Дешхьалхе
Мука, ша кхеттал хилчхьана, балхана дIавоьжна, къахьегна стаг вара. Иза шен дас, Муьслас, дуьненчу валарций, боьрша доьзалхо воцуш волчу шел воккхах волчу вешина, Хаьммирзина, дIавелла, шен девешин доьзалехь кхиънера, ур-атталла виначу нене некхе а ца уохьуьйтуш. Муьслин цу шина кIантал воккха кхин шиъ доьзалхо хилла: кIант Салман, йоI Хьалимат а. Ткъа Хаьммирзин, цхьа йоI
Тахбика бен, кхин доьзалхо ца кхиъна. Цундела бел, баьхьа, цел, метиг, марс, мангал шен куьйгех дуола, жимчохь дуьйна Iеминера Мукина. Цуьнан йиш ца хиллера хьуьжарехь йа советан Iедало дIайиллинчу школехь мегаш доьшуш чекхвала. Делахь а, халла ши-кхо класс йаккхар нисделлера цуьнан школехь. Цундела шенначулла йоза йаздан, киншка йеша Iемина хиллера цунна. Оцу хаарша цуьнан аьтто бинера механизаторийн курсаш чекхйаха, трактористан, кхин болу йалта лелош, иза чудерзочу гIирсийн говзаллаш карайерзо 1ама. Хаьммирзин ахча хьалхадалар бахьана долуш, военкомато тIаме ца вуьгуьйтуш долу кехат (бронь ) даьккхинера цунна. Йуьртабахамехь чIогIа оьшуш йолу говзалла йолуш иза хиларна - цIахь вита бахьана хиллера цунах. Йовхой, шелой ца къестош вецира иза советан Iедална вайн Нохчийчохь, махках дохийначул тIаьхьа ГIиргIизойн махкахь, цIа дирзинчул тIаьхьа Даймахкахь а шен кхузткъей пхи шо кхаччалц. ХIетте къанваларна хIоттийна пенси уггар лахарчу барамехь хилира цуьнан. Кховдо беззачу шен хенахь кхаъ кховдо Мука даго цавитарна, шен пенси мелла алсам даккхийта. Шен вирдан вежаршкахула хезнера цунна, кхаъ кховдош пенси хьаькамашка совдаккхийтар хьарам ду аьлла хилар шен устазан (Iавдин Iелин, Дала даржехь сов бахийла уьш) тIаьхьено. Ишттаниг шен устазан цIийно мага ца дой хиъча, иза шен къобалло ца йохош, сацавелира – хьарам рицкъи тIе ца кхийда. Цоци-Юьртахь баха хевшина Мукин цIийнан нах Эвтарарчу Iовдица воIда йолуш бара. ХIокху йуьртахь пхоьалгIачу дега бевлла йайбухойн билтойх, Чорин некъех болу Iаьлмирзин цIийнан доьзалш. Нохчийчохь дайшкахула Iаьлмирзин горах болу ораман йуххера лар дIакхевдаш теллича – Билтара йа Айти-Махкара йу. Ткъа гена, кIорге, кхевдича – Нашхарчу Басхара, йуха БелгIатара Билта йа Айти-Махка лар эцна боьду орам. Цигара йаьржина хуталш Хоьшкалдахула, Мелча-Хе, Илсхан – Юьрта, кхечу йарташка генаш туьйсуш, кху Цоци-Юьрта кхочу. Кху йуьртан махкахь кхиънера Мукин деда Iаьлмирза, цуьнан йиша Сайхьат, да Муьсла, виъ деваша: АгIамирза, Баймирза, Бимарза, Хаьммирза, церан массеран тIаьхьенаш а. Iаьлмирзина пхи кIант веллера Дала. Церан цIераш вай лакхахь йаьхна. Бакъду, йоьIарий ца беллера цунна. Мукина ша ваьхначу заманал хьалха шен дайша дIакхехьначу замнах йа дахарх лаьцна дийца хууш дукха хIума дацара. Амма шена иза ца хаарх башха саготта вацара иза. Мука, вай дайша олуш ма – хиллара, «мекхало», Iаьржа белхало вара. Иза шена, доьзална рицкъа лаха болх хилчхьана, кхин дIа кху дуьненахь лелош, хуьлуш долчун дуьхе кхиа ца гIиртина. Йукъараллехь лелаш долу гIуллакхаш шех, шен гергарчийн дахарх вончу агIор хьакхалуш ца хилчхьана, иза хIуманна саготта вацара. Цо тоам бора маьрша къахьега, тийна дин лело вуьтуш хилчхьана. Цу т1е шен хьацарца даьккхинчу рицкъанца ша, шен доьзал хене баларна новкъарло йеш х1ума ца хилчхьана. Цунна бала бацара Iедало лелочуьнан, наха хьехочу Нохчийчоьнан маршонан а. Амма нохчашка Россих дIакъаьстина, цхьаннех йозуш йоцуш пачхьалкх йалур йу бохучух, тешаш-м муххале вацара иза, тIе йича, и пачхьалкх вайнахе дIакхехьалур йу бохург бакъ ца дора цо. Вацара и вайн пачхьалкх хуьлийла ца лууш-м. Амма иза кхерара, дуьненан йукъарчу низамехь Iедал доцуш, урх йайна кегарий вайн махкахь гIаттарна. Ша жима волчу хенахь, советан Iедал доккхуш коммунисташа, гIаттийнарг санна, кегаре хIоттарна. Оцу хенахьлера хьал дийцинера цунна баккхийчара, цхьадолу хIумнаш кхунна шена дага догIура. Советан Iедал чIагIдеш бина граждански тIом, цул т1аьхьа обаргийн тобанаша, жоьлкийн гIеранаша, уьш схьалоьцу шаьш бохуш лелачу НКВД-ен йовссарийн ардангаша миска нах хьийзош, вайн мохк дешначу, деналлехь болчу, динан Iилма девзачу нахах, эвлайайн тIаьхьенех дIацIанбина мур дагахь бара цунна. Оцу хенахьлера хьал Нохчийчу йухадерзарна кхоьруш, вогура воккхстаг. Цундела цунна меца Iийна, цамгарш лайна, тIом, цхьа Iедал доцу IалагIожа гIатта ца лаара кху махкахь йуха а. Оцу IалагIожано вожийра сан да коьртан пха хадийна. Иза воьжна пхоьалгIачу суьйренца тхан йуьртана го лецира федералийн эскаро ткъе берхIитталгIа «зачистка» йолош. Цу буса сан ден дIавалар хилира. Иза дIаволла дезначу дийнал хала де сан дахарехь цкъа нисделла дацара йа нислур а дац аьлла, дог тешна ву со.
Свидетельство о публикации №224082501765