Шемалах нохчийчоьно имам вар
тхьамданашка оьрсийн паччахьна муьтIахь хиларна чIагонаш йойтуш, тешамна цу йарташкара кегий нах лена (аманаташ беш) йийсаре буьгуш, шайна бохкабелла нах (нохчех) йуьртдай хIиттош, гучудаьлла долу герз дIалахьош, шайн низам хIотто доьллера паччахьан эскар, дуьхьало йиначийн доь дойуш. Чекхдолуш дара 1839- г1а шо. Оьрсийн тIеман карзахаллин къизалло сихбира нохчийн бIан тобанийн тхьамданаш Бенахь цхьаьнакхета, Дагестанехь вохийна, воьжна имам Шемал, цуьнан шен махкахь тIамехь иэшам хиларан къахь даг чохь лаьттачуьра, – иза Нохчийчоьнан имам веш денван дагахь. Шийла Iа дохьаш деара 1840-г1а шо. Ког хьулбеш ло дацара диллина, амма зIамар-занкъ йаьлла шело хIоьттинера, хIаваъ чуоьзча, мерIуьргаш тIеттIалеташ, зIийзош . Оцу Iаьнан шелонна шек доцуш, аьккхийн махкана малхбалехьа йолу нохчийн йарташ: Гуьржийн – Мохк, Заьндакъ-Аре, Гендаргана, царна гонахара цхьацца кIуотарш йагош, йохош, талош, чекхделира оьрсийн эскар. Шайна мел йаккхий дуьхьалонаш цигарчу наха йинехь а. Дуьхьалонна гIорасизнаш лечкъийла йол - йолче баьржинера, амма г1аддайна кIелбиснарш - оьрсийн пхоьазза йолучу тоьпийн цамзанаша гуттаренна дIатебира, дуьненан баланех хьалха бохуш – уьш оьрсашна дуьхьала кхин гIовттур боцуш паргIат бевлира кху дуьненан баланех. Йийсаре бигначу кегийрхойх дIадохка товар хир ду Iаьржа-хIордан бердашкарчу базаршкахь. Царах беза мах лора, оьрсаша вайн къоман йийсарш бухкучу, Малхбален мехкийн базаршкахь. Паччахьан инарлашна вайн къоман йийсарех шортта пайда кисана богIура. Йохийначу йарташкара нах аьрцнийн йуькъачу хьаннашлахь, лаьмнийн ирхонашкахь, лечкъийла йолчу меттехь тайпа-тукхам ца къестош иэделира, шайн вархIедайн бухера оьрсийн эскарша къиза бухдаьхна, гIакхдина дударна. Кху махкахь хуьлуш, лелаш дерг де-буьса далале массо маь11ехь даьржаш дара. Iаьнан чиллахь жимма т1елетаран болар лагIдеш малдилира оьрсийн эскаро а. Цуьнан дакъош шайн-шайн чIагIонийн г1епашка дирзийра. Оцу Iай гIевттира черкасий оьрсийн хьаькамашна, шайн къомах оьрсашна бохкабела, моттхьоькхучу элаша, хьадалчаша лелочу харцонашна дуьхьала. Изза хан хаьржинера нохчийн тхьамданаша: ЦIонтарарчу ШоIипа, Ахберда-Махьмас, Сесанарчу Ташов-Хьажас, Гендарганара Iийсас, ГIоьрдаларчу Удди-моллас, Бенарчу Солта – Мурда гIазот
Нохчийчохь д1акхайкхо, Дагестанера Шемал Нохчичоьнан имам харжа. Оцу баьччанаша 1840-гIа шеран бIаьстенан йуьххьехь Шемал Нохчийчоьнан имам хаьржина хилар дIакхайкхийра, шайца цхьаьна Майртуьпара Махьма-Хьажа волуш. Цкъачунна имаман меттамотт, коьрта шахьар ДаьргIа йеш. И гIуллакх цхьаболчарна кхаъ бохьуш, вукхарна кийра ша буьллуш даьржира вайн махкахь. Имам Шемал гIазотана бIо гулбан, шен куьйгаллина кIел йеанчу Нохчийчохь бусалба дин чIагIдан, пачхьалкхан низам хIотто волавелира. Ша имам хаьржинчу хьалхарчу кIиран чохь Шемал Хьалха – Мартанхула Несарехьа гIоьртира, гIалгIайх шена гIазотан накъостий бовлий хьажа. Амма Iалхан - йуьртахоша, гIулархоша инзаре чIогIа тIамца дуьхьало йина, вухавала дийзира Шемалан шен бIаца. Цигахь хиллачу тасадаларшкахь ЦIонтарарчу ШоIипана, Домбина чевнаш хуьлуш, Шемалан йухавалар нисло Гиха чухула, Мескер - Эвлахула, Эвтаран агIорхьа. ГIулархошца хиллачу тасадаларехь имаман чIогIа бIаьрг буьзнера, Дагестанехь биначу тIемашкахь дуьйна, ШоIипан бIона йукъахь шена майраллица билгалваьлла хиллачу, Оьздамарх. МаьркIажан бода къовлабала герга баханчу хенахь кхочу имаман бIо Мескар – Эвла. Оьздамара Шемал шен бIаций, кху некъана гена йоцучуш йолчу, ша вехаш Iаш волчу МацIин кIуотара хьошалха кхойкху имам, ламазаш дан, жимма садоIуш рицкъех кхета а. МацIин кIуотар, ЦIен-Iине кIуотара кхачале, Хулло-хица лакхо а йара, Бабатан кIуотарна дуьххьалахь, Хулло–хинан аьтту агIор бердаца. Оьздамаран дехар талмажо шена гочдича, хIокху кIиранах Оьздамарна тIехь тидам лаьтташ ша Iийна хиларна, имам, бIаьрга тIе бIаьрг боьгIна, кхунна тIевогIавелира. Оьздамара бIаьрган негIар ца тухуш, даг тIе куьг диллина, шен дехар шолгIа дича, имама: «Бугу» - элира, шен цIен- йоьза басахь хьаьрса можаний, мекхашний йуккъера багара шурула кIайн цергаш гуча йохуш, къажаран аьшна деш. Талмажо Оьздамаре олу: «Мегар ду, имам реза ву. Некъ гойтуш хьалхавала». Имаман муртазекъашца цхьаьна шовзткъа гергга стаг банах дIакъаьстина Оьздамарна тIаьхьа хIоьттира, важаберш Эвтара бахара. ХIорш Эвтара баханчарна тIекхуьур болуш бара 1уьйренца. Некъан тача башха къаьсташ дацара. Дийнахь хьаьжначу малхо гIорийнчуьра дастадалийтина латта лашка даьллера, ткъа сарахь озо йолийначу г1уро, ловсар долош, хоттехьа дерзийнера. Цундела говрашна хала дара боларехь ког баккха, цу хотто дIалецарна, мазала Iоьттина Iайгах санна, хьахалуш тIелетий, когех дIакъаьсташ боцуш хатт хиларна. Гондахьа бIаьрг кхарстийна дIахьаьжча гуш хьуьнхара дитташ дара. Нисса ирхдахана поьпнаш , лаьхьанах ситтина пхенаш, куьцехь хьаьрчина къахкаш , тIамарш йаржийна нежнаш , гIад шера маьънаш , хьиэхнаш , суранаш , бIаьстенца заз даккхарехь бIиллиг дуьллу декнаш , стеш , Iаьно тIера хорханаш ца хеда даттанаш , муьргаш , элхьамчаш , луьстачу коканийн , оьртханкоьллийн майданаш. Кху некъахь нислора сих-сиха шовданаш, цара хенан йахаллехь даьхна боьранаш а. Оцу шовданийн даккхий татолаш, цхьана доккхачу хих дIакхета, боларех къилбзехьа уьдура, шайна керла гиэчеш дохуш. Адамийн куьйгаша къахьоьгуш кечйича санна, йаьлла буц йолуш, къегина хотеш йара. МостагIна дуьхьалонна кечдина моьттар долуш, кIорга Iаннаш нислора, амма хIара меттигаш йевзаш воцчуьнга къахьоьгуьйтур долуш, тIе ког баьккхинарг чуозор волуш, уьшалш йара кху хьуьнхахь. Сохьтехь сов кхара некъ бинчул тIаьха, кхарна дуьхьала волу, герзех воьттина, пхи-йалх бере. Царна тIехьара, схьахеза жIаьлин йа цхьогалан латар, охьадогIучу доккхачу хинан гIовгIа а. Иза Хулло-хин гIовгIа йара, ткъа хIара гучубевлла беренаш Цоци кIотарара ха дара. Царах цхьаъ схьакъаьстий кхарна тIевогIу. Оьздамара, тIаьхьа богIучаьрга куьйгаца, совца боху ишар йина, ша духьала ваьллачунна тIевоьду. Иза кхуьнан доттагI, луларчу к1уотарара Цоца вара. «Ассаламу Iалайкум, Оьздамар!
– Ва Iалайкум ассалам, Цоца! Хьо ву иза. Хьуна муха хиира тхо кхузахула догIий?» Цоцас, говрахь волччуьра аьтту куьг кховдош, куьг лецира Оьздамаран.
– «Со, бIаца лелаш вацахь, кху мехкан кIант ма ву, Оьздмар. Цундела гондахьа хуьлуш, лелаш долчунна ладоьгIна Iаш хиларна хиъна-кх, шу кхуза Зукин борзера схьахаьвзиний, шун дукхах болу накъостий Эвтара хьала баханий а. Шу кхузахьа схьахьаьвзича хиира суна, ахь шайн кIотара йига хIара тоба къастийний. Цундела аса, вай кIуотаршкахь вовшашна гергахь дехаш хиларна, со волчохь даа хIума, садаIа чоьнаш кечйайтина, кIотар шух хьеший дан кийча Iаш йу-кх. ТIехIоьттина лаьтташ маьркIажа-хан йу, суна велла дIаваллалц, тIаьхьенашна сийлахь дагалецамаш хир бара-кх, Оьздамар, шаьш Делан дуьхьа арабаьккхинчу гIазотан некъан дуьхьа, шу со волчохь севцча», - дехар дира Цоцас. Оьздамарна дехарна кIелхьара вала цхьа агIо ца йитира доттагIчо.
– «ЭхI, ма тамашийна стаг ву-кх хьо, ва Цоца. Сан-м вайн цIа хьажийна геланча ма ву кечамаш байта»,- аьлла, Цоцина дуьхьало йан гIоьртира Оьздамар, имам волчу агIор хьоьжуш. Шемала куьйган ишарца шена тIевийхира Оьздамар. Имамана тIеваха дIавоьрзучу Оздамаре элира Цоцас: – «Ахь вахийтинчу геланчина тIедожийра ас, кху гонахарчу кIуотарийн тхьамданашка тховса, со волчу гулло алар, хIунда аьлча аса тховса имам Шемал, хьо, шун накъостий со волчохь сагIанехь совцош хиларна». Т1е ша хIорш сагIане, хьошалха кхайкхар вайн нохчийн Iадатехь, бусалба динехь хIумма гал ца хетара Цоцина. Вухавирзича Оьздамаре талмажехула хаьттира имама и дуьхьала бевлларш хIун нах бу, церан тхьамдано хIун боху. Оьздамара талмажехула хаийтира: уьш шен лулахой хилар, цаьргахьара цхьа кхерам боций, уьш имам накъосташций шайн хIусамашка хьошалха восса лаарца, дехар дан баьхкина хилар. Шемал сихха реза хилира и нах, царан тхьамда йуххера вовза, царна йукъара шена накъостий бовлий хьажа. Цундела имама Оьздамарна тIедиллира тховсенна гIаролаш хIиттор, шайца долу адамаш кху кIуотаршкахь дIанисдар а.
Свидетельство о публикации №224082501774