Даймахках дош

         ДАЙМАХКАХ ДОШ…

   СхьавАлар – хьан тIамарх хилла,
   Вахар а – хьо безаш хилла,
   Сагатдар – хьо бахьна хилла,
   Сан доIа – хьо боьхуш хилла...
   Сан некъаш – хьан доьхьа хилла,
   Ойла а – хьоьх йоьзна хилла,
   Сан кхайкхам – хьо ларош хилла,
   Илли а – хьо хестош хилла...
   Сан гIиллакх – хьо лОруш хилла,
   Безам а – хьоьх хьоьгуш хилла,
   Сан само – хьан тергон хилла,
   Йоза а – хьо балхош хилла...
   Сан кхане – хьо кхиар хилла,
   Къийсам а – хьан Маршо хилла,
   Сан весет – хьо буьйцуш хилла,
   Верзар а – хьан кийра хилла...
   Хьо гуттар, сан цIийца,
                Сан синца хилла…
   Хьо даиман, Даймохк,
                Сан дагчохь хилла!


Рецензии