Лаьаркха тайинарг
Маржа я1, маржа
Лаьар- кха дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар- кха, вовшашна марздан.
Дахар а лаьар- кха берашна хаздан,
Лаьар- кха массо де, нохчий чохь даздан.
Лаьар- кха Даймохк, хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста.
Лаьар- кха ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.
Даймохк, ма лаьар - кха, хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу яржа.
Ма ч1ога лаьар - кха, ахь суо а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1, маржа!
*****
Резванова Айза
,,Дера ву и, тасавелла, дуьне дууш," олу вай.
Дуьне дуу моьттуш верг а, дуьнено - м д1а кхоллу вайх.
Хазалла а, доьналла а долуш хилларш д1а кхаьлли.
Дуьненахха - м цхьаммо, цкъа а,
Яьккхина кийсик ца яьхьи.
Р.А.А.
Свидетельство о публикации №224120501138