Iаьлмирзин ненахой

Сайхьатан да Ваха, нана Селима кхуьнан уьссолгIа шо долуш дIакхелхинера. Да, хьуьнхара дечиг дохьуш вогIуш, гIалагIазкхийн талорхойн ардангана тIенисвеллачу тасадаларехь вийнера, кхо царна герзаца дуьхьало йеш, царах цхьаъ вуьйш, шиъ лазавеш. Цул тIаьхьа шо йукъа ца дулуш, чуьйнан цамгаро йийра Сайхьатан нана, Селима. Сайхьат дедас кхиийнера иза Илсхан-Юьрта маре йаххалц йолчу хенахь. Сайхьатан деден Iарп – Хьажин, Докка цIе йолуш ваша хилла. Доккин цхьа доьзалхо ца хилла, цо масех зуда йалийча кхин гучу ца даьлла цхьа бер. Цунделла, эххар а къарвелла, зударий ца балош, маларх кхета, кехатех ловза волавелла хиллера Докка, болана йукъа ахча дуьллуш. Хийла цо тIелатийна декхарш токхуш хилла Iарп-Хьажас, шел воккхачу вешина дан хIума ца хуьлий. Оцу галваларх Доккас, кехатех ловзуш, шен керт-кхов дIайаккхийтина хиллера. Амма иза йаьккхинчо Iарп-Хьажех бехк хетта, Докка кех ца воккхуш, витинера бохуш долу къамел даьржинера нахалахь, бакъдерг Далла дика хуур ду. Iарп-Хьажин виъ доьзалхо хиллера: кхо кIант, цхьа йоI. КIентий бара Сайхьатан да, Ваха, цуьнан вежарий Увайс, ТIаьхIир, йо1 Мелижа. КIентех дерг вай лакхахь дийцина. ткъа Мелижин т1аьхенах дерг билгала къаьстина дац. Кхузахь къаьсттина хьахо богIуш бу, Сайхьатан ден цIийнах болу нах, Увайса, ТIаьхIира мовладе кхайкхина волу ши ваша: Вазархий, Назархий. Церан деда Iума, цуьнан кIант Мохьмад, цуьнан ши кIант Вазархий, Назархий Хорачохь баьхна, вайн махка тIамца гIазкхи чубаржалц. Iума Хорачохь дIакхелхина, ткъа Мохьмад шен доьзалца вуоха дийзира вархIаден йуьртах. Дуьххьара Мохьмад шен кIенташца БIаьчин – Юьрта нисвелла, амма, цигахь ца хьелуш, шен верасалла долчу харачошна тIе цоцанхойн махка вогIу. Мохьмадан ши кIант – Вазарха, Назарха аьчган пхьераш хилла. Царна хууш хилла аьчган маьIданах лалош эчиг схьакъасто, цунах шайн пхьалгIи чохь герзаш дан: тур, шаьлта, гIама. Цундела уьш беза хьеший бина тIеэцна кхузарчу харачоша, мескароша шайна йукъа, Хулло-хина гена доцуш царна дакъа къастош. Вазархин кхо доьзалхо хилла: ши кIант, цхьа йоI. Назархин цхьа кIант бен ца хилла Мохьмад цIе йолуш. Деден хьомарна тиллинера цунна и цIе. Иза Iаламат говза аьчган пхьар хилла дIахоьттина. Цо дина тур хьовзош цецан гонна чохь хIоз балуш хилла, т1е туьран иралло тIе боьжна чо боькъуш хилла. Амма цунна
Дала дина уггар а доккха диканан совгат – шайхалла, эвлайааллин дакъа хилла. И Цоци–Эвлара Мохьмад ву– Шайх-Мани аьлла шен ц1е
дIайахнарг. Теркаца бехачу гумкашка, нохчашка тобанаш дайтина,
цигахь шариIат чIагIдеш, къадарийн тIарикъатан некъ бовзийтинарг ву иза. Оцу шайхан тIаьхьенаш карарчу хенахь йехаш йу Бабатан-Юьртахь, Цоци-Эвлахь, Гуьмсан кIоштахь йолчу Джалкехь а.


Рецензии