Нохчаллина дог муьтiахь динарг

Муьлххачу къоман бух хилла лаьтта, уггар хьалха дика адамаш, цара оьзда кхуллу доьзалаш а. ТIаккха оцу доьзалех баьржачу цIийнан нахах кхоллало гаранаш, некъий. Эххара уьш тайпанашка боьрзу. Цара, вовщашца долу гергарлонаш ца хадош, дендо: мотт, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, Iер-дахаран кеп, цхьа мохк болуш долу къам. Иштта кхолладелла долучу нохчийн къоман истори, цо шен дахарехь лайначу баланийн, паргIатонехьа, маршонехьа латтийначу къийсамийн, оцу къийсамаша йукъаозийначу турпалхойн хьуьнаршна тIехь тидам лаьтташ бу Хамерзаев Заурбека зорбане йохучу
литературан говзаргашкахь – хуьлийла уьш поэзехь йа прозехь а. Хамерзаев Заурбек суна гергара вовзар нисделла 2004 шарахь дуьйна. Ас Куршлойн кIоштахь «Машар» газета арахеца долийначу муьрехь. Заурбекан кхоллараллин похIмаллин шовкъ айамехь йолу хан йара иза. Цуьнан дуккха стихаш, статьйаш, дийцарш, кхинйолу
материалаш зорбане йиийлира «Машар» газетан агIонаш тIехь. Оцу хенахь цуьнан йозанийн тема йуьртахойн, махкахойн хаза гIиллакхех, деналлех, нохчийн меттан йоза, дешар, бийцар массо доьзалашкахь шордан дезар, пачхьалкхан тIегIанна тIе нохчийн мотт баккха гIорта дезаре кхайкхамашца йара, вайн Конституцина тIехь дIакхайкхина ма хиллара – иза чIагIдан лаарца.  Ша, 1944 шарахь советан Iедало Даймахках даьккхинчу нохчийн къомаца, лайначу къизачу халонийн шерех лаьцна боккхачу лазамца дийцина Заурбека, ша дуьххьара зорбане йаьккхинчу «Кханенах догйовха» цIе йолчу байтийн гуларехь. Оццу темина шен, дуккха кхин болчу авторийн гулйина вовшахтоьхначу материалех зорбане йаьккхина Заурбека шен накъостаца Кайсаров Сайд–Эмица «Вечная боль нахов» цIе йолу книга оьрсийн маттахь. Цхьайолу нохчийн авторийн материалаш ша оьрсийн матте гочйина цо оцу гуларехь. Заурбекан йозанийн тидамехь ду вайн мехкан, къоман, винчу йуьртан, цуьнан бахархойн, белхан накъостийн, денна хийцалуш лаьттачу дахаран сурт. Вайн дахарехь хуьлуш долчу диканашна ала ховха, хастаме дешнаш карадо Заурбекана, цул сов нислуш долу кхачамбацарш дIадаха дан дезачух шена хетарг олу цо. Заурбека шен кхоллараллехь боккхачу тидамехь
латтош йу Нохчаллин тема. 2018-гIа шарахь цо зорбане йоккху «Нохчолла – ийманан рамза» цIе йолу книга. Оцу гуларехь цо дуьззина гойту оцу вайн къоман синмехаллин дашо чулоцуш долу дуьззина маьIна. Авторан кхетамца, нохчаллехь нисвелла стаг шен вахарехь, леларехь, ойланехь, муьлххачу дахаран хьолехь, литтина деши санна, цIена хила веза – гIиллакх-оьздангаллин, ийманан
агIорхьара шена тIехь гайта, маха Iотталла хьоькх йоцуш. Цундела Заурбека ша васт гайта йуьхьара лаьцначу адамийн нохчаллин аматийн агIонаш къагийна гойту, хIунда аьлча, ша тешна хиларна: Дала стаг, зуда кхуллуш дуьйна оьздангаллин мехаллийн хIонц чуйиллина кхоьллина хиларх, дуьненан дахарна, эхартан гуттаренна магийначу кепара. Заурбека хIинца зорбане даккха кечдинчу жайно чулацна хиламаш бу геннара схьа: Россин пачхьалкхо  Къилба-Седа Кавказ карайерзоран тIемаш болийна, инарла Ермоловн заманера схьа, Ельцин коьртехь дIахIоьттинчу Россин демократийн Iедало Нохчийчохь 1994 – 2006 шерашкахь бина ши тIом йукъалоцуш. Оцу 200 шерийн заманера дуьйна, шен воьалгIачу дена Iумарна тIера шайн доьзалш, тайпа, цIийнан нах тIехь йукъа лоцуш, д1айаьлла хан. Оцу эаманна йукъахь ду Цоци-Юрт кхоллайалар, къам махках даккхар, шен доьзал кхолларца лелла хиламаш. Цо чулоцу 40 сов къаьстийна дийцарш. Бакъду, церан сюжетан цхьаалла латтош авторан дахарца, цуьнан ц1ийнан нахаца боьзна беригге хиламаш хилар ду, уьйран зIе дийцарийн цхьаьнайоьзна йуьтуш. Дог Iовжош лазаме меттигаш йу повестехь, философин ойланашка кхевдина аг1онаш нисло. Авторан, цуьнан накъостийн студенталлин мур дог дохдеш, самукъне мурсташ кхуллуш нисло. Авторо кху повестана чу даллийна шен вашас, Аьрсмика (Дала гечдойла цунна, иза дIакхелхина 2010 шарахь) гулдина хилла кицанаш. Зорбане даьхна хилча, уьш халкъан хьекъалан кIорге йолуш хиларна, царах тIекхуьучу вайн тIаьхьене пайда эцийта, тIе вешин къахьегар эрна ца дайта. «Иэсан аненаш» киншкин дукхахйолу агIонаш, авторан цIарах, нохчийн къоме цхьаалле, барте, массо а декъадаларш дIадахаре кхойкхуш йу, къам доькъуш долу хIумнаш йуьстах теттина, бусалба динан, нохчаллин бух тIехь, Дала, Мухьаммад (I.с.с.) пайхамарехула кхайкхийначу ислам-динан некъа тIехь цхьаъ хилла совцаре. Иштта дог иркара – х1отторан ойланехь дека авторан аз повесть чекхйаллалц. Дог тешна ала мегар ду – кху киншкина чохь бийцинчу хиламаша дуккха хIумнаш карладохур ду цоцанхошна, махкахошна; Заурбекаца дешарехь, белхашкахь, вуьшта вовшен довзарехь, дахарх марзо оьцуш хьирчинчу нахана. марздийр ду тIекхуьучу тIаьхьенна шайн дIабаханчу ворхIадайн цIераш дагахь латтор, церан дахарх пайденна дерг схьаиэца, церан дахаран хьелаш иэсехь дита, шайн къоме, махке болу бакъ безам деган баьрчехь кхаба. ТIаьхье беркате йолуш, вайн къомо шен дахарехь пайда оьцуш, йозанан болх хилийла Заурбекан «Иэсан аненаш» цIе йолчу книгех.
Кацаев С-Х. А. Нохчийн Республикан йаздархойн Союзан
декъашхо, Куршлойн кIоштан «Родина героя» газетан редактор


Рецензии