йуха а...

Тахханалц, даим а доттаг1 хилла литтинера Зарина, 1арби.
Дукха хан йара х1ара шиъ девзаш долу. Ойланаш а, дезарш а, дуьнене хьежар а цхьаьнадог1учу адамийн уьйр ма кхоллало вовшашца. Кхеран а, иштта цхьа ларамза, цхьа ша-шаха масех шо хьалха интернетехь, йо;а книгин аг;онан сурт чу кхоьссича, йазйинера цуо кхуьнга. Книгашца уьйр хилар тайнера царна вовшийн. Цу бахьаница довза а девзинера…
Цкъа-шозза гар а хиллера. Иза а, йо1 цхьанхьа йоьдуш-йог1уш, книга а, цхьацца тептар д1асалуш вовшашка.
   Зарин книгаш йара... Д1оггара йоккха йацахь а, шен библиотека йара цуьнан. Жимачу ишкапа чохь могг1ара д1ах1иттийна лаьтташ а йара книгаш. Йеша йолийнарш куьг кхоччехь, ша йуьжучу маьнгина уллора г1утакх схьаозийча а, цу чохь а...
Цаьрца доттаг;алла дара йоь1ан, ткъа х1инца 1арбица а. Шоьтан дийнахь «северный» ц1е йолчу базарчикехь  шира х1уманаш йухкуш болчу нахехь шира книгаш а карайой, оьцура цуо. Кхунна совг;ат а дора, цхьана туькан чу охьа а йохкий.., Г1ала йеанчахула схьаоьцур ахь олий.
Наггахь  1арбис йо1е йаздора: «Г1алин бешахь вовшахкхетий вайша, г1алин урамашкахула дола а луш, къахьо а молуш, суьртийн гайтаме а доьдуш?».  Зарас, йела а лой, дерзадора: – Къеначу соьца хаза хир дац хьуна, къона а хаза а мехкаршца ваха веза Г1алин беша – «йоккха стаг йу со», олий, т1е а тухуш.
  – Йоккха стаг йац хьо-м, ма дийца и х1уманаш — олура к1анта.
   Йо1 йан а йара 1арбел масех шо йоккха. Йо1ана ша ч1ог1а йоккха хетара цул, цундела кхин итт шо сов ша а т1е а тухура.
Кхоьрура йо1… кхоьрура-кх, ша шерашкахь йоккха хилча, наха а, цуьнан ц1ерачара а цхьацца дийцарна. Ткъа доттаг1аллал совнаха дерг ойланехь т1е а ца дуьтура.
   Балха д1а а йоьдура, ц1а а йог1ура. Дуьхьалкхеттачуьн бала берг а, гергарчара гича, могуш-парг1ат меттана хоттург а цхьаъ хуьлура: «Хьо маре маца йоьду?». И кху т1аьхьарчу шерашкахь луш долу коьрта хаттар дара кхуьнга, ткъа йо1а, йела а лой жоп лора: «Цхьаммо ца йуьгу со», – олий.
К1ордийнера цунна и хаттарш. Хьаьнгга йахча а башхалла доцуш, маре хилчахьана аьлла, уггаре самукъадолург к1айн г1абали йухар а, керла бедарш эцар долучу йо;ах тера йацара Зара. Цунна иштта ца лаьара. Хан д;а а йоьдура.
Нанна а хетара, йо1 цхьана ц1ент;ехь хила йеза аьлла. Х;ара цхьанхьа д1анисйеллехь, шен са парг1ат хир дара, олура цуо кест-кеста.
   Эххар а, цкъа дов долуш, йуха хан йаьлча, д1адолуш, вевзашволчу к1анта дог а дашийра кхуьнан, ойла т1е а йерзийра шена. Иштта цу к1анта кхуьнгара тешамна дош а даьккхира, шега аьхка йог1ур йу, аьлла. 
П1ерасканан, мукъа деношна хьалхарчу дийнахь, массо кехат кегош, болх т1етаь1на хан, к1ира дерзош, отчет йазйеш йоллуш х1ара а йолуш,  телефонан экран серлайоккхуш, хаам кхечира:
«Зара, цхьа совг1ат дара сан хьуна лерина. Г1алара книгийн туьканахь т1оьрмиг охьабиллина хьуна. Схьаэцалахь, хьайн мукъачу деношкахь йиш хилахь», – аьлла. 1арбис цу чохь охьадуьллург дуьххьарлера совг1ат дацара. И совг;ат даим а ц1ена книга хуьлуш йара. Цунна хазахетара, йо1а йешна йаьлча, шеца шен ойланаш а, хазахетарш а, халахетарш а доькъуш. Телефона т1ера и хаам бешча, йо1анна дагадеара ша х1инций-х1инций цуьнга олу бохуш, д1атоьттуш дерг д1аала деза аьлла. Кестта уьйр-марзо хада йезарх кхетара йо1. Кхечу къаьмнийн санна а доцуш, нохчийн йо1 нехан ц1ент1е йаьлча а доттаг1алла лело йиш цахилар шена хаарна, и д;аала дог1ура. Делахь а, цхьана х1умано йухаийзайора х;ара. К;антана халахетар дан кхоьрура х1ара. Цунна халахетар дуйла, хаьара, шеначул а б;озза сов а хеташ.
Т1оьрмиг схьаэцар ца хуьлуш, масех де а даьлла, схьаэцча, цу чохь масех книга йара, кехат йукъа а хьарчийна, кечйина. Кхин а цхьа совг1ат а дара: п1елгах йуллу детин ч1уг. Нохчийн бустам т1ехь а болуш. Йо1анна ч1ог1а хазахеттера. Б1аьргех хиш охьахьоьвдира. Х1инца кхин а хала дара Зарина к1анте ша ала г1ертарг д1ахьахо.
   – Схьаийцин ахь, Зара, сан жима совг1ат? – аьлла, йоза х1оьттира телефон чохь.
– 1арби, ма хаза ду-кх х1ара совг1ат, ткъа хьуна хала ца хетахь, ас книгаш схьа а эцна, йухалур дара х1ара, – элира йо1а.
– Ахь х1ун дуьйцу?! Сайна хьуна дала лууш ма делла ас и. Г1оза леладойла ахь и! Даггара делла ма ду ас и, леррина харжа а хаьржина. Сайн хьомечу доттаг1чунна. Даггара йелла х1ума даггара т;елацахьа.
   – 1арби, цхьа х1ума эр дара ас.
   – Х1ун дара и, Зара?
   – Йоккха стаг х1инца маре йоьдуш йу. «Йоккха стаг», шена 1овжаме дерг бегаше даккхархьама аьлла дара кхуо, к1антана а, шена а муха дайдийр ду ца хууш. –Ас даим а ма олура иштта, хьуна цхьа а сатуьйсийла ца хилийта, элира йо1а. Бакъду, к1анта а шен дагара ца хаийтинера кхунна цкъа а, йахар-йар ца дийцинера, цундела, х1ара дикка кхеташ йацара к1ентан даг чохь х1ун ду аьлла.
Вела а велла, жоп делира 1арбис:
   – Муьлхачу книгин турпалхочун къамел ду и? Х1ун йоьшуш йу хьо?
   – 1арби, вайн книга йу. Турпалхо а со йу.
К;ант кхийтира, х1инца кхуо дуьйцу жайна х1ара дуйла, йоьду хан х1ара йуйла а. Цхьа тамашийна къиза а, ирча а чаккхе йолу книга йешча хуьлучу синхаамех тера синхаамаш хилира к1ентан. Х1умма а ца йазйеш, масех минот а йелира цуо Зарига. Йо1 кхетар а йацара цу шен телефонан «на другом конце звонка» дуьне доьхнийла. К1ентан дерриге а дуьне доьхнийла кхетар ма яцара йо;.
1арбин доттаг1алла – дуьне санна боккха безам, ткъа х1инца-м х1аваэхь лелина, ченала доьжна, икккхина лоппарг санна, доьхна, д1адели. Ма атта дуьйхи хьо, сан доккха дуьне! Х1инца, ша х1ун йаздийр ду а ца хууш, виснера ;арби. «Х1инца-т1аккха, Зарига д1ахьахабо бохуш, лечкъабеш, экам сайца лелийна безам х1инца д;акховдо стаг а воцуш, бисар… Ма дагахьбалам бити ас сайна. Х;унда титти ас и ши кхо дош д;а, «кхана, кхана» – бохуш, кхин а цхьана х1умане хьоьжуш. Велла волийла хьо, 1арби, х1ара хьайга алале и дешнаш д1а ца аьлла волу…» – бохуш, ша-шегара бехкаш дохура… йух-йуха а карладуьйлуш, гуттар а базлора бала. Бехк шен буйла хиъча: «Куьг кхочучохь долу х1ума, и куьг д1а ца кховдош, дуьненал генадалийти ас. Ва х1ара х1ун ду? Ма къуьйлу сан дог некхехь! Х1ун де ас? Ас х1ун де х1инца? Х1ун ала?..»
Зара х1инца нехан ц1ент1ехь йара. Царах д1а ца иэлора х1ара. Х1инца дерриге а тийна дара. Х;инца кхуо шена наха т1едиллина, ша кхочушдан деза аьлла хеташ хилла долу х1ума кхочушдина. «Маре ца йоьдуш, къанлуш йу хьо», – боху хабарш тийнера.
Ткъа кхузахь, шен хан д;аэхар доцург, кхин х1умма а ца гора Зарина. Дуьххьара кхуьнца мелла а дика хилла йолу йукъаметтиг ц1ийнаден а, цуьнан ненан а х1инца гуттар а телхинера.
Бахьанаш а лоьхуш, 1иттарш йора марнанас, цуьнгара и схьаоьций, ц;ийнада а хуьлура «г1ам-г;им» деш. Шена хуу
г1уллакх, г1иллакх лело г1ертара Зара, амма х1инца, кхуьнан массо а книга, новкъа йу аьлла, кехатан йаьшки чу а йехкина, д;айахьийтинера. Д1а ца йаьхча а, йа йеша а ца йоьшуьйтура. Буьйсанна йижа чуйирзича, г1елйелла, г1ора а ца хуьлура, набарна б1аьргаш детта д1айуьжура.
Доллучул а халаниг – иза, кхуо ша хаьржиначу набахти чохь Зарина уггаре а халахеташ долу г1уда: х1ума йаа чугулбелча, церан къамелаш лан дезар дара, бала банне а боцу, цхьа а дозалла а, йа хьекъале а доцу къамелаш. Уьш а гуттар а ч1ог1а, коьртаниг деш – «лулара Неписатан йо; маре йахча, йо1 д;аэцна йахначунна делла совг1ат гирий шуна? Хасав-Йуьртара йорах х1уманаш йухкучу базарахь ши б;е сом бен мах боцу меттан ч1уьйригаш (пастель) ма йу. Муха лур йу алахьа д;а?» – олий, бийлалора. Цуьнгара и белар схьа а оьцуш, цуьнан къена йо; а йелалора, чайнах муьста варени а тухий, цу чай чохь и 1айг «т1ах-т;их» бохуьйтуш хьийза а беш. «Кхин х1ун мустдан йоллу-теша хьо и чай?» – бохуш, хьоьжура Зара, шайн доллу дахар а ду шун муьста, бохуш шен дагахь.
   – Ма тамашийна къамелаш ду х1орш, х1ара нах а бу тамашийна… цхьа а культура а йоцуш, йа адамийн синан лекхалла а йоцуш, цхьа бен а доцуш. Шаьш х1уъу дийцича а, х;уъу дийцахь а, цунах баккхий а беш 1ачу кхарна йуккъехь со муха 1ийр йу? – ойла йора кхуо. «Со х1унда 1а-теша?» – олий, йуха а ойланашка йуьйлу х1ара...
Жимма хан йаьлча, ц1ийнадеца а делира дов. Х1инццалц а долура иза-м... Зарина дукха аьрзнаш дора кертарчара, т1аккха ц;ийнда кхуьнца девне волура.
   Х;инца шен кхузара рицкъ кхачадолуьйтур ду ша, аьлла, шена кхин х1ун доккха бахьана оьшу, ша кху нахана йукъахь жим-жима леш хиларал сов. Делан вазлора ца 1а-кх кхин-м, аьлла, меллаша шен «сал-пал» схьа а гулбина, шен ц;а йеара Зара. Цул т1аьхьа цкъа а дохко а ца йелира, цу марех йуьйхи-кх ша аьлла.
...Бутт, ши бутт, шо...
Болх, некъ, кхиамаш...
Шо, ши шо…
Нохчийчохь х;инццалц  хиллачарах уггаре а боккха гайтам (выставка) а, базар а. Кху к1ирандийнахь нохчийн 1ер-дахаран амалехь вовшахтоьхначу гайтаме кхача аьтто баьлла, йеанера Зара.
Букъ а тоьхна, йуьстахо лаьтташ йара йо1, ши куьг букъа т1ехьа дехкина, п;елгаш чуьчча а туьйсуш. Гуранаш чохь тайп-тайпана суьрташ дара, кхунна бевзачу а, цабевзачу а суртдиллархойн. Шен п1елга т1ера мух1ар хьийзадора йо;а. Иштта кху гайтаме веанчу 1абин б1аьрг кхийтира кхунах. И мух1ар а, и дуткъа деха п1елгаш а эзаршлахь девзар дара, эзаршлахь девзар дара и куьйгаш а. Кийрара дог х1инций-х1инций схьаэккха моьттура, к1ант жимма уллехилча, кхуьнан деган вота цунна д1ахаззал.
   – Хаза ду суна схьаго сурт, – элира 1арбис. Цунна ца хаьара, ша и йо;анна хезар долуш аьлла, йа дагахь аьлла. Х1инца к1ант, адамаш жимма д;асаделча, цунна т;е а хилла, мелла а улле д1ах1оьттинера. Х!инца Зара кхунна д;айирзина гора, жимма хьалабирзина мара а, ч1ениг т1ехь к1аг а. Ша ма-йарра, хьалха ма-хиллара.
– Ду. Сурт-м хаза ду. Оцу гура чохь дацахьара, – элира, Зарас. Схьа а ца хьожура иза. Суьрта т1е б1аьргаш а боьг1на, лаьттара, б1аьранег1арш мел туху, цкъоцкъамаш хьала-охьа детталуш, йо1 цу суьрте хьоьжуш.
   – Гура.., гура бацахьара, бохурий ахь? – хаттар дира к;анта.
   — Х1аъ... ...Гура. Дозанаш хилар ма ду и. Х1орш-м суьрташ ду. Адамаш а ма хуьлу иштта гуранаш чохь, цу чуьра аравала ца мегаш санна. Ткъа вай, ваьшна х1иттош ма ду уьш. Дера цу дозанал арахьара суьрташ кхин а хаза хила ма магара хьуна… Адамийн дахар ирсе а... – олуш, схьайирзира йо;, нийсса йуьхьдуьхьал, хих буьзна ц1ийбелла б1аьргаш к1антана т;е а бог;ош. Кхийтира к1ант, кхунна ша, дуьххьара вист ма-хилланехь, вевзина хилла хиларх а, кхуо дуьйцу гуранаш муьлхурш ду а... Детталучу даго новкъарлойора кхунна вистхила а. Б1аьргаш буьзна долу хиш х;инца охьахьевдира беснеш т;ехула, шена чохь суьртийн мокха беснаш а къегаш. Чоь кхин а бодане хилча, кхуьнан б1аьргара охьа1ийдалурш б1аьрхиш доцуш, ц1ий ду мотталур дара. Шерашкахь кийрахь къийлинарг, лайнарг х1инца шен г1айг1анан хьостанера схьадуьйлуш…
1арби жимма воха а воьхнера.
   – Зара, ирсе йуй хьо цуьнца? – хаттар дира 1арбис, цуьнга ша и хаттарх ша-шеха цец а волуш.
   – Д1асакъаьстина – доцца жоп делира Зарас.
Ший а, кхин дист ца хуьлуш, лаьттара… дерриге а б;аьргашца дуьйцуш. Чуьра, г;ийла серло луш хилла чиркхаш, х1инца серладехира, йухкуш йолу х1уманаш гойтуш, дехьа маь11е д1акхойкхура куьйгалхочо нах.
К1ант, цхьана г;енах самаиккхича санна, Зара ша йолччохь лаьтташ а йитина д1ахьаьдда, д1авахара...                Гайтам д;акъовлуш, кхайкхам бира, баьхкинчарна баркалла а олуш, эцна суьрташ а, т1ейуху бедарш а г1оза лелайойла а олуш, йуха а дахкар а доьхуш. Х1инца не1аре д1айолайелира йо1. 1арби не1арехь дуьхьалвелира.
  – Зара – аьлла, т1оьрмиг схьа а кховдийна, д1авахара иза. Зарас ц1ахь т1оьрмиг схьабаьстича, цу чохь нохчийн г1одайукъа доьхку детин доьхка, чаьрпазаш, чечакхаш йолу доккха кортали а дара.
Уьш а буйнахь х1ара 1аш, телефонан экран серлайолуш, цу т1е хаам х1оьттира: «Зара, кху т1ейог1учу гуьйренан хьалхарчу дийнахь, хьайн г1абалина х1ара доьхка а дихкина, соьга йан реза йуй хьо?» – аьлла. Кхуо дуьхьал доцца жоп йаздира: «Йу!» – аьлла.
Т1ейог1учу гуьйренан хьалхара де т1екхача цхьа к1ира диснера.


Рецензии