Когда боль спешит к спасению

Х1е, лазар, хьо!
Дахаран куц…

Хьаша ву хьо мерза,
Дахьаш деъна терза,

Цуьнца уоза ойла,
Къинойн байбан бала?

Дийцахь некъера хьал,
Соьгара х1ун ду гал?

Пайда беа, иэшам;
Коста ду хьан – кхерам?

Хьо ма тийна 1аш го,
Т1етт1а г1елйеш серло…

Са-м дац хьоьца кхин дов,
Къинойх д1аайвеш тов.

Х1е, лазар, хьо!
Веза хьаша.

Хьешан г1иллакх – марзо,
Валар-висар - пардо.

Кхерам тосуш кхочу,
Эс-гуо дуьхьал тосу,

Къастаран хьаьрк х1утту,
Дахар, валар луьтту.

Беха некъ… – сурт къега:
Х1ар дуьне ахь лиэха,

Байттамалца виса,
1ожал, дахар - къийса.

Х1е, кхалхар, хьо!
Дуьненан куц.

 
 


Рецензии