Тiаьххьара цхьаьнакхетар

Шо гергга хан йаьллера Увайс, ТIаьхIир вовшен ца гуш. ЦIен-Iинан кIуотарахь хийцаделла хIумма дацара. Делахь цхьа хIума-м дара хазачу кхоъца – кху жимачу кIуотара керла махкахо веанера. Иза вара жима ВаххIаб, Увайсана, ХIажарна Дала дина совгIат. Оцу хазахетаро тIемаш дехкина, ког лаьттах ца кхеташ, кертахь, арахь дечунна каде хийзаш вара Увайс. Шен девешин воккхавер, ирсе хилар гуш, самукъане, йоккхайеш йара Сайхьат, нус Жарадат а. Буожабер гучудаларо диначу хазахетаро ша хиллачул безамехь хуьлуш дIахIоьттинера ХIажар ша. ХIинца оцу хазачу кхоан туокхонна тIехь болчу кхарна, тIех доккха совгIат дира ТIаьхIиран цIа кхачаро, вог1у аьлла кхарна хилла цхьа хаам боцуш. Ши ваша дикка лаьттира мара кхеттачуьра вовшах ца волуш. ТIаьхIира-м, шарахь том беш лелаш гиначу баларша, йезачу чевнаша, къизаллин тасадаларша, дог чIагIдеш, шагдина вара. Цундела цуьнан бIаьргех хин тIадам ца белира, кийрара дог арагIерташ детталахь а. Ткъа Увайсан дагчу, ша даима шийлачу кхоо дахьорна кхоьруш, хIинций-хIинций бохуш са ийалуш лаьттина долу, гуро лаьцча санна, хIара цIеххьана кертахь гучуваьлча, марша долуш йоьссинчу кIадалло  бIаьргашчу тIуналла хецна, кхуьнан бертаза беснеш тIехула дуьра хи хьаьддера. Цундела, ша оццалла уосалавалар зударшна, берашна гуча ца далийта, хьело иза жимах волу ваша дIа ца хоьцуш, цуьнан марахь. Сайхьата меттавалийра и шиъ:
– «Тоьар ду шуьшинан, йетт, эсий санна, вовшашна тIе мотт хьоькхуш Iар, тхоьга кхачийта рагI, тхо ма ду шун гергара»,– аьлла, и шиъ вовшен марара ваьккхира цо.
– «Дера лела хьо могаш – маьрша, Дала кхин дIа хан йахйеш! ХIумма кIезиг са-м ца гатдайти ахь хьайна! И валлалц хьо вахийла, оцу шина беран дас шегара хьал дуьйцуш, хабар ма доуьйтура тхуна, ша цIа ван хьелуш хилча. Таймин Биболатца гIазот дихкина ма лийлира иза. Сайн марзхошна хезаш-м цIе йоккхийла дацара сан цуьнан, амма ас, тхаьш цунах олуш хилла, Бибиг бахарх, шуна вевзар воцун дела, йаьккхи-кх ас цуьнан йуьззина цIе. Суна-м цкъа-шозза бен гина вац иза, герзех воьттина, хIинца хьо санна, ТIаьхIир. Иза а цхьана нахаца киэшна хьалхахула чекхволучу хенахь дара. ЦIахь соцуш вацара Бибиг туркойн, гIажарийн, оьрсийн, гуьржийн, гIебартойн, кхечу мехкашкахула лелаш. Церан тхьамданех ветталуш йа бIана хьалхаволий тIемаш беш. Иза нехан йамартлоно вожаваллалц, цунах ца къаьсташ схьавеара шун нуц а. Дуьло, чудевр ду вай. Со дукха къамеле йаьлла, хьекъал дIадахарна, хилларш-лелларш карла а девлла, герзех воьттина хьо гучуваьлча, ТIаьхIир». Сайхьат чоьхьа йолайелира, ХIажар, цуьнан бераш ТIаьхирна маралелха дуьйлира.
– «ЖимкIант, жиммалла цIахь Iен ца веана хьо? Шарахь гергга бIоца лелча, баттахь мукъна садаIийта мегар ма-дара имамо»,- бIаьргех йовлакхан тIам хьоькхуш, къоркхокханах декара, легаш дохарна хийцаделла ХIажаран гIоргIа аз.
– «Керистанан кхерам вайна тIера дIабаьлча, Iийр ду вай вешан кхерчашна гонаха хьийзаш, дийшинчуьра лацайелла агIонаш хоьрцуш. Цкъачунна сема хила дезаш зама йу. Кханнехь новкъа вала веза. Соьга хьоьжуш Iийр ву Цоци кIант БIаьхо лакхарчу кIуотарара. Майраллиций, деналлиций гIараваьллачу Оьздамаран бIонан тобанца ма ву тхойша. Вуьззина дIа къонах ву Оьздамар, Iажаллина мел ша дуьхьал нисваларх, озалур воцуш. Цхьабакъду, цуьнга кхоччуш деналлица бIаьхойн багавахана ву, хIокху баттахь вайгахьа ваьлла жIайн элийн тIаьхьенех волу, оьрстйн эскарехь эпсар хилла лелла, Хьаж-Мурд. Вайн Оьздамарера майраллица цуьнга хьалхе йаккхалахь-м тамаш бу. Имаман наибех цхьа вац ала хIума долуш, амма Оьздамар ша башха ву. Майралла, деналла къовсуш меттигаш дукха нисло оьрсийн, вайн ши бIо дуьхь-дуьхьала нисбелла, вовшен зуьйш. Ишттачу меттехь цхьацца тIемало тасаволуьйту вовшех, толам баьккхинчо иэшийначу мостаган говр, герз шен дола доккхуш, дозаллина цуьнан дегIах цIет (куьг йа лерг) доккхуш, шена лаахь. Ишттачу тасадаларшкахь вайн масех бIехо вожош билгала ваьллера цхьа гIалгIазкхи. Оцу гауро дозаллица шена дуьхьала вала Шемалан бIонах къонах дIавоьхуш, кIордавайтинера ша нохчашна, имамана. Оьздамара имаме бакъо йехнера ша цуьнца лата вахийта, оцу тасаваларехь шена сигаьркин кIур баккха бакъо йоьхуш. Имамо сигаьркан кIур баккхар магийнера, керстанца тасалучу йукъана, Оьздамарна. Геннара вовшашна тIеттIа кхача чухахкало оьрсийн эпсар, Оьздамар а. Тоьпан хIоъ тIекхочу йукъ шайна йукъахь йисча, Оьздамара, боккха сигаьркин кIур чуоьзна, говр хаьхкина воьдушшехь, гIалгIазкхичунна т1е шен топ хьажийна, шен багара сигаьркан кIур арахецнера. ГIалгIазкхичунна моьттина хилла тарлуш дара, топ, ледара йуларна, молха, к1ур болуш даьгна, хIоъ ара ца кхуссуш дисина герз. Цундела иза шек воцуш, дуьхьала шен топ йожоран меттана, тур даьккхина, майра герга веанера шен мостагIна, топ ца йожош, и туьрца вен дагахь йа т1е йуьхьаг та1ош шегара герз дассо. Иза герга кхаьчча, Оьздамара шен тоьпан лаг оьзнера – иза йолуьйтуш, гIалгIазки саметта хIоъ кхетта воьжнера. МостагI говрара охьавахара кхин меттаххьар доцуш. Воьжначун герзаш цуьнан говран нуьйрах тийсина, цIет даккха ца гIерташ, йухавирзира Оьздамар. Нохчийн бIахойн Iедал дацара, майрачу мостагIчун цIет даьккхина, дакъа эрча доккхуш. И толам баьккхинчул тIаьхьа делира Оьздамарна Шемала совгIатна кечдайтина тур, шена тIехь йаздина йоза долуш: «Хьол майра тIемало вац, хьайчул ира тур долуш цхьа вац», аьлла. Динна шарахь бIаца лелаш шена гина, хезна, шена тIехь зеделла, лайна  хилла хIумнаш цхьаьний иэсе гIоьртина, уьш дийца сихвеллера ТIаьхIир. Иза къамеле ваьлла волуш, неI йиллина, иза чоьхьа валаре хьоьжуш, бераш  совцийна Iачу Сайхьатна тIехь тидам сецира цуьнан. Эххар а, хIорш шега хьоьжуш лаьтташ хиларх кхетта, чувелира иза. Арахь шена тIедогIаделлачу шен шина берана, зудчунна тIехь шен хьажар ца сацийра ТIаьхIира – иза гIиллакхехь дацара йиша-вешина хьалха туосадалийтар а. Пхи шо кхаьчна Юсуп-м тIехьодур вара шен дена, нанас шен къевллина лаьцна куьг жимма малдеш хиллехьара. Ховхаллица гучудоккхуш долу цхьаьнакхетаран хазахетар стага, зудчо шайн доьзалхошца гергарчарна, нахана йукъахь гайтар, даима осалаллий, ледарлой лоруш хилла нохчашлахь. Цундела ТIаьхIир Жарадате, шен шина бере дIа ца хьаьжира, хIунда аьлча хьестаршна, марзонашна билгалйина меттиг нехан, гергарчийн бIаьргашна ца гучохь товш йара. Сарахь, жа цIа ма – кхаьччинехь, Увайса, шен вешин йоьIан кIант, Iаьлмирза, йуххе ваьккхина, сихха уьстагI бийра. Жарадат, Сайхьат сихха кхача кечбан йуьйлира, ХIажара бежнаш дIадерзошшехь. ТIаьхIир, шен вешин йоьIера, Маликера, бархI бутт кхаьчна ВаххIаб кара эцна, хьеста волавелира:
«ХIо-о-ккхалла воккха хуьлийла!» – бохуш, вешин кIант ирх кхуссий схьалоцуш. «Махкана тешаме воI хуьлийла, дена-нанна муьтIахь кIант хуьлийла, вахарг, дукха вахаргарах, гIоза вахаргарах волуш!» - бохуш, самукъадаьлла хьийзара ТIаьхIир. Дикка хьистина цо ВаххIаб Маликега дIавелла, учохь Iохкучу шен таьлсаш* чуьра ЖугIуртарчу пхьераша кечйина берийн шаьлта, ДаьргIахь нохчийн пхьераша кечйина мокхаз буьллу тапча йохьуш чувеана, ТIаьхIира и герзаш ВаххIабан аганан гIевлингарчу гIайби кIел дехкира. Цул тIаьхьа Увайсана, вешин йоьIан кIантана, Iаьлмирзина, машин* шиъ чоа, ХIажарна, Сайхьатна, Жарадатна кучамашна кIаденан кийсикаш, кхоъ таптин* йовлакх, берашна кхийра шакарш, тайнигаш, боккха цхьа шекаран корта–паднар тIе охьадехкира ТIаьхIира. УьстагI тилийна ваьлла, чувеанчу Увайса цец волий олу:
«Ванах, сан ваша, хьо-м ца хилла гIазот даккха вахана, хьо-м са йоккхучу меха вахана ма хилла!» – олуш, велало. ТIаьхIира, ца догIучу дагца къадийра вешега:
«Дера, Вайси, гIазотан боламна дуьхала болчийн: гIумкийн, суьйлийн, таркхойн элашна йукъахь алссам нисло байталбаха* хьакъберш. Оцу элийн доьзалшна хене бовллал хIума дуьтий, важадерг имаман хазне доьрзу. Цунах цхьадерг тIемалошна кхочу».
– «ТIаккха иза имамо чIагIдина низам ду-кх. Дуй?» – хотту Увайса.
– «Ду, – олу ТIаьхIира. Мехкан маршонан дуьхьа, бусалба динан цIеналлина чIагIдина низам ду иза имамо. Мехкан маршонан боламна дуьхьала бевллачийн бахамаш гIазотан гIовттамхошна хьанал беш, уьш гIазотан хьашташна байталбахар магош, имаман хазне пхоьлагIа дакъа дIакхачош. Иштта байталбаьхначу бахамех дакъа кхочу бIан тIемалошна», – олий, шен деса таьлсаш уча охьакхуьйсу ТIаьхIира.
Суьйранна Ислам–кIуотарара гIеххьа дешна волу Бойса–молла, Аьлтин-куп к1уотарара ТIаьхIиран стунцахойх хьачаройн тайпанах ши стаг, кху кIуотарара шайн харачойн тайпанах волу Габаз, Борз-Хьажа, Назарха, Вазарха кхайкхина, мовлад дешийтира Увайса. Шен ваша, чов хилар доцуш, могаш-маьрша цIа кхачарна тIера, шайн доьзалш тIейогIучу хенахь иштта г1оза–декъала бахийта, Далла хастам беш мовлад дара иза, цIен сагIа доькъуш. Мовладе кхайкхина харачой Увайсан, ТIаьхIиран, Сайхьатан цIийнан нах бара, амма церан цIийца долу гергарло шича-маьхчаллелла арадаьлла дара. Делахь, цара вовшен дола дора, вовшен дика-вуонехь цхьаъ хуьлий дIахуьттура.


Рецензии