5-я 08. 11. 2024
*****
Резванова А.
Адамаш адамех кхеташ ду.
Вовшашца дика - вон доькъуш ду.
Цундела дуьйлу чекх заманех,
Баланаш кхиарх а ламанех.
Р.А.А.
Йаханчу заманера схьаиэца самукъа ца хилча сингаттаме хир йара т1е йог1у хан.
Резванова Айза
*****
Резванова Айза
Мохь бетташ, вай делхарх, кхочур дац орца.
Собарца, иманехь гулдер вай г1ора.
Туолам а боккхур бу, Аллах1ан г1оьнца,
Нохчийн къам кхуьур ду, турпалхой лоруш.
Х1ун дер - ткъа, хилла - кха вайн кхоллам иштта.
Даима лаьттина вайн дайшца къийссам.
Х1умма а йоцчуьнца, цхьамма ца къуьйсу,
Элашца даима олалла къуьйссу.
Бетта са 1аьршашкахь мел дуьйлу серла,
Дехар ду Нохчийн къам лаьтта т1ехь тоьлла!
Ин Ша Аллах1!;
2022
*****
(Мацахлера байташ)
Йаханчу заманера схьаиэца самукъа ца хилча сингаттаме хир йара т1е йог1у хан.
Г1алат ду те
Ахь хастийча со дозалла хеташ,
Ткъа хьаьстича сайна хазлуш со.
Ирсан дог1а хьоьгахь хилар тешаш,
Г1алат ду те, даго къастор хьо?
Хьох б1аьрг кхетчи, б1аьсте серла юьйлуш,
Деган мерзех хьекхалуш хьан аз.
Хьан дозанал сов дерг сайна къуьйлуш,
Хеба диси те, даьстина зазза?
Амма гуьйре дог1анах т1еелхарх,
Буто ша беш, 1аьно къовларх не1.
Сан ойланаш шовданашца хьерчаш,
Кхочар ю хьан дагчу огуш некъ.
*****
Резванова Айза
Дуьне, ма г1ертахьа со 1ехуо, хьайн хазна оьхьуш.
Го суна х1ора мур х1оттаман бу даго лоьхург.
Делахь а х1ай Дуьне, эхартан эмгар хьо лору,
Йериг а бакъонаш эхартан х1усмехь йу боху.
Аса - м хьо х1ай Дуьне, сайн дагахь сов ч1ог1а лору,
Х1ора де дуоладо хьан кийрахь
Къа - мел а узуш.
Йуха а суьйренца са луьйсуш,
Цецех чекх доху,
Хьо сийсаза дан лиънарг,
сийлалле кхочур вац бохуш.
*****
Хьешашна шун х1отто сихйелла жимзуда санна,
Ка йетташ, уьду мох, д1а ц1андеш, дуьненан 1алам.
Бешара дитташ д1а ц1андина, г1аш гоннех къаьстош,
,,К1ай кетар йуьйхина, 1а дог1у" хьошалг1а бохуш.
*****
Резванова Айза
Махо нехаш т1е хьекхарх,
Шек ца болу т1улг.
Гамуо шиеца лелорах,
Дуьхьло ца йо цуьрг.
Нехаш ягош, малх бохло,
Юьтуш царах гам.
Ткъа дог1ано т1улг ц1анбо,
Лаьттах иэйеш чан.
Иштта хуьлу дахарехь а,
Адамаш юккъехь хьал.
Х1орамма шен ойланца,
Йо шен дагна кхаьл.
21.02.2021
Р.А.А.
Г1а дужуш хан йоху,
Зазза дужуш хан йоху,
Цхьа дагахь доццучахь,
Са дужуш хан йоху.
Г1а денло б1аьстенца,
Зазза досту бошмашца,
Са дац - кх кхин денлуш,
Цхьана а заманца.
2022
Резванова Айза
Нийсо, нийсо, нийсо йа1!
Харцоно до дагчохь да1.
Хийла ваха - кх, маржа - йа1,
Дахар хаьдда, далаза хьакъ.
Ден - ненан, йа доьзалан а,
Йиш - вешин, йа безаман а.
Висарх - ъ хьокълахь доттаг1чунна,
Ма вуьсийла - кх мостаг1чунна!
2022
;Хьекъал, хьекъал, хьекъал йа1! Хьо оьшар - кха дахарна а. Дагахь доцу дика ахь,
Ло дузош синкхачанах.
Р.А.А
Ахь адамана дина дика, лаьттах доьг1на г1аммаг1ан лаг санна духа доьрзу хьуна.
Р.А.А.
Свидетельство о публикации №224120801242