Луьрачу хенан дахар

БIаьрла, башха дIоггара бахамаш болуш-м дукха доьзалш бацара йарташкахь, кIуотаршкахь, тIе къаьсттина Илсхан-Юьртахь. Маьрша, ког хецна, тIаьхьалонна аьлла хIусамаш, керт-ков денйан гIерташ да вацара,  чIагIдала гIертачу оьрсийн Iедалца тайна йа цуьнгара цхьа дарж нисделла наггахь верг воцург. Сайхьатна бисина бахам эхI-аьлла бацара: тхов тIе латта тесна ши чоь йолу, дуьйцинчу серех пенаш дина, цIийнан лаппагIа, кхо-йиъ бежана чутарлуш божал, даьхкерт, цхьа алаша, ворда, шим бина гомашан дуьхьарг а. Ткъа йетт – цIийнадена сагIийна тIаьха баьккхинера. Марзахойн доьзалш шайн-шайн цIенош чохь белахь а, керт-уьйтIе цхьаъ йара йукъахь кхеран. Марзошлахь жимахверг вара велла Iумар, цундела Сайхьат, кхиношлахь жимачуьнгахь йерг хиларе терра, кертарчу цIанонан, хьадалчийн гIуллакхаш шена тIе алсам лаьцна лелаш йара. Бакъду, кхуьнан кхиной: Маи (Тойсаман хIусамнана), Баца (Сайдал – Бадалан зуда) оьзда ши стаг йара. Цаьршимма шайна хууш, атталла шайн берашка, Сайхьатна, цуьнан шина берана новкъарло йойтур йолуш йацара. Дан деза гIуллакхаш шайл жимачу кхинан коча тесна дитина ца Iара ши зуда. Бен – берса кхача кечбар нисделча, чу ца кхойкхуш йа иза вовшашна ца кховдош ца Iара уьш. Шайн берашна чул хьалха тIедуха, кога духа оьцура Сайхьатан шина берана: Iаьлмирзина, Себихьатна. Иштта Iер-дахарехь кхин хийцам боцуш дIабелира Iумар веллачул тIаьхьа аьхкенан кхо бутт. ХIора Iуьйранна, малх схьакхетале, бежнаш оьзначул тIаьхьа шайн ворданаш йужий, берашций ирзош тIе боьлхура кхиной хьажкIашна, кхоьашна, гIабакхашна асарш дан. Шайн кхаш тIе дIакхаьчча, говрашна барголаш тухий, коьллийн боьлака уьш йажа хоьций, боккхачу кхура кIел баржийначу палса тIехь бераш дуьтий, царалахь даккхийчарна кегийчийн доладар тIедожадой, кхо зуда шайн кха тIехь асаран мур баккха хуттура. КIуотарел арахьа наха ирзош даьхна меттигаш маьI-маь11ехь шовданаш дийлина, цу шовданийн хьастех  гулделла татолаш Мичигах дIакхета охьахьолхура. Кхеран ирзошна гена доцуш дара иштта кхолладелла шовданийн татол. Оцу татолна чуьра, йоккхачу туьтех  йиначу сурийли  чохь, хи оьций, малх гIушлакхе  баьлча, ламазаш деш, делкъе йан гуллора кхиной берашца. Кхо кIант, бархI йоI - цхьайтта бер дара кхаьрца шуьне хууш. Дукха хьолахь цу хенахьлера даар дара сискал йа тIоьхала тесна мижаргаш (ахьаран тоьпаш  олура царах). Уьш даара кIолдаца, муьста йа тIо тоьхна берамца, кIалд-даьттанца, дакъийна жижигца йа дуьмаца. Жимачу берана, тIарамаIийн  меттана, аганан гIожах тесна думин цуьрг ц1уббойтуш хилла, цундела бер жима долуш дуьйна дулуш хилла дерстинчу жижигах, дуьмах а. Оцу хенахь вайн дайшна пайдаэца хууш хилла Iаламо схьалучу рицкъанийн сурсатех. БIаьстенан йуьххьехь хьонкех жахар бора, хьонкин мачех (орамех) кIуон берам кечбора, Iаьрчеш хичу йухкура йа йакъайора. Хьармакан (шиповникан) орамах, стоьмех, гIодах тIехь чай кечдора. Элхьамчаш, хьуьнан кхораш дакъа дой, Iаьнна дIадохкура, мичча хенахь царах кампот кхехко таро хуьлуш. Бакъийначу кхорийн, дика кхаьрзинчу хьажкIийн охьий, цу  Iаьнна дIабуьллуш хилла. Хьалхарниг (кхорийн цу) чоь качйеллачунна дарба ду, ткъа шолгIаниг (хьажкIийн цу) хица хьакхош межарг бичхьана, кийчча, токх болуш, кхача бу. Буьйда йоллуш йууш хилла шовхалдеш, чIимаш, хьуьнан цIазамаш, мангалкомарш, диттан комарш, IаьIан орамца цуьнан буьйда гIад, эмкалан баIан буьйда гIад, балгаш , боьш , стеш, хьуьнан бIараш, буоча бIараш, массо тайпана стоьмаш, нитташ.
Даьхнин шуьрин сурсатех: морзех, кIолдах, тIайх, шерах, даьттанах, налхех, нехчанах, йоькех дезар дан хууш хилла. Цундела цу хенахьлерчу нахана тахана вайна йевзина цамгарш йевзаш ца хилла, уьш вайл могаш лелла. Уьш Iаламо кийча схьалучу рицкъанах пайда оьцуш, Iаламах ийна, цунна хера ца бовлуш, шаьш-шайна кхаш тIехь, Делан пурбанца кхиийначу, Дала Iаламе кхиадайтинчу рицкъи тIехь бехаш хилла, цунах тоам беш. Цундела могаш хилла, цомгашчунна дарба Iаламерачу бецашца, стоьмашца, ораматашца лелош, йоккхуш хилла дуьненчохь цара хан. Делкъе йан кхо нана кхура кIел йеача, берийн самукъадолий маьхьарий довлуш хилла:
«Суна йоьхь лур дуй ахь, нана?», «Суна нехча йеза!», «Аса-м жижиг дуур ду!».  «Шийланиг хи дай ас сурийли чохь шовдан тIера?»,– олий, Сайхьат хи дан йоьду. «Йерриг шуьга йоуьйтур йу, массарна йеззарг кхочуьйтур йу. Нанас хIинццехь дузор ма ду шен бераш», – бохуш, йуург йукъахьарчийна шаршо йаста хуттура Маи. Бацас бераш шина тобане доькъура – зудбераш шаьш, кIентий шаьш охьаховшуьйтуш. Берийн да дийна волчу хенахь а башха йуучунна тIера йоцу Сайхьат йуьстахо охьалахлора, хи чохь сурила охьа йуьллуш. Сайхьатан коьрте, дог делхош, ойланаш хьийзара.
Диканан дакъа ца гуш, даима дуьйлуш, лелхаш, дахар хадош долчу герзийн Iалашонна кIел Iер-дахар чекхдолуш, шайн 30-40 шо кхачале маршонан къовсамо Iожалле кхийдочу нохчийн къонахех, шен цIийндех санна, къахетара цунна. Оцу ойланаша дог даьккхинера дерригенах, логал чоьхьа ца долуьйтура рицкъа, сица хорам латтабора, бекхаме кхойкхура даг чохь кхехкаш болу массо цIийн тIадам. Амма бекхамна ницкъ бацара. Кхаш тIера асаралла дукха дебна вара мостагI, ткъа холкъалахь боьхнера барт: Даймохк дIацIанбарна тIехь гаурех. Оьрсийн Iедало кхийдочу шайн мехкан лаьттах, ахчанах, хьаькамаллин даржех–Даймехкан, къоман а маршо йоьхкина, мостагийн гIоьнчий дебаш бара йукъахь. Хьошаллица, къинхетамца вай тIелаьцна, ваьшлахь кхиош дебийначу, кхечу къаьмнех «схьабевллачу нохчашлахь» къаьсттина. Цара гIо дора оьрсийн паччахьан эскаршна айкхаллица, тешнабехкаца, йамартлонашца, халкъана дуьхьала тIеман тобанаш кхолларца. Тешнабехкаца вейтира, иштта схьакхеттачу нохчаша, кхуьнан цIийнден тайпанах, гена далаза гергарло долуш волу, махкал арахьа сийлахь цIе йахана волу, мостагIаша лоруш хилла, Таймин Бийболат. Иза-м халкъан иллийн турпалхо хилла висна къоман иэсехь. ЦIийнда веллачул тIаьхьа-м Сайхьата, ша мацалла охьа ца йожжал бен, рицкъа кийра дохуьйтуш дацара. Иза хууш шина кхино, муьлхха бахьана хьовзадой, хIума кхоллуьйтура Сайхьате. Тахана а, Маис, Бацас, цхьаьнаматтара хилча санна, хьовзийра иза:
«ТIехилал, Сайхьи, (хьостуш иштта йоккхура кхиноша Сайхьатан цIе) – тIейирзира Баца. «ХIинца хьайх кхетош йолчу Себихьатах къа ца хета хьуна, ахь йиъначух бен ца хуьлу цунна шура! – кхоссар йира Маис а. ХIинца хьан дисина дахар хIокху берийн духьа ма ду. Хьо иштта йала гIиртича, хьайн дегIана ца богIу ницкъ беш, кхаьршиннах хир долчун ойла йиний ахь? Мегар ма дац, Делан кхел оццул лазамца, йазйина тIеэца! Делан къинхетам бу-кх оцу шина берана хьо мукъана Iуналлина йисар. Мегар дац, иштта дахарна букъ берзо. Виснарг ваха везаш ву. Цхьана дийнахь дуьненчу ца даьхна вай Дала, цхьаьний дIа ца дуьгу. ХIума йаа, болх бе, хIара ши бер хьала а кхиаде, тIаккха йуьхкIай хир йу хьо хьайн цIийнадена хьалха, Далла дуьхьал йаханчу дийнахь. ТIехилал, Сайхьи, тIехилал», – дехар дира Бацас а. Кхин дуьхьало ца йеш, тIехилира Сайхьат. Амма тахана, цкъа – шозза йуучух  Iоттайелла, сурийли чуьра хих масех къурд бина, шайтIанан бIаьра хьаьжча санна, кхурана тIехь бекачу къоркхокханна тIейогIайеллачуьра, йукъахйаьккхира Маис.
«Алахьа, Сайхьи, хьан ахьаран галнаш, сискал ма кIеда хуьлу, дакъийна жижиг ма мерза хуьлу? Ахь хIун до царна, уьш сел чомехь, чухьаьдда йаа аьхна хилийта?» – Маи, бIаьргара хIума йаккха санна, тIейогIайелира Сайхьатна. ХIара кхеташ йара Маис лелочух – иза ша къамеле йаьккхина, шен садекъадалийта гIертий хаара цунна. Ткъа нохчийн даарш шен кхиношна чул чомехь, куьцехь кечдан хууш зударий дукха карораг цахиларх тешна йара иза. ХIетте, цаьршинан дог оьцуш, самалха далийтархьамма, олу:
 – «Дера, Меда, Бахам (кхо кхиношна техкина цIераш йу уьш) суна чул шера ма хаьа шуьшинна ахьар муха кIадло, цунах чомехь кхача муха кечбо а. Жижиг муха дакъадо, цуьнан чам муха тобо, ма хьеха оьшуш дац шуьшинна и х1умнаш. Лен йаьккхина, шаьшшинна со хьийзо хIума даккха гIерта-кх шуьшиъ». – 
Ши кхин чIагIонаш йан хоьттира, оцу тайпана хIума дага деана ма дац шайна бохуш.
– «Тхойшинна хьалха волчу хьан шина марвашас хестош хуьлу-кх ахь йина сискал, галий, кечдина дакъийна жижиг а – чомехь хуьлу бохуш. ТIе тхойшинна дика ма хета хьан и кхача, тхаьш биначулла чомехь. Цундела ма хьахийра оха иза». 
Ши кхин, баккъалла. бехкала йахяа, Сайхьат, церан мукIарлонах ша тешний хоуьйтуш, дийца йуьйлира.
– «Шуьшинна ца хаьа аьлла - м ца дуьйцу ас, луьйш - олуш вайна де шелонга лестар-кх, аьлла дуьйцур ду-кх. Ахьаран кIедалла хьажкIаш ахьале хьалха дуьйна нийса кечйарца йоьзна йу, къаьсттина уьш йакъайаларца. Цхьана  шаре йовлаза хьажкIаш йакъайелла ца йовлу, кенахь тхов тIехь йиттарх. Мох, малх кхоьтуьйтуш, буьртигахь йуткъа йаржийна латтоза йолу хьажк1аш, куьркахь, мел дика кхарзарх, чахчайарх, т1уналлех ца къаьста. Уьш йуткъа йаржийна, дийнахь малхех йуьтуш, сарахь хьарчийна тхов кIел хьош, шина кIиранах йакъийна хьажкIаш, гIеххьа йовхачу куьркахь кхаьрзича, можа бос оьцуьйтуш, чахча ца йеш, ахьар, хьархо шийла  вацахь , кIеда хуьлу. Кхузахь коьртаниг хьажкIаш кхаьрзина хилар дац, йакъайелла хилар ду, вай кIеда ахьар дезаш делахь. Ткъа нагахь цу безаш делахь – хьажк1аш дика кхарзайелла хилар ду. Цундела стохкалера йа лурчахлера хьажкIех, гIеххьа куьркахь йохйичхьана, хуьлу дика ахьар – тIуьначу хIаваах тIеоьзначу тIуналлех куьркан йовхоно хьажкIаш дIакъасторна. Дика кечйина хьажкIаш вовшех хьакхайелча зевне йека, цIанйеш ирхйудучу хенахь, буьрканаш санна, ирхкхиссалуш хуьлу, дукха йаййаларна. Иштта хьажкIаш дика аьгначу хьеран тIулга тIе кхохка йеза, тIехецар шен барамехь лело деза. КIеда охьуш долу ахьар, буйнахь Iаьвдича, мижарг хуьлий дIахIутту, лацалой. Ишттачу ахьарх хьакхийна мижарг кIеда хуьлу, сискал тамехь йало. Амма цхьа хIума галдалахь: йа хьаьжкIаш кечйарехь, йа хьеро гIоргIа ахарехь, иштта ахьар мелла луьстачу цецах, лоцуш чекхдаккха деза, цунах, мел тоьхна дама тоха деза, хьакхадале, мелочу морзица йа хица хьакхо деза. Уьш дерриге геннара хьекъал оьшуш хIумнаш дац, амма уьш ца лардахь, ахьаран кхача экам хиларе терра, цо йуьхкIай-м хиттор бац зударий. Ахьаран кхача бовха болуш бууш чомехь хуьлу, муьлхха  баало. Ткъа шелбеллачул тIаьхьа чIагIло иза, нагахь санна ахьаран хьакхадар хила ма-дезза ца нисделлехь. Амма шелбелла ахьаран кхача жимма бохбахь – иза кIадлур бу». Эццахь жимма соцунгIа хилла Сайхьата, шина кхинна йела къажаран аьшна дина, элира: – «ХIинца жижиг дакъорах дерг-м ца дийцича йуьтург хир ма  йу аша со хьалха, йекаш кIордийна хир ма йу со шуна».
Ца йуьту шина зудчо, дуккха  къайленаш гучуйевли шайна бохуш, кхечаьрга хетта дезнехь шайх уьш боьлур  болуш. Сайхьат, доккха са даьккхина, йуха йистхилира:
«Со, Iовдал, лейеш, йела шаьшшинна. Жижиг, шина куьйган стоммаллин барамехь доруш, асанаш йина, цхьана куьйган стаммаллин бараме далийна, йуха пурхала цоьстур ду, аса хедар йоцчу барамехь. Делладеллачу цастаршна йукъа кхочуьйтуш, туьха тосур ду. Йуха и туьха тесна жижиг, кхийра йа сирдиллина, йа дечиган пхьегIанна чохь латтош, шовранах долийта деза шина-кхаа дийнахь. Цул тIаьхьа дечиган Iодмашца дулуш, даржош, моза тийначу хенахь мохе доккхуш, тIе хинкиса хьарчош, жIаьлий, цициг тIе ца кхочехь Iалаш дан деза, Iовда долуьйтуш. Иштта дакъийна жижиг чомехь хуьлу.
Амма цхьадолчу къаьмнаша цкъа нIаьна лотуьйти жижгана, йуха иза туьхан шоврий чохь кIеж йоккхуьйтуш дуьтий, гIийла йогучу цIергахь, тIаккха моза тIе ца хоуьйтуш, дакъадо боху. Иштта дакъийначу жижигал чомехь хIума хуьлийла йац бохуш, дуьйцуш хезна суна». Ши кхин бIаьргаш къаьрзинчохь йуьсуш, шен къамел сацийра цо. – «Ва, Сайхьа, и нIаьна байтина дакъийча чоме догIуш долу дакъийна жижиг-м ца дийцинехь хIумма дацара хьуна!  – эккхийтира шина кхино, цхьана багара схьадолуш санна. – Баккъалла,  долуш мукъана дийцирий техьа ахьа иза?
И иштта делахь-м, хьаъ-хьаъа дакъийна жижиг-м даа ваьхар ма вац» – бохуш, леткъира Баца. – «Забар йара аса йинарг, йуучух дог йуха ма даккхалахь хьайн, Бахам. Чен к1орни (чайтаI ) санна, йолу хьо товр ма йац, сох тарлуш, зIара хилла дIахIоттахь» - аьлла, лечкъаргех ловзуш, уьдуш долу бераш, кхача баа, тIедийхира Сайхьата. Маи, Баца ламазаш эца шовданехьа йолайелира. Сайхьат цаьршинна тIаьхьахIоьттира. Кхаа зудчо ламаз эцна, хьалхара сунташ дина, тIаккха Баца хьалха йолуш, жамаIатехь делкъан парз ламаз, йуха сунташ дира. Берех бисина кхача дIахьарчийна, цара Бацин шийтталгIа шо долчу йоIана, Седина, берийн Iуналла дар тIедожадо. Кхо кхин цул тIаьхьа шайн-шайн ирзун бIаьрга тIехь асар дан йуьйлира. Денна къахьоьгуш бечу балхо, гонахарчу Iаламо, хенан д1ахIоттаман рожехь дечу гIулкхаша, шен ши доьзалхо кхиош, кога дахийта дезачу декхаро ницкъ луш, дахаран хорша нисйелира Сайхьат. Цунна гуора: массо садолу хIума йаха гIерташ, тасайелла йоллуш хилар. Буц, дитташ, сагалматаш, олхазарш, акхарой, хIуъа хилла латтахь, шайл тIаьхьа лар йита, хIу дисийта, доь ца дайта, тIаьхье кхиийта гIерташ, къахьоьгуш а. ХIара, сел исбаьхьа Хастамхиларо кхоьллина дуьне, шайн бехкана даьсса ца дисийта дийнахь, буса, йоькханехь, йочанехь тем боцуш, къахоьгуш, шаьш кхоьллиннчу Эланна уьш муьтIахь хиларх теша иза. Кхин самукъа дала шен х1умма дацахь, дуьненахь шена хир долчу ирсе сатийса агIо бацахь, доьзал гIоза бахийта, таро, аьтто хилла марша довлучу замане уьш мукъна кхачо, хан йахйир йац техьа шен Дала бохучу ойланца, Сайхьата шен дог иркара хIиттош, йоьдуш йара зама. Стомаренах селхане, селханех тахане ца къасталуш уьдура денош. Амма тIейогIучу кханенийн дикачу кхоан дегайовхоне сатуьйсура дуьйшуш-гIовттуш, догIуш – доьлхуш гонахарчу адамо, Сайхьата а.
Божарий даима герзана тIе ка диллина йа и дегIана, ге хиллал гена даккха йиш йоцуш Iара. ХIинций-хIинций мостагI чуваьржа бохуш, оьрсийн эскарх вайн мохк ларбан деза зама дIайаьлла олучу хаамах дог ца дуьллура цхьана нохчочо. Мехкан бала шайна тIелаьцна хиллачу къонахех бара: шайх Мансур (Ушарма) Таймин Биболат, Майртуьпара Махьма - молла, Оччар - Хьажа-молла, Гермчигара Iабдал-Къедар, Авка, Дагестанера имам ГIеза-Махьма. ХIинца бIона хьалхаваьлла лела Сесанара Воккха-Хьажа (Дала къайле тойойла цуьнан), суьйлин махкара ведда Нохчийчу веана имам Шемал а. Цара, цаьрца болчу бIоно а вайн мохк марша баьккхина, бертахьчу дахаре дегайовхо латтош, синойн оьмар Делехь хиларх тешарна, лаьтташ хилла нохчийн къам даима деналлехь, мел буьрса нуьцкъалчу мостагIчун коган кIело хилла къар ца луш. Зазах къарзйелла бIаьсте хийцира стоьмех йуьзна йеанчу аьхкено. Ткъа маьлхан йовхонан товной, лаьттан мутт схьаоьзначу орамаша беллачу ницкъой совсош, хьекъийначу стоьмашца, буьзначу кенашца, садолуш йолу массо хIума кхоччуш йузо, кхаьчначу токхечу гуьйрено сихдира и синош оцу рицкъанах дезар дарехь къахьега. ТIедогIург Iа дуй хууш, адмаша, акхароша, кхетам болчу массо синоша йузуш йара шайн-шайн кIаранаш, амма цхьанне хууш дацара: оцу тIаьхьалонна кечдинчу хьаналчу беркатах, хьан дезар дийр ду, цунах дезар дечу хене мила вер ву.


Рецензии