Цоци комаьршалла
КIуотарарчу кегийрхоша хьешийн дой паргIат дехира, хьалха хьажкIийн хIоъ, докъар дуьллуш, нуьйрийн бухкарш малдеш. Хьешашка садоIуьйтуш, Оьздамара кIуотарна гонаха хадеш битира кхузара кегийрхой, царна куьйгаллина Цоци шолгIа кIант, БIаьхо, хIоттош. Сихха эцна бевлла, жамIатехь маьркIажан ламазаш дира тIебаьхкинчара, бухарчара цхьаьний, Шемал хьалха ваьлла волуш. ДоIийна лаьцна куьйгаш хIорш йаххьех хьаькхна бовлушшехь, хьешашна хьалха шаршош йаржош, охьадехкира даарш: бежанан, уьстагIийн керлий, дакъийний жижиган дакъош, думеш, йоьзан шаннаш чохь ахьаран, мекхан деман галнаш, кегий кхийра кедаш чохь, хьонкийн мачаш аьтта бина, кIуон берам, зоканашна чуйоьттина хьена чорпа. Цул сов хIинца кхера схьайаьккхинчу сискалан йуьхкаш, тIоьхала тийсинчу мижаргийн тоьпаш, кIалддаьтта, тIоберам, керла йетта шура, мохса , хичу боьхкина кхораш. Имамо, йуург охьайиллина йаьлча, рицкъа деллачу Далла хастам беш, доIа дира. Цул тIаьхьа шена хьалха биллинчу уьстагIан коьртах лерган йуьхьаг, бетан буьхьаг уьрсаца хадош баьккхина, кхоллуш чам баьккхина, шайлахь къоначу Оьздамаре дIакховдийра корта, урс чохь долу боккха кад. Оьздамара цу коьртах, салазаш йеллалучу агIор хадош, ши ах йира, шина куьйгаца дIасаозийна.
ТIаккха коьртан туьта чоьхьара чохчамца къевлина коьртан даьIахк, и чохчам шен шаьлтанца хадайой, хье ларбеш йолу турсан даьIахк схьайоккхий, цу бухара хье схьаоьцу. И хье цхьана жимачу кеда буьллий, иза чаданца60 отий, зоки61 чуьра чорпа йутту хье чохь болчу кеда. И дина ша ваьлча, уьстагIан коьртах даьккхина цхьа лерг, бIарг, маттах даьккхина дакъа диллира имамана хьалха. Йисина коьртан меженаш кхечу кеда йехкина, шунехь болчаьрга жим – жима кхаллийта йуккъе охьабиллира и кад.
Оздмарна иштта корта боькъуш, шен хьеший болчу Теркайисте ваханчохь гинера. Хьешана хьалха сий-ларамна бийначу уьстагIан корта билларан Iадат вайнехан хиллачух тера ду ширачу заманахь. Массо къоман оцу Iадатца доьзна шайн-шайн цхьацца тидарш ду, цу коьртан меженаш дIасайекъарах лаьцна. И Iадат лардечу къаьмнийн кхетамехь, схьахетарехь, хьаша хIусамехь коьрта стаг ларар, цунна бакъо йалар ду цу кхачанна тIехь долу куьйгалла лело. Ткъа цо, лерган, бетан чам баккхина, корта жимхе дIабалар – иза тида деза, хетарехь, иштта: кху чохь йаьллачу ледарлонна батт йихкина хир ма йу сан, вайн массеран а, арахьарчу цхьана лергана дIахазор ма йац вай иза, бохучу маьIнехь. Шуьнехь, дахарехь тхьамда виначу стеган лерг сема хила дезаран, бIаьрг сирла хила безаран, ткъа хIума йиъна девча, хьеше йа шуьнан тхьамде хье чохь болу кедара чорпа хьалха дIамалийтар а ду, кхетамна цуьнгах хьалхе хиларан маьIна. Хьешаша, сих ца луш, паргIат пхьор диира. ТIаьххьара кхарна хьалха горга, кIорга кхийра кедаш чохь орам - чай, шура тоьхна гIалмакх – чай, вен моз, бIарийн тIамарш йеара. Чай мелла хIорш доIанаш дина бовлушшехь, пхьуьйра хан хилира. Пхьуьйран ламаз хьешаша, гонахарчу кIуотаршкара кхайкхина балийначу тхьамданаша цхьаьна дира, Цоци кхаа чохь имам Шемал хьалха волуш. Ламаз дерзийначул тIаьхьа имамана бовзийтира Оьздамара кIуотаршкара тхьамданаш. Цоци хIусамехь гулбелла бара: Бабатан к1уотарара Бабат, МацIин кIуотарара Оьздамар; Сехьа –Саьрталара Веза, Дехьа -Саьрталара Гана, Карун кIуотарара Iабдал-Iаьзиз, Бахтар кIуотарара Хьамза; Iаьндийн кIуотарара Хьаьжгира. Аьлтин куьпара веанера Молла-Хьажа; Гисин куьпара Шовхал, Хизаран кIуотарара Чомпа; Тохьтин кIуотарара Болатби, ЦIен-Iинера Увайс (сан воьалгIа ден, ненаваша); Ислам кIуотарара Мада, Духцан Дукъера Дуда; Кхаа-Iинан кIуотарара ГIапар, Иэманера Иэма, – кхечу кIуотаршкара нах а.
КIуотаршкара кху чохь гулбелларш ткъе пхеа тайпанах болчу нехан тхьамданаш йа цIийнан верасаш бара. Оьздамара имамана, цуьнца болчу хьешашна цIерашций, тайпанашций кхайкхош бовзийтира к1уотаршкара гулбинарш.
Свидетельство о публикации №224082501776