Iилма Iамаде вай! -1

   Публикация о важности приобретения знаний (на снимке: учебный корпус Грозненского нефтяного института им. академика М.Д. Миллионщикова, 1982 год)

   Маьждиган имамо шен цхьана хьехамехь билгалдаьккхира: «Дала доссийначу Къуръана чохь уггар хьалхара дош ду «деша (читай)» бохург». Имамо иштта дийцира: «Цкъа маьждиге гулбелчу наха 40 хаттар дина хилла Iеламстаге. 36 хаттарна цо: «Ца хаьа», - аьлла, жоп делла, ткьа 4 хаттарна дуьззина жоп делла. Цецбевллачу наха аьлла: «Иза муха ду?! Хьо вевзаш, лоруш имам ву, оха, асар-мангал ца вохуьйтуш, кхобуш а ву хьо. Хьуна цу 40 хаттарх 4 хаттарна бен жоп дала ца хии?!» Iеламстага кхетийна: «Аш суна луш болу мах – суна хуучух луш бу. Суна цахуучух мах бала кху дуьнен тIехь мел долу даьхни тоьар дацара шуна».

   Кхечу цхьана Iилма долчу стаге хаьттина: «Бахам тоьлу йа Iилма тоьлу?» - аьлла. Цо жоп делла: «Iилма тоьлу. Бахам ахь ларбан беза, Iилмано хьо ларвийр ву».

   Iилма Iаморан хьокъехь даьхкинчех ду дийцарш: «Iилма Iамаде аганара гIаьттичхьана лахьти чу виллалц», «Хьайн цхьажимма аьтто белахь, Iилма Iамаде, Iилма Iамадан аьтто бацахь, Iилма хуучуьнга ладугIуш хила», «Iилма Iамаде, Китай гIой а» …
 
   Воккхачу стага элира: «Жима волуш Iамийнарг тIулга тIе йаздина йоза санна ду, воккха хилча Iамийнарг ша тIе йаздина йоза санна ду».

   Ши эзар ах эзар шо хьалха ваьхначу Демокрита баьхна: «Хьекъал долуш жима стаг хуьлу. Хан, шераш дIадовларх хуьлуш вац стаг хьекъале; кхетаме хуьлу стаг, нагахь иза кхетош-кхиийча».

   Нохчийн фольклоро тидаме эцна дешар, хьекъал, кхетош-кхиор. Цу тIехь ду иштта кицанаш: «Йоза доцу стаг шура йоцчу аьттах тера ву», «Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу», «Кхоччуш хьекъал долчуьнан къамел доца хир ду», «Ткъа шарачохь ца хилла хьекъал, цкъа а хир дац» и. дI. кх.

   Вевзаш волчу йаздархочо Айдамиров Абузара билгалдоккхура: «Пачхьалкх шена тIехь лаьтта бIогIамаш ду - экономика, Iилма, могашалла, культура».

   Цхьаммо дийцира: «Сибрехахь тхан лулахь Iаш вара цхьа молла. Цуьнан Iилманах тамаша бинчу наха аьллера цуьнга: «Мел доккха хIума ду хьуна хаьа Iилма! Хьуна хуург хууш делара тхо а». «Суна хуург хууш шу а делара, сайна цахуург а хууш со а велара, - жоп деллера моллас».

   Массо хенахь пайден хир ду кху дешнийн ойлайар: «Уггар доккха Iилма ду, шена цахуург ца хаьа алар». Стагана шена массо хIума а хаьа моттаделлехь – иза и стаг галваьлла (йа галволуш) хиларан билгало йу».

   Зорбанан говзанчаша далийна литтина дешнаш: «Дечигпхьар – дечиган пхьола а деш, аьчкапхьар – аьчкан пхьола а деш IадъIахьара, мел дика хир дара». «Массо а ста¬га шена гинарг а, хуург а бен ца дийцахьара – дуьнен тIехь мел тапъаьлла, тийна хир дара». «Iилмано: кхетам боцург – кхетаме валаво; ирчаниг – хазво; ирсе воцург – ирсе во; къениг – вехаш во…»

   Дуьне кхоьлличхьана, массо а йукъаралло, халкъо шен оьмарехь къона тIаьхье кхиайо, Iамайо тIейогIучу хенахь йаха, тIехIитта тарлучу гIуллакхашна охIла хила, цунна дIало мотт, гIиллакхаш...

   Массо халкъаш, йукъараллаш а санна даха деза вай а!


Суьрта т1ехь: Академикан М.Д.Миллионщиковн ц1арах йолу Соьлжа-Г1алин мехкадаьттан институт, 1982 шо.


Рецензии