Iаьлмирзин тiаьхьенийн дахар

Iаьлмирзин воккхах волчу кIентан АгIамирзин (1861-1920 шш.) ши йоI бен кхин доьзалхо ца кхиъна. Церан цIераш хилла Пада, Сиэласат. Пада маре йаханарг йалхо хилла Гехийн некъех Эдалха. Селасат йаханарг хилла гунойх тIабаган некъех волу Боьршик. Падин цхьа кIант кхиъна Шамхан цIе йолуш, цуьнан тIахьенах болу доьзалаш Джалкехь бехаш бу. Сиэласатан ши кIант кхиъна: Адам, Хьаса, цхьа йоI –Амнат. Церан доьзалийн тIаьхьенаш йу Аргун-гIалахь, Цоци-Эвлахь йехаш. Iаьлмирзин шолгIачу кIентан – Баймирзин (1863-1932 шш.) цхьа йоI – Марха, цхьа кIант – Ахьмад кхиъна. Марха луларчу энганойн тайпанах волчу Зайндега маре йахана. Цигахь цуьнан ши йоI, цхьа кIант – Зийаудди (Хуожа-Ахьмад) кхиъна. Хуожа-Ахьмадан йалх йоI бен кхин боьрша доьзалхо дуьненчу ца ваьлла. Баймирзин Ахьмадан кхиъна кхо кIант: Iаьнди, Суьйли, Турко, цхьа йоI – Зарган а. Ахьмадан воккхах волчу кIентан – Iаьндин, ши кIант ву: Бислан, Абубакар; кхо йоI – Бирлат, Хьава, Луиза. Церан тIаьхьенаш йехаш йу Соьлжа-гIалахь, Цоци-Эвлахь. Луиза шен кхаа стагана биначу доьзалшца дозанал арахьарачу Малбузен цхьана пачхьалкхахь йу Iаш. Iаьлмирзин кхолагIа кIант Бимарза (1865-1934 шш.) нанас, кертарчара, несарша Чхьоча аьлла цIе дIайахана хилла. Бакъдерг аьлча, иза хила хилла, цхьа шийлачу пхьеро дагарца хьоькхуш дечигах вича санна, ирчачу суьртахь: доккха, даьлла дегI, кхарт-мартне йуьхьан сибат, чен болар долуш стаг. Цунах лаьцна дуьйцуш дуккха беламе хIумнаш хилла. ХьажкIаш йоттург хиллачу хенан цхьана дийнахь Бимарза, куьркана хьалха хиъна, хьажкIа йатта гIерташ воллуш хилла. Дечиг дика летта ца долуш, куьркан бертигехула ара оьхучу кIуьро бIаьргаш Iийжош, ша меца хиларна, теза туйнаш оьхуш, кхера хьажкIа чахчийна, йаалучу хьоле йало гIерташ, сихвеллачу кхунна, веана тIехоьттина, цхьацца хIумнаш йухкуш, аьтту баьлча сагIа доьхуш ледаш волу суьйлешха стаг. Оцу стага Чхьочина букъах куьг хьокхуш: «ХьачIакъух, ахьарух, кIаху..у..у», – аьлла мохь бахийтина. Мацаллой, йатталуш йоцчу хьажакIой, тIе бIаьргашна чухьавзийначу кIуьрой бIарзвиначу Бимарзас, кхера, цIе лата доладелла, хаьштиг схьадоккхуш:
«Велла Iуьллийла хьо, хьан да хьакхица воллийла, хьо вара суна хIокху кIуьранна тIе нисвалаза висинарг. ХьачIакIух, ахьарух, кIахху-м дацара хьуна. Догучу, хаьштигах дакъа–м дийр ду вай хьуна», – аьлла, кех оьккхучу суьйличух хьаштиг оза долийнера. Кхуьнгара ведда ваьллачу суьйличо аьлла бохура:
«Вай кошахь йа гIенах ма го хьо, ма чам боцуш веца!» 
Шен куц-сибат бахьанехь зуда йогIуш ца хилла цуьнга. Цундела сих-сиха базаршкахула волалуш хилла Чхьоча (Бимарза), муьллхачу къомах йелахь, шена йало зуда лоьхуш. Цкъа цхьана базарара цхьа гIазгIумкех зуда йалош цIа кхаьчна хиллера Чхьоча. Вежарша муха хилла захало ду аьлча, суьйлин махкара цхьаьна базара Шела деанчу стеган, зудчун барт ийгIина хилла. И шиъ вовшах къаьстинчу меттехь тIенисвелла хилла Чхьоча оцу зулчунна. Суьйлех стаг, хIара зуда - м йовр йацара, дохко йаларций хьевззина шена тIейогIур йу аьлла, шен накъосташца ниха мала вахана хилла. Ткъа зуда йелха йоьлхуш шайн лома хьала йоьду ворда леха йоьлла. Оцу меттахь тIенисвеллачу вайн Чхьочас цуьнца захало дийца долийна. Ах-гIумкийн, ах-нохчийн мотт буьйцуш, цхьадерг куьйгийн уьшаршца къастош – захало тасаделла, кхуьнга маре йан зудчун барт хилла, Чхьоча иза йалош цIа веанера. Накъостий дIасабахана ша висча, майрачунна шен зуда дагайеана. ТIаккха хоьттуш лар тIе нисвелла, шолгIачу дийнахь Цоци-Эвла веана, Iаьлмирзин керта хIоьтинера зуда йайна гIазгIумкий. Чхьочина гIеххьа бишка узуш довдина, зудчуьнга буьйса ша волчохь йаккхийтинера Чхьочин дас. Iаьлмирзас зуда дIайигийтинера гIазгIумкега, иза кхерош хьехар дина:
 – «Хьайн зуда ларйелахь тIейогIучу хенахь, даима тхо саннарш нислур бац хьуна. Кху эвлахь-м кхечарах берах болу зударий тIехь шайн дола баьхна Iаш берш бу хьуна. Зуда дIацайалар-м хIунда дуьйцура ахь, атталла и шайх доцу бер тIехь дIа ца ло долчу дена кхузахь цхьаболчара. Некъ маьрша, дика хилийла шу, Дала барт цхьаъ бойла». Иштта д1ахьажийнера 1аьлмирзас и шиъ.
Цул тIахьа, кху Чхьочел даладелла хаза йоцуш, зуда йалийнера ара бевллачу вежарша кхунна, хIокхо цхьа нахана ца хезна йуьхьIаьржо шайна тIе йаийтале. Оцу зудчун виъ доьзалхо кхиира: цхьа кIант – Шихмирза, кхо йоI: Дуку, Амнат, Амант а. Шихмирзин доьзалийн тIахьенаш Джалкехь йу, Амнатан тIаьхьенаш Цоци-Эвлахь йехаш йу, ткъа вукха шина йишин тIаьхье ца кхиъна. Iаьлмирзин воьалгIачу кIентан Хаьммирзин (1867-1943 ш.) цхьа йоI – Тахбика бен кхин доьзалхо ца киъна. Иза Хаьммирзин дуьххьара йалийначу зудчо, ша тайпана цIикаройх йолчу, Тахлас, йина йара. Цуьнан боьрша доьзалхой бевллера дуьненчу, амма, беран хенал сов ца бехаш, леш хилла. Хаьммирзас кхин ши зуда йалийра, амма церан доьзал ца болабелира. Цхьаболчара, бухарчу цIикарочо цхьа бозбуунчалла леладайтина хир ду, олуш хилла. Амма мухха делахь, кхин Хаьммирзех шех кхуьуш боьрша йа стен доьзалхо кхиар ца нисделла. ТIаккха Iаьлмирзин жимах волчу пхоьлагIачу кIанта, Муьслас, шен кхоазлагIа дуьненчу ваьлла боьрша доьзалхо, дIало шен вешина Хаьммирзина, ур-атталла, винчу нене, некхе ца уохьуьйтуш. Цунна цIе тиллинера Мука, иза вара сан хир волу да. Вайн наха акаройн, олхазарийн, сагалматийн, кхечу къаьмнийн цIераш тахкаран бахьанаш хета: бIаьрг ца лацийта, уьнах цIена хилийта, зулам дохьучу ницкъийн тIехь тидам ца сацийта, бохучу Iадатан ойланца, тохкуш хилла хир йу-кх, аьлла. Масала: ЦIога, МаIаш, Дахка, Полла, Човка, Барза, КIеза, Хьоза, ТIаус, Чаборз, Китай, Япу, Гирман, Ингалс, Дарта, Моза, ТIелхиг, Була – иштта дIа, кхин мел йу уьш. Иштта цIераш тахкаран шолгIа бахьана хета, вайн къам шена гонахарчу дуьненан 1аламийн, къаьмнийн ларам беш, бертахь даха лууш хилар, йукъахь цхьа хьагI, цадашар йа Iоттабаккхам боцуш. Iаьлмирзин пхьоьлагIчу кIентан Муьслан (1869-1944ш.) кхо кIант: Салман, Мука, Вис-Iела, ши йоI – 1алимат, Хьалимат кхиъна. Вай лакхахь ма-аллара, Мука Хаьммирзина дIавелла. 1алимат маре йаханчохь, дуьххьарлера бер (йо1) гучадаьллачул т1аьхьа цомгаш  хилла, и йо1 марненан карахь йуьсуш, дIакхалхар нисделла. Салманан ши кIант – Мохьадди, Iалман, цхьа йоI Тумиша кхиъна. И бераш кегий долуш Салманан дIакхалхар нисделла. Байлахь дисинчу кхаа берийн нана, Асмаъ, могашалла галйаьлла хилла. ТIаккха Джалкехь, ц1ерпоштан некъа тIехь болх беш, цигахь Iаш волчу Асмаан вашас, Тимарсолтин Гиланис, и доьзал шен йишица ша волчу дIабигна, дехошкара пурба даьккхина. Гилани, Асмаъ Эвтарарчу Баммат-Гирин (Iовдин) йишин, Нетижин, Цоци-Эвларчу Элмурдан Тимарсолтин ши бер хилла. Дезткъа шо сов хан йолуш, йалхойн тайпанах волчу Закрин Адама дийцарехь и Нетижа Тимарсолте Iовдас йаийтинера, Бета-шайхе болчу ларамна. Бетин ваша волу Тимарсолта, ша дегIан сибташ ирча долуш стаг хиллачух тера ду. Iовдин шолгIа йиша Гелдганарчу Довтгирехь хилла марехь. Цундела лаьтташ ду тахана Довтгирин Адаман, Тимарсолтин Гиланин а тIаьхьенашна йукъахь йуххера гергарло.  Бета-шайхан Делаца йолу йукъаметтиг дика йевзина хилла, ша эвлайаI хиларе терра, Iовдина. Несарша Бетех «Ватанча» олуш хилла. Аьхкенан заманахь Бетас некъара ченаш тIеттIа гулйой, цу борзана йуххе хоий, цунна тIехь вата йетташ хилла, багахь олуш: «ХIокху ченан меха дац-кх дуьненан дахар!» «Дала шена дуьненан диканаш схьакховдийча уьш схьа ца эцна Бетас, - аьлла бохура Iовдас. ТIаккха Дала Шен Ловхьул-Махьфуз чу хьажа пурба деллера цунна. Эхартахь тоьлла дакъа кхачийна эвлайаI ву иза», – аьлла хилла Бетина 1авдас. Асмаъ шен доьзалца Джалке дIайахар нисделла, вайн къам махках даккхале цхьа шо хьалха. Махках балар цундела оцу доьзалан дехошца ца нисделла. И хала некъ Асмаа пеххийн цамгарца йолуш хала лайна, амма Казахстане д1акхаьчна к1ира далале д1акхалхар нисделла цуьнан. Д1айоллар, лахьте кховдор цу заманан тароне, хьоле хьаьжжина нисделла. Кхо бер нехан нахаца нисделла, вала верас воцуш йуххехь. Мохьадди, Iалман мел Iийнехь берийн цIийнехь Iийна, Тумиша чIебарлойх стаге маре йахана хилла. Масех шо даьлча вовшен лоьхуш девежарий, вешин бераш цхьаьнакхетта.  Мохьаддин ши кIант: Хизар, Рамзан; йиъ йоI – Хадижат, Макка, ТIаус, Мадина кхиъна. Церан тIаьхьенаш Джалкехь йехаш йу. Мадина, Ростов-галахь журналистийн факультетехь цигарчу университетехь доьшуш йолуш, цигахь доьшуш хилллчу Iарбичуьнга маре йахар нисделлера. Цул тIаьхьа шен майрчуьнца Шема (Сире) дIайахана. Шемахь, Асад – паччахь дIаваккха халкъ гIаттина тIом бахьанехь, цIийнден валар нисделла цуьнан. Иза кхаа бераца ша йисча, цу тIамна йукъара йаьлла Нохчийчу йеара, шеца ши йоI, цхьа кIант – кхо бер далош. Амма, Канадехь дIанисбеллачу шен марзхоша доьзалшца ша цига дIаехча, иза кхелхина цига дIайахана, цигахь Iаш йу. Бисина Мохьаддин доьзалш Джалкехь Iаш бу. Iалманан кхиъна пхи доьзалхо: ши кIант – Iумар, Амхьад; кхо йоI – Хеда, Яха, Яхита. Церан доьзалш Джалкехь,  Соьлжа-гIалахь бехаш бу. Тумишас чIебарлочунна вина кIант Руслан вара. Иза гIеметта хIотталц ненахошца кхиънера, амма воккха хиллча дехой болчу Казахстане ваханчохь висира, йала йоьжначу шен нанна тIеван йиш йоцуш. Нана йеллачул тIаьхьа веана цунах йисина баккхал дIайахьийтира цуьнга ненан вежарша. Цуьнан доьзал хIинца  Казахстанехь Iаш бу, ткъа иза ша, 2000-лг1а шо долалуш, Деле дIавирзира. (Дала гечдойла цаьршинне а). Вай лакхахь вийцина Iаьлмирзин пхи кIант ахархой хила, эвлал арахьа шайн ардаш долуш, уьш лелош шайна рицкъа лохуш. Кхобуш, нехан санна, бежнаш, уьстагIий, гомаш, гезарий,  йужуш, тIехууш говраш йолуш. Царалахь йукъараллин гIулкхаш шена тIелаьцна лелорехь, йуьртахошна йукъахь цIе йахана, дош лелаш, Къуръан хазачу мукъамехь доьшуш, Йасин дагахь хууш, иза хазачу мукъамехь доьшуш, билгалваьлла хилла Хаьммирза. Цамгаро лаьцначу йуьртахоша Йасин деша Хаьммирза валавахьара шайна аларна, верасаша вуьгуш хилла иза, цуьнга сатесначуьнга цо доьшуш ладог1ийта.
Шемалан заманахь, цул хьалха Нохчийчу вайна гонахьара дукха къаьмнаш даха хевшина вайна йукъахь. Цаьрга вайн къомах зударий маре боьлхуш, церан къомах берш вайчара схьабалош доьдуш долчу дахаро, нохчийн къоман цIий иэрал совнаха, вайн къомах боцу нахах нохчий хуьлуш, къам стамдаларна, реза воцуш хилла Хаьммирза. Цундела цо сих-сиха, шен кIант вина кхобуш, кхиийначу шен вешин кIенте, сан дега Мукега, цуьнца цхьаьна зудберашна хийисте лелачу доттагIчуьнга Хьадизан Зайндега, олуш хиллера:
«Варийлаш, цIий ма бехделаш, цIеначу нохчийн тайпанан керта кховдалаш!» Кхин цхьа челакхалла хилла цуьнца шен, шайн цIийнан сий лардарехь. Ма-дарра аьлча-м, гIеххьа дегало стаг хиллачух тера ду Хаьммирза. Божабер хиларе сатуьйсуш йалийна хиллера цо  чертойх йолу Джабраилан жеро йаьлла йоI, гунойх волчу Дугина вина кIант волуш йолу, Пада. Майрачо кхуза цIе тесна йитина хиллера иза. Хаьммирзас йалийначул тIаьхьа йуха цхьаьнакхета ойла хьаьвзина делахь йа кхуьнгахь марехь Iен ца лиънехь, йа бухарчу эмгаро кхерийнехь, Пада ден цIахь сецна хилла, ша Хаьммирзе  йитийта. Хаьммирзас Пада йитинера, амма Дугина тIе вахана аьллера:
«Нагахь санна и Пада ахьа йуха хьайн дола йаккхахь, вайшиннахь цхьаъ вала везар ву хьуна». Цу сонта кхерамна дуьхьала Дугас хьекъале жоп деллера:
«Шек дIа ма валахьа, Хаьммирза, нехан долахь хан йаьккхинчу зударшка, со дIахьожуш вац хьуна, дола бахар-м хIунда дуьйцура ахь». Шена вина кIант волушшехь, Дугас йуха ца йуьгуш, дуккха маренаш динера Падас, кхин цхьанххьа доьзалхо гуча ца волуш.  Цхьана кертахь вехачу Iаьлмирзин пхеа кIентан алссам даьхни хилла. Уьш дажо денна кхеран берех шишша цхьаьна воьдуш хилла, царна бIаьрган Iуналла дан. Хаьммирзас шен кертахь божабер цахиларна цига хьажо, оцу балхана мах луш валийна гIумкийн кIант хилла 14-15 шо долуш. Цхьана дийнахь Баймирзин кIант Ахьмад, хIара гIумкийн кIант беже вахана. ХIара ши кIант ловзаваьллачохь кхаьршинан бежнаш нехан хьажкIийн кха тIе девла. Эццахь цу кха тIера бажнаш аралохуш хIара шиъ воллуш, оцу урдан да тIекхаьчна кхарна. Урдан дас, ДуьрчIас, маьттаза бага йетташ, хаьттина кхаьршинга шуьшиъ хьенан ву аьлла. Ахьмада шен ден цIе йаьккхина. «Нехан хьаьжкIашна йукъахь бежнаш дажаде аьлла ваьккхина хьо ара хьан дас?» – аьлла, тIара тоьхна ДуьрчIас Ахьмадана.  Суьйранна бажа балош хIара шиъ цIа веача, оцу гIумкийн кIанта дIадийцина Хаьммирзе хилларг, лелларг а. Хаьммирзас шен вешин кIанте хаьттина, бакъ дуй кху гIумкийн кIанта дуьйцург, тоьхний ДуьрчIас хьуна тIара. Шен кхин вала меттиг цахиларна мукIарло дина Ахьмада. И гIумкийн кIант Iад Iийнехьара хIара-м и дуьйцур долуш вацара. Цу хенахь массо стага шен дегIаца герз лелош ма хиллий. Хаьммирза шолгIачу дийнахь шен гIодах йихкина шаьлта йолуш вахана ДуьрчIин кетIа. ЦIерачара иза кха тIе вахана ву аьлла, Хаьммирза цунна тIаьхьа ваханера. Шен кха тIехь цел Iуьттуш, асарш эгош воллучу ДуьрчIина тIекхочушшехь, Хаьммирза бехк баккха хIоьттинера цуьнга:
«Селхана, оцу кIанте хьена ву аьлла хатта хаьттина, иза тхан вуй хуушшехь, тIара хIунда тоьхна ахьа цунна? Хьайна оцу тхан бежнаша дина зен тхоьга дIа ца такхадаларна кхерара хьо?»
ДуьрчIа шен карара цел айина тIеволавелла  хиллера Хаьммирзина:
«Оцу тIе даьлча-м ас хьуна кхоор ма йац тоха йезарг» – бохуш.
Эццахь шен гIодах йолу шаьлта аьтту куьйга баттара йоккхуш, аьрру куьйга шена ДуьрчIас ластийна цел сацош, кхо коьртах шаьлта тоьхна вожийнера иза. Иза воьжначохь витина, цIа веана, кхо шен вежаршка хилларг дIахаийтинера. ДуьрчIин кхин виъ ваша вара. Кхеран девна йукъа йуьртара нах боьллера, Хаьммирза ларвар бенойх волчу Алтабин Асхьаба, цуьнан гергарчу наха тIелаьцнера. Кхеран божарий, зударий бераш доцурш, Илсхан-Юьрта дIабигнера. МаслаIатна йукъабевллачара Iаьлмирзин берашна тIедожийра ДуьрчIина лоьралла леладайтар иза товаллалц, цуьнан доьзална рицкъа латтор а. Цхьадика, коьртан даьIахк хадийнехь а, хье лазийна ца хиллера ДуьрчIин. Нохчийн пхьерех гуллакх ца хилла, Соьлжа – гIаларчу оьрсийн лоьраша лелийначу дарбанех товелла хиллера ДуьрчIа. Цул тIаьхьа куьйге бохуьйтуш дIаберзийна хиллера и Iотта-баккхам. Бакъдерг ала деза, ДуьрчIин вежарий ца хилла осалчу нахах. МаслаIат хилале цара кIелонаш йинера, шайна динарг декха гIерташ. Делахь, Дала ка ца даьккхинера – кх церан. Дала дуьненчохь йаккха йелларг йоккха хан ца хиллера сан дайшна: Iаьлмирза ваьхна 50 шарахь (1835-1885 ш.). АгIамирза ваьхна (1861-1920 ш.) 51 шарахь, Баймирза (1863-1932 ш.) 69 шарахь, Бимарза (Чхьоча) (1865-1934 ш.) 69 шарахь, Хаьммирза (1867-1943 ш.) 76 шарахь,
Муьсла (1869- 1945 ш.) 81 шарахь. АгIамирза, Баймирза, Бимарза коша виллинарг шайх Мани ву (Дала къайле тойойла цуьнан). Манин тIаьхьенаша шайн тайпанан йишин Сайхьатан кIентан Iаьлмирзин тIаьхьенашца гергарло латтош ду тахана. Уьш бу Манин Зийауддин, Хьумайдан, Ахьмадан кIентий: Iумар, Iуспа, Iусман, Iуспа-Хьажа. Iуспа Цоци-Эвлахь вехаш ву, важа кхо ваша Джалкехь Iаш ву. Шайх Манех (Дала къайле тойойла цуьнан) цуьнан гумкийн къомах волчу муридах Сугаипов ШахIабах лаьцна йаздина аса доккха дийцар «Дуьненан дахаран хьаша» цIе йолчу сайн киншки тIехь, «Исламан ЗIаьнарш» й1е йолчу газетан, Куршлойн кIоштан «Машар» газетан агIонашна тIехь зорбане даьллера иза.
Вай лакхахь билгалдаьккхира Iаьлмирзин воккхах волчу кIентан боьрша доьзалхо цахиларна, ши йоI бен, боьрша нехан тIаьхье йоцуш сецна хилар. Iаьлмирзин шолгIачу кIентан, Баймирзин кхиъна цхьа кIант Ахьмад. Ахьмада Устрада -Эвлара, тайпана падаройх йолуш, Умри цIе йолуш зуда йадийна йалийнера. Цаьршинан кхиира кхо кIант: Iаьнди, Суьйли, Турко. Туркос тайпана мескаройн зуда йалийра Бирлант цIе йолуш, амма тIаьхье беркате йолуш, бертахь дахар ца нисбелира церан. Бирланта Туркона кIант виначул тIаьхьа, цаьршинан дIасакъастар нисделира. Церан Турпал цIе йолу, цхьаъ бен воцу кIант кхиира. Иза школера дешна волушшехь, вайн махкахь Россех дIакъастаран хьовр-зIовр доладелира. Турпал дуккхах болу шен нийсарой санна, оцу кегарина йукъавахара шен деваша Суьйли санна. Турпал жима волуш, цуьнан ден Туркон валар нисделира, ша-шен карах йаьлла тапча коьртах кхетта. Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь дакъа лоцуш хиллачу Турпалан гIазотехь дIакхалхар нисделира. Суьйлин дуьххьара йалийначу зудчух, Зулайх, болабелла доьзал бара: ши йоI –Элита, Белита; ши кIант – Ислам, Рустам. Оцу доьзалехь цхьа хIума галдалар бахьанехь, Зулай йитина, кхин Гелдаганара Маьлх-Аьзни цIе йолуш зуда йалийра Суьйлис. Ненан лаам сов балларна, шен дола ца йоккхуш, Зулай шен доьзалах дIатуьйхира цо, шена цхьа хIусам йина, ша эвлайисте волуш Гелдганарчу зудчуьнца. Оцу эвлайистехь уьш Iаш, вай чохь шолгIа тIом болабалале, ша-шен караха автамат йаьлла валар нисделира цуьнан а. Иза валале шо хьалха дуьненчу ваьллера церан доьзалхо Расул. Вайн чохь шолгIа тIом болабелча, эвлаистехь ша Iен ца йаьхьна, Суьйлин шолгIа зуда, Маьлх-Аьзни, Гелдагана шен ден цIа йахара жима кIантаца. Расул ненахошна йукъахь кхиъна., хIинца йуккъера школа йаьккхина ваьлла, цхьацца белхаш беш, шена эвлайистерачу декъа тIехь цIенош дина, дехойн, ненахойн гIо-накъосталлица, дIанисвала гIерташ ву. Суьйлин воккхахволу кIант Ислам шен доьзалций, Расулана гена воцуш, шен хIусамаш йолуш вехаш Iаш ву. Бакъду, шолгIа Суьйлин кIант, Рустам ву 40 шаре ваьлла лаьтташ, зуда ца йалош, шен ненаца ден декъа тIехь Iаш. Оцу декъа тIехь ву церан воккхах волу деваша Iаьнди. Iаьндин воккхах волу кIант Бислан Соьлжа-ГIалахь ву шен доьзалций, шен ненавешин, Яхьйан Рамзанан кIентан ИбрахIиман бизнесна йукъахь цхьацца белхаш беш. Ткъа жимах волу кIант Абубакар, шен шичина Исламана йуххехь, цIенош дина, шен бежнаш кхобуш, беш лелош, ваха хиъна. Iаьлмирзин Бимарзин, Муьслан тIахьенаш Джалкехь дIанисйелла хан йоккхуш йу карарчу хенахь. Бимарзин Шихмирзин кIентий Джалкехь баьхна вай Йуккъера Азера цIа дирзинчул тIаьхьа. ГIайра вара цуьнан воккхах волу кIант. Цо йалийра Зараъ цIе йолуш, поезд тIехь проводник (кондуктор) болх беш йолу жеро. Оха ГIайра алахь, нахалахь цуьнан йаьржина цIе Бадрудди йара. Зараан, Бадруддин а ши кIант, цхьа йоI кхиира. КIентийн цIераш йара Радж, (Рамзан)  ТIаьхIир а, йоIан – Рита. Индийн кинош ма йара цу хенахь вайна йукъахь  йаьржина модехь. Оцу киношна чуьра турпалхойн цIераш марзйеллера-кх нохчашна шайн берашна тахка. ГIайрел (Бадруддел) жимах волчу вашас, Лечас, Совдат цIе йолуш, зуда йалийра,. Иза цIерпоштан некъа тIехь балхахь йара. Цаьршинан ши йоI кхиира, кIант вацара. Леча Iаламат аьрха стаг вара, кира дIасалелочу вагонашна тIера цхьацца хIумнаш идош, дош-даше даларций, шен довхочунна буй йа корта тухуш. Цкъа вагонна тIера хецавелла арро ког баьккхира цуьнан машенан некъара вагонна к1ел нисбелла. Амма шен бисинчу цхьана кога тIехь уьдуш, когабуьрканах (футболах) ловзура иза, ши ког болчелла маса, тIах-аьлла лелаш. Вагон тIехь чагIар духкуш лелаш волчу хиричун (осетинан) карах валар нисделира цуьнан. Бадруддел, Лечел жима волу Лоьма, цIе йолу церан ваша, маларе марзвелла лелаш вара.
Цхьа пайда боцчу хIуманна тIехула чуволлийтинера цо ша. Лаьцначура цIа веъча зуда йаллийна, цунах цхьа стаг ван гIиртинера верасаш, амма цунах гIуллакх ца хилира. Вайн махках дуьххьарлера тIом болуш, цхьаболчара вийна бохуш, кхинболчара Россех дIавахана бохуш, вайна лаьтташ ву иза, цхьа билгало йа тIаьхье йоцуш. Бадруддин кIентан, Раджан (Рамзанан), шелахочо вина цхьа кIант ву, шен ненаца Шелахь вехаш 1аш, 2021-г1ачу шарахь зуда йаллийна цо. Бадруддин шолгIа кIант, ТIаьхир, зуда йалийна, доьзалехь кхуьуш ши йоI йолуш, Джалкехь шен декъа тIехь Iаш вара. Вайн махкахь хьалхара тIом болчу хенахь цунна шен дейиша хаайелла, маларх кхеташ, оьзда боцчу некъа оьхьна йоьдуш. Наха шена иза тIехйетта йолайале, цо иза нисйала дагахь йоций хиъча, йийна хиллера, шен верасех дага ца волуш. Амма шолгIачу дейишас иза, Iедале дIавелла, чуволлийтинера ша тешалла деш. Оцу лацарх набахтехь 12 шо даьккхина цIавирзина иза. Цуьнан ши йоI ненаца цIа йало гIиртира верасаш, амма берийн нана цIа йан ца тигира. Кхин дан хIума ца хилла ТIаьхIирна Цоци-Эвларчу аьккхех йолу зуда йалийра, Рает цIе йолуш. ГIайрин (Бадруддин) йоIан Ритин марехь цхьа йоI кхиъна. Рита ша, Ростовхь лоьрийн институт доьшуш чекхйаьккхина,  зударийн лор  болх беш Соьжа-ГIалахь йу. Цуьнан йоI юридически институт йаьккхина, цул тIаьхьа ординатура йаьккхина, хIинца магистратурех чекхйаьлла, Соьлжа-ГIалахь болх беш йу. Джалкехь дахар нисделла Муьслин Салманан Мохьаддин кIентийн – Хизаран, Рамзанан, т1е йоьIарийн – Хадижатан, Мадинин, Маккин, ТIаусан а. Хизаран шина зудчух хилла ши доьзал бу. ШозлагIа йалийна зуда Рает чIебарлойн тайпанах йу. Цуьнан ши бер ду – Султан, Зарван. Дуьххьарлера зуда йу Месира Цоци-Эвларчу ширдех. Цуьнан ду ши бер – Мохьмад, Заира. Хизар вахош долчу маларна тIаьхьара ца волуш дакъазаваьлла ву, доьзалш дукхах долчу декъана нанойн кочахь кхиъна. Султан, Нохчийчохь шолгIа тIом болуш, шен деца йуьртан бажа бажош лелаш, минина тIе нисвелла, ког, куьг, бIаьрг боккхуш заьIап висина, ден беркат дацар бахьана долуш. Султанан ду доьзалехь ши кIант, кхо йоI, доккхаха долчун 15 шо кхачаза. Мохьаддин шолгIачу кIентан Рамзанан ши йо1 бен кхин бер дац. Рамзан, Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча маларе марзвелира. Бахьана, тIом балар дара йа боьрша доьзалхо цахилар дара, ца дуьйцура цо. Амма хIуъа дича маларх ца кхеташ ца Iара. Ша дагца цамгар йолуш ма вара иза. Верасаш Хизаре, Рамзане малар дитийта гIиртира: бишка узуш, Iедале чубухкуьйтуш, чIагIонаш йойтуш, байа ца байахь кхин цхьа агIо ца хилла, къарбелла бисира уьш. Эххар а, дагца йолчу цамгаро Рамзан эхарта дIавигира 2019-г1ачу шарахь. (Дала гечдойла-кх цунна). Хизар хинца цамгарша дIалаьцна, бIаьрса гIелделла вара, амма бIаьргашна операци йича, бIаьрса схьадеана. Цхьабакъду, хIинца хьалхалера болар дIакхехьа, гора доцуш висна. Джалкехь дIанисвеллачу Муьслин Салманан шолгIачу кIентан Iалманан дуьххьарлера зуда, Санет йара, тайпана маьлхех йолуш. Цо Iалманна кIант Iумар винера. И кIант шен йуьхь-сибташца веккъа шен да ву. Iумар андваьллачул тIаьхьа Iалмана, вай Г1ирг1изера цIа дирзинчул тIаьхьа, цхьа мескарэвлахо йадийра. Иза шен верасаша дIайигира, цул тIаьхьа захало кхочуш ца дира. ТIаккха Илсхан-Юьрта кхевдина, цунна девашас, Вис-Iелас, шеца тIамехь цхьаьна хиллачу доттагIчуьнан вешин йоI, Жовхар, йалийра цунна. Иза цу хенахь цхьа йоI йолуш, маренах йоьхна жеро хиллера. Жовхаран, Iалманан а кхо йоI, цхьа кIант кхиира: Хеда, Яха, Яхийта, Амхьад. Iалманан Iумаран зуда Зулпат йу аткхалойн тайпанах. Церан доьзалехь кхиъна ши кIант – Ахьйад, Асвад, ши йо йу. Iумар ша могаш вац моттуьйтуш, коьртана галваьллача санна лелаш ву. Амма вац, шена соьмана зен хуьлучу агIор таьIна галваьлла ца кхеташ лелаш. Iовдала ву моттуьйтуш, шена атта лелаш стаг ву. Бакъду, цхьана кертахь велахь, шен зудчух дIакъаьстина Iаш ву, шен бехкана. Цкъа цхьана веданхочунах тасавелла шина-кха шарахь йорт йетташ лийлира иза, шен волчара йуьхь йохуш йолушшехь. Iалманан шолгIа кIентан, Амхьадан, зуда (Зарет) Гермчигарчу ширдех йу. Царшинан доьзалехь кхиъна кхо кIант – Мохьмад, Расул, Сайдмохьмад, цхьа йоI Деши а,. Мохьмад нефтеполкехь тIемалочун гIуллакхаш кхочуш деш ву карарчу хенахь. Цуьнан да (Амхьад) ДелимхановгIеран бераш Соьлжа – ГIала колледже дIасалелош шофёр вара шина-кхаа шарахь. ХIинца пенсехь хан токхуш ву. И болх цхьана йукъана бен кхаьчна бацара цуьнга. Амхьадан нанас бина йижарий: Яха, Яхийта шайн доьзашца Соьлжа-ГIалахь бехаш бу. Жимахйолчу Яхитийн цIийнаден, доьзал кегий болуш, дуьххьарлера тIом Нохчийчу беача, дIавалар нисделла. Ткъа царел йоккхах йолу йиша, Хеда, эвтархочунгахь марехь йу, кхиъна баьлла доьзал болуш. Уьш карарчу хенахь Iар-дахар Францехь долуш бу. Цаьрца Францехь вара Амхьадан цхьа кIант, хIинца-м цIа веана Джалкехь ву иза. Дика бертахь, оьзда доьзалш бу Iалманан тIаьхьенийн. Муьслин Вис-Iелин хIусамнана Гуьмсера хилла. Вай Нохчийчуьра дохадале Гуьмсехь маре йахана, цигахь вина кIант волуш. Цигара йоьхна цIа йеана жеро хилла иза, Муьйламат цIе хилла цуьнан. Вай дохийна Г1ирг1изе дигча, цигахь шина-кхаа шарахь нохчашна чу са дан доьлча, Карабалта-галахь гуллора нохчий кIиран дийнахь базара. Цигахь йохка-эцар, вовшен хьал довзар, керла мел дерг, валар-висар, захало хьахор, вай йуха Кавказе дохуьйту бохуш, ца хезна теша цхьанна боху, сатийсамаш гучу бохура нохчаша. Оцу Карабалтара базарахь йевзинера, дегIана ша санна лекха, хаза, куц-кеп тайна йолу Муьйламат Вис–Iелина. Кхузахь кхаьршинан вовшашка дистхилар нисделлера, и шиъ вовшашна реза хиллера. Амма вайн нохчийн Iадатца гIоьрташ цхьа хIума дара кхузахь: Муьйламат нахана дина бер долуш жеро хилар, ткъа Вис-Iела зуда йалонза кIанстаг хилар. ХIара цкъа зуда йалийна велхьара-м, цхьаьнен ала хIума доцуш дIанислора кхеран гIуллакх. Бакъду, Вис-Iелина иза бахьана ца хетара шен безам бахана зуда йалош цхьаьнакхетаран новкъахь. Сан дас, Мукас, ша оцу захалонна реза цахилар дIахаийтинера Вис-Iелега сан ненехула. Ткъа сан девашас, Вис-Iелас, (оха-м ХIанна олура цунах) аьллера:
«Жеро хаза йу ала Мукега, цунна иза мел къена хетахь, вай дац иза кхехкийиа йаа дохкуш. Шена цунах вас ца йеш, суна ваша, Асетана марваша хилий чекхвала ала цуьнга».
«Ва ЖимкIант, – аьллера сан нанас, – цуьнан цIе Муьйламат йац, ахь сан йаккха йиш йоцуш йолу цIе ма йаьккхи сан хир йолчу кхинан?»      «Ахь-м, Саа, хьайна лууш йоллу цIе туьллур йара цунна, хьайн кхинна» – аьллера сан девашас. Цул тIаьхьа сан деваша, Муьйламат цхьаьнакхийтира. Цаьршинан кхиира ши кIант: Эзар-Iела, Илес, кхо йоI – ПетIамат, Зарган, Роза.  Эзар-Iелина шен дас йалийра, Цоци-Эвларчу йалхойн тайпанах йолу, Азман цIе йолу йоI. Церан доьзалехь кхиира цхьа кIант – Ташухьажа, ши йоI – Марем, Малика. И доьзал цкъа жа тIехь Iийра гIалмакхойн арахь, ткъа СССР йоьхча, Элиста -ГIалахь керт-ков эцна баха бисна. Ташухьажас, шаьш санна гIалмакхошлахь бехачу нохчех зуда йалийра. Церан доьзалехь кIант, йоI кхуьуш дара, амма марненан, маьрйижарийн хуьнаша нус эккхийра. Шен доьзалх ша шен довхоша тухур йоций хиъча, и зуда кхечанхьа маре йахара, ши бер дехошца кхуьуш ду, наггахь нанна гойтуш. Ташухьажа цхьана йохка-эцаран базехь болх беш ву, кхин зуда ца йалош. Эзар-Iела 2018-г1ачу шарахь дIакхелхира, вай «иског» олуш йолу цамгар коьртах хьакхайелла (Дала гечдойла цунна). Марем, маре ца йоьдуш йа ца йуьгуш йелахь, бахьана хIун ду ца хаьа, къанлуш йу, цхьаболчара бозбуунчаллин говзалла карайерзийна говзанча лоруш. Цул жимахйолчо суьйлешха стаге маре динера. Амма цуьнан марзхоша вайн нуц, йоI-йиша, ший а кех даьккхинера. ТIаккха нуц валош Мадина шен да-нана долчу цIа йеанера. Иштта цхьана Iаш масех шо даьккхира цара цхьаьна. Ши бер хилира церан – йоI, кIант. Уьш анддевлча, вай нуц шен ден цIа вирзира, бераш ненахошца кхуьуш ду. Вис-Iелин шолгIачу кIантана Илесана дуьххьара Джалкера зуда йалийра дас, кIант реза воцушшехь. Церан кхоллам бах ца луш хедира. Цул тIаьхьа 4-5 шо даьлча Йоккхачу –АтагIара нехан йоI Амнат йалийра Илеса. Цаьршинан диь бер ду кхуьуш: кхо кIант – Джабраил, Минкаил, Хьамзат, йоI – Жансу а. Вис-Iелин йоккхах йолу йоI, ПетIамат, Джалкерачу ширдех волчу Бетин кIанте Майрбеке йахийтира, иза хьалха зуда йалийна, цул дика воккха волушшехь. Церан доьзалехь кхиира кхо йоI, ши кIант – Iумар, Iелий. Шина кIентан доьзалш бу кхиъна, Iумаран доьзал Цоци-Эвлахь бу бехаш, Iелиниг шайн деций, ненаций Джалкехь бу дIанисбелла. Iелин некъахьовзаман аварехь дIакхалхар нисделира, цул тIаьхьа цунан да Майрбек Деле вирзира. Дала гечдойла царна. Вис-Iелин шолгIа йоI, Зарган, шозза маре йахар нисделира, амма шинхьара кхолламаш хаьдда цIа йеара. Цул тIаьхьа кхин ара ца йолуш цIахь йисира, шо-шаре мел долу цамгарша йожош келйисина иза. Карарчу хенахь, когаш цалеларна, гIудалкхахь йолайаларна тIе даьлла цуьнан могашаллин гIуллакх. КхоалгIа Вис-1елин  йоI (Роза) Цоци-Эвларчу йалхочуьнгахь, Iаьрбегахь марехь йу. Церан кхиъна кхо доьзалхо: ши кIант: Адам, Аюб; цхьа йоI – Амнат. Адам, юристан дешар дешна, Нохчийчохь Шелан кIоштарчу суьдехь кхоьлахо (суьдхо) болх беш ву, ткъа Аюб, мехкадаьттан институт йаьккхина, Москвал дехьахь инженеран болх беш ву нефтегеоразведкехь. Амнат Цоци –Эвлахь бенойх волчу Гусин Хьусайнан Саламун кIантехь марехь йу, шайн доьзал болабелла. ХIинца вай бийца бисина Муьслас Хаьммирзина велла хиллачу Мукин, сан ден доьзалш. Вай лакхахь хьахийра-кх, Мукин деша атту цахиларх лаьцна. ГIеметта хIотталц йолчу хенахь даьхни Iалашдар, кхаш тIехь асарш дар дIакхехьа дезаш хилла иза, цунан шичой – Ахьмад, Шихмирза. Шихмирза жима волуш дуьйна пондар лакхар, хелхарш дар, шех бийлачхьана, мел чам боцу забарш лелор каре дирзина хилла. Зуда йалайале, жима стаг волуш Шихмирзех морзгалмоьнийн цамгар (оспа) хьакхайелла хилла. Товеллачул тIаьхьа йуьхь тIехь оцу цамгаран моьнаш дисина хилла цуьнан. Ша жима стаг волуш, мархин баттахь базара вахана хилла иза. Базарахь охьуш кечдина воьта духкуш хилла цхьа суьйлийн зуда, йоккха кхаби чохь и воьта долуш. Оцу воьтанан суьйранна чам баккха дагадеана Шихмирзина. Иза эца кхуьнгахь ахча ца хилла, амма цуьгна сатасар халонга даьлла кхунна. Суьйлийн зуда акха хьежа а йолийтина, Шихмирзас, шен кучан пхьош хьала оьзна, гоьллалц шен пхьарс воьта чохь долчу кхабина чохь хьулбина. Воьта тIелетна пхьарс хьалабаьккхина, иза ирхъайина болуш, тIехь лацаделла воьта дохуш, цIа кхаьчнера жимстаг. Цхьана дийнахь асарахь делкъе йан кхура кIел хевшина хилла шичой: Мукий, Шихмирзий, Вис-Iелий, Ахьмад. Кхара шаршонна тIехь охьабиллинчу тIо тоьхна берамала цаьпцалг иккхина хиллера, шен дегIаца йерриге цу чохь хьулйаларца луьйчуш. Шихмирзас, цхьа чIешалг Iоьттина, цаьпцалг йуьстах кхоьссинера: «ДIайала, сагалмат, когаш гулбайта йолу хьо хьайн», – олуш. ХIорш виъ сискал йохийна, кхача баа охьахиънера. Шозза-кхузза кхара йуург бете ухьушшехь, оццу берамала иккхира шен дегI хьуллуш, йуха кхин цаьпцалг. Шихмирзас, сискалан йуьхк берамна чухьокхуш, цаьпцаьлгаца цхьаьна чухьарчийнера, олуш: «Ас бахам бехира хьоьга, цаьпцалг, IадIе, когаш гулбайта йолу хьо!» Ахьмад вела х1оьттира, шек воцуш, йуучух ца хедаш. Вис-Iела Iеттош йуьстах иккхира, Мука йуучух чамбайна, ламаз эца вахара, Шихмирзас, Ахьмада, шек воцуш, и бераман кад бууш бассийнера.
«Делан дуьхьа ма боьха ши шад бу шуьшиъ», –аьллера Мукас цаьршинга, шаьш йуха асар дан дIахуьттуш. Вис-Iелин хьуьжарехь деша таро хилира, цундела цунна Къуръан деша, дагахь «Йасин», мовладан назманаш, доIанаш, жайнийн хабарш хаара. Ахьмадна, Шихмирзина мелла дика, чIога тонка оза хаара. Мукин, ша 2-3 класс бен ца йаьккхиншехь школехь доьшуш, аьтто белира механизаторийн, (хIетта йукъайевллачу тракторийн, йалта кхиоран машенийн) курсаш чекхйаха. Иза нисделла колхозаш йохкучучу шарашкахь. ХIетта йехкинчу колхозашкахь латта аха, самсадаккха, дIаден, молханаш детта, кхиъна даьлча йалта дIадерзо машенаш, техника оьшура. Вай йуьртахь масех колхоз дIайоьллу: «Молотов», «Керла бахам», «Красный чеченец» цераш йолуш. Оцу кохозийн предсдателан болх бина вайн йуьртахоша: Бакаев СангIарис, Сайхаев Сайтас, Хьажмурадов Хьажгирас, Саидов Сайдахьмада, Исаев Татас, Минкаилов Шемала, Шидаев Хьамида, Эльханов Иммарзас, Берсаев Iелас. Йуьртдай лаьттина Абдулкеримов Баудди, Насуханов Iуса, Тасуханов Iусман, Хадизов Сайдселим. Царна советийн Iедал кога дахийта, чIагIдан гIо деш хилла комсомольцаш: Висханов Зайнди, Амалаев Iабдалхьажа, Зайпуллаев Зеламха, Тасуханов Биши, Батаев Iали, Ирезиев Леча, Абдулкадыров Мурид, Хьамзаев Куса, Мусаев Хьамид, Джукаев Iабдалхьажа, Ирасханов Лага, Тасуханов 1усман. Дуьххьара вайн йуьртарчу колхозашка Iедало йахкийтина тракторш йу: америкера «Фордзон» 1933-1934-г1ачу шерашкахь, цул тIаьхьа ЧТЗ (Челябинский тракторный завод), СТЗ (Сталинградский трактлорный завод). Дуьххьара йуьрта йеана «Фардзон» гучуйаьлча, вайн йуьртара зударийн тоба тIелата йаханера оцу тракторна, иза шайтIа ду аьлла, шайн карахь даккхий, стаммий хьекхий долуш. Цу зударийн тобанна хьалхайаьлла хилла Къарибат цIе йолу зуда. И зударийн тоба шена гича, тракторист – оьрси, трактор Iадда йитина, царах ведда йуьртан Iедална тIевахана хиллера. Зударша, Къарибат боху зуда тхьамда йолуш, хьекхий детташ шайга далург дина бахара тракторна тIехь. Иштта дуола-дулу-уш техникех, советан Iедалан законех дулуш, колхозашна йукъа бахана-кх вайн йуьртахой. 1935-г1ачу шарахь дуьйна латта лелош, оьшуш болу берриге гIирсаш, техника гулбина бара МТС олучу меттехь (машино–тракторная станция). Оцу МТС-ехь болх беш хиларна, Хаьммирзин ахча бахьанехь, армех ца вуьгуш цIахь витинера Мука. Цуьнца цхьаьна цигахь цу хенахь тракторш тIехь болх беш хилла вайн эвлара Исраилов Хьусайн (чермо), Чалаев Даутмирза (ширди). Оцу хенахь хилла Мука тIехьийзаш сан хир йолчу нанна, Саина. Саа хилла тайпана Iаьндешха волчу Хьажгирин Абин йоI. Хаза кхиъна йогIуш, хийзина месаш йолуш, хьаьрсочу аматехь, 1аьржа б1аьрг-цкъоцкъам долуш, хьаьрчина йуккъерачу дегIахь мехкарех дIатоха мегар долуш йоI хилла Саа. ТIехьовза лууш шортта кIентий буьйлуш хилла цунна. Амма сан хир волу дел тIехбаьккхина, аттал дуьненан синкераман некъ тIелоцуш ца хилла йоIа кхечаьрца. Колхозан кхаш тIехь болх беш гуш хила царна вовшен бIаьстенгара гуьйрене довллалц. Цу хенахь оцу аренийн кхаш тIехь даккхий кхорийн дитташ хуьлуш хилла, делкъанна кIел гуллуш божарийн шайн, зударийн шайн – вовшашна башха гена доцуш меттигаш йолуш. Иштта садоIучу хенахь вовшашца забарш йеш, эшарш лоькхуш, наггахь хелхаларан бал боккхуш, хан токхуш хилла цара. Зудбераша, тIехьийзачу кIентийн сакхтен хIумнаш тIехтухуш, хьовзош хилла вовшен. Цкъа Мукин мазоташа йуьзна тужурка тIехтоьхна хиллера Саина. Оцу хенахьлера тракторш сих-сиха хьакхар (салидол) хьокхуш, даьтта дуттуш, тIам хьовзийна латош, лело хала техника хилла, дикка ницкъ болчуьнга бен и тIам хьовза ца луш. Дукхахьолахь и тIам йухакхетий, хьовзошверг лазавеш хилла цо. Тракторна гонаха хьийзаш, болх беш волу стаг, хьакхар ца хьакхалуш вуьсийла ца хилла.  Цундела, оцу тракторна кIел цхьаъ дан дезча, кIел тосуш, вуьшта мох болуш тIейухуш, ткъа делкъана хIума йууш, ламазана кIел тосучу кхакхина кIел тосуш, лелош тужурка хилла Саина зудбераша тIехтоьхнарг. Массо кхаш тIехула шайн-шайн белхаш бан хIиттича, Саас къайлах йахана, божарий гуллучу кхура кIеллах Iуьллуш йолу Мукин тужурка уьрсаца цистинера, маьI-маь11ехь Iуьргаш дохуш. Цхьанне ца гуш йуха йеана, шен асар дан хIоьттинера иза. Мука малхбузу ламазе кхура кIел веача, кел-кескаш хилла Iуьллу шен тужурка гича, цецваьлла виснера. Тужуркех йисина тIелхигаш дIакхийсина, шен кхакха лаьтта тесна шен ламаз динера цо. Иза Саас дина хир ду бохург дага ца деанера цунна. Мукица хийисте лелаш, чIогIа доттагIаллин гергарло лелош Зайнди хилла, гунойх волчу Хьаьдизан кIант. Хаьммирзин корана кIелхула чекхволуш хилла Мукий, Зайндий мескаройн йуккъе Саина хийисте воьдуш. Дукхахьолахь оцу корехь Къуръан доьшуш Iаш волчу Хаьммирзина хIара шиъ тIехволуш гуш хиллера. Доьшучура шен Къуръан сацадой, кхоссар йеш хиллера Хаьммирзас: «ЦIий ма бехделаш, хIу  ма талхаделаш!» Ша Йайбухойх билто хилча, оцу Нохчийчоьнан йайтIехь дIайаздина хиллачу 63 тайпанийн хIух йолу зуда йалайе бохучу маьIнина т1ехьажийна хиллера Хаьммирзин кхиссарш. Амма имам Шемала, гIазкхийн Iедало дохийна лелийна нохчийн къам хIинцале дIаиэдала доьллера цхьадолчу ламасташца гонахарчу къаьмнийн амалех. ХIокху Цоци-Эвлахь дара оцу хенахь 40 сов тайпанаш. Царна йукъахь къоман йай тIехь нисса ах сов хилла доцу тайпанаш долуш. Суьйлий, Iаьндий, аргIаной, таркхой, ногIий, гумкий, салой, гIазгIумкий, чергасий, куьпчий, хьакарой, гIезалой, цIадахьарой, ансалдой, гIагIатлой, жIай, оьрсмй и. д. кх. Уьш дерриш нохчийн мотт буьйцуш, лелочу гIиллакхийн тоьхале лелош, вайн къоман 1ер-дахаре дирзина, нохчий санна, мехкан дай хиллачу т1ег1ане дирзина хьал д1ах1оьттуина даьллера. Иштта Iер-дахаран кепехь тарделла девлий-довлазий, мотт бийцар шайн-шайн аларехь долуш, иэдала гIерташ дара нохчийн къомах схьакхетта оцу къаьмнийн дакъош.  Саа Iаьндех хилла. Саин ден Абин, цуьнан ден Хьажгирин да Мохьмадан Девлатгирин–Юьртара схьакхалхар нисделлера кху Цоци-Эвлан махка. Миклай- паччахьан Iедал доьхна саветийн Iедал т1едале масех шо хьалха. Йамартлонца советан Iедало Iовдин Iела лаьцна дIавигинчул тIаьхьа, Iовдин йоI, ПетIамат (Дуку) лаца тIаьхьаваьлла хиллера, ГПУ-н белхахо-хьадалча волу, Веданара Ушаев Мазлак.  ПетIимат цу хенахь  16-17 шо долуш, маре йаханза жима зуда хилла.  Нохчийчохь иза маре йига хIуттуш цхьа стаг ца хилла, МазлакгIеран Iедалах ийзалуш. Мазлаках йадийна иза дIалачкъо Цоци-Эвла йалийна хиллера. Иза ларйан тIелаьцнера Саин дедас Хьажгирас, цуьнан тайпанах волчу Чомпин Iаьзас а, Забантан акхтаргашна лаххьарчу Iаьзин хьерахь.  Оцу хьерарчу хIусаман неIаре охахиъиа  бохура Хьажгира пхоьазза йолу топ карахь, патармийн гIутакх улло диллина, олуш:
«Сан докъана  тIехула даьлла бен оцу йоIана тIе хIумма кхочур дац!» Цул тIаьхьа цхьа къира сов хан йаьлча, гIалгIайн махкара захалой баьхкина ПетIимат цигарчу Солумгирина йигна хиллера. Саин да, Аби, пачхьалкхана йалта дIалуш вац аьлла йуьртахочо моттбина, Iедало Сибрех вахийтинчохь вайна ву. Иза лоцучу хенахь Саин 6-7 шо хилла, ткъа цуьнан вешин Iабдал-Хьаькаман 3-4 шо. Оцу шина бераца йисина церан нана Саидат. Иза Цоци-Эвларчу ширдийн тайпанах йара, Зайпуллин йоI. Саидатан кхо ваша хилла Бетарсолта, Чага, Зеламха. Бетарсолта хьужарахь дешна Iаьрбийн йоза девзина хиларна, хьехархойн курсаш йаьхна, школехь берашна хьоьхуш хиллера йуьхьанцарчу классашкахь советийн Iедал д1ахIоьттинчу шерашкахь. Чага «Молотовн» цIарахчу колхозехь даьхнийн фермехь Iу хилла, ткъа Зеламха, «ликбез» олу кхаа беттан школехь дешна чекхваьлла хиларна, цу заманахь «грамотный» стаг ву аьлла, Илсхан-Юьрта йуьртда вахийтина хиллера. Иза комсомол олучу кегийрхойн тобанца волуш, советийн Iедал дIахIотточу коммунистийн жигара накъост ву аьлла, вахийтина хиллерв цига йуьртда. Ткъа оцу заманахь хIетта кога даха гIертачу советийн Iедало даьхний, латтий, йалтий шен дола даьккхина, кертахь йолчу массо хIуманна тIера налог йоккхуш хиллера, ур-аттала вир долахь ца йуьтуш, колхозан бахамах дIатухуш. Цундела ша Iедалан белхало хиларе терра, Зеламхас хьовзийна хиллера илсханйуьртахой, тхевнашна тIера хIуьна йитина хьаьжкIаш тIехь Iедалан задани кхочушйан  схьайохуш. Наха дуьйцуш дисна цунах лаьцна цхьа дийцар ду. Илсханйуьртахоша Цоци-Эвларчу ширдашка хабар даийтинера, бохуш дуьйцу: «ХIай, Цоци-Эвлара ширдий! ХIара шайн стаг тхуна йуьртда веш аш забаренна ваийтина велахь, шун забар хIинца тIех ма йаьлла. Амма аш хIара баккъалла ваийтина велахь, тхо тхаьшна цхьа гIайгIа ца бахь ма ца довлу, хIара йурт кхунна Iадда йитина, кхузара кхелхина д1а ца долхахь, йа шуна хIара марчошна йукъахь дIаваийтина, марша довла ца хьовсахь. Вайна йукъа чир ца йужуьйтуш, цхьа верас валийша кхуьнан маслаIате волуш». Саин да Аби, кхин дуккха нах хIаллакъбира советийн Iедало йалтина заданеш йиттинчу шерашкахь (1929-1937).  Абица лаьцна дIавигна волу Цоци – Эвлара Эдисолтин ИбрахIим, шотойн тайпанах волу, Дальний Востокехь лагершкахь хан йаьккхина ваьлла 1940-г1ачу шарахь цIа вирзинера. Аби хиллера цуьнций дIахецна, шена тоьхна хан чекхйаларна. Амма иза ц1а ца вогIуш цигахь сецнера. ИбрахIима Абегара деана хабар иштта хиллера:
«Сайна мотт тоьхнарг суна вевзаш ву, цIа веача со иза вен ца вуьйш Iалур вац. Иза вийча сайн гергарниш, доьзал бале лоцу ас. Уьш хIинца со шайца цахиларх бола боьлла Iаш хир бу. Дуьненчохь сан йаккха йиснарг йоккха хан хир йац, цундела сайх бала цабер ас цхьанне. ИбрахIим, хьан некъ дика хилийла. Маршалла ло соьгара вайн махке, йуьрте, лаьмнашка, Хулло-хе а –уьш дерриш сайн дагчохь ас коша хьур ду кху хийра махкахь». Хаьммирзас хIу ма бехделаш бохуш, лерга мехий даьхнехь, 1938-г1ачу шарахь, гуьйранна сан дас (Мукас)  Саа йалийнера. 1940 шарахь гучуваьллера
цаьршинан дуьххьарлера доьзалхо. Иза кIант хиллера. Цунна цIе тиллинера Зойрбиг, амма иза йоца омар йолуш хиллера. БоьалгIачу баттахь, берийн хьу хьакхайелла, дIакхалхар хиллера цуьнан. Хаьммирзина боккха бохам баьллера цунах. Шен зудчун, шен  боьрша доьзалхо ца кхиъна дера бара цуьнан берриге кхерам. ХIинца ша кхаьбначу кIентан хила боллу теша, шениг санна, боьрша доьзалхо ца кхуьуш кхоллам, боху ойла коьрте хьийзаш хиллера Хаьммирзина. 1942 шарахь со веана дуьненчу, амма со дуьненчу валаран шеран хан къовсаме йаьлла йара. Цу хенахь стеган, зудчун регистраци йаран гIуллакх нохчашана башха дош хеташ ца хилла, моллас бина мах хилчхьана зудчун, стеган а, Iедалца загсехь кехатца чIагIбина цахиларх. Цундела дуьненчу даьлла берана «метарка» йаккхарна садагийна ца хиллачух тера ду верасаш. Суна метарка иэшар гучудолу Г1ирг1изехь 1949-г1ачу шарахь, со школе деша вохуьйтучу шарахь. ТIаккха иза йаккхар нисдан дезаш хуьлу Нохчийчуьра архивехула, вайна тIехьожуш йолчу камендатурехула, Загсехула, лоьрийн комиссехула. Сайна метарка йаккхарх лаьцна айса йаздина цхьа дийцар даллор ду ас, Г1ирг1изехь баккъалла ма леллара тхан доьзалехь.


Рецензии