Баккхийчийн йукъйехкар
– «ЙоI Делан дика ду, - элира, шега кхаъ баьккхинчу йише (Захуга), дашо сом кховдош дедас, керла гергарло гучудоккхур ду цо. Дала ворхI вешин беркате йиша йойла цунах».– Иштта мехала хазахетаран кхоъ бахьана цхьанаметта гулдаларна, хIоттийра Цоцас той, кхоалгIачу шаре баьлла сту бийна. Оцу тойнехь цо дагалаьцна кхо ниййат дара. Дуьненчу даьллачу берана тIера хьакъикъат дер, пхийттара ваьллачу кIанте баккхийчийн йукъйехкийтар. ТIе Шемалан бIоца гIазотехь, валарний-висарний йукъа хьийзаш волу БIаьхо, Дала могаш-маьрша цIа хьажа-хIотта ваийтарна хастам бар цхьаьна. Цоцас гондахьара нах кхайкхина дешийтира мовлад, гIеххьа зуькаран мур баккийтира нахе шаьш хьевшина Iаччохь, хIеттахь тобанаш дойтуш хиллачу Сесанара, Зандакъара хьажойн (Ташов-Хьажин, ГIеза-Хьажин) макъамехь. Оьздамара, шен доттагIчун кIентан, пхийтта шо кхачарна лерина йаийтина йолу, ДаьргIарчу пхьерашка кечйайтина кхелина шаьлта, осмалойн тапча гIодах дIайихкира БIаьхос шен пхийттара ваьллачу вешина, Бахьина. Оьздамара дIаала даийтина дешнаш шен веше дIаолуш: – «МостагIунна дуьхьала хIара шаьлта ойуш долу куьг нуьцкъала, маса, тапча йожош ца дегош, бIаьрг аьрзо санна, Iалашо нийса лоцуш хилийла!» Ша жима велахь чохь болчарна хьалха вистхила, шена дош даларна, вистхуьлу Бахьа: «Дала сагIа дойла Оьздамаран совгIаташ. Баттара йаьккхина шаьлта мостагI ца вожош, хьажийначу тапчин дIаьндарг гIакх ца лоцуш, эрна йовр йоций д1ахаийталахь Оьздамаре, сан ваша!». Дууш шортта жижиг долуш, тIемуьйлуш хьена чорпий, масех тайпа чайнаш, мохций, стоьмийн чемаш бохуш – буьйса йуккъе йоьдуш дIадирзира той. «Дала къобал дойла хьакъикъат, вархI вешин йиша хуьлуш, беркате доьзалхо хилийтила Дала йоIах, Зайнапах а (иштта цIе йара цунна тиллинарг). Дала Iалашвойла БIаьхо гIазотан некъахь, Дала хьуна, махкана муьтIахь, деналла долуш кхиийла Бахьа» - бохучу луцашца , сагIе баьхкинарш шайн-шайн кIуотаршка бирзира. «Дела реза хилийла шуна. Дала мел, йал лойла шуна, аша мел баьккхинчу когана. Дала диканца бекхам бойла шуна, аш суна белхех даьхкина йаьккхинчу ханна»,– бохуш, баьхкинарш дIахьовсийра Цоцас. Ткъа массарал тIаьхьа веана Бета, Цоцас, доьзалх ша къаьстина Iаш волчу жимачу оти чохь, хьалха шортта даарш дахкийтина, дIанисвайтинера. Амма, нах дIабахийтина, Цоца чувеача, йуучух батт тохаза, бIаьргаш соне боьгIна, хиъна Iаш вара Бета. Цоцас хотту: – «Ва Бета, хьо шайтIанан бIаьра вогIавелча санна, йуучунах ца кхеташ Iаш ма ву. ХIун гина хьуна оцу бессара цу кIажахь, рицкъа ца дууш Iалла, тамашийна?» – Хаттар дина, шена дуьхьала болчу поппаран маьнги тIе Цоца охьахиъча, цу кIажа хьоьжучуьра схьа цавоьрзура Бета. Цоцас ара мохь туьйхира шен несе, Маржане, (БIаьхон зудчуьнга), сихха шаьшшинна йовха йуург йан аьлла, кху чуьра шийланиг дIайаккхий. Нус ара йаьллачул тIаьхьа, ойла кхарста йахана Iачу Бетина тIевирзира Цоца. Бета, жимма бIаьргаш бетташ Iийна, вистхилира:
«Цоца, цкъацкъа кошмаллин гIан-бIарлагIаш хIуьтту суна дуьхьала. Оцу хенахь нахана со жинаша йа шайтIанаша иэгIийна ву моьтташ. Ткъа сайна гинарг аса дийцича, шуна иза, аса сайггара даьккхина, туьйра хета. Амма вала вахвеллачунна аса мел дийцинарг, тахана шуна туьйранаш хеташ долу хIумнаш, шайн бIаьрга гург хиларх-м шеко йац хьуна, Цоца. ХIинцца хьан доьзалах, хьоьх лаьцна бIарлагIаш дуьхьала оьхьна воллура хьуна со. Сан дегIан чарх, хьуна гуш, хьан чохь йелахь а, сан са хуьлу-кх тIедогIучу шерийн некъашкахула кхерсташ лелаш. Дала суна гойтуш долу суьрташ ду аса схьадуьйцурш. Стоьмийн беш кхио гIерташ вайра суна хьо, Цоца. Дуккха синтарш дийгIира ахь, амма царах стом лато тамехь диъ бен ца кхиира. Цхьаъ, зазадаккхале стелахаьштиг кхетта, буххера хадийра, йуха ден ца луш, дакъаделира иза. Дисинчу кхааннах шиъ заздаьккхина, шишша стом тIехь ношбала боьлча, керистанийн бIано, хих диэхьа бовла тIай туьллу гIирс бан, хададина дIадаьхьийра. Оцу шинна тIера охьаэгначу стоьмех маргIалш денделира, амма церан оьмар йеха ца хуьлуш – уьш хIаллакхилира. Ахь доьгIначу стоьмех цхьа дитта, стоьмаш латош, шена гондхьа маргIалш кхуьуш, дийна дисира. Кхин цхьаъ ду, кестта имамера хаза кхаъ кхочу хьуна, хьан цIе Нохчийчохь гуттаренна йаха йуьтуш».
Цоца, хезаш мукIарло ца дахь, озалуш вара гIеххьа Бетех. Дала, хIуъа делахь, цхьа нахехь доцу дакъа делла стаг хетара иза Цоцина наггахь. Амма дукхахьолахь, наха дуьйцучу эладитанийн хабаршна тIаьхьа хуттура, хьаьвззий. Бетас дуьйцуш дерш, лелош дерш семан тIехь нийсачуьнга дIакхехьалур долу хIумнаш ца хетара цхьанне. Тахана шаьшшиъ висарна, Цоцас ма-дарра дIаэлира Бете нахана, шена цунах лаьцна хеташ дерг.
– «Ахь-м, Цоца, соьга дуьххьала схьаэли иза. ТIаьхьашха сох лаьцна и хабарш дуьйцуш, гIибаташ деш мел дукха нах бу, сан тайпанан йалхошлахь, сан нанас вина ваша, Солта, коьртехь волуш. Цавашарца соьга наггахь хотту Солтас: «ХIун хир ду, Бета, итт-пхийтта шо даьлча вайх?» Хаттарна аларций дала жоп сан ма дац сихха цхьанне. Амма хаьттинчух лаьцна аса ойла йе-еш, Дала сан сина дуьхала ма ухьу, соьга цхьаммо хаьттиначух жоп долу хIума. Ша соьга дина хаттар хаьттинчунна дицло, ша бала болуш хаьттина цахиларе терра, масала Солтина т1ехь. 1ийна, жимма хан йаьлла, со жоп дала волало, сайна Дала дуьхьала ма – оххьара. Аса дуьйцучух иза вела х1утту:
– «Делан дуьхьа ма накъостий бу-кх хьан дегIаца, ма вада во-кх хьо цара ворхIе стигалхулий, латтанаш тIехулий, ког лаьттах хьакхабала ца вуьтуш»,– бохуш, тхойшинна гонаха гулйелла пхьоьха йелайо Солтас.
– «Бета, зуда хIунда ца йалайо ахьа? Доьзал боцуш, иштта лелла вер вуй хьо?» - олу Цоцас.
– «Зуда, доьзал, шен хIусаман кхерч – мерза, дог хьостуш хIумнаш ду, Цоца. Амма сан хуьлийла йолуш марзонаш йац уьш. Сан хIун сий хьаладолу, ас нехан цхьа пекъар йалийна, цунна дуучуьнца, молучуьнца, тIедухучуьнца беш там боцуш, сайца къоьлла йоькъуьйтуш, оцу къоьлли тIе цуьнга хIора шарахь декъаза синош дуьненчу дахийтича. Ткъа оцу синойх, цхьа рицкъа хилла, уьш даха дисахь, шайн синош довдийна лела безаш йа оьрсийн паччахьан леш хирг хилча. ХIинца аса болош болу доьзал хьанна оьшу? Сан доьзал ца кхиарх цхьанне эшам ца хуьлу. Солтина, цуьнан доьзална со тIехь волу лаьттан коржам кхочур йу, сан доьзал ца хилча, церан ков-керт шорлур ду»
– «Доь доцуш дуьненчуьра ца ван, ма оьшу иза, ва Бета, тIаьхье йуоло! - олу Цоцас.
– «Шек дIа ма валахь, Цоца, хьан цIе йуьсур йу хьуна тIаьхьенашна йийца: – «Йурт йиллина Цоца вай иза-м баха»
Сан цIе йуьсур йу: «Цкъа ваьхна-кх Цоци-Юьртахь Бета – Iовдал баха. Со ненахоша Гермчигахь дIавуллур ву, сан нахана сох бала ца хуьлуш. Хьан каш-лахьта кху хьайн кIуотар лаьттинчу лаьтта тIехь хир ду, Цоца», – олуш, Бета сихонца, шен арахь гоьзанна тIе стомма йуьхьаган агIо т1егIортийначу беха сарагна тIевахара.
– «СадаьIин ахь, сан дин, – аьлла, сараге вист хилла, леранна цуьнга ладугIучу суьртахь, сараг тIе лерг дуьллуш, охьа таьIна, – Дика ду, дика ду, чехка хохкур бац», – бохуш, сараг тIе куьг хьаькхна, аьтту ког тIехула дехьа тосуш, ша нуьйра тIе хуучуха, и сараг г1ашйукъа лаьцна: «Но..о..о! Сан гила-дин!» – аьлла, байн ког боккхуш, кехваьлла, Бабатан кIуотарехьа дIавахара иза.
«Массо адамо Дала шена делларг, шена йаздиннарг леладо-кх. Амма, дуьненан хьесапехь, гIийла пекъар ву-кх хьо, тхох цхьа ирсе вацахь»,– олуш, керта вирзира, йуучух батт ца тухуш дIаваханчу Бетина тIаьхьаваьлла, Цоца.
Свидетельство о публикации №224082501790