Кхайкхаза тойне веанарг
«Ассаламу Iалайкум, имаман лоьмаш! Оцу сан аьрхачу арарчу «дине» ца дешаш ма хьежалаш! Дала могуьйтур дац шуна! Зулам буга, зулам буга, зулам буга!» - кхузза и дешнаш олуш, вахана имамана дуьххьала охахиъна хиллера Бета. Когаш, неIаран мачех, утаркхех 61 тIуналла чекхйийлина хиларна, мажбеллера цунан, кхакханан хечин когаш хоттан томмагIанаш тIехь, боьха бара. Бета йалхойх, варасаллица шен стаг хиларна, кхуьнгара цатам берг далахь аьлла, Бабата талмаже къадийра:
«Коьртана дика воцуш, шен бага деанарг дуьйцуш хуьлуш ву и стаг, ткъа кхечу агIор де зуламе вац тхан «шайх».
Чохь берш белабелира. Бабата аьллачух ша кхетийча, имаман йуьхь йекхайелира. Цо, киснара схьадаьккхина, Бетега дашо сом кховдийра. Бетас, беро санна, кху чуьрчу къуьданан62 гIийлачу серлонгахь къегаш долу дашо сом, цхьана куьйгара вукха куьйга туьйсуш, ловза дина, имамана хьалхха охьа а дуьллуш, элира:
«Дала суна дукха даьхни ду эхартахь дала кечдина. Оцу даьхнин декъа хьо озо йиш йац сан, имам. Хьоьгара, дашо делахь а, и сом схьаэцча, ваккхалур вац соьга хьо бехказа Далла хьалха, ахьа летор долчу къиношна. Сол гIаддайначунна лохьа иза, сагIе алсам дер ду хьуна иза, имам!» - аьлла, луьйчуьра сецира Бета.
Оьздамарна, хIусамда волчу Цоцина чIогIа цатайра Бетас аьлларг. Талмажо жIайн63 матте даьккхира Бетин къамел. Шемал цкъа кхоьлира, йуха ца луушшехь вела къежна, вистхилира:
«Хьо бакъ луьйш хила тарло, декъалхилларг. Хьан кошмаллина дуьхьала дало цхьа хIума ду. Цхьаммо дендинарг гонахара эзарнаша дохош хилча, кIеда-мерза чекхвалалур вац. ГIалатлонаш, къизаллаш йийр йу, адамийн дахар Делан низамехь нисдан гIерташ волчуьнгара. Галморзхаллаш хир йара аьлла, бусалба дин ца чIагIдеш, мехкан маршо керстанашка д1айелча, Дала бехказа дуьтур дуй те вай?» БIаьрга тIе бIаьрг боьгIна, Бетас имаме аьллера, ша кху чохь болчара сацорна кхоьруш санна, чехка:
«Бусалба дин дIаьккхина, чIагIделла кхойтталгIа бIе шо ду. Иза тIелаьцна леладар, лардар хIора стагах, къомах шех доьзна ду. Ткъа латта, мохк, хIара дерриге дуьне Делан долахь ду. Цундела, вай мел къийсарх оцу лаьттах адам кошахь бен Iебар долуш дац, аьлла ду вай кхоьллинчу Дала. Имам, хьан дахаран некъ беха хир бу. Хьан, хьан доьзалийн рицкъанаш дукха даьржина ду. Ма дукха цIий Iенар ду – кха хьо бахьанехь,
61 Утаркхех – утаркх – мачина чу дуьллуш хилла б1ег1ан айра.
63 ЖАЙН МОТТАХЬ –АВАРСКИЙ ЯЗЫК 62 КУЬДА –ЧИРКХ, СЕРЛОНАН Г1ИРС.
амма эххар а оьрсийн паччахьан йийсарехь, веза хьаша хир ву-кх хьох. Кхалхар бусалба дин схьадаьллачу махкахь го суна хьан, амма Делан къинхетам сов балахь бен, декъала-м хир вац цхьа. Со иза хьоьга дIахаийта веанера. ХIинца сан кхин Iан йиш йац. Шун Дала аьтто бойла аша дага лаьцначу дика, нийса нигат тIехь».
Бета сихха, ара ваьлла, шен сараг -дин тIехь буьйсанан мара ваханера. Бетас аьлларг талмажа гочдинчул тIаьхьа дикка тийналла лаьттира кху чохь, арарчу жIаьлийн летаро бен ца йохош. «Ма урх йоцуш, йуьхь-лерам боцуш, бIаьрга тIе бIаьрг боьгIна, оза ца луш, шена хетарг, мел къаьхьа делахь, охьадуьллур долуш, челакх къам ду-кх хIара. Ларалур вуй теша со кхаьрга Дала, айса бохург дойтуш караберзо, бусалба динан низаме балийна хIорш совцо?» –
ша-шега бохуш, Шемалан ойланашка валар хадийра Оьздамара.
Свидетельство о публикации №224082501779