Хи тулг1ене

Резванова Айза

Х1ун кхаъ бу кхайкхош берг,
ахь х1урдан тулг1е,
Хин т1ехула ийъалуш,
х1аваиэ г1уьттуш.
Т1амарш а йаржийна,
Хелхаре йуьйлуш.
Х1ун къайле йу - те ахь,
сан даге йуьйцург,
Дог1ане ойланаш сан малхе йуьйхуш.
Х1ун ала г1ерта хьо,
Сан б1аьргаш хьоьстуш,
Кийрара дилхан дог,
Шеконца техкош.
Диканна хуьлда хьан,
Самукъа далар,
Исбаьхьчу хьан куьцехь,
Тов кхаьънаш дахар.


Рецензии