Аненийн дозанашка иэс кховдор

ВорхIалгIачу суьйранна, пIерасканан дийнахь, малхбузу ламазаш
диначул тIаьхьа, тIаьххьара Йасин дешна, дIабирзинера Iумаран (сан воьалгIачу ден) тезетан барам. Йесане веанчу масех стагана бежанан чуоконан атарш чуйоьхкина далланаш, керташкахь дIадекъа ахьаран хьаьвлан межаргаш кечдина, царах кхиношкий, несаршкий, луларчу зударшкий дезарш дойтуш хиллера (сан кхолагIчу ден, Iаьлмирзин, нана) Сайхьат. Сайхьат цу хенахь ткъе шиъ шо кхаьчна, Эндарера схьаваьллачу Воккхачу – Хьажин (Ташов-Хьажин – Дала даржехь сов ваккхийла иза) бIона йукъахь, Россин паччахьан гауршна дуьхьала бечу тIамехь, цIийнада вийна, йисина жима зуда хилла, пхи шо кхаьчна кIант (сан кхолагIа да), цул шо жима йоI йолуш. Оцу шина берана (Iаьлмирзина, Себихьатна) шайн да кхелхиний, шаьшшиъ байлахь дисиний хаъал синкхетам ца хилла. Ден тезет лаьттачу деношкахь шайн нанна Сайхьатна, деца Жанатина тIеоьху зударий боьлхуш, массара «Дала гечдойла, гIазот къобал дойла» бохуш-м гуш, хезаш хилла цаьршинна. Амма мела ладар хилла деца йоьлхуш йелахь, шайн ненан бIаьргех хин тIадам болуш ца гора берашна. Шайн нана йа йоьлхуш, йа йоьхна ца гича, шина берана шаьш кегий хиларна, хаалуш бацара шайн керта беанчу бохаман къаьхьа чам. Дийнахь марзхошна, арахьарчу нахана хьалха чIиркъ ца боккхуш йа буса шен шина берана ша холчохь хилар туоса ца долуьйтуш, садеттара Сайхьата. Амма буса, бераш набарна хьашаделлачул тIаьхьа, шен кийра бассабора цо, доггаха йоьлхий, бIаьрхих йассалуш. Шен цIийнаден, Iумаран, тезет дIадирзина ах шо даьлча, Сайхьат, тIеман шераша дакъаза баьхначу шен марзхошна шех, шен шина берах бала цабархьамма, шайна йукъахь дагазло ца хилийта, хаза, экамчу маттаца марзхошна там беш йистхилла, шен ден цIа йирзира шина бераца Илсхана-Юьртара, ЦIен-Iине цIе йолчу кIуотара, тIейогIучу хенахь хир йолчу Цоци-Эвлан махка тIе. Хулло-хица, шовданашца дуккха хилла кегий кIуотарш цу хенахь. Сайхьат харачойн тайпанах йара, ткъа ЦIен – Iинехь туп тоьхна, Iар-дахар долийнарш кхуьнан цIийнан нах бара. Оцу хенахь Хуллоца, гонахарчу шовданашца ткъайахха сов кIуотар хилла маьI-маь11ерачу, оьрсийн эскарша шайн вархIедайн туьшара бохийна лелачу, нохчийн тайпанаша, паччахьан Iедална кIел ца совца гIерташ, йехкина. Эвтарал лахахьа Хуллоца йехкина йолчу кIуотарш. Царех кхоллайелла имам Шемалан заманахь Цоци – Юрт. Цоцин кIуотарна гонаха кхин йолу йерриге кIуотарш цунах схьакхелхаш. Сесанара Воккха – Хьажа, ЦIонтарара ШоIип-молла, ДаьргIара Жовтха, ГIоьрдалара Удди – молла, Бенара Солта-Мурд, БойсагIар а – уьш берриг, оьрсийн паччахьан эскар вайн махкахь чIагI ца далийта гIерташ, шайн синош бусалба динан, нохчийн къоман, Даймехкан маршонан гIазотана дIаделла нах хилла. Сесанарчу–Хьажин тобанан бIаьхо хилла, керистанан дIаьндарго ша вожаваллалц тIом бина Iумар, сан воьалгIа да. Цуьнан кхалхар нисделла 1839-г1ачу шарахь, бIаьста, туьркийн, Iежийн а заз даьттIачу хIутосург (май) беттан хьалхарчу эхангахь. Шоьна-Юьртана йуххехь мостагIех тасадалар нисделлачу меттехь (Коьжалган дукъ) олург хила мегаш йу иза, шен ткъе уьтталгIа шо долуш хила Iумар. Цу тIамехь мостагIийн герз тоьлларг хилла: курпалш олу, ламанан йаккхий тоьпаш, тIе нохчийн мажар - тоьпел, мелла дIаьндарг дуккха гена тухуш йолу пхоьаза йолу тоьпаш тIехь. Цундела оьрсийн салтий, ца бевлла бен чукаре йечу, тасабаларе ца бовлура нохчашца. ХIунда аьлча чукаренан тасадаларехь кавказхой тIах-аьлла, каде бара, мостагIна йахь луш бацара. Оьрсаша цкъа йаккхий тоьпашца, хIоъ-молхий ца кхоош дIашарйора вайн йарташ. ТIаккха, йохийна, йогуш йолчу йуьртана го лоцура, шайн гонна йукъахь бисинчу лазийний, чевнашна кIелхьара ца бовлалуш бисиний болчу пекъаршна тIелатара. Амма цу пекъарша кхарда ца вора шайх мостагI, уьш, цергаш йоьхкина, дуьхьало ца йеш ца Iара гауршна. Йоккхачу тоьпан хIоьан гераго, оцу дийнахь Iумаран, белш ма-ййу, атту пхьарс, аьтту коган, хьорка ма-ййу, кIажа баьккхинера. Амма уггаре ца торуш дерг дара, кхуьнан говран, когаш кIел иккхинчу хIоьо, йерриге чоко охьахоьцуш, и хьайба дожор. Цунна шаьлта хьакха дийзира – иза, Iазап хьоьгуш, кIиза ца йалийта. Дисинчу куьйга шаьлта лаьцна, могаш кога тIе дегI даздеш, дуьйцина зIарех йиначу лаппагIийн пенна тIетевжина, нислуш, мостагIашна дуьхьала вирзира Iумар, мостагIий куьг кхоче тIебахкаре сатуьйсуш. Ша-шена «Йасин» деша долийра цо. Цу хенахь шозза топ йолуш а, шен некхах цIийдина ов  чекхдоккхуш санна, хийтира цунна. Дуьне, хьеран тIулг санна, хьаьвзира, бIаьргашна дуьхьала марха хьаьдира. ХIара чIогIа хьагвелла цхьана хин лекхачу бердаха чухахкавелла, хи тIе кхаччалц керчина вахара. Дисинчу куьйган кани чохь эцна, кхузза хин къурд бира кхо, хьогалла йайра. ЦIеххьана буькъа бода хIуттуш буьйса йуьйлира. Оцу бодашкахь дIахьоьжуш къаьстира Iумарна, латийна йогуш йолу йоккха цIе. Цу цIарна гонаха хевшина Iаш бара гIазотехь кхелхина бIаьхаллин накъостий. Царна йукъахь шен шича Адам, лулара Висита, ненан да Айдамар, доттагIа ТIаьхIир а гира цунна –  цара шайна тIевоьхура хIара. Шена гуш долчух кхаъ хилла, «хIорш-м дийна ма бу боху ойла иэсе хьаьдда», царна тIекхача, сихвелла, дIахьаьдира Iумар. Амма хIара тIекхачарций цIе, гонахара накъостийн тоба – кхуьнца цхьаьна гучура йолуш, аьхна тийналла хIоьттира – гуттаренан тийналла йара иза. Берийн да кхалхаро дуучу рицкъех йухатоьхнера Сайхьат, йуучун чам байнера, Iевшинарг логал чоьхьа ца йолура. Набарна тIеттIа доьлхуш бIаьргаш дацара, дегI дено - дено гIора эшош доьдура. Цуьнан дуьненна белабелла, малхехь къегина аьнгали санна, лепаш хилла йоI-бIаьргаш кхоьлинера, милт чуоьзначу чиркхах тарбеллера, гиччошна тIейаьхкина Iаьржачу месийн чIагаршна йукъахь кIайн хьесий гучудевллера, йуьззина-горга хилла беснеш, цIоьллех тIехь хIумма ца хаалуш, чуэгнера, чIениг, марий, бIаьргийн даьIахкаш а, малхо йеттинчу некъара хоттан гIорзанех тарлуш, йуьхь эрча йоккхуш тIеевллера. Невцан тезет дIадирзича Сайхьатан девежаршна –ТIаьхIарна, Увайсана шайн вешин йоI шайца дIайига лиира. Цундела цара цуьнан марзхошка (шайн невцан шичошка – Сайдал – Бадале, Тойсаме, кхечу верасашка а) шина бераца вешин йоI шаьш долчу дIайига пурба дийхира.
Сел цIеххьана, дакъаза йолуш, эшначу шайн несах къахетта, уьш дуьхьала ца бевлира захалойн дехарна. Цхьабакъду, Сайхьат ша реза ца хилира, ден цIа йирзина, шен дегIана там леха. Ца лиира цунна шен берийн марзо дехошца хера йаккха, шайн безаман туш  хилла лаьттинчу хIусамах, йуьртах иштта сиха пе тухуш, къаста. Сайхьатан девежарша кхуьнан даьхкертан го къевлира, божалара хьаьвда цIиндира, даго дечиг, хьакхо ахьаран гали деана, шайн цIа бирзира, хIора кIиранах роггIана кхаьргара хьал-де хаа Илсхан-Юьрта богIуш.
.


Рецензии