47 Дахарехь зеделларш
462) Дарба цамгар санна сиха ца хуьлу.
463) Шен дагца шена тайннарг леладо дег1ан куц.
464) Бахам к1еззиг болчо гулбо, дукха болчо х1аллак бо.
465) Нах бовзар хьекъал, ткъа ша вовзар кхетам.
466) Дика нах дуккха а бу, амма, дикачуьнан хама беш верг к1еззиг бен вац.
467) Кхечуьнан дахар довза а г1ерташ шен хьал хьулдеш хилар шех тешам к1еззиг хилар ду.
468) Ша бекхам биначунна къинт1ера вала хала ца хуьлу.
469) Стаг вовза цо деш долу хеттарш мехала ду, цо лучу жоьпел.
470) Хабар дийца массаьрна а хаа, амма къамел дан хуург к1еззиг ву.
Свидетельство о публикации №224101900009