3-я 08. 11. 2024
Маржа сан Нохчийн къам!
Т1ома к1елла доьллина лелийча а ца дели - кх хьо т1амах.
Аллах1а декъал бойла вайн кегий вежарий!
Дала г1азот къобал дойла вайн вежарийн а, массо а д1акхелхинчу бусулбанийн а!
********
Дог лелхарх, б1аьрг белхарх,
Кхин орца доцуш.
Мохь беттарх, ка йеттарх,
Сацуо ницкъ боцуш.
Д1аоьху вежарий,
Шайн кхоллам лоруш,
Дуьненан лаьтта т1ехь,
Парг1ато йоцуш.
Даймахкахь сецча а,
Т1ом вайга кхочу,
Махкара ведча а,
Т1амах ца довлуш.
Нохчийн къам, хьо ду - те,
Т1еман дурс лелош?
Йа мух1ар тоьхна - те,
Т1ом вайна кхачош?
Йа Аллах1!
Доьху ас,
Эзарнийн ц1арах!
Дай - Нанойн, доьзалийн,
Йижарийн доггах!
Йа Аллах1! Лардехьа Нохчийн къам т1амах!
Йа Аллах1! Ма битахьа,
Нохчийн мохк байлахь!
Дог лелхарца,
б1аьрг белхарца,
Нохчийн къам дезарца!
Х1ара мог1анаш йазделла,
До1ийца, дехарца!
27.10.2022.
Резванова Айза
Ца дели - кх хьо т1амах,
т1ома к1елахь лелийча а.
Ца девли - кх цу декъах,
Диэкхарехь ца хилча а.
Дакъаза ма даларг,
са сирла нохчийн къам!
Декъала хьо диэбарг,
массо а йохуч ханна!
Хьера к1ела иккхина,
хих валар санна,
Ма кхечи и маршо,
Нохчийн къам хьуна.
Да велла, кхин хьиэбан
да воцуш бисарг.
Д1абойла - кх и т1ом,
Ша биэзачарцанна!
02.10.2024
Резванова Айза
Мохь бетташ, вай делхарх, кхочур дац орца.
Собарца, иманехь гулдер вай г1ора.
Туолам а боккхур бу, Аллах1ан г1оьнца,
Нохчийн къам кхуьур ду, турпалхой лоруш.
Х1ун дер - ткъа, хилла - кха вайн кхоллам иштта.
Даима лаьттина вайн дайшца къийссам.
Х1умма а йоцчуьнца, цхьамма ца къуьйсу,
Элашца даима олалла къуьйссу.
Бетта са 1аьршашкахь мел дуьйлу серла,
Дехар ду Нохчийн къам лаьтта т1ехь тоьлла!
Ин Ша Аллах1!;
2022
Свидетельство о публикации №224120801210