Замано малдина гергарлонаш
Иза боккха кхаъ бара кертахь боьрша стаг воцуш Iаш йолчу кхаа зудчунна, церан берашна. Цхьабакъду, кхарна гено, йуьртан маьждигна гонаха бара Iаш кхеран маьхчой: Асхьаб, Дуда, Хьату, Лорса, Таймаз – уьш, ханна баккхий белахь, бара кху керташка ладоьгIна Iаш, кхарна Iуналла деш. Делахь, боьрша нах кертахь болуш санна, тем бацара зударшна. Кертара божарий могаш цIа кхачаран хазахетаран бахьанина, кхара ши уьстагI буьйш, мовлад дешийтира, цIен сагIа дIадийкъира оцу хазахетарна т1ехь.
Массара паччахьан эскарш йуха Нохчийчу даржа кечлуш ду бохуш дуьйцура, Россин пачхьалкхан низам кху чохь чIагIдан. Ткъа чIагIделлачул тIаьхьа цу 1едало вайна хьакхарчий йаар марздеш, кериста дине дерзош, мохк схьабаьккхина, эххара вайх, нохчех болчу г1азкхийн хьадалчийн леш дина, вайн йаьIнина тIеховша дагахь бу, бохуш, хабарш даьржира. Баккхийчарна оцу къамелаша кийра ша буьллура: шайн доьзалш оцу тIебогIучу баланах мича ловчкъор бу ца хууш. Уьш муха ларлур бу керистанаш хилла дакъаза бовларх, тIамо йохьуш йолчу Iажаллех а. Кхушара гуьйре шийло йеанера. Къилбзера мох дегIах хьерчаш, шелонан мехий дегIах чекхдохуш бара, беркъачу духаро цхьа дуьхьало ца йеш. Шен марвежаршка къадийра Сайхьата ша берашна тIедуха довха бедарийн чкъор ца нисдича ца йолуш хилар, оцу гIулкхана ша ворданца говр йохка дагахь хилар а. Тойсама, Сайдал – Бадала говрах, ворданах хадар ца магийра цуьнан. «Вордий, говр кертарчу муьлххачу гIулкхана оьшуш ду. Цул гIолехь ду Iумарах дисина топ, гIамий дохкар, Iаьлмирза хIинца жима хиларна герз лело, иза иэша а. Ткъа иза воккха хилале цхьаъ нислур ду, хIокху кегарех цхьа «Iай-бIаьста» къаьстарг хир йу», – элира воккхах волчу Тойсама. Сайхьатах къайлах барт бина вара ши шича, Iумаран тIаьхье ларйархьамма – Iаьлмирза герзе ца кхийдийта. Иза цуьнга марз ца валийта. Божарийн къелла лаьтташ керташ йара кхеранаш шайх Мансуран, Таймин Биболатан заманашкара схьа. ТIекхуьучу цхьадолчу божаберех, цIийнан зуьрет ца хадийта, хIу дийна латтийта, кегийрхой герзана, бIаьхаллин гIулкхашна херехь буьтура, божаршна г1ело йолчу, доьзалшкахь жимчохь дуьйна. Чорин некъийн силсилан хутал хада герга кхаьчна хьал дара. ЦIийнан кхерч дIабовш, доьзалийн хIу довш, йаьккхинчу паргIатонах, маршонах, хIун пайда, ирс оьцур ду, ваха вуьсуш цхьа ца хилча. ХIун до ишттачу толамах? Иза толам бац – иза буьззина иэшам бу. Марзхоша биначу сацамна дуьхьало ца йеш, дохкийтира шен цIийндех дисина герз Сайхьата, шена мел хала делахь цунах бисинчу оцу безаман марзонах къаста. Герзах хиллачунна тIе жимма нахарташ тоьхна, берашна, Сайхьатна когашкара коьрте кхаччалц довха духар нисдира Гуьмсерчу базарахь. Уьш эцар шен хеннахь нисделлера. Арахь тIаьххьара гуьйренан гIуран бутт (декабрь) бара лайн чимаш кхуьйсуш, буьйсанна гIура озош т1ебеанарг. ТIегIерташ дерг шийла Iа делахь, цул боккха, къиза бала бара оцу Iаьнан шелонца цхьаьна Нохчийчу буссуш берг. Паччахьан Iедална муьтIахь хиларан «къурд» олуьйтуш, хIора итт цIийнан цIарах цхьацца топ охьайуьллуьйтуш, Iедална йамарт хирг цахиларна, йийсаре хIора йуьртара кегийрхой дIабуьгуьйтуш (аманаташ), иштта тIеман тIелетарш долийна оьрсийн эскарша аьлла, хабар даьржира махкахь. Кертахь доьзалийн дола дан, уьш Iалаш беш бовдийна хьаннашкахула, Iаннашкахула лела боьрша стаг воцчу доьзалшна къаьсттина хала мур бара тIегIерташ берг. БIе шо сов хан йара нохчашна тIехь иштта балин мур оьрсийн паччахьан эскарша сих-сиха хIиттош схьадогIу. Оцу меттахдаьллачу хабаро сагатдинера Сайхьатан. Цунна ца лаара шех, шен доьзалах шен марзхошна бала бан. Цундела цо Тойсаме дехр дира хIара Iа даккха ша девежаршна тIе ЦIен-Iине – кIотара дIайахийта аьлла. Шаьшшиъ Сесанарчу-Хьаьжин омранна кIеллахь хиларна, цундела, цо байIат дарций, цIера вала везаш хиларна, Сайхьатна шен девежаршца ларйала атта хир ду-кха аьлла, Тойсам, Сайдал – Бадал реза хилира, нус шина бераца шен ден цIа хьажо. Иштта нисделира сан кхолагIчу ден, Iаьлмирзин, Илсхан - Юьртарчу шен цIийнан нахах, верасех дIакъастар. Цул тIаьха ЦIен-Iине – кIотарахь, гонахарчу кIотарех хиллачу Цоци–Эвлахь орам хоьцуш, тIаьхье йолош, ваха д1анисвалар а. Кхо кхин (Маи, Баца, Сайхьат) шаьш гуттаренна, кхин ца ган, къаьсташ йуй хууш санна, белхар х1оттийна къаьстира. Синош кхиъна хилла хир дара церан – шаьш вовшашца кхин марзо оьцуш, цхьаьна Iийр доций хууш. Шаьш наной болчу зударийн дегнаш, дукхахьолахь, шайхалла долуш хуьлу ма олу. Цхьана Iаьнна аьлла долу кхеран къастар дукха гена делира, цундела далийна хир ду-кх вайн дайша кица: «Воьдуш динарг хьиэсап дац, вогIуш динарг бен». ДIасакхаьсташ мара ца лилхира хIорш: лилхича йуха вовшен кеста ца го бохуш, вайн Iадат хиларна. Бухахь буьсучийн Iадика йина, цара дIабоьлхучийн некъ дика бина, дIасакъаьстира уьш. Сайхьатан йийбарх йоьттина ворда, Iаьлмирзий, Себихьат тIехь долуш, малхбузехьа йирзина йуьртах йаьлла, Гумс-хих Мичиг-хи кхетачу меттехь, басенах чуйоьссира. Эццахь Мичиг-хи гомха долчу гечонехь ворда паргIат чухула дехьа-сехьа йолура. Амма оцу гечонал жимма лаххьа, Мичигах Хулло-хи кхетча, Гумсан гIад шорлой, кIарглой буьрса, кхераме эмалк-говрах тарлой, дIахIутту кхаа хин г1ад. Мичиг-хин гечол дехьа девллачул тIаьхьа, ЦIен –Iине боьду некъ, ши –кхо чаккхарма бен бацара. Хулло-хин аьрру агIонан берда йистехула, наха ирзеш даьхначу шерачу аренгахула, хьалабоьдура и некъ Эвтара кхаччалц.
Свидетельство о публикации №224082501770