2-я 08. 11. 2024

Ц1анончашна
(уборщицашна)

Ц1анончаш, зударий оьзда!
Шу лела адмалла тоьлла.
Аш лоьху и маьлхан серло,
Адмашна совг1атна кховдо.

Муьлхха а Делан са лорий,
Куьг  хьокхий аш парг1ат доккху.
Ц1анончаш, шу оьзда наной!!
Шу долчохь дериг а тало.

Ц1ано ю езнариг Далла,
Шу ду мохк дешиха кхаьлларш.
Мерзачу кхаьънашца денна,
Хьоьстийла шун дегнаш Дала!

Ма гойла дахарехь цкъа а,
Шун ойла кхуолаеш бала.
Беркате дахарах доьлла,
Дехийла ирс долуш,  г1уоза.
30
Хьан ц1арца…

Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е,  нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
   
Б1аьстенан 1уьйре  а,  хьан озах ека.
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа,
Шовданаш, хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьйгийн йовхо луш къега.

Заманах чекхдуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахаран ирсе тхи муьйлуш.

Нана, хьан ц1арца до, дуьнено некъаш,
Хьан б1аьргийн мотт буьйцуш, седарчий къега.
Хьан дагчохь сий дожарх, ларвойла, Нана!
Дала ша ницкъ лойла, хьан сий деш даха.

31
Ас хаьттарш до беллачарга,
Ас хаьттарш до, беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац, дист хуьлуш?

Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг, шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лаьхнариг а.

Цхьа воккха стаг, хьаставелла,
Телхин лела моьттуш со.
Хаттар деш, вист хили соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?

Ас меллаша, жоп делира,
Хоийтуш сайн дагахь дерг.
Ас къамел до, беллачарца,
Кхето лууш, са чохь верг.

Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах, дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара, дитна ду.

32
1аьби Гакаевс забарийн байт:

Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.

Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.

Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.

Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.

33
забарийн байт, Айзи жоп,:

Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».

Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгар балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.

Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.

Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.

Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со  д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг  хилла,
Кхочуш  яц и парг1ато.

34
Резванова Айза
Кешнийн кертахь

Ас хаьттарш до, беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац, дист хуьлуш?

Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лаьхнариг а.

Цхьа воккха стаг, хьаставелла,
Телхин лела моьттуш со.
Хаттар деш, вист хили соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?

Ас меллаша жоп делира,
Хоийтуш сайн дагахь дерг.
Ас къамел до беллачарца,
Кхето лууш, са чохь верг.

Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарех дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара дитна ду.
*****
1аьби Гакаевс, Айзига. (забарийн байт)

Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.

Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.

Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.

Иймане хьо ян ма еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла м'аре.

*****
Айзин забаре жоп.

Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».

Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгар балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.

Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.

Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш ,,Хаз-к1ант" ала хьох.

Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со  д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг  хилла,
Кхочуш - м  яц и парг1ато.
;;;

Резванова Айза
Хьан ц1арца…

Малхо дай куьг хьокхуш,
суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме
дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е,  нур хьоьрсуш, тийна,
Нана, ахь дуьгу са
г1енашка сийна.
   
Б1аьстенан 1уьйре  а, 
хьан озах йэка.
Зезагаш хьан хазчу аматах лиэпа,
Шовданаш хьан сирла
ойланех 1иэна,
Нана, малх хьан куьйгийн йовхо луш къэга.

Заманех чекхдуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла,
т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахаран
ирсе тхи муьйлуш.

Нана, хьан ц1арца до дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн къинхетам хьиэкъаш.
Хьан дагчохь сий дожарх лардойла, Нана,
Дала ша ницкъ лойла, хьан сий деш даха!
*****
Сан гуьйре, сан деган дуьне!
*****


Рецензии