Цоци юьртан терхьам истори

Шайн цIераниш ган веана Оьздамаран тобанера ши тIемало: Цоци кIант БIаьхо, Iарп-Хьажин кIант ТIаьхIир, цаьрца цхьаьна Цоци хIинца пхийттара ваьлла кIант Бахьа, шолгIачу Iуьйранна Ведана хьала боьлху. Веданахь къона кегийрахошна тIеман хIайттала, говзалла Iаморан болх дIахьош бара дийнахь буса «бIонан аре» олучу майданахь. Кхузахь дIадаьхьира къуоначийн хьуьнарш зер а. Къийсалучарна йукъахь шайн тIах-аьлла хиларца билгалваьллера имам Шемалан кIант ГIеза-Махьма, Цоци кIант Бахьа. Къовсадаларшка хьоьжучу имамана гуш дара – Цоци кIанта шен къовсаман таронех буьззина пайдаоьцуш цахилар, цо ГIеза-Махьмина хьалхе йуьтуш хаалора цунна. Цоцех, цуьнан шина доьзалхочух бIаьрг буьзнера имаман. Цо тIевехнера шена Бахьа.  Талмажхочуьнга алийтинера Шемала: «Бахьа, хьо тIах-аьлла, герзана каде кIант ву. Амма тIемалойн бIона йукъахь тийсавалийта жима ву. Хьан воккхах волу ваша тхоьца хилча тоьаш ду. ХIайн дена Цоцина гIо деш цIахь Iе цкъачунна. Амма хьо цIахь сацалуш ца хилахь, хьан дас шен доллара воккхуш, суна хьо схьалуш хилахь бен йуха ма вола. Хьайн да реза вай бен. ХIинца дIагIо. Хьайн дега соьгара салам-маршалла ло. Дала Iалаш войла хьо, вай дерриге кху луьрачу заманахь». Цул тIаьхьа Бахьа Цоцас, шен долара воккхуш, йуха Ведана дIахьажийра. Хаара Цоцина, имама ша тешамна зуьйш вуй. Цоцас шен шолгIа кIант бIанах схьатоьхча, шен куьйга кIел йолчу меттехь имамат кхуллуш волчу Шемала, кегийн кIуотарш цхьаьнатухуш, йаккхийн йарташка гулйан йолийра. Оцу Iалашонца цо Цоца волчу геланча  вина
хьажийра Оьздамар, шегара буьйр дIакхайкхадайта цигарчу
кIуотарийн тхьамданашка. Имама тIедожийра, мелла сиха, йовха йолччуьра, Цоци кIуотарна гонаха йурт йуьллуш охьаховшар, керла йурт Цоци цIарах дIайохуьйтуш. Имаман буьйр кхочуш деш, Цоци цIарах йурт йуьллуш дакъалецира оцу кIуотаршкара шовзткъа сов тайпанийн векалша. Царна йукъахь бу хIокху тайпанийн нах: мескарой, Iаларой, аьккхий; Iаьндий, беной, билтой, бутой, аргIаной, гуной, гIордалой, салой; гIумкий, дишний, дзумсой, ихарой, куршлой, пешхой, суьлий, харачой; хьакарой, цIонтарой, цIикарой, чертой, чIинахой, чермой, ширдий; шуной, шотой, энганой, эгIашбатой, хой, гIагатлой, ансалтой, черкасий, йалхой, ногIий; гIазгIумкий, гIалгIай, жIайхой, лай олуш хилла тайпана нах, кхинберш. Оцу тайпанийн тхьамданийн барт хилира имам Шемалан лаам кхочуш беш керла йурт Цоци цIарах дIайахийта. Йурт Цоци ц1арах йелахь а, йурт йиллинарш оцу вай лакхахь дагардина тайпанаш ду. Нехан сацамна реза хиллачу Цоцас, нахана баркалла олуш, кхо шо кхаьчна сту бейтина, сагIа даьккхира жима, воккха ша волчу кхайкхина. Иштта 1840-г1ачу шеран гуьйранна дуьйна кхоллайелла схьайогIуш йу, схьахIуьттучу суьртахь, Цоци-Юрт. Делахь а, ма-дарра щадерриг хуушверг Дела ву. Хууш ма-хиллара, Цоци-Эвл кхузза йагийна паччахьан эскарша: 1849-г1ачу шарахь Слепцовн талорхоша, 1857 –г1ачу шарахь майор Ольшанскийн г1ерано, ткъа  1919-г1ачу шарахь Деникинан йовссарша. Оьрсийн-нохчийн шолг1ачу тIеман муьрехь 1994 – 2002-г1ачу шерашкахь 40-зза чул сов «зачисткаш» йеш, Iазапехь йаллийна Цоци-Эвл. 100 сов стаг оцу тIамехь докъаза, доь доцуш вайна, тахана царах дерг къаьстина дацуш. БIе сов йуьртахо оцу шина тIамо вен вийна. Иштта дахаран некъ беш схьаеана-кх тхан йурт ; имам Шемала Цоцина дина совгIат. ХIокху йуьртаца кхиъна сан воьалгIа да Iаьлмирза, Йайбухойн билтойх, Чорийн некъех волу. Амма Ахин вешин Мохьмадан, вай лакхахь хьахийна волчу кхаа кIентан: Таймин, Тойсаман, Чермин кхиъна шайн-шайн тIаьхьенаш. Таймин хилла кхо кIант: Iела, Солтамурд, иллешкахь вайн къомо вийца висина Биболат; т1е кхин а кхо йоI – Элу, Гизу, Жансари а. Элу, иллешкахь вуьйцучу, Чечанарчу Мадин Джаьммирзин нана хилла. Ткъа Жансари, Дала къайле тойаран, Илсхан-Юьртарчу эвлайаан (Киши–Хьажин) хIусамнана хилла. Куьрчалахь дIайоьллина йу иза, шена тIехь дина зийарт долуш. Биболатан цхьа  кIант – Борза, ши йоI – Дусра, Кирхьа хилла. Борзин кхо кIант – Биби, Исраил, Джабраил хилла. Оцу Борзин берийн тIаьхьенаш йолуш йу Илсхан-Юьртахь – Дадаш, Абузайд, Бувайсар, Куьйра - церан доьзалш бу кхуьуш. Мохьмадан Чермин кIант хилла Россин исторехь вийцина инарла Орца, цуьнан кIант Тапа (Iабдал-Мажид). Орци-м кхаа зудчо вина шийтта доьзалхо хилла: йалх кIант – Аьрсмик, Денисолта, Арслахан, Iабдал-Муслим, Iазиз, Iабдал-Мажид (Тапа), йалх йоI а. Орцин ваша хилла – Хьаса-Хьаьжа. Цуьнан хилла пхи кIант: Шепаъ, Петти, Мушу, Чомакх, Мисаршахь. Мохьмадан Тойсаман тIаьхьенаш цкъачунна билгала йовлаза лаьтташ йу. Таймин, Чармин, Чорин а некъашна йукъахь озабезамашца долу гергарло ду тахана лелош лаьтташ. Иттбухой, З1окбухой ц1ерашца бу билтой, цаьрца цхьа дозаллаш, къестамаш боцуш, цхьаъ хилла, ийна 1аш бу Йайбухой. И уьйраш, гергарлонаш билтошна йукъахь лелаш дуй хаийта далийна вай кху йукъа царах лаьцна къамел.   
1859-г1а шо. Имам Шемал, нохчийн къоман тоьлла къонахий йохье бохуш лелла – иштта кхайкхамца: газот дихкина бусалба стаг, тола веза йа вала веза керистанах леташ, са чохь волуш керистанна кара ца воьдуш. Оцу кхайкхамца, ткъа шарахь нохчийн деналлехь болу к1ентий г1азотехь оьгуьйтуш, бIана хьалха ваьлла лелла имам, ша гавуршна кара х1унда вахана, керистана каравахар бусалба нахана, Дала гечдийр доцуш, къа хилар шен бIахошна чудуьллуш, ша имам хаьржина нохчаша шайна коьрте х1оттийна волуш волу?. Нохчийчоьнан эзарнаш тоьлла къонахий цу гIазотехь ийгира, имам Шемалан дош лардеш, шайн къомана, махкана маршо лоьхуш Ткъа имам Шемалан шен деналла ца хилира, ша Дагестанера Гунибехь гIазкхаша гонна йукъа лаьцна висча, шен тIеман накъостий санна, керистанах леташ, газотехь вожжа йа цу гонна йукъара, Бенара БойсгIаран нохчийн тоба санна, тIамца, оьрсийн го хадош, аравала г1оьрта. Иза инарла Барятинскийна каравоьду, шен доьзалшций, гегарчаьрций цхьаьна, шен карахь Нохчийчохь гулбина шортта бахам болуш. Цуьнца ткъа шарахь сов мехкан маршо къуьйсучу нохчашна, гIазкхийн кара болхахь, Дала гечдийр долуш дацара, Шемале хаьттича. Ткъа цунна-м къилахь ца хилла иштта мостагIийн караваха, бусалба динна, Нохчичоьнна йамарт хуьлуш! Дикаду-кх нийса кхелйар Делехь долуш! Сайхьатан деваша ТIаьхIир маршонан т1амехь гIазоташца вужу. Оьздамар, Аксай–Юьртара цуьнан бIонах кхетта, мекара доттагIалла тесна хиллачу гIумкийчо йамартлонца вийна бохуш дуьйцу. Цхьаболчара тасадаларшкахь воьжна хуьлуьйту, вукхара дIовш малийна вийна бохуш дуьйцу. Цунах дерг Далла дика хуур ду. Цхьабакъду, иза вийначо, Оьздамарна имам Шемала дина совгIаташ-м даьхьна шеца оьрсийн Iедална тIе, ша иза веран тешаллина. Уьш ду: хIеттахь имамо керла йукъайаьккхина, «Майралла, деналла долушверг» аьлла, тIехь йоза долу орден. ШолгIа совгIат ду: «Оьздамарал майра стаг вац, цуьначул ира тур дац» тIе йаздина тур. КхоалгIаниг – «Дала белларг бен ницкъ бац. Керла гулдечу эскаран пхи бIе тIемалочун баьчча» аьлла мидал йу, тIехь йоза долуш. И совгIаташ Россехь, Петарбухерчу Эрмитажан музейхь гайтаман гIирс бина, лардеш хилар ч1аг1дора, Оьздамаран тIаьхьенах волчу Мусаев Илес-Хьажас. (Дала гечдойла цунна). Цуьнан шарахь кхетамчохь воцуш (комехь) Iиллина валар нисделира, коьртан пха иккхиначул тIаьхьа. Иштта йуьстахвалар ас дира кху дийцарехь,  жимма Цоци-Юьртара волчу дикачу къонахчух (Оьздамарх) дерг кхоччуш дешархочунна довзийта.
Сайхьатан шолгIа деваша Увайс, Шемал орсийн каравахале ши шо хьалха, цамгаро дIавуьгу. Оьрсийн Iедал шен низам нохчашлахь даржо, чIагIдан долало. Цоци кIентан Бахьин Шемалан бIана йукъахь гIазотехь дIакхалхар хуьлу. БIаьхо шен доьзалца туркойн махка кхелхина дIавоьду, имам Шемал оьрсийн каравахча. БIаьхон доьзалца, Турце дIаса воьдуш, уьйр даттош хиллера Цоци-Эвлара цуьнан верасо Эдисолтас 1912-г1а шо кхаччалц. 1912-чу шарахь Россина Турцина йукъара доза дIакъовлар бахьана долуш, царна йукъара зIе хаьддера. Цхьа хаам кхаьчнера туркойн махкара Цоци-Юьртарчу мескарошка: Б1аьхон йоIа, шена тIехьийзина АтагIарчу нехан стаг, тапча йитина, вийна бохуш. Иза веран бахьана хиллера, оцу кIанта БIаьхон йоIах куьйгаш тохар, цо шена йогIу аьлла хан йуьллуш цахиларна. Кхузахь кхин цхьа мехала хIума довзийта лаьа суна дешархочунна, вайн нохчийн тIекхуьучу тIаьхьенна. Иза ду вайн къомана тIехь 20 шарахь гергга хIоъ-молхий ца кхоош къизалла латтийначу инарла Ермоловс Россин паччахье йаздина кехат, Цо гойту оьрсийн Iедална вайн къомах, Кавказан къаьмнех а царна дан лууш долчу вастах лаьцна хаам беш. Ша къанвелла, эскаран гIуллакхех мукъа ваьлла волушшехь, вайн къомана йукъахь оьрсийн амалш шега йаржа цайаларан дагахьбаллам бисар далхош кехат ду иза. Иштта бу цуьнан чулацам: «Окончится война, кое-как всё уладится, устроится. И мы бросим всё, что имеем, всё золото, всю материальную помощь или ресурсы на обалванивание и одурачивание горцев. Посеяв на Кавказе хаос, мы незаметно подменим их ценности на фальшивые и заставим их в эти ценности поверить. Путём подкупа мы найдём своих единомышленников, своих помошников и союзников среди них. Пройдут годы, и совершится гибель этого непокорного на земле народа, необратимое и окончательное угасание его самосознания.
Мы будем насаждать пьянство и разврат, насилие и воровство, стяжательство и мошенничество, доносительство и предательство, и растлим их так, что от этого народа сохранится одно название. Мерилом порядочного образца для них станет соперничество в карьере, благоустройстве и накопительстве, так что они будут презирать друг друга. Среди них появятся горцы и завистники. Добропорядочность будет высмеиваться как непроходимая глупость, и они сами предадут её забвению. Цивилизацию мы будем насаждать ловко и незаметно. Начинать нашу затею следует с молодёжи и с самых малых лет разлагать, растлевать и развращать их. Мы обстряпаем из них предателей, доносчиков, соглядатаев, и превратим их в личности без веры и покаяния. Таким образом мы будем расшатывать кавказцев из поколения в поколение, до тех пор, пока не добьёмся желаемого. В конце концов, Великий Государь, если не мы, так наши потомки узрят, как верно они будут служить короне Российской Империи и верноподданически воевать за то, чтобы именоваться россиянами». Цул хьалха ша йерриге Кавказехь долчу Россин эскаран коьрта командующий, Проконсул, Кавказан (сардал) волуш йаздинера цо оьрсийн паччахье шен кхечу кехат тIехь: «Настоящий чеченец никогда и ни за какие блага не пойдёт против чеченца, но мы внедряем в их среду людей из других народов, которые переняв их язык, обычаи, веру и образ жизни вполне сойдут за чеченцев. Эти чеченоязычные «нохчи» будут служить нам, подрывая их спаянность изнутри, верой и правдой». Ермоловс, шен хенахь, ши бIе шо герга хьалха, вайн къоманна тIехь йан лерина харцонаш, лелош чекхделира большевикийн советан Iедал тIехь. Цул тIаьхьа Ельцинан «демократийн» Iедал, и болх малбина дац тахана долуш долу Россин Iедал а. Пачхьалкх оьрсийн цIарах йелахь а, Россин Iедал шайн оьрсийн къам даима къизаллехь, лоллехь латтош схьадогIуш ду шен терхьамехь . Вайн къам ма делира оцу къизачу империн буйна нисделла! Шена лиъча и (буй) малбо цо, амма дукха хьолахь къевллина латтош бу, нохчийн къоман логан шед лаьцна.


Рецензии