Имаман кхайкхам

«Вай ара баьккхинчу некъах лаций дош алахьа, имам!» - аьлла, Оьздамара шен ойланех йукъахваьккхира имам. Шемал, къамел дIадоло сих ца луш, леранна хьежа вуьйлира чохь болчаьрга – хIораннах, шен мекара-ира, хьекъале бIаьргаш чекхбаха санна.
«Хьалха Делах, шолгIа кху нахах тешна бу-кх сан кхоллам. Муьлха ву те кхарах суна, хIара Оьздамар санна, муьтIахь хир волуш йа, дегIастанхоша санна, шайна хало хиллачу хенахь, букъ берзийна, йамартлонца дIатосур волуш? – боху ойла коьрте хьийзаш хила тарлора имамана. – Ткъа иза тахана къасталур дац, иза замано гойтур ду». Талмажна тIе ца воьрзуш, шен луьста йаьллачу, йеакIов лоргуш кечйина, кIуьданан серлонгахь  цIен гучу можах, стаммий, дехий, мекханан цергаш санна долу пIелгаш нисдеш, ка хьаькхна, нахана тIедогIийна бIаьргийн хьажар кхин тIе  ирдина, къамел долийра имама. «Бусалба вежарий! Шайх Мансуран, Таймин Биболатан заманашкахь дуьйна йерриге Кавказан лаьттанашна тIе куьг кхийдо волавелла оьрсийн паччахь. Тахана берриге ДегIастанан, Нохчийчоьнан мехкаш дIалаьцна волуш воллу. Гуьржий, эрмалой, азербайджанаш, х1ирий, гIебартой, суна мел дийца иэхье, лазаме делахь, тахана цкъачунна, сан махкахой-дегIастанхой къарбелла оьрсашна. И къаьмнаш цкъа маршо хIун йу хууш йа маршо йолуш ца даьхна – уьш лайшкий, эланашкий бекъабелла латтарна. МукIарло дан мел хала делахь – со ма ву царах. Амма шун къомо цкъан-цкъа тIе ца эцна шайна йукъахь элий бовлийтаран низам, оцу элашна бацархой шайна йукъахь кхиийтар дуола ца далийтина аша. Шуна йукъахь массо стаг шен сина, дегIана маьрша хилла, цуьнан бахаме йа тароне хьаьжна доцуш. Иштта маьршачу синкхетамехь тIеэцна аша бусалба дин а. Амма бусалба динца ца догIуш дуккха Iадаташ ду шун, делахь царал сов дукха ду шун оьздангалла ларйеш, хазйеш долу гIиллакхаш, ламасташ а. Тахана вай ийман диллина бусалба вежарий ду. Вайгара мохк, дин, дегIан маршо, доьзалийн долалла дIадоккхуш мостагI ву вайх хIоранан наьIарх чугIерташ. Йа оьрсашца хьакхарчий йууш, кериста дине дирзина, зударех, йоьIарех кхахьпанаш хилийтина, ваьш оцу оьрсийн леш хилла, бийца дай боцу, къотIалгIа йина тIаьхье кхуьуьйтуш, кериста, мунепикъаш, акхаройн амалшца, адамийн сибтехь маймалш хилла деха вай, йа керистанна, муьлххачу  мохк дIалацархочунна дуьхала леташ дала, йа тола гIазот кхайкхина, дуьхьал довлу вай? ХIун гIоле хета шуна? Со Iажалло бен йухавоккхур волуш вац оцу некъара, вайн мехкаш марша довллалц. Соьца Делан кхиэл лелахь, сайн доьзалшна, церан тIаьхьенашна весет дитна ас, оцу некъах ца туьлуш дIадахар тIедуьллуш» Талмаже дерриг къамел нохчийн матте ца даккхалахь, амма йукъара маьIна нийса деш гочдора цо имаман къамел. Дийцинчо хIоранна дуьхьала тесира тIедогIуш долу декъазчу дахаран сурт, тIетеIаш болчу керистанан ницкъана духьала ондда ницкъ ца баккхахь, маршонах дог дилла дезар а.
– «ХIун дан деза оха, имам, кериста сацо, иза йуха ваккха?» - хаьттира йалхойн тхьамдано Бабата. Талмажо хаттар шена гочдича, Шемал ЦIонтарарчу ШоIипе хьаьжира. ШоIипа, Бабатан хаттарна жоп  луш, элира: – «Кертахь баккхийчийн йукъ йехккалла ши-кхоъ доьзалхо волчо, царах шена гIоле хеташ волччух тIемало ван веза, имаман бIанах схьатухуш. Вайн маршо наха ларйир йац, вай ваьш ларйан йезар йу иза». Чохь тийналла хIоьттира. Домбис, имам шега хьаьжча, тийналла йохош, элира:
– «Вайн имамо гонахарчу къаьмнашка, керистанна духьала гIовтта аьлла, геланчашкахула дахьийтина кехаташ ду кхайкхамашца. Дала накъостий боцуш дутур дац, вай тахана жимма меттах девлчхьана. Ткъа нагахь, сох-м хьакхалур дацара хIара хIума, йа нахана хирг бен хир дац суна, наха ловш дерриг аса ловр ду бохуш, кIиллойн ойланех Iехаделла вай Iахь, оьрсийн хьакхарчашца дийшар, гIовттар долуш, цIунала  керчаш, хан такха-м дезар ду церан кога кIел баханчийн».
Талмажо жIайн матте дерзийра наибан къамел. Шемала реза хилла, чалба хьарчийна, баьшна корта лестабора. Талмаж луьйчуьра сецча, шена вистхила пурба дехна, имамо бакъо йелча шена, Цоца вистхилира:
– «Лараме хьеший, хьомсара лулахой! Сан тайпанан нахана, суна боккха кхаъ, даггара хазахетар ду, шу тховсалерчу буса вайн кIуотарахь мехкан мехала гIуллакх къастош хилар, шайн деналлиций, ийманций, маршонан гIазотана йукъйихкина, Делан дин толо араваьлла лела имам Шемал шайн коьртехь волуш. Шух дуьйцуш тамехь дацахь, сан тхов кIел кхуьуш йиъ боьрша хIума йу. Амма царах цхьаъ бен вац баккхийчийн йукъйоьхке хан кхаьчна, шолгIаниг цу ханна герга кхочуш ву. Нагахь санна имаман бIана йукъахь и сан БIаьхо цIе йолу доьзалхо,  пайденна хир велахь, тховса дуьйна оцу имаман, стигларчу Делан кара дIало-кх ас иза, сайн долара ваьккхина вайн мохк марша баллалц. ХIара сайн хIусам, долуш долу даьхни вайн маршонан гIулкхана, гIазотан тIамна оцу имам Шемална дола дан хьанал до-кх ас».
Цоцин къамел шена гочдича, имам кхоччуш векхавелира. Оцу буссехь Цоцица йохье бевллачу гонахарчу кIуотаршкара наха шовзткъа тIемало кечвира имаман бIох дIатоха. Доккха беркат делира имамана Цоци кIуотарах, кху чуьра дуьйна гIазотан бIо стамлуш, ткъа шаре сов бахбелира керистанца латтийна маршонан къовсам.
И буьйса Цоци хIусамашкахь йаьккхира хьешаша. ШолгIачу Iуьйранна кху кIуотаршкара шайх схьатоьхна шовзткъа бIаьхо Оьздамаран тобанах тоьхна, Оьздамар наибан даржехь чIагIвина, цунна шен бIо пхеа бIе стаге кхачор тIедиллира Шемала. Оьздамара ши кIира далале кхочуш бира имаман лаам. Ткъа хIорш Iуьйренца ламазаш диначул тIаьхьа, гIеххьа йуучух  кхетта, Хулло-хин луьста хьун лаьттачу бердашца, Эвтара хьала бахара. Оцу бIоца хиллера сан воьалгIачу дененан деваша ТIаьхIир а. Цул воккхах волчу вашас, Увайса-м ша йазвайтина хиллера шаьш Цоцас чу кхайкхинчохь. Амма ТIаьхIир, Увайс бIаца д1ахьажо, реза ца хилира: цкъа-делахь, цуьнан хIусамнана, ХIажар, йожжа йоллуш, доьзалхочух хиларна; шозлагIа-делахь, шел воккхах волу иза тIаме хьажийна, кхуьнан нехан бIаьра хьоьжуш, цIахула лелийла дацара. Оцу къастарх ши ваша кхин цкъа бен вовшах ца кхийтира дийна волуш. БIаьстенан Iуьйренца доьжначу тхин тIадамийн гарголгашлахь, стелаIодаш дулуш, и Iодаш шайх хьакхаваларций шовзткъа тайпана гаьргашка даржош, мела ладар хуьлий диттийн гIаш тIера, хIетта хьалагIоьртинчу бецан хелигаш тIера охьаоьгура, луьстачу маьлхан зIаьнаршлахь лепаш. Шемалан бIо, Хулло-хи Цоци кIуотарна тIе дерзош дIаьккхинчу татолна тIекхаьчча, къайлабелира. Оцу Цоци кIуотарна тIе хи хьовзош дIаьккхинчу татолах шена керла гIад дина, Гелдганхула хьалхенгахь чекхдолуш хилла Хулло-хи, кхин шен ширачу гIадчу ца доьрзуш, шена дуьхьал гелдганхоша мел ваьлнаш дарх, тахана ша охьадогIучу гIад чохь дисна. Цоца вехха Iийра, бIо гучуьра баьллачу къилбехьа вирзина, бIаьргаш  тIунделла. Муха ойланаша пошма даьккхинера теша цуьнан дог, бIаьргех хи доккхуш? ЧIогIачу томкех, хьажкIан луьйдигна  йукъахьарчош сигарка кечйина, цIетухи  тIе лаьцначу кIожам  тIе мокхаз  тухуш и кIожам латийна, цунах Iуттуш сигаьрка латийина, боккха баьккхина сигаьркин кIур кийра уьйзира цо. Имам Шемална хаа йиш йолуш хIума дацара, Цоцас марзделла схьадохьуш долу томка озар. Сигаьрка озаран сакхтах дIакъаста везар сацийра Цоцас оцу Iуьйранна. Ша сийсара, тахана мел баьккхинчу когана, диначу гIулкхашна ша-шена реза вара иза. Цхьанне цхьа эшам боцуш, махкана маршо хир йоций хаара цунна.


Рецензии