08. 11. 2024
1)Лен йоцу марзо….
Ахь х1унда яьстира,
Сан маьлхан к1ажарш.
Гуьйренца шад бина,
Къевлинарш д1а,?
Х1унда ахь йовхо луш,
Ницкъ бели даста,
Заза а баьстенах
Тардина де,?
Х1унда хьан дийки аз,
Шовданех зевне,
Ладаьг1на т1улг баххал,
Г1амарах 1ана?
Х1унда хьо шайт1ана
Мох хилла хьевзи,
Хелхаре аййина,
Сан къоьжа зама?
2
Шераш ду генара,
И б1асте леха.
Зезагаш хьистина,
Эесехь хьо ехаш.
Суна-м хьо эшнера,
Дахаран некъахь.
Т1аьххьара бисина,
Ирсан цинц бекъа.
3
Хьо дага лоьцуш сан,
Б1аьргех хиш 1ена.
Сатийсам хилла сан,
Дахарал беха.
Дуьне а довзале,
Вевзинчу хьоьга.
Ас дийца оьший те,
Сайн дагахь дерг, я…?
4
Б1ег1ийла дац суна,
Хьан дагчу кхийда.
Я шерийн баланаш,
Д1акхийдо хьоьга.
Ас муха хьаста те,
Тахна сайн ойла?
1еминарг, сатийса,
Хьо йог1уш гойла.
Со лелла ойланца,
Хьоьца ирс тоьгуш.
М1аьргонна хьан б1аьргийн,
Нур лачкъо хьоьгуш.
Тахана зама д1а
Яхнехь а гена.
Хьоьга сатуьйсуш со-м,
Яха а ца 1ема.
5
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго веа те, х1инца хьо?
Массо а къаьстиннчу безамах,
Дог акха веа те соьха хьо?
Массо а безаман марзонах,
Дог хьего веа те сан хьо?
Я ц1енчу безамах бокъъал а,
Дог тешо кхечи те хьо?
6
Дог дохош хилла-кха безамо,
Ц1ена и хиларх а.
Дог 1овжош хилла-кха балано,
Мерза и хиларх а.
;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;;
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Сина мерза ойланаш хьох тегна.
Г1енашца хьо яре сатийсар.
Ма дара, товжар а набарна
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Ца к1ад луш, ца к1ордош даима.
Хьан амат ас хьоьстуш хаддаза,
Ца дисна седарчий кхардаза.
Хьо яра ас лаьхнарг, хьо яра,
Б1аьргашна азаллехь цкъа гина.
Сан шераш хьо лоьхуш д1аихна,
Некъаш деш, со-м ваха ца кхиъна.
7
Гоьнийн генаш хецна лаьтта,
Вай бералехь доьг1на дитт а.
Го баьккхина хьала г1аьрта,
Синтарш кхиъна, цуьнца нисса.
Ас таханалц хьоь сатийсар,
Бахьна дац хьан кхарда дог.
Хьо цавицвеш даго къийсар,
Хилла даге кхийдаш дог.
8
Хьо йоцчохь сан ойла ца соцу,
Хьуна бен дог делац сан.
Хьоь болчу безамо са лоьцуш,
Йоккху хан сатуьйсуш ган.
Яханчу заманан куьзганахь,
Хьан суьрташ ас дагар до.
Сан дахар беккъа хьоь сатийсам,
Боккъал а, со-м к1ад ца ло.
Сан дагчохь хьо санна, хьан дагчохь,
Хиллий те со, ягош ц1е.
Я ю те хьо дууш лерина,
Хьо везаш г1елделла са.
Къиношлахь уггаре къилахь дерг,
Ду боху, безаман къа.
Доьху хьоь, жоп лохьа безамна,
Къинт1ера доккхуш сан са.
9
Серло йоцчу б1аьрг ца хьоьжу,
Безам боцчу дог ца кхевда.
Сан б1аьргаша хьо цхьаъ лоьху,
Хьан къайленех даго хьоьху.
Малхал сирла седа хир бац,
Безам боцчохь марзо хир яц.
Нагахь даге дог ца кхийдахь,
Б1аьрседарчий къага йиш яц.
1аьржа буьйса батто хьоьсту,
Малхо боьлуш 1уьйре йосту.
Безамо бен дог ца хьосту,
Сан ойланаш хьох ца къаьста.
11
Ма шело хьаьди схьа,
Хьо йолчу аг1ора,
Богучу маьлхан а,
Шех б1о къажжал.
Делахь а йовхонах
Х1уо хаало дагна,
Къегинарг, буьйсанан
1аьржаллехь санна.
Къу вац хьо ванне а,
Леринарг лачкъо,
Хьан б1аьргийн стиглашкахь
Ткъесс серло ловзу.
Х1етте а малх мелла
Ойланаш кхуоло,
Т1е уьду-кх мохь бетташ,
Йилбазан оза.
Кхоьлинчу сан б1аьогийн,
Г1айг1а а уозий,
Ца хадош, безмана
буьтуш цхьа хьаса.
Сан мерза лазамийн
Барамца дустий
Хилахьа сол говза,
Ирсе некъ харжа.
12
Дукх хан мА яцара, ц1е латош кийра,
Хьоьгара мохь баьлла, со орцуха кхаьчна.
Ткъа х1инца лаьтта со, 1адийча санна,
Йилбазан мохь бекна те лерехь сан?
Хьан озах тарбина везарна дагна,
Мох санна хьо волчу со кхаьчна д1а?
Со тилла хилла те, хьевзина корта?,
Кхаьрдинарг кхечи те, заманца соьга?
Сан деган хьекъалца барт иг1аш лаьтта,
Зама шех кхардош и хьо волчу г1ерта .
13
Дакъаза мА дала, х1ара г1уллакх дела1,
Хьо-м ч1ог1а г1ад дайна хийти Дог, цунна!
1аьнан чиллахь ахь лучу йовхонах къахкина,
Д1о новкъа доьдучу вире дог дасттал.
Ца даша меттиг бу, хьа-м цу кураллех,
Вайшинна-м ца кхаьчна декъазчийн дакъа.
Малх г1аьттина моттаделла, 1уьйре самаяллал,
Ю серло, йовхонна яц цуьрриг къоьлла.
Хьекъалах цаэерах, сонталлин цинц а,
Осалчу амалца лечкъарх а дог.
Делахь а вайшинца-м ца дог1ий харц леер,
1аьржаллехь къега-кх безаман т1еда.
14
Б1аьстенан духарца кечъеш сан гуьйре,
Сатийсам самабели юха а гойла.
Йихкинчу з1аьнарийн, шад баьсти малхо,
Шелонгахь заз дасттал, йохъеш сан ойла.
Готтачу урамехь, са парг1ат доккхуш,
Къаръели зама а, ца туьйсуш ког.
Т1аьххьара орамаш, кхалхарна кхоьруш,
Лардина ирс кхии, сина къоьлла.
Мехала бу тешам, дахарал беза,
Мехала ду г1иллакх, сина сирла малх.
Мехала ду адам, адамалла лоруш,
Лелош вверг, дегбаьрчехь стогалин дарж.
***
15
Хьо х1унда д1а тийна,
1ап-сап а доцуш.
Х1ун дижна вайн некъа
Со бехке лоцуш??
Хьажахьа сан дагчу
Б1аьргийн нур 1анош,
Хьайн ц1арах боьттинчу
Ломан бохь къагош.
Нагахь и ца эшахь
Бакъо ю харцо.
Сан деган шовданаш,
Аренца даржо.
16
Х1ун къайле ю те и тебаш ерг?
Б1аьрнег1ар хаддаза дега.
Х1ун ду те, хьан ойла хедош дерг,
Сан теша-м ма бели техка?
Сан ойла сов серла ели те?
Хьо некъан серлонах къаьхккал.
Я г1иллакх зилал т1ех дели те?
Хьо къайлах, сан ирсах кхардал.
Х1ун ду те, хьекъало хьоьхуш дерг?
Яхь ца 1а, лаг-кхор ца лоьцуш.
Селхана лаам сан толийнарг!
Хилалахь хьо шалхо йоцуш.
17
Эх1, хьо тешнабехк!
Ирбелла-м хилла некъ хадо.
Чалтанчан шалтанал,
Къизалла гулйина хьайчохь.
Делахь а, хьо ийши,
Эеший хьо, ц1еначу амало.
Шеко яц, Дела ву,
Массанхьа толош Верг бакъо.
20/09/2013
***
Дог 1овжош хилла – кха
Балано и мерза хиларх а.
Дог дохош хила – кха безамо,
И ц1ена хиларх а.
***
18
Ас б1аьргаш къовлу д1а,
Хьо воккхуш, сайн синан дола.
Со т1аккха ехха 1а,
Т1е тевжий, безаман огана.
Ойлано 1ехайой,
Сурт х1иттош сина мерза лаамех,
Сатийсам х1уьтту схьа,
Д1атоьттуш, сингаттам хиламех.
Цу муьргах ирс оьцуш,
Ехха 1а дерриг а дицлой.
Ткъа зама уьду д1а,
Уьду и болар а сихдой.
19
Ткъа суна-м….
Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.
Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.
20
Ахь нийса ца дийши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.
Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана
Эшац кхин ах.
21
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.
22
Хьо д1аводахь…..
Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймохк, нохчийчоь а .
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар – кха заманахь.
Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Вайн ойланех
Ийна хилла шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.
Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Кхин ца дуьтуш т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха.
23
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а - латта хих 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - ахь ирсах къагийна.
24
Марша г1о хьо…
(Забаре)
Марша ва хьо,
Б1аьгаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъал хилларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша ва хьо,
Хьайн са лаьттача.
25
Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?
Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьалахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа б1аьстено дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа чурт.
Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Кхача сан безаман дагар.
26
Гакаев 1аьрби лазарнехь 1уьллуш,
забаре байт
Со-м мелла а т1е товжа меттиг а баьлла,
Хьан сирла хаамех кхаъ хилла 1ара.
Муха ю могшалла, сан деган йовхо?!
Хьо маца кхочур те, д1аайбан бала??
Хьо бен сох ца кхийти, ца хили ала:
«Ирсечу некъа т1е, ца кхоьруш яла».
Хьекъале хьан хьехам, бу дагна аьхна,
Хьо-м тхуна ц1ахь оьший, д1атолой вала!!!
19.12.2013
27
Къинхетам бейша…
Дижа, я, ма дижа лаьтта,
Бохучу ойланца дайй.
Х1аваэхь г1айг1ане, техкаш,
Эгаш ду лайн чимаш к1ай.
Бегаш беш, забрийна санна,
К1ез – к1еззиг уозадеш т1етт1а,
Ца доьхуш жоп, ца деш хаттар,
Датош ду, шелоно латта.
Цхьацца хир, кхаъ хилла 1аьнах,
Ца кхоьруш шелонах, лайх а.
Олхазар, дисна – кх д1о бенахь,
Тхов боцуш, б1аьрса а дайна.
Сих синан къинхетам байча,
Хьа бер те къинхетам вайх а?
Адамаш, хьадийша орцаха,
Шайн синойх къинхетам бейша!
28
Керла шо…
1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.
Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.
Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.
Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.
29
Ц1анончашна
(уборщицашна)
Ц1анончаш, зударий оьзда!
Шу лела адмалла тоьлла.
Аш лоьху и маьлхан серло,
Адмашна совг1атна кховдо.
Муьлхха а Делан са лорий,
Куьг хьокхий аш парг1ат доккху.
Ц1анончаш, шу оьзда наной!!
Шу долчохь дериг а тало.
Ц1ано ю езнариг Далла,
Шу ду мохк дешиха кхаьлларш.
Мерзачу кхаьънашца денна,
Хьоьстийла шун дегнаш Дала!
Ма гойла дахарехь цкъа а,
Шун ойла кхуолаеш бала.
Беркате дахарах доьлла,
Дехийла ирс долуш, г1уоза.
30
Хьан ц1арца…
Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а, хьан озах ека.
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа,
Шовданаш, хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьйгийн йовхо луш къега.
Заманах чекхдуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахаран ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до, дуьнено некъаш,
Хьан б1аьргийн мотт буьйцуш, седарчий къега.
Хьан дагчохь сий дожарх, ларвойла, Нана!
Дала ша ницкъ лойла, хьан сий деш даха.
31
Ас хаьттарш до беллачарга,
Ас хаьттарш до, беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац, дист хуьлуш?
Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг, шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лаьхнариг а.
Цхьа воккха стаг, хьаставелла,
Телхин лела моьттуш со.
Хаттар деш, вист хили соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша, жоп делира,
Хоийтуш сайн дагахь дерг.
Ас къамел до, беллачарца,
Кхето лууш, са чохь верг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах, дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара, дитна ду.
32
1аьби Гакаевс забарийн байт:
Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.
Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург хьера ваьлла.
Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу мете х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.
Иймане хьо ян мА еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре.
33
забарийн байт, Айзи жоп,:
Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».
Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгар балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.
Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.
Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, Хаз-к1ант, ала хьох.
Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг хилла,
Кхочуш яц и парг1ато.
34
Хьох дийца дезар-кх…
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.
Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.
35
Вевзарий хьуна …
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ву со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со.
1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
Бес – бессара шакаршца, эшаре дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш а декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.
Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.
Хьоьгарчу марзонах сатийсам хьерчий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.
Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.
Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо Деле доьхура.
Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчи ву со.
36
Сама довла зезагаш
(Бакаева Селимина лерина)
Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.
Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай,
Олхазарша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.
Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вай Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.
37
Да виса хьан….
Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац дуьне а,
Эхарт а дац я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.
Дависарг, мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа малх кху дуьненна.
Ткъа малхха – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочур ду, абаде д1а.
38
Со хьоьца еха….
Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дилхах хаьдда са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех ийна,
Адмашка нур кхийдо сирла,
Мерза са хьан стигла дилла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.
Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Сих хаьдда дилх лаьтта дижча,
Лаьттан цинц сайх хилла,
Халкъана беркате хилла.
Ирс луш когашкахь 1илла,
Хьан ц1еран декъашхо хила.
Сан Дймохк! Со хьоьца еха,
Б1аьвнашна ч1аг1онна билла,
Оьшучохь т1улг метта дилла,
Нохчийчун дог кийрахь 1уьллу,
И тешамна хьуна делла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.
18-чу октябрехь Хьалха-Мартант1ера, Димаев 1умаран ц1арах йолчу Культуран ц1а чохь цхьанакхетар хилира, культуран ц1ийнан белхалойн, Вайн махкахь а, арахьа а г1араваьлла волчу Димаев 1елица а, 1амарбекца а.
1елас а, 1амарбека а лерамца кхайкхина цхьанакхетарехь дакъа лоцуш яра, вайн махкахь а, Российн пачхьалкхехь а г1араваьлла вевзаш волчу яздархочуьнан 1умар Ахмадовн х1усамнана, Ахмадова Тамара а, яздархо Резванова Айза а. И самукъне суьйре кечъйинарг вара культуран ц1ийнан директор Бакараев 1ела.
Культуран ц1ийнан белхалоша, хьалхара лерира шаьш 1амош долчу берийн хаарш гайтар, 5-шеран т1ера 17-тта шере кхаччалц долчу берашца шаьш бина белхаш гайтира эшаршца а, хелхаршца а, забаршца а, дийцаршца а. Иштта иллешца совг1ат дира, вайн махкахь г1араваьлла вевзаш волчу иллиалархочо, керарчу хенахь Димаев 1умаран ц1арах йолчу культуран ц1ийнехь болх беш волчу, Домбаев Мохьмада. Царах массера а, ч1ог1а самукъа делира, бина белхаш ч1ог1а тайра т1е баьхкинчу хьешашна. Шен рог1ехь дуьненна а г1араваьлла волчу Димаев 1елас иллешца совг1ат дира, цул совнаха шеен иллеш т1ехь долу экъанаш елира культуран ц1ийнан белхалошна а, берашна а.1елин аз а, цо бен болх а, нохчийн къоман сий ду. Дуьненна а г1арабойлла болчу Российн а, кхечу пачхьалкхийн а иллиалархошна юккъехь, нохчийн къоман ц1е, ша бахьана долуш, не1асог1ехь латтош яц цо. Дуьненан юкъара иллиалархошна юккъехь, нохчийн къоман сий лаккха айдиначех цхьаъ ву Димаев 1ела.
1амарбек суна х1инца санна вевзина вацара, вуьйцуш хазар бен. Шен рог1ехь шеен дас лелийна пондар кера ийцира цо. 1амарбека пондар уозийча, деган пхенаш ийзош, жималлин хене вигина 1аш бацара пондар. Цо со кхачийра, дай-нанойн жималлин майдане. Сурт х1оьттира, цу 1амарбека метта, и пондар керахь Димаев 1умар волуш а, цуьнга ла доьг1уш вайн дай-наной болуш а санна. Ойла кхоллаелира, иштта локхуш хилла хир бу-кха и пондар даиманна шеен ц1е, нохчийн культуран куьзга а хилла, дуьненчохь яха йитинчу Димаев 1умара, 1елин а, 1амарбекан а дас. Иза г1ара ца волийла дацара, цо кхоьллинчу шеен деган мукъамашца, цо далочу пондаран аьзнашца. Иштта аьзнаш дало хуур а дацара кхечу пондпрчанна, нохчийн къомо ма яккхара аьлчи, Дими 1умаран к1антана, 1амарбекна бен.
Кхечу пондаро а ца дало тарлора и аьзнаш, Дими 1умарца вайн нах ц1ера баьхначу хенахь дуьйна, дика а, вон а девзаш, заманах чекхбуьйлуш схьабеанчу пондпрна бен. 1амарбек керарчу хенахь Германехь 1ер-вахар долуш ву. Муьлххачу пачхьалкхе, адамаш долчу хьовх, акхарой ехачу мете кхачахь а, цуьнан цу пондарца ницкъ кхочур бу аьлла хетта сунна, муьлххачу а синан кхетам самабаккха а, цуьнан лазаме кхача а. Ткъа синошна кхин х1ун оьшу, и сина кхача цу пондаро луш хилчи. Дела реза хуьлда цу шинна, Димаев 1елина а, 1амарбекна а, со цу цхьанакхетаре кхайкхарна. Дела реза хуьлда и самукъне суьйре кечйиначу Бакараев 1елина а, цу юккъехь дакъа лоцуш мел хиллачарна а. Х1ара байт цу суьренца кхоллаелла ю:
39
Сийлахьа пондарча
Геналлехь ахь яьккхинехь а зама,
Бинехь эзар шарал беха некъ.
Ахь хьистина, вайн Даймехкан амат,
Дерзийна хьайн деган мукъаме.
Хьуна уллехь, дика накъост хилла,
Хьан дог оьцуш хилларг, тешаме.
Нохчийн пондар, бац цуьрриг а тилла,
Цо хьан сирла ойла йалхайи.
Къаьхьа, мерза, хьан лазамийн денош,
Геналлехь хьан сица хьирчинарш.
Нана- Дег1астах хьайн ойла хьегош,
Динчу некъех дийци, аз дегош.
Нохчийн пондар, синкхетаме пондар,
Дозаллийца цо шен аз айди.
Дими 1умар к1ентан, 1амарбекан,
«Сийлахь пондарча» ц1е д1а кхайкхи.
Бийки пондар, шерийн таьптарш луьстуш,
Заманех чекх къегош б1аьргийн нур.
Бийки пондар, сийлахь Даймохк хьоьстуш,
Дегнийн баьрчче х1оттош и шен сурт.
40
Дезчу денца….
Б1аьсте еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.
Х1ора де а, ирсе ас сайн лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан дахаран совг1ат!
Дезчу денца ас хьо декъал йо.
Стигла яла т1емаш ас ца лоьху,
Сан ойланаш тахна сирла ю.
Ас кхин марзо дахарехь ца йоьху,
Хьоьца ю сан марзо нана сан.
Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьоме Нана, деган зезаг, сан!
41
Дитт1ера т1аьххьара дисина г1а.
Са озош г1орийна, дего а долий,
Амма д1а-м ца къаьсти и ч1ог1а са.
Шелоно мохаца ийзорах ша.
Дуьйлина 1ад санна, сатта а сеттина,
И ч1ог1а тасаделла-кх цу гонах д1а.
Кура шок лоькхучу мохо ша хьовзийча,
Шабаршка долу и, доллучохь ша.
Кхин дийца-м х1ун дара? Я къаго дацара,
Ца дужуш дисичи а цу дитт1ехь цо.
Дуьххьал д1а, сел хазчу, 1аьнан юьхь яго,
Къар ца луш доллу-кх тасаделла и.
42
Хьалха-Мартан администрацин
Куьйгалхо Айдамиров Хьусейн лоруш
Баркалла, баркалла,
Тхан оьзда куьйгалхо хьуна!!!
Хьо санна къонахий
Накъостий хиларна къоман.
Сийлаллехь къегина,
Лаьтта вайн нохчичоь сирла.
Яхь йолчу къонахийн ,
Мог1арехь хьо лаьтта тоьлла.
Баркалла, баркалла,
Тхан оьзда куьйгалхо хьуна!!!
Махкана совг1ат хьо,
Тоьшалла, беркате ц1аьнна.
Даггара баркалла,
Хьусейн, хьо кхиинчу нанна!!!
Кхолламо хьоьстийла
Цуьнан дог, кхаьънашца мерза!!!
Баркалла, баркалла,
Даймехкан дика к1ант хьуна!!!
Хьан оьзда г1иллакхаш,
Лоьрийла Везачу Дала.
Цкъа а мА йог1ийла,
Хьан б1аьргаш кхоьлина зама.
Хьайн ненан дагчуьра
Сийлалле ницкъ лойла кхача.
Заманан йохалла,
Ма гойла хьо некъах воьхна.
Декъала дог1ийла,
Массо шо, хьан дагна аьхна!!!
1.12.2013
43
Нухажиев Нурди лоруш…
везачара…
Хьох дийцадезар-кха,
Х1ай нохчийн дика к1ант!
Хьо ненан дагчуьра,
Сийлалле кхачош.
Я хесто везар-кха,
Хьо ненан дика к1ант!
Даймехкан,Турпалхо
Хьан ц1арах къагош.
Оьздачу г1иллакхах
Ца къаьсташ цкъа а.
Нана ахь хьестарна,
Тхан дегнаш хьоьстуш.
Даггарчу безамца,
Ойланца сирла,
Адамаш дехарна,
Марзонца герга.
Тхо ду хьан накъостий,
Тхох дог хьан лезна.
Даиман бакъонан,
Некъ хьуна безна.
Тахна ду деза де,
Хьан некъах доьзна.
Дуьненан юкъара,
Бакъонаш лоьруш.
Даггара декъалвеш,
Лаьар-кха ала.
Дог хьостуш хьан ц1арах,
И довха дешнаш.
Хьо дукха вехийла,
Ца к1ордош ваха.
Даиман адамаллин,
Некъа т1ехь тоьлла!!!
Малх серла болийла,
Къагош хьан дахар.
Вайн Дала хьостийла,
Хьан деган лаам!!!
44
Сан нанас винарг,….
(Апти вина де лоруш)
1)куп.
Тахана шераш т1е шо дилла деъна,
Дахар а дуьне а хаздина де тхуна.
Тахана юха а малх саьрла баьлла,
Сан ваша, хьо вина де даздеш, тхоьца.
Пр-в.
Вехийла хьо г1оза, декъала хилла,
Ирсе хьо хуьлийла, диканаш тоьлла,
Кхолламо хьоьстийла, нанас бер санна.
Делера совг1ат хьо, ненан сих даьлла.
Сан ваша, хьомениг, сан нанас винарг!
Сан дахар хаздинарг, сан сий айдинарг!
Вехийла хьо г1оза, декъала хилла,
Сийлаллехь къегийла ойланаш сирла.
2)куп.
Сийна бай хазбина ц1ен зезаг санна,
Хьан дахар мерзачу безамо марздойла.
Сан ваша хьомениг, сан синан марзо,
Ма гойла хьо цкъа а, балано кхолийна.
3)куп.
Лам ломал лекха бен ца хуьлу олу,
Аьрзоно ца хоьцу шел лакха т1ам, боху.
Нанас шеен дагчохь к1ант сов лекха лору,
Хуьлийла хьан дахар, даггара нена.
***
45
Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
«Хьап» аьлла, д1а кхаьлли ах.
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош малхо кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юха денбели.
***
46
(Алханова Майсина)
Майсик, Майсик, хьомениг,
Хьо сан деган цхьа киртик.
Зама едда йоьдуш ю,
Вай ца гуш 1ер муха, и?
Тахна-кхана бохуш даго,
1алашонца некъаш до.
Ткъа кхолламо шенаг къаго,
Деган некъаш хедадо.
Куьг кховддол бен яц кхи генахь.
Вайша-м вовшен т1е ца кхача,
Зама кхаччалц уьду-кх ши хи,
Вовшах кхета сатийсамца.
Шовдана чохь жовх1ар санна,
Ойла къегаш хьох дагчохь.
Со цу ирсах х1унда хьогу,
Вайша йоллушехь са чохь.
Майсик, Майсик! Дукха яхарг,
Хьо хилалахь х1инца чохь.
Б1аьрг, дог хьаста со хьо йолчу,
Йог1у 1аба марзонах.
47
48
Хаза кхаъ……
Даймохке йоллу со,
Хаза кхаъ баккха,
Боданах къастийна,
Са маьлха даккха.
Йоллу со пхенашчохь,
Ц1ий ловза даккха.
Ирс даьгна цахиларх,
Тоьшална х1отта.
Даймахкахь йоллу со,
Са маьрша даккха.
Тешаме к1ентан ц1е,
Иллешка яккха.
Йоллу со, баркаллин
З1аьнаршца г1атта,
Вежарийн сий дина,
Х1олламах латта.
Даймахках йоллу со,
Марзо, ирс эца.
Сина т1емаш даржийна,
Ойла д1ахеца.
Сайн дагна гергара,
Адамаш деза.
Дог 1абош, шовданех,
Церан сих кхета.
49
Маьлхан нур я, беттан серло
50
Маьлхан бен….
(лерамца)
Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.
Кху юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан маршонан меха,
Цо са д1аделлера, ца кхоош дег1ан.
Къийсамехь толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сел мерза, и безам, Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза.
Ахьмад-Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш хьаста.
И къонах кхиинчу, гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста.
Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад-Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчохь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.
Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара Нохчийчоь хьаьсти.
Ден лаам кхочуш би, сий лаккха айди,
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.
Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тодина, хаздеш д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шолханиг лери:
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.
Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла,
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат Цо делла,
Рамзан! Вайн Дала ша, хьо 1алашвойла.
Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.
Сан Даймохк! Ирс бухах дуьйлу хьост, мехкан,
Дебийла хьан беркат, садуьйлуш денна.
Ийманехь кхуьийла, яхьйолу доьзал,
Нохчийчохь машаре малх бохуш серла.
2012
51
Назма
Б1аьрса а лахделла,
Т1евеънарг ца вевзаш.
Хьекъалах тилла со,
Хиллачух цакхеташ.
Тхьузбоьлла соьцу мотт,
Ца керчаш ала дош.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!
Ойланаш гулъелла,
Даге барт хоьттуш.
Кийрара дог хеба,
Дагаро морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзах дуьйлуш.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!
Со орца лоьхуш ю,
Малхе б1аьрг хьежош.
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанаш хьехош.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла чехош.
Къинхетам бехьа Ахь,
Я Аллах1, Дели!
«Велларг бен вац»,- олу,
Валарах ваьлла.
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка даьлла.
Сан деган мерзаш шун
1одика йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1, Дели!
52
Яздархочунна
Цуруев Шерипна
Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Яздархой а, арздархой а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Со теша и байташ кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Кхузахь
Къинхьекъаме – ойла йойтуш, к1оргера маь1ана долуш.
Арздархой – Шайн 1ийжамех язбеш берш, рифма а, ритма а, поэзии а йоцуш.
Ц1ергаш – яздархойн ц1арах лелаш берш.
Къарздархой – адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.
53
Со схьакхечи
Cо схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан,
Кхин ца 1ебаш,
Итум-Кхалийн хазаллех.
Ницкъ ца кхочуш,
Къаста лаьмнех, шовданех,
Со схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан.
Юха йоьхуш,
Логехь соьцу мерза чам.
Б1аьргаш хьоьжу,
Генахь дисна и сурт ган,
Дуьхьал туьйсу
Г1енаха а, и Башлам.
Со схьакхечи,
Соьлжа г1алахь диснарг дан.
Амма юха кхача
Ойла ю сан ц1къа.
54
Ца юьтуш буо хила…..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь дерг, есалле сийна.
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.
Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.
5.08.2012
55
Седа хьо белахь со, нур ду хьан сирла,
Буьйса хьо елахь со, бода бу 1аьржа.
Дуьне хьо делахь со, зама ю еха,
1ожалла хьо елахь, ю хьуна реза.
Шийла 1а хьо делахь, со ло ду к1ай,
Елахь хьо б1аьсте со, баьццара бай.
Шовда хьо делахь со, тулг1е хьан чехка,
Ц1е елахь, со йовхо, дегнаш чохь кхехка.
Дахар хьо делахь со, ирс ду хьох хьаьрчаш,
Лазар хьо делахь со, дарбане молха.
Хьо безам белахь со, ю цуьнан марзо,
Адам хьо делахь со, хьан аьтто аг1о.
56
Маьлхан нур къегина, зезагаш хоьстуш,
Аренаш сенъелла, дахараш хаздеш.
Б1аьстенан духарца кечделла 1алам,
И ду сан дахар, и ду сан дахар.
Тахане д1акечъян айелла 1уьйре,
Суьйренах сирла кхаъ кхийдабо малхо..
Йист йоцчу анехьа, къега цхьа къайле
И ду сан дахар, и ду сан дахар.
И сирла шовданаш ламанех хьаьрча,
1инах чу кхийсалуш, маршоне г1ерта.
1алашо, тийначу х1ордах д1акхета,
И ду сан дахар, и ду сан дахар.
57
Сан хьоме, Неца!
Пет1амат йинчу денца…..
1аьнан туьйра хаздеш деъна,
Хьо б1аьстенан зезаг.
Хьан кхолламо ирсе дина,
1а б1аьстенах лепа.
Вовшашца хелхаре хьийзаш,
Лайн чимаш т1е эега.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.
Хьо ехийла хьайн дахарехь,
Хьекъаш ирсе некъаш.
Кху сан дагна хир дац теша,
Х1ума кхин хьол дезаш.
Хьо ирсе гуш,сакъералуш,
Тхо седарчех къега.
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.
Декъал хила, декъал хила,
Ненан йиша, мерза!
Хьо-м тхан дегнаш дохдеш кхета,
Хастаман малх беца.
Декъал хила, ирсе хила,
Сан хьомениг, Неца!
Хьо йина де даздеш тахна,
Сан аз зевне дека.
58
Нене
Хьо стенга яьхьана, яьккхи-те соьха?
Мичхьа бу Нана, цу 1ожаллийн бен?
Сил дукха езачун йиш йоцуш гойла,
Ма къиза хилла вайн кхолламан кхел.
Ца лало Нана, соь къастаран бала,
Хьо бар-кха сан деган ч1аг1онан лам.
Ткъа х1етахь 1ожалло вай къастичхьана,
Лам лаьттинчу метте, х1оьттина 1ам.
Сан Нана, г1арг1делла эшаре аз а,
Баьргаш а цец дуьйлуш хьоьжу хьо ган.
Кхерамо ов детташ, кхийссало дог сан,
Мохь бетташ доьлху и, ц1е йохуш хьан.
Ницкъ бац-кха дуьне а кхехкочу маьлхан а,
К1еззига хьоьгарчу йовхонах къага.
Делахь а, Делан бу къинхетам шорта,
Имано дог хьостуш со къовлу мара.
59
Ахмадов Русланна
винчу денца декъал веш
Къонахий хьехочохь бакъо яц,
Хьох дош ца ала.
Лар леха дезаш дац,
Б1аьрг буьзна лаьтта хьан г1ала.
Маьлхан нур ахь делла,
Адамаш ду ирсах кхаьлла.
Хьан дахар эрна дац, тешалахь,
Адамалла тоьлла.
Ден-ненан, йиш-вешийн,
Лаамаш, ца тоьттуш гена.
Генарниг хьайн деган марзонца,
Т1евоьхуш герга.
Эзарнаш седарчех къегина,
Нур седа санна.
Хьан деган йовхо ю,
Синтеме, йовхо луш дагна.
Хьо веха дуьненчохь,
Кхин долу адамаш санна.
Мерза а, къаьхьа а лазамаш
Т1е1аьткъаш дагна.
Хьан оьзда г1иллакхаш,
Лоьрийла, вайн везчу Дала.
Руслан, хьан сийлалла къегийла,
Ирс дуьйлуш серла.
Хьан б1аьргаш чохь, цхьа сингаттам къега,
Цкъа жималлехь суна бевзинарг.
Цуьнан амат, мел генара лепа,
Мерза г1айг1а цкъа сох хьирчинарг.
Деган корашкахь хьан чиркхаш сега.
Дахаран некъ сирла къагийна.
Сан беснеш т1ехь церан серло эега,
Безамах кхаъ даге кхачийна.
Цкъа сан деган синтем байинарг.
60
Ш.Рашидов
Адам ду хьо…
Адам ду хьо Дала сирла кхоьллина,
Г1иллакх, хьекъал, иман дагчу диллина.
Эхь а долуш, г1о дан хьанна г1аьттина,
Хьаша лоруш, сискал, хьокхам беттина.
Даймохк буьйцуш, эшарш язйо хьайгара,
Дегнаш хьоьсту, безам буьйцуш даггара.
Ц1арах йогу суйнаш детташ гонаха,
Харцо йоцуш хетта суна къонах хьо.
Йог1ур ю хан, хьо а юьйцуш халкъалахь,
Кура ялий, сиха хьо ма талхалахь.
Сирла седа лаха г1олахь стиглане,
Виц мА велахь везнарг, дог а диллина.
Дог1ур ду де,
Малх а хьаьжна вайна т1е.
61
Палл-ла, …
Цкъа со хьаьжча беша яьлла,
Зезагашлахь парг1ат баьлла.
Ховха зезаг хаьржина,
Полла 1ара д1атаь1на.
Со меллаша куьг кховдийна,
Йоьлчи даккха зезаг сийна.
Полла хьала айбелла,
Соьга хьаьжи, эсала.
Басар, подар хьаькхна шена,
Цу зезагийн беснех ийна.
«Палл-ла», - аьлла и баха,
Зезагашлахь хелхар дан.
Ткъа со лаьтта цец - акъ яьлла,
Зезагаш а девлла серла.
Полла хьийзаш самукне,
Со а ели хелхаре.
Малх а бели тхоьца ловза,
Эшарш лекха дели хьоза.
Бераш хьоьжу гулделла,
Самукъне тхан хелхаршка.
***
62
Ца 1ебачарна…
Ма 1ие, дуьло, хьалха довла тахана,
Шу-м хьалхара меттиг езнарш дай!
Г1иллакх гайта, шайн дегнашна тайнарг,
Некъан толам а, шаьш баьккхинарг. Вай!
Ма 1ие, дуьло! Некъаш хедош нехан,
Шайн некъах а тилла леларш! Х1ей!
Шу-м девзина, т1аьхьа делахь а х1инца,
Ткъа шу довзалц, т1ехьа сецнарш, хьий -ч!
Ма 1ие, дуьло, хьалха г1ерта эешац,
Шуьца 1ийна зама хир, юьхь 1аьржа.
Шун ц1е йохуш, дуьне серла дийлац,
Эхартна а хир-кха, шух ца там.
27/10-2013
63
Эх1, хьо г1иллакх, дуьненахь хьох ийнарг,
Эхартахь хьох къаьстар вац мА боху.
Хьол хазаниг хир дац эхарт къаго,
Цхьа а саг1а хир дац меле, хьол.
Эх1, хьо г1иллакх, шалхо йоцуш ц1ена,
Мерза - марзо ю-кха хьоьца ерг.
Хьо шеца дерг, дуьнено а лору,
Сийлалле а ахьа кхачаво.
***
64
Со кхоьру хьан дахар талхарна,
Дисарна стом боцуш заза.
Б1аьсте а гуьйренца ловзарна,
Баса баьлла хьежарна малх а.
Со кхоьру хьан дахар кхалхарна,
Безам а, есаллехь лаьтта.
Йочанна кхолла а йоцуш,
Йоькханна кхалла а я.
Со кхоьру хьан дахар делхарна,
Дийнахь а 1аьржаллех кхоьруш.
Сирлачу ойланех хьаьрчарна,
Яхначу заманах хьоьгуш.
Хьан дахар талойла заманца,
Къегийла малх толам баккхарца.
65
Йоьду со хьох дог ца дилла,
Д1о гена, хрийрачу махка.
Сагатдан, хьоьга сатийса,
Ц1къа мацца хьо гур ю мотта.
66
Са туьйсу ас ч1ог1а, и юха дерзо,
Долахьа сан ирс хьо, хьошалг1а сунна,
Ледарло сох ялахь, хир ду хьо маьрша.
Бехк баккха меттиг а хир бац сан хьоьха.
67
Х1ай дуьне! Сунна-м хьо девзий,
Хьан ц1е а керла яц сунна.
Сан ворх1е дас дуьйцуш дисна,
«Дийцар» хьо, дуьсур ду сох а.
68
Кхачалахь сан ирс хьо,
Лар толлуш т1аьххье.
Сихачу боларца,
Дадалахь схьа,
Не1арехь ца соьцуш,
Далалахь баьрчче,
Хьуна бен ца къега,
Сан деган малх.
69
Лам лаьмнел лекха бен ца хуьлу,
Аьрзоно ца хоьцу шел лакха т1ам.
Безаман ц1е малхах чекх йолу,
Цундела догу дог,
Адамалла вох1 стигла ма кхочу,
Цундела бо Дала вайх къинхетам.
Алхьмдулиллах1 !
70
Йинчу денца….
Б1аьсте еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.
Х1ора де а, ас сайн ирсе лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан ирсан де, гора!
Йинчу денца ас хьо декъал йо.
Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьо сан деган зезаг, Нана сан!
71
Маржа дьуне…
Хьайн х1усамехь тхо т1е оьций,
Даош, малош ахь тхо кхиадо.
Кхиъна девлча, хьуна бали довлий,
Хьо бухдаккха оха хьийзадо.
Цхьаъ малхана м1араш къовзо воьду,
Важа седа баккха тийсало,
Ткъа кхозлаг1наг латта дат1о г1ерта,
Чо-конах а, лууш баккха чам.
Эзар шераш ду хьо лаьтта Дуьне!
Хьох чекх бевлла эзарнашкахь нах.
Мелл-эец баьхна ц1ий мийлинарш хьоьца?
Я х1ун даьхьна цара шайца д1а?
Х1ай адамаш, кху дуьненан хьеший!
Дуьне, эхарт Делан ши ц1а ду.
Аш х1ун къуьйсу? Ма хилийша хьерие!
Вай эхарта денна оьху чу.
72
Ахь х1ун дуьйцу?
Къаста деза бохург?
Деган безам…!
Са чохь доллург…!
Муха…?
Сел гергара…,
Гена яьлла хьега…,
Мичахь леха беза даго ницкъ а?
Гиний хьуна, къаьсташ
1уьйре малхах.
Ц1ергахь йогуш,
Мархех 1енош хиш.
Ткъа айделла,
Ша хьоьстуш де леларх а,
Cихлой суьйренга д1акерча и.
Дехарш деш,
З1аьнаршца когех хьаьрчаш,
Суьйре сецош,
Ц1елла керчарх малх.
Суьйре йоьду,
Буьйсанах д1аэелой,
Кхоллам боцчу
Безамах тарлой.
73
Сирла бутт ма къега...
Буьйса хьоьстуш,
Седарчий д1аухку,
Кечъеш и.
И-м безам бай,
Хиларх к1ай я 1аьржа,
Даго къастийнарг бен,
Ца гуш кхин.
74
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, бицбеш лазам шен.
Вай девзина де а, диси деса,
Мелан кховдо х1умма доцуш шех.
Д1о стиглара, седа нуьре къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам, ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.
75
Собаре, оьздачух,
Лам санна, собаре,- олу,
Зоьрттала, тоьллачух,
Лам санна куц долуш,- олу.
Ницкъ болуш, майрачух,
Лам санна доьналлехь,- олу,
И дериг хилчи хьох,
«ламан к1ант» х1унда ца олу?
76
Хаза кхаъ……
Даймохке йоллу со,
Хаза кхаъ баккха,
Боданах къастийна,
Са маьлха даккха.
Йоллу со пхенашчохь,
Ц1ий ловза даккха.
Ирс даьгна цахиларх,
Тоьшална х1отта.
Даймахкахь йоллу со,
Са маьрша даккха.
Тешаме к1ентан ц1е,
Иллешка яккха.
Йоллу со, баркаллин
З1аьнаршца г1атта,
Вежарийн сий дина,
Х1олламах латта.
Даймахках йоллу со,
Марзо, ирс эца.
Сина т1емаш даржийна,
Ойла д1ахеца.
Сайн дагна гергара,
Адамаш деза.
Дог 1абош, шовданех,
Церан сих кхета.
77
Хьоме нус
(Алханова Йиситина лерина)
Х1ун дора сирлачу б1аьстенах
Зезагийн хазалла ца хилча.
Х1ун дора даькхначу кху дийнах
Кхолламаш декъал беш ца деъча.
Х1ун дора 1аьржачу буьйсанех,
1аьршашкахь седарчий ца хилча,
Бетта са хир дар – кха кхоьлина,
Хьан б1аргийн нур шеца ца хилча.
Х1ун дора кху маьлхан дуьненах,
Мерзачу безамца ца диъча.
Марзо а хир ярий дегнашкахь,
Безаман ц1е йогуш ца хилча.
Къегина малх серла болийла,
Хьо йинчу дийнан сий, ларам беш.
Хьоме нус декъала хуьлийла,
Ирсечу дахарах йоккхаеш.
78
1аламан эла, ц1ен зезаг санна,
Хилла шех мехкарийн эла.
Дахарах йоьлла, ойланца сирла,
Кхиънера лулахь йо1, хаза.
Шаьш деладелча, дуьне а делош,
Б1аьргаш чохь гора ирс доккха.
Къамеле яьлча, малх бузу суьйре,
Схьах1уттуш юьхь-сибат оьзда.
79
Жималин оганах тевжина,
Йилхира со 1ана яхана.
Барз боцуш безамах битина,
Хьан кхалхар даго цалайна.
Амма хьан аматта – м деана,
Лаьттара схьахьоьжуш тийна.
Жималлехь санна деш дехарца,
Сан б1аьра хьийжира и г1ийла.
Хан – зама д1аидарх гена,
Ца волу хьо дагна хера.
Цундела безаман сирла,
Сан деган шовданаш 1ена.
80
Гуьйрено кегабо х1оттам,
Яржийна мархаш а,
Г1аттийна дохк а.
Юха а, мархийн лам хедош,
Дашочу з1аьнаршца
Нур хьоьрсу малхо.
81
Нохчийчоь хьо йихи оха,
До1ийца, б1аьрхишца,
Ма хуьллу ч1ог1а.
Нохчийчоь, хьо ели тхуна,
Дешиха, детиха
Кхелина юха.
82
Баиева Сацита
Со кхолламо йигарх гена,
Геналлехь мел яларх хан.
Сан дог-ойла шуьца еха,
Сийлахь Даймохк, Макажа лам.
Со ду нохчийн мехкан зезаг,
Деган йовхо, нохчийн къам.
Орам, ч1аг1о, сан дозалла,
Сийлахь Даймохк, Макажа лам.
83
Мархийн ч1ара…
Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
«Хьап» аьлла, д1а кхаьлли ах.
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош малхо кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юха денбели.
84
Со малх г1оттуш…
Со малх г1оттуш г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Ж1аьла кхерста лаьллина
Миша бай т1е даьккхина,
Пису бун чу доьллина.
Бедаш яжа лаьхкина,
Котам а шен к1орнешца
Хи т1ехь ловза яьккхина.
-Баба, ас хьо тахана,
Г1уллакхех мукъа яьккхина.
Баба г1ертарх лаца схьа,
Миша уьду гена д1а,
Ж1аьла лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана,
Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш кертара,
Орца доьхуш котамаш,
Хи ду к1орнеш идадеш.
Баба уьду ца ларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.
85
Нохчичоь…
Суна деза сирла де, еза б1аьсте къона,
Лаьа хьаста зезагаш, барташ дохуш х1ора.
Деза лаьмнаш даймехка, юькъа хьаннаш сийна,
Деза мерза дахар хьо, ненан марзо ийна.
Суна еза буьйсанаш, бетта нур т1е 1енаш,
Кегий даккхий седарчий, боданах чекх лепаш,
Еза сунна нохчийчоь, беза мотт сайн къома,
Деза ирсе дахар хьо, ненан марзо ийна.
Суна деза адамаш, ойланашца сирла,
Деза шийла шовданаш, кийра 1абош мийла.
Еза сийна стигланаш, беса, сирла некъаш,
Деза ирсе дахар хьо ненан, марзо ийна.
Т1-алар
Къага ирсе нохчий чоь,
Кху дуьненан седа.
Декъал хила тхан марзо,
Нана, Даймохк, беза.
86
Лайн чимаш
Лайн чимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш гулделла керла шо довза,
Ловзарш а кечдина говзалла къовса.
Ц1еххьана къегина седарчех ийна,
Дато нур стиглара 1енаш а дайна.
Самукъне аз дели ткъесс тоьхча санна:
- Керла шо, керла шо,седарчех ийна.
Схьакхечи берашна и Г1ура – Дада,
Совг1аташ декъа шен Лайн – Йо1 а ялош.
Базалган б1аьргаш а дехи цо серла,
Бераш а самукъне, эшарка девлла.
Кегайо бераша лайн к1еда шаьршу,
Керла шо, керла шо дог1ийла марша!
Беркате, дог1ийла ирсе деш дахар.
Вовшашца барт болуш, ийманехь даха,
87
Массо а безаман ц1арах,
Дог даго вевзи те хьо сунна?
Массо а къастинчу безамах,
Дог акха веа те хьо соьха?
Массо а безаман марзонех,
Дог хьего веа те хьо сан?
Я ц1енчу безамах боккъал а,
Дог 1або веа те хьо сан?
88
Хьалха – Мартанан
Телевиденин 10 шо кхачарца
Буьйсанан бода а къарбина,
Кхеттачу седанах къегина.
Х1усмашкахь сингаттам къахкийна,
Хазачу кхаьънашца хьаьстарна,
Баркалла, баркалла шуна.
Балано б1аьрсерло макхъеш.
Цхьаллийца дагвийла висча,
Коьртера бала д1аайбеш
Сапарг1ат доккхуш хьаьстарна,
Баркалла, баркалла шуна.
Къаналла жималлех иэеш,
Самукъне иллешца дахкарна.
Маьлхан мутт мийлинчу мархех,
Са серла доккхуш хьестарна,
Баркалла, баркалла шуна.
89
Белабелла г1аьтти малх,
Нуьре т1амарш даржош.
Сакъералуш боьлу нах,
Ловзарна гуо хьовзош.
Олхазарш ду хелхарш деш,
Самукъне т1ам хьийзош.
Хаза кхиъна зезагаш,
Ду безамаш кхийдош.
Даарш мерза х1иттина,
Хьешашна дог доьллуш.
Безамца б1аьрг биттина
Нускал керта далош.
Ахчанан бог яьстина,
Нускална мотт 1амо.
1алу ву, Йиситица
Х1усаме ирс дерзош.
Декъал хила 1уьйренаш,
Безам, марзо юцуш.
Декъал хила суьйренаш,
Дахар ирсах дузуш.
Декъал хила х1ора де,
Ими, беркат даржош.
Х1ей нохчийн йо1,
Хелха яла шаршош ког.
Дикчу к1ента ловза доккхуш дог.
Х1ей къонахий,
Тоха т1араш айдеш сий,
Цец, акъ даха стиглахь седарчий.
***
90
Сийсара 1аьршашка яьлла,
Седа ас хьан ц1арах лийхи.
Сатосуш ша юьстах баьлла,
Цхьамма со шена т1е йийхи.
Ирс хеташ нур з1аьнарш кхийдош,
Со цунна геннара къеги.
Сирла нур безамца 1енош,
Йийсаре сан дог цо леци.
Хаьржина хьан б1аьргех сийна,
Туьтеш ас оьхкина коча.
Лаамца безамца сирла,
Схьалаца хьан деган доза.
91
Ас б1аьргаш д1алачкъийна,
Бишиш дуьхьал дехкина.
Амма дуьне девзина,
Лачкъа лаац б1аьргашна.
Буьстича дахаре безам,
К1еззиг хан яьккхинарг хета.
Яханчу заманан хьехам,
Схьалаьцчи йохаллех кхета.
92
Байттамал олу….
Байттамал олий те цунах?
Ирсан некъ хадийначунах,
Аьттоне ца хьаьжначунах,
Безамах кхаьрдиначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олий те цунах?
Дагахь дерг лечкъийначунах,
Гушдолчух ца тешначунах,
Оьшуш дерг ца лехначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олий те цунах?
Буьйсанна седарчийн лепар а,
Сатосуш хин тулг1еш къегар а,
Дуьсуш го шен доьхьа хетарх а,
Байттамал олу ас цунах.
93
Сан са деъна
Сан са деъна, хьан сих кхета,
Дуьненчуьра эхарта.
Хьан хьежар ду сан сих леташ,
Стенна бехке со хета?
Лелла те хьо ирсах хьоьгуш?
Ца гуш хьесап дахаран.
Ваьхна хилла те дог догуш?
Кхоллам боцчу безамна.
Йиний те ахь, цкъа сан ойла?
Яьхначу хьан аматца.
Сатийсамца лууш гойла,
Кхин дан доцуш амал цхьа.
Хьо – м д1аваха, тохара санна,
Юьтуш со сайн ойланца.
Ткъа хьан хьежар дисна суна,
Яллалц дагахь баламца.
Стиглара седарчий д1адайна,
Синтем байна лела бутт.
Буьйсанан бодано лачкъийна,
Уьш даьхьна схьа х1уьтту сурт.
Мархийн лам д1атоьттуш хьоьжу и,
Лоьху цо седарчийн лар.
Муьлхачу аг1орхьа даьхьна хир
Къегаргийн нур хьоьжу ган.
94
1алам хьоьстуш
Сан махкахь б1аьсте еъна
Дашо малх серла бели
Баьцарчу байт1ехь сетташ
Зезагаш гучу девли
Самукъне эшарш лоькхуш
Арахь хиш хеца дели
Куц хаза 1алам хьоьстуш
Сан ойла т1ома ели.
Стиглахь маьрша т1ам хьийзош
Г1арг1улеш гучу евли.
Баххьаш детиха къегош,
Вайн лаьмнаш серла девли.
Ц1енчу х1аваэхь г1уьттуш,
Полларчий ловза дуьйлура.
Куц хаза 1алам хьоьстуш
Сан ойла т1ома елира.
Бошмаш зазашлахь яйна,
Хетало вайн махкахь туьйра.
Бераш ирсе ду тахна,
Б1астенан 1аламах ийна.
Сан даймохк серла баьлла,
Маьрша ю стигланаш сийна.
Куц хаза 1алам хьоьстуш
Сан ойла т1ома ели.
94
Массамма деган кор тухуш,
Сан корах б1аьргаш чу къарзий.
Ойланаш набарха йохуш,
Ас чиркхаш хьо ларвеш къагий.
Хьан б1аьргийн г1айг1ано лаьцна,
Хьох ойланаш коьртехь етта.
Кхечуьнца ас ирс ца таьгна,
Хьо ирсе ца хиларх кхаьтта.
Мажделла г1а ловза доккхуш,
Б1аьстенах гуьйре а айеш.
Дог дилла герга со яхча,
Кхечи ирс сан хила хьаьг1нарг.
95
Ахь бекхам бехьа…..
Дахаро хьестича ирс декъа хьоьгуш,
Баланаш эшабар со бахьна лоьруш,
Цкъа мацца вовшен вайн гар Деле доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.
Дахаран хьесап а со бахьна лоьруш,
Хьо цхьаллехь висича сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.
Къорачу озаца соьга мохь бетташ,
Кхолламе къайлаха соьца ирс доьхуш,
Я соьха ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.
96
Чеченской доброй женщине
Айзе Резвановой с днём её рождением
14 октября
Как воздух смертным
Как свобода горцам
Как гражданам гуманная страна
Как сила и характер многоборьцам
Вот так ты Айза нам в чечне нужна.
Руслан Ахтаханов
97
Даш санна язъелла
Заманан ч1ург.
Т1е керчи дахарна
Охьта11ош букъ.
Ткъа дог хьо, гора я1,
Буолата хьег1.
Мел доккха, дезаниг а,
Ахь къовлу чохь.
Х1инцаллац безамца,
Даьгнехь а хьо.
Таханам ц1е яй хьан
Чим боцуш д1а.
Багаза, ц1е яйна
1аржбелла к1ега.
Кхин хир бац цунах суй,
Кхийсарах ц1арга.
Безамо дог хьоьстуш
Лайнарг а атта.
Кхул т1аьхьа ларлолахь,
Лийр ду хьо даьтт1а.
Лелоза ширделла
Дахаран неца.
Летта хьох бан дагахь,
Тишбелла цаца.
Даш санна язъелла
Заманан ч1ург,
Т1екерчи дахарна
Охьта11ош букъ.
98
Адамаш, дика ас динехь
Бехке шу ду.
Ду иза масал аш дела.
Сох г1алат далахь а,
Бехке шу ду.
Шу дика хиларна,
Къаста до г1алат.
99
Хьоьца а хила – кха х1илла,
Со хилла жималлехь тилла.
Довха ц1ий пхенашкахь идда,
Дилха дог детталуш хилла,
Г1елделла сецначохь х1инца,
Дагадеш безаман ц1арца,
Хьанах ахь лери ч1ир эца?
100
101
Буьйсано дог 1абош хьарча до
Сирла де санна,
Сан серло ериг а йойуш
Ахь къовлахьа мара,
Б1аьстенан 1аламна геч дина
Ц1ен зезаг санна,
Яккхахьа къоналла
Юха а вайшиннан дола.
1ийр яр-кха сахиллац
Ховхачу безамах хьерчаш.
Дахар а лур дар-кха хьуна д1а
Со долар яьлла.
Юха а 1уьйренца хьан б1аьргийн
Сирла ирс мийла
Къегар яра со малхах,
З1аьнаршца хьо мара къийла.
102
Ахь бекхам бехьа…..
Къорачу озаца мохь бетташ соьга,
Кхолламе къайлаха ирс доьхуш соьца,
Я ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш соьха,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.
Ц1еначу безаман марзонаш лоьхуш,
,
Ойланца даима соьх дага вуьйлуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.
Самаха, г1енаха со дага лоьцуш
Б1аьргаша со яйча даге кхаъ бохуш,
Мерзачу безамах дог ойла хьегош,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.
103
Б1аьргашна гуш йолчу къизалло,
Лазош дог, хебош.
Ас лайра баланаш нохчийчоь,
Ирсах дог тешош.
104
Хьоме сан Нана
Хин куршка кховдийча
Баркалла ахь олу.
Куьг лаьцна г1о дича
Баркалла ахь олу.
Хьайн мерза СА кхийдош
Со ларъеш хьо 1ийна,
Ас муьлха дешнашца
Ала те баркалла.
Ас муха хьаста те
Хьо хьоме сан Нана.
Марша г1о хьо бохуш,
Со новкъа ахь йоху,
Марша я хьо бохуш
Марзонца ц1а йоьху,
Хьо еха хьайн дахарах
Суна некъ буьллуш.
Ас муьлха дешнашца
Ала те баркалла.
Ас муха хьаста те
Хьо хьоме сан Нана.
Бераллехь б1аьргаш чохь
Сан лаам ва лоьхуш.
Тахана дагчуьра
Къайленаш сан йоьшуш.
Даима сан балийн мохь
Дагт1ехь лелийна
Ас муха хьаста те
хьоме сан Нана Хьо.
Ас муьлха дешнашца,
Ала те баркалла.
Даьржина хи цецех чекх литтарах а хьаьаш дац,
Д1ах1оттийна хан ца ялийтича.
105
Жималлин майданахь, гон - генаш хецна,
Баьстенан бос эцна лаьттара талл.
Бохь стигла кхевдина, г1ад а стомделла,
Цхьа башха кхиънера, цкъа хилларг кол.
Куц хазчу цу суьртах сакъера делла,
Со цуьнца сецира, къамеле яьлла.
И г1ийла техкира шабаршка даьлла,
Цуьнгахь а хиллера – кх шеен тайпа бала.
Генарчу жималлин дозане кхаьчна,
106
Ма г1ертахьа, кирара дог,
Некхах чекх дала.
Хьайх кхеташ воцчуьнга
Х1ун ду хьан ала?
И кхетар вац хьоьха,
Цуьнгахь бац бала.
Цундела цо дуьту,
Хьо даьгна, дала.
Ма г1ертахьа х1ай сан дог!
Хьо цунна т1аьхьа.
Хьайн хьолах кхетаверг
Гохьа цкъа хьуна.
Хьан некъа х1уьтту и,
Сатуьйсуш гойла.
Хуушшехь йоьдийла,
Хьоьшуш шен ойла.
Сацахьа дилха дог,
Хьайн ширчу гурахь!
Сан кийра г1елбелла - кх,
Хьан амал лайна.
Хилахьа цхьа жимма,
Собаре, сема.
Хьекъалах дагадалий,
Бехьа синтем.
107
Сийлахьа пондарча
Геналлехь ахь яьккхинехь а зама,
Бинехь эзар шарал беха некъ.
Ахь хьистина, вайн Даймехкан амат,
Дерзийна хьайн деган мукъаме.
Хьуна уллехь, дика накъост хилла,
Хьан дог оьцуш хилларг, тешаме.
Нохчийн пондар, бац цуьрриг а тилла,
Цо хьан сирла ойла йалхайи.
Къаьхьа, мерза, хьан лазамийн денош,
Геналлехь хьан сица хьирчинарш.
Нана- Дег1астах хьайн ойла хьегош,
Динчу некъех дийци, аз дегош.
Нохчийн пондар, синкхетаме пондар,
Дозаллийца цо шен аз айди.
Дими 1умар к1ентан, 1амарбекан,
«Сийлахь пондарча» ц1е д1а кхайкхи.
Бийки пондар, шерийн таьптарш луьстуш,
Заманех чекх къегош б1аьргийн нур.
Бийки пондар, сийлахь Даймохк хьоьстуш,
Дегнийн баьрчче х1оттош и шен сурт.
108
Ва йо1, х1ай!
Б1аьргийн серло ахь сан даге кховдий?
И ма ч1ог1а кху сан дагна тай.
Жимчохь санна ловза дуьйлуш, каде,
Ц1ий ма дели, кхехка, ва Йо1, х1ай!
И х1ун йовхо ю сан кийра боттург?
Хьан ц1арах ю, даго лоькху йиш.
Хьо йоцчохь со лела синтем боцуш,
Хьуна девзий и хьал, ва Йо1, х1ай?
Де, буьйса д1а хьаьрчош уьду зама,
Царца уьду вайн
Свидетельство о публикации №224120801205