Iаьлмирзин дехойн силсил

Iаьлмирзин дехой, Йайбухойх билтой бу, Чорийн некъех болуш. Йайбухой бохург – иза Нашхара Моцарха -Юьртара нохчийн къоман массо тайпанаш т1ейаздина хиллачу йен бухера ц1ена нохчийн тайпа хилар билгала даккхар ду. Церан орам, кхин долчу цIена нохчийн тайпанийн санна, Нашхара схьа бу. Кхин дIа церан даьржина генаш талла дуолийча, уьш Нашхарчу Басхара, Итон-Кхаьлара Басха, Макажарчу Басха, тIакхха БелгIата, цигара Билта, Айтин-Махка, йуха аренгара Хоьшкалда, Мелча-Хе, Илсхан-Юьрта, Соьлже, Устрада-Эвла, Цоци-Эвла, Шела, ГIуьмсе, – доцца аьлча йеригге Нохчийчохь, цул арахьа генаш хоьцуш йаьржина карайо. Тахана карийначу баххашца оцу билтойн, Чорийн некъийн коьртехь билгала ваьлларг ву ИСХЬАКЪАН, БАДАКХАН, МАДАКХАН ШИ К1АНТ: ГЕНАРДУКЪ, МОХЬМАД а. Оцу МАДАКХАН шолгачу кIанта -  МОХЬМАДА долийна  ТОЙСАМАН, ТАЙМИН, ЧЕРМИН некIийн билтойн гара.
 ГЕНАРДУКЪАН кIант ву АХА (ОХУ). АХИН кIентий бу: СУОСА, АЛБУРА, ЛАБАЗ, ОЬЗДМА, ЧОРА. Эццахь Мохьмадан,
Генардукъан гарашка бекъало Йайбуха билтой. Оцу Генардукъан кхаа кIантах къаьста: ЧОРИН, ОЬЗДМАН, АХИН некъий. МОХМАДАН кIентех къаьста ТАЙМИН, ТОЙСАМАН, ЧЕРМИН некъий. Оцу некъашна цхьаболчарна хаьа, шаьш дукха гена довлаза цхьана бухера дуй. Цундела цара вовшашлахь гергарло леладо, вовшен зударий ца буьгу маре. Чорин некъийн силсилехь тхуна бийцина дай хIорш бу: ГЕНАРДУКЪ, АХА (ОХУ), СУОСА, АЛБУРА, ЛАБАЗ, ЧОРА. ЧОРИН кIентий бу: ОЬСМА, ДУДА,
ХЬАМИД, ТОВСОЛТА, ТАЙМАЗ,  АХТАХ, АСХЬАБ.
ТОВСОЛТИН кIант ву БЕКСОЛТА. БЕКСОЛТИН ши кIант ву  РАЖАБ, IУМАР (сан воьалгIа да). Эццахь сан воьалгIачу ден IУМАРАН кIант IАЬЛМИРЗА дIакъаьста шен цIийнан нахах, шен ненахошна йукъахь кхуьуш висарна. Цу лакхахь багарбина дай ЧОРЕЛ лахахь берш бекъало доьзалшка, Чорин некъийн цIарна тIехь лелаш.  Оцу ОЬСМИН, АХТАХАН, ТОВСОЛТИН, ДУДИН,
АСХЬАБАН, ХЬАТУН кхуьуш деба шайн-шайн тIаьхьенаш. Оьсмин кIант ву ЛОРСА, цуьнан кIентий бу: СУОСАР, СУСАРКЪА, ХЬАТУ. Ахтахан кIант ву ТАЙМАЗ, цуьнан кIентий бу: ЭМАЗ, МЕЖЕД,
ТОЙСАМ, ТОВСОЛТА, IАЛСОЛТА, ИБРАМХIИМ. Товсолтин
хуьлу цхьа кIант – БЕКСОЛТА. Бексолтин ши кIант ву РАЖАБ, IУМАР а. IУМАРАН кIант ву IАЬЛМИРЗА. Ражабан кIант САЙДАЛ – БАДАЛ. IУМАРАН кIант IАЬЛМИРЗА, РАЖАБАН кIант САЙДАЛ – БАДАЛ  шичой бу. Оцу Iумаран кIант – IАЬЛМИРЗА ву Илсхан-Юьртара шен дехойх хедаш, ненаца Цоци-Эвла веанарг, шен ден Iумаран гIазотехь дIакхалхар нисделча. Чорин ДУДИН кIант хилла IАБДУЛ-СОЛТА, цуьнан кIант ву АДАМ, цуьнан доьзалхо ву МАХЬМУДА. Махьмудин берийн йу кхуьуш шайн тIаьхьенаш. ЧОРИН АСХЬАБАН кIант хилла РАШЕД, цуьнан кIант вара САЙД-IАЛИ, оцу САЙД-IАЛИН кхиъна кIентий: САЙД-АХЬМАД, САЙД-МОХЬМАД, ХАС-МОХЬМАД МОХЬМАД., Церан йу хIоранан кхуьуш шайн-шайн тIаьхьенаш. ОЬСМИН ЛОРСИН ХЬАТУН кхуьу ши кIант – IАБДУЛ-РАХЬМАН, АБДУЛ-ХЬАМИД, кху шолгIачун кIант хилла ДАНГАР, цуьнан кIентий бу: ЭМИ, БИЛАЛ, МУСА, церан йу дебна тIаьхьенаш. Лорсин Сусаркъин кIант ХЬУСАЙН  хилла, цуьнан кIентий бу IАДЛАН, ХЬАМЗАТ, церан йу шайн тIаьхьенаш. Лорсин Сусаран кIант хилла Iабдул-Рашед, цуьнан кIант Кира хилла, кхин дIа тIаьхье билгала йаьлла йац цуьнан. АХТАХАН ТАЙМАЗАН ЭМАЗАН кIант МУХЬАММАД хилла, кхин дIа тIаьхье билгала йаьлла йац. АхтаханТаймазан Межедан кIант ГАНА хилла, цуьнан кIант ХIАРОН вара, цуьнан ву йалх кIант: СУЛЕЙМАН, САЛМАН, АРСЛАН, РАСУЛ, НУРИД, АСЛАНБЕК. Церан хIоранан тIаьхьенаш йу кхуьуш, цхьа Асланбек вара зуда йалоза, 30 шо хан кхаьчна велахь а. Цо 2021 шарахь зуда йалийна. Ахтахан Таймазан Тойсаман кIант хилла СЕЛАМ-СОЛТА, цуьнан кIант АХЬМАД,
цуьнан йалх кIант кхиъна: АМХЬАД, САЙД-САЛАХЬ, МОХЬМАД-ЭМИ, АБАЛХЬАСА, САЙДСЕЛАМ, ШАДЕД. Церан тIаьхьенаш йу кхуьуш. Бакъду, хьалхара виь ваша цхьацца бахьанашца хеназа дIакхалхар нисделла ву. Дала гечдойла царна. Ахтахан Таймазан Товсолтин кIант хилла ТОВМИРЗА, цуьнан кIант ЛЕЧА вара, цуьнан кIант МОХЬМАД ву.  Мохьмадан тIахье кхуьуш йу. Кхин цхьа кIант вара Лечин, иза Нохчийчохь тIемаш болуш вайна ву. Ахтахан Таймазан IАЛСОЛТИН кIант ГАМА хилла, цуьнан боьрша нехан тIаьхье ца кхиъна. Ахтахан Таймазан ИбрахIиман тIаьхье хилла йац. Нагахь тIаьхьенаш билгала йовлазчийн уьш билгала йовлахь, уьш дIайазйийр йу вай, Дала мукълахь. Чорин некъийн силсилехь схьахуьттучу суьртахь, сан кхоалгIа да ¬Iаьлмирза Чорин, Товсолтин, Бексолтин кIант Iумар хуьлу, Сайдал-Бадал цуьнан шичин Ражабан кIант хуьлу. Бексолтин Iумаран Iаьлмирзин гIеметта хIуттуш кхиар, зуда йалийна доьзалах тасавалар оцу Цоци-Эвлахь дIанисделла. Ненан девежарша Увайса, ТIаьхIира шайна уллохь дакъа нисдина, шен ненаца шена воккхуш, ваха атто бина цуьнан. Сайхьатан, цуьнан кIентан Iаьлмирзин гергарлонийн баххаш бийца лиъна, уьш бахьанехь, вай жимма церан луьра зама йийцарна йуьстаха девллера йозанехь лаьцначу коьртачу Iалашонна. Цундела и вешан йуьстахдовлар нисдеш, дийцар хьалхалерчу хорша дерзор ду вай.


Рецензии