрхошна д1агайта масаллина дика, цIена нах бацахь, цхьа а хьарамло шайца йоцуш, Дала, Элчано а (1.с.с.) дан т1едиллинарг кхочуш деш, цара хьарам динчунна гена бовлуш болу нах. Нахе хьарамчух ларло бохуш, х1ара дуьне д1акхаьллича шаьш 1ебар боцуш, кхаьънашка марзбела чиновникаш вайн 1едалехь мел бу, къаьсттина нохчийн къомехь гра-жданалла кхуьур йац. Хи коьртера дуьйна хьаь1аш ца хилахь, иза лахахь, когашкахь ца хьаьа олуш ду вайн къомо. Ткъа оьрсийн ду кица: «ч1ара коьртера бахкабала болало» олуш. Цундела вайн къоман гра-жданалла, тассам, оьздангалла кхиар коьртера (Iедалера) доладала деза. Iедалехь болчу цIеначу, хьаналчу, бакъонехь болчу нехан васт ду халкъана, тIекхуьучу тIаьхьенна къеггина ган дезаш, царах масалла оьцуш, дозалла деш, нисдала . Ткъа когашкахь къоман оьздангалла, культура вайн хьолкъалахь даима хилла, лаьттина йу, кин д1а лаьттар йу. Бартан кхоллараллехь йуьйцуш, баккхийчийн чкъуро т1екхуьучуьнга д1алуш, таханлерчу деношка кхаччалц схьадеана ду. Т1ейог1учу хенахь а, Дала мукълахь, лаьттар йолуш лу, 1едалш мел хийцалуш латтарх. Амма ша, къоман оьздангаллехь нислуш доцчу 1едало, шена оьшучу гражданаллин кепехь нисдалар халкъе кхийдор иэрна ду, оцу мехаллийн бекамашна ша к1елсоцуш дацахь. 1едало гражданаллин бехкамаш ларбеш хилахь, халкъ цхьаъ хилла д1х1уттур ду 1едалца бертахь . Бакъду, иллешкахь йуьйцучу культурина, оьздангаллина дан дезаш ду вайн замане хьаьжжина чекхъхьажар, цхьадолу хIумнаш цу тIехь вайн таханенца ца догIуш хила там бу. ДIайаханчу заманийн къоман оьздангаллин лехамашца йогIуш хилла къонахаллин амалш, цу хенахь эшна хилла хьуьнарш, таханлерчу вайн хьашташна, лехамашна зене хилар бен, пайда ца беш хиларна. Оцу «доьналлех» лаьцна ша къамел хила дезаш ду. Тахана нохчийн къоман пачхьалкх кхолларан лехамашна оьшу, нохчашна йукъахь нийсо чIагIйеш, бехбалаза, къоман, мехкан дуьхьа гра-жданаллийн кхетамехь гIарабевлла, шайна там ца лоьхуш йукъйихкина къахьегна, къахьоьгуш болу турпала къонахий. Ишттачу заманан турпалхойн гIулчашца нисдан деза вай хIораммо вешан белхан болар, тIекхуьу тIаьхье бакъонехь кхетош-кхиор а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобал дой-ла цуьнан) нохчийн къоман пачхьалкх кхолларан нийсачу новкъа къам дерзоран болх дIаболийчхьана, вайн махкахь гуш, хууш, вайн дахарехь халкъ паргIатдолучу агIор дуккха дика хийцамаш хилла.
Вовшахтоха, д1абахьа, мел хала хиллехь а, харжа-машкахь, къомо кхаж тосуш, кхоьллина дахаран ни-зам лард – Конституци, Парламент, Правительство, пачхьалкхан урхаллин структураш а. Эххар метти-гера Iедал хаьржина, вайн пачхьалкхан сурт дуьззи-на кхочуш хилла д1ах1оьттина – дисинарг хIораммо ша вол-волчохь хьанал, цIена гражданалла лардеш, болх бар, адамийн хьашташ кхочуш дар ду, ша нехан хьашташ кхочуш дан декхар вуй хууш. ХIара пачхьалкх (Нохчийн Республика) вешан йуй хиъна, хIораммо шен керт-кевнехь санна, тIаламца, Iаьвшина, халкъан бIаьрг тIехIуттучу, бузучу агIор гайта веза ша. Иза бу вайн гражданаллин коьрта кхетам. Оцу кхетамо, шеко йоццуш, денйийр йу вайн культура, цуьнца йоьзна йолу оьздангалла. Вайн къоман Iадаташца, гIилкхашца, динца йогIуш идеологи оьшур йу вайна. Хьалха хIоттийна Iалашо йоцуш, цхьа хIума до ша бохуш ара йаьлла тоба, къилба доцу хIордакема санна, мох хьаькх-хьаькхначу аг1ор д1асаидор йу. Вайн къоман тIекхуьучу къоначу тIаьхьенан кхеташ-кхиоран къилба галдаьллера хьалхенгахь. Пхьоьханах, теле-визорх, видеоцIарматлонех тешна битина дукха доьзалш бара. Iаламат мехала гIуллакх ду вайн мех-кан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчохь до-лийнарг. Къона т1аьхье кхетош-кхиорехь, зуда йа-дор, динехь керла тобанаш дебор дехкарехь, нарко-маница, алкоголизмаца къийсам латторехь а. Оцу балхана вай вешан доьзалшкара хьала: дешарийн хьукхматашкахь а, Iедалера охьа йартийн, гIаланийн администрацешкахь, маьждигашкахь - кегирхой кхеташ-кхиорехь, и зулам даржош берш жоьпе озорехь, дийнахь, буса мал ца луш къийсам дIабахьа беза, и дIовш махках даккхалц. Къоначу чкъурана ваьшкара масал эца меттиг буьтуш, гражданаллехь, тассамехь нисдала деза вай: божарий, зударий, къаной, Iедалан даржашкара чиновникаш – вовшашкара дуьззина нохчийн гIиллакх-оьздангалла гайтарца: хилийла иза бечу балха тIехь, Iер-дахарехь, къамелехь, вовшашца йолу йукъаметтиг лараме хилийтарехь. Хьалха ца бийцинехь хIора доьзалехь, телевиденехь, радиохь, гуламашкахь буьйцуш берг нохчийн мотт хила беза. Делопроизводство (гIуллакхийн йозалелор) нохчийн матте даккха хьовса деза. Чиновникашна нах хьийзабар дехка деза: компенсацеш дIайалар тIехь, пенсеш хитторна тIехь, реабилитацин справкаш йалар тIехь, ветеранийн цIар тIе къахьегна нах бахарехь, экзаменашкахь студенташкара, балха дIаоьцучаьгара кхаьънаш эцар сацо деза. Кхин. мел ду уьш, вайн бусалбналлица, нохчоллица ца дог1у х1умнаш. ХIинцалц и белхаш леллехь, тахана гражданаллехь, тассамехь ваьш нислуш, вешан тIекхуьучу тIехьенна вай марздан, тIелацийта гIерташ делахь, и хьалхалера, йуьхьдагаллин, цIармат х1умнаш Нохчийн пачхь-алкхехь вай магийта ца деза. Нагахь санна вай лак-хахь йийцина цIарматлонаш, заьIапаллаш вайн чи-новникашка лелайайтахь, магийтахь – вайн тIекхуьуш йолу т1аьхье хир-м йац, вай шайна хьоьхуш дерг схьалоцуш йа деш а, царна дахарехь гуш дерг кхин хилча. Дийцинчунна жамI вай дича, схьахIутту: вай (даккхийчийн чкъор) ваьш а цIандала дезаш хилар – ваьш х1инццалц магийтин-чу, ваьшна марзйеллачу сакте, айпе амалех. ТIаккха бен кхиам болуш хир дац вайн оьздангалла меттахIоттаран, гражданалла кхиаран д1адолор. Халкъо-м шен оьздангалла, шен ницкъ ма –кхоччу цена схьайеана, пачхьалкхан коьртехь долчу Iедало шен харцо тIекхуьучу тIаьхьенна марзйеш, зуламечу масалшца тIеIаткъам бешшехь. Цундела ду тахана хьалхарчу рогIехь Iедалера чиновникаш нисбалар, хьарамлонех ц1енна къастар, айпечу сутараллех, къоланех д1ац1анбалар оьшуш. Чиновникаш цIанбелча, цара шайгахьа халкъан тешам чIагIбала битча, къоман пачхьалкхе, цо х1оттийначу 1едале лерам сов бер бара, нийсо йаьржар йара. Iедалний, халкъанний йукъахь тешам, барт кхоллабелча, вайн къоман дахаре ирс хаьвзар ду. Оцу кхаа оьздангал-лин мехалчу гIортораша (нийсоной, бартой, ирсой) денйийр йу вайна йукъахь ворхIе дайшкахь хилла оьздангаллин «бIов», вайн тассам заманан лехамех йузуш, кхуллур йу бакъйолу Нохчийн пачхьалкхан гражданалла, иза вайн йукъара боккхачу Даймахк – Россина т1ейог1айелла, дика т1е1аткъам беш хир йу, х1унда аьлча и гражданалла Нохчоллех йуьзна хиларна. Нохчоллехь дуьсуш, вешан йуьхь, куц-сибат лардеш, вешан маттахь Iилма, философи йо-луш, бусалба дино ма бохху, Далла Iамал йечехь ваьш хила лаахь, вешан мехкан дола деш, нохчийн пачхьалкх йезаш вай делахь, дезар ду: божарий шайн доьзалийн, зударийн дола деш, царах жоп луш хила. Уьш, ша нийсачу дахаран некъахь латто; коьрта куйнаш (божарша), йовлакх (зударша а) тех-кина, дуьззина дегI хьулдеш духар лелош, корта хьовзош болу хIумнаш йукъахь лелочуьра дIадахна 1ан деза. Хьарам-хьанал къастош къахьега, вайн оьздангаллица догIуш доцу даздарш, къоначарна вовшен довзар, захало дийцар, цхьана билгалйинчу меттигашка дерзо хьовса деза. Телерадио переда-чашна гIеххьа бехкамаш бан, Далла Iибадат дар жимчохь дуьйна берашна марздан, стен, боьрший вовшех къаьхкаш кхиа Iамош хилча дика хир дара. Зударий Дала наной хила кхоьллина буй хоуьйтуш, уьш базаршкара цIа берзо беза. Тоьар ду божарий церан иждевеналлехь Iар. Зударшна ма моттийла со уьш кхерчах дIабихкина, чохь бахко гIерташ ву. Иза данне дац дагахь. Амма ненан Iуьналла доцу доьзалхо мелла акхаволу, цундела рицкъанна тIехьадовлий, бераш хеций ма дита, бах аса. Сан къамел шера ца нисделлехь, иза барамал сов дах-деллехь, со вайн цхьана кхетаме дало гIиртина шу-на: вайн пачхьалкхан гражданалла ца кхиъча, вай вешан пачхьалкхо беркате заз доккху агIонаш лоьхуш, иза кхуьуш, йехаш хуьлу таронашна къахь-оьгуш ца хилча, Iедалан коьртера дуьйна, вайн цхьаалла, барт кхочуш ца хуьлу. Коьртера дуьйла-лой вай, цIанлуш, гражданалла кхио, когашкахь-м къоман собар долчу декъо ларйеш ма йай и гражда-налла. Дала марздойла вайна оцу къоман цIеначу декъан собарца кхача. Дала гIодойла вайна коьртера дуьйна цIандала а.
ИМАМАН СОВГIАТ - ЦОЦИ-ЮРТ
Iаламат халий, къизий зама кхаьчна ши-кхо бIе шо хьалха баьхначу вайн дедайшка, Росси шен лолал-лин дукъ Кавказерчу къаьмнийн коча дилла йоьлча. Оцул хьалха вайн махках летта мостагIех (скифех, сарматех, аланех, монголех, гIажарех, ГIирмерчу гIезалойх) гIан тардина хилла вайн къомана оьрсийн эскарша. Хьалхалера мостагIий, шайн къиза талораш дина бевлча, шайн-шайн мехкашка дIабоьрзуш хилла, дукха хьолахь шайна зенаш, иэшамаш хуьлуш. Амма Россин паччахь шен эскаршца орамаш хеца вуьйлира вайн махкахь - йугIуьйтуш чIагIонан гIепаш, хьаннаш дIахьокхуьйтуш, некъаш дохкуш, мега мел долу латтанаш дIалоьцуш, цига баха гIалгIазкхий ховшош йа шайца тайна болу муьлххачу къоман нах. 1757 шо кхаччалц нохчаша, шайна йукъахь нийсонца кхиэл лело, куьйгаллина кхойкхуш хилла кхечу къаьмнийн элий. Амма уьш къам шайн кога кIел дерзо гIоьртича, нохчех хьал долу нах шайна тIеозийна, халкъ дуьхьала долуш хилла элашна. Нохчаша лаьхкина арахьара элий, шайна йукъахь айабелларш байталбаьхна. Нохчийчохь цул тIаьхьа Мехкан кхиэлан Iедал малделла, талорхойн тобанаш дебба. Зама кегайелла, зуламаш совдевлла, ткъа махках баьхначу гIумкийн, гIебартойн элаша, цхьаболчу нохчийн хьолахоша т1ехь Россига гIо дехна. Цундела 1783 шарахь дуьйна Россис инарла П. Потемкин коьртехь волуш, Нохчийчоь карайерзоран экспедицеш йолийна даккхийчу эскарийн дакъошца. Уьш чекхбовлу нохчийн йарташкахула: АтагIа, Чечана, Гиха, Шела, БухIан-Юрт йагош чимбеш, йалташ хьоьшуш, даьхни дIадуьгуш. Нохчийчохь, йерриге Къилбаседа Кавка-зехь хIоьттинчу хьоло кечбо Шайх Ушурмин гIаттам. Амма цу гIаттамах нохчашна зен хилар бен пайда ца белира. Цу гIаттаман йалх шарахь дуккха нохчийн йарташ хIаллакьхилира. Шайн хIусамех, тайпанийн туьшашкахь даьхна адмаш даьржира аьрцнийн хьаннашкахь, лаьмнан чIажжашкахь, бах-хьашкахь а. Лаамана йа цхьана муьрана ца даьхки-нера оьрсийн эскарш Нохчийчу, шен коьртехь Кав-казан сардал, инарла П. Ермолов волуш. I816 ша-рахь дуьйна туьрций, цIарций нохчийн къам хIаллакдеш чекхволу иза вайн махкахула бахаллий, шораллий. – ТIаьххьарчу нохчочун корта сайн ко-гашка карччалц, синтем хир бац суна, - бохуш, хьешна оцу чалтачо вайн латта. -Дала синтем ма лойла цунна эхартахь а, - боху доIа – сардам бисна вайн холкъалахь оцу сардалан хьокъехь. Цул тIаьхьа имам Шемалан гIаттамо шайн силсил йолайелла, орам хецначу йартех гIакхдина нохчийн тайпанаш даьржира йуькъачу хьаннашкахь, акхачу лаьмнийн даккъашкахь. Иэделла тайпанаш оьрсийн эскарех са дадийна лелаш, шайна кхерам герга гIоьртича, мич-ча хенахь шаьш долчуьра айаделла дIакхалха кийча долуш, хьал лаьттина вайн къомехь. Дагахь пач-чахьан Iедална къар ца луш, амма шайн ницкъ, герз кIезиг хиларна, къовсам шайн аьтто баллалц гIелбина, керла кIотарш, каппаш, йарташ йехкина нохчаша, шайна жимма тIемах маьрша хан нисйел-лачу меттигашкахь. Иштта иэделлачу тайпанех кхоллайеллачу кIотарех вовшахтоьхна йиллина йу со веха Цоци-Эвла. Массо йуьртахь хир ду бахар-хойн иэсехь дисина, шаьш тахана дехаш долу йар-таш йахкарх лаьцна дийцарш. Цоци-Эвла йилларх лаьцна ду шиъ дийцар. Шех кIезиг тешош хиларна, цу дийцарех цхьаъ доцца дуьйцур ду ас. Дийцаран хаамаш иштта бу: Цоцас, ша тIаьхье йоцуш, цхьа стаг хиларна, имам Шемалан бIо боьхначул тIаьхьа, паччахьан пурстопе, шена гондIахьарчу кIотаршкара нахе дехар дина бохуш, сту буьйш сагIа даьккхина, лулара кIотарш цхьаьнатоьхий, йурт йиллахьара аьлла. Пурстоп, кIотаршкара нах реза хилла, керла эвла Цоцин цIарахь дIайахана бохуш. И дийцар, схьагарехь, Цоцица гамо йа Iотта-баккхам болчара, цунна реза боцчара, цуьнан сий лахдан гIертачара даьккхина эладита ду. ХIунлда аьлча, Цоцин доьзалех виъ кIант ву шайн цIерашца вийца: Тоьпсуркъа, БIаьхо, Бахьу, МIаьчиг а. ХIара тIаьххьарниг (МIаьчиг) 1919 шарахь деникинцашна дуьхьала йуьрто бинчу г1азотан тIамехь воьжна, дезткъа шо сов хан йолуш шен. ШолгIа дийцар шеконаш кхуллуш дац, иза баккъалла хилла ала йиш йолуш ду. Оцу дийцаро хоуьйту 1790 шарахь шен цIийнада, Г1ойтамар, Шайх Мансуран бIон йукъахь хиллачу чевнех кхелхича, Цоцин денана (тайпана ширди йолу) МахкатIе йуьртан махках, Цоцин дай Iийначу цхьана кIотарара, Гермчига шен ден цIа йеана хилар, шеца пхиъ кIант валош. Цоцин дай тайпана мескарой хилла. Вайнехан тайпанех лаьцначу хабаршкахь (легендашкахь) «мескерой» боху дош «мезан кирхой», «мезкитхой» бохучу маьIнашца тидда ду цхьаболчара. Халкъан иэсехь дисинчу дийцаро гойту вайна оцу шина дашо наха шайн дахарехь бечу балхах, рицкъа лахарх тайпанийн цIе дIайохуьйтуш хилла хилар. «Мезкитхоша» накхаран мозий шаьш леладеш, и моз, цIоканех йа кхечу гIирсех диначу киташ чохь Iалашдеш хилар, цхьанаметта дIадохка аьттона. Ткъа «мезкирхоша» цу мезах шайн йохка-иэцаран кир дина, вайн махкахь нахана оьшшучул духкуш лелош хилар. Вайна хетарг ду аса йаздийриг, амма иза дац, шеконе дилла йиш йоцуш, дерриг бакъ ду бохург. Амма цу дешнийн маьIна лакхахь дийцинчух тера догIуш-м ду. Цоцин денанас Герм-чига МахкатIе мехкан кIотарара валийначу пхеа кIентийн цIераш йу: ГIайта, ГIойта, ГIаьчча, Зука, Мескер а. И кIентий баккхий хилча, йуьртан кхиэло баха ховша меттиг билгалйина Цоцин денанна шен пхеа кIенташца, хIинца ГIайтин гече олучу меттехь, гермичигхойн лаьтта тIехь. Вежарий, зударий ба-лош, шайна аьтто хет-хеттачохь ирзеш дохуш, охьаховша буьйлира Хуллоний, Джалкх–хиний йуккъехь йолчу йесачу меттигашка. Мескер, Зукий хIинцалерчу Мескер-Юьртан махка тIехь ваха хиъна (хьалхарчуьнан цIарах йу йуьртан цIе а). Зукин цIарах цоцанхойн махка тIехь барз бу. И барз, ша тIаьхье йоцуш висарна кхоьруш, доь доцуш ца ван, Зукас меха байтина бохуш дуьйцу. Бакъду, Зукас шолгIа йалийначу зудчун бераш хилла, церан тIаьхьенаш Мескер-Эвлахь хIинца йолуш йу бохуш дуьйцу церан тайпанан наха. ГIайтий, ГIаьччий хIинца эвлахь долуш долчу Даккин шовданехь ваха хиъна, ткъа ГIойта Куьйран-Бена ваха кхелхина ва-хана, шен стунцахой болчу. ГIайтин кIант Цоца, ГIаьччин кIант Оьлжа бевбовлуш Хулло-хица, хIинцалерчу Цоци-Эвлан коьрте, къилба-малхбузехьа баха хевшина. Цигахь тахана церан тIаьхьенийн динна урам бу. И зама тIеман тасада-ларш сих-сиха хуьлуш хиларна, тIаьхьалонна баха-маш дIахIиттош ца хилла цу хенахь наха, тахна вай санна. Оцу хенахьлерчу нохчийн дахарх лаьцна йаз-дина паччахьан эскарерчу эпсаро Климана: «ХIинца дуьйна гIаш, говрахь адам чекх ца далалучу хьаннийн кIоргенашкахь, мур баккха совцур бу нохчий, минотана синтемечу дахарх догдуьллуш, шайн хьашташ мелла кIезиг деш. Цундела царна даккхий зенаш ца хеташ хилла шаьш цкъачунна йина хIусамаш мостагIчо йохайарх. Амма царна каре дирзира оцу кепара хIусамаш миччанхьа сиха йар. Кху махкахь шортта йолчу хьаннаша, адам хьулдеш йовлучу бецаша къайлабохур бу кхерамна кIелхьара доьзалш, даьхни, миска йий-бар а. Мичча хенахь шаьш айабелла, къайлабов-ла биэзий хуучу царна кхин бахам оьшуш бац. Цундела луьстачу хьаннаший, лекхачу бецаший хьулбинчу кху махкахь хьесап дина вер воцуш йаьржина акхадаьллачу адамийн тобанаш, мич-ча хенахь тIамна гIатта само йолуш, къайла йевлла йан аьтто болуш, мискъал-зарратал шай-на хуьлуш зен, йа эшам боцуш. Оцу хьелаша те-шалла до вайн тIом иттанаш шерашка бахлург хиларна». Оцу эпсаран дешнаша вайн заманхошна нохчийн махках, къоман хьолах лаьцна тешалла до. Цара гойту вайн къоман тайпанаш, вархIадай баьхначу йарташкара бохорах лаьцна, махкахой акха бовларх, иэделлачу тайпанех керла йарташ, кIотарш, каппаш кхоллайаларх Нохчийчохь. Россис бIешерашкахь ца сацош бинчу тIемаша бохийна нохчийн тайпанийн бен, талхийна Iадатийн, динан, гIиллакх-оьздангаллин орамаш цигара схьа хилар. Цундела дукха ца йисна вайн махкахь деккъа цхьана тайпанах кхоллайелла хилла йарташ. Таханлерчу Цоци-Эвлахь ду шовзткъа сов тайпа, къаьсттина дукха бу беной, йалхой, гуной, ширдой, шуной, аьккхий, хьачарой, Iаьндий, мескерой, ихIарой. Цхьадолчу тайпанийн цхьа-ши цIа бен доцу доьзалш бу. И нах цоцанхойн махка тIе гулбелла Шайх Мансуран гIаттам хьаьшначул тIаьхьа, инарла Ермоловс вайн мохк караберзочу хенахь (I820-I840 шерашкахь). Имам Шемалан гIаттамна йукъахь хилла цоцанхой, тIе йуьртан цIе тиллар имам Шемала Цоцина дина совгIат ду бохуш дуьйцу. Цунна тешалла деш ду Цоци-Эвла йилларх лаьцна долу шолгIа дийцар. Иза суна дийцина сан йуьртахочо (Цоци кIента- кIента-кIентан кIанта) Кичиев Iумас. Дала гечдойла цунна, иза воцуш ву. Iумин воьалгIа да хилла Цоца, йурт шен цIарах дIайахана волу. Дийцарехь, хIинцалерчу цоцанхойн махка тIехь шайна аьтто бол-болчохь ирзеш дохуш, йаьхначу тоьланех йа дуьйцинчу зIарех хIусамаш хуьлуш, охьахевшина, тIамах къаьхкина, тайп-тайпанчу тайпанийн нах шайн кIотарш йохкуш. Оцу кIотаршкахь 7-8 тоьла хуьлуш хилла, мел йоккха иза йелахь. Цу кIотарийн цIераш: Цоци кIотар (7 кIаг); Йалхойн кIотар (7 кIаг); Iаьндийн кIотар (5 кIаг); Хизирин-Эвла (8 кIаг); Карун кIотар (3 кIаг); Тохтин кIотар (3 кIаг); Духцан-Дукъ (2 кIаг); Аьлтин куп (5 кIаг); Гисин куп (7 кIаг); Ма-цийн-Эвла (6 кIаг); Дехьа-Саьртал (4 кIаг); Сехьа-Саьртал (5 кIаг); Иэмане (I кIаг); ЦIен Iине (2 кIаг); Бахтаран кIотар (5 кIаг); Бабатан кIотар (6 кIаг); Исламан кIотар (3 кIаг). Оцу кIотаршкахь, дукхахьолахь, цхьана тайпана йа цхьана цIийнан доьзалш хилла: мескерой - Цоци кIотарахь; ялхой - Бабатан к1отарахь, шина Саьрталахь а; хьачарой - Аьлтин куьпахь; ихIарой, пешхой - Гисин куьпахь; Iаьндий - Хизирин, Тохтин кIотаршкахь; чертой - Карун кIотарахь. Иэманахь, шена ирзу даьккхина, доьзал боцуш стаг хилла, Иэма, ЦIен Iинехь – харачой, Мацийн–Эвлахь – беной, Бахтаран кIотарахь – шуной. Иэмас шен ирзу кешнашна дIаделла, ша велча, цу тIе дIаволла олуш. Цуьнан цIарах ду Цоци-Эвлан малхбалехьа боккхачу некъаца долу кешнаш. I839 шарахь ДегIастанахь паччахьан эскарша вохийна имам Шемал Нохчийчу (Бена) кхочу, ведда вогIий. Амма диъ шо хьалха дуьйна цуьнан имамалла къобалдина (I835 шо) цун-на гIодеш хилла Сесанара шайх Ташу-Хьаьжа, ЦIоьнтарара ШоIип-молла, ДаьргIара Жовтха. I840 шарахь Нохчийчохь гIаттам болабелча нохчийн баьччанаша Бекарг (март) баттахь Нохчийчоьнан имам хоржу Шемал, ДаьргIах гIаттаман шахьар йой. Бекарг (март) бутт йуккъе баханчу хенахь I840 ша-рахь имам Шемал шен бIоца ГIалгIайн махка гIоьртина Соьлжаца йолчу йарташкара нах гIазотана гIовтто дагахь. Амма цигарчу наха чIогIа дуьхьало йина, даккхий дараш хуьлуш, йуха вогIу имам. Пхиб1е тIемало вовшахтоха имама бакъо йеллачу баьччано, Оьздамара, шайн (шунойн) кIотара схьахьовзаво Шемал б1ан цхьана декъаца. Оьздамар цIе йаххана тIемало хилла Сесанара Хьаьжин бIона йукъахь, Дагестанехь дIаболабеллачу имам ГIеза-Махьмин, Шемалан гIаттамашкахь дакъалоцуш хьалхе дуьйна. Цундела шена дикка вевзаш хиларе терра, Шемала цунах шен наиб веш, 500 тIемалочун баьчча вар сацийнера иза. Оьздамаран луларчу кIотарахь Iаш вара Цоца, т1е доцуш цатору доттагаллаа дара цаьршинна йукъахь хьалхе дуьйна. Цундела имам Шемал шен хIусаме воссийтар доьху Цоцас Оьздамаре, хIорш богIий хиъча, дуьхьала вахана, шен кIотарна уллохула бевла баха безаш хиларна уьш. Цоцас масех уьстагI, бежан дайина, тойна хьалххе кечам бина, Шемалан сий деш,цуьнан б1о чукхайкхинера . Шен шолгIа кIант БIаьхо Шемалан бIоца гIазоте дIахьажаво цо цу буссехь. Цоцина гонахьарчу кIотаршкара тIемалой схьакхета Шемлан эскарх, Цоцех беркат долий. Шемал чIогIа реза хуьлу Цоцина, шаьш иштта дезаш тIеэцарна, шен кIант бIонах тоьхна, цо нах йохье бахарна. Цоцас, Оьздамара вовшахтоьхна гулвира 40 сов тIемало луларчу кIотаршкара. Цул тIаьхьа Шемал Веданах шен шахьар йина чIагIвелча, шен вешина БIаьхона, лечкъина тIаме тIаьхьа вахара Цоци 15 шо кхачаза волу кхоалагIа кIант Бахьу. Веданахь имам Шемалан тIемалой зуьйш, «БIон аре» олуш, цхьа меттиг хилла. Оцу «БIон арахь» Цоци 15 шо кхачазчу кIанта кегийрхошна йукъахь массарал каде, тIах-аьлла гойтуш хилла ша. Амма имаман кIантал ГIеза – Махьмел сов ваьлла, тола гIоьрташ ца хилла иза, шен тола хьуьнар кхочур доллушехь. ТIе имаман кIант кхул цхьа-ши шо жима вара, дегIана зоьртало хеташ велахь. Цундела дара цхьадолчунна Бахьун йухаийзавалар. Бахьу говр хьовзош, топ нийсалла тухуш, тур-шаьлта лелорца шен кIантал тола таро йолуш хилар, туосалора имамана, наггахь уьш къий-салучу хенахь тергалбича. Цкъа цецволу имам – иза шадериг цунна мичара Iемина теша олий, йуха къо-начу цу кIантах кхоам хетий, имама шена тIевоьхий олу цуьнга: - Бахьу, кхоам бу хьан жималлин, хьуна хIинца дахар девзина, гина дац, кху буьрсачу тIамехь хьо воьйтийла йац сан, сел жима волуш. Хьан цхьа ваша кхузахь хилар тоьаш ду. ТIе, ца ваьлла бен, дас шена йуххера дIавоккху кIант вац хьо. Хьайн цIа гIой, дена гIо деш, ас хьайга схьак-хайккхалц, воккхахуьлуш, цIахь Iе. Амма, бакъду, Цоцас хьо шен долара ваьккхина, дуьненахь, эхар-тахь сох хьан да веш, хьо йухахьажавахь, тIаккха схьава-м мегар ду хьуна. Маха Iоьттича мох дIаоьхуш дассалуш, жимло стеран ахкарг санна, хе-баш худаделира Бахьун дог, ша имама шена тIевехале хазахетарх дуьзна хилла долу. Амма има-мана хьалха дагазаллин цхьа дош ца олуш, шен дена дуьхьал веара кIант. ЦIахь шен дега (Цоцега) ша-дерриг ма-дарра дIадийцира Бахьус. Дог кхиира Цо-цин, имама ша, шен кIант зуьйш хиларх. Атта даца-ра Цоцина шен сих, цIийх схьаваьлла, сел жима доьзалхо шен воIлара ваьккхина, дуьненахь, эхар-тахь да веш (имам велахь а) Шемална дIавала. Дуккха ойланаш йира Цоцас, чIогIачу томкех луьдаг хьарчош йина цигаьркаш уьйзуш. Наха-м дуьйцура, Цоци эххар имам Шемала корта боккхур бу бохуш, и цигаьрка цо ийзаран бахьана долуш. Цоцас шен кIант кхачанах кхеташ, ламаз дечу йукъана бен ца сацийра шен кIотарахь. Йуха ша новкъа воккхучу Бахьуга Цоцас аьллера: - АллахI Делера, Элчанера (I.с.с.), шена мичча хенахь тешамечу соьгара салам-маршалла д1ало имаме. ДIахаийта, ас АллахI Делан цIарца чIагIо йиний, хьо, сайн кIант Бахьу, тахна дуьненахь, кхана догIур долчу Къемат–дийнахь, сайн долара ваьккхина, оцу имам Шемалан доьзалхо веш, дIавеллий. Нагахь санна и чIагIо йохо сан дагчу шеко эккхахь - ас дуьненчохь йоккхучу хенахь, Цу Веза Кхоьллинчу Дала эхартан Iазапах ма воккхийла со абдин-абдаллалц! Шен ден, Цоцин, лаам дIакхачо, ког ма-боллу сиха, Ведана вуха вахара Бахьу. Цо имамана шен ден чIагIо дIайийцира. Имамана хаара Цоцас шена велларг веккъа цхьа кIант хилла ца Iай - иза нохчийн къомо шена (Шемална), шена тIаьхьа хIоьттинчу бIона белла тешам буйла. Цундела шолгIачу дийнахь имама шен геланчаш хьовсийра Цоцина тIе. Царна тIедиллинера Цоцина шегара совгIат дар: гондахьарчу кIотаршкара тхьамданаш гулбина. Имаман геланчаша кхайкхина Цоци кIотара гулбечу тхьамданашна йукъахь эладита даьккхина даьржинера, цигаьрка уьйзучу Цоцина цхьа таIзар дан бахкийтина имамо шен геланчаш, бохуш. Амма геланчаша дIакхайкхина имаман омра нисса бIостанехьа хилира даьржинчу эладитанна. Геланчаша дIакхайкхира:- АллахI Делан, Делан Эл-чанан - Мухьаммад пайхамаран (I. с. с.), шен - имам Шемалан цIарах совгIат до Цоцина. И совгIат кхочушдар шуна, Хулло хица йолчу кIотарийн тхьамданашна тIедуьллу имамо. Ерриге кIотаршкара нах Цоци кIотарах схьакхети цхьа йурт йилла – Цоци цIарах йолуш. Дала тIекхуьу тIаьхьенаш ийманехь нисйеш, доьналла, йахь йолу кIентий дебош, декъаллой дIайазбинчу Делан тептар тIе йаьллачу Цоци-Эвлахь маьрша дахар лойла шуна, боху имама, - аьлла чIагIдира геланчаша. Гулбеллачу тхьамданаша сацам бира, бутт хан йукъа ца йулуьйтуш, имаман омра кхочушдан. Цоцас, даггара хастамаш беш Далла, имам Шемална, – гулбеллачу тхьамдашна, боккха сту бийна, сагIа даьккхира. Цул тIаьхьа Цоци кIотарна гонаха, Хулло – хин бердашца, баха охьахевшира гондхьара кIотаршкара нах. Имам Шемала дина совгIат бахьанехь, Цоци цIе йуьртан цIе хилла историна йукъахь йехаш йу. Йаха хьакъ хилла Цоци цIе историна йукъа. ХIунда аьлча, нохчийн къам ийманехь нисдеш, цунна маршо
йаккха, Нохчийчоь паргIат йаккха гIеттинчу дуьххьарлера имаман, Шайх Мансуран бIона йукъ-ахь кхелхина Цоци деда ГIайтмар. Ткъа Цоци ши кIант имам Шемалан бIона йукъахь мостагIех ле-таш, цхьаъ – воьжна, важа туркойн махка дIавахана. Цоцин уггаре жима доьзалхо, МIаьчиг, 1919 шарахь деникинхойх Цоци-Эвл ларйеш гIазотехь дIакхелхина. Цоца санна доьналла долуш, шен мех-кан, къоман дика-вонна садагийна нах кхечу йар-ташкахь бу. Уьш бовзар, биц ца бар, вайн къоман цIена орамаш лардар тIехь вайх цхьа йуьстах виса йиш йоцуш мехалла гIуллакх ду. Иза дIабаханчу (вайна йукъара кхелхинчу) нахана оьшуш дац, иза вайна, тIекхуьучу тIаьхьенашна оьшу. Вайн йиш йац манкурташ хилла даха, йа тIаьхьенех манкурташ хилийта. Мегар дац вай цадашарца дайша диначу гIуллакхашка хьиэжар. Цунах лаьцна суьйлий къоман цхьа кица ду: «Ширделла хьалха дIадаханчунна тIаьхьашха вай тапча йожаяхь, тIедогIучо вайна тIаьхьа йоккхатоп кхуьссур ю», бохуш. Цоци-Эвла историн агIонаш тIехь дуьххьара йуьртан цIарах йийцуш йу I840 шарахь дуьйна. Айдамиров Абузарс шен «Нохч-ГIалгIайн историн хронологи» тIехь йаздо: «I840 шеран Х1утосург (май) беттан 16 – г1ачу дийнахь цоцанхойн наиба Оьздамара гIумкийн элийн лаьтта тIе тIелатарш дина» (47 агIо). Оццу Айдамировн «Хронологи» тIехь 49 агIонехь йаздина ду: «Вевзаш волу нохчийн баьчча Оьздамар Цоци-Юьртара 500 стеган бIон баьчча чIагIвина I840 шарахь Эсаран, Г1уран (октябрь, декабрь) беттанашна йуккъехь - авторан тидам)». Оцу шерал хьалха Цоци-Эвла цхьанхьа хьахош йац йуртан ц1арах. Iилманча-кавказовед волчу А. Бержес I859 шарахь Тифлисехь арахецначу монографина тIехь йаздо 20-гIа агIон тIехь: Цоци-Эвлахь, цунна гонахара кIуотаршкахь (Иэманехь, Къу-Iинехь, МацIин кIотарахь, Саьрталахь, ЦIен-Iинехь, Ислам кIотарахь) 315 кIур болуш хилла, бохуш. Айдамировн «Хронологехь» кхин цхьаъ ду аьлла: I849 шарахь Г1ура (декабрь) беттан 12 – г1ачу дийнахь полковника Слепцовс шен таллорхойн гIерашца Цоци-Эвлана тIелатар дина. Оцу авторийн тешаллаша чIагIдо Цоци-Эвла йиллина хан I839-40 шерел хьалха цахилар. Хууш ма-хиллара, Цоци –Эвла доьазза йагийна паччахьан эскарша - I849 шарахь Г1ура (декабрь) беттан 12 – гIачу дийнахь Слепцовн талорхоша, I852 шарахь – инарла-адъютант эла Барятинскийн гIераша, йуха I857 шарахь Г1уран (декабрь) беттан 8 – гIачу дийнахь майор Ольшанскийн чалтачаша, доьазлагIа – 1919 шарахь Деникинан йовссарша. ШозлагIа «орсийн-нохчийн кампанехь» 40 – за чул сов «зачисткаш» йеш, Iазапехь йаллийна Цоци-Эвла. 100 сов стаг хIокху тIамехь докъаза, доьдоцуш вайна, тахана царах дерг къаьстина дац. Иштта дахаран некъ беш схьайеана-кх тхан йурт - имам Шемала Цоцина дина совгIат. Бакъду, кIотарш-м йурт кхоллайеллачул тIаьхьа хилла тхан махка тIехь. Амма I860-I880 шерашкахь, имам Шемал оьрсашка йийсаре вахана, эшийна чул тIаьхьа, паччахьан Iедалан чиновникаша некъ билла болийра Мескер-Юьртара Iаларойн-Эвла, Ялхойн-Махка кхаччалц. Шайна куьйгалла дан, тIехь бIаьрг, лерг латто атта хилийта. Оцу некъаца йолчу кIотаршкара нах цара йарташка берзор бахьанехь стамйелира Мескер-Юрт, Цоци-Эвла, Гелдаган, Куршлойн-Эвла, Майртуп, БIачи-Юьрт, Хосин-Эвл, Iаларойн-Эвла, ЖугIурта, Аьхкинчу-Борзе, Ялхойн-Мохк. Мескер-Юьртара дуьйна Iаларойн-Эвла, Ялхойн-Махка биллина некъ паччахьан Iедало оцу некъаца йолчу йарташкара нахе биллийтина бу, бахархошка ворданашкахь, «йогIучу» налогана дуьхьал, тIулг бохкуьйтуш цу некъа. Шемалан Iедал хуьйцуш оьрсийн паччахьан куьйгалла Нохчийчохь чIагIделча, пурстоп Цоци-Эвла некъ билларан гIуллакх нахана тIедожош веъча, Цоцас шен ко-маьршалла гайтира «хьеший» тIеэцарца, тайпанийн тхьамданаш, йуьртахой гулбина, сту буьйш сагIа даккхарца. Йуха Цоцас гайтира шен цIарах йурт хи-ла хьакъ хилар. 1919 шарахь Советан Iедал чIагIдеш Деникинна дуьхьал тIом барна цоцанхоша, «Ок-тябрьское» аьлла, цIе тиллира тхан юьртана, вай махках даьхначу хенахь. Цул хьалха Мусин-Юрт тиллинера, ОГПУ-н оперуполномочени хилла Кун-духов Муса тхан йуьртахь обаргаша верна. Вайн къам Йуккъерчу Азера цIа дирзича «Октябрьское» боху цIе тIера ца йолуш лаьттира пачхьалкхан кеха-таш тIехь. Амма йуьртахоша, махкахоша Цоци-Эвла олуш дара йуьртах. «Октябрьское» цIе йолу трафа-реташ йохош йа машенашца бух йохуш, мел хий-царх, ца йитара йуьртахоша. Эххар а «перестройка» йолайелча шен исторически цIе йолу трафаретка йисира йуьртана. Амма федералийн картанаш тIехь йурт тахана «Октябрьское» йу боху наха. Нохчийн къомо кху махкахь диса гIерташ, бIешерашкахь беш болу тIеман къийсамаш санна, тхан йурт йу-кх, тIаме гIоьртташ болчу къийсамехь, шен цIе ларйан гIерташ схьайогIуш. Дала бакъо толайойла, харцо эшайойла. Дала ийманехь, дешарехь, адамаллехь, къинхетамехь, вовшех дашарехь, бертехь, беркатехь, ирс аьттонехь совдахийла вай.
ГIАЗОТИЙН ЗИЙАРТ
1. Дуьхье кхийдар
Кхойтта шо махках къастийна даьккхина вайн халкъо гIиргIазойн, казахийн мехкашкахь. Нохчий-чуьра ши-кхо шо бен доцуш мухIажарш деш дIадигначу берех, школехь доьшучуьра йукъах-баьхна, кхалхийначу кхиазхойх кхиъна чкъор, хьо-галло кийра ботту некъахой санна, кхийдара, вай цIа дирзинчул тIаьхьа, шайн кьоман терхьаман (историн) хиламашка. Генарчу кIоргенашкара довза лаьара шайн орамаш, лоьхура фольклоран, тассаман (искусствон) исбаьхьалла, дайн гIиллакх – оьздангаллин бух, турпалхойн хьуьнаре гIуллакхаш, лаьара йовза къонахийн цIераш. Амма и дерриге вуно чолхе догIанаш диттина, йуьйцу ца хезачу, бIаьргана ца гучу кьайленехь дара оцу заманахьлер-чу Iедалан. Оцу Iедале хаьттича нохчийн, гIалгIайн къаьмнийн долахь хIумма хилла дацара: йа мохк, йа терхьам (истории), йа тассам (искусство), йа шайн турпалхой, йа низам - стигларчу йочано эгийна дара те вай Россина коча, иза кхузахь мехкан да йолуш, иза кхуза тхан дайл хьалха кхаьчна 1аш йолуш, вай Дала кхарна тIеэгочу хенахь. Эцца Советан Iедал дуьненчу ца даьржинехьара, паччахьан Iедало хIаллакдина, довр долуш къам. Оьрсийн къоман шайн ду-кх цхьа кица: - «КIон орам (хрен) хорсамал чомана гIоле бац»,- олуш. Оцу дикачу Iедало 1944–чу шарахь вайн бехкенна арадаьхна хилла-кх вай. Ницкъ болчун даима гIорасизниг бехке хуьлу, бохург ду иза. Бакъду, ша «догкIеда, къинхетаме» хиларна, цо вайна геч-м дира вайгара девлла доцчу гIалаташна, къиношна, амма шен къизачу, адамаллех хьаса боцчу, зуламах доьттинчу гIалатлонна бехкала ца доьдуш, таханлерчу дийне схьа-м кхачна. Дала Н.С.Хрущовна дагчу къинхетам босор бахьанехь, вай къам вешан махка дирзира. Цундела цу куьйгалхочунна тахана хастамаш беш бу вайнах. Амма Советан Iедало, вайна йукъара массо ца бехвеш, диканаш бовлар билгадира: Мозлак Ушаев, Асланбек Шарипов, Ханпаша Нурадилов, Абухьаьжа Идрисов, Ирбайха Бейбула-тов. Iедало арахеца йолийра Асланбек Шериповх, ГIапур Ахриевх, Сийлахь – Боккха Даймехкан тIамех гоьбевллачу нохчех болчу турпалчу кIентех лаьцна литература. Нохчийн къомах довха, бакъ долу дош аьлла волчу Николай Сергеевн «Солнце в крови» поэма йелира зорбане. И поэма йаздархочо арахецнера 1943 шарахь, амма цул тIаьхьа иза арахецар дихкина хиллера. Чухьаьда дешарна тIегIертара къонанаш институташка, техникумашка, кисанан таронаш йерш махкал арахьа. 1960-1964 ше-рашкахь со ву студент вайн Нохч-ГIалгIайн пединститутехь. Соьца доьшуш вара сан йуьртахо, дика доттагI, Доккуев Турпал-Iела (Дала гечдойла цунна, иза дIакхелхира 2006 шарахь). Студенташна шайн къоман синкхачанах чамбаккха чIогIа лиъна шераш дара уьш.
2. Iедал вайх ца теша
Амма къоман синкхачане гIертарш «национали-сташ», «мракобесаш», «регрессисташ» лорура ин-ститутера хьехархоша, Iедалан, кьаьсттина компар-тин белхахоша. Студенташна лаьара архиваш дIайелла, къоман маршонехьа къийсам латтийначу къонахех дерг ма-дарра довза, П.А.Ермоловн памят-ник Соьлжа-гIалара дIайаккха. Вайнахана ца йезара вайн къоман чалтач хилла, кху махкахь къизалла латтийначу, инарлин бюст гIалина йуккъехь. Оцу памятник хьокъехь къовсаме буьйлучу кхечу къаьмнийн студенташка, хьехархошка олура оха: «Шуна муха хетар дара Москвахь, Чингисханна йа Гитлерна памятник дIахIоттийча. ТIаккха, шун хир йолу ойла йу-кх тхан коьртехь а». Вайнахана и па-мятник йезар-м хIунда дуьйцу, иза ца веза цо шен куьйга йаздина, тIаьхьенийн иэсана дитина дешнаш тоьар дара, оцу буьстан бухехь йаздина хилла долу, вай цIадирзича дIадаьхна, дешнаш гича: -«Я горд тем, что я россиянин и душа моя не успокоится до тех пор, пока голова последнего чеченца не скатится к моим ногам».- Дала паргIато ма лойла цунна абден абделлац. Вайнахана тIетоттур дуй хууш, цкъа эккхийтира иза кхечу къмах болчу студенташа, амма корта дегIах дIакIастар бен, кхин хIумма ца хиллера цунна. И болх бина студенташ вайн къомах ца хилча, гIеххьа гIуда тоьхна, Iадбиттира. Харцонаш шортта йара чиновникаша лелош, делахь вайнах кьар-м ца лора харцонна.
3. Дага лаьцначун лорах
Оцу хенахь дуьйна суна, Турпал-Iелина дагахь бара 1919 шарахь 9-апрелехь тхан йуьртахоша Де-никинна дуьхьал бина тIом. Цу тIамехь вийна 374 (кхо бIе кхузткъе вейтта) йуьртахо а. Доллачул ха-лахеташ дерг дара, оццул дукха адамаш дайаза хил-ла кхинболу тIемаш, тасадаларш литературехь, тер-хьамехь (исторехь), хьахийна, йаздина хилар. Ткъа Цоци-Юьртах лаьцна хIумма дуьйцуш цахилар. Дуккха йорт йиттира охашимма, эххар исторически музейх тхайн йуьртара кхаа цIен партизананийн цIерашна тIеIоттаваллалц. Уьш бара Мааев Iоба (партизанийн отрядан командир), Мудаев Iалви, Хаджимурадов Гала (цIен партизанаш). Оцу кхаа-нийн карточкаша билгалдора, и нах Цоци – Юьртахь 9-апрелехь 1919 ш. бинчу тIамехь дакъалаьцна бу бохуш. Цу музейхь карийра тхуна Ушаев Мазлакан папка – досье. Цу папки чохь, Мазлака гIодайукъх дихкина лелийна ду бохуш, цхьа тишделла кхелина доьхка дара. Мазлака гайтинчу хьуьнаршна йукъахь йаздинера: «1919 шеран 9-чу апрелехь Цоци-Юрт деникинцаша йагош, йохийна дIалаьцначуьра Ушаев Мазлака, оцу буссехь тIелетта, шен ламанхойн бIоца мостагIех марша йаккхира»,– бохуш. Оцунах мехалла маIара тосийла хилира тхуна, оха дага-лаьцначу хIуманна тIехь. Йурт-м оцу буса шен бIоца тIелетначу Митаев Iелас (Эвтарара Iовдин кIанта) йаьккхиний хиънера йуьртахошна. Амма Iедало, ша бехк боцуш хIаллаквинчу Iовдин Iелас тIамца йурт паргIатйаьккхина бохийла ца хилла, и болх Мазлакан цIарах дIакхайкхийнера. Тхойшинна-м цу хенахь Мазлакан дедас гIодина аьлла, цу тIамах дерг мухха даьлла зорбанехь Iорадоккхуш дийца некъ бала лаара.
4. Аьхка лаьхьа байнарг – Iай карсах кхийрина
Цундела оха материал гулйан йолийра тхайн йьртахошкара. Дийна бисинчу нахера. Амма йуьртахой лебан, царна хууш дерг, хезнарг, цу тIамехь дакъалоцуш лелларг къесто доьлча, хиира тхуна нах хIинца Iедалах тешаш цахилар, шаьш дийцинарг йуха шайна йа шайн доьзалшна бале да-ларна, Iедалехьа йолчу агIор уьш кхоьруш, ийзалуш хилар. «Аьхка лаьхьа байнарг – Iай карсах кхийри-на», эрна ца аьлла вайн дайша. Ткъа оьрсаша: «Сан мотт–сан мостагI»,-аьлла. И ший кица къорга маьIна долуш ду. Неха-м бехк бацара. Йуьртахошна ца лаара хIумма дийца. ДагадагIац шайна олура йа ца бевлла масех дош къададора. Бехк ца хиллера церан, Советан Iедало хIаллакбинера шена тешаме, муьтIахь хилла дуккха нах: кулакаш, национали-сташ, фанатикаш, мракобесаш, бандиташ бу бохуш кхоьллинчу цIрашца. Мел хала делахь, йуьртахош-кара гулйелла материал цхьана битаме йалийна, тхо зорбане йаккха дахча, и материал тIетухийла дац олура. Бахьана хIун ду? – Оцу тIамехь эгнарш бу-салба динан фанатикаш бу. «Дика ду, хьулуьйтур вай уьш фанатикаш. ХIун зен даьлла, хIетахь гIорасиз хиллачу Советан Iедална, цара, и Iедал, хIаллакдеш, дуожо гIерташ болу деникинцаш байи-ча. Оцу фанатикаша деникинцаш муьлххачу идеоло-гин тIеIаткъамца байинехь, Советан Iедална цунах гIо ца хилла? – Жоп: «Шун Йуьртасоветан цIийнан пена тIе тоьхна-кх 1едало, мемориальни у: «Слава борцам за Советскую власть, погибшим в борьбе против деникинцев в 1919 году». Иза тоьаш ду, кхин цунах лаьцна хIумма дийца оьшуш дац». Ткъа оха дуьхьала: - Ой, иштта у-м Мескер-Эвлана ма делла, цхьа топ кхоссаза йолчу, кIайн байракх тоьхна, тхуна мостагI чухецна Iийначу».– Дуьхьала: – Иза кхузахь къесто хIума дац! – Ишттачу къийсамашца тхо лелаш тIекхечира 1985 шо. Горбачевс йолийра перестройка. Цул тIаьхьа пхи шо хан йелира тхо тхьаьш лаьцначу Iалашоне ца кхочуш.
5. Холбат йастар
Тхо дацара къардала дагахь. «Iанне а ца Iийначо хиллане хир доцург дина», - олуш, кхица ду вайне-хан. ТIаьхь – тIаьхьа накьостий алсамбовларна, тхан аьтто хилира, оцу 374 гIазотийн сийна цхьа бIарлагIа йан, цара тIом биначу арахь тоба вовшах тоха. Оцу белхан йуьхьаг йоло тхан аьтто баьккхи-ра, оцу хенахьлерчу йуьртдас, Орцуев ХIирис (Дала гечдойла цунна, новкъа йоьдучу машено вер хилира цуьнан). Цо болх дIаболо ши гектар латта билгалди-ра ГIазотийн майда кечйан, оьшуш долу кехаташ кечдеш. Цхьа дуьхьало йоцуш, тхан балхана шуьйра некъ буьтуш, доккха накъосталла дира цу хенахь Шелан райисполкоман куьйгалхо хIоьттинчу Паска-чёв Асланбека, цIера Гермчигара волчу. Дуьххьара ГIазотийн майданан доладеш дIаволавелларг пхи – йалх стаг вара: со, сан доттагI Доккуев Турпал-Iела (Дала гечдойла цунна), Демеев Iалавди (ИсмаьIал), Вакаев Iаби (Дала гечдойла цунна, иза воцуш ву), дезткъа шо сов долуш волу цу хенахь Доккуев Мохьмад (Дала гечдойла цунна). Мохьмада белира тхуна цхьа лекха тIулган кхера, шена чуртана аьлла беана хилла болу. И кхера буьйгIира оха гIазотийн майдана эвла йистехь, и латта оцу гIазотийн дола доккхуш, царна цу т1ехь зийарт дIахIоттор ду аьлла хетачу метта. Оха и кхера дIабугIучу хенахь, новкъ-ахула тIехбуьйлу нах цецбовлий хьовсура тхоьга, наггахь верг тIевогIура. Лелош дерг шайна дийцича, цхьаволчо, болх беркате бойла олура, Дела реза хилда шуна, доккха гIуллакх ду аш тIелаьйнарг. Оха аьллачу хенахь ша накъосталла дан кийча вуй хоуьйтург хуьлура. Цхьаберш баша ца башара оха лелочух, муцIарш сеттош, сихонца гена бовлура. ХIун дер-ткъа. Башха-башха ду-кх адамаш. Цхьаверг хIара дерриг дуьне долахь дезаш ву, шена пайда ца болучохь пIелг пIелгах хьакхор боцуш. Ткъа кхечарна нахана шаьш дечух пайда кхетчхьана, дагна хьаам хуьлу, шайна дуьненан са цакхетарх. Амма хIоранна хаа дезаш-м ду цхьаъ: шен къоман, мехкан, йуьртан, болу къонахий, терпалхой ларар, церан сий дар – иза вай ваьш лардан дезий, иза массарна йуьхькIойла йуйла, ткъа ца ларахь, вешан дацар, кIиллолла йуй а.
6. Йурт самайели
Болх болийна ши-кхо де далале тхуна-м дуккха накъостий тIекхийтира: Саидов Iийса, Ахмадов Хьаьжа, Нахаев Шемал, Мандиев Адам, Яхъяев ИбрахIим, Мусаев Мовсар, (Вахитаев Олхазар, Ба-таев Хьасан, Абуев Домби, Музаев Ахьмархьажа, Темирсултанов ХIарон, Нанагаев Майрбек, Солтха-нов Абубакар, Ахматов Бухари, Дикаев Турко, Та-рамов Сайдэми Магашев Iабдулла, Мусаев Илес, Джукаев Хьаса, Мазазаев Серажди, Дала гечдойла царна). Йуьрте ахчанца гIо дахьара аьлла кхайкхам бича, наха доккха гIо лецира. Нахера гулделлачу ахчанах ГIазотийн майданна гонаха сетка туьйхира, бетонан бIегIий дугIуш. Къастийра ГIазотийн май-данахь хинйолчу бIарлагIин куц-кеп, цу балхана билгалйиначу тобано: Доккуев Турпал-Iелас, Шепи-ев Маьхьдис (Дала гечдойла цунна, зуламхоша шен чуьра ара кхайкхина вийра иза 2001 шерахь). Дика похIма долуш суртдиллархочо вара Маьхьди. ( Ор-цуев Хирис, Вакаев Iабис Дала гечдойла цаьршинна) доккха дакъа лецира гIазоташна бIов йойтуш. ГIазотийн сийна лерина кху майданахь йан сацам хилира вайн къоман чIагIонан кхерч хилла, бIе шерашкахь къам лардеш лаьттина бIов йоттар, хIора воьжначу йуьртахочун цIарах хIоллам дIахIоттор, кертан чоь мелла кечйина къагор. Оьшуш болу сваркин белхаш беш дукха къахьийгира Шадедов Лечас, Тарамов Сайдэмис (Дала гечдойла цаьршинна), Идигов Лечас, Хамбулатов Рамзана. Дукха йуьртахой ца бисира кху арахь бечу балхахь дакъа ца лоцуш. Дала шен дуьхьа дойла сан йуьртахоша хьегна къа, уьш дика ца хьаьвзинехь, тхоьга хIумма далур дацара. Дела реза хилда Эвтарарчу «Этюд» кооперативехь цу хенахь болхахь хиллачу шина жимастагана (церан цIераш йицъелла суна). Цара бIов йоьттира, арахьарчу пенаш тIелаьцна бетонан плиташ, царна тIехь тIеман тасадаларийн суьрташ кечдира тхан йуьртахочуьнца Шепиев Маьхьдица. Вайна тахана Соьлжа-гIала боьдучу некъаца Цоци-Эвлан Малхбу-зен агIонгахь гуш долу бIаьрла сурт дIахIоьттина даьлча бен, цоцанхойн дегнаш токхонах ца дуьзира. Шаьш цхьа боккха беза мохь гира охьабиллича санна, са паргIат ца даьллера. Вовшашка бIоболаран тешам, безам ца хьаьрчинера дIайаханчу заманахь, хIинца хIара ГIазотийн бIов цхьаьна дIахIоттийча санна, вовшен гергара цахеттера иштта йуххера. - ХIинца-м вешан эхартан синошна дуьхьал дахар йуьхкIай хир дара вай,- боху ойла хьийзара хIоранан коьрте. Доккха де дара, дог доьлуш, деза де дара ГIазотийн зийартан бIов – чурт дIахIоттор чекхдаьлла де.
7. Мехкан сагIа даккхар
Йуха а гулбелира йуьртан бала болу нух: Яхиха-нов Даша (йуьртан къеда), Исмаилов Супьян, (къе-дин гIоьнча), Визиев Ахьмад, (совхозан директор), Орцуев Хира, (йуьртда), зийарт дар дIакхехьна то-банах волу шовзткъа сов стаг. Гуламехь сацам бира Лахьан (ноябрь) беттан 3– г1чу дийнахь 1990 ша-рахь ГIазотийн зийарт дIаделлар дIахьош, сагIа доккхар вовшах туоха, гондIахьарчу йарташкара, Iедалера, радио-телевиденера Векалш кхайкхина. Йуьртара, кхечу йарташкара Цоци-Юьртахь бинчу тIамехь эгначу гIазоттийн верасаш, йерриге Нохчи-чуьра хьеший кхойкхуш, берхIитта йуьртан муфтий волу Илсхан-йуьртара Бадруди валош, и барам дIабахьа. Зийарт дIаделларан барамехь низам дIакхехьа билгалвира шовзткъе итт стаг, хIоранна шен-шен гечеш, декхарш билгал деш. ГIазотийн майданахь Лахьан (ноябрь) беттан 3– г1чу дийнахь Iуьйрана дуьйна (де хаза деара) дIахьош йерг тезе-тан кеп йара. Йуьртан къеда Даша, цуьнца йуьртара къаной доIа деш бара, тIебогIучара кадамаш бора. Къаноша хийцалуш тезетан бух дийна латтабора. Кадам бечара олура: «Дала гIазот къобал дойла вайн беллачийн, Дала даржехь сов бахийла уьш, Дала вайна шапаIатна гIоьнчий хилийтийла царах». Баккхийчарна охьаховша ишколашкара, Куршлойн-Эвларчу Оьздангаллин цIийнера гIанташ, стоьлаш, кхин болу гIирсаш беана кечам бира хьалхарчу дий-нахь. Массо шена-шена тIедиллина декхарш кхочуш деш вара: цхьаберш сагIийна дийна кхо бежна тила-дина, йеш чудерзош, шайн куьйгаллехь Доккин Мохьмад, Вакаев Iаби волуш; вуьйш асфальтан некъ дIакъевлина, машенаш готосуш болучу некъа хьов-сош; кхинберш дечиг доккхуш, йеш кIел цIе латош, жижиг доруш; зударша картолаш цIанйора, пхьегаш йуьлура. Iаламат дика хьаьвзира цу дийнахь йерриге йурт: бакхий нах, кегийрхой, зударий, зуькарш деш йолу тобанаш – массо шайга далург деш, йуьхкIам хуьлу агIо лоьхуш чекхвелира.
8. Йуьртахойн сагIин дакъа
ХIокху лахахь долчу могIанашкахь дерг-м ца йаздиича мегар дара, аьлла хеташ берш хир бу. Цар-на ишттаниг дагадарах гал хIумма дац. Делахь а, заманан йахаллехь шайн гергарчара хIун дакъа лаьцна техьа оцу махке гуллучу боккхачу барамехь аьлла хетарг валахь, цунна шадерриг шен бIаьрга гайта, дуьйцу-кх вай кхин дIа дерг. Йуьртахоша сагIийна шайн таронашка хьаьжжина харжаш йеш дакъа лецира:
I. Хириханов Турпал-Iелас – I устагI;
2. Гучигов Iелас, Iумара – I сту;
3.Мусаев Илеса - I устагI;
4. Мусаев Мовсара - I устагI;
5. Шахтамиров Мохьмада - I устагI;
6. Темирсултанов Шемал-Хьаьжас – IустагI;
7. Идалов Элам-Солтас - I устагI;
8. Хасаев Дунгана - I устагI;
9. №»2 совхозан бригадо -I устагI;
10. Дудаев Пашас, Iумара, Iабдуллас – I устагI;
(уьш ГIойтIара бахархой бара)
II. Азизова Зараа - I йаьшка хьовла, 10 пирожни:
12. Эдисултанова Заргана - I йаьшка хьовла;
13 Куршлойн – Эвлан сельпоно - I бочка квас;
14 Бибулатов Хьасанан цIарах I- автолавка ми-неральни хи, I – рулон кIел даржо кехат;
15 Сакаева Iайнаа ( БелгIатой-эьвлара зуда) -I
йаьшка пряникаш;
16 Доккуева Зараа - 3 шуьнахь кечдина хьовла;
17 Мачигова Хазулас - 2 лоток бепиг;
I8 Гандаев Абубакара - 5 гали картолаш, I гали
хохаш.
СагIийна ахча тесира 50 стага, йуьртарчу 4 куьпо гулдина делира ахча. Дерриге оцу дийнахь делла ахча 2610 сом дара, каппашкара гулделларг – 2326 сом, вовшахтоьхча иза хилира 4936 сом. Цунах оцу дийнахь харже даьлларг 2624 сом дара, 2312 сом хIолламашна биргIанаш эца, царна тIетоха басар нисдан дисира Доккин Мохьмадехь. Дала къобал сагIа йойла хIораммо цу дийнахь йина харж, хьегна къа Шен дуьхьа дойла АллахIа.
9. Бакъо туолар
Iуьйранна итт сахьт долуш йуьртда волчу Орцу-ев ХIирис хьеший, йуьртахой декIал бо оцу деза, доккхачу денца. Цо элира: - Адамийн дахар доца ду, ткъа иэс кхин дацло, нагахь санна цунна гуш йа хе-заш цхьа бIарлагIин сурт, йа аз дисина дацахь. Цун-дела вай тахана дийриг вайн дIабаханчу гIазоташна чул, вайна, вайн тIаьхьенашна оьшу. Кхузара дIаболало вайн вовшашка, вешан дIабаханчу дайшка болу безам, ларам а. Дала вовшашка, дIабаханчу цаьрга болу безам, оьздангаллин ларам – и ши синмехалла эшийна йа йоцуш ма дуьтийла вай». – Ша ваьлча цо цхьаьнакхетар дIадахьаран гIуллакх соьга делира: - «ХIинцачул тIаьхьа ГIазотийн зияртахь дIахьур болчу бараман кеп лелонйерг, Заурбек Хамерзаев ву шуна». – Кхин дIа долу къамел соьга дирзира». Сайн къамел аса иштта долийра: –Хьомсара, беркате хьеший, лараме йуьртахой! Шу дерриге марша догIийла! Веза, Воккхачу Делера, Делан Элчанера (I. с. с.), шайн устазашкара салам-маршалла, шапаIат, йал хуьлийла, таханлерчу дийнахь кху тхан ГIазотийн бараме мел веанчунна! Кхузткъе цхьайтта шо, йалх бутт, ткъе кхоъ де хьалха, 1919 шарахь, Оханан (апрель) беттан 9 – г1ачу дийнахь, кхобIе кхузткъе вейтта стаг Цоци-Юьртара, бIе гергга стаг гондхьарчу йарташкара орцах баьхкинчохь вуьйш, Деникинан бIона дуьхьал тIом бина кху йуьртарчу наха, гIазот дихкина. Иза-м кху махкана хууш ду. Нохчийн къоман гIиллакх-ламасташ йемалдарца бехдеш, вайн дайша ларйина доьзалийн маршо, оьздачу кхерчан сий хьаьша, мискачу нахе ца такхалуш йолу йасакх тIейожо, Нохчийчохь шен туш тоха дагахь веанчу инарла Деникинна, шайн ницкъ ма кхоччу дуьхьало йина Цоци-Юьртарчу гIазоташа. Цу тIамехь эгначу гIазотийн сийна, царна йуха а коше довларан барамна хIоттийна вай таханлера тезетан кадам, сагIа даккхар, зийарт дIаделлар а. ХIинца вай гIазотийн даржех лаьцна, царна диначу зийартан бан безачу ларамах лаьцна хьехам бойтур бу вай берхIийтта йуьртан муфтий волчу Илсхан-Юьртара Бадрудега. Цо дийцира гIазоташ масех декъе бекъалуш хиларх, цуьнга хьаьжжина Далла гергахь церан даржийн сийлаллин башхаллаш хиларх лаьцна. - «Лаккхара гIазотан дарж ду дин хийца бохуш тIамца тIегIертачу мостагIах летта валар. И дIадаьлча шолгIачу дар-жехь ду шен доьзалан, мехкан маршо, кхерчан сий лардеш, мостагIца тIом бар а. Нагахь санна оцу ши-на хIуманах хьо хервеш воцуш, ахьа тIом хьебахь, йал-м мухле хир йац – къа бен, оцу шина хIуманна дуьхьа доцуш тIом бар – зулам ду лелош дерг», - олуш чекхдоккху цо къамел. – Цул тIаьхьа хIара сагIадаккхаран балх Деле декъал бар доьхуш доIа дар тIедиллира йуьртан къедина, Дашина. ДоIа дале хьалха цхьа-ши дош ала лаара шена олий, Дашас къамел до: «ГIиллакхехь ду вайн махкахь, муьлххачу зийартана тIехь довлуш, саца сецна доIа дар, охьа хиъна велахь, доIица гIаттар. И гIиллакх вай кху ГIазотийн зийартца лоцуш хила деза». ХIинца доIа дийр ду вай: «Алхьамду лиЛЛахIи ...». Массара куьйгаш лоций «Амин» боху. «Патихьат» аьлча ламазан бисмилла доьшу. Цул тIаьхьа дош ло Доккуев Турпал-Iелина. Цо олу: - «Кху йуьртан йуьхь йолалуш йолу меттиг йу хIара, ГIазотийн майда. Кху майданан ларам хила беза хIора йуьртахочун, тIехволучу некъахочун а. Кхузахь хир ду вайн йерриге йуьртан йукъарчу хазахетарца, бохамца доьзна хьакхалуш болчу хиламийн, долчу г1уллакхийн дIадахьар. ХIокху бIов чохь махмаран йа дечиган экъанаш, дашо йозанца варкъ доккуш дIайазйина, пенашца дIатухур йу гIазотийн цIераш тIехь йолуш. Дисинехь церан суьрташ, бедарех йа цара дезар деш лелийначу хIуманашца кечдийр ду зийартан шолгIа гIат. ТIекхуьучу кегийрхошна, кхуза балош, довзуьйтур ду вайн йуьртан, мехкан гIазотийн заманахь дIадаханчу дахаран сурт. Хастам бу вайн Далла таханлера маршо, беркат, паргIато Цо вайна йаларна. Йаккхий халонаш, Iазап лайна вайн къомо, баккхий эшамаш хилла цунна шен терхьамехь (исторехь), хийла хIаллак хила ницкъ, аьтто боцчу тIемашкахь. Амма, мел йоккха гIайгIа, бала тIебоссарх, дIа ца тесна турпаллин илли, шовкъан асар луш йолу назма алар, хьикматечу ойлане воккхучу пондаран озе ладогIар а. Нехан дог-ойла ойуш, синош тIома дохуш, догIмашна бо-латан чIагIо луш, Iожалла чехош бекаш хилла тур-палаллин назманийн, иллийн мукъамаш. Цундела аьлла астагIчу Тимара, ша кху махка тIамца веача, нохчийн тIемалойн бIо бохийна шаьш аьлла, шен цIейаххана тIеман баьччанаш шена тIебаьхкича. Оцу баьччанаша дуьйцург дохо санна, ломахь лоькхуш хезаш пондар аз хиллера. Пондаран аз хе-заш волчу Тимара аьлла хилла шен бIонан тхьамда-нашка: «И лоькхуш болу пондар аш цаьргара схьа-баьккхина бац, цундела уьш эшна бац. И пондар цаьргахь мел бу, уьш эшалур бац». Цул тIаьхьа Ти-мар шен бIоций дIавахана кхузара. Иллех, назманах, пондарх хаьдда цкъа ца хила цоцанхой. ХIинца вай Цоци-Юрт гIазоте хIуьттучу дийнахь аьлла йолу назма олуьйтур йу Алиев Ахьмаде, Хутаев Серажде-га шайн тобанца, ткъа назманан байташ чекхйов-луш, йуьртарчу шина йоьIе доьллуьйтур ду зийарат дIа! Алиев Адама (Дала гечдойла цунна) хьалхара олуш, Хутаев Сераждис айеш назма дIаолу тобано:
Мискачу вай наха баха йина ва гIишлош
Саьмгалан цIараца йогучу цу дийнахь.
Йурт йуьллуш доьттина, рузбанан ва маьждиг
Корех алу ва туьйсуш, догучу цу дийнахь.
Вай маьрша битина, вайн шуьйра урамаш
ХIотта меттиг ва йоцуш, хьийзачу цу дийнахь.
Вай безаш балийна, вайн хьомсар несарий
Марзой цIераш ва йохуш, хьийзачу цу дийнахь.
Ва даккха луъчунна кIайн гIазот ду шуна,
Майра дог долчарна лата меттиг бу шуна.
МостагIна йахь ца луш, дера летар вай кIентий.
Доьналла доцчарна довла агIо йу шуна.
Хьала хьовсал, ва кIентий, йуьртаций хьала – охьа
Вайна догIуш дац теша къонахойн ва орца.
Орцанга сатуьйсуш, делкъанга ма бевлир
Шаьш лата ма хIиттир йахь йолу ва кIентий.
ДIахьовсал, ва кIентий, йуьртана гонаха,
Кхалха го ва лаьцна, тIегIерта мостагIий.
ЦIий худа Iемина, дай баьхна вайн латта
Дуй биъна лардер вай, тIаьхьенийн ирсана.
Говзачу пхьераша дина оьрсийн ва тарраш,
МостагIий ва цоьстуш, вай маса лестор ду.
Нохчийн пхьераша ва йина болатан шаьлтанаш,
Везчу Деле ва кхойкхуш, вай царна Iуьттур йу.
Йурт ма йу йахалла йаккхий тоьпаш йеттарах,
Цу йуьртан шоралла пулемёташ хьийзайарх.
Зингатийн туьйлигах мостагIий тIесийсарх
Йахь ца луш летар вай сих кIасталц ва кIентий.
ДIахьовсал, ва кIентий, цу стиглан Iаьршашка,
Вайна йиллина йу шуна йалсаманин неIараш,-
Шайний-шайний ва бохуш, вай къуьйсуш бу шуна
Йалсаманин корашкахь хIуьрлаIан мехкарий.
Назманан тIаьххьара байт тобано олучу хенахь, гучуйолу, аьрро куьйган карахь кхабанаш чохь дий-на зезагаш долуш, гIабалешца кечйелла ши йоI; (Музаева Лайлаъ, Хамерзаева Раиса). ГIазотийн зийартан неIарна тIехула дихкина долчу баьццарчу кIаденан шина асина, йоьхкуш бина шаршер аьтто куьйгашца дIабостуш: «Бисмиллах1ир рахьманир рахьим» олуш, асанийн йуьхьигаш зезагашна тIехула тосуш, зезагаш чохь долу ши кхаба, неIарна цхьацца агIор, охьайуьллу цаьршимма. Цул тIаьхьа зийартан неI дIайоллий, чоьхьа йолу неI йиллина йуьтуш, цу чохь цхьацца агIор дIахIутту назма аьлла йаллалц. Назма аьлла тоба йаьлча, ши йоI меллаша зийарт чуьра арайолий, гучура дIайолу. Эццахь цхьаьнакхетар дIахьочо олу: - «Кхойтта шарахь мухIажарш лелла вешан цIа вай дирзинчу хенахь вайна йукъахь алссам бара Цоци-Юьртан тIеман декъашхой, иза дага богIуш болу йуьртахой а. Амма Iожалло шен болх бо – уьш денна оьшуш йоьдуш йу хан. Тахана вайна йукъахь биснарш-м бац куьйгийн пIелгаш тIехь багарбалла бен. Амма боккха синтем бу, уьш мелла хилла, вайна йукъахь бисина хилар. ХIунда аьлча царах цхьаболчарна мукъане дуьненчохь болуш хаийтархьамма, вай церан ларам бой, цара лайна халонаш, гайтина хьуьнарш эрна ца хиллий, вай вешан ницкъ кхоччучу барамех церан тIаламца пусар дийр дуй а. Дала даржехь сов бохийла цу дийнахь эгнарш. Дала могаш, маьрша бахабойла вайна йукъахьберш. Оцу ирчачу дийнан сурт карладоккхуш, дуьххьара вистхуьлуьйтур ву вай Хьамзин Куса».
10. Iожалла гиначара дуьйцу
- «Оха тIом бича, ца бича цоцанхойн коча вогIур волуш хиллера Деникин. Иза вайн йуьртан масалли-ца гайта воллуш хиллера, шена дуьхьал йаьллачу муьлххачу йуьртана тIехь ша дендерг. Цундела мостагIашка дуьхьало йоцуш тхешан доьзалш ца хьийзабайта, тхаьш цIармат ца дахийта, дихкира йуьртарчу наха гIазот. Далан дуьхьа, бусалба нахах ца кхордуьйтур вай керста аьлла. Дешначу наха, эв-лиятийн тIаьхьенаша тхуна пурба делира оцу дий-нахь гIазот дехка. Йуьртара бераш, зударий, баккхий нах орцарчу йарташка дIакхалхийра, кхалха ца луурш цIахь бисира. Доьзалш йуьртах баьхна ца хиллехь кеманаша эгочу бомбанаший, Зукин борзера йеттачу йаккхийн тоьпийн хIоьънаший хIаллакбина хир бара, цхьа дийна ца вуьсуш. Виснарг хир вацара сап-сов йа тIехь зарал доцуш. Дала даржехь сов бахийла кхелхинарш, Дала сий дойла хIара зийарт, ГIазотийн майда кечйиначеран къахьегар. Дала декъала дойла дерриге нохчийн къам».– олуш, дерзийра Кусас шен къамел
Цул тIаьхьа дош ло Эдиев Бетина, Ташухаджиев Юсупана, Мускиев Iабдулхина, Кичиев Iумина, Умаев ТIоккина, Гелдганара ГIаргIулна (Дала геч-дойла царна массарна). Цара дийцира шаьш хил-хиллачу тIеман гечешкахь шайна гинарг, лелларг, хезнарг а. Массара дуьйцучуьнан цхьа маьIна дара – тIамах лардала дезар, тIамо, вайн кицано ма-аллара: «ВоI ца во – воI воь». Амма мостагI вайн хIусамашца, кхерчан сийца, зударшца, доьзалшца эвхьаза вала воьлча, летта далар гIоле хилар, чIагIдора цара, кIиллойн йуьхьIаьржо тIеэцна деха-чул. – «Вайн дIайахана хан-зама, бакъ дош аларна мел луьра хиллехь, оцу Iедалехьара, цоцанхоша би-на тIом Советан Iедал доккхуш бина аьлла, йа кер-станашна дуьхьал бина аьлла, зорбанехь бийцаре бала йиш йолуш–м ца хила».
11. Хьешаша, йаздархоша дуьйцу
Нохчийн къоман историн музейн белхахочо, йаздархочун Музаев Нурдинан кIанта, кху цхьаьнакхетаран хьешо, Музаев Мохьмадна, шена дош делча дийцира ша «Цоцан-Юртавский бой» очерк йазйечу хенахь шена нисйеллачу халонех лаьцна. Мохьмадан къамел: «Сорокин коьртехь волу ЦIен эскаран II-гIа арми тиф цамгар йаьржина, 1919 шеран Iаьнан хенахь Нохчийчуьра Астрахане йу-хайолуш, Цоци-Юьртахь висина хиллера цу цамгаро вожийна пхиъ цIен эскаран салти. Уьш-м цоцанхоша Теркаца бехачу гIалгIазкашка дIабелла хиллера хIеттехь. Заманан лехамашка хьаьжжина, ас и пхи салти цоцанхошца тIамна йукъа валийра, авторан шегара исбаьхьаллин произведени тойеш пайдаэца йиш йолчу бакъонна тIетевжина. И пхи салти йукъа валийча, цоцанхоша даьккхинарг «ЦIен гIазот», Советски гIазот хилира. Советан Iедална дуьхьал болчарах летта белла, и нийсонан, мискачу нехан Iедал чIагIдан дихкинера цара гIазот боху сурт хилар бен, кхин цхьа хIума тIетоьхна дац цу очеркехь. Иштта чекхйелира и очерк зорбане»,– олуш дерзира шен къамел Мохьмада. Цул тIаьхьа дош ло Пашаев Нурдина, Цоци-Юьртара къоначу поэтана. Цо йоьшу ша хIетта йазйина поэма «Нур догу синош». ГIазотийн майда, зийарт дан долийначарах цхьаъ хиларе терра, суна йаьхкинера жимма иллин байташ дага–ас йийшира сайниш:
ГIазотийн зийарт
*Доккуев Турпал-1елин сийна
ЦIий Iаьнна майданахь
Къагийна малхо,
Йахь ницкъах тасалуш
Кхихкинчохь тIом,
Декъал беш Цоци-Юрт
Ларйина бIехой,
ГIароле дIахIоьтти
ГIазотийн бIов.
Гулби цо тIамна йукъ
Йихкина иэгнарш,
Баьккхинарш къуоналлехь
Iожаллин кхаж.
Доьналлин парз-весет
ТIаьхьенна дитнарш,
Эхартахь даьккхинарш
Сийлаллин дарж.
БIешерийн хьалхенга
Уьш кхойкхуш хиета, -
Некъахой, гIулч лагIйай,
ЛадуогIалаш:
– Мехкан сий, паргIатой
Лардечийн декъа
Шаьш цхьаммо кхайкхаре
Ма хьежалаш!
Дуьненна букъ тоьхча,
Хедаш йу хутал,-
Мехкан вон – диканна
Биттинехь пе…
Адмашна йовхо луш,
Ваьгначун гуттар,
Шен халкъан иллешкахь,
Йехар йу цIе!–
Тийналлехь лаьтта со
Ойланийн марахь,
Гуш, дуьхьал, йуьртара
ХIетахьлера сурт…
Воккхаве, гIаттарна
Йурт зийначу арахь,
Йуьртан йуьхь кIаййина
Куьцехь бIовн – чурт!
Хийла са дIадаьхьна
Iожалла иэшош.
Эгнараш вайца бу
ДIатесна каш.
ХIолламийн лардашкахь
Зезагаш кхиош,
Лараме тIаьхьенех
БIаьрг буьзна Iаш!
Нохчийчохь хедар дац
Доьналлин хьесий,
Дехар ду, къам мел ду,
Оьздаллин хатI.
Стогаллин бIаьвнаша
ТIекхуьъчийн иэсехь
Латта деш ворхIе дайн
Нохчоллин васт!
Эххара Iедалерчу хьаькамех болчу хьешашка кхочу дош алар. Шелан райисполкоман куьйгалхочо Паскачёв Асланбека баркаллин дош олу тхан балхах лоций, хIунда аьлча къона тIаьхье кхетош-кхиорехь иза мехала гIуллакх шена хетарна. Цо декъала бира берриге йуьртахой иштта мехала, исбаьхьа хазна кхолларна шайн декъал хиллачу дайшна. Цул тIаьхьа довха дош олуш вистхилира Соьлжа – гIалара, радиокомитетера веана Тарамов ХIарон. Цо элира ша Iаламат цец ваьккхина кху балхо. Йерриге йурт арайаьлла, хIайт-аьлла хьийзарх, хIара майда кечйеш къахьоьгуш биначу балхах, хьенна бIаьрг тIехь соцур болуш, хIокху керто хаздина, куьце да-лош кхелиначу йуьртан суьртах.
12. СагIех кетар
- «ХIинца вайн сагIа кийча ду, кечйиначу стоьлашна тIе гIо йуьртара къаной шайца хьеший буьгуш. Вайн йуьртахой татолал дехьарчу майда-нахь дIатарло, бай тIехь, стомма кехат кIел даржош, кечйина шуна и меттиг. Цу кехат тIе охадуьллур ду даа - мала оьшуш мел дерг», - дIакхайкхира микро-фонехула. Гулделла адам сагIех кхетта даьлча, доIа дайтира Илсхан-Юьртарчу Бадрудега. ДоIа дерзийча йуьртан къеда, Даша, баркаллин дашца вистхилира хьешашка, йуьртахошка: - Дела, Делан Элча (I.с.с.), шайн устазаш реза хуьлийла шуна хIокху барамехь дакъа лацарна, къахьегарна. ХIинца дIаваха саготта волчунна, дIаваха пурба ду, бисинчара ламазаш ди-на, зикарш дийр ду де суьйренга даххалц. Хьешаш-на Куршлойн-Эвлехьа, Мескер-Эвлехьа дIасабига лаьтташ шиъ автобус йу, царна тIегIо давоьдуш верг. Марша гIойла, Дала диканехь гулдойла йуха гуллуш. Делкъан ламазаш дина, йуьртахоша гIазотийн майданахь зикарш дан долийра. Зийартна Малхбалехьа Эвтарарчу Iовдин вирдехь болчара ди-ра зикар, Малхбузехьа Ислхан-Юьртара Кишин-Хьажин вирдехь болчара. Зикаре хIиттаза бисинчу кегийрхоша майда дIацанйира, оцу барамна кхуза беана берриге гIирс дIалоьIуш. Зикарш дIадирзинчул тIаьхьа, доIанаш дина, нах йуьрта бер-за буьйлира. Хаза, бертахь, цхьанне вас йоцуш цIа дирзира адам.
13. Дерзор
Эсалчу маьлхан зIаьнарша, хIорда йуккъехь тулгIеша хьоьсту гIайре санна, шайн дашо дари йукъахьарчийна, барташ бохуш, бер санна цу дари йукъахь керчош, шайн нуьре бIаьргаш чохь гIазотийн майданан сурт, дIабуза аненах чукарча лахбеллачу малхана тIехьош, хеталора суьйренца. ГIазотийн синош нур хуьлий лела дуьнен чохь бо-хуш, хезна суна со жима волуш, ткъа и гIазоташ дIабоьхкинчу Иэманан кешнашна тIехула дийнна шарахь деги бохура баккхийчара, шайна, аьхка догIа кхоьссинчул тIаьхьа стелаIад санна, ган а гуш сер-лонан нур. Шо даьллачул тIахьа дIадай бохура иза. Iавдин Iеле (иза шайх хиларе терра) хаьттина хилле-ра наха, шарахь шайна и догу нур гуш ма дара, цул тIаьхьа иза дIа ма дай, иза хIун ду теша, аьлла. Iовдин Iелас (цу Делан Велис, Дала къайле тайойла йуьнан) жоп делла бохура: «И нур-м гIазоташна тIехула Къемат-де даллалц догур долуш ду. Амма вайна, дегнашна хилла чевнаш йерззалц бен, ган йиш йолуш дац и нур. Ткъа шу дегнийн чевнашна хIинца муо хьаьвзина, шун синош, дегнаш паргIатдевла, тIаккха шуна гучуьра даьлла нур а». 1991 шарахь цу ГIазотийн майданахь цIен сагIа даккхуш, иза дIасадекъа аьтто белира йуьртан, мис-ка, гIийла, хала бохкучу доьзалшна кхочуьйтуш. Амма цул тIаьхьа вайн махкахь болабелачу кегаре-но, шина тIамо дуккха зенаш, иэшамаш, хийцамаш беара вайн хIора хIусаме. Зийартехь бан лерина хилла белхаш бисина лаьтташ бу, цуьнан доладар мелла гIелделла, тIе кешнийн хьарма йолийра цу меттигах, и болх болош цхьаннех дага ца бовлуш, и майда кечйинчарна дагахь хилла доцу хIумнаш ле-лийна цигахь. ТIе оцу майданна къастийначу 2 гек-тар лаьттах, 0,50 соти латта ца дисна ГIазотийн бIовна гонаха. Амма со дог тешна ву, йуьрто ГIазотийн зийартехь болийна хила белхаш тесна буьтург цахиларх. Йуьхьанца хиллачу Iалашонца цу зийарт чохь, кертахь дан лерина хилла гIуллакхаш, тесна ца дуьтуш, чекхдохург хиларх. Амма оцу гIулкхана меттахбовла беза йуьртда, йуьртан депу-таташ, къанойн Совет, йуьртан кIеда, ишколийн ди-ректорш, ахчанций, бохчанций болу йуьртара пред-принимательш, бизнесменаш, интеллигенци а. Бакъ-ду, цкъачунна дIатийна Iаш - м бу уьш. Къаьсттина йуьртан администрацис оцу балхана йукъйехкахь накъостий шортта карор бу цу балхана. Дала самай-оккхийла йурт долийнарг чекхдаккха. ХIара къамел дерзош дало лаьа суна суьйлин къоман цхьа кица: «Нагахь хьалха дIадаханчу ширачу хIуманна тIаьхьа аша тапча кхоссахь, тIейогIуш йолчу кханено шайна тIаьхьа йоккха топ кхуьссур йуй хаалаш». ДIабаханчу дайша диначуьнга бендацараллица йа цадашарца вай хьежахь, тIекхуьучара кхана вайна тIаьхьа кхин дастаме хьежа масал дуьту вай. Дала Ша реза волчу вастехь нисдала пурба лойла вайна.
ДЕЛАН ЦIИЙНАН, АДАМИЙН
КХОЛЛАМАШ
*Рузбанан маьждиг йухадендинчу цоцанхойн лерамна
1
Массо къаьмнийн шайн-шайн кхоллабеллачу кхетаме, кхиаре хьаьжжина Далла хьасталуш, къин-хетам, гIо-накъосталла доьхуш, Цунна сужудца Iибадат дан наха йугIуш хIусамаш йу, Делан цIенош. И хIусамаш меттигерчу бахархойн таро-нашка, говзаллин хьелашка хьожжий нисло – шайн йогIаран куьцашца йеш пайдаэцначу гIирсашка тер-ра: тIулгийн, кибарчигийн, ханнийн, зIарийн. Нисло хьехаш чохь, тоьланашкахь йа баннаш чохь а. Бахархойн тароно, Iедалан тIаламо мелла исбаьхьа кечдан, стиглан Iаьрша кхачо санна ирхдахийта тар-ло Делан цIа. Чохь кечдар хуьла таронех доьзна. ЦIенкъахь черташ бен йоцуш зама хилла, амма тIаьхь-тIаьхьа бIегIагийн истангашка, паласашка, таханлерчу дийнахь кузашка даьлла гIуллакх. Вай заманахь-м чохь токан серло, тIедалийна хи, мох туху вентиляторш, йовхо луш кательни, аьхкен тIехь чоь шелйеш кондиционераш, моллин хьехам йуьртана хозуьйтуш радиогIирсаш бу. И дерриге вон дац, нагахь санна адмаша оцу Делан цIийнан сийлалла, дозалла, цу цIийне болу шайн лерам гайта иштта харжаш йинехь, иза дIахIоттош къа хьоьгуш. Амма и болх дозаллина, цIархазмана, гонахара лу-лахой хьего, уьш шайл эшна гайта и исбаьхьалла кхоьллинехь, шаьш цунах деш дуьззина дезар доцуш – ах гIишло йуза чудогIуш адам доцуш Iамална, - иза эрна хьегна къа, исрап дина даьхни ду. Оцу хIусам чохь Далла Iамал йан чудогIуш адмаш да-цахь, и хIусам йан а йина, йаьсса, куьцана латто на-ха йарх, царна мел бац йа йал хир йац.
2
Адаман иэс, терхьаман (историн) йахаллехь дуь-стича, Iаламат доца ду, нагахь санна вай дахаран хиламаш берриге дагахь латто дезар деккъа коьртан хьекъална тIедожош делахь. Схьахетарехь, цундела эшна адамашна йоза. ДIайаздинарг дIадиллина ду, оьшшучу хенахь тIехьаьжчхьана карладолуш. Йоза-но мел генара, мел шира хIума карладоккху, даладой хьуна хьалхха дIахIоттадо. Тхан Цоци-Юрт йиллина гергарчу хьесапехь ши бIе шо ца кхаьчна. Амма тхан йуьртан махка тIехь кIотаршкахь адмаш даха хевшина 200 шо сов хан йу. Оцу хена йукъахь хилларг, лелларг дагадогIуш тхан йуьртахь висина цхьа воккхстаг вац йа цу заманах лаьцна йаздина дисина йуьртахошкахь тептар дац. Суна хаа лиънарг дара, мичхьара дуьйна, муьлхачу шерашкара йолало-те Цоци-Юьртан шен, кху йуьртара рузбанан маьждиган терхьамехь (исторехь) йолу оьмар? Муьлш хилла и белхаш вовшахбиттинарш, цу чохь рузба леладайтина Iеламнах? Оцу кхо-диъ чкъор, дай хийцалучу йуккъехь хилларш сан йуьртахойн иэсехь, бIарлагIийн лар бен ца йуьтуш, дицделла дайна. Кхин дIа шерийн кIоргене вай гIертахь, вайн иэсехь дохк ду йа, бIаьрга Iоьттича пIелг гур боцуш, бода бу. Тахана тхан йуьртахь бисина баккхий нах советийн замано кхиийна адмаш ду. Аса Iалашоне биллинчу балхах лаьцна тхан йуьртарчу къаношна гена даьлла хIума ца хаьа. Делахь, царна шайн дайшкара хезначу къамелех, жим-тIам сурт кхоллало рузбанан маьждигах, цуьнца уьйр, марзо лаьттинчу цоцанхойн Iеламнехан кхолламех а. Дезткъей уьтталгIачу шерашка гIоьртинчу йуьртарчу къаношца: Яхихинов Даша-Хьажица (Дала гечдойла цунна), Абдулкадыров Iаддани-Хьажица, Юнусов Хьусайн-Хьажица, Исмаилов Супйан-Хьажица, Абубакаров Iабдулхьажица (Дала гечдойла цу кхаанне), кхин болчу йуьртахошца дагавийлира со. Цаьргара хиллачу хаамех пайдаъоьцуш, вовшахтоьхна ду кхин дIа долу вайн дийцар.
3
Цоци-Юрт имам Шемалан заманахь I840-I841 шерашкахь вовшахкхеттачу кIуотарех кхоллайелла хилла. Амма гIоза-декъала цу шерашкахь дахар ца хуьлу адамийн, дIабоьдуш тIом хиларана. Цундела рузбанан маьждиг дан маьрша зама ца нислуш, мостагIех тийсабала, шайн доьзалш бовдийна лело дезна цоцанхойн. Доллучунна тIе Шемалан зама-нахь Цоци-Юрт кхузза йагош йохийна: Г1уран (де-кабрь) беттан 12-г1ачу дийнахь I849 шарахь пол-ковник Слепцовн талорхоша, I852 шарахь инарла – адъютантан Эмануил Барятинскийн гIеранаша, I857 шарахь Г1уран (декабрь) беттан 8-г1ачу дийнахь инарла - майор Ольшанский ардангаша. Кхуззий йуьрта веана мостагIчо, дозуш хIума ца дуьтуш, чим беш хилла цоцанхойн мискачу бахамех. Адамаш хьаннашкахь даьржий къайла довлуш хилла. Цу хе-нахьлера нохчочун бахам ворданна тIебиллал бен ца хилла, ткъа хIусамаш цкъачунна олий йеш хилла йа серехь йуьйцина, йа лаьттах йаьккхинчу тоьланах. Тайпанан йа цхьана цIийнах болчу гергара нехан шайн-шайн каппаш йеш баха ховшуш хилла оцу хе-нахь. Куьпахь шайн жамаIатана лерина хIусам йеш хилла. Доьхна лелачу йуьртарчу адамийн рузба да-ран гIуллакх вовшахтоха аьтто ца нисло, имам Ше-мал оьрсашка йийсаре вахана, паччахьца беш болу тIом саццалц.
4
Билггала бакъдерг Далла дика хуур ду, амма схьахIуьттучу хьесапца цоцанхойн рузбанан маьждиг, и Делан цIа, дан ойла тIехьовза меттиг баьлла хан лара мегар ду I860-I863 шераш. Оцу хе-нахь Цоци-Юьртарчу Гама-Хьажица чIогIа гергарло долуш, цуьнан хIусаме вогIуш, веъча масех де докк-хуш, оцу хIусаме вуссий Iаш хилла Илсхан-Юьтара эвлайаI, Кунта-Хьажа. Хьажица Гама-Хьажа волчу вогIуш нислуш Эвтарара эвлайаI, Iовда хилла (цу хенахь Кунта-Хьажин мурид волу). Дала къайле тойойла цаьршинан, даржехь лакха воккхийла и шиъ. Оцу шина эвлийаан вовшашца, Гама-Хьажица хиллачу гергарлонах лаьцна ша башха къамел хила дезар ду. Амма оцу шина эвлийаой, Гама-Хьажас йолийначух тера ду цоцанхойн рузбанан маьждиган, цу чохь хьехамна къастийначу Iелам стеган а йуьхь. Оцунах лаьцна дийцира тахана Цоци-Эвлахь ваьхна волчу, амма тахана воцуш волчу Iеламстага, Абдулкадыров Iаддани (Дала гечдойла цунна). Iадданин деда, Момут, воккха Iеламстаг хилла. Иза шайн мажлисе кхайкхина валавайтина хилла Гама-Хьажа волчу веанчу Кунта-Хьаьжас, шеца Iовда волуш. Момуте хьехам бе гулбеллачу нахана аьлла, тIедожийна Илсхан-Юьртарчу Хьаьжас. Момута Кунта-Хьажин лаам кхочуш беш, Гама-Хьаьжа волчу гулбеллачу йуьртахошна шариIатан хьехам байта, шина эвлайана хезаш. ЧIогIа реза хилла Кунта-Хьажа Момутан хьехамна. Оцу хазахетар тIехь Кунта-Хьаьжас цоцанхошна рузбанан маьждиг дан меттиг билгалйина, Момутна йуьртахошна рузбанан ламазна хьалхавалар, хьехамаш бар тIедуьллуш. Кунта-Хьажас рузбанан маьждигна билгалйина мет-тиг тайпана цIикройх болчу Куьлчеран долахь хил-ла, бохуш дуьйцура Юнусов Хьусайн-Хьажас (Дала гечдойла цунна) иза воцуш ву хIинца. И меттиг йуьрто цIикрошкара эцна йа дуьхьал кхечанхьа лат-та делла, йа кхин там бина, Гама-Хьажин хьалхава-ларца. Цул тIаьхьа тIулгийн бух боьттина, цу буха тIехула попан ханнийн могIа биллина, оцу ханнаш-на йаьхначу чхонаш чу, цу чхонийн барамехь кепаш йохуш, нийса гIуркхаш доьгIна. Йуха царна гонаха серий дуцуш пенаш дIахIиттийна. Пенашна гонаха, чухула, арахула поппар хьаьхна. Цул тIаьхьа чухула, йуккъешхула бIегIий доьгIна, царна тIехула дукъойн могIа биллина, пенашний, дукъошний тIехула орцахий тийсина, царна тIехула зIараш дохкуш, беда хьахийтина. Ткъа тхов нохчийн гераг йуьллуш дIакъевлина. Иштта дIахIоттийна йуьртахоша рузбанан маьждиг, Делан цIа. И Iамалан хIусам наха ирс, синкхача оьцуш лаьттина 1919 шеран Оханан (апрель) беттан 9 –г1а де тIехIотталц, Деникинан йовсарша, Цоци-Юрт шен терхьамехь (исторехь) доьазлагIа йагош, йохайаллалц. Момутал т1аьхьа цоцанхоша шайн маьждигахь имамалла лело Ширда махкара дика дешна 1еламстаг Буга валийна хиллера кхалхийна. Цоцанхоша дехарш дарх Буга схьакхелхаш ца хилла. Т1аккха, Бугин амал дика евзачу наха аьлла цоцанхошка: «Бугин жацнаш шайн йуьрта д1ахьо цунна ца хоуьйтуш. Т1аккха шен жайнашна т1аьхьа вог1ур ву шуна иза». Цоцанхоша Буга ц1ера волу ларвина, цуьнан жайнаш тхан йуьрта схьадеанера. Ц1а веача шенжайнаш, мича дахана, аьлла, зудчуьнга хаьттинера Бугас. Зудчо: «Ахь пурба делла шайна д1адаха аьлла, цоцанхоша шайца д1адаьхьир-кха уьш», аьлла, жоп делла. Т1аккха вай д1акхалха дезар ду аьлла, кечам байтинера Бугас шен зудчуьнга. Иштта Цоци-Эвла кхалхар хуьлу Бугин. Цул т1аьхьа хьажц1а воьдий Буг-Хьажа хуьлу цунах.
5
Тхан йуьртахошна советан Iедалан заманахьлера хиламаш, иэсехь мелла гIоле бисна, цул хьалхарчу хенахь чарел. Тахана дезткъе итт шерал лакхара хан йолуш волчу Абдулкадыров Iаддани-Хьажина билг-гал хууш ду, шен деда Момут имам хилла лаьтти-ний, цул тIаьхьа, хIинцалерчу йуьртан къедин Яхи-ханов Даша-Хьаьжин деда, Абубакар хаьржиний а. Абубакар бартана сиха, собарна мело стаг хиллачух тера ду. Цундела цоцанхойн цуьнца барт иэгIар сих-сиха нислуш хилла. Амма Iовдас (Эвтарарчу шайхо) йукъахь маслаIат дой цоцанхоша вуьтуш хилла Абубакар шен даржехь. Абубакар къанлушшехь тIекхиъна йуьртахь динан Iилма къорггера хууш жима стаг Iабдул-Къедар, Момутан кIант. Цо дика динан хьехамаш беш меттахIиттийна цоцанхой. Iабдул-Къедарца Делан кхел леллачул тIаьхьа, цоцанхоша шайна динан куьйгалле валаво Майртуьпара цIейаххана Iелам стаг, Айдамар-Хьаьжа. Цоцанхоша боккхачу ларамца дола дина Айдамар-Хьажин. Цара иза шайн хоржах ворхIазза Макка Хьажин цIа вохуьйту. Амма шайн йуьртахь шаьш реза долу дешна, кхетаме Iеламнах тIекхиъча, царна шайна рузбанехь хьалхаволуш шайн йуьртахо везарна, цара Айдамар-Хьаьжа мукъаваьккхина йуьртан къедийн декхарехь. Бакъду, иза цоцанхоша мукъаваккхар жимма шого-м нисделла. Айдамар-Хьажиний, Эвтарарчу шайхана Бамматгира-Хьажиний (Iовдиний) йуккъехь цу хенахь чIогIа гергарло лаьтташ хилла. Айдамар-Хьажина, кхин болчу мурдашна Кунта-Хьажас, Iовда шен мурдашлахь Дала эвлайаийн дакъа делла, башха мурд вуй хоуьйтуш, Iовдега шен караматаш гучу дохуьйтуш, меттигаш йалийна хилла. Цундела Айдамар-Хьажина, кхин болчарна хууш хила, Iовда тIерикъатан тобанаш дайта хьакъ волуш шайх вуй. Ткъа Iедало Кунта-Хьажа лаьцна Сибрех вахийтича, Iовдас устазалла шена тIелаьцна, тIерикъатан тобанаш дайта долийча, Айдамар-Хьажас Iовдица долу гергарло херадаьккхина. 1912 шарахь Iовда Iедало махках воккхий, пхеа шарна Калугехь хан йаккха дIалоцу, цоцанхойн къеда, Айдамар-Хьажа, оцу хенахь ворхIазлагIа Макка Хьажин цIа вахана хуьлу. Айдамар-Хьажа Маккара цIа вирзича, иза мукъавуьтуш, шайна дешна тIекхиъначу йуьртахойх волу къеда д1ахIотто, стаг харжа тохало цоцанхой. Айдамар-Хьажа ша дIаволла реза ца хиллачух тера ду, Цундела иза дIавоккхуш леллачу балхах лаьцна шиъ дийцар ду лелаш.
6
ВорхIазлагIа Хьажин цIийнера Цоци-Эвла вир-зинчу Айдамар-Хьажина хиъна, цоцанхоша ша дIаваккха барт бина буй. ДIаваьккхина боху цIе йе-заш ма ваций цхьа нохчо, ур-аттала бежаIун дарже-ра. Боккъала аьлча, цу хенахь-м паччахьан Iедалан пурстопаца бертахь бен къеда йуьрте дIаваккхалуш ца хилла. ХIетте, гIуллакх Iора ца далийта делахь, шена йуьртан бартах лаьцна дерг ца хуучуха, Айда-мар-Хьажа рогIерчу пIерасканехь массарал хьалха маьждиге веана, шеквоцуш, мимари чу охьахиъна, хьалха санна. Рузбане гуллуш болу цоцанхой, шаьш дIаваьккхина молла мимари чохь гича, гIеххьа боьхна хьаьвзина хилла. – «Вай дIаваьккхинарг-м, шек дIа воцуш, шен болх дIакхехьа ма воллу», - бо-хуш, вовшашна лере оьхуш. Йурт рузбане гулйелла йаьлча, Айдамар-Хьажас, куьйгаш хьала лоцуш, мохь тоьхна хилла: - «АлхьамдуллиллахIи роббил Iаламийна…» Наха доIийна, кхин башха ойла ца йеш, шаьш марздаларца ма-лаццара, шайн куьйгаш хьала лаьцна хилла, Амин бохуш. Айдамар-Хьажас чехка, саца ца деш, шен доIа дIакхайкхийна хилле-ра: - «Аша со гучура валийтина дIаваьккхина хилле-ра, ткъа со цIа кхаьчча, аса со йуха дIахIоттий! БихIурматис сирис суратил, Фатихьат», - аьлла, бисмилла дешна, куьйгаш йуьхьах хьаькхнера. Цул тIаьхьа рузбанан хьалхара суннаташ дина, хутIба дан мимари тIе ваьлла, хьехам бан хIоьттинера Ай-дамар-Хьажа, бохуш дуьйцу къаноша. Ишттаниг лелла йа ца лелла чIагIдан хала ду. Амма билггала хууш лелларг-м кхин ду. Цоцанхой Айдамар-Хьажа дIаваккха гIертар Iора даьлча, и къовсам къасто Ве-данан гIопера паччахьан пурстоп веана хиллера Цо-ци-Эвла, нахе вистхила. Пурстопа цоцанхошка хаьттина хиллера: - «ХIун галдаьлла шун Айдамар-Хьажица, стенна реза дац шу кхунна? Шу-х хIара шайн хоржах Хьажин цIа хьежош Iаш дара!» Цо динчу хаттарна жоп луш вистхиллера йуьртара Сайд-Iали, тайпана беношха волуш, хIетахь дешна ваьлла волу Iеламстаг, бохуш, дийцира Юнусов Хьусайн-Хьажас, Нохчийчохь хьалхара тIом болуш йуьртан къеда лаьттина вара иза. Сайд-Iалис аьллера пурстопе: - Тхан йуьртахь дешна, дин хьеха хууш нах кхиъна. Тхуна тхьаьшна хьехам беш йуьртахо веза, хIунда аьлча тхаьшна йуьртахо арахьарчу ста-гал лело атта хир волун дела. Кхечу агIорхьа тхан Айдамар-Хьажина ала хIумма дац. Амма хIара кхин дIа къеда витича, йуьртан барт буху, цхьаберш рузбана ца богIуш, цIахь совца мегаш хьал ду. Тхайн барт бухучул, хIара Айдамар-Хьажа мукъаваккхар бегIийла хетта тхуна, йурт йоькъучул. И къамел шена хезча, пурстопа дуьхьало ца йира цоцанхошна, Айдамар-Хьажа Иласхана-Юьрта къеда нисвира,
амма цига дIакхелхинчу буса, пеш хьаьхна, валар нисделлера цуьнан (Дала гечдойла цунна). И валар хиллера 1912 шарахь, Iовда, цуьнца махках баьхна накъостий Калугехь болуш. Iовдийна Калугехь вол-лушехь, ша эвлйаъ хиларе терра, хиънера Айдамар-Хьажа дIакхалхар. Цо шен накъосташка, Айдамар-Хьажин тезет хIуттучу Iуьйранна, аьллера: - «ДегIастанара Айдамар-Хьажин сийсара кхалхар нисделла, вай цунна докъан ламаз деш, до1а дан де-за». Накъосташца цхьана докъан ламаз дина, цара тIаьхьара «Амин» бохуш, Iовда доIа дина ваьлча, цуьнга накъосташа хаьттинера: - «Ма гергара ши стаг вара шуьшиъ, хиэро хIун бахьана долуш йеара шуьшинна йуккъе?» Iовдас аьллера: - Гергарло ха-дийнарг со вацара, Айдамар-Хьажа вара. Дукха доккха Iилма долуш, нахалахь сийлахь стаг вара иза. Ша тIерикъатан тоба вайца карладаьккхича, шен сий лахло моьттина, дIахедир-кх иза тIерикъатан некъах, вайх а. Дала гечдойла цунна. Дала йалсаманин хьаша войла цунах. Цоцанхойн дагтIера вожаран бахьана дара, иза вайна херавалар. Дала къинхетам бойла цунах.-
7
Айдамар-Хьажел тIаьхьа масех къеда хийцало цоци-йуьртахойн: Сайд-Iали, Мошкъа, Махьат-Мирза (Эвтархо), Мусло (Куршло). Зама Россехь, Нохчийчохь дукха кегайелла йогIу. Болало Хьалха-ра дуьненан йукъара тIом, гIовтту революцин бола-маш 1905-1907 шерашкахь. Эххар большевикаша 1917 шарахь хIаллакдо Россехь паччахьан Iедал, бо-лало граждански тIом. Оцу кегарийн зулам чекхдолу вайн махкахула. Политикина аьттехьа доцчу Делан цIенойн, маьждигийн кхолламаш дIаоь адамийн дахар дIахIоттаран хьолах. Тхан йуьртахь Советан Iедал дIахIуттучу муьрехь, рузба дойтуш хилла эвтархо Махьат-Мирза, куршло Мусло молла. Цаьршимма дехкийтина Оханан (апрель) беттан 9–г1ачу дийнахь 1919 шарахь деникинцашна дуьхьал шайн йуьрт ларйан дIахIиттинчу цоцанхошка гIазот. Оцу дийнахь 50 шарахь сов наха чохь Далла Iибадат деш хилла маьждиг, йаккхийн тоьпийн хIоьънаша латийначу цIаро дагийнера. Йурт йохош аьтта, йагийнера мостагIчо. МостагIчунна йахь ца луш, букъ ца берзош тIом бира йуьрто – 374 стаг гIазотехь вуьйжира. Цу дийнахь, шен кегий доьзал Куршлойн-Эвла дIабигийтина, гIазотехь дакъалоцуш сецначохь, дIакхелхира Мусло молла. Йеза чевнаш йина, кхетам чохь воцуш, Цоци-Эвлара Эвтара хьалавигнера Махьат-Мирза. Цоцанхоша, хьайн доьзалций дIагIахьара хьо шега аьлча, Мусло-моллас аьллера: - «Шуна кхерам боцчу хенахь шун рицкъа дууш Iийна, шуна кхерам тIехIоьттича дIаваххал доьналлех эшна вац со. ДIагIо бохуш долу къамелаш кхин ма де соьга».
8
Йуьрт йоккхуш дохийна маьждиг кхин дIахIотто аьтту ца болуш, цоцанхой 1944 шарахь, кхин болу нохчий санна, махках боху. Вайна ма-хаъара сове-тан Iедал муьлххачу динца мостагIалла долуш дара, къаьсттина бусалбачуьнца. Цундела иза уггаре хьалха динан корта – дешна нах, динан аьрда бIогIам – эвлайааш, деналла долу дешна сийлахь нах, наха жимма лоруш болу нах хIаллакбан дуьйлира. Иза дерриге цхьаболчарна гина, кхинбол-чарна хезна, наггахь дийна бисинчарна шайна тIехь лайна, дукхах болчара дешна хууш дерг ду. Амма цоцанхой, шайн рузба дан маьждиг дацахь, къарбел-ла ца совцуш, къайлаха нехан хIусамашкахь гуллуш, Дала тIедиллина парз кхочуш дан гIиртина, шайн аьттоне хьаьжжина. Советан Iедало Iаьрбийн йоза хууш болу бусалбанаш ГПУ-н чорхе «охьуьйтучу» хенахь кхаьчнера рузба дайтар, хьехамаш бар Аб-дулкадыров ТIалхьаде. Ламазна хезаш молла кхайк-хинарг тIепаза войуш зама хилла иза. Майра, доьналла долуш стаг хилла ТIалхьад. Цхьана пIерасканехь рузбане гулбелчаьрга аьлла цо: - «Ла-мазан хан тIехIоьттина, молла кхайкхал охIла вер-риг». Кхайкха охIла берш бахказа хилла, ткъа чохь болчех цхьа меттах ца ваьлла. ТIалхьада эли бохура: - «ХIинца кхойкху рагI соьгахь йу. Йуха маца хир-м ца хаьа. Тахана со кхайкха везар ву». И аьлла, ТIалхьад, араваьлла, молла кхайкхинера. Оцу дий-нахь тIаххьара ваьлла хиллера иза рузба доьхкуьйтуш нахана хьалха. Оцу буссехь дIавигнера иза ГПУ-с. Цул тIаьхьа лар йоцуш вайна ТIалхьад. Мел бу уьш Нохчийчуьра, и санна, байна, тахана тIеваха кошан барз боцуш, тIаьхьенийн дегалазамаш хилла бисина. Перестройкин шерашкахь хиира ТIалхьадан гергарчарна цунна тоьпаш тоьхна хил-лий Махачкалахь оццу хенахь. 1925-1937 шераш-кахь йуьртан къедалла къайлах лелийна, рузба, жамаIат леладар мел луьра хиллехь, Дадаев ИсмаьIала йурт динан Iу воцуш цайитар шена тIелаьцна. Молланийн балхаца доьзна ду-кх нохчо-чун дахар, дуьненчу валарна тIера йуха лаьттах вах-халц. Цундела дин дойтуьйла йацара йуьртахь, мел къиза, хала мур тIехIоттарх. Йалийначу зудчун мах бар, берана хьакъикъат дер, божабер сунтдар, мов-лад дешар, ламаз дан Iамор, марха кхабар, закат да-лар, сахь даккхар, бахамна шарет дар, велларг дIаверзор, Къуръан деша Iамор – уьш совца йиш йо-луш хIумнаш дац нохчийн къоман оьмарехь. Дешна къона чкъор тIекхуьуш ца хилча, довш ду дин, гIелло къоман ийман, галйовлу гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш. Оцу дерригенах кхеташ волу Дадаев ИсмаьIал, ша мел цамгарца бала хьоьгуш хиллехь (чуьйнан цамгар хилла цунна-диарея), цо итт шарахь динца йолу агIо ларйина Цоци-Эвлахь. Цул сов цо къайлах, хьуьжарш чекхйахаза бисинчу мутаIеламашка, ша хьеха хьоьхуш, бусалба дешар дуьззина Iамош чекхдаккхийтина. Цунца доьшуш чекхбевлча, Iеламнах хилла дIабахара, йуьртана пайдехь болуш: Исмаилов ХI****, Садаев Iумар, Замхаев Iеламсолта, Саидов Зеламха, Саидов Докка, Гучигов Жебар, Солтаханов Рамзан, Исмаилов Жебар, Асуев Салавди (эвтархо), Iийса (гелдганхо), Тата (хосийуьртхо), Къусин Махьмуда, Эдилов Бетир-солта, и.дI.кх. ИсмаьIала йуьртахошна йукъахь тес-начу бусалба динан ийманан хIух кхиъначу маргIалша латийначу кенаша, махках даьхна 13-шарахь даьржина вай лелаш, йуха цIа дирзича, ца дайтира исламан буьртигийн беркат цоцанхошна, вайн махкахошна йукъахь. Дела реза хилийла царна, Дала декъала бойла уьш йалсаманин бошмашкахь.
9
1956 шарахь дуьйна Нохчийчу цIа берза буьйла-ло цоцанхой, кхин болу нохчий санна, амма рузбий, жамаIат хьехадойтуш дацара оцу хенахь а советан Iедало. Бусалба дин лелош берш Iедална, тIекхиъначу цхьаболчу къоначарна сийсаз хеташ бара. Кицанаш дара цу хенахь атеистически даьржина: «Дан хIума доцчо ламаз до, даа хIума доцчо марха кхобу», бохуш. ГIелделлера бусалба дин, амма дIахаьдда, цхьаммо ца лелош сецна даца-ра, дуккха наха лардеш дара. Дешначу молланаша, шайна мел кхерам белахь, адмашна йукъахь мовла-дашкахь, сагIа доккху чохь, зуькар хIоттийнчохь, сакъера гулделлачохь дIакхехьначу кхетаман балхо, дийна латтийна вайн ийман, гIиллакх-оьздангалла. 1985 шарахь Горбачевн перестройка йолайелча, ди-нан гIуллакх марша дала доладаларна, аьтто болу цоцанхойн шайн рузбанан маьждиг йухаметтахIотторан болх боло. Москвара Iедало марша даьккхича, вайн меттигерчу Iедало кхерамаш туьйсура Делан цIа дендан гIертачарна. Амма пере-стройкица даьлачу динан маршонан гечонах кхаъ хиллачу наха къар ца луш шайн болх бора. Оцу муьрехь йуьртан моллалла Яхиханов Дашина тIехь дара, цуьнан гIоьнча йурто Исмаилов Суппайн хIоттийнера. Дала гечдойла цаьршинна, и шиъ таха-на воцуш ву, амма цара дина дика тахана вайна йукъахь дехаш ду, йуьртахоша Далла Iамал йарца пайдаоьцуш. Дашин деда Абубакар, Суппайнан да ИсмаьIал лаьттина, вай лакхахь ма-аллара, къедин декхарш кхочушдеш йуьртан хьехаман гечонехь.
Дашас, Суппайна шайна тIеозийра Iалсолтин Махьма, Доккин Мохьмад, Бугхьажин Iабдин кIант Хьамзат, ТIалхьадан Мохьадди, Мешин Махьмуда, Минкаилан Iусман (Дала гечдойла царна), Iабдулкедаран Iаддани, кхин дуккха йуьртахой, мас-серан цIераш йаьхна вер вац. Нахера ахча лахьош, белхеш вовшахбетташ, шаьш ма-хуьллу къахьоьгуш, адам йохье доккхуш, хIайт-аьлла хьаьвзира и нах. Наггахь волу йуьртахо висина хир вац цоцанхойн Делан цIа йухадендеш дакъа лацаза. Дала йоле дуьллийла хьегна къа, йина харж массеран а. 1989 шарахь хьалхарчу Хьаьттан (август) баттахь дан до-лийна Цоци-Юьртара Делан цIа дина делира 1993 шеран бIаьста, чохь рузба дан долош. Деза, доккха де дара иза цоцанхошна – дуккха шерашкахь хьег-начу синкхачанах кхетта, Делан даше ладогIа. Хас-тамхиларан хIусамехь хьеший хила аьтто баларна, баккхий беш бара нах. Амма атта, сиха бацара оцу хазахетаран дийне кхачийнв некъ. Уггаре деза дукъ цоцанхойн маьждиг йухаметтахIотторехь шена тIелаьцна дIакхийхьира ИсмаьIалан Суппайн-Хьажас. Нахера вовшахкхетачу ахчанан чот лелор, оцу ахчанах оьцучу гIирсийн хьесап дар, доцца аьлча кассир, экспедитор, снабженец, тIе цхьаболчу «наха» ахча дуург веш, дуьйцу харцдерг лан дезар дара Суппайн-Хьажина кхаьчнарг. Цо учет лелийна доккха тептар суна сайн бIаьргашна гина ду. ВуьрхIитта тетрадан агIон тIехь дIайазбина бу, мел эцна гIирс, цуьнан барам, мах, йаьлла харж а. Йуьртахоша тесначу ахчанна хIоранан фамилиций, цIарций йина билгалонаш йу. Мало йоцуш, денна оьшучунна шен машен хоьхкуш, маьждиган балхана дIахIоьттина къахьегна Мешин Махьмудас Суп-пайн-Хьажица цхьаьна. Дела реза хуьлда оцу маьждиг дарехь балхаца, ахчанца, гIирсашца, олучу хазачу дашца, йиначу дикачу ойланца, дакъа мел лаьцначу стагана, зудчунна.
10
Йухаденделлачу Цоци-Юьртарчу Делан цIийнехь ламазна хьалха бовлуш, хьехамаш беш схьабаьхкина Яхиханов Даша-Хьажа, Абдулкадыров Iаддани-Хьажа, Юнусов Хьусайн-Хьажа. Церан гIоьнча хилла лелла дуккха шерашкахь Мазаза-Хьажин Кидин кIант Сиражди-Хьажа. Ткъа рузбанан ламазна хьалха волуш, хутIба деш Нохчичохь хьалхара тIом дIабоьдуш болчу хенахь дуьйна Хабзиев Iаьрби-Хьажа ву (10-II классашкахь йуьртахь иза доьшуш волчу хенахь нохчийн, оьрсийн меттанаш ас хьехна цунна). Иза Сирехь (Шемахь) бусалба динан лакхара дешар чекхдаьккхина, Iаьрбийн мотт хууш, амма уггаре диканиг ду, цунна вайн нохчийн мотт кIоргера, шера бийца хууш хилар. Iаьрби-Хьажас ша Iаьрбийн маттера гочдеш дерг шина-кхаа маьIнехь хьийзо, тида агIо йоцуш, нийсачу маьIнехь, кхетар воллучу агIор бен ца олу. Цо Делан къамел нохчашна товр долчу агIор хьийзо меттаг буьтуш ца олу: йа мага до, йа ца мага до, йа хьанал до, йа хьарам до, тур тоьхча санна, хадош олу. Цо гойту бусалба дино иэделла хIума ца магор: иза йа цIена, йа боьха, йа хьанал, йа хьарам къаьстина хила дезар. Уьш вай иэдахь цIенаниг бехло, хьаналниг хьарам хуьлу. Iаьрби-Хьажас цхьа вирд толош, важа лахдеш къамел ца до (нахана-м лууш хила там бара цо иза дан). Ша Эвтарахь вирд долуш ву иза, амма иза къехкаш вац кхечу вирдашкарчу нахах. Дерриге вирдаш цхьана исламан диттан хиэнах дозуш ду, тIерикъатан генаш хилла. Оцу диттан орамаша дий-на латтош ду и гаьннаш. Цхьана диттан хиэнах таса-деллачу гаьннийн вовшашца, шаьш кхобучу хиэнца дов хуьлийла йац. Цундела массо эвлайааша, уста-заша шайн мурдашна бина хьехамаш Далла, сий-долчу Элчано (I.с.в.) тIедехкинчу парзийн, сунна-тийн гура чохь, дозанаш чохь совцар тIедуьллуш бина. Зуькарш дечохь цара Дела хьехавар муххачу кепара леладахь а. Дала Цоци-Эвлана дина доккха совгIат ду, Iаьрби-Хьажа санна хьехамча валар, тIекхиийтар а. Дала гIазот къобал дойла вайн Нох-чийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпал-хочун Кадыров Ахьмад-Хьажин, иза НР-ан куьйгал-хо хилчхьана толуш дIахIоьттина вайн къоман даха-ран, бусалба динан хьелаш. Дала цунна ваха тоьхнарг, вайна мел деган Iийжаме делахь а, кIезиг хан хилла, кIиллочу мостагIийн каделира йамарт-лонца иза вайна йукъара ваккха. Амма мостагIашна луург ца хилира, Ахьмад-Хьажас долийна гIуллакх, цо дIанисдинчу къилбанах дIаса ца тоIуьйтуш, дIадахьа тIелаьцна схьавогIуш ву цуьнан воI, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан-Хьажа, шена гонах тешаме накъостийн гулбина. Цо йухаметтахIоттий тIамо йохийна гIаланаш, йарташ, болницаш, школаш, тIайш, некъаш, дуогIийти зийарташ, маьждигаш, дIайеллийти хьафизийн школаш, бусалба динан Университет, институт, хьуьжарш. Денйи НР-ан бусалба динан Урхалла, марша доккхуш аьтто би ХьажцIа дахар-дахкар. Соьлжа-гIала машаран, Ислам-динан дуьне-найукъара шахьар йина дIахIоттий, молланий, Iеламнехан сий-ларам лакхабаьккхи. Цундела та-ханлерчу дийнахь вайн махкахь кхиъна, бусалба ди-нан Iилма Iамийна Iеламнах, хьафизаш, шо-шаре мел долу дебаш, церан беркат сов дуьйлуш йоьдуш йу зама. Дала мукълахь, тахана вайн махкахь бусалба динан дешарх чекхбевлла кегийрхой мел бу, вай сагатдойла йац синкхача боцуш дисарна. Дала Шен цIийнехь йечу Iамал-Iибадатах кхин цкъа ма хадийтийла нохчийн, кхиндолу бусалба къаьмнаш, дуьнен чохь оьмар мел йу. Дала Шен безачу балица вай зуьйш, вай кхетамах галдевлла зама ма гойла вайна. Дала вайн кхолламаш, Шен хIусамийн кхолламаш ирсе хуьлийтуьйла тIейогIучу заманашкахь а.
P. S. ХIара очерк-дийцар аса вовшахтоьхначул тIаьхьа, 2010 шарахь , дина даьккхира Цоци–Юьртахь, НР куьйгалхочун Кадыров Рамзан-Хьажин лаамца керла, Iаламат доккха, хаза, шен ис-баьхьаллица вайн республикан коьрта «Нохчий-чоьнан дог» цIе йолуш долчу маьждиге гоьртташ долу, Митаев Мохьмадан цIарах долу Делан цIа. Баммат-Гира-Хьажин (Iовдин) Iелин ХьусаIнан кIентаца Мохьмадца (Дала даржехь сов бахийла уьш) даггара гергарло тасаделла вайн мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзан-Хьажин. Мохьмад Митаев (Iовдин, Iелин мурдаша Махьа олу цунах). Ахьмад-Хьажин вайн мохк марша баккхарехьа бо-лийначу некъана реза волуш, къобал бина, шега да-луш долу накъосталла деш схьавеана Махьа, цул сов Рамзан-Хьажин дика накъост волуш чекхваьлла ву. Цундела вайн мехкан Дена, Рамзан-Хьажина шена лараме, веза волчу доттагIчуьнан цIарах долу маьждиг Цоци-Юьртахь дан лиъна, хIунда аьлча кху йуьртахь Мохьмадан берийн ненахой, дегахула болу гергара нах хиларна. Дела реза хилда Кадыров Рам-зан-Хьажина тхан йуьртана, Iовдин цIенца воIда йолчу мурдашна 2010 шеран ГIурбанан Iийда йуьрте цу чохь дойтуш, и маьждиг дIаделларна. Дала дуьненахь, эхартахь Шен диканийн бекхам бойна цунна, цуьнан дена Ахьмад-Хьажина, цуьнан цIийнан охIланна а. Дала дуьненчохь йоккху хан йахйойла цуьнан Нохчийчоь денйарехь, хазйарехь Хастамхиларо аьттонашца йуьхкIай лелош. Тахан-лерчу дийнахь Цоци-Юьртахь Митаев Мохьмадан цIарах долу цхьа рузбанан маьждиг ду, цул сов йуьртахоша шайн-шайн йуккъехь дина иттаннаш жамаIатан маждигаш ду. ХIора маьждигехь ала ме-гар долуш Iаьрбийн йоза, Къуръан дешар Iамош кхиазхой бу: божабераш, зудабераш а. Къаьсттина тоьлла хIума ду зудаберашна бусалба динах йуьхьанцара кхетам луш, Iарбийн маттахь йаздан, деша Iамош, Къуръан дешар шардеш, марздеш хи-лар. ХIунда аьлча уьш ма бу кханалерчу дийнахь хир болу хIусамнаной, берийн наной. Царна тахана чудиллина долу бусалба динца долу ийман, цара шайн берашка дIалур ду, тIаккха оцу берех вайна йуьхкIам болуш тIаьхье кхуьур йу. Кхин цкъа вешан къомана йукъахь барт бохар, вовшашца тIаме довлар ма гойла вайна. Дала, тахана санна, маьршачу стигал кIеллахь ирсе дахар лойла вайна, йукъахь вовшен дезар, дашар, иэхь, ийман, йахь, адамалла, нохчолла долуш.
ТЕШАМЕ МУРД, ДЕЛАН ЦIЕНА ЛАЙ А
*Кунта-хьажин доьзалан доладеш,Хункара махка дIакхелхинчу Цоци-Юьртара Гама-Хьажин сийна
1
Митингийн «дагаро йоттуш» йара Нохчийчоь. Коммунистийн Iедал харцош-м цхьа барт бара нох-чийн къоман. Партбилеташ киснахь дерш бевлира шайн парти йохо ара. Царна моьттура, шаьш парт-билеташ этIош коммунистийн Iедал йемал дича, «демократийн цIарца гIевттинчара» шайга даржаш кховдор ду. Цундела Завгаев Доккин оьмар йеха ца хилира Нохчийчоьнан коьрталлехь. Инарла Дудаев Джохар валийра Iедалан коьрте ОКЧН-ан куьйгал-лин тобано. Завгаевна йамарт хилла «накъостий» инарлас керлачу Iедалан уча ца битира. ТIаккха уьш оппозице бевлира Дудаевн Iедална, Москвага «бер-зан» Iедал дожо гIо доьхуш. Нохчийн къам дийкъи-ра Iедал къовса араевллачу тобанаша. ХIора тобанан коьртехь шайн-шайн бригадни инарлаш болуш, жоьлкех, бежIуьнех, трактористех, партноменклату-рех схьабевлла болу. Талораш дар, адмаш идор, дай-ар, герзашца йолу ардангаш вовшах тийсайала йуьйлайалале нехан дегайовхо йара, цхьа низам до-луш вайн махкахь пачхьалкх кхоллалур йу моьтташ. Иза ца моьттийла йацара, хIунда аьлча нохчийн маттана башха шера вацахь, вайн къомалахь даима сийлахь хетта дарж долчу инарлас дуьненан йалсамане багахь дIахIоттийна йоккхуш хиларна, Россис вай дIахецчхьана. Инарлин, цуьнан гуонан къамеле ладегIар митингашкахь нисдалаза дукха нах ца бисира, гIала баха ницкъ ца кхаьчнехь йа телевиденехула мукъана хуьлуш дерг цагинарг бен. Цу хенахь оцу митингашка хIокху дийцаран автор волу со кхаьчна. Оцу митинге ваханчохь нисвелира со сайн кхидIа хиндолчу дийцаран сюжетана тIе.
2
Коммунистийн Iедало йина 12-гIат лекхачу гос-комах Президентан цIа хиллачу гIишлоний, Мини-стрийн цIенний йуккъерчу майдана нисвелира со сайн йуьртахочуьнца Хьаьламца делкъал тIаьхьа, Хьалха-Мартанарчу базарара воггIушехь. Майда-нахь деш зуькарш дара, нах ахча тосуш бара вайн къоман маршонан боламна, хийцалучу ораторийн къамелаш дара хезаш микрофонехула Дудаевн го-нерчу нахан. Соьлжа-хин истехьа кхехкош йайш да-ра, денна цхацца йуьрта бахамийн куьйгалхоша схьакхоьхьуьйтучу даьхнийн жижиг чохь. Цу агIорхьа ламазана тийсина кузаш, паласаш дара. Амма ламаз эцарна бегIийла меттиг йацара, цу йуххерчу бахархойн керта ца гIоьртича. Сан накъост къар ца велла, цхаьна керта гIоьртира тхойшиъ. Цу кертахь Iаш берш гIалгIай хиллера, аьлча гIалгIайн къомах йолу цхьа ши зуда. Кертахь карант чуьра охьадогIучу хица ламазаш эцна тхойша ваьлча, хIусам чуьра араваьллачу цхьана гIалгIех стага чукхайкхира тхойша. Ламаз дар чохь атта хир ду-кх вайшинна аьлла, тхойша хIусам чу-воьду. Чохь масех гIалгIайх стаг вара, шинна тIехь дуьззина вайнехан духар долуш: сурам куйнаш, бустамаш долу чоэш, гIадйукъах дихкина кхелина доьхкарш, шаьлтанаш, когахь кIеда маьхьсеш. Салам-маршалла чекхдаьлча, жамаIатехь ламазаш дира оха. Тхойша аравала тохавелча, Iела цIе йолчу гIалгIачо, сих ма ло аьлла, охьахаийтира тхойша. Цо хаийтира кху хIусамерчу зударшна, чудаьхкинччура мовлид деша лууш хилар. Мовлид доьшуш Iан йиш йац ала бегIийла ца хетта, чохь сецира тхойша. Вовшашка цхьацца Нохчийчохь хуьлуш долчух, гIалгIай дIакъаьстина, шайна бовларх дуьйцуш Iаш, вайнехан духарца волчу вокхстага хаьттира: – Шуьшиъ мичхьара, муьлхачу йуьртара ву, ши кIант?– Хьаьлама хаийтира тхойша Цоци-Эвлара хилар. Воккха стаг, цхьаммо бухара хьалатеттича санна, кхоссалуш, хьалагIаьттира. – Ой, Гама-Хьажин цуьртара ву-кх шуьшиъ?!- Йуххехь хиъначуьра хьалагIаьттира цуьнан хенара хир волуш волу шолгIа гIалгIа. Бакъдерг ала деза, суна цара цIе йоху стаг тхайн эвлара вевзаш вацара йа вуьйцуш ца хезнера. Хьаьламна кIеззаг хIума хууш хиллера цара вуьйцучу Гама-Хьажех лаьцна. ГIалгIаша хаийтира шайн дай Кишин-Хьажица тоба дина хилар Цоци-Эвлахь Гама-Хьажин хIусамехь. Оцу хIусамехь шайн устазна тIе некъ беш, шайн дайн сих-сиха совцар, буьйса йаккхар нислуш хиллий хаийтира оцу шина стага. ГIалгIашна хаа лаьара Гама-Хьажин тIаьхьенах дерг. Сан накъосто (Хьаьлама), шена хууш дерг дийцира. Цо дийцарехь Гама-Хьажин кIант Дуда-Хьажа махках дахале кхелхина, ткъа цуьнан доьзалх дийна цхьа йоI бен кхин цхьа висина вац. Амма Гама-Хьажин вешин кIентан тIаьхьенаш-м йу хIинца Цоци-Эвлахь йехаш. Мовлад дешначул тIаьхьа, рицкъанах кхетта, тхо дIасакъаьстира мерза, довха. Амма суна инзаре чIогIа лиира къадарийн тIарикъатан беркат вайн махка деана, Кунта-Хьажа тIевуссуш, цо гергарло лелош хилла сайн йуьртахо, мила ву хаа. Сайна цунах гучудаьлларг дуьйцур ду ас кхидIа.
3
МаьркIажан ханна цIа кхача лаарна тхойша сих-ха тхаьшшинан машенна тIе вахара. ЦIа вогIуш, тхаьш гIалех арадевллачул тIаьхьа, ас Хьаьламца йуха Гама-Хьажех лаьцна къамел долийра. Хьаьлама суна бовзийтира Гама-Хьажин вешин кIентан Мидин тIаьхьенах болу йуьртахой. Амма цаьрца сан къамел деха ца деара. Ца лиира царна шаьш, шайн Нохч-ГIалгIайчохь цIе йахана волу шайн деден ваша вийца. Эвлайаашций, шайхашций, Iеламнахаций уьйр хилла, царна гIо дина нах, уьш шаьш санна, хIаллакбинчу Iедалан къизаллин кхерам хIинца дIакъастаза бу-кх вайн адамех. Ас царна бехк ца буьллу, хIунда аьлча дахарехь дуьненан хIума, наггахь вайна ца моьттачу агIор хьаьвзана кхерамца дуьхьала долу. Кхийринчун нана ца йилхина, олуш ду вайн кица. Амма сан коьрте хьаьвзина ойланаш совцам ца лора, Гама-Хьажех дерг шена карадаллалц. Гама-Хьажин вешийн берашка, шичошка хиттича дукха «хIонс» ца гулйелира. Уьш башха Гама-Хьажех лаьцна къамеле ца бовлура, амма Iанне ца Iийначо, хиллане хиндоцург дина олуш ма-хиллара, йуьртахойн иэсах пайдаэцар нисделира сан. Цоци-Эвлахь хилла, лелла хIумнаш, йуьртарчу тайпанийн силсилаш йевзаш стаг хиллера тхан йуьртахь, Баха цIе йолуш. Иза тайпана йалхойх волуш, йуьртахь хьехархо болх бина, со кхиале дIакхелхина (Дала гечдойла цунна). Делахь цуьнга гIоьртташ иэсана сема йуьртахо карийра суна, со хьийзочу хеттаршна жоп дала. Иза вара тхан йурт шен цIарах йолчу Цоци, Тоьсаркъи, МацIага, КIичIин кIант, Iума.
4. Iумин дийцар
Дийцар дIадоладале масех дош ала догIу Iумех лаьцна. Даима нийсо лоьхуш, бакъонан накъост во-луш, харцонна шен хьуьнаре хьаьжжина дуьхьало йеш, сема стаг вара Iума. Вайн махкахь бусалба дин даржар дуьйцура цо ДегIастанарчу Абумуслимана тIера ТIермало, Берса шайхехула Имам Мансуре, ГIезамахьме, Шемална тIе кхаччалц. Цул тIаьхьа багарбора Накъшбандин, къадарин эвлайааш, шай-хаш, устазаш. Цоци-Эвлаца зIе хиллачу Кунта-Хьажех, Iовдех, Iовдин Iелех кху йуьртара ваьллачу шайх Манех, къаьсттинчу айамца хуьлура цуьнан къамел и сийлахь-беза нах буьйцуш. Кху дийцарехь саца лаьа суна Iумас дийцинчу Илсхан-Юьртарчу Хьажиний, Цоци-Эвларчу Гаминий йуккъерчу гер-гарлонах дерг. Iумас схьадийцарехь, Кунта-Хьажина тIера долало Цоци-Эвлана тIехь эвлайаийн орцанан беркат латтар, Делан къинхетам тIебоссар а. Цунна тоьшалла ду Кунта-Хьажин тешаме туш, вирдан вежараллин бIов хилла дIахIоттар Цоци-Юьртарчу Гамин хIусам, Кишин-Хьажиний, цоцанхочунний йукъара гергарло. Гама Кунта-Хьажел ткъайахха шо воккха хиллачух тера ду, амма шерийн башхалло новкъарло йеш ца хилла царна вовшашка болу ларам ларбан. Цоцанхойн Гама тайпана ихIаройх ву, ткъа Хьажа гIумхо хилла. Кунта-Хьажа жимчохь дуьйна (ненан кийрахь) Дала дика дина хиларе терра, шен нийсарошца чIагаран зуькарш деш хилла бераллехь дуьйна. Баккхийрнаш дага буьйлуш, хьекъале тидамашца билгалваьлла хилла Хьажа жимчохь дуьйна. Цоцанхойн дуьйш долу ардаш, кIуотарш, даьхнийн гIотанаш Гумс, Хуллой вовшехъкхетачу кхаччалц, цул дехьа Соьлжа-хи тIе кхаччалц хилла. Даьхни лелорехь, латта дуьйш даьрзорехь цIе йахана стаг хилла Гама. Доккхачу дегIахь, онда стаг хила иза (и охьахиъна волуш, йуккъерчу дегIахь волу стаг ирахь лаьтташ хилча, цуьнга (Гамега) нисса хуьлуш). Баккхий когаш, баьхьанаш санна канаш долу куьгаш, шуьйра белшаш, йора гIодайукъ, даима цу гIодах йихкина гIама, гIеххьа лергина маж-мекх, луьста цIоцкъамашна, дехачу бIаьрчоьшний йуккъехула схьакъега чиркхаш санна, хьекъале бIаьргаш болуш. Амма оццул доккхачу дегIачохь детталуш дара къинхетаме, комаьрша, ийманах дуьззина къонахчун дог. Хьанна хаьа, муха тасаделира оцу шина стеган гергарло, доттагIалла а? Иза Хастамхиларна дика хуур ду. Амма Цоци-Эвлахь Кунта-Хьажа вогIуш-воьдуш, соцуш, буьйса йоккхуш, шен дог далхош хIусам Гаминиг бен-м ца хилла. Гамас шена Дала дина син совгIат хеташ тIелаьцна Кунта-Хьажица тоба деш, цо Нохчийчу деана къадарийн тIерикъат. Къадарийн терикъатан новкъахь берахь дуьйна Кунта-Хьажин мурд хилла лелаш волу Эвтарара Бамат-Гира-Хьажа (Iовда) шен мурдашна Дала эвлайаийн дакъа делла стаг хилар хаийтар, Гама-Хьаьжин хIусамехь хилла бохуш, дуьйцу. Гама-Хьажин хIусамехь цIандайтина Iовдега Кунта-Хьажас, шайна даарна хьалха диллина шун. Цхьаболчара и болх Эвтарахь хилла боху, вукхара кхечанхьа хилла бохуш дуьйцу. Амма кхузахь коьртаниг и болх лелла меттиг йац, коьртаниг – Iовда, Дала билгалвина Вели хилар ду, Кунта-Хьажин мурдашлахь къастийна. Иза ма-дарра гучудолу Гама-Хьажин кIентан Дуда-Хьажин, вай тIаьхьа далон долчу къамелехь.
5. Iумегахула девзина Дуда-Хьаьжин къамел
1936 шо. Цоци-Эвлахь Исраилан Хьаьсанан кер-тахь доккха хIоьттина тезет. Оцу тезета баьхкина луларчу йарташкара нах. Цу тезетара нах махина охьахевшича, хьехам беш зуькаран тобанан тхьам-данех цхьаъ волуш, цига кхочу Гама -Хьажин кIант, Дуда-Хьажа. Цуьнца цхьаьна бу цуьнан маьхчой: Исмайл, Зайнал, Сота, ТIокка. Кадам оьцуш верг дIаваьлча кхозлагIачу метте охьахаийнера Дуда-Хьажа. Зуькаран тхьамдин къамеле ладегIа хIоьттинера кертахь мел верг. Тхьамдано дуьйцура: - «Хьажас дика дина вайна хIара къадарин зуькар дитина. ХIара къадаре вайгахь дуьсур долуш ду. Кхин кхуьнга кхочуш къадарин некъ бохьуш эвлай-аъ вогIур ву баьхча бакъ дац, вайгара цхьаьнга дер дац хIара, баьхна Кишин-Хьажас!– Дуда-Хьаьжас мохь тоьхна, луьйш волчу тхьамдин къамел хадош, аьлера: «Ма тилабе хIара нах, ма Iехабе хIорш, ма ботта пуьташ!»– Йух-йуха хьалалелхаш мохьбет-таш хиллера Дуда-Хьажа. ТIаьхьара гIовтал лаьцна, охьаийзош хилла иза маьхчоша. Зайнала Дудега аьллера: - Ма йе гIовгIа, хьерадаьлла жIаьла! Цо Сибрех вахьийтина войуьйтур ву хьо Iедалехула!– ЦIечу партизанех стаг хиллера къамел деш хилла тхьамда. Ткъа цу хенахь, советан Iедалца гома ву аьлла, тIе пIелг хьажийнарг Iедало тIепаза войъуш зама хилла иза. Амма, тIаьхьа хIуъу хир делахь, Дуда-Хьажа йухаверза дагахь ца хилла. Цо аьллера: -Херхах варийтахь, цIергахь вагавайтахь, ирх ол-лийтахь, амма бакъдерг-м эр ду Дудас!» Тезетарчу наха дехарш дан долийнера Гама-Хьажин кIанте, Дуда-Хьаьже: «Ахь дийцахьа, Дуда, бакъдерг!» –«Дуьйцур ду, дуьйцур ду. ХIокху Делера доьссинчу Къуръанора, ас дуьйцург бакъ ма ду аьлла, баа дуй болуш дуьйцур ду Дудас! Амма оцуьна-м (т1е пIелг хьажийра Дудас хьалха луьйш хиллачуьгахьа) бац ша дуьйцучух лаьцна баа дуй».– Йуха шен къамел дIадолийра Дудас: «ЛадогIал, цоци-эвлахой! Хьажа вайн махкахь лелаш волчу хенахь, Хьажа тхан чу-веара, тхоьгахь хIума йиира, тхан чохь буьйса йаьккхира бохуш, цхьа дегI схьадалал, дийца! Дер дац. Тхан да, Гама, волчохь бен цхьана ден тхов кIел вахана вац Хьажа. ШолгIа, Хьажа лелаш волчу хе-нахь, Цоци-Эвларчу цхьана стеган йарий, тхан ден Гамин бен, цхьа говр йужу гIудалкх? Йацара! Аш йара аьлча и бакъ дац! Хьажа лелаш волчу хенахь, оцу гIудалкхана йужуш хилла сира говр тхан йара. Оцу говрана уггаре хьалха хаалора Хьажа тхоьга вогIуш. Хьажа Мичигал сехьа валарций, терсаш, йетталора и говр тхан даьхкертахь. ТIаккха тхан дас, Гамас, со, сан шича, оцу гIудалкхана и сира говр дIайужий, дуьхьал вохуьйтура Хьажина: - «Хьада, волол, ши кIант, Хьажина дуьхьал гIол, олий». Ду-да-Хьажин хьераш йолчу кхочуш, Хьажина дуьхьал кхочура тхойшиъ. Циггахь Хьажа гIудалкха хаавой, схьавалавора охашиммо иза тхайга. Цхьана дийнахь Хьажас, иштта шаьш цунна дуьхьала дахана цIа кхаьчча, элира Гамега: - «Гама, и говр йелча цхьа бен йоцчу метте дIатакхийна, дIакхоссий, цуьнан сий ма дайалахь, цхьана цIеначу метте каш даккхий дIайоллалахь!» И говр дIайоьллина кошан барз тхан бешахь бу, шун цхьаннен бешахь бац. Хьажас ша лелаш волчу хенахь шен куьйга бина дечиган кад тхоьгахь бу, шуьгахь бац. Цо шен куьйга дина кхо ког болу жонгIант тхоьгахь ду, шуьгахь дац, цо йина Iаса тхоьгахь йу, шуьгахь йац! Хьажас ша лелаш волчу хенахь шен ворданна йоьжна хилла гомашан дуьхьарг, тхоьга ша веача, и гомашан дуьхьарг тхоьгахь йуьтуш, тхан гомашан бугIа шен ворданна йоьжна, сан дега (Гамега) элира: - Гама, хьан цIентIера беркат оьшуьйтур дац хьуна, хIокху гомашан дуьхьарган хIу ма дайталахь, кхуьнан тIаьхье дебар йу хьуна!» - Оцу Хьажин гомашан дуьхьаргах дебна гомашийн бажа, тхан божал дуьззина, тхан кертахь бу, шуьгахь йац цхьа кIорни цунах. Хьажа махках волучу хенахь, шех хиндерг хууш, тIаьххьара веара иза тхоьга. Йоккхачу уьйтIахь, луьста бай хилла девллачу муьжгаш тIе тийсина хIумнаш йолуш, (палсаш, истангаш, кхекхий) Цоци-Эвлара дуккха адам гулделлера тхан керта. УьйтIа йуккъехь Хьажа волуш, гонаха йуьртара божарий, хьовса баьхкина зударий, кегийрахой керташний, дитташний тIехь бераш, цхьаберш тхан цIенойн тхов дIалаьцна дIатарбеллера. Оцу нехан йазалло тхан тхов цу дийнахь чубожийра. Иштта йоккха меттиг йара оцу дийнахь. Хьажега наха цхьацца хеттарш дора, цо царна жоьпаш лора. Нехан хеттарш лагIделлачу йуккъехула, шена гечо даьлча, тхан дас, Гамас, хаьттира Хьажега: «Хьо махках волуш ву, Хьажа, хьо тхан устаз ву, тхо хьан мурдаш ду. Тахана хьан куьйге дахккалла доцуш, тхан дуьсуш синош ду. Оха царна хIун дан деза-теша, ва Хьажа? – «ХIаъ-а, Гама, иштта шайна тIаьхьа пайденгахьа даьндолу хIума хаттал аш вайга. Аша хаьттичунна бен вайн жоп дала бакъо ма йац! Аш хIун делаший, тахана сан куьйге дахккалла доцу синош, кхин тIе догIур долу синош Эвтарарчу Баммат-Гирица дIанисделаш. Тобанан неI йеллаза ца волуш, иза дIайелла бакъо йолуш, схьавогIуш ву шуна иза. Цунна инкарло ца йеш, цуьнца дIанисвелларг, цунна букъ ца хьовзийнарг, ас сайн йаьIни тIе лоцу, ца нисвеллачунна соьгара шапаIат хир дац, Къемат-дийнахь со цунна гур а вац. Инкарло ца йинарг ас сайн йаьIнина тIелоцу шуна, - олуш, –Хьаьжас шоз-за шен ворти тIе тоьхна куьг гина суна сайн шина бIаьрга», - элира Дудас, бохуш дуьйцура Iумас. Йу-ха Дудин къамела тIе довлу вай: - Оцу дийнахь тхоьгара Хьажа дIаваха тохавелча, тхан нанас, Ку-зас, йелха ийзош, Хьажега элира: - «Ма хьо везаш, доггах кхача вовшахбиттинера ас, Хьажа, суна совгIатана тамехь дош ца эли-кх ахь?» – Хьажас тхан нанна белш тIе куьг тоьхна, элира: - «Хьо йел-ча, гIевланга йоьгIна дечиг денйаллала, дика стаг йу-кх хьо, и тоьшалла тоьар дацара хьуна, ва Куза?!» –Сан нана йелча, цуьнан гIевланга чуртана йоьгIна дечиг денйелла, цу тIе даьлла дитт аша, тIех мел волучо тIе бехчалгаш туьйсуш, къалара-къарзделла лаьтташ ду Хулло-хин йистерчу йуьртана йуккъерчу кешнашкахь. Иза сан нана йу. Бакъдерг иза ду, вуьйш берриге пуьташ, бух боцу хабарш ду. ХIара къамел деш верг Гама-Хьажин Дуда а ву.– Иштта шен къамел дерзийра Дуда-Хьаьжас, бохуш дийцира Iумас. (I864-чу шарахь лаьцна дIавигна Кунта-Хьажа кхин вайн махкахь гучу ца ваьлла). Iедало Х1утосург (май) беттан 19 –г1ачу дицнахь I867-чу шарахь Новгородский областерчу Устюжино-гIалахь кхелхина аьлла хаам бина цунах лаьцна, амма бакъдерг Далла дикахо хууш ду – авт. Х. З. М.) Дуда-Хьажин боьршачу нехан агIорхьара йолу тIаьхье кхачайелла. Цхьаъ бен воцу кIант а, вайн къам махках даьккхича, Сибрехахь д1акхелхина, Дуда-Хьажин шичин, Мидин тIаьхьенаш йолуш йу. Гама-Хьажа I865-чу шарахь Кишин-Хьажин гергарчаьрца, Хьажин, Седа цIе йолу зуда, цуьнан доьзал ларбеш, махках волий, Хункара махка дIавоьду ша цхьаъ, шен доьзалех шеца цхьа ца вуьгуш. Цул тIаьхьа цунах хилларг хууш да ца хаавелла. Шен устазана муьтIахь, шайна йукъа херо ца йулуьйтуш, дуьззина мурдан декхарш кхо-чушдеш, чекхваьлла Гама-Хьажа, дуьнене ша Iеха ца войтуш. Цундела, Хьажин цIа Макка вахар а, Кунта-Хьажина Дала диначу диканца нисделла Га-мин. ГIенан къоьлах Кишин-Хьажас кхачийна хил-ла Гама оцу йезачу метте. Кунта-Хьажас вина хьажо хилла Гама-Хьажех, боху дийцар дисина йуьрта-хошлахь. Делера салам-маршалла хилда вайн Эл-чанна (I.с.с.), цунна Абубакар-Сиддикъ (Дала Iалашвойла иза) санна, накъост, тешаме асхьаб хил-ла лелла Гама-Хьажа Киши-Хьажина гIо деш, теша-ме мурд хилла. Вайн Дала даржехь совбохуш, вайна шапаIатан дай бойла царех. Амин.
Мольбертана хьалха кхалхар
1
Школехь доьшуш волуш дуьйна башха бер дара Маьхьди. Гена кхевдина ира хьекъале хьажар, боьмаша бIаьргийн кIоргенера схьайетталуш йолу серло, церан тидам тIехь сецначу хIуманах, рентге-нан зIаьнарш санна, чекхйуьйлуш хеталора. Амма оцу хьажаро, цу чуьра йетталучу алоно шайна гуш долу хIума хьоьстуш, ховха синтем луш хуьлура. Суна Маьхьди вовзар школехь иза доьшуш дуьйна доладелира. 1964 шарахь дуьйна со Цоци-Эвлахь хьехархочун болх беш хиларна, оцу шарахь Соьлжа-гIалара хьехархойн институт йаьккхина валарций. Дешарна тIера, дарсе дика, леранна ладугIуш, дIадуьйцург сиха схьалоцуш, иза шен иэсехь, тIулга тIе йаздина йоза санна, дуьсуш вара Маьхьди. Къаь-сттина дукха йезаш, самукъадаларца тIеоьцура Маьхьдис терхьаман (историн), георафин, нохчийн литературан, къаьсттина нохчийн фольклор-м цуьнан деглазам (хобби) йу ала мегар долуш йара, тIаккха черченин, суртдилларан (рисовани) урокаш. Суртдилларна дIалуш йолу хан уггаре мерза, ирсе мур бара Маьхьдин жималлин шерашкахь. Амма цуьнан дагна синхьаам луш йолчу тассамна (искус-ствона) мукъа хан ца хуьлура Маьхьдина боккхачу шайн доьзалехь (кхо кIант, йиъ йоI), воккхах верг хIара хиларна. Маьхьдин суртдилларан похIмина заздаккха хьелаш дацара доьзалан таронийн агIонгахьара. Са долчу хIуманийн, адамийн суьрташ дахкар бусалба дино ца магадо бохуш, вайна йукъахь, цу хенахь къаьсттина, дихкина хиларна, къилахь ду бохуш. Маьхьдин да Мухьадди, нана МухIажар совхозехь болх беш дара: да фермехь даьхни Iалашдеш, нана буракаш лелош. ВорхI бера-на, шаьш-шинна токхо йан рицкъа дацара тIедогIуш. Оцу йуккъехула нана школехь техничкин болх беш йара. Кертахь дуьйчу хесашна, бешахь хьаьжкIашна дечу асарна, бежанна, уьстагIна тIера рагI такхаран гIулкхаш Маьхьдина тIехь дара. ХIетте шен жимма хьадал-вадалшкахь ков даьлла хан Iоттайелча, Маьхьди къоламех, наггахь нислучу басарех тийсалора альбоман йа ватман кехат хьалха дуьллий. Басарш кхуьнгахь хааделча-м нийсароша хьовзавора хIара шайн сахьтийн хан гойтучу гонаш чохь йа куьцана хIитточу пхьегIаш тIехь цхьацца хIордкеманийн, натюрмортийн, хьуьнан Iаламийн миниатюраш йахка бохуш. Цхьа дегабаам йа везавер доцуш, Маьхьдис накъостийн лаамаш кхочуш бора. Цхьа дагахьбаллам хила тарло цо там бинчу нийсарошна тахана, оцу хенахьлера Маьхьдин суьрташ тIехь хилла хIумнаш тахханалц цхьаммо ларйина цахилар. Маьхьдина шена ца моттара шен цу хе-нахьлера болх дахарехь тIаьхьало йолуш корматалле боьрзур бу. Дуьненчу валар Казахстанехь нисдел-лехь, Маьхьдин кхо шо кхочуш церан доьзал Нох-чийчу цIа бирзира 1956 шарахь дай баьхначу Цоци-Эвла. Кху йуьртахь дIадахара бераллин шераш, аьхка Хулло-хин сирлачу айманашна чукерчаш, Iай цуьнан бердех чу салазаш хоьхкуш. Кху йуьртахь чекхйаьккхира йуккъера школа, кхузара вахара Со-ветски эскаре гIуллакх дан 1970 шарахь.
2
Эскарехь гIуллакх деш Германехь кхуьнан сур-тдилларан корматаллина тIехь тидам сецначу куьйгаллин хьаькмаша «ЦIечу сонан» («Красный уголок») куьйгалхо вира кхунах, дезачу деношна оьшу плакаташ, суьрташ, цхьацца бIаьхаллин ба-нерш кечйойтуш. Герзашца тIеман барзакъ тIехь денна хоьхкучул-м дика дара кхуьнан гIуллакх ар-мехь. Амма кхуьнан дог ца лаьтташ болу йозанийн белхаша, шен доглаьттачунна тIехь къахьега кхузахь хан кIезиг йуьсура. Бакъду, эскарера цIа воьрзуш Маьхьдина дикачу бIаьхочун цIарах грамоташ, тас-саман (искусттвон) йа оьздангаллин (культуран) дешаран хьукхматашка хьажош кехаташ-м кечдине-ра цуьнан хьаькамаша. Ткъа цIахь долчу дахаран хьелаша кхунна дешар дагадан меттиг ца буьтуш, дешарх догдиллийтира. ТIаккха шен хIун нисло хьажархьама, Маьхьди ша Тюмень-гIалахь болх бешшехьа, деша тасавелира тассаман школе (школа искусств) сурт дилларан декъе. Циггахь чекхйехира хореографин (исбаьхьаллин самодеятельностан) курсаш суьйранна доьшуш. Амма цIахь долчу хьоло доьшучуьра йукъахвоккхуш цIа валийра Маьхьди. Тюьмене деша вахар аьттехьа ца дуьтура цIерачара, цундела Соьлжа-гIалахь «Красный молот» заводехь токаран болх беш цхьа зама текхира цо. Кхуьнан алапех доьзалан Iер-дахар толуш йа хьал-бахам тIекхеташ, нислуш агIо бацара. Зуда йало хан тIехйаьлла Маьхьди ша вара, маре боьлхурш хилла лаьтташ йижарий бара, кхиъна бевлла вежарий бара. Оцу дерригенна нохчашна йукъахь йуьхькIомаца чекхвала ахча оьшура, ткъа иза даккха Нохчийчохь белхаш бацара. Йерриге Нохчийчоь доьзалшций бан белхаш лоьхуш СССР-о йукъалоцучу массо маьIIехь белхаш беш бара. Изза дан дийзира Маьхьдис. «Деха сом» лаха Ростовски областе вахара иза. Нахаца дIанисвелла жа дажош лийлира массех шарахь. Ам-ма хьайн доьзалца динна жа карахь долуш хьо болх беш ца хилча, цхьана стаганна жа дажош лелар пай-денна дацара. Къоналло дIавоьху некъаш шортта дара Маьхьдина хьалха, цхьана шен бен ойла ца йеш дIавахча, цхьаъ нисдала там бара. Ткъа кхо лаьцначу Iалашонан анайисташ даима хьалхара уьдуш, йуьйлура гена, тIекхача воллу моттуьйтуш йилбазгIаланах, меркIел хеталуш йогIалора йа тIепаза йовра, йуха генарчу паналлехь гIалартех гIовттуш. Кханенийн дегайовхонаша ницкъ луш, къоналло, доккхачу хин тулгIенаша айина хьош йо-лу тача санна, эххар а кхачаво Маьхьди Краснода-ран махкара Байбарс цIе йолчу кIуотара 1985 ша-рахь.
3
КIуотар аьлча-м вайна 5-6 цIа бен доцуш меттиг хета, амма иза иштта дац. Цигахь доккха оьздангал-лин цIа ду, 2-3 бIе стаг чухоьаш кинозал йу, болх беш тайп-тайпана кружокаш йу. Оцу кIуотарахь суьйранна исбаьхьаллин самодеятельностан куьйгалхочун болх беш, дийнахь гIишлошйархошца балхахь къахьоьгура цо. Дуккха йорт йетта Маьхь-дис дуьненан рицкъанца доьзалан хьал тодаларе са-туьйсуш, амма цхьа болх ца карабо цунна синтем луш, цхьа суртдилларан болх боцург. Цундела жим-ма мукъайаьлла хан къолам йа карс (кисточка) ка-рахь йолуш йоккху цо кехатний, гура тIеозийначу гатанний (мольбертана) хьалха. Куьйгаш, бIаьргаш хьаьгна дара ойланехь хьийзачу пейзажийн, ада-мийн васташ а суьрташка дерзоре. Жим – жима гул-луш йалх бIе сов сурт, оццул эскизаш йара Маьхь-дин гулйелла вайн махка дуьххьарлера тIом чукхо-чучу хенахь. Дехкинчу суьртел сов цуьнан тидам тIехьсецна материал гулйеллера Маьхьдин вайн къоман терхьамах (исторех), фольклоран турпал-хойх лаьцна: обарг Зеламхех, Таймин Биболатах, бенойн БойсгIарах, Адин Сурхох, цхьацца болчу тхан йуьртахойх. Книга яйазйан ойла кхоллайеллера Маьхьдин шегахь йолчу мате-риалийн бух тIехь. Иза цо соьга хьахийра, со цхьацца хIумнаш йазйеш хиларна дагаволуш. ЧIогIа лаам бара цуьнан шен суьртийн гайтар (выставка) дIадахьа. Нохчийчохь цуьнан лаам кхочуш хила цхьа агIо йацара, ткъа кхечанхьа и болх дIабахьа Маьхьдин таро йацара. Ша сатийсинарг хеназа дуьсур дуй хууш хилча санна, нисделла Маьхьдин Лермонтовн Мцырис мозгIаре весет дар, суьртана тIехь диллина гайтар, суьртана бухахь йаздина долуш: «Увы! Теперь мечтанья те погибли в полной красоте…». Г1уран (декабрь) беттан 8-гIа дийнахь 1980-чу шарахь Ростовски областехь, Кормовое йуьртахь диллинера и сурт. Даймахке сатуьйсуш хеназа хаьдда Мцырин омар санна, хадийра Маьхьдин дахаран оьмар йамартлонца, къа ца хеташ, бIаьрзечу герзан лаг оьзначу кIиллочун куьйго 21-гIа Хьаьттан (август) беттан дийнахь 2001-чу шарахь. Хилларг ма-дарра Далла дика хуур ду, амма, схьахетарехь, Маьхьдина дика вевзаш, иза тешаш, шера кхунна аз девзаш волчо мохь тоьхна, мольбертана хьалха буса болх беш волчу Маьхьдега, ша чуваийта аьлла. Шек воцуш Маьхьдис неI дIайиллича, цунна тIе герзаш тоьхна кхин къамел доцуш. Шовзткъе ворхI шарахь бен ца ваьхна Маьхьди. Делахь дуьненчохь даха дисна, шина тIеман цIарой, талорхойн куьйгаший хIаллакдечура кIелхьара дахаделла, цо безамца шен синйовхо чуйуьллуш дехкина, цхьадолу суьрташ. Оцу суьртийн Маьхьдин вашас, Лечас, шен хоржах цхьана альбоме дерзош болх байтина 2006-чу ша-рахь Махачкала – гIалахь, мелла висна шен ваша вайн махкахойн иэсехь висийта, вайн культурехь болх беш болчийн кхоьле йилла. Кхин цхьана-шина альбомана суьртийн материал йисина Лечехь. Ахча хилча-м уьш зорбане йохур йолуш вара Леча. Бакъ-ду, вайн Оьздангаллин Министерствос оцу гIуллакха тIехь гIо дича хаза-м хетар дара Маьхьдин цIерачарна, ткъа вайн культурехь кхин цхьа агIо къегар йара-кх, суьртийн хазна йузуш. Маьхьдин суьрташ гайтаран барам (выставка) вовшахтоьхча Iаламат пайдехь хир дара вайн махкахошна. Леча ша-м вайн Оьздангаллин Министерствон кабине-тийн чиновникашна тIехула хьаьддий-веддий-м лелла, амма цкъачунна нисделла хIума-м дац. Алар эрна хир дац, Леча керла Оьздангаллин Министр Музыкаев Дикало веачхьана цигахь гучуваьлла вац, ткъа керла шо дIадаьлча ваха дагахь-м ву иза. Ас ца боху Маьхьдин суьрташ дIоггарчу мехалчу (шедев-рашка) кхочуш ду, амма шеко йоцуш, чIагIдан йиш йу, цо шен суьрташца вайн мехкан хазна дебо, вайн къоман сий айдан къахьегна хиларх шеко йац. Ке-гийчу шовданийн татолаша, йочанийн Iовраша, шайн тархех Iийдалуш лешачу тIуьначу тачанаша цхьаьна кхетий кхуллуш ду-кх даккхий хиш. Иштта кегий даккхий похIмаллин хьостех кхоллало къоман тассам (искусство). Цундела Маьхьдин кхолларалла хила тарло оцу кегийчу хьостех цхьаъ. Лечас суна совгIатна йелла Маьхьдин суьртийн альбом. Дала сагIа йойла Лечин иза шен вешина тIера. Цундела сайн кхидIа долу къамел оцу альбом тIерачу суьртийн идейно-исбаьхьаллин башхаллех лаьцна сайна хеташ дерг олуш хир ду-кж сан.
4
«Мольбертана хьалха кхалхар» аьлла цIе тилли-на Лечас зорбане йаьккхинчу Маьхьдин суьртийн альбомна. Альбоман мужалт тIера сурт доккхачу маьIнин рамза (символика) йолуш ду. Мольбертана тIехь диллинчу суьрта тIехь вайна го тIулгийн хIусаман пен, гоьллалца адаман когаш, цIенкъахь Iуьллу шаьлта гIодах дIайоьхкучу кхелина доьхкар-ца, цунна тIехь даьккхина адаман куьг-цIет ду, цун-на гонах лаг оьзча долуш долчу герзана оьшурш, оьккхуш долу молха чудухку бустамаш. Оцу суьрта тIехь долу къиза, ирча хьал вочу адаман кара кхаьчначу герзо деш дуй хоуьйту авторо. Цо герза-на, къизачу адмана неIалт кхайкхадо, «герзо воI ца вина, герзо воI вийна», бах. Цундела и сурт диллина волу Маьхьди шен корматаллин коьрта Iалашо адам дезарна, адамийн доттагIаллина, вовшен ларарна тIе хьовзийна йу герзана, тIамна дуьхьал йерзийна йу. Альбом дIайиллича мужалтан чоьхьарчу агIон тIехь дерг авторан шен сурт ду. Ша шен диллинчу суьрта тIехь го генна дIакхийдачу ойланехь гулделла ира, кIеда хьажар долу бIаьргаш. Деха дегI дуьйлина нийса охьахаар. Йехуочу йуьхь тIехь нийса уозабелла мара, ах хьаьж дIакъовлуш севсина коьртан йеха хьийзина никIапа. Лаамах дуьзна гIеххьа тIехь мекх даьлла, дуткъий балдаш. Баьржина лекха кач болу кителан тайпана шуьйра йеха коч, бен доцуш шина книгина тIедиллина аьрро куьг, нисса хьалха дIайаханчу заманан ручкица шекъадуттург, кхин цхьа – ши книга. Суьрта тIехь гуш долчу адаман куц-сибат, амалш дахарехь Маьхьдин ма-хиллара йу. Амма цец воккхург и тIоьхле йац, кхин ду: рентгенан зIаьнарша санна, шена дуьхьала гуш волчуьнан даг-чу догIалой, цу чохь таллам беш долу, дахарехь Маьхьдин хилла эсала хьажар. Оцу хьажаро, хьан даг чохь кхоллабелла синхаамаш, шен бIаьргийн куьзган чохь сацош, кхана кхуллу долчу вастан къепе гулбора, шеца Iумсталле ваьлларг ми-сарболато эчиг санна, шена тIеозаварца тIеIаткъам беш. Оцу автопортрето гойту суртдиллархочун да-харех Iилмане кхийдаш хилла хьекъал, лехамийн Iалашо, цуьнан дуьнене болу беркате, оьзда хьежам а. Фотоальбоман хьалхарчу агIон тIехь вашас (Ле-час) шен вешина йазйина некролог йу. Лечас бил-галдо шен вешин, Маьхьдин суьрташ вайн къоман ламастийн бустамашца, басаршца, аматашца, Дай-махке богучу безамца кхочушдина хилар, къаьстти-на мохкларбархойн доьналлий, оьздаллий къагош. И доьналла, оьздагалла нохчашлахь мехалла хилар Маьхьдин массо суьртехь гуш ду. Маьхьдис шен суьрташ тIехь гайтина нах вайн махкахой, йуьрта-хой, авторан сина гергара адамаш ду. Шина тIамо Маьхьдин кхоллараллин белхашна дукха зен дина; хIаллакйина дукха эскизаш. Кечдина девллачу суьртех 600 бен ца дисина, боху Лечас. Альбом тIехь 81 сурт бен дац, уьш тайп-тайпана тематикица сюжетийн чулацамаш болуш ду. Царех лаьцна кхе-тош къамел дан атта дац, хIунда аьлча авторца вайн дагадовлар хилла ца хилча, цунна дагахь хилла, цо мича Iалашонца схьакъастийна шен суьрта тIера да-харан мур, иза хIун ала гIиртина, вайна цуьнгара хезна ца хилча. Делахь суьрташа ваьшкахь кхуллуш йолу ойланашца вай тида-м хьовсалур ду, авторан къайленашца вайн тидамаш мел нислахь а. Альбо-ман йоьалгIачу агIон тIера шина суьрта тIехь шина кепара буьйса йу гойтуш. Махкарчу суьрта тIехь лаьмнийн ирхбаханчу баххьашна тIехьа лечкъаш бу бутт. Лаьмнаш жимма гомха девллачохь, хетарехь Iинан йисте, дIахIоттийна ву бIаьргаш, куьйгаш дихкина цхьа пекъар, йаьлла хатIе бахьана долуш вен кечвина волчух тера ду иза. Жирга къизалла йу и адмаша кхочуш йеш лиелуо. Цу пекъарна тIехь кхел кхочушйан, цунна тIехьа, гоьмукъаш букъа йуккъе хьажийна, лаьтташ ши тIемало – чалтач ву. Хила тарло оцу пекъаро дайн Iадат дохийна: йа малх схьакхетале йиллинчу метте ца кхаьчна, йа тасадаларехь мостагIех озавелла, йа зударшца хила беза лерам бохийна. Оцу суртана бухахь авторо йаздина: «ДIахьо хьайца хIара буьйса». Гуш ду и буьйса оцу пекъаран дахарехь тIаьххьара буьйса хилар. Сирла маьлхан дуьне йохьца, доьналлица, оьздангаллица дIакхехьа цаларавелларг сий дайна, къизаллица леш хилар гойту цу суьрто. Цуьнан иэсана шеца дIайахьа буьйса бен хьакъ йац совгIатна бохуш, хетало вайн Iадаташа. Изза маьIница нисдина авторо и сурт, аьлла хетало хьоьжучунна. Ткъа лахарчу суьрта тIехь йолу буьйса маьршачу дахаран мур бу, Дала темана, садаIа йелла хан гойтуш ду и сурт. Гуш йолу хIусам, кертан маьIаг, цу керта тIера кхийра кхабанаша тешалла до, белхан дийно кIадбина хIусамдай бийшина, маьрша наб йеш хиларна, ткъа Iуьйренца кху кертан тийналла, лаьттина меттиг боцуш, йовруг хиларх шеко йац. ШолгIачу суьртан буьйса дагна хьаам луш йа авторна, вайна. Альбоман 5-гIа агIон тIехь долу кхо сурт «Томкаозархой» цIе йолуш ду. Уьш Маьхьдин лулахой, гергара нах бу ала мегар ду, цIерашца бийца йуьртахошна хуур долуш: «хара Хьажмахьма ву, ткъа х1ара Шерипмахьма бохуш». КхоллагIчу суьрта тIера нах, Маьхьдис школехь доьшучу хенахь кочегараш хилла, цул тIаьхьа Ростовски областехь жаш тIехь болх беш хилла цуьнан йуьртахой бу. Суьрташ дохучу гирсаца баьхча санна, шайн-шайн къажарций, хьажарций, духарций, йуьхь-сибатций: Iелам-Калам, Iелам-Солта, Саламу – шаьш ма-барра бу-кх эр долуш. Ша къона хиларе терра Маьхьдина герга йу (къеначарна хийра-м ца хуьлу и) безаман тема. Цундела оцу дахаран агIонна лерина суьрташ алсамо ду альбом тIехь: «ДIасакъастар», «Варе хьежар», «Йаре хьежар», «Бэлла, Печорин», «Адин Сурхо», «Жеро-чуьнца хелхар», «Къоначу хIусамненаца», «Нускал хи тIе даккхар», «Шовданехь», «ДоттагIех дийцар». Безаман темина дехкина суьрташ дерриге нохчол-лин гура чохь нисделла ду духарца, зудчун, стеган йукъаметтиг ларйарца, вайн динехь, оьздангаллехь долчу дозанаш чохь сацарца. Башхачу ларамца кхоьллина Маьхьдин говзачу куьйго вайн къоман, Дала къастийна хазалла йеллачу зударийн васташ: йуткъа гIодайукъ, малхе кхевдина, айаделла буто некхаваз, коьртера когашка кхаччалц хьулдина дегI, нохчийн къоман бустамаша, тикманаша тегаран хатI къагийна тIехь долу духар, хуьлийла иза мехкаршна тIера гIабали йа денна тIехь лелош долу йовлакк-хий, коччий. Маьхьдис дехкинчу вайнехан нускалан суьрташка хьаьжча, хаало вайна, мел шовкъе похIма дуссуш хилла суртдиллархочуьнга оцу муьрехь. Нохчийн стаг, зудий цхьаьна долуш дехкинчу сур-таш тIехь Маьхьди ца хIоьттина шен заманахь гу-чуйала йоьллачу «керлачу модина» тIаьхьа. Советан замано стеган, зудчун къайлах йолу йукъаметтиг Iорайоккхуш, нахала йоккхуш, вайн Iадаташ, гIилкхаш хьашархьама йолийна «керла модина» Маьхьдис меттиг ца буьту шен кхоллараллехь. Цун-дела цуьнан суьрташ тIехь нохчийн стаг, зудий, цхьана заманна вовшех къаьсташ гайтинчохь йа во-вшен ганза хан йаьллачул тIаьхьа, цхьаьнакхетар нисделлачохь, оьздангаллин дозанехь ду: бIаьрахьежарехь, дегнаш, синош вовшех кхиарехь, вовшен гуш ирс иэцарехь а. Маьхьдин заманахь нохчийн оьздангаллин мехаллаш гIелйелла мур ба-ра. Доьзалехь мотт оьрсийниг буьйцура, комсомоль-ски ловзарш дIахьош дара, маларца бен цхьа барам дIаберзо йиш йацара. Мардай, марнаний, стундай, стуннаний, нуцций, нуссий цхьаьна «бака» тоха буьйлабеллера, «горько» бохуш, несей, невцей малх-аккъара барташ дохуьйтуш. Оцу модехьа дир-зина цхьа сурт дац Маьхьдин кхоллараллехь. Иза ду вайна цуьнан суьрташлахь уггаре мехалниг, хIунда аьлча бакъволу тассаман белхахо шен похIма къо-ман оьздангаллина дIалуш хуьлу, шен къоман оьздангаллин бух тIехь кхуьу, цуьнан орамашкара тесначу маргIалш тIехь стом кхиош хуьлу, цуьнан хьостан цIена цIий дегIан пхенашкахь ловзуш. Иш-ттачарах цхьаъ хилла чекхваьлла Маьхьди шен йо-цачу омарехь. Вайн къомо шен мохк ларбеш мар-шонехьа тIамца латтийначу къийсамна, оцу къийса-мо доьналлехь, майраллехь билгалбинчу къонахаш-на лерина, царах бIаьрг буьзна, церан сий, ларам беш суьрташ дехкина Маьхьдис: «Тасадалале», «Латтар», «Тембар», «Орда», «БойсгIар», «Дайх дийцар», «ДоттагIех легенда», «Паччахьан зуда» цIераш йолуш. Нохчийн къонахийн васт Маьхьдина гуш хилла цара Даймахкана, къомана, маршонна, маьршачу дахарна диначу дикачу гIулкхашца дуь-стина. Маьршачу нехан дахар дохош зуламций, хар-цонций гIаьттинарг, иза милла велахь, цуьнца къов-самна, тIамна йукйехкарехь чIагIонца чекхваьлла иза. Ткъа и йукъйехкар цо гучудоккху шен массо суьрта тIехь къонахийн духарций, герзашца къовла-баларций, кхосса кечдина секхаIад санна, уьш була-белла хиларций. Вайн къоман керлачу терхьаман (историн) агIонехьа хаьрцина ду Маьхьдин суртдил-ларан хатI, «Асламбек» цIе йолу сурт дилларца аль-боман 15-чу агIон тIехь. Оцу суьрта тIехь Граждан-ски тIеман турпалхо волчу Шерипов Асламбекан коьртахь лекха холхазан куй, тIехь верта, кочахь турмал, гIодах йихкина щаьлта, ветанаш долу коч, цунна тIехула гIовталан тIемаш – иза къастийна нохчийн духарца. Асламбекаца цхьаьна сурта тIехь дерш нохчийн бераш дуй хуур ду хьанна. Коьртарчу месала куйнех, коча хьарчийначу башлакхех, гIодах дихкинчу кхелана доьхканех а. Оцу суьртан чулаца-мехь Маьхьдис гайтина ши чкъор: маршо йоккхуш тIаме хIоьттина, Асламбек шена хьалха гуш долчу ирсе дахарна къахьоьгуш ву, ткъа баккхийчара йаьккхина маршо ларйеш, Нохчийчоьнан дахар кхин дIа низамехь тодеш дIахьон долу къона чкъор ду суьрта тIера бераш. Асламбек уьш дахаран ний-сачу некъа нисбеш ву, шена зеделларг, хуург цаьрга дIакховдош. Амма авторан коьртачу Iалашонан цхьа билгало йу оцу суьртаца. Иза йу суьртана бухахь йаздинчу йозанца: «23-феврвлехь» диллина хиларца. Iедална гергахь и февралан де, ЦIен Эскар кхолладелла «Даймохк ларбархойн» дезде ду, ткъа вайнехан кхетамехь иза вай, Iедало цхьа бахьана доцуш, махках даьхна де ду. Суьрта тIехь гайтинчу Шерипов Асланбекан, цунна хьалхарчу берийн маьршачу дахарна догйовхо хилла Советан Iедалан йамартло гучуйоккхуш билгалонна ду и терахь. Маьхьдис шен массо суьртан чулацаме сюжетаца хьехам бо, тIейогIучу тIаьхьенашна хьекъал кхетам луш. Цо кхойкху тIекхуьу чкъор дайша маршонехьа йаьхна ирхонашкахь чIагIдаларе къахьегарца, дешарца, беркате гIиллакхашца уьш ларйаре, говзаллий, пхьераллий карадерзоре, гонахарчу къаьмнашца магаре, гергарлоне, доттагIалле. Цундела Маьхьдина хийра йац вайн гонахарчу къаьмнийн дахаран тема. Оцу темина лерина ду цо дехкина суьрташ: «Бэлла, Печорин а», «ГIумхара махбархо», «Шенана», «Маржа-йаI! И сатийсамаш хазаллехь кхелхи…», «Сан маршо къевсина кхелхинчу оьрсийн вешина», «Пхови» цIераш йолу суьрташ. Оцу суьрташкахь кхоьллинчу васташа гойту кхечу къаьмнийн, церан говзаллийн, цаьрца доьзна кхоллайелла адамийн башхаллаш: Печоринан, декъазчу Бэллина хьалха, ша шех тоам бина, хIиллане, мекара хьежар; гIумхочун, шена йолучу санан бен, кхин хIуманна бала боцуш, аьрта вогIавалар; Шенанин кIеда, забаре йелар; Мцырин дуьненах догдиллина, мозгIаре весет деш айавалар; холчухIоттарна мозгIаран вохар. Иштта синхаамаш суьртана чубилла хаар говзачу пхьераний, похIма доьссина волчун бен ницкъ кхочур болуш хIума дац. Оцу похIмин марзонца тIевоьху шена Маьхьдин хIора суьрто.
5
Нохчийн къомана маьрша даха лаар, иза, нийсо ларйеш, ша хьаша ца гIерташ, шеца гергарлло, доттагIалла дезачу муьлхха къоман къонахашца га-мо йоцуш, къаьсттина оьрсийн къомаца хилар гой-туш ду «Оьрсийн вешина, сан маршо къуьйсуш кхелхинчу» цIе йолу сурт. Цо къеггина гойту нийсачу шина накъостан (оьрсийчун, нохчочун а) вовшен тIекIаварца, чучча пхьаьрсаш тийсина, голаш тIе лахвелла Iаран кепо. Шина вешина йуккъехь нийсо хила йезий хоуьйтуш йу оцу суьртан сюжетан Iалашо. Нийсоно кхуллу барт боху авторан суьрто. Нохчийчоьнан Iаламо, къаьсттина лаьмнаша, воккхавево Маьхьди. Вайн махкахь де-буьйса хийцадалар, малх-бутт схьакхеташ, чубузуш лелар, адмаша вовшашца йукъаметтитгаш нисйар – и дерриге лаьмнаш теш долуш хуьлуьйту Маьхьдис. Лаьмнаш шайн лекха баххьаш кура ирхдерзийна лаьтта адамийн Iотта-баккхамашна, тем байна хьийзарна, девнашкий, текъамашкий, къийсамашкий бийларх цец девлча санна. Уьш кхаьрдаш хила там бу адамийн сутарчу, къизачу, тIаьхьало йоцчу кху дуьненан саьхьара, уосала лехамех, вовшашна чемаш байарх, синош доьхкина, бахамах ца Iебаш, хьарам – хьанал ца къестош, ирсе кхача гIертарх. «Ирс, безам, барт, беркат а вовшашлахь лар ца дечу йукъараллехь совцуш дац», бохуш, лаьтташ ду лаьмнаш Маьхьдин суьрташ тIехь вайга хIоранга. Къоман маршонан Iалашонах, цуьнан сиэгахь йисинчу нохчоллин оьздангаллех кхетта, кхиъна хиларо нисдина Маьхьдин кхоллараллин къилба халкъан лехамийн некъа. Цундела ду Маьхьдин массо сурт дистхила кечделла Iаш вайга: «Ларде вайн зударийн сий (духарца, ле-ларца, ларамца) – уьш бу вайн оьздангаллин бух доьзалехь (наной хиларе терра), йукъараллехь, (къоман йуьхь ларйеш хиларе терра), арахь (тешам кхуллуш хиларе терра), и бух чIагIбеш, ларбеш схьабогIурш. Вайн зударий цIена, тешаме, эвхье, оьзда хилахь, вайна кхерам бац къомалара довларна. Амма зударий хецна битина, уьш эвхьаза лелийтахь, къам ийманах доьхна, дакъаза даларан, хIаллак хи-ларан новкъа долу. Вайнехан бIешерийн сатийсамца хIоттайелла Маьхьдин кхолларалла. Цунна тешалла до, йуьхьанца т1ехьоьжуш башха маьIне ца хеташ долчу суьрташа, Маьхьдин альбомна тIера. Масала: «ГIулгех ловзу нах», «ТIулгхьокхурш», «Дилетантан бералла», «Жерочуьнца хелхар», «Хелхар», «Куьпчи», «Башха харжам», «Кавказ», «Налха баккхар», «Даймехкан мукъамаш», «Налха берзор», «Кхачанах кхетар», «Нускал арадаккхар», «Чуора», «Iадхьокху пондар», «Жоьра-Баба», «Баппа мохехь», «Жижиг-галнаш», «Пхьар», «КIентий», «Жухарг ловзаргахь» цIераш йолуш, дехкинчу суьрташа. Къоман сатийсамехь, лазамца Iеткъаш хетта Маьхьдина, шо-шаре мел долу, дицлуш, довш долу говзаллийн ламасташ, Iадатийн дозанаш, берийн ловзарш, къонахийн йукъйехкарш, лараме амалш. Цундела Маьхьдин кхолларалло йукъалоцу вайн дахаран йерриге агIонаш. Вайна йукъара дIадаьлла тахана гIулгех ловзар, ткъа хьалха и ловзар (сан II-12 шо долчу хенахь) хийра дацара баккхийчарна, тхо-м денна ловзура гIулгех. Тахана-м дукхах болчу нохчашна, гIулг стенаха олу, ца хаьа. Оцу ловзаро самукъане хан токхуьйтура, цул сов бIаьргана, куьйгана геналлин тидам кхуллуш, нийса Iалашо лаца шардора, бIаьрг, куьг каде хила Iамадора. ГIулгех ловзар санна дицлуш дукха хIумнаш ду вайна, тIекхуьучарна, иза эшам буй хаьа Маьхьдина, цундела цо шен суьрташца вайна карладоху уьш. ТIулгхьакхар, дIабуттуш билла цхьана нахана хаар бахьанехь, тахана лаьтташ йу вайн бIаьвнаш, вай тахана херадевллачу ахьаран кхачано, цуьно ларди-на вайн къам мацаллех, стерчийн, говран, ворданан гIирсийн пхьераш бисна бац Нохчийчохь. Кхин мел ду уьш – уьш дерриш вайна эшам беш, дицлуш, довш, дIадовлуш хIумнаш ду. Маьхьдина Iеткъаш, цуьнан сагатдеш хIумнаш ду цо шен суьрташкахь вайн тидам тIеберзош дерш. Маьхьдин суьрташа самайоху вайн иэсехь хазалле, дикане, къоман оьздангалле кхийда ойланаш, гIаттабо дайн лама-сташка безам, гулйо йахь, кховдуьйту комаьршалле. Суртдилларан балхана аьтто болуш, шен похIмин айамца къахьега хан кIезиг нисйелла Маьхьдина. Рицкъанна къехьегар, Iер-дахар ца нисдалар, тIе вайн махкахь хIоьттина хьал Маьхьдин кхолларал-лина кхераме делира. «ЦIенна шариIатан» пачхь-алкх кхайкхинчара-м нохчийн мотт бийцар хьарам ду бохура, хIунда аьлча, царна хетарехь, йалсама-нехь буьйцун берг Iаьрбийн мотт хиларна. Ткъа Маьхьдин сурдилларан болх хьарамчул хьарам бара, ца къарлахь корта баккха безаш. Цундела и суьрташ-м «керла дин» дохьуш баьхкинчех-м лечкъо дезаш дара, выставка йар дага ца доуьйтуш. Зачисткаш йечу федералаша дийнахь, буса «мажош» йолчара шайн хирг дора нахах, мехалчу йийбарх, ткъа Маьхьдин суьрташ-м дагадора. Ша дикка лечкъаш, ларлуш лела дийзира Маьхьдин. Амма схьахетарехь, хIара тешначийн гIоьнца (йамартлонца) «мажойн» аьтто белира кхунна тешнабехк бан. Йамартхочун къизачу куьйго лаг узуш диттинчу бIаьрзечу герзо сацийра шен къомана, Даймахкана безамна къахьоьгуш даьцна Маьхьдин дог. Дала гечдойла Маьхьдина, иза тахана вайца вац кху харц дуьненахь. Амма даха дисна, цуьнан дуьненчохь ле-лаш долу сагIа хилла суьрташ, цаьрца цхьаьна цуьнан цIе а. Вайн къоман оьздангаллин хазничу шен ницкъ кхочу чул кхоллараллин дакъа диллина Маьхьдис. Цундела цо дуьззина кхочуш дина шен къомана, Далла хьалха шен говзаллица, похIмица доьзна долу декхар. Дала хьекъал, кхетам лойла вайна Маьхьдин суьртийн богIуш болу мах хадо, церан маьIнин Iалашонах кхета, цуьнца цхьаьна ве-шан махкахочун сий, ларам бан а.
Духар коьрта тIера долало
Шен дагахь хетта, ша къонах ца хеташ цхьа нох-чо вац. «Даймохк» газетан 68-чу номерехь, I8-чу июнехь 2009-гIа шарахь, айткхалойх волчу Ойсха-рара Джимнигов Вахас (цу йуьртара хьехархочо) ша гулдинчу дайн хьекъалан цинцашна йукъахь, «Къо-нахчух дош» олуш, билгалдина ткъе итт герга пай-дехь аларш ду къонахаллех лаьцна. Уьш дерриге вай, иэсехь латторал сов, кхочуш дан дезаш тIедахкарш ду. Таханлерчу заманахь вайн къомах даима нахана хьалха хьийзаш болчу наха тидамза дитина, амма цара телевиденихула, цхьаьнакхетар-шкахь ладугIучарна, нохчийн гIиллакх-оьздангаллица лардар тIедожош, шаьш лар ца деш дикка хIумнаш ду вайн халкъо лардеш схьадохьу-чех. Кхин дерш хьехош IалагIожа ца йеш, оцу Джимнигов Вахас гулдинчу аларшна йукъара диъ хIума схьакъасто лаьа суна, хIунда аьлча царах болу лазам сайна дуккха наха буьйцуш хазарна. Аса, наха схьакъастош дерг ду оцу аларшкахь иштта йаздина: «Къонахалла къахкош долу диъ хIума:
КоьртаIуьйра лелар;
Ах-улх дегI гуш лелар;
Нахана йуккъехь бага хIума тийсар;
Забарш йо бохуш, дукха дийцар.
Вайна массарна вевзаш волчу йаздархочо Ахма-дов Мусас шен «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» жайнахь йаздо: «Нохчочун духар уггаре хьалха до-лало коьрта туьллучу хIуманна тIера. КоьртаIуьйра аравалар магош ца хила, зудчунна хьовха, боьршачу стагана. Ткъа тахана вайн интеллигенци, гIаланийн бахархой, церан тIекхуьу доьзалш, телепрограммаш дIахьош берш, жоьпаллин Iедалан белхахой, буй те дайн къонахаллин бехкамаш ларбеш? Суна бехк буьллурш бовла там бу аса кхузахь шого аьллачун-на. Аса иза ца аьлча цаваларна боху, хIунда аьлча тIекхуьучу тIаьхьенна дайн оьздангаллин, ийманан мехаллаш интеллигенцис шегахь гайта йезаш хи-ларна, ша дIахьоьхуш дерг шен дахарехь лелош долчуьнца догIуш хилийта. Кхин дIа шен жайнахь Мусас йаздина: «Коьртахь хIума лелоран гIиллакх ширачу заманахь дуьйна схьадогIуш ду, шен кIорггера маьIна ду цуьнан. Ширачу заманахь коьртахь хIума лело бакъо ца хилла шен схьавалар «Оьзда, ЦIена доцчу стеган». (Вайн заманахь коьртаIуьйра лелаш болчарна ца хуучух тера ду иза, хиъча цара коьрта хIума тилла декхар дара). «Нагахь шийлачу заманахь коьртаIуьйра хила везачо коьрта хIума тиллинехь, - йаздо Мусас, - цо оьзда стаг шена вогIу гича, коьртара хIума дIайоккхуш хилла. Оьрсашна йукъахь и гIиллакх 19-гIа бIешо чекхдал-лалц лаьттина, бахам, таро йолчу нахана хьалха, мискачу наха коьртара хIума дIайаккхар дIа ца до-луш». Мусан жайнин тоьшалло гойту вайна нохчо-чунна коьртахь хIума лелоран амал ларйан йезаш сийлахь, цIена, оьздачу бухах схьаваларан мехала долу, маьIнин хьаьрк хилла хилар. Вайна ца ***йла йац адаман дегIа тIехь корта – иза уггаре кортачех башха меже хилар. Оцу коьртаца ду хIума гар, ха-зар, хьожа кхетар, чам бовзар, къамел дар, хьекъал-кхетам кхиар, ойланийн урх лелор а. Кхин йолу ме-женаш, вайн заманахь лоьрийн говзалла лакхайа-ларна, хийца таро йолуш йу, амма корта хийцалуш бац цкъачунна. Цундела и корта ларбархьама дIахьулбеш хилла вайн дайша тIейуьллучу ченах, хьаха мегачу малхах, тIейоьлхучу йочанех, миччан-хьара тIейожа мегачу хIумнах, ткъа уггаре хьалха, – дайн гIилкхана хиэра ца бовлархьама, шайн къоман Iадатан сий деш. Зударша коьртахь хIума лело йе-зарх лаьцна дуьйцу вай массара хьехамашкахь, зор-банехь а. Куршлойн кIоштан 81-гIа номер «Машар» газетехь, Мангалан (июль) беттан I8-г1ачу дийнахь 2009-чу шарахь, Макаев Ислама йазйина «Зударийн йовлакх» цIе тиллина статья. Оцу авторо гойту вайна Iадатой, бусалба диной–шиммо чIагIдеш хилар вайн наной, йижарий, зударий, йоьIарий коьртара чо (мас) гойтуш лела мегаш цахилар. «Нагахь йуьртахь (йа шахьарахь) цхьа зуда (йа йоI) коьртан чо гуш йелахь, оцу йуьрта (шахьара) къинхетаме малик дуссуш (йа хьаьвзаш) цахилар дуьйцуш». Иза вай, бусалба нохчаша, хIораммо ша-ша волчохь кIорггера ойла йан дезаш хIума ду. ХIунда аьлча вайн хIоранан чуьра арабовлуш бу и зударий, мехкарний а. КIезиг ма бац тахана вайн йартийн, гIаланийн урамашкахула лелаш, полоскаш йолуш, йоцуш, кхесаш санна месаш йаржийна, вайнехан къанбелла зударий тIехь. Делахь, Дала мукълахь, уьш де-дийне мел долу кIезиг хуьлуш, лахлуш схьабогIу, вайн Iеламнаха, кхетош-кхиочу дешаран хьукматаша, Iедалан къона тIаьхье оьздангаллехь, ийманехь кхиоран центро, къоначийн йукъараллин хьукматаша, мало йоцуш, кхеторан болх дIахьош хиларна, дукхах болчу дай-наноша шайн доьзалийн тIалам беш хиларна. Амма оцу йуккъехула нехан, сан хаттар кхоллало: «Ванах и коьртахь хIума лело йезар къомо геннара дуьйна лардина боьршачу нахана йукъахь схьадеана хилча, цхьаммо иза дIадоккхуш, йа нохчийн боьршачу нахе, шайна лаахь коьртаIуьйра лела мегар ду аьлла, дIакхайкхина ца хилча, вай мича бух тIе тевжина йаккхийтина коьрта туьллу хIума дIа нохчех болчу боьршачу нахе?» Оцу хаттарна тIаьххье шеко кхоллало, боьршачу нахера схьадоладелла-кх вайн къоман динан, гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш талхаран гIуллакх. Нохчийн зуда даима муьтIахь хилла цIийнадена, доьзална. Паччахьан, советийн, махках даьхна лелийначу шерийн, йуха цIадирзинчул тIаьхьа арахьарчу мехкашкахула рицкъина тIаьхьадевлла леллачу шерийн тIеIаткъамо маларшций, наркотикашций, зинага кхийдарций, хьарамлонех ца къахкарций, моттбеттарций, хьаькамаллин даржийн, ахчанан леш хиларций эвхъаза бевлларш, духарца мухха ле-ла бевлларш вайнехан божарий ма бу. Оцу божар-шка нисбелла йа уьш санначийн Iуналли кIел биси-на зударий, доьзалш буй те вайна тахана гуш долчу хьолехь схьабогIурш. Советан Iедал-м къаьмнийн башхаллаш дIайаха гIерташ, церан гIиллакхаш йе-мал деш, дин даржор, лелор доьхкуш, зударшна цIарматлонехь маршабовар къобалдеш схьадеара. Таханлерчу демократино шен лаамехь харжа дуьту адам, муьлхха къам шена товш хетта кеп, хатI, на-гахь уьш шайца питана, зулам, мостагIалла достуш дацахь нахана йукъахь. Цундела хIинца тIекхаьчна аьлла хета вайн боьршачу нахе, шайн кортойн сий хьаладаккхар бен лахдеш йоцу, коьрта туьллу хIума дIатиллина лелайойту хан. Хьовсур вай вешан теле-виденин программаш дIахьош болчу журналисташ-ка. «Ийманан шовда» дIахьош волчу Анзоран, Ка-дыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Некъ» телекана-лехь волчу Казбекан, кхечеран коьрта тиллина хIума хуьлу, цара итервью оцуш болчийн хуьлу коьртахь хIума, Ткъа вайн Соьлжа-гIалара журналисташ коьртаIуьйра хуьлу, цу йуккъехула махкахошна оьздангаллин мехаллаш кхайкхош. ЧIогIа ницкъ хуьлуш хIума ду те коьрта цхьа йайн пес йа кхин хIума тиллар, ша шен махкахошна, дуьненна хьалха д1ах1уттуш хилча? Баккхийчу наха, вайн Iеламнаха дуккхазза олуш хезна ву со, цу тIе вайн мазхIабан дас ШафиIис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла боху, коьртаIуьйра шен кертарчу кевнан утармел арахьа ваьлла боьрша стаг, цхьанххьа тешаллина хIотто мегар вац. «Даймохк» газетан 129-чу номерехь дIадаханчу шеран Лахьан (ноябрь) беттан 10 – г1ачу дийнахь Макаев Исламан «Куй лерорах, цуьнан сий дарх масех дош» цIе йолу статья зорбане йаьлла. Цо чIагIдо вайн къомо куйнан, коьрта туьллучу хIуманан 13 шарахь махках даьхна лелочу хенахь сий дайина цахилар, амма арадахаран тIеIаткъамо вайн духар оцу шерашкахь мелла хийцина хилар, цигахь вайнаха воне йа дикане бахьа безаш коьрта тилла холхазан куй, ламазний, кертахь, чохь лело пессий тIеэцна хилар а. Вайн къам йуха вешан махка дерззалц йа жиманиг, йа воккханиг вацара нохчех коьртаIуьйра лелаш йа шайн парикмахерскехь тойайтина кIужал-никIапа коьрта тиллинчу хIуманна кIелхьара баккхийчарна гучайаккха х1уттуш. Схьахетарехь, иза царехь кхерар дацара – иза царехь иэхь хетар, уьш ларар, ийман йуккъера малдалаза хилар дара. Тхо цIа дирзинчу 1957-чу шарахь сан нисса пхийтта шо кхаьчнера. ГIиргIазойн махкахь 8 класс йаьккхина, уьссалгIачу классе ваьлла жима стаг вара со. Со, сан нийсарой, тхол баккхийрнаш –массо коьртахь хIума йолуш хуьлура – корта баьшнарг, никIапа йерг а. Дуьххьра вайн йарташкахь коьртаIуьйра лела буьйлира школашка-ра къона хьехархой, «прогрессивни» нохчий. Уьш-м дукха бацара цу хенахь, кхо – виъ волура мел йокха йуьртахь. Бакъ ду, уьш мелла ийзалуш хуьлура баккхийчарах. Ишттачех тхан йуьртахь цхьаммо, коьртаIуьйра вогIучу шена дуьхьал кхеттачу воккх-стага шега, кIант хьо хьена ву аьлла хаьттича, шен де цIе ца йоккхуш, йуьртарчу кхечу урамерчу стеган цIе йаьккжина хиллера. И воккхастаг, кхо цIе йаьккхинчу стаге, бехк баккха ваханера, хьайн кIант коьртаIуьйра хIунда лоьлуьйту ахь эвла йуккъехула аьлла. Воккхстаге аматаш дийцийтина оцу кIентан, «ша да ву аьллачун баккъалла волчу дена тIе ваха-нера бехкенвинарг». Дехьарчу урамехь суьйренца гулйеллачу пхьоьханна тIевоьду бехк боцуш бехке-хилларг. Цигахь хиллера коьртаIуьра лелаш волчу кIентан да, Буоша. Пхьоьхане салам дела, тIевеанчо аьллера: «Ва Буоша! Хьан кIантана, Хьозина, наха-лахь бийца оьзда бух болуш да везарна-м аса бехк ца буллура, амма шен да со ву бохуш ма лела алахьа цуьнга йуьртахула кортаIуьйра. Со нехан бага ца туьйсуш, хьайн цIартIехь Iе алахьа цуьнга». – «ДIавалахьа, Хьумайд! Кхана хьайниш, неханиш бевр бу хьуна коьртаIуьйра. Хуучара вайга баха ма баьхна: «Шайн зударийн, доьзалийн, даьхнийн, догIмийн дай хир дац шу, муьжгийн Iедална кIел дисахь. Иза ду хьуна вайна гина, гуш лаьтташ дерг. Тахана сайниш бевла сан лаамера, кхана йа лама хьайниш, неханиш бевр бу тIехь долчу Iедална луъучу хьоле, Iедалал тоьлар ма дац вай. Тоьлар до-ций цо вайна хаа хаийтина, вай цергахь вай чу садан ца дуьтуш. Доьзалца девне ма веллинехь, церан арз дIаэца кечделла Iаш Iедал ду. Кегийрнаш керлачу советски законехь даха хIунда ца дуьту аш аьлла, вайшиъ чувуллур ву, Хьумайд! Вац хьуна со кху балхах воккхавеш-м, дан хIума ца хиларна Iад Iа-кх. Вай, даккхийрнаш, дитахьара цара ваьшна хеттачу агIор Iен, даха, кху йисинчу хенахь мукъна, Хьумайд!» Иштта, дол-долуш эвхьаза долуш, лахделира коьрта туьллучу хIуманан цхьаболчу нохчашлахь сий, пусар дар, коьртаIуьйра довлар. Боьршачу наха масал гайтича коьртаIуьйра леларехь, тIе Iедало школехь болуш дуьйна коьрта туьллучу хIуманца тIом беш хилча, зударшна йелир-кха маршо коьртаIуьйра бовла, божарийн чулла йаккхий бакъонаш йолуш, малх-аккъара, шайна ма - тов цIармат бовла. Делахь, зама мел хала хиллехь, и цамгар ца хьакхалуш бисинарш бацара кIезиг. Оцу галдалаза дисинчу нохчийн къоман декъо, шена мел хала делахь, лардира къоман гIиллакх-оьздангалла, бусалба дин, йахь, нохчолла. Филологически Iилманийн доктор волчу, НПУ-н профессора, И.Ю. Алироевс, «История и культура чеченцев и ингушей» цIе йолуш зорбане даьллачу шен жайнахь 1994 шарахь, йаздина: «В Чечено-Ингушетии издревле существовал культ головного убора, как женского, так и мужского. Вайнах, например, охранявший какой-либо объект, мог оставить шапку (на объекте) и уйти домой, хотя бы пообедать – никто не трогал его шапку, ибо понимал, что будет иметь дело с хозяином (той шапки)». Кхин дIа дерг вайн матте дерзош йаздийр ду аса оцу ИбрахIиман жайни тIера. «Нехан коьртара куйнна тIекховдар, иза коьртара баккха дагахь, куйнан дега дов дIахьедар хилла, хIунда аьлча иза нахана хьалха стаг йу0ьхьIаьржа хIоттор ларалуш хилла дера. Нохчочо коьртара баьккхина куй лаьттах тохар – иза холчахIоттаран билгало хилла, кхин дIа иза вала кийча волуш. Коьртара куй баьккхина, нахана дехаре вахар – иза шен сий, цIе, стогалла оцу нехан когаш кIел йаржор хилла, тIейогIучу ханна нахалахь ларам, сий дужуш». «Кара куй биттина хилира церан и гIуллакх»,– олуш хилла наха ишттачунна. Боьршачу стага коьртара куй баьккхина деш долу дехар дастаме делахь, амма зудчо кортали йа йовлакх даьккхина дечу дехаро, вовшашна тоха айина шаьлтанаш, тоха тIедерзийна дуьйлина герзаш зулам дечуьра совцош-м хилла. Вайн халкъан иллешкахь буьйцуш болу къонахий гойту даима: «чо чехка чола куй бIаьштиг тIе теIабеш». Кицанашкахь го вайна куйнан да хила йиш хиларе терра, адаме хIуттуш долу хьал. Масала: «Куй беттачу кхаьчна хьал»; «Куй беги вай»; «Харц луьйчун куй богу»; «Куйнан метта кортали туьллучу даьлла гIуллакх». Вайн духарехь хилла хийцамаш къеггина гуш бу вайна таханлерчу дийнахь. И хийцамаш хуьлууш лаьттар бу замане хьаьжжина. Амма вайна цхьа хIума латта деза даима иэсехь: нохчийн стаг, зуда коьртера когашка кхаччалц, дегI хьулдина хила дезий ваьш коша дах-ккалц, хIунда аьлча ваьш бусалба нохчий долун дела. Куйнан сий лардеш чекхбевлла вайн эвлайааш, вайн Iеламнах, йаздархойн хьалхара масех чкъор: Эсамбаев Махьмуд, Абузар Айдамиров, дуккха йахь йолу нохчий а. Вай ламазана хIуьттуш хила йезаш йу коьрта тиллина хIума, тезетахь иза ца хилча ца йолу, коьртаIуьйра кел араваьлча тешаллина магош ца хилча, иза мич-чанхьа коьртахь хила йезаран билгало йу. КоьртаIуьйра, чухула йухучу бедаршца ламазана х1оьттинчуьнга аьлла хиллера цхьамма: «Хьенех, оцу духарца хьайн стундена хьалха хуттур варий хьо?» Вукхо дуьхьала: «Дера вацара, эхь ма ду вайн Iадатехь иштта ша стундена гайтича!» «Делахь хIета, ахь схьадийцарехь, хьайн стундех хеттачул эхь ца хетта-кх хьуна хьо ламазехь дуьхьал хIоьттинчу Делах!»,– аьлла тIевеанчо. Бехказа вала хIума доцуш висна Iамалхо. Ваьш нехан мехкашка-хула ца леллехь коьртах хьарчийначу йовлакхна тIоьхула йуьйцинчу тIерган хIоз гича, иза Iарбойн махкара стаг вуй хаьа вайна. Бес-бесарчу кIаденийн чалба хьарчийна хуьлу индус, лекха цIен пес коьртахь хуьлу турко. Сенаш долу къорза пес, къор-за йеха гIовтал йуьйхина хуьлу узбек, ножан диттан бIаран кад санна жима пес йа шуьйра го болу шляпа тиллина хуьлу жуьгтий. Холхазан куйнаца бовза боьлла дуьненна нохчий. Дукха хан йоцуш вайн телевиденихь гайтира «Васт» цIе йолу передача. Оцу передачехь дакъалоцуш вара йаздархо Берсанов Хожа-Ахьмад, этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад, РегIатIера школера хьехархо Мохьмад-Эми (дукхах долчунна оцу Мохьмад-Эмис меттахвахарна йазйина аса хIара статья). Цара массара дийцинчуьнан жамI дича, гуш дара, вай коьртаIуьйра лелачу нохчийн божаршна тIе тидам алсам бахийта безар, коьрта туьллучу хIуманан сий-пусар вайн дайша биначу лараме айа дезаш хилар. Холхазийн куйнашка вай дерриге кхачаделча-м дика хир дара, амма коьртаIуьйра цалеларе-м кхачадала деза вай, шегах товш йерриг хIораммо дIатуьллуш: куй, шляпа, пес, хурашка – уьш цхьа вайна хьарам йина яц. Духаре хьаьжжина стаг тIеоьцу, хьекъале, иймане хьаьжжина новкъа вокк-ху, аьлла вайн дайша. Духар, хьекъал, эхь, ийман цхьаьнатоха хьаьвсича дика дара-кх нохчийн стаг, зуда. ТIаккха, баккъалла, хир йу-кх коьрта туьллург кицанехь ма-аллара: «Iункарнехьа йирзича, йуккъехь йуьзна, хьекъал долчунна хаийла, Iовдалниг цецволийла»,– ала йиш йолуш. Вежарий, махкахой! Дала миччанхьа тешаллина магош, дуьненахь, эхартахь ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь нисбала кхетам, собар, доьналла лой-ла вайн боьршачу нахана. Зударий тIаккха дIанисбеллий хир бу шуна. Тхан йуьртарчу имамо, Хабзиев Iаьрби-Хьажас ма-аллара: «Дала дIадуьйцург хезачех, хезначух пайда оьцучех, пайда эцнарг лелош дIакхоьхьучех дойла вай!»
ДЕЛА ОРЦАХ ВАЛИЙЛА ВАЙН МАТТАНА
Асаран (июнь) беттан 2 - г1ачу дийнахб Цоци-Юьртарчу № I школе экзаменаш дIайалар дIа муха доьду хьовса баьхкинчу Куршлойн кIоштан Нох-чийн къоман дешаран декъан белхахоша, нохчийн меттан методиста Бишиев Сайд-Эмис, оцу отделан коьрта говзанчас Юсупов Ахьмада хаам беанера, 14-г1ачу Асаран (июнь) беттан дийнахь, Гуьмсехь, Бе-рийн корматаллийн цIийнехь йуьхьанцара классаш дуьззина нохчийн маттахь хьехаре йахаран хьокъехь дIахьош конференци йу аьлла. Оцу конференце кхойкхуш Куршлойн кIоштан къоман дешаран декъана биъ меттиг кхачийна хилар билгалдинера цаьршимма, шена цига ваха луучо шайга хаам бар тIедуьллуш. Цига баха хьакъ болу нах билгал бина-м бу шайн, аьлла тIетоьхнера цара, амма, тхан шко-лера цига гIур ма вара аьлла хеташ хьехархо велахь, билгалбинчех цхьаъ цIахь витна, тхох верг во-хуьйтур ву олуш. Аш кечам бан билгалбинчарна новкъарло ца йер оха аьлла, оха - м цига цхьа вахий-тар башха тIе ца лецира. Амма тхан школа оцу нох-чийн меттан, къоман гIиллакх-оьздангаллин хьелаш мелла тодала лууш хиларна, оцу вайн къоман син-мехаллийн сий айдалийтархьама тхаьш къахьоьгуш хиларна, Куршлойн кIоштахь цу агIор багадахана дуьйцуш хиларна, тхан директорна, Нанагаев Iимран Хамидовична, цига тхох цхьаъ ваха чIогIа лаарна, Пашаев Нурдица цу крнференце со вахара шинарийн дийнахь. Тхойша 10 сахьт далале цигахь вара. Схьакхаьчна цхьа вацара. Оцу Берийн корма-таллин цIийнан кертахь берийн мототрек йу (иттех электроролерш йолуш берашна хехка, дуьйсина пийск хьокху кеманаш чохь йоккха бассейн йолуш). Iцхьацтталг1ачу сохьтехь схьагулбала буьйлало Аргун-гIалин, Шелан, Ножай-Юьртан, Гуьмсан, Куршлойн кIошташкара, Серлонан министерствера дешаран хьукматийн векалш. Суний, Нурдиний бевзаш берш гучубевлира: Темирсултанов Наиб (Аргун-гIалин РОО-ра), Магомадов Мовлади (Шелан РОО-ра), Барзанукаева Айзан («Орга» газетан корреспондент, Дешаран министерствон белхахо), Джамалханов Iийса (Куршлойн РОО-ра), кхинберш тхойшинна дуьххьара гуш нах, зударий бара. Конференцин болх, болабалале, вовшашка гулдаларан хьокъехь цхьацца дуьйцуш, ас хаьттира Аргунерчу
Темирсултанов Наибе (иза I0-12 шарахь соьца цхьаьна школехь хими хьоьхуш болх беш Iийна хи-ларна Цоци-Юьртахь):
- Наиб, хьо хIун дохьуш веана? Нохчийн мотт хьалаайа веана хьо йа охьатаIо веана? – ОхьатаIо, - жоп делира цо. - Ой, охьатаIабар кхоч-чуш ца хета хьуна? Кхин мича охьатаIийта воллу хьо иза, ша белла дуьненчуьра дIабала ца бахахь?– Йуххернаш, тхойшиннан кхоссарш забарехьа йо-хуш, белабелира, тхо Берийн кхоллараллин цIийнан зал чу дахара. ГIеххьа йоккха чоь, корехь-неIарехь оьхкина дарин шаршош, кIоргга, йоккха гучу сце-нина дуьхьал оьзна кирхьа, бIе сов хир долуш декъа гIанташ хиттийна чоь йара иза. Зал чохь гулбелларш 60-80 стаг, зудий хир бара. Дукхах берш дешаран хьукматийн куьйгалхой, «Гумс» газетан редакторан гIоьнча Сумбулатов Дени, цхьаццанхьара хьехархой бара. Конференци бохучу бараме и мероприяти кха-чарий-м хаац, дагадовларан гулам ала-м мегар дара цунах. Болх дIаболор шена тIелаьцна вистхилира Дешаран министерствон белхахо, Асланбек Тимир-гариев, фамилина со галваьллехь бехк цабиллар доьху ас. Цо бидгалдира, хьехо йукъа дуьллуш долу гIуллакх «Йуьхьанцара классаш дуьззина нохчийн маттахь хьехаран программе йахар» хилар. Цу хьокъехь дагадовла кхайкхина хилар кхузе йеа кIоштара, Аргун-гIалара школашкара, кIоштийн дешаран дакъошкара векалш, НР-ан Дешаран ми-нистр волчу Дадаев Лоьмин тIедилларца. И гIуллакх Министерствос вайн Академин, ЧИПКРОН, Iилманна талам бечу институтан белхахошца дийцаре даьккхина хилар хоуьйтуш. Асланбека элира: - И болх мехала бу, къовсаме баьлла бу, Iаламат боккха кечам, харж йан дезаш бу. Iилманчаша берашна цхьа дош ца хуучу маттахь дIадолочу дешаро инзаре беза ницкъ хуьлу боху йуьхьанцарчу классашкахь школехь доьшучарна. Цо инзаре беза ницкъ хьекъал-кхетамна беш хилар бахана долуш, берийн уггаре ира хьекъал кхиа дезачу хенахь, царна дуьне довзаран, цунах цецдийларан, марзо иэцаран синхаамаш артло, дешарах догдолу, этмаьIаг санна, шаш-шайна чудулий, худало уьш. Ткъа нохчийн (шен ненан) маттахь «Математиках», «Природоведених» кхетча, кхин дIа долу дешар атта каре доьрзур ду берана, боху Iилманчаша. Дийцаре деш долчу хаттарна ше-на хетарг олучо билгалдан деза:
I) Оьшу и болх бан йа ца оьшу (йуьхьанцара классаш дуьззина ненан маттахь хьехаре йаха?);
2) Беш хилча маца, муха буоло беза иза? ХIун оьшу и гIуллакх кхиамца чекхдаккха?
3) ХIа-хIа, бан ца оьшу бахахь, хIун бахьанаш ду цунна?
Цул тIаьхьа бистхуьлучарна 4-5 минот регламент хIоттийна, дийцаре дира и гIуллакх.
Заседани дIайахьа Призидиуме охьаховшийра Минпросера шиъ, Ножай-Юьртан, Шелан, Гуьмсен кIоштийн РОО-н куьйгалхой, «Гумс» газетан редак-торан гIоьнча, соцотделан куьйгалхо, корреспон-дент Барзанукаева Айза, (дуьцучун протокол хIотторан болх бан). Белхан Iалашо лоцу къилба гайта санна, дийцаре диллинчух лаьцна цхьаммо дош алале, Айзас Шелахь, Аргунехь шаьш йиначу «социологически хеттарш нахе даран» (адамийн ла-ам къасторан) жамIийн хаам дIакхайкха бо. Иза, цо дийцарехь, дай-наношний, лакхарчу классийн де-шархошний, хьехархошний йукъахь хиллачу къамелийн жамI дара, цара I800 сов адаме хеттарш дина, царах – 53 стаг воцчо, вукхара массара йуьхьанцарчу классашкахь дуьззина нохчийн маттахь хьехар дIадолор, къобал деш цахилар дIахоуьйту. Иза ша агитацина ца бохуш хилар билгалдоккху Айзас, амма шаьш долчуьра хьал иштта хилар чIагIдо. Ишттачу хIуманна далийна ду вайн къоман хаза кица: «Ала йоьIе, хаза несе». Тхуна гучудаьлларг аша къобал дан деза бохучу кепара кхийтира со цу къамелах. ТIакхха Ишхой-Юьртара, Гуьмсера, Ножай-Юьртара, кхечу йарташкарчара «очередная авантюра», «культурная революция», «кабинетная чепуха», «бред умалишен-ных» ца уллуш тIелхаг, нех ца йити вайн Соьлжа-гIаларчу массо 1илманийн докторшна, кандидаташна, академикашна тIе. Цара дийцарехь, нохчийн маттахь хьехаре и йуьхьанцара классаш вай йахахь, нохчашна, церан берашна дуьне духуш ду. Вайн берашна оьрсийн мотт бицлур бу, уьш Россин институташка деша дахалур дац, луларчу суьйлин, хIирийн, гIебартойн мехкашка болхахь оьрсийн дош ала ца хууш бовр бу. Лоьрашна тIе больнице вигначунна переводчик везар ву. ТIе вайн хьехархой бац оцу классашкахь болх бан, книгаш йац, гайтаман гIирсаш бац, Iалалай-вададай, ма онда гIурт меттахъхьабина хIара бала вайн коча болла дагадеанчара. Шелан РОО-н белхахочунна Магомадов Мовладина таханалерчу дийнахь нохчийн мотт берашна ледар хаарна, цара гIиллакх-оьздангалла цаларйарна бехк хьехархойн, цIерачу дай-нанойн, вайн институтийн, педучилищийн бехк хета. ХIунда аьлча дIайазбинчу студенташа массо зачет, экзамен ахчанца дIалуш йу. ТIаккха школе ледара специалисташ богIу, царна болх бан ца хаьа, цара, бераш Iамадо бохуш, талхадо! Йуьхьанцара классаш нохчийн маттахь хьехаре йахарна ша категорически дуьхьал ву, амма нохчийн меттан сий до ша, беза беза шена боху: нагахь санна вай I-4 классаш нохчийн матте йахахь, вайн берашна «тIитI» дIаала хуур дац. - Ва, ма даха вайн бераш оьрсийн маттах, I-4 классаш нохчийн матте а йахий? Тоьар дац бераша нохчийн мотт цIахь, новкъа дIасабоьлхуш, переменехь бийцича ? ХIинца-м кху йерриге Нохчийчоьнах чекхваьлчий ма бац къамеле вала оьрсех, гIалгIазкхех стаг, хьогмана.- Иштта къамелаша хьере винчу сан накъоста, Пашаев Нурдис, пIендаршна тIе гола теIайо суна «данк-данк нехьа». - ХIун хилла хьуна, ва Нурди? – хотту ас цуьнга.
- Суна хорам хуьлуш боллу. Хьо вист ца хуьлу?– боху цо.
- Собар! Собар, Нурди! Цкъа кхаьрга шайна чохь дерг схьаIеттадайта. Шаьш дуьйцург дуьйцуш ца хилахь, кхарна хIумма хезар ма дац. Жимма собар делахь.– Оццу хенахь вистхуьлу «Гумс» газетан ре-дакторан гIоьнча Сумбулатов Дени. Цо дикка дар-даларехь дохделла адам шелдо, мелла чулацаме кхе-тош къамел дой. Цо гIараваьлла оьрсийн хьехархо-Iилманчин Ушинскийн дешнаш далош хоуьйту гул-белчарна, хIара гIуллакх доладар шен цхьа Iилманан бух болуш, берийн ойла йина, дара дерина, дуста дуьстина болийна болх хилар: - «Берана Iемина, шарбелла шен къоман боцчу маттахь дешарца кхетам балар – иза цунна ницкъ бар ду», аьлла Ушинскийс, гергарчу маьIнехь аьлча. –Вай массо халонехь къастон ницкъ берг оьрсийн мотт бу моттар нийса дац. Вай оьшуш болу кечам бина: хьехархой, книгаш, гайтаман гIирсаш, методически литература – цул тIаьхьа гонахарчу кегийчу къаьмнаша динариг зийна, сих ца луш дан деза ваьш деш дерг. Цундела шайна луъ-луъучу агIор ца херцаш, вайна вешан Iалашоне боьду нийса некъ лохуш дагадовлар гIолехь ду. Кечам хиллачул тIеьхьа перспектива йолуш хIума ду дийцаре диллинарг.– Цул тIаьхьа йуьхьанцарчу классийн хьехархочо (Ишхойн-Юьртара йара моьттуш ву со иза) шаьш йина эксперемент йийцира. Иза хилла 1987-88 шерашкахь дуьззина нохчийн маттахь хьоьхуш, оьрсийн маттахь хьоьхуш ши класс зерца лелийна эксперемент. Амма шайна дикачу агIор гучубаьлла хийцам бацара, цундела ша дуьхьала йу I-4 классаш дуьззина нохчийн маттахь хьехаре йахарна, олу цо а. ТIаккха, Iа а ца вела, аса дийхи дош. Со-м, хьо хьан кхайкхина веана, накъост, дац хьуна дош аьлла, охьахаийчий бовлара уьш. Сайн цIе, фамили, белхан стаж (40 шо), кIошт, йурт дIахаийтина, доладо ас: - Кху 40 шарахь нохчийн, оьрсийн мотт, литература хьоьхуш схьавогIуш ву со. Цхьадика керлачу Нохчийн Республикан Конституцица и ший мотт пачхьалкхан бу аьлла дIакхайкхийна бу. Амма вайх дукхаммо кху чохь дечу къамеле ладоьгIча, и пачхьалкхан меттан тIегIане-м цкъа кхочур бац, вай иза цу школера экк-хийча хIун дара - те олучу хьоле-м воккху, кху чохь дуьйцучо. Вай, хьехархоша, дешаран куьйгалхоша, кху зал чохь мел волчо, цхьаммо буьйцуш берг цIена нохчийн мотт ма бац. Пхи дош оьрсийн мат-тахь, цхьа-ши дош нохчийн. Вай иштта бен ца буьйцург вайл тIаьхьа тIекхуьучара кхин ледар буьйцур ма бу иза. Цхьа-ши чкъор хийцаделча, хIинца Америкехь мацах индейцаш боху къам хил-лий хаийта, коьртахь тIаусан месех кечбина куй, гIодах дихкина урс, карахь «тамагавк» олуш долу диг долуш, киношчохь, туристашна гойтуш берш санна, «Вайнах» ансамблан духарца сайн тIаьхьенаш, иштта нах хила-кх нохчий бохуш, оьрсашна, кхиндолчу къаьмнашна гойтуш лело-м ца лаьа суна. ХIорш бу-кх мацах хилла бохуш болу нохчий, бохучу даьрий теша вайн гIуллакх, тахана кху чохь деш долу къамелаш вай дахь? Дечу къаме-лашкахь берийн бала бу бахахь, вац царна хуьлучу халонна гIайгI йеш йа къахеташ цхьа. Массара йо ойла «сан хийцавала дезар ду-кх хьехарехь йа куьйгалла дарехь, йа методика тойарехь». ШолгIа ойла йу берашна оьрсийн мотт ца Iамарна, уьш ин-ституташка ца кхочуш бисарна кхоьруш. Амма цхьаммо ца йо ойла, уьш нохчийн мотт бицбелла бисаран, царна «сискалан» маттал тIех хила дезаш дерг шадерриг дицделла дарна. Ас ца бах тахана, кхана, лама бина кечам боцуш чухахккий и классаш нохчийн маттахь Iамадаре, хьехаре йаха. Амма вай-на цхьа хIума-м хаа деза, царна кечам беш вай мел хьелахь, мацца йаьхна, уьш йахан йезий-м. И хила йиш йац бохуш верг, вац шен ненан маттах пачхь-алкхан мотт бан гIерташ. Вайна мел генара хетахь оцу Iалашонна тIе дерзийна къилба вайн хийца йиш йац. ЛадогIарна баркалла аьлла, со охьахиира. Цул тIаьхьа хьажийра сан къамел дохо массо «жима, йоккха топ» суна тIе. Гуьмсерчу цхьана школан ди-ректора, Хьамид цIе йоккхуш-м къаьстира суна цуьнан (фамили дага ца йогIу), оцу «накъоста» бо-хуш, суна тIе пIелг хьежабора цо, динчу къамелана ша реза вац бохура цо. И, тIе пIелгаш хьежадар те-левиденис тIедоккхуш ца хилча-м, суна оццул дагах кхетар дацара иза, амма телехьовсархошна моьттар ду-кх, цо соьгахьара цхьа вониг даьлла и йаппарш йетта аьлла хетта, со Iа ца велира йуха вист ца хуьлуш: - Хьайн къамел зал чу де, нахана тIе пIелгаш ца хьежош. Вай массо кху чу шен-шена хе-тарг ала веана. Дискусси хьуна эшахь, вай кхечу куьцехь гулдала деза. Бакъду, цо кIоршаме дийцар-на, жимма собарх, гIиллакхах вохийнера со. Амма цо деш долу къамел дацара хоршахь. Цхьабакъду, тхо, болх чекхбаьлла, дIасадухуш, цо шена бехк ца-биллар дийхира. Ша суна новкъа даийта гIерташ хIума ала гIерташ вацара олуш. Амма шен вон амалш йу куьйгаш туьйсуш, пIелгаш хьежош къаме-лехь. Бехк ма биллахьара шена аьлла, со мара-воьллира цо. И дика гIиллакх ду, ша галваьлча нис-вала хаар. Со реза волуш къамел дира Ойсхарарчу школан директора (цуьнан цIе, фамили ца хаттарна, бехке ву со). ТIехаьжна къона, товш, дитина доца мекх долуш, йора гIодайукъ, вохар доцуш онддачу, гIоргIачу озаца вистхилира иза. Шу дерриш шен хьехархой хила мегар долуш нах ду. Шена гIеххьа бехк хета шуна хьалха хIоьттина къамел дар. Амма шена, шен хинйолу тIаьхье цIарна йоцуш М. Дика-евс ма-аллара: «Нохчийн маттах, нохчийн махках берахь дуьйна дозалла деш» кхиа лаьа. И хуьлийла йац, вай тахана кху чохь санна, I-4 классашна дуьззина нохчийн маттахь хьехарна дуьхьал дов-лахь. Бакъду, тахана бина кечамаш ца хилча хьалхе ду. Амма и тIейогIучу ханна хьеха ма де бохуш берш, мелла кIеда аьлча, галбевлла. Суна ца лаьа вайн хинйолу тIаьхьенаш музейшкахь, «ЦIечу книжки» тIехь экспонаташ хилла йийцийта. Оьрсийн маттана, и дика Iаморна дуьхьал ваьлла цхьа вац, кху зал чохь-м муххале. Амма вешан мат-тах пачхьалкхан мотт хуьлу агIонаш лоьхуш къахье-га-м деза вай массара. ЛадогIарна баркалла олуш, цо дерзийра шен къамел. Барзанукаева Айзас дерзочу къамелехь билгалдира вайн 5,5 % бен школашкахь лакхарчу дешаран говзаллица болх беш хьехархой цахилар. Иза цо хоуьйту Ножай-Юьртан кIоштан РОО-н куьйгалхочун хаамна тIедоьгIна. Вайн таханлера декхарш ду элира цо лаккхарчу дешарца болу йуьхьанцара классийн хьехархой алсамбовлийтар. Нагахь вай нохчийн маттахь хьехарна тIедовлуш хилахь, мелла дика кечам бан безар оцу беза, жоьпаллин балхана. Вай тахана кху чохь дийцинарг ша газетехула вайн йукъаралле дIакхачо хьожур йу. Баркалла массарна конференцехь жигара дакъа лацарна. Ножайн-Юьртарчу РОО-н заведующис, Министерствон бел-хахоша конференцехь дийцинчунна иштта жамI дира: - Вай массара дийцинчуьнан хьесап дича гуш ду, вайна нохчийн мотт безар, цуьнан сий айдала лаар, амма таханлерчу пачхьалкхан, вайн йукъараллин хьелашкахь йуьхьанцара классаш дуьззина нохчийн маттахь хьехаре йахар, бина цхьа кечам боцуш, хьалхе хеташ хилар. 5-6 шарахь кечам бина – хьехархой, книгаш, методлитература, про-граммаш, гайтаман гIирсаш, тIаккха гондхьарчу къамнашна оцу балха тIехь зеделларг теллина, доьрзур ду вай и гIуллакх ваьшта дало. Цу тIехь конференцин болх (и цунах ала дагIахь) чекхбелира. Дала гIо дойла хьуна, ненан мотт! Оха лелочу бахь-анех-м хIун хир хаац! Ишттачу ойланашца цIа вир-зира сой, сан накъост Нурди а. Амма Крыловн бас-нехь санна аьлча: «А воз и ныне там», цул тIаьхьа 20 шо даьлча хилла цхьа хийцам бац. Цундела ас йуха бах, Дела орцах валийла хьуна, хьомсара Ненан мотт, хьо пачхьалкхан меттан дарже кха-чийта!
Дагчу Iа хьийзина – 13 шо
1
Тахана кхузткъе шийтта шере валлачу Маьхьди-на дагабагІац нохчийн къомана Чилланан (февраль) беттан 23 дийнахь тІебеана Іаьржа, къиза бала . Ам-ма шен дас, нанас, гергарчара дийцинарг тІулга тІейаздина йоза санна, лаьтта цуьнан иэсехь. Нох-чийн къам арадаккхарна Советан Іедало хьалхе дуьйна бан болийна хиллера кечам. Оцу Іалашонца, нахана гергахь Германица бечу тІамо гIелдина эска-ран дакъош, садаІийта далийна бохуш, Нохчийчоь НКВД-ен бІонах йуьйлинера. Нохчийчохь, хІора хІусамехь бохург санна, кхо-виъ салти кертахь во-цуш цхьа доьзал ца битинера. Оцу бІоно Советан Іедалан баьччанашна нохчех лаьцна оьшуш болу хаамаш гулбинера 1943-чу шеран тІаьхьарчу 3-4 баттахь. ХІора доьзалехь долу хьал: чохь масса са ду, церан могашаллин хьал, гергарлонаш, кертарчу даьхнийн терахь, карахь долчу герзах дерг, эскарехь тІаме бахнарш мел бу, доцца аьлча, хІора доьзалах дуьззина досье Кремль чу охьадиллина хилла. Не-къахь хилла халонаш дукха йийцина бохура Маьхь-дис, амма шина кІирнах кирлелочу вагонаш чохь шелоно, мацалло, хьацарах, хьаткъанах ийначу хІаваан хьожано, оцу йукъаршлахь лилхинчу цамга-рех дуккха адамаш дІадевллира, верасашна тІедаха каш йа кхин билгало йоцуш. Оцу некъахь йисира Маьхьдин денана Хамсат, йиша Айза, дедеваша Со-са. Дала декъала бойла-кх уьш. Цхьанхьа Іохкуш хир йу - кх церан даьІахкаш?! – олуш бІаьргаш тІунбелира Маьхьдин.
2
ГIиргIизойн Кхарабалта – станцехь охьадаьхне-ра тхо вагонашна тІера, – дуьйцура кхин дІа Маьхь-дис. Оцу станцийн гонахарчу гІиргІизойн колхозашкара салазашкахь, готтий бІаьргаш, шуьйра, воьда йаьххьаш йолу нах баьхкинера шайн хьаькамашца, герзашца милцой йуххехь болуш. Цара, карахь долчу кехат тІера фамилеш, цІераш кхайкхош, схьакхаьчначу нохчийн, наггахь гІалгІайн доьзалш нислуш, дІасабийкъира нах, салазашна тІебуттуш. Карабеана Бекарг (март) бутт белахь а, кхузахь кІорга ло дара, шийла мох хьоькхура. Халачу некъо гІелдина, беркъа духарца долчу тхан догІмех чекхйуьйлура цигара шело, ткъа дегнаш чохь-м хІоранна шан тІулг бара лаьтташ, хІун гур ду ца хууш кхин дІа. Тхан вагон чохь болу нах Цоци-Эвлара, Гелдганара бара дукхахберш. Гелдганхой алсамо дІабигира «Литвинов», «За линию ЦК», «Кхумарык», «Эрикту», «Эрису» колхозашка, цхьаберш оцу Кхараболтахь битира. Цоцанхой бигира «Буденный», «Большевик» колхозашка. Тхо дуьххьара Буденовке кхаьчнера. Цигахь йалтех йассайеллачу складашкахь, йуьртарчу клубехь дІатардинера тхо. Сан да Мухтар, Нохчийчохь дуьйна тракторист болх бина вара, и говзалла бахьанехь, немцошна дуьхьала бечу тІаме ца вуьгуш цІахь витинера иза. Цундела гІиргІазойн махкахь иза балха дІаийцира йуьртаба-хаман техникина (тракторшна, комбайнашна, хІудуьйчу машенашна, мекханашна, нахаршна) ре-монт йечу МТС-е. Оцу хенахь МТС-е (машинно-тракторная станция) олучу меттехь гулйина хуьлура колхозашна, кхин болчу йуьртабахамашна техники-ца дан оьшуш долу хьашташ кхочуш деш йолу ор-ганизаци йара иза. Клуб чохь хІора доьзална бил-галйина шайн-шайн кІаранаш йара, дуьхьала бре-зент-гата, шаршо йа одеял оьллина. Доьзалан дий-шар-гІовттар, Іар оцу кІаранаш чохь дара. Клубан чоь йохйеш дагош дара ча, курай, наггахь хилча гІий тосуш пеш йара. Хилча-м оцу пешахь дечиг, кІора дагалур дара, амма оцу шинна къелла йара кхузахь. Ткъа ча (кІенан, сулан йа суосан (рожь) сих-сиха чу туьйсуш Іан везара, курай (вайн маттахь аьлча къух). Цунах дукха кІур буьйлура, иза летта ца йолуш, ткъа летта йаьлча, тоьпан молха санна, сихха йогий йолура. Цундела пешана хьалха даима цхьа-шиъ хадеш Іан везара, и богІу гІирс кхе тоьттуш, цІе дІа ца йайта. Со - м цу хенахь, – бохура Маьхьдис, – до санна корта бистина, халла бен багара аз ца долуш, дагаро воттуш, коьрта тІехь ІаьржабІаьргаш йийлина, цара вожийна хилла. БІаьстенца дендала доьллачу мозийн вой тІехьийзаш, тхан ден тишачу тужуркин тІелхаг тІехь Іуьллуш хилла, цкъа оззал бен са доцуш.
3
Колхозехь дІайазбина «спецпереселенцаш» (иш-тта цІе тиллинера махках баьхначу мухІажаршна) 280-300 белхан де колхозан балхахь даккха дезаш барам бара х1оттийна х1оранна. Цундела Маьхьдин да массо дийнахь МТС-ехь, ткъа нана колхозехь схьаделла гІуллакх кхочуш деш, болх бан безаш хилла. Цхьа озабезам бинера Маьхьдин ненехьа нохчийн зударшна тІехьожуш йолчу бригадиро, Марусяс, (кулакаш бина бохийначу украинцех йара иза), делкъана цхьана сахьтана, цомгаш волчу суна оьшучунна ладогІа цІа йан (ма цІа дара иза!) бакъо луш. Маи йара сан ненан цІе, – кхин дІа дуьйцу Маьхьдис. Шена йеллачу паёках Іаьржачу бепиган цастар тІоьхула карчийна картол, наггахь чІерах даьккхина декъах йа шекаран бІаьалгах, шена кхал-ла хІумма ца дуьтуш, суна даош хиллера нанас. Бакъду, дена луш йолу паёк мелла гІолехь хиллера, цундела цунах хене довла гІо хуьлуш хиллера тхуна, тхан дейишина Мархина, цуьнан кхаа берана. Амма иза гІаддайна хене довлар дара – мацалла охьаэгаш долуш, бIагор богIий. Цундела массо дийнахь, буса йуучунна гІайгІабан гІерташ вара, оцу махках даьхначу 2-3 шарахь. Мацалла шена махках ваьллачул тІаьхьа ца гина бохург йа иэс галдаьлла ву, йа аьшпаш буттуш ву, йа Дала тІе ма доуьйтийла иза цхьанне, деккъа шен ген бен бала боцуш, йиша-ваша, доьзал, да-нана дІатесна лелла ву, карайеанарг шена чукхухкуш. Гуьйранна, Іай буракаш йийна аре аьхначул тІаьхьа, оцу кха тІехь бухайисина буракаш лехьайора, уьш мел кегий хедийна, йохиййна йелахь. Цаьрца йоттуш, кхехкош хене довлура. БІаьстенца гІоттуш йолу бецан сеналлаш тІехь «дажа» Іеминера: боьш, семарсекхаш, акха картолаш, къона кхоткъа (люцерна), клевер, татеш, эмкалан баІ, ІаьІа, шурабуц (козелик), акха кхоьаш (кошелики), къона шач (чакан), эрз, цуьнан орам, шочан тхьомари (рогоз), андайелла йакъайелча-м, царех гІайбеш дузура, бамбанах санна к1ай пух болий. Дакъаделлачу шочан гІодах, Іаламат кІеда черташ йора гоьнан меттана охьа хаа, вижа вуно аьтто бо-луш мотт хуьлура царах. Акказин, мохан заз даара, Шура йукълуш, йалтин буьртиг буза боьлча, йал-тийн кхаш тІехь катухура бераша, текхаш йукъа доьлхий. Йалта хьаькхна даьлча, лахьа ца бойтуш-шехь, буха бисина кенаш лехьабора. Доцца аьлча, тІе хи молуш, вуззалц бепиг долуш зама гур йуй теша аьлла, дог-ойла лаьттина хан йар-кха иза мах-ках даьккхинчу адмана. Сан ден, ненан соьга хьажа аьтто боций хууш, сан дола дан хІоьттинера сан де-шичин нана, МаслаІат, Дала декъал йойла иза, йал-саманин хьаша йеш! Делан Іажалла цу хенахь йазйина цахиларна, оцу зудчо лелийначу бахьанаша со цамгарх хьалхаваьккхинера. Цо орцахин сабанца иэйина, кІежйаьккхуьтуш хи чохь кІадйина Іонтазхьоькхургаш, гІеххьа йовха йолуш, оцу сан коьрта тІера ІаьржабІаьргашна тІехь латтош хилла, IаьржабIаьргаш иэтІа йуьйлайаллалц. Цул тІаьхьа куьйга йовдий, царна чуьра соьлий, цІий оьзагций дІадоккхий, туьхан шовра хьокхуш хилла чевна т1е. И тІабаІат цо тІехь лелочу хенахь со - м шийлачу маьхьарца, массо кепара йаппарш йеш, Iадавина воьлхуш хилла, веттавала, вада гІоралахь воцуш. Хийла сардамаш доьхкинчух тера ду ас МаслаІатна, цо суна тІехь лоьралла лелочу хенахь. Ши де мосаз-за долу сан корта, кхузахь бехачу нахера морза до-ийтий, буьлуш хиллера сан нанас, МаслаІат ша тІехьожуш йолуш. – Хьажахьа хІокху моьнашка, – боху соьга Маьхьдис, – Германица биначу тІамехь лелхачу бомбанийн гаьргаша аьгча санна долчу.– Дан дара Маьхьдин баьшначу коьрта тІехь гІеххьа кІорга кІаьгнаш хІиттина даккхий моьнаш, цкъа тІе чо а баланза хиларна, аьнгали санна лепаш.
4
Ша товелла хьаьддий, веддий лела волавелча дуьйна дерг дика дагадогІу Маьхьдина. Буденовкехь шаьш дуьххьарлерчу аьхка йиша-вешийлахь берш, кхузахь болу нохчий цхьанатоьхна белхи бина, буьйда кибарчигаш йина хилар. Йуха пенаш дІахІиттош нах вовшахтоьхна, эххар а тІехула луь-ста дечигаш тийсина, царна тІоьхула оьрзан черташ йехкина, черташна тІехула латта тесна, цу латтана тІоьхула цІенкъа йиллина, шайна, жима йелахь, шиъ чоь йина. Оцу чохь йуккъерачу пенаца ши чоь а йохйеш пеш, оцу пеша тІехь лежанка олуш йолу цхьа кІаже йина. Оцу лежанки тІехь, пеш дІайайначул тІаьхьа дика йовха хуьлура. Пешан туьнталган дуьхьала тоттуш цхьа эчиг хуьлура, пеш дІайайначул тІаьхьа и эчиг туьнталгана чутоттура, чура йовхо ара ца йалийта, арара шело чу ца хьек-хийта. Арахь шелвеллачунна дика кІаже йара иза – массо даьІахках чекхйоккхура цо йовхо, шена тІевижинчунна. Оцу пешан лежанкех хоттабелла, цу тІе хьалавала, чувосса аьтто хилийта, поппаран маьнга хуьлура, тІехула шочан черт йаржайой. Чер-та тІоьхула гата йа кІаденан шаршо хуьлура, ткъа поппаран маьнгина дуьхьал кІаденан шаршо лоцура. ХІусам чуьра цІенкъа поппар хьаьхна сих-сиха боршамца (ашийца) шарйеш латтайора. Буденовкехь Іемира Маьхьдина оьрсийн мотт, нохчийниг дика Іемина балале, хІунда аьлча кел ара ма веллинехь гонаха дерш оьрсийн, украинцийн, гІиргІизойн, немцойн, курдийн бераш дара. Ловзар, вахар - вар, иэгІар - тар, гергарло, тIекаре, чукаре цаьрца йара. Хьалхарчу классе деша оцу колхозехь волавелира Маьхьди. Бакъду, цуьнан деваша Васи, кхечу девешин кІант Мумади, дейиша Хамсат луларчу колхозе кхелхина бахча, Маьхьдин да цига дIакхалха кечамаш бан вуьйлира.
5
Буденовкера Большевик колхозе кхелхича йуха хьалхарчу классехь дешар нисделира Маьхдин. – Большевикехь дикачу меттехь нисделира тхан ков-керт эцар,– дуьйцура Маьхдис. – ЦІенош-м ледара дара оха эцначу кертара, амма тхан лаппагІина хьалхахула лекха гІаргІанаш долуш, царна йуххеху-ла охьадогІуш хин татол дара, тІехьахула охьабогІуш некъ бара, ткъа некъал дехьа шуьйра боьра бара, чухула охьадогІуш Кхарасукх цІе йолу хи долуш. И хи-м лакхахь бухдуьйлучу шовданех кхолладелла дара, бІаьста, гурахь мелла стамлуш, амма цкъа лекъана йа кхачаделла соцуш дацара. Цу чохь шортта эрз, шач йалара. (ткъа уьш тхан мичча хенахь мацделча даар ма-дарий). Цул сов цу чохь мІара богІа, до чу кхоьссина чІара лаца аьтто бара. Оцу Кхарасукх чохь, дукха хьолахь, дика мІари тІе богІуш берг, пескарь олу чІара бара. И чІерий алу тІехь, вуьшта йалгІу чохь хийла даттар, кхарзар нисделла сан бераллехь, цундела мойва чІерий дух-куш ма-гиннехь, сайн бераллин хан дагайогІий, уьш ца оьцуш тІехвалалац со. Уьш массо чІерел чомехь хетта суна. Кхарасукхал дехьахь йара Большевикера йуьхьанцара школа, туька, йалтин хьаьтта, оцу хьаьттина гонаха йинера йалта чудухку складаш, украинцаша царах амбараш олура. Оцу хица хьала - охьа йаьржина хиларна йоккха хетахь, кІезиг нах бара оцу эвлахь. Цундела школа (малокомплектни) олучарах йара. Дешаран классана билгалйина цхьа чоь йара, жима уче, директоран кабинет, учитарийн чоь, цхьа жима цІелиг дара. Іуьйранна цхьанатоьхна оцу класса чохь доьшуш 2,4 классаш, делкъал тІаьхьа хьалхара, кхолаг1а классаш йара. Шина сменехь доьшурш цхьаьна тоьхча 50 бер дацара. Цундела 14 парта бен йацара класс чохь, кхин сов йилла цу чохь йа меттиг бацара. Директор, ши хье-хархо, I техничка – уьш диъ адам дара цу школан болх дІакхоьхьуш. Цигахь доьшуш долу бераш 7 шара тІера 14-15 шере бевлларш тIехь бара, цхьацца бахьанашца школехь дешанза бисина. Цундела ни-зам чІогІа ледара дара. Цигахь тхаьшна хьехна хье-хархо дика дагайогІу суна, Мария Константиновна Каноненко йара иза. Меда, кІеда аз долуш, хазачу йуьхь-сибтехь, лекхо-дуьзначу хьийкъинчу дегІахь, безамехь зуда йара иза. Шена - шена тІехуьттуш, тхан йоза нисдеш, мотт тхуна шарбан гІерташ йуха - йуха книга йоьшуьйтуш, дагахь Іамайойтуш, дог цIена адам дара Мария Константиновна. Амма тхоьца долу 3 - гІа классера ханна даккхий долчу берашна дага ца догІуш хІума дацара, урокаш мегаш дIа ца йахийта. ПІелгаш тІе пха боьхкий Іад дора, тIаккха цуьнца кехатех, йоьзан йа наштаран серах йина «даьндаргаш» кхиссара къайлаха. Йа кисанаш дуьззина хоттах дина гарголагаш дохий, уьш детта-ра, хьехархо уьн тІехь цхьаъ йаздан дІа ма йирзина. ТІаккха «даьндарг» йа гарголаг кхеттачун мохь ба-лара, чІогІа лазийнехь велхара. Хьехархо бехкениг лаха йолалора, шеконца хьалагІаттийнарг везавеш бехказвуьйлура. Цуьнца дерг хьехархо къастош Іашшехь, цунна тІехьарчара йуха цхьаъ кхоссар йой лазавора, цхьаммо бехкениг дІа ца вуьйцура. ТІаккха догдетІий хьехархо йоьлхуш учительски чу йоьдура. Балхахь велахь директор орцах волура, ткъа иза балха тІехь ца хилча, хьехархо йастайал-лалца тхо, къаьхьа къунц оьккхуьйтуш, ловзаш ле-лара. Бакъду, 4-гІачу классехь экзамен йала-м йезара 5 - чу классе волуш. Бухабуьтурш хуьлура, делахь дукхахберш чекхбовлура, гурахь экзаменаш дІалой. Дешаран цу хенахьлера гІирс аьттехьа тера бацара таханлерчух. Школе дІасалело йезара книгаш, тет-радаш, къаьсттина хала йолу шекъадуттург а. Шекъ-адуттург нийса лаьцна, леранна лелон йезара, жим-ма раз йалахь, цунна чуьра шекъа Іана долалора. Шекъа хьакхаделла книга, тетрадь, бедар, куьйгаш бехлора. ТІаккха иза школехь, цІахь кийча дов дара, хьо бен воцуш ца хиллехь, шекъа Іенар дацара бо-хуш. Ручкина тІейуллуш йара перо, иза даима чуІитта йезара шекъадуттургана йаздечу хенахь. Перо муьлх-муьлха магош йацара №II (цхьайтта) йерг бен. Перо йух-йуха шекъадуттургана чу ца Іитта, механа тІе йоьзан бутІкъа сара хьарчош, пур-жен йора, иза йоьхкура къайлах перона кІел. ТІакха оцу перона кІелхьарчу пуржино шекъадуттургана чуІоьттича, ши-кхо могІа йоза йазлла, шекъа шена чохь латтадора. Бакъду, хьехархочо хаайелча дІа - м йоккхура пуржен. Нохчех со, сан дейишин кІант, Сапи, бен вацара цу школехь доьшуш, важа долу бераш мухІажарш биначу немцойн, курдийн, кху-зарчу оьрсийн, ткъа дукхах дерш гIиргIизойн дара. Дешар, тхо оццул ийна хиларна, оьрсийн маттахь дара. ГиргIизойн бераш йуьхьанца соьца чІогІа гам-делла дара. ХІора дийнахь тасадалар нислора тхан, амма уьш алссам хиларна суна, сан шичина алсам хІума кхетара. Дукха тІех майрбевлла уьш коча лел-ха боьлча, Мария Константиновнас директоре дІахаийтинера иза. Директора цкъа чукхайкхина дов дира царна, делахь цунах маслаІат цахилира. Цхьана дийнахь сайна эцна кІайн коч йуьйхина, цу-нах воккхавеш школе воьдуш вара со. Шича вацара соьца цу дийнахь. Со Кхарасукхал жимачу тІайх дехьаваларций, эрзаш тІехьа кІелхевшина гІиргІизойн 5 - 6 кІант дуьхьалвелира суна. Хьалха-ваьлла вогІучу онда дегІахь, йерстина йуьхь-марш йолчу Кенишбека ма воггІура сан кІайчу кучах ка-тоьхна, кач болчура чуьра йоккхуш, пхьуьйша тІе кхаччалц «цІаззат» олуьйтуш, охьайатІийра. Оццул со воккхавеш йолчу кучах тІелхиг йар ца лайнех йа денна гуллуш лаьттина оьгІазло кхехкаш кІежтийса йолайеллехь, аса сайн карахь йолу кхийра шекъа-дуттург, сайга ма-тоххало, оцу хьаьжа йуккъе ла-тийра Кенишбекана, цунна йуххерчунна книжкаш чохь йолу тІоьрмиг шозза коьртах туьйхира, кхозлагІчунна гай тІе мийра тухучу хенахь, гира суна, Кенишбек, хьаж тІера охьадоладелла цІийх куьг хьокхуш, маьхьарца дІаводуш, цунна тІаьххье цуьнан накъостий дІабевдира школе. Со цІа веара. ЦІахь ас хилларг дІадийцича, Маи соьца школе йеа-ра, цигара цІа йогІуш чиркха чудотта туьканара мехкадаьтта эца дагахь , карахь шиша долуш. Тхо школе дІакхаьчча директора элира: – Хьан кІанта шекъадуттург тоьхначунна шиша дета-м ца йоллу хьо хIинца?– – Шиша - м мехкадаьтта эца дагахь деана ас. Со иза эца сехьайолучуьра, кхузахь хил-ларг хІун ду хьажа йеана-кх, – элира нанас. Дирек-торо, вела луш, элира: – «Хьан кІентан бехк бац кхузахь хиллачунна, оцу берашна шаьш лоьххург хилла. Ша цхьанне когашкара хадийна воций хаийтина хьан кІанта. Амма цхьа хІума ду, латтар т1ехь санна, дешарна тІехь лардан деза къонахчо шен сий. Цундела дешар тІехь доьналла гайта, тахана цаваьлла латарехь санна. Кхийтин хьо, Маьхьди?» – хаттар дира соьга директоро. – Кхийти, – аьлла, ас жоп делира. Нана, мехкадаьтта оьцуш, цІа йахара, со сайн класс чувахара. Цул тІаьхьа гІиргІизойн бераш сох летачуьр севцира. Уьш сан коча ца гІертара, ткъа 5-гIа классе Эрикту колхозе тхо деша лела доьлча, Кенишбек вайн нохчийн берашца доттагІалла лелон хIоьттира.
6
Кавказах, Даймахках дерг баккхийчара дийца-рехь бен суна хууш дацара. Ткъа гІиргІизойн мохк могашаллина аьхна, хи дуьллуш хилчхьана, дІадийнарг хуьлуш беркате мохк бу. Къаьсттина дика ду кхузара хІаваъ – даиманна декъа. Іай Іаламат хаза хуьлу: шортта ло дуьллу, йекъа шело, дика ша бой гІорадо хиш. Тхуна тІехьара Кхарасук-хан боьрахь бора буто ша. Ткъа гу тІера чухахкавел-ларг салаз тІехь йа конекаш тІехь чаккхарма гергга боьра боххала охьаводара цхьа а дуьхьало йоцуш. Іай оцу ша тІехь хуьлура, Большевикехь мел долу бер, дуккха баккхийрнаш йа хехкалуш, йа гІулгех ловзуш, йа ирхкхуьйсуш кегийра ахчанах ловзуш (орёл йа орешка къастош). Советан заманахьлерчу кегийра ахчана тІехь ши корта болчу аьрзунан мета-на – жІов-марс хуьлура, цунах «орел» олура, ткъа ахчанан мехалла гойтуш, терахь тІейаздинчу агІонах «орешка» олура. Говро озош йолчу салаз тІера Іаьршаш дІадохий, оцу боьрах буса чухохкуш чІогІа самукъадолура сан шичойн; Сапин, Іалавдин а (шина дейишин шина кІентан). Оцу хенахь Кхарасукх йассайелла хуьлура, ша тІехь цхьа а воцуш, цундела йоккхачу салазо цхьа лазорна кхерам бацара, тІе салазна хьалха цхьацца агІор ши дечиг йоьхкура, иза дІасахьовзо аьтто хилийта, дечиг хьалатаІош такхийначу агІор дІайоьрзура хахкайелла йоьду салаз. ГІулгех ловзар чІогІа даьржина дара цу хенахь берашна, баккхийчарна йукъахь. УьстагІан, газинан, жимачу эсан тІехьарчу шина коган хIора голехь хуьлу цхьацца гІулг. Доккхачу гІулгах «сакха» олура, дукхахьолахь цунна чу лаладой даш доттара, иза дездалита. ГІулгех, шеанна тІера хьала, масех ловзалора. 10-15 гIулч деха цхьа доза хIоттадой, цул дехьа го хьокхуш билгало йой, оцу гонна чохь шишша йа кхоккха гIулг дIахIоттадора, б1овн суьртахь, лов-зуш волчу хІораммо. ТІаккха роггІана, баьккхинчу кхоже хьаьжжина, хьажош лаьттачу гІулгийн б1аьвна хьажош, шен карара «сакха», кхуссуш тоха-ра йа ша тІехула шаршош тІехоьцура оцу гонна йукъахь йиначу гІулгийн гIала (б1ов) йохо. Нагахь «сакхано» лаьтташ долчу гІулгех кхетта, царна го-нах хьакхначу сизал, ша тІекхетта гІулг ара-даьккхинехь, и гІулг сдаьккхина хуьлура. «Сакха» тIекхеттачун шозлагІа тоха бакъо йара, цхьа гІулч гонна улло воьдуш. Йуха цо гІулг гонал ара даьккхинехь, йуха иза хуьлура туху, кхин цхьа гIулч йуххера. Ткъа гІулгех «сакха» ца кхеттехь йа цо гIулг гонал ара ца даьккхинехь, шолгІачуьнга кхо-чура «сакха» кхуссуш тохаран рагI. Амма цо ца даьккхинехь гIулг гонал ара, тIаккха кхозлгІачо кхуссура «сакха», иштта дІахьора и ловзар. ГІулгаш ахчанах вовшашна духкура, шина шайнах (10 кап-пеках) цхьа гІулг догІура, амма «сакхин» мах лакха-ра хуьлура – кхаа соьме гІортталц. Цу хенахь, хІинца санна хІора чохь, радиош, телевизорш йаца-ра, тІаьххьарниг-м хІун йу ца хаьара тхуна. Цундела дийнахь, буса цхьаьнакхетара кегийрхой, баккхий-наш балхана мукъачу хенахь: кехатех ловзура цхьа-берш, кхъиберш пенаха кегийра ахча (кеппекаш: I, 2, 3, 5, 10, 15, 20) детташ хуьлура. 5 каппеках – шай олура, 10 каппеках – ши шай, 15 каппекх – кхо шай, ткъа 20 каппеках – эппаза. Бераш, баккхийрнаш ба-ца баоран буьрканех ловзура (лапта). БІаьстенан йуьххьехь, гуьйранна хьостамех я кулех (куьлеках) ловзура, ткъа аьхка лечкъаргех, гибарех, йа тІом барх ловзура – цхьаберш «немцой», вуьйш «совет-ски» тІемалой хуьлий. Оцу гІуллакхна тхан аьтто беш дара колхозан говрийн доккха божал Больше-вик колхозехь. Цунна гобаьккхина, дIайуьйш кхи-ийча санна, огаран (ковыль) майданаш йовлура, мелла дIалачкъа тамехь. Цхьана шарахь тхан да ко-ган хьорка лазийна, масех баттахь Іасанашца бен вола ца луш висинера. ТІаккха колхозан председа-тело иза говрашна тІехьажа хІоттийнера. Сой, сан ши шича гІодан доьлхура цунна говрашка хьожуш. Шо, ши шо кхаьчна йолу бокъий тІехаийта Іамойора оха, гена доццуш долчу оханина тІейохий Iамош йолу бокъий. Охьакхетча оханна тІехь башха лаза ца вора, тІе охана тІехь ида хала хиларна бокъий сихха кІадлой, шен букъ тІехь адам хилар ловш дІахІоттара и хьайба. Амма цхьана дийнахь кхоалгІачу шере йаьллачу бекъано тешнабехк бира суна. Сан ши шича, со дикка кхо бекъа охани тІехула хехка хихкина, уьш хІиттина аьлла хеттачу хенахь, шера новкъа девлла схьадогІуш дара йуьртехьа, говрашна даьлла хьацар дакъа до-луьйтуш. Тхо эвла кхачале делкъал тІаьхьа школера догІучу берашна тІеІиттаделира. Цу берех цхьаммо цхьа хІума тоьхнехь йа ластийнехь, йа бутано къов-зийнехь, со тІехь волу бекъа, ша йагийча санна йуь-стах кхоссайелла, цкъа цІингаш кхуссуш, йуха тІаьхьарчу когаш тІе хІуттуш, кхийсайала хІоьттира. Аьрро куьйга урх къевлина йухаозош, кхесах тасавелира со аьтто куьйгаца, амма бекъа ваьшта йан ца туьгура. ТІе нуьйр тиллина йоцуш, йайдакх цунна тІехь волу со, ветчалг санна, цунах тасавелла Іара. Амма бекъа йахана, шен дегІ нисса ирх дугІуш тІаьхьарчу когаш тІе хІоьттича, со кхеравелира, иза, со шена кІелахьарчош, Іаьркъал йожарна. ТIаккха-м цо со, пхьид санна, ведвийр ма варий. Со, урх дІахоьцуш, цуьнан букъ тІера чушершира, охьаэккха дагахь. Амма, со лаьтта кхачале, хьалхарчу когаш тІехІуттуш, цІингаш кхосса кхиънера бекъа, цуьнан цхьана коган берг сан аьрру настаран дукъах кхеташ. Бекъа дІаиккхина божалшка дІайахара, ткъа суна, масех гІулч цунна тІаьхьа водуш йаьккхича, настаре лазар хьаьдира, хечин ког хьалаоьзча, настар дукъ тІера даьІахк гучуйоккхуш, биъ пІелг биллал йеллаелла чов йара гуш. Хечин ког хьалабина, чов дІайихкира сан шичоша мераха хьокхучу йовлакхца, чевна тІеоьхула къевллина шед беш, цІий дукха дІа ца эхийта. – ХІара бу-кх и муо, – аьлла, гайтира Маьхьдис шена бераллехь хиллачу чевнан муо. Шустов фамили йолуш цхьа бежнийн фельдшер вара цу колхозехь, цхьа къаьркъан кад. Цо дІатега ца оьшу, жІаьлин чов санна дІайоьрзур йу, жима ву, даьІахкана хилла хІумма дац аьлла, цхьа тІедохка можа молха, тІехьакха мазь йелира. Цо ма-аллара, цхьана шина кІирнах и чов дІайирзира. Бакъду, ас эмалкаш Іамор дІа - м ца тесира, муххале марзделир-кха.
7
Да товеллачул тІаьхьа говраш тIехь ца витира председатела, Токхмакх олучу гІала механизато-рийн курсашка деша хьажийра, керла йевлла трак-торш – ЧТЗ, ХТЗ, «Нати», комбайнаш – «Универ-сал», «Сталинец» – царахь дерг довза, Iамо а. ХІетале со йиъ класс йаьккхина, шийтталгІа шо до-луш вара, цундела дас шена накъосталла дан сох комбайна тІехь чаохьатасархо (соломокопнильщик) вира, школах мукъаваьллачу каникулийн хенахь. Комбайно оруш долчу кІах долуш долу ча чугулдеш цхьа йоккха йаьшка йара, бухахь цунах бихкина муш, лакхахь цунна лерина комбайна тІекъевлинчу роликах чекхъйаьккхина эрина кІа чугулдечу бун-керна уллохь долучу гІанта тІе схьабалийна бара и муш. Йаьшка гІеххьа йуьзча и муш схьаозийча, йаьшка аьркъал харцара, ченан лита хьаькханачу кха тІе охьадуьллуш. МаггІара дІанисдан дезаш дара ченан литтанаш, кхоно арадохуш тІедотта йа трак-торшца йуьстах такхо аьтто болуш хилийта. Жим-мала сол гІоралахь волчунна-м хала болх бацара иза, амма, башха гІоралахь воцчу суна хала хуьлура, и йаьшка чах йуьзча йа тІеда къух алсам долуш меттиг нисйелча. ДІахарцо ницкъ ца тоара сан, аса мел чІогІа муш ийзабарх, ший ког гІортийна Іаьркъала тиеІаш. ТІаккха дега мохь тухура ас. Шена хезча-м, трактористе сигнал тухий, сацайора цо комбайн. Ткъа сан мохь ца хезаш меттиг нисйелча, тІаккха ча комбайна чохь гуллой, ча аратоттуш йолу асанаш букса хьокха йолалора, шакарца кIуьран хьожа оьйкуьйтуш, ТIаккха комбайн сацайина, ча куьйга схьаийзош йа лом туьйсуш барабан хьовзо дезара, комбайна чохь детта, кепа кхетта ча аратоттуш. Наг-гахь бен ца нислора ишта меттиг, амма со чІогІа холча хІуттура сайгара йаьллачу ледарлонна, наг-гахь велхар а оьккхуш. ТІаккха дас, дог оьцуш, хьо-стура со: – ХІинца воккха хилла стаг хир ву, кхин воьлхуш ма гайталахь суна хьо. ХІокху гуьйранна ас йетт оьцур бу вайна, тІаккха аьттан шура мийлош, вай гІора доуьйтар ду хьан дегІе! -Уггаре халаниг дара комбайн тІехь дийно сарралц батталучу малхехь, дохделлачу аьчкаш тІехь хилар, тІе даима ченан, оручу кІах долучу даххийн дахкарлахь хилар. Йовхонна хьацар даьллачу дегІа тІехиъначу ченой, даххаший чІогІа къийзавора, ткъа кийра йитллина чан хьоршам, йовхарш мосазза туьйхи, Іаьржа хатт хуьлий дІакхийсара туйнашца. Ба - м боьха болх бара иза, делахь иза бича хене валлал хІума лора - кх колхозо турденошна (100-200 грамм, уггар дукха ах кийла) хІора турденна. ХІора колхозхочунна норма йара 280-300 турденош балхахь дахар. Оцу аьхка болх дика барна, алсам йалта арарна кар-кара луш йолу цIен вымпел йаьккхира сан дас, Мухтара. ГІеххьа ахчанца совгІат деш, дикка йалта кхачийтира колхозан председатело тудденна. Ша оьцур бу аьлла йетт ийцира дас тхуна гурахь. Дуьххьарлерачу ше-рашкахь хилла мацалла гена йелира. ХІетахь хийла нене мохь биттира аса: – Маи, малх бузу хан хилла хьуна, вайна чорпа йехьа!– Иза стенах йеш йара? Куьйга хьовзочу кохьарца йа ступ (сиупка) тухуш баьккхинчу мекхан, йа кІен, йа хьажкІийн жоржах, оьрзан, йа шочан бакъийначу орамах, йа татин хІух дина дама иэдеш. Сан дена жима йуькъониг йоттара нанас и чорпа. ТІаккха дас шена, суна йоьттинарг иэйой, йоькъура. –Хьо гІоралахь хила ма веза тхол, хьо ма ву дерриге къахьоьгуш верг,– олура Маис. ТІаккха дас жоп лора: – Болх шен гІоране хьаьжжина, шен декхаршка хьаьжжина бан беза, ткъа ген дакъа массеран цхьатерра хила деза.– Цхьа ламаз ца дуьтура дас, мел йовхачу хенахь мархин бутт ца кхобуш ца Іара. Цундела со а вара 7 шо кхаьччхьана ламаз дан, кхоъ кхаьбна марха кхаба Іамийна. Бакъду, кхечу йуьрта деша лела воьлчхьа-на, суна Іама ца деза хІумнаш дукха Іемира: – ма-ларх кхета, сигаьрка оза, цІахь болчарна аьшпаш ботта, оьзда доцу дешнаш дийца марзвелира оьрсийн маттахь. Школе дІа ца кхочуш новкъахь сарралц ловза левзина, сарахь, школера вогІучуха цІа ван а. Ала деза, цу хенахь тхан классан куьйгал-хо Шубина Мария Васильевна ца хиллехьара, сох цхьа жуьлик, йа пуьтех йоьттина, паспас хилла мае-ара, дош-дош доцуш, аьлларг-аьлла доцуш. Цо, хьалхара четверть чекхйолуш, тхан цІа йеана со, соьца школе лелаш болу накъостий,– тхо ма-дарра охьадалхийра тхан цІахь болчарна хьалхха. Тхо школе доьлхучу новкъахь йара йоккха лесополаса. Оцу лесополасахь тхо Тарзанах, Мауглих ловзуш 1ара сарралц. Амма Мария Васильевна тхан дайшна, наношна т1е йеанчул т1аьхьа, сацо дийзира и болар, денна школе лела дийзира. Тхо школе даьхкина, урокашкахь доьшуш Iийна хилар чІагІдеш, Мария Васильевнегара распискаш йан дийзира хIора дий-нахь, школан штамп тІехь йолчу кехата тІехь хье-хархочо куьг тІаІийна долуш. Оцу гІуллакхо тхуна лаахь, ца лаахь, школе лелар, дешар, ловзарш дIатаса дезийтира. Сих-сиха хьехархочуьнца урокаш дІайевлча, тІаьхьа соьцуш, тхаьш ловзучу хенахьле-ра теманаш карлайаха, Iамо йийзира. Эрикту колхо-зехь дара тхан дешар 5-7 классашкахь. 7 – чаккхарма йукъ йара тхан Большевикна Эриктуна йукъахь. Цигахь бехаш 1аш оьрсий, немцой алсам бара. Це-ран бераша школе, дукха хьолахь, къаьсттина гу-рахь, Іай шайна баа хьакхин дум бара. Нохчийн бе-рашна иза жирга, боьха хетий хууш, царна хазлора – и хьакхин дум хьаькхна кхаллар тхуна дао йа цунах гІуллакх ца хилахь, иза тешнабехкаца тхуна бетаха хьакха. Оцунна тІехула, Эриктухь доьшучу кхаа ша-рахь, сих-сиха буй-тІара дар нислора тхан оьрсийн, немцойн берашца. Нохчий кІезиг хилар бахьана до-луш, дукхах йолу хІума Маьхьдиина, цуьнца кху-захь доьшучу кхуьнан шина шичина, Мажитна (кхе-ран колхозера курдойн кІантана) кхетара. Амма хІорш къар ца лора, цхьацца схьалоьцуш шайн дов-хошка «къурд» бохуьйтура кхара, котамашка санна. Школехь кхарна ботаника хьоьхуш йолчу хьехархо-чун Марина Федоровнин йара цхьа хаза йоІ, Фуфае-ва Алла. Альбина олура цунах нанас. И йоІ баккъ-алла йезайеллера Маьхьдина. Цуьнгахьа ластабора лайн мижарг, кхуссура буьрка, цунна йуххе хІуттий, иза цІа эцна воьдура, дукха хьолахь цхьаний цІахь бан белла болхаш бора цаьршимма. Бераша «жених и невеста» бохуш, тІаьхьашха мохь беттара, тІаккха хІокхо, тІаьхьаволий, дІалохкура уьш. Амма кхаьршинна вовшех самукъадолуш долу гергарло дохийра, жІаьлеша бааро, оцу хьакхин ду-мо. ХІара шиъ цІахь йелла заданеш йеш Іаш, Марина Федоровнас шен йоІе мохь туьйхира: – Альбина, там на столе поджаренная картошка и чай. Пока не остыло, поешьте. А потом закончите домашнее задание!– Нана, иза аьлла, арайелира. Альбина пеша тIехьаьдира: – Мое любимое блюдо! – аьлла, йалгІонан тІам лаьцна, чу мІара Іоьттина, хьакхин дуьмо хьандина балдаш халла меттаххьиэдеш, схьайолайелира: – Какая вкуснятина! – бохура цо. Маьхьди сихонца шен тетрадь, книжка, ручка кІаденан тІоьрмаг чу кхоьссина, шен тиша салтийн бушлат тІема кІел йоьллина, дас лелийна, кІажош дааделла, керзан эткаш чу иккхина (уьш мелла йаккхий йара цунна), кхин «досвидания» доцуш, цІа хьаьдира. Цул тІаьхьа Альбинина йуххе ца вахара Маьхьди. Делахь «здоров, здрасти» диснера кхаьршинна йукъахь. Аллас шеца гергарло леладахьара, ша кхин дуьмах батт тухур йацара-м дера баьхнера кхуьнга. Амма, «хьакхин дум багахь, хьанделлачу балдашца» цхьаъ ала гІерташ хила, йоьІан бетан сурт дуьхьалара ца долура Маьхьдина. ТІаккха кхуьнан Іеттон дог хуьлура. Иштта хедира бераллехь оьрсийн йоІе гІаьттина безаман синхаам. Алла Катина йара тхан классехь даим пхеаннашна доьшуш, къаьсттина математика дика хаара цунна. Альфред Вольфович вара МаьхьдигІарна математи-ка хьоьхуш, кхеран классни куьйгалхо йолчу Мария Васильевнин майра. Цо моссо урокехь унна тІе во-хуьйтура, йа унна тІехь болх бечунна уллохь латта-вора шен урокехь Маьхьди, ткъа делкъал тІаьхьа шайга вуьгура параграфаш Іамайайта, заданеш кхо-чушйайта. Оцу стага, цуьнан зудчо дешар дезадо-луьйтуш, цуьнан марзо йовзаре ваьккхинера Маьхь-ди, цо схьадийцарехь. Царна баркаллаш баьхна ца валлал, декхарийлахь ву ша бохура Маьхьдис царна. Цундела ворхІалгІачу классехь, экзаменашна кечам бечу хенахь, экзаменехь луш йоллу, кхо сахьт хан йелла, шина вариантехь итт-итта заданеш йелира шайна Альфред Вольфовича, бохуш дуьйцура Маьхьдис. Массо шарахь дика доьшуш схьайеанчу шина Аллас: Фуфаевас, Катинас 7-8 задани бен кхо-чуш ца йинера деллачу кхаа сахьтехь. Ткъа Маьхь-дис йуьззина шен вариантан итт задани йина чекхъйаьккхинера, шолгІачу вариантан кхин йалх задани йеш. ТІаккха Альфреда Вольфовича аьллера: –Я ж говорил вам, ребята, что Махди Муслиев к концу седьмого класса будет математические зада-ния щёлкать, как семечки. Вот вам и результат на лицо!– Хьехархочо хастийна кІант ирсе вара. Ша пхоьолгІачу классехь волуш, Бекарг (март) беттан
5-лаг1чу дийнахь Сталин велча, шайн школехь мас-со боьлхуш бара боху Маьхьдис, ткъа ша, шен ши шича, Эрису колхозера кхин ши нохчийн кІант, шаьш хелхадуьйлуш, охьатохарех леташ, самукъа-даьлла хьийзаш хилар дийцира цо. И дожал велла-чул тІаьхьа, комендантана тІелелар дІаделира, во-вшашна тІедахар марша делира. Адамашна мелла чу са дан доладелира. БархІолгІачу классе «Вознесе-новка» олучу йуьрта лела дийзира Маьхьдин. Иза дара 1956/57 дешаран шо. Х1утосург (май) баттахь 1957 шеран 25-г1ачу дийнахь МаьхьдигІеран доьза-ло кирлелочу вагон тІе шайн баккхал йоьттира, цІа дахка бакъо хиларан Іедалера кехат даьккхина, Кав-казе богІу некъ йуьхьар берзийра. Шелковской кІошта даха йара МаьхьдигІарна йелла бакъо. Гуьмсехь уьш шина дийнахь латтийра Шелковской кІошта ца бахча меттах ца бовлуьйтуш. Эххар кхоалгІачу буьйсанна милицин тидам артбелча, къайлах машен тІе хІумнаш йоьттина МаьхьдигІар шайн йуьрта бирзира. Кхузахь доьхна дайн хІусамийн гуьнаша, даьллачу къухо, йуьртахь йаьллачу хьуьно, наггахь бен дийна дисина цІа до-цуш долчу ирча суьрто тIеийцир-кх, 13 – шарахь цІа дерзаре сатийсина мухІажарш. Амма хІара дара ворхІе дайн хьацар, цІий, дилха, ларам, ойланаш, гІиллакхаш, синош шех ца къаьсташ, лаьмнех, шов-данех, бецех, диттех, Іуьйренех, суьйренех, йочанех, йокъанех нохчоллин вад цхьаьнаийна латта. Кхо дезаш, аьтто беш, дахаран хьал тодеш, ирсе деш тІеоьцург хиларх тешна вара 13 шарахь кхунах хьаьдда, оьздангаллех, доьналлех, ийманах ца вухуш цІакхаьчна массо нохчо. Дахар йухадIадоло дезара, вархIе дайшкахь доло Iемина ма-хиллара, тоьланашний, ирзошний, латта ахарний тIера. Иза нохчашна бIешерийн дахаран йохаллехь каре дир-зинарг дара. Дала гIо дойла хьан нохчийн къам нох-чоллех ца духуш ийманехь чIагIлуш, дуьненан ба-ланехь къаьстина, ирсе хилла, эхарт декъала хуьлуш, Далла дуьхьала хIотта.
Свидетельство о публикации №224082100009