Ден тезет
Нохчийчохь шолгIа хIоьттинчу тIеман гуьйренан эсаран бутт (октябрь) тIебеънера. Гуьйре хаза лаьтташ йара, аьхкенан йовхо ца эшош, байчу махо гезгамаша идош, хазачу жеройх ца къаьста куц-сибат санна, духар къагийна лаьтташ дара Нохчийчоьнан Iалам. Йочанаш хьейаларна Хулло–хи лекънера. Йуьртахула догIуш чекхдовлуш Эвтархойн махкахь хи хьаладоккхуш тийсинчу татолаш чохь бен хи дацара охьадогIуш Цоци -Эвла. Йуьртахь йаьхначу гIунаш чуьра молу хи лахделлера, йокъа чIогIа хиларна. Оцу шарахь аьхка дуьйна, гIаш волавелча гал-гал вуьйлуш, корта хьаьвзий сих-сиха новкъахь уохьалахлуш, коьрта пхенаш дукъделла, цIий лелар царна чухула ледар хиларна, бала хьоьгуш вара дезткъей пхоьалгIачу шаре ваьлла сан да. Коьртан пхенаш дукъдаларна, коьрта чохь пхенех ц1ий чекхдалар ледара хиллера цуьнан. Лелош молханаш-м дара цуьнан, амма мерах цIий хьаьдча бен паргIат-м ца волура иза. Иштта цамгар йолчарна, цIий мерах хьаьдда дIадаьлча, дика ду олура лоьраша. Коьртах цIий доккхуш нах-м хилла вайн махкахь хьалхалерчу заманахь дуьйна. Амма иза даккхийта реза ца хуьлура иза шен коьртах. – «Сан дIавоьду хан йу, иэшац суна лоьраш, пхьераш, молханаш» - олий, наггахь молханаш кхуьссий дIадохуьйтура цо, мала ца молуш. Эсаран (октябрь) беттан пхоьалгIачу дийнахь, малх кхетале Iуьйренан ламаз дина, вирд даьккхина, кертахула бIаьрг тухуш волавелла, чувеанера иза. Цхьа цастар бепиг кхаьллина нехчанца, мазца тIе чайнан къурд беш: «Делан дуьхьа, ма дегI дика дац-кха сан», - олуш, шена аьру агIорхьарчу аьчган маьнги тIе охьавуьжу иза. Оцу охьавижарций аьрру агIо, мотт бийцар соцу цуьнан. Тхан йуьртан больницехь коьрта лор волу Мовлди (тхан дейишин кIант) валаво воьжначу дена тIе. Цо коьртан пха хадар (инсульт) билгалдоккху. Оьшуш долу молханаш леладо, пхенех, дилхах мехий детта, амма, цхьа хийцам боцуш, ши де-буьйса дIадолу. Лор волчу сан шичас, пхеа дийнахь –бусий дийна висахь, товаларе догдохийла йу олу. Цу цамгарца къовсадаларна тоьхна хан лору иза лоьраша иштта доьжначу адмана. Инсульт, тхан цIийнан зуьретан хIух йоьлла, тIаьхьенашка цIийца дIалуш цамгар йолчух тера хета суна. ХIунда аьлча тхан деда, цхьа деваша, шиъ дешича, тIе дейиша оцу цамгарах дIакхалхар хилла бу. Тхан деваша, деда а леш-м со жима хилла, цундела уьш балар бах-бахарца бен сан иэсехь ца дисна. Кхиберш оцу цамгаро дIабигаран со теш ву, хIунда аьлча царна Йасин доьшуш, гонах хьийзина хиларна. Бакъду, уьш цхьа а, сан шичас (лоьро) ма-аллара, пхеа дийне ца бевлира ца леш, эгна меттахь бисиначул тIаьхьа, цхьа дешича йоцург. Иза берхIитталгIачу дийнахь кхелхира, цуьнан цхьа меже ца сецнера, цхьа мотт боцург. Шен йерриге къайленаш Дала адмана йаьстина цахиларан билгало йара, тхан дешича ца леш берхIитталгIачу дийне йалар. Делан керахь бара воьжначу сан ден, цунна тIехьийзачу сан, сан уггар жимах волчу вешин, сан шина кIентан, тхан ненан-йокхстеган кхолламаш. Дан накъосталла йа гIоле йоцуш, гонах-м хьийзара тхо. Ша дIакхеттачуьра кхин метта ца вогIуш, дууш хIума доцуш доьалгIачу дийне велира да. Ма дукха гIийла ойланаш хьевзира коьрте: шо хьалха сайн дел жимах волу деваша кхалхар, кху дIабоьдучу тIамна йуккъехула хIара, кхин т1е а доьхна хьал нислуш хилар, чIогIа Iаьткъинера суна. Вахар - вар маьрша доцуш, деваша Джалкера Цоци-Эвларчу кешнашка валийра оха, дай баьхначу йуьртахь д1аволла аьлла цуьнан весет хиларна. КIеззигчу нахаца дIаволлар нисделира цуьнан, некъахь массо блокпосташкахь тхох чекххьоьжуш вай «марша даха баьхкинарш» болуш. 1аьлмирзин цIийнан пхеа вешин доьзалех дийна висина сан да, цуьнан воккхах волчу вешин, Салманан кIант Мохьадди бен, кхин цхьа ханна воккханиг вацара. Да дIавалахь цIийнан воккхалла, жоьпалла тIедожара суна. Цундела Деле хIора ламаз тIехь дечу доIанашкахь доьхура аса, агIо сецна, да дийна витар. Гуьйриг хилла висна, са чохь оьшура суна иза. Иза волуш суна со кхерамашна, гIайгIа-балийна дуьхьала боьттинчу пенна тIехьа хетара. Со кхузткъа шаре гIорттиншехь, суна со къона, нуьцкъала хетара ден Iуналлина кIел волуш. ХIинца и дерриге хаьрцина доьдуш дара, цхьа Дела воцчуьнан – иза сацо ницкъ боцуш. ПхоьалгIачу буса хьажар тидаме доьрзуш, садеIар дайделира (цул хьалха «хар-хир» деш дара садаIар, сих-сиха бага дашийна киса хьоькхуш). Аьтту куьйган пIелг тховх хьала хьиэжош, цхьаъ тхоьга ала гIерташ санна, уьшарш йеш хеталуш, хийцавелира иза. Да хийцавеллачу суьйранна тхан йуьрта чу, гонаха федералийн эскар доьссира, кеманаша йуьртана тIоьхула гонаш туьйсура цIенойн пенаш, кораш дегош. Хорша хьаьхча санна, хьераваллал бала бара соьга боьссинарг. «Инна лиллахIи ва инна илайхIи ражиIун вальхьукму лилЛахIиль Iаллиййуль кабир» – бохуш, Деле собар доьхура аса. Оцу буса Йасин, кхин долу КъурIанан айаташ дешна, со воллушшехь, цкъа-шозза тховх кхозучу чиркхе хьаьжжинчохь, тхан ден бIаьргашна тIе марха йужуш санна, хийтира суна. Куьг Iоьттича когаш шелбелла карийра. Сан бIаьргех дуьйлу хин тIадамаш цуьнан шелделла далазчу дегIа тIеIенаш дара. Айса дечух дика кхеташ воцуш, дIанисдира ас сайн ден куьйгаш, когаш, беллабелла лаьттачу бIаьргашна тIететтира негIарш, дIачаьгIначохь лацадалийта пIелгашца сецош. Йуха, гатанца шед беш, дIайихкира чIениг, йелайелла бага дIачIогIуш. Цул тIаьхьа хаийтира тхайн нене, веше, берашка да дIаваьлла хилар. Моллин, цуьнан накъостийн кара вахале оха лийчира тхайн да. Оцу буссехь гонахарчу керташка хаийтира хилларг, амма йуьртахула, цул дехьахула салташа ког ца боккхуьйтура. Оцу буьйсанал, тIедогIучу дийнал со холча хIоьттина мур сан дIадаханчу дахарехь йа йаккха йисинчу хенахь хир бу моьтташ-м вац со цкъа. ДIасахьажо, хIара де, и де ала накъост вацара суна кертал арахьа хьовза. Деца кертахь волу ваша (Элбек) Оьрз-ГIалахь (Червлённехь) прописка йолуш вара. Воккхах волу чуьра кIант, (Наурбек) Соьлжа-Г1алахь Iаш ву аьлла, йазвина вара паспартана т1ехь. Иза мацах «Красный молот» заводехь балхах волуш, цигарчу йукъараIойлехь «прописка» йаррах висина хиларна. Милицехь балхахь волу ваша (Асланбек) цIахь вацара, шен доьзал бадийна Г1алмакхойн махкахь хиларна оцу муьрехь. КхоалгIа ваша (Аьрсмик) Теркал дехьахь Iаш вара шен доьзалца. Ткъа йижарий (уьш кхоъ йу тхан) – цхьаццанхьа марехь бара, шайн доьзалшна хIун дийр ду ца хууш, уьш бовдийна лелош. Оцу дийнахь сайна тIехь лайна аса, адам дIадоллар мел хала, онда белхий безаш барам хилар, нах ца хилча и барам шена бисча хиндерг ловш. Адмаша вовшен мел пусар, ларам бан безаш хилар, хиира суна оцу дийнахь. Цу дийнахь накъосталлина суна милла мегар волуш хьал дара,– иза муьлххачу тайпана, вирдехь, къомах велахь (со-м цкъа ца хилла уьш къестош). Дакъа лийча дина, марчо хьарчош, докъан ламаз дина, иза лахьте дерзо кечамна молла везара. Амма цуьнга ала, кхайкха ваха маьрша дацара. Урамаш дIалецначу салташа ког дIа ца боккхуьйтура. Кешнашка каш даккха нах бигар хьеха ца дойтура. Тезетана зуькаре нах кхайкхар-м дуьйцила йацара. Ткъа велларг дIа ца воьллича ца валара. Да дIаволла некъ баккха йа вала, Далла тIе болх буьллуш, нийат дина, тхайн кертара йуьртарчу боккхачу новкъа велира со, «Ла хьовла вала», «Лакъаджаакум» доьшуш.
«Вухавала, герз тухур ду аса, бакъо йац урамашкахула лела. Саца, къано!» – олу некъал дехьа лаьттачу салтичо, автоматан чаппагIа йулуш.
«Эскархо, суна шун коьрта инарла оьшу. Сан да ву дIаволла везаш. Шун хьаькамна тIекхача везаш ву со. Ткъа ахь вехь, со ирс долуш хетар ву суна, тIеман балех волуш, сайн деца цхьана эхарта ваха некъ хIоттарна. Мичахь лаха веза аса шун инарла?» – хотту аса, цуьриг салтичо тIелаьцначу герзах оза ца луш. Салтичо герз охьадохуьйтуш, олу:
- Некъана йистехьа тиэIаш, тIай долчухьа гIо. ТIайл дехьахь некъаца йолчу школана хьалха хила мега хьуна ахьа лоьхург».
Цхьана хенахь туьканаш чохь хиллачу гIишлошна тIехваьлла, биъ некъ къаьстачухула аьтту агIор маьждигехьа со дIавирзича, хьалавогIучу, хьалхара зуькар олуш, нах дIабухкуш лелачу зуькаран тобанан тхьамдина, Бугхьажин Iабдин Хьамзатана, тIекхочу со. Иза суна хьалха школехь доьшуш волуш, хьалакхиъна жимстаг вара, шен дегI дуьззина деналла, ийман, нохчолла долуш. Хилларг цуьнга хаийта охьавирзина вара со. Хьамзата, аса арабаьккхина некъ шена бовзийтича, доIа деш соьга кадам бина, ша вогIу хьоьца элира оцу инарлина тIе. Йуьртана го лаца болийначу суьйранна, йуьртан къанойн Кхоьлана йукъахь болчу цоцанхоша (царна йукъахь вара Хьамзат а) барт бина хиллера, йуьртдеца цхьана го лаьцначу федералийн куьйгалхочуьнца школана хьалха, Хулло - хил дехьахь, вовшашца дагадовла цхьаьнакхета. Тхойша кхин башха дуьхьало йоцуш, кехаташ хаттар бен, дIакхечира воьдучу. ТIайл дехьахь, Хулло – хица силаман некъана лакхахьа, лахахьа агIонашкахь, бердаца лаьтташ шиъ БТР йара. Некъана лахахьа агIор, ГучиговгIеран мойка, кафе, аптека чохь лаьттина, хIинца йохийначу гIишлонна хьалха лаьтташ инарлин, «УАЗ» олу, машен йара. Хьамзат, со маршалла хоттуш тIевахара инарлина. Хьамзат вевзина, куьг лоцуш, цуьнца тIекаре велира инарла. Иза, Советан Iедал дохале, Шелахь танкаш гулйинчу частехь – танкодромехь, эскаран гIуллакххочун декхарш кхочуш деш Iийна хиллера.
- Хьамзат, ахьа шайн эвлахь тIемалой-бандиташ бац бохуш чIагIонаш йора, ткъа уьш шун йуьрта чуьра, эвлал арахьа долчу тхоьга маьттаза хIумнаш дуьйцуш, тхуна шайн кийрара дерриге дIовш багахула, эфир мел йу, тIеIеттош 1аш ма бу сахиллалц. Цунна хIун эр ду ахь?» Хеттаршца тIевирзира иза, оха шега цхьа дош алале.
«Уьш цхьа бера-тIорзанаш хир йу хьуна, - цхьа цIе-м йаьккхира Хьамзата инарлин, - ахчанах, рацех, машенах Iехайелла лелаш. Корта болу тIемалой йуьрта, цунна гонаха хьийзар бац, эскаро го лаьцначунна-м муххале. Ткъа шаьш ца дендолчу хIуманца эрна багош йетташ болу зуламхой гучу бохуш, тхо шуна накъосталла дан схьагуллуш ду-кх», - олий, Хьамзата аса беана сингаттам дIахьахабо инарле. Вайна йукъахь Iийна, вайн гIиллакхаш довзарна хилла хир дара иза, инарлас кадам беш элира:
–Адам далар, делча дIадерзо дезар дахаран киртигаш йу. Тезетан барам, велларг дIаверзош, аша мел экам лелабо, хаьа суна. ХIинца соьгара хIун гIо оьшу хьуна, аьлла, тIевогIавелира иза суна.
«Суна кешнашка боьду некъ (хIара вай тIехь лаьттарг бу иза) маьрша хила безар бара: каш даккха нах бига, дакъа лахьте дерзо шовзткъа – шовзткъе итт стаг тIехь автобус йига, чурт схьадан маьждиге боьдучу некъахула дIасаваха». Оцу хенахь кху тIайн йуьххехь схьагулло йуьртан Кхоьлан декъашхой болу къаной, йуьртда а. Йуьртден карахь-м цу хенахь «туьха доьхку дацара», вайн къомо ма – аллара. И ша ларлуш, лечкъаш лелаш зама йара иза. Ма-тов ца хилча, ма-торру, аьлла дайша. Ишттачу хьолехь хилира сан ден дIаволлар а. Делахь, оццу дийнахь, шен кошахь хир йолчу хIусаме дIаверзар-м нисделира цуьнан. Оцу дийнахь суна тезетан белхех баьхкинарш тхан йуккъера гуной бара дукхахберш. Дела реза хилийла царна, со дийна мел ву, ас лорур болуш нах бу уьш. Ураман некъашкахула дIасадохуьйтуш доцушшехь, бошмашкахула лелачарна тIе герз тохарна кхерам салташкахьара шайна болушшехь, уьш нехан керташкахулий, бошмашкахулий суна орцах баьхкинера цу дийнахь. Иштта хIума бусалба болуш, деналла долчаьрга бен далур долуш дацара. Минкаилов Iусмана, Эдильханов Рамзана, Халадов Жандара цаьршинна гIо деш лийча вина, кеч вира сан да. Эдильханов ГIеза-Хьаьжас, Бугхаджиев Хьамзата хьалхара олуш, зуькар дина, маха бира гулбеллачара. Иризиев Муса, Ахмадов Iалви коьртехь волуш, кертара кегийрхоша каш даьккхира. Йуьртахь дIайоьдуш «зачистка» йолуш, цхьана автобус «Пазик» тIехь оьшу гIирс, нах бигира (коша гонах сураташ деша, бIе зукар дан а). «Жигули» машенна тIаьхьатесна прицепана тIехь барам сецош 6-7 стаг вуьгуш, чекхдаьккхира кешнашкахь дерг. Автобусца накъосталла динарг Ханмагамадов Адам вара. Дала гечдойла царна, тахана бакъ дуьненахь бу царах дукхахберш. Прицепца «Жигули» йалош веанарг Наибов Шемал вара. Оцу дийнахь санна, накъостий эшна де кхин догIур ду ала, хаац суна. Дала цхьанне ма гайтийла иштта холчахIоттар. Кешнашка нах бигар, чурт схьадар, автобус йалор, кадамна нахана дуьхьал хIиттар – дерриге сайна диснера суна, хIунда аьлча сан йуьхь гича бен, цхьа дIаса ца вохуьйтура салташа. Ткъа со хIоранна (салташна) къежаш, несалла лело дезаш вара, сайн тезетан барам чекхбаккхархьамма. Да дIавоьллина кхолагIчу дийнахь йуьртан го дIахоьцуш, дIабахара салтий, амма уьш дIабахарций чубаьржира талорхойн бIо. Федералаша оцу «зачискехь» йуьртара дуккха нах йетташ хьийзийра. дIавигна берхIитта кIантах, бархI тIепаза вайра. Йиттина, лечу холехь, маьI-маь11ехь охьакхийсинчу иттаннах – шиъ велира, вуьйш цхьацца дегIан заьIапаллийн сакхташца кху къизачу дуьненахь, хьегIаш, гIийла бIаьрг бетта бисира, мостагIчунна бекхамна дог Iийжарца тийжаш. Дика ду-кх Дала вайн мостагIашкара чIир оьцур йолуш, бекхам бийр болуш. Оцу дегайовхоно синтем луш, Дала дуьненахь йисна хан йаккха собар, деналла лойла Нохчийчоьнан массо заьIапхочунна, кIентех къаьстинчу массо дайшна, наношна а. ТIамо кхолийна стигал йекхайойла Къинхетам, Ницкъ а шегахь болчу Дала. Кхин цкъа а ма гойла вайн махкана, къомана тIамца, цамгарийн уьнца, Iаламан карзахе буьрсаллашца боьссина бала. Дала маьрша дахар латтадойла кху махкахь абден абдаллалц. Амин. Дешархо, дагна IаьтIкъинарг йа иэсо хьалха теттинарг ас къамелана йукъа далорна, суна бехкаш дахка ма сихлолахь, вай долийначу къамелан тай хедаш хIума дац хьуна иза. Вайн цIийнан нах, доьзалш, йуьртахой йукъахь болуш лелла белхаш, царна йукъахь хьийзаш лаьттина дахаран сурт карладаккхар йу вайн дагалецамийн Iалашо. Оцу къилбанан некъах ца духуш дIахьур ду вай вешан къамел. Наггахь йуьстах дийларшка вай ойлано дуьгуш меттигаш нислахь а.
Рецензии
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь