Йоьхначу заманахь
Йоьхначу заманахь
Хиллачийн ойла...
Йоьхначу заманахь
Хиндолчийн ойла...
Йоьхначу заманахь
Собарах
ца вуохарх ойла...
Йоьхначу заманахь
Сайн некъах
ца тиларх ойла...
Йоьхначу заманахь
Дайх диснарг
ца дицдарх ойла...
Йоьхначу заманахь
Нохчаллех
ца валарх ойла...
Йоьхначу заманахь,
Ас ойла
ка йоьхна ма-йойла...
Йоьхначу заманахь
Ас ойла, сан Даймохк,
Хьо боцуш...
висинчахь ма-йойла,
Хьо боцуш деъна де
- нохчочун -
Цкъа а ма-гойла!
Сан ойла...
Йоьхначу заманах...
Сан ойла...
Свидетельство о публикации №224090100587