Кiант дех дагавалар
«Буьйса муха йаьккхи ахь, дада! Хала - м дац хьуна со цIахь воцуш кертахь, арахь долчуьнца ларавала?» – хотту БIаьхос.
– «Делан къинхетамца дика ларало тхо-м. Бахьас, Тоьпсуркъас охуна деш, дIайуьйш, асар-маьрсан хенахь дика накъосталла до, МIаьчиг жаца дика ларалуш ву. Тхайниг-м герзан кхерамна кIеллахь болх бацара, шун гIуллакхаш муха ду? Оьрсашца тасадалар сих-сиха нислой шун? Вер, лазавар доцуш хилац-кх тIом!» - хеттаршца вистхуьлу да.
– «Вайн Оьздамарца гIумкийн элашца тийсалучохь дара тхо Теркаца, цул тIаьхьа Сесанара Воккхачу - Хьажин, Оьздамаран ши бIо Аьккхийн махкарчу оьрсийн гIопана тIелатар дира. ГIумкийн элашца дерг дукха дах ца делира: тхох виъ вуьйш, йалх лаза веш, царах шийтта вуьйш, кхаа эланна тоьпаш туху кхел кхочушйеш, дирзира цигара гIуллакх. Бисинчу гIумкаша шариIатан тобанаш деш, гIазотана ткъе берхIийтта стаг имаман бIонах тухуш, чIагIонаш йира мехкан маршонан къовсамна гIовтта. Амма Аьккхийн махкахь, оьрсийн чIагIонна голаьцна, буса церан гIопан пен эккхийта тхан аьтто баьллачу хенахь, Хасав–Юртара дагIестанхой оьрсашна орцах кхаьчна, цара цхьаьний динчу туохаро, йухадовла дезийтира тхан лаьмнашка. Цигахь алссам зен хилира тхуна: пхийтта вийнера, шовзткъа сов лазийнера. Белларш бенойн, билтойн кешнашка дIабоьхкира, йеза-йаккхий чевнаш хилларш, цигарчу йарташка, бецийн дарбанаш леладайта, цхьацца нахех дIанисбира»
«Вайн йарташкарчу наха тIе муха оьцу шу? - хотту, кIанта дийцинчо кхолийначу дас.
«Дера вай наха-м дика тIе ма оьцу тхо шайгарчу къечу хьоле хьаьжча. Амма гIазкхи чекхбевлла йарташ дукха ирчачу хьолехь йу-кх, дада. Жижиг-м, шайн кхобуш даьхни хиларе терра, кхачо йоллуш ду ломахь, амма йалтица йоккха къоьлла лаьтта. Кху аренца йолчу йарташа шайн ницкъе хьаьжжина гIо-м до, амма лам чохь болчарна хала ду Iаьнах бовла. Массанхьа йолу хIусамаш лаьттах йаьхна тоьланаш йу. Царна чохь тIуно, гатто йу, цамгарша лецнарш балехь бу. Иштта гIаддайначу тхо нисделча, чIогIа бехкала боьлхий хьаьвза хIусамдай – массарна йуьхькIам ма безий хьеший тIеоьцуш. Оцу хьолехь йолчу хIусаме нисделча, сина бIаьрза хуьлура тхо, царна тхайгара бан аьтто цахиларна. Цхьабакъду, дада, вайн мехкан бIо де-дийне мел долу дебаш-м бу, гIазотана гIевттинчу меттигийн доза шорлуш доьдуш ду Дагестанехь тIехь. Имама, наибаша сацам бинчух тера ду, массо йарташкахь, шаьш-шайн къайлах тIелетачу оьрсийн эскарх лардала, зударий, бераш цхьанхьа левчкъина, къайла бовллалц йукъана, мостагIашна дуьхьало йан кегийрхойх (кхиазхойх) тIеман тобанаш кхолла, имаман эскарца зIе йолуш йиллина. ТIаккха мостагIийн хIинца санна, эвххьаза лелийла хир йац вайн йарташна мичча хенахь чулелхаш талораш дан.
«Иза дика дагадеана хIума ду. Доцца аьлча, жима, воккха
герзаца, вуьжуш, гIоттуш, болх беш, лела везаш зама йу-кх вайна
тIехIоьттинарг. Массо стаг мостагIна дуьхьала вала кийча хила веза,
кIант, ахь дийцарехь. Делан карахь бу-кх вайн кхолламаш. Дала мукълахь, вай ийманах ца доха, маршонан къовсамехь вешан синош ца кхоо нигат ду-кх, Делан дуьхьа, – олуш, шен корта айинера Цоцас.
«Дада, Бахьа ву-кх, хьоьга дехар дай, соьга ша Ведана вига бохуш, сан са дууш. Цигахь, «бIо ловзу аре» олуш, цIейаххана меттиг йу. Оцу арахь тIебаьхкина къона бIаьхой Iамош, махкахь бевзаш болу говзанчаш бу, сих-сиха тIемалошна йукъахь къовсадаларш деш. Оцу зерашкахь къовсавалийта ша вига бохуш, гIад-амал кхачийна-кх сан цо. ХIун жоп ло аса цунна, дада?» - хаьттира БIаьхос дега. Жимма ойла йина Цоцас элира: – «Суна дика йевза Бахьин амал.
Тахана-м цо хьоьгахула дехар до соьга, ша Ведана вахийта бохуш, амма ас иза реза хир воцу жоп хьуна лахь, кхана цо ша соьга ца хоттуш, вахана каравойтур ву цига. Цуьнан амал суна дика йевза. Иза Далла, нахана хьалха бехказа хир волчу хIуманна тIехь, цунна дуьхьало цайар гIуолехь ду. Вай Iаьнна кечам бина девла, дисина кега-мерса гIуллакхаш соьгий, Тепсуркъей, МIаьчиге далур ду. ДIавига ахь, амма тIемалочун хьуьнарш Iаммалц бен вита йиш йац иза цигахь».
– «Дика ду, дада. Дала вахавойла хьо, могашалла йолуш. Ма боккха мохь кочара баьккхи ахь суна. ХIинца сихха, йуучух кхетта, тхойша новкъа вала веза, дада. ЦIен-Iинера Iарп-Хьажин ТIаьхIир вара хьажа-хIотта цIа веана, иза вайга Iуьйренца схьакхетар волуш ву», - элира БIаьхос.
– «Шен ваша цIа кхачарна висина хилла - кх Iарп-Хьажин Увайс вайга сагIане ца вогIуш. Иза мича бахьанина висина теша бохуш, ойланаш йеш вара хьуна со. Дика ду, новкъа довла кечам бе сихха», - аьлла, БIаьхо дIахьажийра дас шайн йуккъерачу хIусаме.
Свидетельство о публикации №224082501791