Себихьатан, iаьлмирзин тiаьхьешаш

Дахделла вайн дийцаран аренгахьа кховдар, тIедоьрзур вай имам Шемал воьжначу замане. Ткъа шарахь сов лаьттинчу тIамо гIелдина, дакъаза даьккхина нохчийн къам маьршачу дахарх хьаьгна, жимма чу са дан доьллера. Iаьлмирзина гунойх волчу Гадин йоI Мата йалийна, синкъерам буьйлинера. Пондар, вата, хьелхарш вайн махкахь цкъа ца хьаьдда, мел доьхна хьал дахаро тIекховдийча. Цундела ду вайн нохчийн зуьрет эзар шерийн баланех, зерех чекхдуьйлуш, мостагIийн хIуьттаренна, Делан орца бахьанехь, дуьненчохь кхачоза дехаш. Ткъа Iаьлмирзин йиша Себихьат Гуьмсерачу тайпанна чIинхойх волчу Iуспе маре йахийтинера, Илсхан-Юьртарчу дехошкахула захало кхолладелла. Себихьатан Iуспица доьзалехь кхоъ кIант кхиъна: ШаIрани, Минкаил, Мовла.
Гуьмсехь Себихьат марехь йолчу чIинхойн вер-ваккхар йукъадулуш дов нисделла. Себихьат шен кхаа бераца шен ваша, Iаьлмирза, волчу Цоци–Эвла схьакхалхар  нисделла. Себихьатан майра, Iуспа, цу хенахь Деле вирзина хилла, амма дийна волу цуьнан ши ваша, ИсмаьIал-Хьажа, Мидал Цоци-Эвла схьакхелхина, шайн вешин берийн доладархьама. Иштта йолайелла Цоци–Эвлахь чIинхойн тайпанан Iаьлмирзин йишин Себихьатан тIахьенаш. ШаIранин кхо кIант кхуьу: Жалавдди, Салавдди, Баудди; Минкаилан кхо кIант кхуьу: Iусман, Мохьадди, Хьамади; Мовлин бераш кегий долуш дIакхелха кхин тIаьхье ца йуьсуш. Жалавддин кхо кIант кхуьу: Асланбек, Висита, Саламбек; Салавддин пхи кIант кхуьу: Муса, Мовсар, Жебар, Бадрудди, Шамсудди; Бауддин кхо кIант куьу: Рамзан, Руслан, Салман. Iусманан пхи кIант кхуьу: Iимран (Рахьман), Якъуб, Хьусайн, Насрудди, Сулима;  Мохьаддин виъ кIант кхуьу: Сайд - Мохьмад, Сайд-Хьусайн, Сайд-Хьасан, IабдаллахI; Хьамадин кхо кIант кхуьу: Хьайаби, Адам, Ислам.
Iуспин вешин ИсмаьIал-Хьажин кIант Исмаил кхуьу, амма цуьнан боьрша тIаьхье ца кхуьу. Ткъа Iуспин шолгIа вешин, Мидалан кхуьу кIант Исраил, цуьнан кхуьу кIант ИбрахIим. Оцу ИбрахIиман кхуьу ши кIант: Iийса, Илес а. Iийсан кхуьу ши кIант: Мохьмад-Салахь, Шарип–Махьма; Илесан кхуьу кхо кIант: Мохьмад-Эми, Iали, Сайд-Iали. Оцеран массеран йу кхуьуш шайн-шайн тIаьхенаш. Цундела чIагIдан тарлуш ду, оцу чIинхойн Цоци-Эвлахь шайн куп кхоллайелла хилар, цхьа шеко йоцуш. Iаьлмирза Илсхан-Юьртарчу шен ден шичошца, церан доьзалшца чукаренца долу гергарло латтош схьавеана, шен доьзалшка цаьрца уьйр-марзо латтайойтуш. Гадин йоIа Матас, Делан пурбанца, Iаьлмирзина пхи кIант дуьненчу ваьккхинера: АгIамирза, Баймирза, Бимарза, Хаьммирза, Муьсла. Сайхьат (Iаьлмирзин нана) оцу доьзалх йоккха йийна ца йолуш, ша ирсе хеташ йара. Амма и ирс гена ца делира цуьнан, дахарехь лайначу халонаша букъ хьовзийнера. Цамгарша го бинера, къаьсттина пехийн хьуца йогIучу йовхарша. Цара дIайигира иза Далла дуьхьала, Iаьлмирзин ткъе уьтталгIа шо долуш. Шен нанна гомаш йийна сагIа даьккхира Iаьлмирзас, иза хIетта долийна, Гелдаганан дозанехьа долчу Иэманан кешнашка дIайоьллира. Иза дара 1861-г1ачу шарахь Илсхан–Юьртарчу Киши-Хьажас вайн махкахь къадарийн тIерикъат даржош, чIагаран зуькарехь Дела хьехавар нахана йукъадаржош дIадоьдучу шолгIачу шарахь. Цоци-Эвлахь Киши-Хьажин тешаме мурд, иза тIевуссуш доттагIалла долуш хилла ихIройн тайпанах волу, Гама-Хьажа. Цаьршинан гергарлонах лаьцна аса йаздина дийцар «Тешаме мурд, цIена Делан лай» Куршлойн кIоштан «Машар» газетан агIонаш тIехь, «Нохчолла–ийманан рамза» цIе йолуш арахецначу киншки тIехь. ЧIагаран зуькаршна нах вовшах беттабаларна реза доцуш хилла оьрсийн Iедал, тIе дукхах болу Нохчийчоьнан Накъашбандин терикъатца боьзна Iеламнах хилла аьрзнашца Iедалца тайна, къадарийн тIерикъатна дуьхьала дов Iедалца цхьаьна латтош. Цундела Iедал къадарийн тIерикъатан болх сацо тIаьхьадаьлла хилла. Оьрсийн Iедало эцна йа кхерийна болчу молланашка и тIерикъат, шариIатца догIуш дац бохуш, йемал дойтуш хилла. Цоци-Эвлахь 50 сов мурд волуш тоба хилла чIагаран зуькар деш. Дукхахьолахь зуькарехь вовшахкхетар Киши-Хьажица цхьаьна Гама-Хьажа волчохь хуьлуш долуш. Iедало цкъа-шозза Киши-Хьажа левинера и болх бита бохуш. Амма цо ша нахана беш болу хьехамаш бовзийтича, ала хIума ца хуьлий цIа воуьйтуш хиллера иза. Цо тIом ма бе бохура, Делан кхоьлана реза хилий Iадда Iе, герзан метта кара суьлхьанаш эций Дела хьехаве, Цунна хьастало бохура. Делан йоза доцуш дIахIуттуш дац цхьа Iедал. ТIедеанчу Iедална муьтахь хила, цо шайга Далла Iамал ма йе бохуш дацахь. Амма, дуьйцург мел нийса делахь, Илсхан-Юьртарчу шайхана хууш хиллера, ша Iедало лоцур вуй. Цундела цо шен муридаш болчу массо йуьртахь, ша йукъара дIавалахь, шен тоьлла мурдаш тобанаш дайта векалш беш билгала баьхнера. Цоци-Эвлахь векал винарг Моза хиллера, бакъ йолу цIе-м цуьнан Iаббас хиллачух тера ду. дас-нанас билгала йина. Амма керташкахь болчара, несарша йаьккхинарг нахалахь йаьржина, Моза боху цIе тIаьхь-м йисина хилла цунна. Оцу зуькаран тобанна йукъахь хиллера Iаьлмирза. Ша Iедало лацале Гама-Хьажа волчу веана хиллера Киши-Хьажа. Оцу дийнахь йурт схьакхайкхина зуькар дайтира Гама-Хьажас ша волчохь. Дукха адам гулделла хиллера цу дийнахь Гама–Хьажин кертахь, кхин шайна Кунта-Хьажа гург цахиларх са кхиъча санна. Зуькар дIадирзина, нах сагIех кхеттачул тIаьхьа, йоккхачу уьйтIахь даржийначу палсашна, истангашна, кхекхашна тIехь сарралц бохург санна, Киши-Хьажега цхьацца хеттарш деш, лаьттинера адам. Цигахь хаьттинера шен устазе Гама-Хьажас:  «Ва, Хьажа, ахь тхуна йукъара хьо дIавала магарх дукха дийци. Дала ма хилийтила иштта вай вовшех къастар! Ткъа цхьа Делан кхел хилла, хьо тхуна йукъара дIавалар нисделла, иза дахлахь, тахана хьан куьйге йахкалла йоцчу тхайн тIаьхьенашна, хIун дан деза оха. Уьш хьанна тIетевжина йита йеза оха, дуьненчуьра 124 эзар эвлайаъ, бIаьрган негIар тухучу йукъана, эшна хан йала йиш ца хилча?». Киши-Хьажас Гама-Хьажина жоп луш аьлла хиллера:
«ХIай-хIай, иштта хаттарш дел аша, аша хоьттучунна бен жоп далар тIедиллина ма дац тхуна. Шайн кхиазахой буьгур бу аша, тахана тобанаш дайта хьакъ волчу Эвтарара Баммат-Гирина тIе. Цуьнца тоба дина нах хIокху сайн йаьIни тIелоцу ас, олуш, шен вортина тIе кхузза атту куьг туьйхира Хьажас», – бохуш, тешалла дина Гама-Хьажин кIанта Дуда-Хьажас. Цо и тешалла дар, ган гуш, хезначу КIичIин Iумас иза нахалахь даржа дина. Цундела Киши-Хьажа Iедало лаьцначул тIаьхьа ши шо даьлча, Гама-Хьажас шайн ихIройн йуккъера, Iаббаса (Мозас) йалхойн йуккъера, Тоьпсуркъас мескаройн йуккъера, Наиба гунойн йуккъера, цаьрца цхьаьна Iаьлмирзас шен пхий кIант а  вордвнашкахь Эвтара Баммат-Гирина (Iовдина) тIе бигнера тобанаш дайта.
Iовда тобанаш дойтуш гучуваьлча, Цоци-Эвлара Iаббаса (Мозас), кхечу йарташкарчу цхьаболчу Киши–Хьажин векалша шайна устазо т1едиллина нахе тобанаш дайтаран вакалаталла охьадиллинера, керла эвлайаъ, тобанаш дойтуш гучаваьлча. Иштта, шайн устазо шайна дитина весет кхочуш деш, дигнера шайн бераш Iовдина тIе оцу дайша, шаьш Илсхан-Юьртарчу шайхан вирдехь совцуш. Цундела Iаьлмирзин Илсхан-Юьртара цIийнан нах Киши-Хьажин вирдехь бу, ткъа Iаьлмирзин т1ьхьенаш Эвтарахь воIда йолуш йу. Амма, шеко йоцуш цхьаъ ду, вай муьлххачу вирдехь делахь а – дерриш цхьана АллахIана Iамал-Iибадат деш ду. Дала марздойла вайна Ша везар, хьехавар, Шена муьтахь хилар, Ша реза волчу некъахь нисдалар а! Гамех, ХьажцIа вахана, хьажо хилла ца хиллера, йуьртахоша дийцарехь. Цуьнан меттана, ша ХьажцIахь волуш, Киши-Хьажас хьаждехкар кхочуш дина хиллера. Хьажой хьахабеллачуьра дуьйцур вай Цоци-Юьртарчу хьажойх лаьцна хууш долу дийцарш. Баккхийчара дийцарехь Россина, туркойн пачхьалкхана йукъахь долу доза дIакъевлина цахилар бахьана долуш, цу хенахь ХьаьжцIа боьду некъ маьрша хилла хьаждан луучарна. 1879 – гIачу шарахь Маккахь хьаждина баьхкина Цоци-Эвлара: Хьоза – Хьажа, цуьнан ши кIант (ИсмаьIал – Хьажа, Исрапил – Хьажа), Сада – Хьажа, Сайд – Хьаьжа, Абубакар – Хьажа. 1898 – г1ачу шарахь хьаждина баьхкира: Мовсар-Хьажа, Суьйли-Хьажа, Манди-Хьажа, Дуда-Хьажа, Тимарсолта-Хьажа. 1910 – гIачу шарахь хьаждира: Iабдал-Къедар–Хьажас, Молла-Хьажас, Ибхьажас, Манди-Хьажас, Суьйли-Хьажас, Дуда-Хьажас, Тимарсолта–Хьажас, Мазаза–Хьажас, Мескара-Эвлара Белик–Хьажас, Веданара Мана-Хьажас а. Хьаждина цIабоьрзучу хьажошна тIелетта хиллера акха Iарбий.
Царах цхьамма коьртах чхьонкар  тоьхна Мазаза–Хьажа вожийна хиллера. Тимарсолта-Хьажас, шен ваша вожийча, четара схьайаьккхина тапча тоьхна хиллера Iарбичунна. Боккхачу маьхьарца са долуш хиллера тапча кхетта волчу Iарбичун. «ХIумма хир дацара IадIийнехь!»–аьлла хиллера Тимарсолта-Хьажас Iарбичунна тIехIоьттина. Мазаза-Хьажа, чевнна чохь цIий IаIарна, кхетамчохь воцуш, халла садоьIуш, Iуьллуш хиллера. Мана-Хьажас цу чевнна чуьра цIийн-модин алхаш, шен беттца йух-йуха схьауьйзуш, масуьйттаза чов дIацIанйеш бахьанаш лелийна, цIеначу кисин тIус чевнна чунисбина, чов дIайехкарх бахьана хилла, Мазаза-Хьажа товеллера. Ишшта меттигаш нислуш хилла цу хенахь, гIаш хьаждан нах дIасалелачу заманахь. 1912-гIачу шарахь ворхIазлагIа ХьажцIа воьду Цоци-Юьтан харжах, церан къеда волу Майртуьпара Айдамар-Хьажа Iумрат дан. Айдамар-Хьажел щи бутт тIаьхьа, оццу шарахь, хьаждан новкъа бевлла хиллера Цоци-Эвлара зумсой: Къукъа, ТIула, Мазаза, амма туркойн дозанехь чекх ца бовлуьйтуш йухаберзийнера уьш. Царна тIаьхьа хьаьжна, уьш новкъа бевлча, Молла-Хьажас аьлла хила бохуш дуьйцура наха: «Нагахь уьш Дала оцу бахарх ХьажцIа кхачийтахь, цига милла ваха мегарг хиларан билгало йу-кх шуна!» Оццу 1912-г1ачу шарахь Турцис, Россис шай дозанаш дуьззина дIакъовлар бахьана долуш, ХьажцIа боьду некъ цхьана хенан йукъана хаьдда хиллера. Зумсойн тоба хьаждар ца хуьлуш йухайирзина хиллера. Эццехь Молла-Хьажега шайхалла доссийна хиллера Дала, бохуш, дуьйцара баккхийчара. Цу хенахь нохчашна ХьажцIа баха хаьдда некъ дезткъа шарахь гергга бихкина лаьттира Россера бусалба нахана,  М.С. Горбачёвн «перестройка» йолайаллалц. Цул тIаьхьа динна йаьллачу маршонца дийбира цоцанхойн хьажойн терахь. Тахана, кхечу йарташкахь санна, Цоци-Эвлахь, кхин вацахь, 2-3 бIе хьажо лаххара хьесапехь хир ву. Бакъду, 2019-2020-гIа шерашкахь кху дуьненчу хьаьвзинчу цамгаран уьно йуха бихкина лаьтташ бара хьаждаран некъ. Дала Шен къинхетамца баьстина, дуьненчуьра массо цамгарийн ун, тIемийн зулам иэккхош, гена доккхуш хилийтийла иза. Цоци-Эвлахь къадарийн тIерикъатан некъахь шина тобанах нах бу зуькарш даран болх дIакхоьхьуш: Илсхан –Юьртарчу Кишин-Хьажин вирдехь, Эвтарарчу Баммат-Гира-Хьажин (Iовдин) вирдехь а. Вайн къам махках даккхале Кишин – Хьажин вирдехь йолчу тобанан зикар лелош тхьамданаш хилла боху Шовхал-Хьажа, Мелча, Тимарсолта-Хьажа, Абубакар-Хьажа, БаIа. Цул тIаьхьа БаIин кIант Сайд-Ахьмад, Мазазин Кида, ТIитIин Межа, Чакин Рашедан Султан, Алиев Iумар, Басаран Мовсар, Бокин Жига, цуьнан кIант Хьасан, Моллаев ИбрахIим, Юсуп -Хьажин Мовсар -Хьажа, Кидин Сиражди–Хьажа, Мазазаев Дамхьад–Хьажа, Закриев Къаим, Эльханов ГIайра, ГIайрах, Зеиев Сайд-Мохьмад иштта дIа уьш хийцалуш лаьттар ду-кх хIара дуьне эхаре кхаччалц. Эвтарарчу Iовдин вирдехь йолчу тобанан Цоци-Эвлахь зуькар олуш коьртехь лаьттина: Ташухьажа, цуьнан кIант Юсуп, АгIамирзин Адам, Ханмохьмадан Ваид, цуьнан ваша Iалавди. ТIаккха Бугхьажин Iабди, Хьаьжгирин Абин Iабдал-Хьаькам, Ирасханан Мохьмадан Жунайд, Саидан Хьамзат, Умаев ТIокка, цуьнан ваша Iалавдди, Джотин Мовлди, Нахаев Амжад, Яхьйаев Умалхьад, Дашазаев ШаIрани, Тазбин Iабдалхьажа, Хьатун Саидан Сиражди, Эдилханов ГIеза-Хьажа, Ирасханов Асланбек, Нахаев Шемал, Дашазаев Идрис, хIинца тIекхиъна Адамов ИсмаьIал, Нахаев Наиб, Бимурзаев Илес. Дала латтабойла вайна зуькаре марзонаш йолу нах дуьне мел лаьтта!


Рецензии