Нохчийчоьнан гiаттам

Эвтарахь цхьаьнакхетта имаман берриге бIо Шелахула, Йоккхачу  АтагIула Органца ламанан йарташка баьржира. Амма Гиха - чоьнал хьала мел волу, гонахарчу йарташкара наха зиэнаш деш, дуьхьалонаш йора кхарна. Хазарех шайн схьабовларан бух бу олуш болчу мулкъоша ГIезир-Кхаьллан чIожехь йиначу кIелонехь, куьйгана  ши чов хиллера Шемална. Ша сихваларх берриге  нохчийн мохк шена муьтIахь хир боций хиъна, имам, шен куьйга кIел совцуш йолчу меттигашкахь шен низам чIагIдархьамма, шен шахьаре – ДаьргIа йухавирзира. Амма шен бIанах цхьа дакъа, Ташов – Хьажа коьртехь волуш Аьккхийн махка, важа дакъа Оьздамаран куьйгаллина кIел долуш, Теркаца бехаш болчу гIумкийн эланашка гIазотана тоба дайта хьажийра имама. Ткъа Ахберда-Махьма гIалгIаша оьрсашна дуьхьала биначу гIаттамна гIо дан вахийтира ши бIе стагах вовшахтоьхначу бIанан коьртехь. Оцу хенахь гIебартойн, гIумкийн эланаша лелочу къизаллина, оьрсийн эскаро и элий бакъбарна, шинхьарнаш дуьхьала гIевттира, Теркайистан нохчийн йарташ тIехь. ЦIе йаьлла, дага доладелира оьрсийн когаш кIеллахь Нохчийчоьнан латта. ДаьргIа гулйала йуьйлира шайн лаамехь маршонна гIевттинчу нохчийн, суьйлийн, Iаьндийн, гIалгIайн, эскарера уьдучу оьрсийн салтийн тобанаш. Уьш тIеоьцуш, Iамош, Iоман арахь зераш дIахьош хьийзара Уллубий, Домби, ШоIип, Iийса, ТIелхиг а. Шайна тIедехкина декхарш кхочуш дина йухабирзира ДаьргIа Ташов-Хьажа, Оьздамар, Ахберд-Махьма. Имам Шемалан, Ташов-Хьажин агIорхьара шайна болчу тIеман кхерамой, оцу шина стеган дешан говзаллой кхаьргахьа йехира ДегIастанера малхбузехьа йолу Салатавера йарташ.
Амма Органций, Мартанций, Iас – хишца йолу йарташ талош инарла Граббе, Басс - хица йерш талош инарла Галафеев  каде хьаьвзинера 1840-гIачу шеран бIаьстенца. И шо чекхдолуш, жIайн элийн тIаьхьенах волу Хьажа-Мурд, имам Шемалан бIонах схьакхеттера, оьрсийн эскарехь прапорщикан чинехь гIуллакх деш хилла лелачуьра вуха волуш, шен дай байина мостагI Шемал хпллашехь. Хьажа-Мурд Шемала ДегIастанахь суьйлийн (жIайн) наиб чIагIвинера. Цунна тIедуьллу имамо берриге жIай оьрсашна дуьхьала гIовттаме бахар. Шен куьйгаллина кIелхьара Нохчийчоь деа декъе йоькъу имама. Мичиг-хих, Гумс-хих кхеташ долчу хишций, шовданашций йолчу йартийн наиб ЦIонтарара ШоIип-молла, Аьккхийн махкарчу йартийн наиб Уллубий, Йоккхачу Нохчийчоьнан (Органций, Басс-хиций йолчу йартийн) наиб ДаьргIара Жовтха, Жимачу Нохчийчоьнан (Соьлжанний, ГIой-хиний йуккъехь йолучу йартийн) наиб - Ахберда-Махьма хIоттош, шен пачхьалкхан кеп чIагIйо цо. Наибашна тIедиллира Шемала бусалба динца ца догIуш, цунах Iитталуш долу Iадаташ, ламасташ лелор нахана дехкар. Бусалба динан парзаш дуьззина кхочуш дайтар, шаьш гIазотана дIахIиттийначу бIехошна оьшуш мел долу хIума латтор тIедожор хIора йуьртана, маларш мийлар, сигаьрка озар, къоланаш дар, зина лелор, маьрша адам дер, вовшен чIираш йекхар дуьззина дехкар. Маре боьлхург хилла йоьIарий, жоьра бисина зударий тарлучу агIор боьршачу нехан дола бахар. Махкахь тIом лаьтташ мел бу, бIона оьшучунна, массо  йуьрто йасакх (налог) такхар тIедожийра. Низам дохош  дуьхьало йешверг шариIатан кхоьле озор. Оцу балхана хIора йуьртахь шариIатан кхиэлаш денйар, цаьрга хаддаза болх байтар тIедожийра имама наибашна. Шемалан тIеман кхиамаш сов мел бовлура, оьрсийн эскарера уьдуш, бусалба нехан гIаттамехьа буьйлучу салташна Iер-дахаран хьал тодар, уьш ларамца тIеэцар, церан говзаллех, хаарех пайдаэцар шайн боккхачу тидамехь латтадойтура наибашка Шемала. Имам Шемалан цIе дуьнено йоккхуш йаьржира, Нохчийчоьно дехачу ткъа шеран заманна къиза, дуьненан йолхалгIа дакъа йолчу Россина дуьхьала маршонан тIом баран деза дукъ шен коча лацарна.


Рецензии