Эй, тайна любви
Ц1еран суй бу пхенашкахь,
Коьрте хьаьдда йовхо а.
Х1етал-метал
Беза къурд - легашкахь а.
Къайле хьо, - хьере хьал.
Къайле йостур а йуй
Ойланийн дог1а д1алахь,
Ца бууш цхьа къера дуй?
Собар дац сецо теша -
М1аьрго, хьуна йеллехь къахь?
Муха ваха - ца иэша?
Олхазар соьх хилча
Дала, х1инц-х1инца т1ома,
Ша-шеца цхьалха висча…
Ирхене некъ телла
Х1аваах тегча г1ора,
Моттийта со ца велла.
Х1е, безам, хьо!
Тур-тапча ца доккхуш
Ахь ц1ийла карчаво.
Х1е, къайле хьо!
Хаьттина болх боцуш
Лазамех тача до…
Свидетельство о публикации №224082201343