Цiен - iинехь
цхьаьнакхетар. Ворданна тIера охьайоссарций, Сайхьат маракъевлира шина несо:
«Марша догIийла шу, ДикайоI!– олуш. Дала беркате дарш, Дала Iалаш дарш», – Схьадолал ший,– бохуш, Iаьлмирза ХIажара, Себихьат Жарадата, кара оьцуш, – ворданара охьаийцира ши бер.
И шиъ цIийнан хьалхарчу пурха даьхьна, д1ахийцира несарша.
Жимах йолу нус, Жарадат, говр дIахеца х1оьттира, ткъа йоккхах йолчу ХIажара Сайхьат шен шина бераца шайн чу йигира. Оцу хенахь, йалхойн тайпанан тхьамдас, Бабата, гонахара кIотаршкара нах шайн кIотара мовладе кхайкхинчу барамера, цIа кхечира Сахьатан ши деваша – Увайс, ТIаьхIир а. Вешин йоI, цуьнан бераш схьакхачаран хазахетар ца кхоло, вежарша ца дийцира шаьшшинна мовладехь наха дуьйцуш хезнарг. Сихха вахана ТIаьхIира кхолагIчу шере баьлла ка бийра. Зударшка сихонца дезар дайта, тила бина, чуоко схьайаьккхира. Увайса шен зудчуьнца (ХIажарца) шайн хьешийн хIусам лаьттина шина чоьнах цхьа чоь, шена чувоьдуш къаьстина неI йолуш йолу, йасса йина, шен девешин йоьIан йийбар чукхехьа йолийра. Сайхьат цаьршинна гIо дан х1оьттира.
«Делан дуьхьа, Увайс, шуна меттиг къиййеш-м хир йара аса. Делахь а, кху йоьхначу заманахь со лахь, йисахь шуьца хила лиъна, гIоьртир-кха со кху шина бераца схьа».
«Ахь хIумма ца къийдина тхуна. Шеран коьртехь наггахь нислуш волчу хьешо бен чохь буьйса йоккхуш йоцуш, да воцуш чоь йара хIара. ХIинца вай, нана-доьзал цхьаьна долуш, мелла самукъне, хаза хир ду вайгахь. Ши бер сихха хьалакхуьур ду. Цаьршиннах вайна накъостий хир бу. Вай-м, Дала мукълахь, ледара Iийр даций. ХIара хIусамаш, кху кертахь мел долу хIума, шайна ма-луъу Iен, дезар дан маьрша йу-кх хьуна, хьан шина берана. Шуна хIума кхоийна, хьан дена духьала йуьхьIаьржа даха таро йац тхан. Шу ийзалуш, хала лелахь ас могуьйтур дац шун. ХIинца дийцал Илсхан¬-Юьртахь долу хьал? Муха бохку Тойсум, Сайдал - Бадал, Маи, Баца? Дуда, Асхьаб, Хьату, Лорса, Таймаз – лелалуш, ирахь буй? Доьзалш муха бу кхеран?» Марзхойн маршаллаш дIалуш, Сайхьата уьш зен, зулам доцуш, хене бовлуш хилар хаийтира Увайсана. УьстагIан хьалхара ах, куьрках тера шуьйра бертиг йолчу пешана тIебиллина лаьттачу боккха буька шина йе чуйерзийнера Жарадата. ХIажар, пурхахь лаьттачу чIоьна чуьра ахьар схьаэцна, иза лаца хIоьттира, галнаш йан мижарг хьакхош. Хан тилале малхбуза ламаз дина, зударий чоко цIанйина, цунах дезар дан хIиттира. Сайхьат когаш, кортий марца йуьйлира, несарийн ка далийтархьамма. ЖамаIатех малхбуза ламаз дина, Бабат волчохь хиллачу къамелан, наха биначу сацаман ойла йеш, вовшех дагавала вуьйлира ши ваша. Къамел дIадолийра воккхах волчу Увайса. «ДегIастанара ведда Шемал Нохчийчу Бена иккхина. ДегIастанхой цунна тIаьхьара дIабевлла. Уьш цхьана муьрана севцна теша, йуха гIовтта дагахь, йа гуттаренна къарбелла теша, кхин оьрсашна дуьхьало ца йан? ХIинца паччахьан эскарша вайн махкахь шайн Iедал даржош, чIагIдан долийна бах. Дуьхало йина йуьрт, кIотар дIашарйеш, Органций, Соьлжаций, Йаьсси-хица а йолчу йартех дабагI деш, хьийза куц ду оьрсийн эскар йаккхийчу тоьпашций, цIарций шайна дуьхьала нисделларг отуш.
Кестта вайна схьакхача там бу уьш. Герзале, Хоьшкалде, Мелчхе, Гермчиг, Шела, ший АтагIа, кхин мел йу уьш Нана – Нохчийчохь, дIалецна бевлла оьрсий. Вай царна дуьхало йан цхьана куьйга кIел, низам долуш, церачуьнга кхочуш герз долуш, ницкъ цахиларна ду иза. Маршонан тобанаш-м йу вайн махкахь: вайшинан устазан Сесанарчу Воккхачу – Хьажин (Дала къайле туойойла цуьнан), Удди – моллин, Домбин, Iумин, ШоIип-моллин, Джовтханан, Махьма-моллин, майраллица гIараваьллачу, деналлица цIе йаханчу шуонойн Оьздамаран, кхин мел бу уьш. Уьш берриге шайна-шайна бу, шайна йукъара цхьа тхьамда хаьржина, цуьнан аьлларехь бац. Царах хIоранна ша тхьамда хила веза моьтту, кхинберш шен куьйга кIел болуш. Мегар дацара хаза цхьаьнакхетта, шайлахь гIоле верриг имам вина, бертахь мостагIна дуьхьала довла. Увайса шена чохь кхехкаш болу дегабаам, резавацар, хетарг охьадалхира. ТIаьхIира элира шена хетарг: «Кху Хулло-хица Эвтарний, Гуьмсений йуккъехь йаьржинчу йалхийтта-вуьрхIийтта доьзалш бен хIоранна чохь боцчу кIотаршка-м ца гIерта там бай уьш, Вайси (иштта йоккхура шен вешин цIе ТIаьхIира). – Делахь вай, дуьххьара Хорачуьра доьхначу хенахь, лечкъаш хене даьхна тоьланаш, дахана цхьана дийнахь цIанйеш, денйан йеза. Хьанна хаьа, кхерам герга гIортахь, доьзалш цигахь ловчкъо дезий а. И болх вайшимма кханнехь бан беза. И кечам бина вай девлча, со Оьздамара гулбиначу бIан тобанах дIакхетар ву.
Хьо вайн дозалийн доладан вуьсур ву. Дала цхьа аьтто ца беш дуьтург хир дац вай»,– аьлла, ТIаьхIиран къамел соцушшехь, кхаьрга кхача схьабаьллий хоуьйтуш, Увайсан йоккхаха йолу йоI, Мелижа, йеара. Увайсан ши йоI бен кхин доьзалхо вацара. Цхьабакъду, Увайсан хIусамнана, ХIажар, кхозлагIчу доьзалхочух йара, иза кIант хиларе сатуьйсуш зудий, майрий ший дара. Амма дерриге Делан карахь дара. Кхеран жимах йолчу йоьIан ворхIалгIа шо дара, цуьнан цIе Шахьар йара, ткъа Мелижа цул кхо шо йоккха йара. Шахьарал тIаьхьа кхеран кхин ши йоI дуьненчу йаьллера, амма цхьацца цамгар хьакхалуш, д1акхалхар нисделира. Вежаршна къастийна кечдина шун дIахIоттийна, ХIажар чоконах бIараш бан йуьйлира. Жарадат, мерцина когаш, кортий била йуьйлира, Сайхьатера уьш схьаэцна. Ткъа Сайхьат несаршна гонах хьийзара, цара сада1а бохушшехь. Шина вашас шайн вешин йоI, шен шина бераца, шуьне кхайкхира. Амма Сайхьат реза йацара несарех къаста. Вежарша шайна чомалахь доций хаийтича, кхачанах кхетар иза шайца йоцуш, Сайхьат, цаьршинна тамана, жимма йуучух кхетта, йуха шина несана тIейахара. Шина несо тIаккха шен шина бераца маьрйишина, шайна къастийна шун кечдира, йуха доьзалшций цхьаьна жижиг-галниш даа долийра. Жарадатан шина беро «Бисмилла» аьлла, шаьшшинна хьалхха кхевдаш, болийра кхача баа. Цаьршимма диннарг вукха бераша дира. Гуш дара: кху кертара бераш йуучунна тIехь, сутара доцуш, оьзда лела Iамийна хилар. Йуург шортта кечйинера, цундела суьйранна даа дисира шортта жижиг, галнаш а. Де уггаре дацделла, буьйса йахйелла шеран зама йара, керла шо доладала герга гIоьртина. Малхбуза ламазаш динчул тIаьхьа дIасахьаьвзина хIорш бовлале са дайра. Малх дIабузарций маьркIажа хан хуьлуш, буьйса йуьйлира. Буькъа кIурз хьаьхча санна, беанчу бодано, хIара миска синош довдийна лелачу пекъарша вовшахтоьхна декъаза кIотар, шен мара хьарчийра. Керлачу хIусамехь берашна наб кхеттачул тIаьхьа, дикка бIаьргаш ваьшта ца боьлхуш Iийра Сайхьат, къуданан гIийлачу серлоне хьоьжуш. «ХIун кечдина те кхолламо тхуна тIейогIучу ханна? – боху хаттар коьрте хьийзаш Iийра, чуьра хьакхар кхачийна, къуьданан серло дIайаллалц. Буьйса йолчунна тIе йахйинера, дуькъа дахкарца йийсаре лаьцначу Iуьйрено. Ах ангалин, шолгIа ах бежанан ахкарг тIеозийна кху чоьнан коран шина бIаьргехула серло кIеззиг бен хаалуш йацара. Ши нус Iуьйран ламаз дина, бежнашна хьалха докъар дуьллуш йоллура. ТIаьхIир, уьстагIашна мукх боьхкина шина ной чу, говрашна хьаьжкIийн хIоъ бухкуш воллура, Сайхьат гIаьттинчу хенахь. Увайс хьоьхан дечигах Iайгаш кечдеш вара аьстаций , стоций , уьрсаций уьш кIаргдеш, аьлханций , шога горга тIулгаца шардеш. Сайхьатан дагчу сакхо хьаьдира – и кхо Iайг цо шена, шеца долчу шина берана кечдеш дуй хаарна.
«Увайс, оха йеанчу ларчина йукъахь ма дара и Iайгаш. Уьш дан гIерташ къа хIунда хьоьгу ахь! - олуш, тIехIоьттира девешина Сайхьат. ХIара шиъ цхьанахенара дара ший, цундела нийсарой санна дистхуьлура вовшашка.
«Ас-м хала ца дора хIорш, Сайхьат. Аша деанарш сов девр дац. Хьаша-да веъча эшний ма хуьлий хIума. Сайна хан йайа,
самукъадолуш, хьоькху хьуна аса хIара дечигаш. Хьуна наб
кхийтирий теша? ХIусам, мотт хийцича хилац-кх йа наб, йа тем а! - бохуш, къамеле велира Увайс вешин йоьIаца.
«Дера, ахь ма-аллара, наб ца озош, йехха Iийча бен хьаша-м ца йелира со. Цундела гIаттарна хье ма йелла со, ден цIа кхачарна хила мегаш ду-кх иза. Iуьйран ламаз туьлуьйтуш ма йоллу со-м, Увайс. Сайн несарий хIун деш бу хьожуш, ламаз де аса, - аьлла, Сайхьат Жарадатна тIейоьду. Бежнаш оьзна йаьлла, шура луьттуш йоллура иза. Циггахь селханлерчу шурина тIера тIо схьаоьцуш йоллура ХIажар а. Вовшашка Iуьйре декъал йина, буьйса йаккхаран хьал дийцина девлча, Сайхьат ламазна кечам бан йахара. Несарий сийсара дуьйна кхихкина лаьтташ долу ког-кортий, бIараш, дисина жижиг дохдан, пешара цIе самайаккха йуьйлира, керлачу галнашна мижарг хьакхош. Бераш самадовлаза меттахь Iохкуш дара. Дохк жим – жима айалуш, Iуьйре йекхалуш йара. Гена йоцчу хьуьнхахь акхачу котаман декар, нIаьнийн кхайкхар хезаш дара. Наггахь цхьогалан латар, чангIалкхийн тийжар къастара, Хуллоца дехьий, сехьий йаьржинчу кIотаршкахь жIаьлийн угIар, самонна церан летар а хаалора. Гондахьа хезаш дерш маьршачу дахаран аьзнаш, гIар-тата дара. Хастам бу-кх Хьуна Дела, сел комаьрша, хаза, са мел долчу хIуманна аьхна хIара дуьне, Iалам кхолларна аьлла, Далла хьаставала дага доуьйтуш Iуьйре йара кху жимачу кIотарна, Нохчийчоьна йеллалуш д1ах1оьттинарг. КIира кхочуш дара Сайхьат ден цIахь йолу. Увайс, ТIаьхIирца шайн хьалха к1аьгнийн кIотар лаьттинчу вахара, шайн хIусамаш хилла лаьттинчу тоьланийн пенаш зIарашца къовла, ладар чекхдийлина тхевнан меттигаш дIайукъа, чоьнаш Iовдайалийта тоьланаш чохь цIе йаго. ДIаделира кхин цхьа кIира. Шайна 1аьнан беттанашна оьшучул сов долу йалта оцу адаман бIаьргана йуьстахарчу тоьланийн кIотара дерзийра цара. Буьртиг болу йалта, дакъийна жижиг, хьелийн даьттанах йуьзна шиъ гиба лаьттах йоьхкира шайна билгалчу меттигашка хьунхахь, ткъа кхидолу сурсаташ, йийбарах, гIирсех йолу хIумнаш тоьланашчу йерзийра. Зама луьра хиларе терра Нохчийчоь, гIинсу санна, тем боцуш, къизачу мостагIан кхерамах берийн, зударийн, къанойн а синош довдийна лелаш йара лаьмнийн даккъашкахула, хьаннийн кIоргенашкахула, уьшалийн кIолдашкахула . Герз лаццал хан йолуш, цунан говзалла карайирзина, деналла долу кегийрахой тобанашка бирзина, мостагIашна зенаш деш бара шайн кадаьллачу муьрехь кIелонаш, тIелатарш деш. Амма хIун далур ду дехкашка цицгана, шаьш дойучу даьлча, цергаш йохкарал совнаха? Изза дар-кха вайн къомо лелош дерг, оьрсашна ца къардала гIерташ, шен ма – хуьллу мехкан маршо дIа ца йала, мостаг1на къарделла кIел саца ца лууш.
Свидетельство о публикации №224082501772